Читать книгу: «Пайде дийцарш»

Шрифт:

© Сайд-Селиман Кiант Хьусайн, 2025

ISBN 978-5-0068-1834-7

Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero

дешхьалхе

БисмиЛлах1иРрохьманиРрохьийм. Хастам Аллах1ан бу 1аламаш Кхиош-Кхобуш волчу. Цуьнан салават а, салам а хуьлда Цуьнан Элчан Мухьаммадан а, цуьнан ох1лана а, Асхьабашна, царна т1ехь мел ваьзначун а. Цулт1ехь:

Айса жайна йаздеш йукъ дилла дийцар эшча, наггахь дийцар оьшуш хуьлар суна хьалха жайнеш чохь хьахийна долу. Т1аккха иза муьлхачу жайни чохь дуй хьожи цу чуьра схьаоьцура аса. Амма йаздина жайнеш дукх гулделча муьлхачу жайни чохь ду суна оьшу дийцар билгала ца хуьлура. Леха дезаш хуьлар. Цулт1ехь суна даг деара уьш цхьанна гулдича атта хира даркх суна аьлла. Т1аккха уьш гулдан хоьттира со. Цулт1ехь суна даг деара уьш жайни чохь ара хецча дика хирг хилар, нахан цунах пайд хила тарлокх аьлла. Цундела вайн жайнеш чуьра схьагулдина вай х1ар дийцарш бусалба нахан пайден. Веза-Сийлахь Деле доьху вай кху жайнах пайд бар бусалб нахан, вайн йукъахь дика дерг даьржаш, вон дерг д1адолуш.

Сайд-Селиман кIант Хьусайн

ДИКА МАХ

Пайхамаран заманахь цхьана дийнахь цунна т1е цхьа буобер деара, цо элира:

«Х1ай, Аллах1ан элча, сайн бешана гондахьа керт нисъеш вара со, ткъа кертан дуьхьал сан лулахочуьнан дитт нисделла суна, некъ хадош.

Аса цуьнга дийхира и дитт суна далар, цуьнца сайн керт нисъян, цо ца делира суна иза. Т1аккха аса цуьнга иза сайна схьадохка элира, ца доьхкира цо. Х1ун де ас, х1ай, Аллах1ан элча, къастаде х1ара 1уллакх».

Пайхамара цу к1ентан лулахо кхайкхира шена т1е. Иза схьавеача цо цуьнга дийцира к1анта шега дийцинарг. Лулахочо иштта ду иза элира.

Т1аккха пайхамара дийхира цуьнга цо и дитт цу к1антана д1адалар я иза цунна дохкар. Лулахо реза ца хилира.

Пайхамара юха а элира: «Д1адохка и дитт цу к1антана, т1аккха Дала хьуна цунна дуьхьал ялсамани чохь дитт лур ду хьуна, говрахь волчу стага б1е шарахь некъ бийр болуш, цунна бухахула ша валале».

Гондахьа лаьтташ болу асхьабаш (Дела реза хуьлда царна) цецбевлира цу доккхачу совг1атех. Ма доккха совг1ат ду иза? Делахь а лулахо реза ца хилира цунна, дуьне дукха дезар бахьана долуш.

Т1аккха Абу Дахьда́хь ц1е йолу пайхамаран асхьаб юкъавелира царна, пайхамаре хаьттира цо: «Ас и дитт эца эцна, цу к1антана дитахь суна хир дуй ялсамани чуьра и дитт?

Пайхамара элира: «Хир ду».

Т1аккха Абу Дахьда́хьа цу лулахочуьнга хаьттира: «Хьуна евзий сан беш?» Лулахочо жоп делира: «Евза дера! Мадийнатехь хьан беш ца евзаш мила ву, шена чохь ялх б1е дитт долуш, кертахь г1у йолуш, гондахьа лекха керт йолуш, Мадийнатера мел волу йохк-эцархо цу бешара стом безаш ма ву, иза дукха ч1ог1а дика болу дера.»

