Читать книгу: «Дарц»

Шрифт:

БIешерийн дохалла нохчийн халкъан маршо, сий лардеш, шайн синош дIаделлачу кIентийн а, йоIарийн а хьурматна

I корта. ВЕДАНА-ГIОПЕХЬ

Революци хилале хьалха ламанхой Iаламат ирчачу, халачу хьолехь бара. Уьш законна арахьа латтабора, уьш разбойникаш лорура, ламанхо вийнарг законо жоьпе ца озавора, Iедална кIеззиг а дуьхьало йинчу йуьртана луьра таIзар дора.

Г. К. Орджоникидзе

1

Эрна къастийна ца хилла Шемала мацах цкъа xIapа Ведана шен имаматан коьрта шахьар, ткъа тIаьхьа паччахьан эскарийн командованис Нохчийчоьнан уггар карзахечу, къармазечу декъан – Нохчмехкан – администрацин туп а.

Ша лаьмнашна йукъахь йелахь а, амма шуьйрачу, нийсачу экъан тIехь Iуьллу иза. Малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбехьа а – кхаа aгIop цунна го бина лаьтта къеначу хьаннаша хьулдина лекха лаьмнаш. БIаьсте тойелча, хетало, оцу лаьмнашна тIе цхьа доккха, кIужалш хьийзина, баьццара холхаз тесча санна. ТIулгийн тархех схьадуьйлу бIеннаш шовданаш, лаха мел довлу татолашка а гуллуш, стамлой, Хулхулон чIожа а доьрзий, чхернаш тIехула кхийсалуш, чопаш туьйсуш, цинцийн дарц детташ, бурош хьийзош, карзахечу говрах тера чехка малхбузехьа, Нохчийн аренга, довлу.

Оцу къеначу, йуькъачу хьаннаша а, шийлачу шовданаша а, лаьмнийн баххьашкахь даим дIа лаьттачу лайно а аьхкенан уггар йовхачу хенахь а цхьа дегIана тамехь, цIена, могаш xIуo латтадо кхузахь. И шовданаш а, хиш а хуьлу дукха сирла, цIена, шийла хиларна, сийна йа Iаьржа бос а бетталуш.

Iаламан исбаьхьаллел сов, доккхачу стратегически маьIне а йу xIapa меттиг. Кхузара дIа бу цхьацца а бен боцy биъ некъ: къилбаседа Нохчмахка а, къилба-малхбузехьа ЧIебарла а, къилба-малхбалехьа ДегIастана а, малхбузехьа, Хулхулон чIожахула охьа Нохчийн аренга а.

ХIокху Веданна гена боццуш бехаш бу хьалха заманахь дуьйна цIарна а цIeйахана даьргIойн а, жугIуртахойн а герзийн пхьераш, белгIатойн аьчган а, дечиган а пхьераш а. Нохчмахкахь лаьттан къелла йу. Амма кхузарчу бахархоша, йоIбIаьрг санна, лерина ларйо шайн долара лаьттан коржамаш. Уьш, хьаннаш а хьоькхуш, йаьхна цара. Оцу коржамашна тIе кол йала ца йуьту, жагIанан биста кхаччалц тIера тIулгаш дIадоху. Ворданашца а, салазашца а, ткъа цхьаццанхьа – галешца а, тускаршца а, гихь а кхоьхьуш, оцу коржамаш тIе кхелли, даьгначу дечигах йаьлла йукъ а йаржайо. ХIокху мехкан цхьа а стом бац кхузахь боцуш. Къаьсттана дукха ду бIараш. ЦIахь а, бошмашкахь а, даккъашца а, регIан маьлхан басешца а, хьевхьешкахь а. Амма йалта дац-кх церан. Адаман дахаран и коьрта рицкъ. Оцу шайн лаьттан коржамаш тIера даьлла йалта а, цанаш тIера даьлла докъар а бIаьстенга бовла а ца тоьу. Цанаш а, дежийлаш а кIезиг хиларна, даьхнилелорна цхьа доза ду. Хьалха цIахь бина цхьацца пхьоланийн гIирсаш а, баккхалш а йухкура цара. ХIинца дIадаьлла цаьрца тIедогIу рицкъа а. ХIокху йарташка Россера промышленни товараш кхоьхьу кхузарчу а, аренгарчу а совдегарша. Уьш дорах а, эвсаре а хуьлу, цара сий дайъина меттигерчу пхьерийн.

Оцу къелло а, мацалло а, Iедалан къизалло а, харцонаша а, цхьа хан мосазза йели, кара герз оьцуьйту кхузарчу бахархошка. ХIокхеран гIаттаман оьмар йеха ца хуьлу, иза цIела карчабо Iедало. ТIаккха, цхьа хан а йолуьйтий, жимма ницкъ а IаIабой, йуха а гIовтту, йуха а къиза хьошу уьш. Кху тIаьххьарчу ткъа шарахь боккха гIаттам ца хилла Нохчмахкахь, хIинца адамаш цхьацца а, кегийчу тобанашка цхьаьнакхетий а гIуьтту Iедална дуьхьал, шайна тIехь латточу къизаллех, харцонех бекхам эца.

1904-чу шеран гурахь цхьана пIераскан дийнахь Ведана богIучу беа новкъа адам дара кхуза тIетатталуш. Iаьндойн лам хадош, ДегIастанара охьа а, ЦIоьнтарахула схьа къилбаседа Нохчмахкара а, Хулхулон чIожахула аренгара хьала а, Пешхойн ломан гечонах сехьа а буьйлуш, Органах лакхенцарчу йарташкара схьа а. ГIаш а, говрашкахь-варрашкахь а, ворданашкахь а, гIудалкхаш тIехь а. Цхьацца-шишша а, масех стагах, зударех лаьттачу тобанашца а.

Тахана базар йу Веданахь.

2

Хулхулон чIожахула хьалабогIучу некъан татолехь вара европахойн духарца кечвелла шовзткъе пхи шо хенара, йуккъерчу, декъачу дегIара цхьа некъахо. Цуьнан коьртахь сирачу гатанан картуз, некха тIехь а, агIонца а даккхий кисанаш долу сирачу машин тужурка а, оццу басахь исхаран галифе а, когахь гIеххьачул тишйелла, амма дика эткаш а йара.

Новкъахь цхьаццаммо вордан тIе хаавора иза, амма ирх хьалагIертачу стерчашна йа говрашна дукха ницкъ ца бан, жимма настаршка са а доIуьйтий, ворданан дена баркалла а олий, чувуссий, фанерах йина, хено Iаржйина шен чамда кара а лоций, йуха а хьалха дIаволалора иза.

Ведана кхача цхьа-ши чаккхарма некъ бисча, МахкатIехьара схьа стерчийн ворданахь вогIучу воккхачу стага, ворда а сацийна, догцIена вела а къежна, куьйга а, бIаьргашца а ишар йина, вордан тIе хаийра некъахо.

– Стерчашна ницкъ хир буй-те, со а тIехиъча? – элира некъахочо, нохчийн маттана гIеххьачул толкха а лелхаш.

Воккха стаг, цецваьлла, схьавирзира.

– Хьо мича къомах ву?

– Нохчо.

– Духар а, хабар а тера дац хьан нохчех.

– Ткъе ворхI шо ду со хIокху махках ваьлла.

Воккха стаг цхьана минотехь, вист ца хуьлуш, ойла йеш Iийра.

– Iаьлбаг-Хьаьжа вохийначул тIаьхьа лецначарех ву-кх хьо?

– Ву, дера.

– Мичара ву хьо?

– Яьсси йистера. Гати-Юьртара.

Воккхачу стага, бай сара а тоьхна, ши сту човхийра. Вордан тIехь чордачу машех дина къорза гали дара тIергIах дуьзна, бертиг къевлина гуьмалк а йара. Цунна тIегIертачу зIуганаша хоуьйтура гуьмалкахь моз хилар. Гомашан неI а, масех кхакха а бара ворданахь буха тесна. Коьртара схьaбаьккхинa бIегIиган куй хьаьрса маж-мекх даьллачу йуьхьах а, тIаккха, хебаршка ихна, жIомак хиллачу вортанах а хьаькхна, доккха садаьккхира воккхачу стага.

– ХIаъа, дукха эрчонаш гайтира оцу шаро. ХIара мацалла, хIара къелла, хIара харцонаш кхидIа лан собар а кхачийна, гIевттира нохчий. Цара сатийсина маршо а, сискал а, бакъонаш-м муххале а ца хилира царна, мелхо а, гIуллакхаш кхин тIе а галдевлира. БIеннаш, эзарнаш адамаш тIамехь хIаллакьхилира, бIеннаш йартех, йагийна, чим бира, бIеннаш доьзалш Сибрех бахийтира. Тхан МахкатIера а, гондIарчу йарташкара а хIаллакьхилларш тоьур бара. Тхо цхьадерш-м, аренга а кхалхийна, дитира. Маршо-м муххале а ца хилира вайна, мелхо а, хьалхачул чIогIа къамкъарг Iаьвдира. Са дала доьлча, буй малбеш, тIаккха йуха а тIекъовлуш. Даха а ца дуьтуш, йа, дайъина, дIа а ца дохуш. Дависарг, цхьа ткъе итт шо мукъана а къона велара со. XIapa цхьана болу ши сту а боьхкина, топ а, патармаш а эцна, оцу Зеламхех дIакхета. Веддарг-хьаьддарг ца волуьйтуш, кху Iедалан хьаькамаш байа.

ХIокху махка кхаьччахьана, некъахочунна дукха хезара оцу Зеламхин цIе йохуш. Вешина зуда йалош шина тайпанна йуккъехь хиллачу девнехь шина а aгIop цхьацца стаг вийна, ткъа Iедало Зеламха а, цуьнан да а, шичой а, лецна, Сибрех бахийтина, цигара цIа а балийна, йуха дов хаьттича а, хенаш тоьхна царна; тIаккха Соьлжа-ГIалин набахтера ведда, иза обарг ваьлла лела кхо шо а ду, бохура. Дийцарехь, цо кхерамна кIел латтадора кху махкара Iедал.