Абу Дахьда́хьа элира цуьнга: «Хьайн дитт схьадохка суна цу сан бешана дуьхьал.»

Лулахо цецваьлла хьаьжира цуьнга, цунах ца тешаш. Цхьана диттана дуьхьал ялх б1е дитт муха лур ду, шена т1ехь тоьлла стоьмаш болуш долу? Лулахо реза хилира.

Цул т1аьхьа Абу Дахьда́хьа пайхамаре элира: «Х1ай, Аллах1ан элча! И дитт цу к1антан дели ас. Х1инца суна хир дуй ялсмани чуьра дитт? «Пайхамара элира дац: «Хир дац». Абу Дахьда́хь цецваьлла висира.

Т1аккха пайхамара элира: «Аллах1а цу стеган диттана дуьхьал цхьа дитт луш дара, ткъа хьо комаьрша стаг волу дера, ахь сов волуш хьайн ерриге беш д1аелира цхьана диттан дуьхьа, ткъа Аллах1 т1ех ч1ог1а комаьрша ву, цундела Аллах1а хьан цхьана бешана дуьхьал бошмаш елла шайна чохь долу дитташ дагардина вер воцуш дуккха долуш, шайна т1ехь дуккха а стоьмаш болуш».

Т1аккха пайхамара элира: «Масане дитт ду-кх Абу Дахьда́хьан ялсамани чохь!

Масане дитт ду-кх Абу Дахьда́хьан ялсамани чохь!»

Т1аккха Абу Дахьда́хь ша йоьхкинчу беша вахара. Шен х1усамнан карийра цунна бешахь г1уллакх деш. Абу Дахьда́хьа беша керта ца волуш мохь туьйхира шен х1усамнене: «Х1ай, Умма Дахьдахь, баккъалла а х1ара беш д1айоьхки ас, араяла цу чуьра».

Х1усамнанас хаьттира: «Стенах йоьхкина ахь и?»

Абу Дахьда́хьа жоп делира: «Ялсамани чуьра диттана дуьхьал».

«Ма дика мах бу иза! Ма дика мах бу иза!» – элира Умма Дахьда́хьа1.

Комментарии:

Ялсамани чуьра цхьана диттан дуьхьа шен ерриге беш д1аелла Абу Дахьда́хьа. Цу хенахь дукха рицкъ ду иза, х1ора дитто дуккха хурманаш луш, уьш д1аюхкуш дукха боккха аьтто бу иза. Делахьа а ялсманин дуьхьа Абу Дахьда́хьа х1оттина мах барам боцуш хилла-кх. Цуьнан дуьхьа х1уъу а лур йолуш хилла-кх из. Ткъа цуьнан х1усамнана а хилла-кх иштта кхетам болуш.

Дуьне чекхдер ду, эхарт дуьсур ду. Тахана эзар ди1 б1е шо хан ю Абу Дахьда́хь а, цуьнан х1усамнана а кхелхина, ялсамани чохь шаьшшимма яьккхинчу ялсаманин бешахь ни1мат оьцуш 1аш хир ду и шиъ. Цхьа а тайпа эшам ца хилла цушинна.

Ткъа ялсамани чуьра дитт эца ца лиъна волу лулахо, дуьне хьалха даьккхина ялсмани т1аьхьа теттина волу, иза а вирзина эхарте, ткъа атта дацара цунна ялсамани чуьра бешахь вахар, дуьне бахьанех цунах ца волуш, хьанна хаьа цунах х1ун хилла. Цуьнан беш мичахь ю х1инца?

Х1ун хилла цунах?

Ойла е, х1ай, бусалба ваша, йиша!

Ялсаманина айхьа х1оттийна мах д1ало Далла, Цуьнгара эца иза.

ДЕКЪАЛА ХИЛАРАН НЕКЪ

Цхьана дийнахь ламаз динчул т1аьхьа пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) хаьттира асхьабашка (Дела реза хуьлда царна):

«Тахана марха хьан лаьцна шух? Абубакара жоп делира: «Ас лаьцна». Пайхамара хаьттира: «Тахана докъана т1аьхьа а х1оьттина и д1адолла мила вахана шух?» Абубакара жоп делира: «Со вахана». Пайхамара хаьттира: «Тахана шух хьан елла мискачу стагана яах1ума?» Абубакара жоп делира: «Ас елла». Пайхамара хаьттира: «Тахана шух мила вахана цомгуш волчунна т1ехотта?» Абубакара жоп делира: «Со вахана». Т1аккха пайхамара элира: «Х1ара диъ х1ума стагехь цхьана дийнахь вовшахкхетар ма дац, иза ялсамани чу вахний бен2».

НУЬРЕ МАСАЛШ

– Вай элчанан х1усамнана 1аишата (Дела реза хуьлда цунна) шарахь х1ора дийнахь марха кхобуш хилла, марха кхаба ца мегаш долу масех де доцург.

– Элчанан асхьаба Абу-Дарда́ъа (Дела реза хуьлда цунна) х1ора дийнахь б1е эзар «Субхьа́налло́х1» олуш хилла.

– Элчанан асхьаба Абу-Х1урайрас (Дела реза хуьлда цунна) х1ора беттан хьалхара кхаа дийнахь марха кхобуш хилла цо.

– Элчанан асхьаба Абу-Х1урайрас (Дела реза хуьлда цунна) х1ора дийнахь шийтта эзар «Субхьа́наллох1» олуш хилла.

– Элчанан асхьаба Абу-Х1урайра (Дела реза хуьлда цунна) ша д1авижале эзар «Субхьа́наллох1» аьллий бен д1авуьжуш ца хилла.

– Элчанан асхьаба 1абдуллах1 бин Зубайра (Дела реза хуьлда цунна) цхьана буса ламазехь лаьтташ 1амал еш хилла, вукху буса ламазехь руку́1ехь лаьтташ 1амал еш хилла, вукху буса ламазехь сужданехь лаьтташ 1амал еш хилла.

– 1а́мир бин 1абдил-Къойса (Дала къинхетам бойла цунах) малх схьакхетча, малхбуза хан хиллалц ламазаш деш хилла.

– Асвад бин Язийда (Дала къинхетам бойла цунах) шарахь х1ора дийнахь марха кхобуш хилла, марх кхаба ца мегаш долу масех де доцург.

– Муррат Ат-Т1оййиба (Дала къинхетам бойла цунах) х1ора дийнахь-буса ялх б1е рака1ат ламаз деш хилла.

– 1абду-Рохьман бин Аби-Лайлас (Дала къинхетам бойла цунах) 1уьйре хилча, малх хьалабаллалц Къуръан доьшуш хилла.

– Аль-Асвад бин Язийда (Дала къинхетам бойла цунах) к1ирнах марханаш кхобуш хилла.

– 1алий бин Хьусайна (Аллах1 реза хуьлда цунна) х1ора дийнахь эзар рака1ат ламаз деш хилла.

– Т1о́вус бин Кайсансий, цуьнан накъосташий х1ора малхбуз- ламаз динчул т1аьхьа до1анаш деш хилла.

– Майму́н бин Мах1ро́на (Дала къинхетам бойла цунах) вуьрх1итта шарахь х1ора дийнахь эзар рака1ат ламаз дина.

Билал бин Са1да (Дала къинхетам бойла цунах) х1ор дийнахь-буса эзар рака1ат ламаз деш хилла.

– 1алий бин 1абдиллах1 бин 1абба́са (Дела реза хуьлда царна) х1ора дийнахь эзар сужда деш хилла.