Соьлжа-ГIалахь даьккхинчу цхьана дийнахь тахана хIокху махкахь хIоьттинчу хьолах лаьцна кхин а керланаш хезнера некъахочунна. Дийцарехь а, зорбанехь йаздарехь а дика йацара кхузарчу къаьмнийн йукъаметтигаш. Уьш галйаьхнера Iедало лелочу харцонаша. TIом чекхбаьлча, нохчийн махкахь уггар тоьллачуьра латтанаш гIалгIазкхийн станицийн, нохчийн а, оьрсийн а эпсарийн, совдегарийн, чиновникийн, лакхарчу динадайн а дола даьхнера. Оцу гIуллакхо лаьттан къелла хIоттийнера халкъе. ШолгIа, нохчашна герз лелор дихкинера, ткъа гIалгIазкхашна и лело бакъо йеллера. КхозлагIа, кхузахь шатайпа законаш дара нохчий эшош, амма гIалгIазкхий толош. ТIехула тIе, имперехь цхьанххьа а боцу текхамаш а бойтура нохчашка. Кху махкахь дехачу къаьмнашна йуккъехь барт бан-м муххале а ца гIертара Iедал, мелхо а, царна йукъа дов туьйсуш, и кIамдеш, дардеш, диллина дIа царна йуккъехь мостагIалла латтадора.

Некъахочунна хазарехь, и йукъаметтигаш цуьрриг а тоелла йацара ткъе вopхI шо хьалхачул. Цхьа-ши шо хьалха ШаIми-Юьртан базарахь, гIалгIазкхий нохчашкара герз дIадаккха гIоьртича, дов даьлла хилла, шина а агIорхьара нах а бойуш. Оццу хенахь Карабулакски станицерчу гIалгIазкхаша талийна гIалгIайн йурт Яндаркъа. Ткъа стохка Сунженски отделан атамана, ссылкера бевдда цIа баьхкина ламанхой лоьху ша аьлла бахьана а хIоттийна, талийна Экажев-Юрт.

– Хьаькамаш байарх, тIе галдовлар бен, гIуллакхаш нислур дац вайн, – элира некъахочо, ша-шега олуш санна.

– ХIун дан деза ткъа?

– Iедал хийца деза. Хьаькамех цхьаъ вийча, цуьнан метта кхин хIутту. Хьалхачул къизаниг йа сонтаниг.

Ворданан да, кисанара кисет схьа а йаьккхина, хедош тойинчу лоьдгех цигаьрка хьарчо хIоьттира.

– XIapa Iедал тIе ца даийта а гIиртира, тIедеача, дIадаккха а гIиртира. Цунах гIуллакх ца хилча, жимма мукъана а къамкъарг малйайта а гIиртира. ТIаккха вайна тIехь динарг а гуш ду-кх. Iедало хIиттийна йуьртдай тIе ца лаца а, Iедална текхамаш ца бан а гIерташ, дуьхьало йира кху Iай Нохчмахкарчу йарташа. ХIун хили цунах? Массо йарташкара, йукъ-йукъара, нах лийци. ХIан-хIа, Зеламхина тIаьхьадахар бен, кхин некъ ца бисина.

3

XIapa шиъ Ведана чукхочуш, цаьршинна тIаьхьакхиира дика ши говр йоьжна йогIу гIудалкх. Цунна тIехь кIедда техкаш хиъна Iapa сирдала доьллачу хьаьрсачу маж-мекхана цIен гIина а диллина, йерстина цIен беснеш, чIенига кIел кхалкъ йолуш, воккхаллехьа лестина стаг. ХIокхеран ворданца нисвелча, цо боларе йехира чаболахь йoгIy говраш.

– Ассалам Iалайкум, Тасуха!

– Ва Iалайкум салам, Бета!

– ХIун ду вайн эвлахь керла? Сингаттам боцуш деца?

– Дика Ia. Хьо а лелий могаш?

– АлхьамдулиллахI, къинхетаме а, комаьрша а волчу вайн Далла бу хастам! Ас шена кIезиг йечу Iамале хьаьжча, со ма дика кхобу-кх цо! Нахана моттахь а, башха xIapa дуьне лоьхуш а ма вац со, Тасуха. Эцца сайн ницкъ кхоччучул Далла Iамал а йеш, доьзална оьшучул совдаьлла рицкъа сагIина а луш, Далла дуьхьал ваха кечам беш лела-кх.

Томкано маждинчу мекхашна хьажо пIелг хьоькхуш, къорра велавелира Тасуха.

– Бакъ боху ахь, Бета. Айхьа миска нах а, жоьра зударий а, бобераш а талош летийнчу къинойх цIанвала гIерташ, Далла хьалха ма дукха корта бетта беза ахь. Церан хьакъ текхна вер вац хьо йовмал къематде махьшаре долуш а. Мацах-мацах цкъа, бусалба дин а, йа керста дин а кхолладалале хьалха, адамашна, церан корматалле хьаьжжина, деланаш боькъуш, цхьа дела тоьъна вац, боху. ТIаккха къушна а, совдегаршна а цхьа дела къастийна, боху. Церан корматалла цхьаъ а лерина!

Бетас бIаьрнегIар а ца туьйхира.

– ДIавалахьа, Тасуха, – куьг ластийра цо. – Вайн эвлара со цхьаъ йаа сискал йолуш валар ца лало-кх шуьга. ТIехула тIе, Тасуха, совдегаралла сийлахь а йуьйцу жайнаша. Iалай салат вассалам, Делера салават, салам-маршалла хуьлда цунна, вайн пайхамар а ма хилла ша къона волуш совдегар.

– Амма иза, хьо санна, нах Iехош, къехошна тIера цIока йоккхуш ца лелла.

– Хаац, пайхамаршна, эвлайаашна xIyмa олучух Дала лардойла вай. Амма xIapa дуьне доладелчахьана хьарамло йоцуш совдегар хилла а вац, йа хир а вац. Массо а ву вовшийн Iexo гIерташ. Забарш йуьтур вайша. ХIан, кху йарташкарчу нахера ас цхьацца сурсаташ оьцу. Уьш оьцуш лела а, уьш кхузара дIадахьа а дуккха а хан йеза, къахьега деза, харж йан йеза. ТIаккха масех дийнахь, цкъацкъа масех баттахь а, цIийнах-цIарах, йуьртах-махках а волий, уьш дохка воьду со. Хьан хьоьгур дара и къа, шена жимма а тIе са ца йаьлча? ХIан, оцу хьан вордан чуьра тIаргIа, неI, кхекхий асий, со санначой дIа ца эцча, хьо хIун дан воллура? Кепек пайда а боцуш, довр дара-кх. Уьш эцна хьо Соьлжа-ГIала, ГIизлара, атталла Хаси-Юьрта а гIyp вац. Вахча а, хьо цига базара а вуьтур вац. ГIаланашка-м хьовха, вешан йарташкарчу базаршкахь ца дита а долийна вай-м. Лурчах ШаIми-Юьртан базарахь хилларг ца хезна хьуна? Гой хьуна, нагахь кхета шун хьекъал делахь, ас а, со санначо а доккха гIуллакх до шуна.

Тасухас доккха садаьккхира.

– Сан мостагIчунна ма дойла аш и гIo. Цхьана aгIop Iедало тIе налогаш йетта, xIopa шарахь алсам а йохуш. Уьш дIа ца текхча, салтий а балош вогIий, пурстоьпо, кертахь йелахь, бежана а, газа-уьстагI а, уьш йацахь, цIа чуьра йийбар а дIахьо. XIapa къиза къахьоьгуш IаIийнарг, берийн багара а йаьккхина, цхьанна йохка ваха воьлча, цига а ца вохуьйту. Тхоьгарчу халчу хьолах пайда а оьцуш, шу цхьа нах, цIубдарш санна, тхан догIмех летта. ХIyмма а дац, Бета, цхьа де догIур ду оха шуна и марах доккхуш. Оцу Зеламхас ша Веданарчу оьрсийн совдегаршна диннарг ма дахьара хьуна!

– Цуьнгахьара-м кхерам бацара суна. Цкъа-делахь, Носов санна, хьал долуш вац со. ШолгIа-делахь, Зеламха вайн нохчо ву, тIехула тIе, цуьнан нана тхан цIийнах а йу. Доцца аьлча, сан йишин кIант ву иза.

ТIаьххьара кIур а баьккхина, цигаьрка дIакхоьссира Тасухас.

– Дера хIета, ахь дуьйцург бакъделахь, и шайн нуц а, цуьнан кIентий а лецна Iедало хьийзочу хенахь царна орцахвала везаш ма хиллера хьо.

– Ишттачу гIуллакхана йукъагIерта ницкъ ма бац соьгахь. Со цхьа миска Делан лай ма ву.

Совдегаро, мохь туххуш архаш а ластийна, говраш дIалелхийтира.

– Цуьнан оцу дерстинчу дилха йукъахь доцуш экха дац, – элира Тасухас, совдегар къайлаваьлча. – Борз, хьакха, цхьогал, мукадахка, пашбукъ. Адамашца, цуьнан гIуллакхашка хьожжий, хийцало уьш. Къиза хила везахь а, йамартло, тешнабехк бан безахь а, хьаставала везахь а. Тхан йуьртахо ву Бета. Сан хенара. Iаьлбаг-Хьаьжин гIаттам болчу хенахь эла Авалун къайлах айкх вара иза. МахкатIехь, Хоттанехь, Тевзанахь, Элистанжахь а наха дIа мел баьккхина ког Iедална тIе дIахьош. ТIаккха масех шарахь МахкатIехь йуьртда а лаьттира. Нах талош шай-кай а IаIийна, совдегаралла лело вуьйлира. Амма наха ца вуьтура иза кху aгIop ког хецна ваха. Шозза цIенош а дагийра, йалта а, докъарш а дагадора, даьхни ца дуьтура. Кхузахь шен гIуллакх хир доцийла а хиъна, кхелхина, Шела вахара иза.