– Имам Ахьмад бин 1абдиллах1ас (Дала къинхетам бойла цунах) х1ора дийнахь-буса кхо б1е рака1ат ламаз деш хилла, ша доьзт1къа шаре герга вахана воккха стаг волушехь.

Зуламхоша шена ницкъ бина могашалла галъяьллачул т1аьхьа цхьа б1е шовзткъе итт ракат т1е охьавеана иза.

Х1ора къирнах цхьауз къуръан доьшуш чекх доккхуш а хилла цо.

– Бакъий бин Михлад (Дала къинхетам бойла цунах) х1ора кхаа буса кхойтта рака1ат ламаз деш, Къуръан доьший чекхдоккхуш хилла.

– Царех цхьамма аьлла: Шовзткъа шарахь ламаз дина ас, валлах1и имамана т1аьхьа х1оьттина волуш бен ламаз дина ма вац со.

Х1ора дийнахь б1е рака1ат ламаз деш хилла цо, х1ора дийнахь марха кхобуш а хилла.

– Хьусайн бин Фадло (Дала къинхетам бойла цунах) х1ора дийнахь ялх б1е рака1ат ламаз деш хилла.

– Жунийд бин Мухьаммада (Дала къинхетам бойла цунах) х1ора дийнахь кхо б1е рака1ат ламаз деш хилла, эзарнашкахь «субхьа́наллох1» олуш а хилла.

Комментарии:

Иштта Далла 1амал еш нах хилла уьш. Ткъа иштта 1амал еш хилларш дуккха бу вайн умматехь, делахь а берриш хьахалур бац, цундела вайна масална к1езиг хьахийна кхачам бина ас.

Вай саннарш цец бовла там бу церан 1амалх, амма уьш цу дарже кхачийнарш церан эхартаца йолу марзо ю.

Тахана вайгахь санна дуьненан баланаш хилла цаьргахь а, г1уллакхаш а хилла, делахь а ялсамани дуьхьа къахьега хан карош хилла-кх царна.

Тахана вайн болу дуьненан аьттонаш церан хиллехьара цара кхин а сов 1амал йина хир яра, делахь а вайний, царний юкъахь йолу башхалла – церан дуьненан аьттонаш ца хилла, амма лаам хилла, ткъа вайгахь дуьненан аьттонаш бу, амма лаам бац.

И башхалла ю вайна юккъахь ерг. Бакъду, заманаш а тайп-тайпана ю вайн. Церан зама беркате зама яра, питанаш, дуьне, стаг галвоккху х1уманаш к1езиг долуш. Амма вайн зама иштта яц. Адамийн ойла д1ахьийзайо х1уманаш дукха ду, питанаш денна совдуьйлуш ду, 1есалла дукха яьржина ю, цундела цара санна 1амал ян вайна ч1ог1а хала хир ду, ян лур яц иштта.

Цундела хьайн замане, хьоле хьаьжна 1амал т1елаца, цу т1ехь д1а а г1о. Хьан зама хала мел хуьлу, хьан 1амалан ял са йолу.

Пайхамар (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) ма аьлла: «Питане заманахь 1ибадат дар, со волче х1ижрат дар санна ду».

Цо гойту вайн питанаш сов девлачу заманахь 1ибадат дар деза хилар, пайхамар волче д1авахар санна мела хилар.

Цундела цхьа 1амал лаца хьайна т1е, ялсамани дуьхьа ахь даима йийр йолуш, хьо ялсаманина хьакъ вийр волуш Делан пурбанца.

ХАРЦА БЕХКАМ

Цхьана стага ислам дин т1еоьцуш пайхамарна бехкам х1оттина хилла шега саг1а а ма далийта, г1азот ма дайта аьлла. Т1аккха пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира цуьнга: «Саг1а а ца делча, г1азот ца дича, хьо ялсмани муха ваха воллу»?!