Некъахо хIумма а цец ца велира Тасухас дийцинчух. Мацах цкъа хIокхуьнан шен да а ваханера оццу новкъа…

4

Ведана гIопана тIехьара йоккха майда дIалаьцнера базаро. Кхузахь бара беркъа бухабелла гондIарчу йарташкара нохчий а, де довха делахь а, тIейуьйхина кхакханан кетарш, коьрта техкина кхакханан куйнаш а долуш, Iаьндой а, мелардой а, цIадахьарой а. Эшамаша таIийна, стерчий санна Бециш бакъабеллачу царна йукъахь догIмашца а, басца а, духарца а къестара аренгара баьхкина таронаш йолу нах а, кегийра совдегарш а, кху гIопехь гIуллакх деш болу нохчийн, оьрсийн эпсарш а, салтий а, чиновникаш а.

ГIопан тIулгах бинчу лекхачу пенан бохалла хIиттина лаьттачу а, хевшина Iачу а божаршний, зударшний хьалха Iохкура цара шаьш дина дагарш, мангалш, целаш, маьрсаш, пешан гIалакхаш, морзахаш, таьлсаш, бухкарш. Йукъа-кара тIулгашна йукъа пенах диттинчу дечган хьостамех кхозура вертанаш а, бустамаш дохуш кечдина къорза истангаш а.

Цхьана aгIop шайн могIа бара йалтийн, цIеста а, кхийра а пхьегIаш йухкучу дегIастанхойн. Йуьстах, нехан кертех дIатийсина лаьтташ, говраш, бежанаш дара, мацалла чожаш чу а кхетта. Басехьа, доккхачу бIара кIел, гapcex жижигаш, дуьмеш кхозура, оццу могIарехь зударий а лаьттара кхийра пхьегIаш чохь даьтта, моз, виэта, кIалд, нехча йухкуш.

Кхекхий, цIокарчий, тIаргIий бухкучу мoгIape йигна, шен ворда сацийра Тасухас.

Ворданара охьа а воьссина, цу чуьра схьаэцна шен чамда лаьтта а хIоттийна, Тасухин куьг лаьцна, цунна даггара баркалла элира некъахочо. ТIаккха, коьртара картуз дIа а йаьккхина, кисанара схьадаьккхина йовлакх тиллачу коьртах а, йуьхьах а хьаькхна, гондIа бIаьрг туьйхира цо. Уггар хьалха цунна гира базаран майданна тIехула айаделла лаьтта йеттинчу кибарчигех дина доккха цIа. Шуьйрачу неIаран а, шина коран а тIехуле дIалоцуш тоьхначу сийна басар хьаькхначу анна тIехь Iaьpжачу элпашца доккха йаздина дара: «Товары купца Носова». И цIа а, и туька а, йа xIapa базар а йацара ткъе ворхI шо хьалха, xIapa некъахо кхузара дIавоьдуш.

Шен чамда кара а лаьцна, базар йукъа велира некъахо. Вевзарг гape догдохуш, лерина нехан йаххьашка а хьоьжуш, базархула масех гуо баьккхира цо. Цунна бевзарш хила а тарлора кхузахь, амма оцу ткъе ворхI шарахь церан йуьхь-сибат цадовззал хийцаделла хир дара. Вевзарг карорах дог а диллина, зударийн базар йолчу а вахана, цхьаьнгара эцна нехчин межарг, газета йукъахьарчийна, кисана а таIийна, йуьстахвелира иза.

Хулхулон тогIи чу боьдучу новкъа цхьа-ши бIе гIулч охьа а вахана, аьтту aгIop дIахьаьвзина, стоммачу, лекхачу, бурсанечу попа кIел хаза тодинчу шовданна гергахьо сецира.

Попан зоьрталчу орамашна бухара схьадуьйлу шовда тодинера, стеган локхаллин барамехь тIулган экъанех кхаа aгIop пен а боьттина, тIехула герагийн жима тхов а тиллина. Пенна йуккъе йоьллинчу аьчган биргIи чухула комаьрша схьадогIучу сирлачу хи кIел гIели диллина цIестан кIудал а хIоттийна лаьттара йалхитта-вуьрхIитта шо хенара шега хьоьжуш Iалла хаза йоI. Шовданна герга веана стаг гича, кIудал хи кIелхьара дIа а йаьккхина, пенах боьллинчу хьостамах кхозу кхийра зока схьа а эцна, некха тIехула охьакхозу стомма, йеха Iаьржа кIажар, йайн ластийна, букъа тIехьа а тесна, стагана тIе а йеана, цуьнга хи кховдийра цо.

Некъахо масех секундехь лаьттира, зока схьаэца иэс ца кхочуш. Оцу секундашкахь цунна карладелира ткъе иттех шо хьалха хIоьттина сурт. ХIетахь, БуритIахь дешна а ваьлла, гуттаренна а винчу йуьрта цIа вирзича, хьалхе дуьйна а шен безам баханчу йоIе дагара дийца хин коьрте вахара иза. Цунна йезаелларг а йара хIокху йоьIан хеннара, оццу дегIахь, иштта йуьхь-сибат а долуш, иштта Iаьржа, йуькъа месаш а йолуш. Оцу дийнахь дуьххьара а, тIaьxхьара а йоIе безамах лаьцна вистхиллера иза, дуьххьара а, тIаьххьара а йоIа кховдийна хи а меллера цо. Оцу йоIа тIе ца лецира цуьнан безам, шен дог кхечунна дIаделла ша аьлла. Хьолахочун кIант а, дешна а волу xIapa дIа а теттина, къен а, цхьалха а волчу кхечу къоначу стаге йахара иза…

ЦIеххьана саметта веанчу некъахочунна гира, гуьлмаьндин тIемаг бете а лаьцна, шега хи а кховдийна лаьтташ йолу къона йоI. Некъахо шега хьажавелча, шен Iаьржа бIаьргаш лаьтта дуьйгIира йоIа. Ца деззашехь, лаххьийна хи дIа а мелла, зока йуха дIакховдийра некъахочо.

– Баркалла хьуна. Хи мел дезачунна йезийла хьо, дуьненах йоккхаеш, Дала дукхайахайойла хьо.

КIудал белша тIе а йиллина, цхьа-ши гIулч некъахочунна тIейеара йоI.

– Суна хетарехь, кху мехкан воцу хьаша ву хьо, – элира цо шовданах тера декачу озаца. – Йа кху махкара велахь а, гена некъара веана. Соьца дIавола, оха веза хьаша вина тIеоьцур ву хьо. Сан да а, йалх ваша а ву.

– Баркалла. Дала ийман-беркат ма эшадойла шун комаьршачу хIусамера. ХIинца сан гена ваха а ца деза. Дала ирс ма дойийла хьан.

ЙоI дIайахча, шен чамди чуьра саба а, гата а эцна вахана, шийлачу хица йуьхь-куьг а дилина, бедаршна тIера чан йожийна, IаьIан хьоькхарг хьаькхна, эткаш цIанйира некъахочо. ТIаккха, зока дуьззина хи а эцна, йуьстах бай тIе охьа а хиъна, чамди чуьра гIалахь дина бепиг а, кисанара схьабаьккхина нехчин межарг а охьа а биллина, делкъе йан вуьйлира иза.

5

Делкъе йина ваьлча, тужуркин чухуларчу жимачу кисанара схьадаьккхина, даточу зIенах кхозу сахьт схьа а диллина, хене хьаьжира некъахо. ШолгIа сахьт дара. ХIинца цхьа а хир вацара округан канцелярехь.

XIapa канцелярин цIеношка вахча, гIопан кевнехь, таьлсаш а, пIаьлдигаш а охьа а хIиттийна, тийна лаьтташ воккха стаг а, йоккха стаг а, кхин цхьа къона зуда а дара. Къоначу зудчун кучан йух лаьцна жима йоI а, кевне ши бIаьрг а боьгIна, иттех шо хенара кIант а лаьттара. Попан кевнна дуьхьал, ураман вукху aгIop, жимачу туьканан кор хьала а диллина, сагатлуш, наб хьегIаш, корехь лаьттара ира йуьхь, сеттина беха мара, цунна кIел йуьхьигаш ирххьовзийна дуткъий Iаьржа мекхаш долу баккхалча а.

Дукха хан йалале гIoпepa араваьлла, царна тIевеара нохчо-эпсар. Даточу бустамашца кхелинчу исхаран чоин белшаш тIехь подпоручикан погонаш а, йукъах дихкина детица кхелина доьхка а, шаьлта а, хьалха узуш доьхкарх кхозуш тапча а йара цуьнан. Хьаьрсачу мекхех дайн куьг хьоькхуш, цигахь лаьттачу адамашна тIевирзира иза:

– Шу стенна даьхкина?

– Тхешан лецна нах ган даьхкина… – жоп делира воккхачу стага.

– Мичара ву? ЦIе хIун йу?

– Бенара. Сан цIе Бакар йу. КIант ву сан кхузахь чувоьллина…

– Вевза суна. Шун йуьртдена тIара тоьхний цо?

Воккха стаг воьхна хьаьвзира.

– КIентан бехк бацара… Налог йара цунна тIехь, шина шеран… ДIатакха ницкъ боцуш. Салтий а балош веана, цхьана болу цхьа йетт дIабига гIоьртира йуьртда… КIант иза ца бигийта дуьхьалвелира. Йуьртдас цунна нанна хьажийра… ТIаккха кIанта цунна тIара туьйхира…

– Хьан мила ву кхузахь? – йоккхачу стагехьа вирзира эпсар.

– КIант ву… Цомгаш ву, боху, нана йаларг…

– Иза хIун динчунна лаьцна?

– Теркал дехьа йолах болх бан ваханера иза. БIаьстенан йуьххьехь дуьйна гуьйранна ло диллалц ваьцна цхьана хьалдолчу гIалгIазкхичунна… ТIаккха йал ца луш, тIехьа мийра а тоьхна, кех ваьккхина. ТIаккха, эвлах ваьлла, эрзалахь буьйса йоллалц Iийна, нах бийшинчу хенахь йуха а вахана, оцу гIалгIазкхичунна шаьлта а тоьхна, ведда цIа веанера… Ведда мича гIyp ву кху дуьненахь? Iедал ма ду массанхьа а. Цхьа бутт хьалха веанчу пурстопа, лаьцна, схьавалийна. Цомгаш ву, боху, нана йаларг… КхоалгIа де ду со кхуза схьайогIу… TIе ца йуьтуш…

– Вевза суна и кIант а. И обарг. Шуьшиъ мичара йу?

– ДаьргIара.

– Мила ву шуьшиннан кхузахь?

– ХIокхуьнан хIусамда ву, сан ваша а.

– ХIун бехк баьлла цаьргара?

– Хьуьнах йаьлла лела говр йалийнера цо, – элира берашца йолчу зудчо. – Кхайкхийча, говран да ца велира. Iаьнан дохалла кхебира оха иза, тIаккха, да ца ваьлча, йоьхкира. Ткъа иза Iедалан говр хиллера…

Эпсаро, дуьхьал куьг тесна, корта ластийра.

– Тоийта! Хьан вашас а дина хир ду-кх цхьа галдаьлларг?

– Йуьртара нах Iедална дуьхьалбаьхна аьлла, бехке вина, лаьцна.

Стенна дара а хаац, эпсаро, доккха са а даьIна, шен кхалкъе беснеш, лелхийта санна, йуса а йуьйсина, татанца мох дIахийцира.

– Шайн нахера зулам далале довла дезара шу орцах. ХIинца тIаьхьа ду. Цхьаммо гIалгIазкхичунна шаьлта тоьхна, шолгIачо йуьртдена тIара эккхийтина, кхозлагIчо Iедалан говр лачкъийна, воьалгIачо йурт Iедална дуьхьалйаьккхина. ХIинца соьга хIун де боху аш? HeI йеллий, арахеца, боху аш? Йуха а цаьрга зулам дайта?

– Ца боху дера. Цаьрга кхача дIа а луш, тхо вовшашна гайта мегар дацара-те аьлла, даьхкинера тхо-м, – элира воккхачу стага.

– Нана йаларг, сайниг цомгаш ву, боху… Хьайн Делан дуьхьа, къинхетам бехьа декъазчу ненах… И цхьа кIант бен, доьзалхо ма вац сан… Иза дуьнен чу а валале лаьцна вигна цуьнан да доьза ма вайна… ТIехь да а воцуш кхиъна, гIийла буо ма ду иза…

– ХIета, цуьнан да а хилла-кх кху Iедалан мостагI? – йоккха стаг йукъахйаьккхира эпсаро.

– ХIан-хIа, цуьнан да оьзда, хьанала стаг вара…

– Тоийта. Тахана цхьа а тIевуьтуш вац тутмакхашна. – Эпсар, багахь шок лоькхуш, эткех йайн шед йетташ, гIопа чу вахара.

КIанта шен ненан кучан йух озийра.

– ЦIа гIo вай, нана?

Нанас, йист ца хуьлуш, дайн куьг хьаькхира цуьнан коьртах.

Туьканан корехь лаьтта пиркечик, ара а ваьлла, зударшна тIевеара.

– Аш дехарш дарах а, делхарх а, тIедуьтур дац шу, – элира цо зударшка.

– Оха хIун дан деза? – цунна тIейирзира йоккха стаг.

– Хьаькамашна кхоана йала xIyмa йуй шуьгахь?

Йоккха стаг дIатийра.

– Мел хIума йезар йу? – хаьттира цхьана зудчо.

– Шайн ницкъ кхоччург.

– Цхьацца сом тоьур дуй?

Пиркечико ойла йира.

– Доцчунна дан xIyмa дац. Ма-луъу ца хилча, ма-торру, аьлла-кх.

Къона ши зуда вовшех дагайелира.

– Оха цуьнга дIа муха лур ду? Цо лелхадахь?

– Соьга схьало. Ас дIакхачор ду кхачо деззачуьнга.

Шина зудчо шайн корталийн тIемагех дина шеддаш а даьстина, дато соьмаш кховдийра.

– Ахь лой xIyммa а? – йоккхачу стаге хьаьжира пиркечик.

– Соьгахь дац… КIантана беана кхача боцург… Сискал, нехча, хохаш…

Воккха стаг, вист ца хуьлуш, йуьстах лаьттара.

Карахь дIаса а хьийзийна, ахча гIовталан кисана тесира пиркечика.

– ХIета, сайга хIун дало, хьожу со, – гIопа чу вахара иза.

Дукха хан йалале гIопан кевнехь гучувелира пиркечик а, нохчо-эпсар а, гIалгIазкхийн вахмистр а.

– И къона ши зуда чуйаийта, – царна тIе пIелг хьажийра эпсаро. – Церан таьлсаш талла дика. ДегIах а хьажа.

Нохчо-эпсар а, пиркечик а, туьканан коре а вахана, къамеле велира.

– ХIан-хIане, бабанаш! Цхьацца йогIуш, схьа тIе дуьйлал, – мохь туьйхира вахмистро. – Къенаниг, ахь собарде. ХIун йу шун таьлсаш чохь? Бомбанаш-м ца йеана аш шайн разбойникашна?

Вахмистр таьлсаш кего вуьйлира.

– Йохьург а йелара цхьа чомехь xIyмa. Суна а кхочур йара жима-тIама. XIоpa дийнахь массара а йохьург йакъайелла сискал, кIон хохаш, муьста нехча. Дакъийна жижигаш, дуьмеш хIунда ца дохьу? ХIинца дегIах хьовсийтал. Куьйгаш хьаладахийта.

Къоначу зудчун дегIах куьйгаш хьекха вуьйлира вахмистр, томкано мажйина, говрачарех тера шуьйра, йаккхий цергаш а къажийна. Куьйгаш некха тIе хьалагIоьртича, зудчо, разйаьлла, чIогIа тата доккхуш, вахмистран бетах тIара туьйхира.

– Хьакха!

Вахмистр, вахьийча санна, зудчунна тIе а къаьрзина, вогIавелира. ТIаккха, цIеххьана саметта а веана, ши буй айъина, зудчунна тIекхоссавелира. Амма иза сацийра, настарх хьаьрчина, варех цергаш йоьхкинчу кIанта а, гIопан кевнехь гучуваьллачу йесаула а.

– Хьожа йогIу зуд! – мохь хьаькхира вахмистра. – ДIайовла кхузара, варраш! БIаьрга гур бац шуна шайн разбойникаш! Ас набахтехь бахкор бу уьш!

Ткъа йесаул, гIадвахана, воьлура.

– БIаьрг ма хила цунна, ма таза а туьйхира цо хьуна, Афонич! ЭхI, ма воккха Iовдал а ву! Ва-хьа-хьа! Бода бу хьо, Афонич, хьо ма-барра. Иштта шога хуьлу ткъа мадамашца? Чано санна, куьйгаш хьоькхуш. КIеда-мерза дешнаш олуш, ховха куьг хьоькхуш, эсала хьаста ма йеза.

– ДIадовла кхузара, йешапаш!

– Ларлуш хила, Афонич. Церан цхьана башибузуко чоко хоьцур йу хьан, – дIахьажавеллачу йесаулана гира йуьстах хIоьттина лаьтта некъахо. Иза кхузарчу нохчех воцийла хиъна, забарш йитира цо. – Бахархошца гIиллакхе хила веза, господин вахмистр. Тахана тутмакхашна тIебуьту де дац. Кхача схьаоьцур бу шуьгара, амма тутмакхаш гойтур бац.

Эпсаро дуьйцучух ца кхеташ, бIаьргаш бетташ Iийна зударий, вахмистр шайна йаппарш а йеш дIавахча, пиркечикна тIебирзира:

– Тхан ахча?

– Тхо Iехийна ахь?

– Охьадилла тхан ахча!

– Кхин хьайгахь ницкъ боцуш лелара хьо?

Нохчо-эпсар, шена хIумма ца хуучуха, ладоьгIуш лаьттара.

– ХIун ахча хьехадо цара? – хаьттира цо пиркечике.

– Йукъарло дийца аьлла, деллера соьга… вахмистрана дала. Шайн гIуллакх шаьш галдаьккхи аш. ХIан, дIаэца шайн ахча…

ХIорш девнаш деш лаьтташ, йоккхачу стеган, Iадийча санна, цIеххьана мохь белира.

– Со-и-ийп…

ДIахьажавеллачу некъахочунна гира гIопан кевнах араваьлла унтер а коьртехь кхо салти а, царна йукъахь ши куьг къевллина букъа тIехьа дихкина валош стаг а. Йеха, оза йуьхь хьулйинера Iаьржачу можо. Мекхаш дара бага а, мера чу а чоьш хьийзина. Амма нийсачу, элдарчу дегIо а, кадечу боларо а гойтура иза къона стаг хилар. Йоккха стаг, тIе а хьаьдда, маракхийтира цунна.

– Со-и-ийп… Нана лойла хьан… Хьуна тIехь хIун дина оцу къацахетарша?..

КIант ма-хуьллу нана тейан гIертара.

– Ма йелха… ХIумма а ца дина суна. ДуьххьалдIа, корта-маж ца йаьшна…

– Стенна лаьтта шу, цушинга а хьоьжуш? – мохь белира йесаулан. – ДIасадаккха и шиъ.

Салташа, цхьаммо къона стаг, вукхо йоккха стаг дIаса а озийна, вовшахдаьккхира и шиъ.

– Нана! Хьайх xIapa Делан мостагIий ма кхардабелахь… Сан дас хьайга дина весет дицделла хьуна? Хьо-м нохчочун нана йай… Дерриг лан собаре а, майра а хила кхоьллина…

ТIехь салти а волуш, ши говр йоьжна гIудалкх схьахIоьттира царна улло. Къона стаг хьалха хьала а ваьккхина, гIудалкха тIевелира важа виъ а.

– Суна ма йелхалахь! Со йухавоьрзур ву…

– Со-и-ийп… Хьан да а ма вайна доьза… Сийначу Сибрехь… – тIаьхьахьаьдда зуда, гIорзанах ког а тасабелла, берталкхийтира.

Некъахочо, тIе а вахана, хьалагIаттийра йоккха стаг.

Ши салти а, тутмакх а, урамо голатухучохь дIа а хьаьвзина, къайлавелира.