Комментарии:

Цо гойту ялсмани стаг вуьгуш ерг цуьнан 1амал хилар Делан къинхетамца, цундела ялсамани езахь 1амал ян еза.

РАБИЙIА

Вайл хьалха баьхначарна ялсамани муха езаш хилла хьовсур ду вай, т1аккха царна а, вайна а юкъахь йолу башхаллаш евзар ю вайн.

Вайн пайхамаран (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цхьа сохьабий вара Рабий1а бин Ка1б Аль-Асламий ц1е йолуш. Иза жима стаг вара. Пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) г1уллакх деш, цунна улле ваьлла лелаш вара иза. Цо дуьйцу:

«Пайхамар (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) волчехь буьйса йоккхуш вара со. Буьйсанна цунна ламаз эца хи дохьура ас, цуьнан хьаште хьожура со. Цо элира соьга: «Деха соьга хьайна дезарг». Аса жоп делира цунна: «Аса хьоьга доьху ялсамани чохь хьуна уллехь хилар». Пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Кхидерг деха». Аса элира: «Иза доьху ас». Т1аккха пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира: «Т1аккха ахь суна г1о де дуккха а сужданаш деш3»

Комментарии:

Рабий1ас (Дела реза хуьлда цунна) шена дечу г1уллакхна дуьхьал пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цунна диканца бекхам бан лиънера, цундела цо аьллера Рабий1е: «Хьйна дезарг деха соьга».

Ткъа Рабий1ас х1ун дийхира? Рабий1ас лоьхург х1ун хиллера?

Ялсамани ехна ца 1аш, ялсамани чохь уггаре лекха меттиг йийхира цо, пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) уллохь хилар.

Ткъа пайхамар (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) уггаре лекхачу Фирдавс олучу ялсамани чохь хир ма ву, иштта цунна уллехь хуьлуш верг а хир ма ву!

Я Аллах1, ма доккха совг1ат ду-кх Рабий1ан хилларг!!!

Иштта лекха меттиг ехна шена Рабий1ас (Дела реза хуьлда цунна). Ма доккха х1ума хиллера цо сатуьйсуш дерг. Цундела, Рабий1ас доьхуш дерг дукх деза х1ума долун дера, цуьнан мах бала беза дера, пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) Рабий1ас доьхучу х1уманан мах билгалбира – иза Далла дуккха а сужданаш дар бу. Ткъа сужда – Далла дуккха а ламазаш дарца хуьлу. Цу т1е нисвира пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) Рабий1а, цо дехначу х1уманан механа т1е.

Рабий1ас дехнарг, цо т1елоцуш дерг дукха доккха х1ума долу дера, цунна мелла а аттаниг далархьама, пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) элира цуьнга: «Кхидерг деха». Амма Рабий1а (Дела реза хуьлда цунна) вацара шен лаамна т1ера вер волуш, цо шена иза бен х1умма ца деза аьлча, т1аккха пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цо бала беза мах билгалбира цунна.

Рабий1ас (Дела реза хуьлда цунна) муьлхха а дуьненан х1ума дехнехьара, пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) лура дара иза.

Ткъа Рабий1ан дуьненан хьал муха дара хаьий хьуна?

Рабий1а чуваха чоь йоцуш, пайхамаран (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) маьждиг чохь вуьжуш-г1оттуш ма вара, наха саг1ина маьждиге деанарг бен кхин рицкъ а доцуш даа.

Зуда ялоза жима стаг вара иза. Даима меца волуш, тишделла, хийца шена т1ераниг бен кхин духар доцуш къен жима стаг вара Робий1а.

Уьш дерриш цо пайхамаре (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) дехнехьара, пайхамара уьш цунна лур дара. Шегахь уьш цунна дала дацахь а, Деле цо до1а дича, Дала и дерриге х1ума Робий1ана лур дара. Иза ч1ог1а дика хаьара Робий1ана, делахь а, шен дуьненахь боцу аьтто ца гора цунна, коьрта ойла иза яцара цуьнан.