ХIетталц ладоьгIуш, йуьстах лаьттина воккха стаг, тIе а вахана, зудчунна маслаIат дан вуьйлира:

– Баккъал а, ма кхардабехьа xIapa Делан мостагIий. Хьо йелхарх, къахета стаг ма вац царна йукъахь. Уггар хьалха и дIогахь лаьтта ши нохчо а. ЦIа ваийта а ма мега. Суд йахь а, цхьа-ши шо хан тухур йу. Иза хIинцца дIаер йу. ЦIа вогIур ву. Къона ву, могаш ву.

Зуда, кIез-кIезиг йогIуш, маслаIате йеара. БIаьргех корталин тIемаг а хьаькхна, доккха садаьккхира цо:

– Иза-м вогIур ву… Со йехар йуй, хаац-кх, хIетталц… Да а ма лаьцна цуьнан, иза дуьнен чу а валале… Цуьнан бIаьра а хьоьжуш ма даьккхина ас xIapa тIаьххьара ткъе йалх шо… ХIинца йесачу хIусаме йерза йеза-кх со…

– Гергара нах буй кIентан?

– Гергара нах бу. Амма ден ваша а, шича а, маьхча а вац…

– Хьо мичара йу?

– Гати-Юьртара…

– ХIун дийр ду ткъа? Дика а, вон а Делера ду-кх. Цунна тIе болх биллина Iийр ду-кх вай. АлхьамдулиллахI, цо вониг дийр дац…

Зудчунна тIе ченан кIур а тухуш, уллохула тIехъиккхира хьаргIанан басахь, хье тIехь деха кIайн сет а, кIайн когаш а болуш йоккха говр йоьжна кIеда гIудалкх. Денщикана тIехьа, кIедачу миндарна тIехь воттавелла вара гIеметта хIоьттина подполковник. Ворта лацаелча санна, йаьIна кхин дIаса а ца хьовзош, нийсса хьалха дIа ши бIаьрг а боьгIна, тIехвелира иза.

ГIудалкхана тIаьхьа гIопан кевнехьа схьахьаьдда вогIy подпоручик шена улло нисвелча, сацийра некъахочо:

– Бехк ма биллалахь, поручик, мила вара оцу гIудалкха тIехь хIинцца чувахнарг?

Цецваьлла подпоручик къаьрззина некъахочуьнга хьаьжира:

– Иза мила вара бохург хIун ду? Хьо стигалара воьжна-м вац? Цуьнан оьздалла, округан начальник а ца вевза хьуна?

– Добровольский вара иза?

Подпоручикан цецвалар шекваларе дирзира. Иза лерина хьаьжира некъахочун духаре, йуьхь-сибате а.

– Ткъа хьо мила ву? Хьуна стенна оьшу господин Добровольский? Зеламхин гIеранах-м вац, хетий, хьо? Хьалхавалал суна. Вай цигахь къастор ду, хьо мила ву а, господин Добровольский мила ву хаа хьо хIунда гIерта а.

Нохчо-эпсар шен декхар оццул чIогIа кхочушдан гIертаро самукъадаьккхира некъахочун:

– Даржехь сихха лакхавер ву хьо, подпоручик.

– И хьоьга хоьттуш дац. Со эца гIерташ, хьестало хир ву хьо. Бакъ дац хьуна моьттург. Хьалхавалал гIопехьа.

– ДIавало. Со-м господин Добровольский волчу вогIуш ву.

Коьртера охьа когашка кхаччалц йуха а некъахочуьнга бIаьрг туьйхира подпоручика. ХIинца цунна ца хаьара, оцу стагаца ша къамел муха дан деза. Делахь а цхьаъ хаьара эпсарна: xIapa шен махкахо хьаькамех стаг цахилар а, нагахь иза хьаькамех велахь а, цуьнан а, шен а карахь цхьана а тайпана ницкъ цахилар а.

– Схьагайтал документ! ХIapa дуьне дуьзна бунтовщикаша. Обаргаша, народникаша, эсдекаша. Уьш берриш а цхьаъ бу. Къуй а, бандиташ а.

Некъахочо, кисанара схьаэцна тIаьрсиган бохча схьа а диллина, цу чуьра даьккхина паспорт а, цхьа кехат а дIакховдийра.

Подпоручик вехха Iийра кехате хьоьжуш, балдаш хьедеш.

– Мелхо а, дика ду, ас хьо нуьцкъах дIавига ца деза, – паспорт а, кехат а йухадерзийра цо. – Цуьнан оьздаллина хаьий хьо вогIийла?

– Хаа декхар-м ду. Иштта веза хьаша вогIуш, Iедало хьалххе хаам бо бухарчу хIусамдега.

Шаьшшиъ дIаволавелча, некъахочо ойла йора хIетта шен бIаьргашна гинчу суьртан. Кхузахь а, Сибрехь а – массанхьа а массо къомах болу салтий а, эпсарш а, полицейский а, жандармаш а цхьаъ бу-те? ТIулган дегнаш долуш? Йа xIоpa дийнахь шайна гучу оцу харцонех а, къизаллех а боьлла-те уьш? Ишттачу тешаро уьш шаьш а баьхна-те оцу харцонан, къизаллин новкъа?

ХIун хуьлуш ду-те оцу адамех а, кху дуьненах а?

Хехь волу эпсар, некъахочун бакъонан кехаташка а хьаьжна, уьш карахь начальникан кабинета чу вахара. Масех минот йаьлча, сени чу а ваьлла, вист ца хуьлуш, хIокхуьнга неIарехьа корта тесира цо.

Некъахо, меллаша чоьхьа а ваьлла, тIе сийна исхар тесначу йехачу, шуьйрачу стоьла тIе йуьхьарвахана, хьалха Iуьллучу папки йукъара кехаташ хоьрцуш Iачу подполковнике маршалла луш вистхилла, неIарехь сецира. ХIетта сирйала йоьлла, кIужалш хьийзина йуькъа хьаьрса месаш, йуьхьигаш кIеззиг хьалахьовзийна мекхаш, цIена йаьшна йуьхь, стомма шалго чIенг, дуткъа балдаш, оцу дерригенца ца богIуш, шуьйра мераIуьргаш йолуш, буткъа мара а.

Цхьана кога тIера вукхунна тIе а вазвелла, чухула бIаьрг туьйхира некъахочо. Iедалан муьлххачу а администраторан кабинета чохь хуьлуш долу императоран доккха сурт дара подполковникан букъа тIехьа пенаца кхозуш. Цхьа пен дIалаьцнера империн доккхачу картано. Цунна уллохь пенах йоьллина йоьзан тIемаш долуш ши неI йолу сейф а.

Эххар а, кехаташ тIера ши бIаьрг дIа а ца боккхуш, охьахаа аьлла, неIарехьа лаьттачу гIантехьа корта тесира подполковника. ТIаккха, цхьа хан йаьлча, буьрса xIокхуьнга схьахьаьжира иза:

– Фамили?

– Гатиев.

– ЦIе?

– Мансур.

– Ден цIе?

– Гатиевич.

– Вина меттиг?

– Ведана округ. Манди-кIотар.

– И цIе йолуш йурт а, кIотар а йуьйцу ца хезна суна.

– ТIеман тIаьххьарчу шарахь йагийна иза, йуха метта ца хIоттийна.

– Толлур вай. Вина шо?

– 1860.

– Да-нана дуй хьан?

– Дац.

– Вежарий, йижарий?

– Бац.

– Гергара нах мичахь бу?

– Хаац. ТIаьххьара гIаттам хьаьшначул тIаьхьа царах хилларг хаац суна.

Хьаьжайукъ хабийна, пхьидачарех тера шен ши бIаьрг некъахочунна тIебуьйгIира подполковника:

– Аьшпаш бутту ахь, господин Хортаев. Xьo Теркан областан махка тIе ваьллачу дийнахь гулбина оха хьох лаьцна хаамаш. Хьо Хортаев Овхьад Хортаевич вy, Гати-Юьртахь вина. 1877-чу шарахь пачхьалкхана дуьхьал хиллачу мятежан уггар а жигарчу коьртахойх цхьаъ ву. Уьш къайладаьхна ахь. Кхузара ведда Гуьржех вахчахьана, ахь дIа мел баьккхина ког хаьа тхуна. Йуьхьанца Хевсуретехь ваьхна, тIаккха Тифлисехь халкъан ишколехь хьехархо хилла. Цигарчу крамолечу тобанан декъашхо лаьттина. И тоба йохийча, ведда Баку вахана, мехкадаьттан промыслашкахь болх бина. Белхалойн цхьана стачкин куьйгалхо волуш, полицица тасадаларш хилча, жандармский эпсар вийна ахь. Иза бахьанехь итт шо каторгехь, итт шо ссылкехь йаккха хан тоьхна хьуна. Ссылкехь социал-демократашца зIе латтийна ахь. Хьо Соьлжа-ГIала кхаьчча, кхузарчу социал-демократашца уьйр таса а гIоьртина хьо. Хьайх лаьцна и хаамаш къайлабаьхна ахь, господин Хортаев. Амма тхуна ца хууш цхьа а къайле йисац.

– ХIинца и хаамаш цхьана а маьIне бац, господин подполковник. Кхузахь Iедална дуьхьал хиллачу гIаттамехь ас дакъалаьцначул тIаьхьа ткъе вopхI шо даьлла. Ткъа Бакохь сох баьллачу бехкана ас ткъа шо хан йаьккхина Сибрехь.

– Ткъа ахь крамолечу социал-демократашца уьйр латтор?

– Цхьа а зIе ца хилла сан цаьрца. Тхо цхьанхьа ссылкехь дара. Цхьаьна дехаш хилча, вовшашца уьйр хилаза йисац.

– Хьовсур вай, – эндаже велакъежира подполковник. – Областехь чолхе хьал ду. Къаьсттана кху округехь. Къайлах-къулах адам карзахдоху социал-демократаша. Нагахь санна хьайн хьалхалерчу новкъа ахь цхьа ког баккхахь, хьуна луьра таIзар дийриг хилар дIахоуьйту хьоьга. КхидIа хьан вахар Гати-Юьртахь йа ахь къастийнчу цхьана йуьртахь хир ду. Цигара дIасавалар пурстоьпан бакъонца хила а деза хьан. Хаттарш дуй?

Некъахочо корта ластийра.

– ХIета кхуза куьг йаздел, – къолам, кехат цунна хьалха теттира подполковника.

Некъахочо, кехата тIехула бIаьрг а кхарстийна, масех чIуг йеш, даржийна, куьг йаздира.

– ХIинца мукъа вуй со? – къолам, кехат йуханехьа дIа а теттина, дегI нисдира некъахочо.

– Некъ дика хуьлда!

II корта. БЕКХАМХОЙ

Сан хIусам экханан тунгари йу хьуна,

КIел буьллу кIеда мотт гIа-Бециш йу хьуна,

ТIетосу сан йургIа шийла дохк ду хьуна,

ГIовланна ас буьллург акха тIулг бу хьуна,

Мацвелча, ас йуург попан ковст йу хьуна,

Хьагвелча, молуш дерг Бецин тхи ду хьуна,

Тешаме сан накъост шийла герз ду хьуна.

Халкъан илли

1

Сих-сиха меттамотт хуьйцура Зеламхас. Масех дийнахь-буса цхьанхьа Iен кхераме дара. Ша обарган новкъа валлалц адамаш дика девзаш ца хиллера цунна. Моьттура, дерриг а адамаш догцIена, тешаме, къинхетаме ду. Амма иза аьттехьа а ца хиллера. Шайна сом делча, Iедало хьаьстича йа кхерийча, шайн да-нана а духкур долуш берш а хиллера. Ишттачарех лечкъа дезара. Даим дIа сема, Iожаллина дуьхьалхIотта кийча. Делахь а дика, тешаме, къинхетаме адамаш а ду. XIоpa йуьртахь а, гIалахь а. Лаьмнашкахь а, аренгахь а.

Цхьа доккха гIуллакх хилла, тахана Ведана герга веана иза. Лаьмнашна йуккъехь Iуьллучу хIокху жимачу кIотара. Готта цхьа некъ бу кхуза тIебогIуш. Ламанан тархашца сетташ, хьийзаш. Вукху кхаа aгIop атталла гIаш кхуза вогIийла а дац. КIотарна тIе а кхозаделла, нийсса ирх лаьтташ мокхазан бердаш ду. ХIусамден ши кIант ву и некъ сема ларбеш. ХIетте а Зеламхин цхьа лерг ара ладоьгIна ду. Маьнги тIехь, сонехь, цунна уллохь хIоттийна карабин-топ а, охьайиллина шиъ бомба а йу. Йукъахдихкинчу доьхкарх кхозуш а, кисанахь а шиъ тапча а йу, цкъа а дегIах дIa ца къастош.

Товханахь йоккха летта цIе йогу. ЦIарах самукъадолу Зеламхин. Цуьнга хьоьжуш, ойланаш дика йало. Делкъан ламаз а дина, чуьчча когаш а бехкина, шен устазо Кунта-Хьаьжас тIедиллина вирд доккхуш, хиъна Ia иза. Ша Далла Iамал йеш, йерриг ойла Далла тIеерзайо цо. Амма хIинца, иза мел дIакъехко гIертарх, коьрте кхин ойланаш хьийза. Мухха а вирд даьккхина ваьлча, дехха доIа а дина, суьлхьанаш маьнги тIе охьа а тийсина, оцу ойланийн йийсаре вахара иза.

ЗеламхагIеран доьзал машаре бехара. БIe цхьа шо хан йолу ден да БIаьхо а, да ГушмацIа а, цуьнан виъ кIант Хаси, Зеламха, Солтамурд, Бийсолта а. Бийсолтин итт шо бен дац. ЗеламхагIеран нана йелча, йалийначу Билкъиса вина ваша ву иза. Веа вешех воккханиг, Хаси, даим цамгарш лехьош, хьегIаш, эгIаза, Iаламат эсала стаг ву. Хасин а, Зеламхин а зударий, бераш а дара. Солтамурд зуда йалоза вара. Ден ваша Хьамза а, цуьнан ши кIант а вара. И шиъ шичой бу аьлла, дага а ца догIура веа вешина. Шайн нанас шайн дена бина вежарий санна хетара.

Зеламха обарг волучу хенахь цуьнан а, Бецин а ши бер дара: Муслимат а, Энист а. ГушмацIин а, Хьамзин а доьзалша бежанаш, уьстагIий кхобура. Хьун хьаькхна даьхначу ирзош тIехь хьаьжкIаш, кхоьаш, гIабакхаш, картолаш а кхиайора. Берриг а нохчмахкахошна санна, оцу ирзошна тIера даьлла йалта Iаьнах бовла а ца тоьура царна. Дохнан дохкуна духкуш, йалта оьцура. Цул совнаха, накхарш а дара церан кхобуш. Цаьргара шарахь шозза моз схьаоьцура. Иза духкура Веданарчу базарахь. Цунах хиллачу ахчанах бедарш, бахамехь оьшург а оьцура. ХIокхеран доьзалш къен а, хьоле а бацара, йуккъерчу тIегIанахь бехара.

Цхьаьнцца а хьагI-гамо, мостагIалла а дацара церан. Амма уьш мел машаре белахь а, цара мел ца лехахь а, ден дегара охьа, церан кочара ца долура xIapa обаргалла.

Зеламхина ца хаьара, хIокху Хорачах а, хорачойх а xIyн гIуда хьаьрчина, Далла хьалха хIорш стенна бехке хилла. Дала къармазалла йелла xIокxy хорачошна. Ницкъана, харцонна къарбелла, кIелсовца ца лаьа царна. Къаьсттана БIаьхон тIаьхьенна. Имам Шемал Нохчмахкахь шариIат даржо а, чIагIдан а воьлча, массарах а къаьстина, цунна дуьхьалбевлларш а хорачой бара. БIешерашкара схьадогIу къоман Iадат шариIатца хийца ца лаьара нохчашна. Амма буьрсачу имамах а, цуьнан къизачу муртазекъех а, чаьлтачех а кхоьруш, дуьхьало ца йеш, дегаза тIеийцира. Беккъа цхьа xIapa къармазе хорачой боцчара. ХIорш дуьхьалбевлира. ТIаккха Шемала, Хорача а веана, коьрт-коьрта боьрша нах йуьртан майдана дIагулбира. Уьш бертал охьа а бийшийна, хьокхашца бухйаьхна бошмийн керташ церан баккъаш тIе а йехкина, царна тIе а хевшина, Iуьйрре дуьйна сарралц той диира муртазекъаша. Царна кIелхьара нах берриг а белира. Цхьа БIаьхо воцург. Дийна висина БIаьхо шолгIачу дийнахь герз карахь лаьмнашка вахара. Шемалах а, цуьнан муртазекъех а бекхам эца. БерхIитта шарахь обарг лийлира БIаьхо. Шемал, ведда, Нохчийчуьра дIаваххалц. Цхьанхьара кхечухьа вуьйлуш, лаьмнашкахула, хьаннашкахула, экха санна, кхерсташ. Шен аьтто баьллачохь имаман чаьлтачех ка а тухуш.

ГушмацIа дера, къармазе, цIий сиха стаг вара. Пхийтта шо хьалха налог йаккха керта баьхкинчу йуьртдех а, шина стражниках а леттера иза, царна гIеххьачул чевнаш а йеш. ШолгIачу дийнахь алссам стражникаш балош веанчу пурстопа, Ведана а вигна, набахти чувоьллира иза. Да схьа ца хецча, Зеламхас цунна дуьхьал лачкъийна цхьана хьаькаман кIант валийра. Цунна дуьхьал хийцина, маршаваьккхира ГушмацIа.

Цул тIаьхьа шийтта шо маьрша хилира церан доьзалан. Амма и машаре шераш къахьдеш, керла бохам тIебеара царна. Солтамурдан йезар йара церан йуьртарчу Хушуллин йоI Зезаг. Цаьршинна чIогIа дезара вовшийн, цхьаьнакхета Солтамурдан аьтто боцуш, хан дIатоьттуш, ладоьгIуш Iapa и шиъ. Цкъа цхьана суьйранна Солтамурд хин коьрте вахча, Зезага дийцира цунна, ша МахкатIерчу йуьртден кIантана хьехош йу, ша йеха цара нах бахкийтича, шен да-нана оцу захалонна реза хир долуш ду, ден а, ненан а лаамна дуьхьалйала шен бакъо йац, нуьцкъах йадийна кеп а хIоттош, ша йига аьлла. Иштта йоI йигар хуьлуш дара нохчашлахь. Нах йукъа а бовлий, барт, машар бой, захало дой, дIадерзадора. И шайниг а иштта дIадерзаре дог даьхна, шолгIачу суьйранна хи дохьуш цIа йогIу Зезаг, урамехь схьа а лаьцна, дIайигира Солтамурда.

Шайн йоI аш нуьцкъах йадийна йигна, иза схьа ца лахь, шаьш захало-м муххале дийр дацара, вайна йуккъехь, цкъа а машар хир боцуш, мостагIалла хир ду аьлла, схьахьедира ХушуллагIара. Йуьртара тхьамданаш машарна а, захалонна а йукъабевлира. Амма оцу машарна а, захалонна а йукъагIоьртинчу Хорачан йуьртдас иза а, важа а дохийра. Ша хьаькам ву, хIокху йуьртахь ша Iедал ду, ша аьлларг хила деза, машар а, захало а ма хьехаде, ХушуллагIеран йоI дIа ца лахь, ша ГушмацIагIар берриг а набахти чу бухкур бу, бохура цо. Йуьхьанцара оьгIазбахар дIадаларе а, йа тIаккха тIаьхьа захало хиларе а дог даьхна, Зезаг ХушуллагIаьрга дIайелира ГушмацIагIара. Йадийна йигна йоI, йолчара схьайехча, дIа а луш, тIаьхьа захало а деш, йа ца деш, амма машар беш дIадерзош Iадат ма дара. Кхузахь эхье хIумма а дацара шиний агIорхьарчарна. ГушмацIагIарна новкъадерг кхин дара – шаьш йалийна нус Iедало схьайаккхар.