Цуьнан ойла эхартаца яра, цигахь ша чуваха ялсамани йоцуш, цу чуьра даа мерза даар доцуш, ялсамани чуьра т1едоха хаза духар доцуш, ялсамани чуьра хаза хьурул 1ийн мехкарийн х1усамнаной боцуш, пайхамарна (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) уллехь а воцуш ша висарна.

Хаьара цунна ша дуьненахь мел хала вехахь а, и хало даима хир йоций. Я дуьненахь аьтто хилла цу халонех хьалхавер ву, я валарца чекхъер ю иза. Ткъа эхартахь дерг цкъа́ а д1ахедар доцуш, даима хир ду, цундела шена даима хир дерг дика хилийта лиънера цунна, цигахь дерг уггаре коьрта дуй хиънера цунна. Ткъа хьекъал долчу стаг йийр йолу ойла ю иза.

Лекхачу, Везачу Дала ахь ма-деххар, х1ай Робий1а, пайхамарца (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) цхьаьна хуьлийтийла хьо ялсамани чохь, шун уллехь, тхо а шуьца хуьлийтийла Везачу Дала.

Иштта хилла-кх Робий1ас (Дела реза хуьлда цунна) пайхамаре (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) дехнарг.

Робий1а санна чуваха чоь йоцуш, хийца духар доцуш, саг1ина елларг бен юург йоцуш, зуда яло аьтто боцуш, зуда яло аьтто а, бан болх а боцуш хьо хилча, пайхамара (Делера салават а, маршалла а хуьлда цунна) Робий1е санна хьайга а деха аьллехьара, ахь х1ун доьхур дара? Робий1ас дехнарг доьхур дара ахь, я дуьненан аьтто боьхур бара ахь?

Ахь дуьненан хьал дехча а хьуна билла бехк бац, цуьнга хьо ч1ог1а хьаште хиларна, я ялсамани йоьхур яра ахь?

Ялсамани йоьхур яра ала там бу ахь. Иштта алар дика ду, делахь а таханлерачу хьайн дахаре хьажий дуста, баккъал а йоьхур ярий те, я яцара. Нагахь санна, Робий1а санна халчу хьолехь воллушехь ахь и йоьхург хилча, тахана Робий1ан хьоле диллича, паччахь санна вехаш волу хьо т1ех дукха ялсамани йоьхуш хила веза хьйн до1анашкахь.

Дийнахь-буса массазза до1а до ахь Везачу Деле хьайна ялсамана йоьхуш?

Робий1ел дуккха а дика 1аш воллушехь, дийнахь цкъа-шозза бен ялсамани йоьхуш хьо ца хилча, Робий1а санна хьолехь долуш вай тешне а йоьхур яцара иза. Бакъдерг ала боху вайга, иза къаьхьа делахь а.

Кху Робий1ах лаьцна дийцарца гайта г1ерта со вайн тахана г1ийла хилар. Хьовсийша, мел г1ийла ду вай ялсамани лехарехь, цуьнан ойла ярехь, иза Деле ехарехь, Дала иза вайна яларна сатийсам г1ийла бу-кх вай. Вай лийр долуш дац те? Вай жоьжахата даха мегш дац те? Хьо жоьжахати ца воьдуш, ялсамани г1ур ву аьлла кхаъ баьккхина хьоьга? Иштта дацахь, вайл хьалха хилла дика нах санна ялсаманига сатуьйсуш хила деза вай.

1.– Ибн Хьибба́н, 7159.
2.– Муслим,1028.
3.– Муслим, 489.

Бесплатный фрагмент закончился.

276 ₽
Возрастное ограничение:
18+
Дата выхода на Литрес:
08 октября 2025
Объем:
60 стр. 1 иллюстрация
ISBN:
9785006818347
Правообладатель:
Издательские решения
Формат скачивания:

Похожие книги