2

Цул тIаьхьа а и дов, захало дина йа ца дина, дIадерза тарлуш дара, хIинца оцу йукъа махкатIхойн йуьртда ца гIоьртинехьара. МахкатIхойн йуьртда а, ГушмацIин стунцахой, Хорачара ЭлсангIар а, гергара бара. ГушмацIагIеран а, ХушуллагIеран а захало хиларна йа ГушмацIагIара йуха а Зезаг нуьцкъах дIайигарна кхеравеллачу махкатIхойн йуьртдас йоI Хорачара дIайаккхийтира. Элсанан кIанта, ГушмацIин стунвашас ШоIипа, Эшалхоте йигира иза. ХIинца, Зезаг махкатIхойн йуьртден кIентан цIар тIе йаларна йуккъе йаьлча санна, дара хIоьттина хьал. Иза а, гIаддайча, тардолуьйтура ГушмацIагIара. Царна Iаьткъинарг Элсан-гIеран йамартло йара. ГушмацIин стунвашас, Бийсолтин ненан вашас, и йоI Хорачара дIайигар. Цигара дIа Зезаг махкатIхойн йуьртден кIантана дIайигале иза схьайаккха вахара Зеламха а, Хьамзин ши кIант Iеламха а, Iизраил а, Солтамурдан доттагI Ушурма а. Зезаг схьайаьккхина ца Iаш, ШоIипана тIеpa шарбал а йаккха. Цигахь девнехь ШоIипа Ушурма вийра. ГушмацIагIарна гIоьнна веана нехан стаг вийнера уьш бахьана долуш. ТIаккха, цунна дуьхьал чIир йоькхуш, ГушмацIагIара Элсан вийра.

Оцу тIехь машар а хилла, мостагIалла чекхдала тарлуш дара. Шинне агIорхьарчара вовшийн цхьацца стаг вийнера, чIир нисйеллера. Амма, иза дерза ца дуьтуш, шайтIа хилла оцу йукъахьаьвзира хорачойн йуьртда. Цо Веданара пурстоп Чернов валийра Хорача. Черновс дIакхайкхира ГушмацIагIар. Зеламха воцург, берриг а реза бара Iедална тIебаха. Зеламха реза вацара. Цунна хаьара, шаьш цига дахча, Iедало дIа а лецна, Сибрех дохуьйтур дуйла. Амма гергарчу баккхийчу наха дехарш дора, шу Iедална тIе ца дахча, шу бахьана долуш йуьртана бохам хир бу, шиний агIорхьарчара вовшийн цхьацца стаг а вийна, чIир нисйелла, Iедало шуна хIумма а дийр дац бохуш.

ГушмацIа а, Зеламха а, Iеламха а, Iизраил а Ведана Iедална тIебахара.

Уггар хьалха уьш тIенисбеллачу пурстопа Черновс хIорш сийсазбира, дений-нанний хьежош, тIаьххьара а Зеламхина бетах тIара а туьйхира. Уьш виъ набахти чу кхоьссира.

Уьш набахти боьхкина аьлла, хабар кхаьчча, царах къинхетам бар деха Ведана ваха кечвелира къена БIаьхо. Зударша дехарш дира цуьнга, паччахьан хьаькамаш къиза бу, цара хьо тергалвийр вац, цига ма гIахьара бохуш. Амма БIаьхо шен сацамна тIера йуха ца велира. Чорний къона ву, лахара хьаькам ву, цуьнан хьекъал кIезиг ду, полконак лакхара хьаькам ву, воккха ву, хьекъале ву, цо шега ладугIур ду, шен кIентех къинхетам бийр бу, бохура.

БIаьхо Ведана вахара. Округан начальникана, подполковникана Добровольскийна тIе. БIаьхос цуьнга дехар дира, и дов шен кIентан а, кIентийн кIентийн а бехкенна ца доладеллера, бехк муьлххачеран белахь а, шиний агIорхьарчарех цхьацца стаг а вийна, чIир нисйеллера, къинхетам а бай, лецнарш цIа бахкийтахьара ахь аьлла. Добровольскийс доцца къамел дира цуьнга.

– ХIара мила ву? ХIун боху цо? – хаьттира цо талмаже. – ГушмацIин да ву? Зеламхин ден да ву? И йовсарийн xIy долийнарг xIapa къена бож йу? Царна къинхетам боьху хIокхо? Къена Iовдал! Гирзе бож!

Хьала а гIеттина, стоьла тIехула дIакхевдина, БIаьхон, ло санна, кIайн, йеха маж схьа а лаьцна, цуьнан корта дIасаластийра подполковника.

Къона волуш, дегIехь ницкъ болуш буьрсачу Шемална а ца къарвелла, берхIитта шарахь гIодайуккъера герз ца достуш, гила борз санна, лаьмнашкахула, хьаннашкахула кхирстинчу къеначу БIаьхон хебарша аьхначу йуьхь тIехь кхузза бос хийцабелира. ЦIийлуш, Iаржлуш, кIайлуш. Дуьхьало йан куьйгаш хьалаайа гIоьртича, цуьнан дуткъий пхьаьрсаш, даш санна, дазделла, охьадахара, настарш йегайора. БIаьрса гIелделла бIаьргаш, чу хиш хIиттина, кхоьлира. Балдаш дегош, халла когаш а текхош, воккхачу хьаькаман канцеляри чуьра аравелира иза.

Цул тIаьхьа ах шо даьлча Хорача хабар деара, тутмакхаш Соьлжа-ГIала дIабуьгу аьлла. Уьш ган боьлхучу зударшца кIанте а, кIентийн кхаа кIанте а тIаьххьара бIаьрг тоха цига ваха вордан тIе хьалаволуш, ког а тасабелла, охьакхетта, дIакхелхира къена БIаьхо…

Соьлжа-ГIалахь суд йира царна. Суд йина аьлла, цхьа бахьана лелийра. ШоIипа Къуръан тIехь дуй биира, Ушурма шен карах ца велла, иза ша-шен шаьлтан тIе а кхетта велла аьлла. Ткъа пурстопа Черновс а Инжила тIexь дуй биира, Элсана шен са далале шега элира, шена чевнаш йинарг хIорш виъ вара аьлла. ГушмацIа а, Зеламха а, Iизраил а маршавоккхуш, Iеламхина Сибрех йаккха хан а тухуш, кхел йира суьдо. Чернов дуьхьалвелира оцу кхелана. Зеламха маьрша витахь, Ведана округехь цкъа а синтем хир бац бохуш, мохь хьоькхура цо. Суьдан председатело а, къаноша а, кхечу цIa чу бахана кхеташо а ца йеш, шаьш болччохь вовшашка масех дош а аьлла, шаьш масех минот хьалха йина кхел хийцира. Веанна а къоъ-ах шераш хенаш туьйхира. Кертара бежанаш а доьхкина, адвокатана делла ткъа туьма ахча, хи чу кхоьссича санна, тIепаза дайра. ГушмацIа, къена ву аьлла, Сибрех ца вохуьйтуш, БуритIа вигира. Ткъа Зеламха а, Iеламха а, Iизраил а цкъа Ростове, цигара дIа – Харькове, тIаккха Оренбургехула дIа Илецки Защите бигира.

Дукха хан йалале Соьлжа-ГIала схьавалийра уьш виъ. ШариIатан суьдо шайга схьадехнера церан дов. Суд хилале Iизраил набахтехь дIакхелхира. Зеламхина хаьара, шариIатан суьдо а нийса кхел йийр йоцийла, хенаш а тоьхна, шаьш йуха а Сибрех дIахьовсор дуйла. ШариIатан суд а йара кхаьънаш оьцуш, Iедална а, хьаькамашна а йохкаелла. Тутмакхаша гIo а деш, масех буса къахьегна, набахтин пенах Iyьрг а даьккхина, цхьана буса ведира Зеламха. ГушмацIина ца лиира вада. Обаргалла лело ша къена ву, элира цо. Иза ша вита а ца лиъна, цуьнца висира Iеламха. Оцу буса Зеламхица кхоъ ведира набахтера – Саратиев Муса, Шелара Дики а, ШаIми-Юьртара Бийсолта а. Уьш виъ цхьаьний обарг велира. Амма Зеламхин кхаа накъостан оьмар йеха ца хилира. Дукха хан йалале Дики, Iедало лаьцна, ткъа шо хан а тоьхна, Сибрех каторге вахийтира. Муса а, Бийсолта а чIирхоша вийра.

Ша набахтехь волуш, цигара дийна аравалахь, уггар хьалха кхо гIуллакх кхочушдан чIагIо йинера Зеламхас.

ГушмацIагIеран боьрша нах, лецна, Сибрех бахийтича, майраваьллачу махкатIхойн йуьртдас Зезаган бертаза, ХушуллагIеран бертахь иза шен кIантана йигира. Хьалхара чIагIо, Зезаг, цаьргара схьа а йаьккхина, Солтамурдана цIайалор йара цуьнан. Ша набахтера ведда цIа веанчу шолгIачу дийнахь, МахкатIа а вахана, цаьргара Зезаг схьа а йаьккхина, шайн цIа йалийра цо. Йуьртда а, цуьнан нах а Зеламхина дуьхьало йан ца баьхьира. Зуда бахьана долуш йукъа мостагIалла дожийта ца лиира царна. Цигахь марехь йу бохуш, цIе йолуш масех баттахь Iийнехь а, майрачуьнга шех куьг ца тохийтинера Зезага. Нанас дуьнен чу ма-йаккхара, цIена Солтамурде дIайелира иза Зеламхас.

Цул тIаьхьа цо бекхам эца безаш ши гIуллакх дара. Черновс набахтехь шена тоьхна тIара а, Добровольскийс шен ден ден озийна маж а. И шиъ вен везара. Шайн доьзална хиллачу берриг а бохамашна и шиъ бехке вора цо. И шиъ а, оьрсийн Iедал а. Цкъа хьалха и шиъ а вийна, тIаккха шен йерриг а оьмарехь Iедалх бекхам эца безара цо. Зеламха набахтера ведча, кхеравелла Чернов, Веданара ведда, Несаре балха вахара. Амма ша Веданара дIавадале жимачу йоIаца Муслиматца цхьаьна Беци кхаа баттана Ведана набахти чу йоьллира Черновс. Амма иза гена ца ваьллера. Ткъа Добровольский хIинца а Веданахь ву. Стигала ваьлча а, лаьттах воьлча а, Зеламхин тоьпан дIаьндаргах кIелхьарвер вац и шиъ.

3

Хулхулон чIожахула, хин аьтту агIонца, тIулган бердашца сетташ, хьийзаш хьала-охьа бу Ведана боьду некъ. Маситта шо хьалха паччахьан ваша, Кавказан наместник, кхуза вогIу аьлла, баккхийтина иза. Россера говза инженераш а балийна, Нохчмехкан йарташкара нах шайн ворданашца кхуза лоьхкуш, цаьрга маьхза болх бойтуш.

Оцу некъана шинне aгIop тIекхозаделла тIулган лаьмнаш, тархаш, басеш дIахьулйина кхиъна бIешерийн къена хьаннаш йу. Хьежарх ца кIордош, хаза хуьлу бIаьста а, аьхка а, гурахь а кхузара и исбаьхьа Iалам. Нежнаш, пепнаш, маьънаш, акхтаргаш, гIаргIеш, таьллаш. Акха кхиъначу хьорматийн, Iежийн, кхорийн, хьаьмцийн, элхьамчийн, кхечу дуккха а стоьмийн дитташ. БIаьстенан йуьххьехь, дитташа заза доккхучу хенахь, бес-бесара къарзло и хьаннаш. ЦIен а, кIайн а, можа а, сийна а, баьццара а – тайп-тайпанчу беснашца.

ДIа ког мел баьккхинчохь тIулган лаьмнех схьаIена сирла, ша санна, шийла шовданаш. Лаха когашка кхаьчча, Хулхулох дIакхета уьш. Хулхуло а ду сирла. Дукха сирла хиларна, Iаьржа бос а бетталуш. Амма лаьмнашкахь догIанаш даьхкича, буьрса деста иза. Къена дитташ бухдохуш, даккхий чхернаш керчош, хьере догIу иза, аренга нийсачу даьлча, чехка йеана кIадъелла говр санна, болар лагIдой, меллаша малхбузехьа дIашерша.

Оцу чIожахь, некъо голатухучохь, цхьана торха тIехь хиъна Ia ши жимастаг. Кхузара дIа гена гo Ведана хьала а, охьа а лела некъахой. Шинна хьалха тIулган чIопачу экъан тIе охьайехкина йу йохийна сискалан ах а, нехчин межарг а, цIен ши хох а, бехчалга йуккъе хьарчийна гIopгIа туьха а, кхийран жимачу чIижалга чохь хи а. И шиъ сутара тасавелла оцу бекъачу кхачанах. Цаьршиннан мацваларе хьаьжча, и шиъ кхузахь волу дикка хан йу. Кхача бууш велахь а, цаьршиммо сих-сиха бIаьрг туху Веданара охьабогIучу новкъа. Геннахь ворда, гIудалкх гучуйаьлча, бIаьргаш тIе турмал а лоций, хьожу.

Шинна а улло охьайехкина пхоьазза йолу карабинаш йу. Некха тIехула морзахйохуш тийсина патармийн гIаьпнаш а, хаьн тIехь тапчанаш а, шишша бомба а йу, детица кхелина шаьлтанаш а йу.

И ши жима стаг цхьана хенара велахь а, цхьаъ воккха хета. Дикка хенахь урс хьакхадалаза корта а, маж-мекх а дахделла цуьнан, цара хенал воккха хоьтуьйту иза. Цунна тIехь тужурки тIехула дуьйхина нохчийн чоа а, коьртахь кхакханан месала куй а, когахь чухула маьхьсеш йуьйхина неIармачаш а йу.

ШолгIачун маж цIена йаьшна, амма хаза тодина месала мекхаш ду. Цуьнан коьртахь лохочу кепехь бина боьмашчу басахь холхазан куй бу, ткъа дисина духар йевропахойн ду. Хьалхарчун йехо йуьхь а, аьрзун зIакарх тера хьаьвзина, дукъ тIедаьлла боккха мара белахь а, шолгIачун цIен бос бетталуш, горга кIайн йуьхь йу. Йуьхь-сибат а, васташ а хаза, дeгI куьце ду цуьнан, тIе мехкарийн духар дуьйхича, хазачу йоIах а тарлур волуш. Хьалхарниг хабаре ву, ткъа шолгIаниг наггахь бен вист ца хуьлу, ша вистхуьлуш а йуьхь цIийло цуьнан.

И шиъ Йоккхачу АтагIара ву. ШолгIаниг ТIамин Аюб ву, Зеламхин уггар тешаме накъост. Цунна дика оьрсийн мотт а, йоза-дешар а хаьа, цундела Зеламхин писар ву иза. Дуткъачу, элдарчу дегIара эсала Аюб майра а, оьзда а, доьналле а кIант ву.

– Iуьйрре дуьйна кхузахь хиъна Iийна, дeгI тхьусдоьлла-кх сан, – элира мажйаьллачо, чIижалг хьала а лаьцна, хих масех къурд а бина. – Бедарш а тIунъелла. Ткъа вайша ларбийраш гучубовлуш а бац. ХIинца а ца баьхкина, уьш маца богIур бу, Аюб?

– МаьркIажан хан хиллалц ладогIа деза вайша.

– И вайша кIелхьарваккха везарг ван мукъана а мила ву?

– Ца хаьа суна.

– Мичара ву иза?

– Ца хаьа.

– ХIета, сох къайладаьккхина ду-кх иза, – дегабаам бира мажйолчо.

Аюб цигаьрка хьарчо вуьйлира.

– «Хаац» боху дош дашо ду олуш, хезний хьуна, Абубакар? Вай санначу берзалошна далийна кица ду иза. Амма кхузахь цхьа а тайпа къайле йац. Вайша кIелхьарваккха веза жима стаг мила ву а, мичара ву а, ца хаьа суна. Селхана шена тIе а кхайкхина, Зеламхас элира соьга: «Аюб, кхана Ведана гIопера охьа Соьлжа-ГIала набахти вуьгур волуш цхьа жима стаг ву. Хьайца тешам болу цхьа накъост а вигий, новкъахь кIело а йай, иза салташкара схьа а ваккхий, суна тIе схьавалаве». Иза ду-кх суна хуург а.

– Тоьуш ду. Ха деш салтий дукха хир буй-те?

– Хьуна маса хила лаара?

– Иттаннал алсам хилахь, ларор вуй-те вайша?

Аюб, боккха баьккхина цигаьркин кIур чу а тоьхна, велавелира.

– Итт салти бен уьш ца хилча-м, суна накъост а ца оьшура!

– ХIета ас, охьа а вижина, парггIат садаIа мегар ду. Салташца хьо цхьаъ ларориг хилча, со совнаха ма ву.

ХIара шиъ къамеле ваьлла Iаш, геннахь говрийн гIудалкх гучуйелира. Аюба турмал лецира бIаьргаш тIе.

– Вайшиммо ладоьгIурш гучубевли, – элира цо. – ГIудалкха тIехь пхи салти а, куьйгаш дихкина нохчо а ву.

– Турмал соьга лохьа! – куьг дIакховдийра Абубакара.

Турмал шега схьа а эцна, бIаьргаш тIе а лаьцна, лерина хьежа вуьйлира иза.

– ОхI! – мохь белира цуьнан.

– ХIун хилла?

– Тутмакх, гIудалкхана тIера чу а иккхина, ведда!

Аюба шега схьаийцира турмал.

Ши салти веддачунна тIаьххье бердах чутилира. Кхин а ши салти, гIудалкха тIера чу а воьссина, берда йисте дIахIоьттира, тоьпаш а йуьйлина. Цхьа масех минот йалале цара бердах хьалаваьккхира ведда нохчо. Цкъа-шозза тоьпан бух а тоьхна, айъина, гIудалкха чу тесира цара иза.

4

Муьшаца чIоггIа къевлина, хьовзош букъа тIехьа дихкина куьйгаш а, пхьаьрсаш а, белшаш а лозура Соипан, Веданна гена мел волу. Амма и лазарш дицдора дагна деттачу лазарша. Шена тIеxь лелийнчу харцонна, ша сийсазварна дуьхьало йан, оцу Делан мостагIех бекхам эца шегахь ницкъ бацаро сабIарздинера цуьнан, корта хьере бинера. Цхьана минотана а бIаьргаш хьалхара дIа ца долура тIаьххьара а цунна гинчу декъазчу ненан сурт. Хаддаза лерехь декара цо Iадийна хьоькхучу маьхьаран аз. Дагаоьхура xIокxуьнан дех Болатах а, цуьнан дех-ненах а лаьцана Iаьнан шийлачу, йехачу буьйсанашкахь нанас дийцинарш. Ден да а, ден нана а хIокху Делан мостагIаша махках даьккхина, кхелхина дахана, генарчу, хийрачу Хонкарахь дIакхелхина. Оццу Делан мостагIаша лаьцна, Сибрех вахийтина хIокхуьнан да а доьза вайна. ХIинца хIapa ша цунна тIаьххье дIавохуьйтур ву. Шен ойла-м ца йора Соипа. ЦIахь цхьа йуьсучу къеначу, декъазчу ненан ойла йо. Цуьнан дола дан xIокху шиннан а вежарий, шичой, маьхчой бац. Шелахь ден цIийнан нах бу. Уьш генахь бу. Геннара гергара а бу. Цхьа йисина цуьнан къена нана. Йаьссачу, къечу, мискачу хIycaмexь. Цунна рицкъа хьан латтор ду, цомгаш хилла, къанйелла кIелйисча, цуьнга мила хьожур ву?..

БIаьргаш хьабдича, уггар а карладуьйлура цунна и гIайгIане суьрташ. Къамкъарге шеддаш хIуьттура. Кийра, цIе хьийзаш, карзахбаьллера. КIез-кIезиг хуьлуш, вада сацам хилира цуьнан. ХIокху лаьмнашна, хьаннашна йукъара аренга валале. Сиржа-Эвлара дIа шера аре йу. Хьаннаш-м хьовха, атталла варшаш а йоцуш. Цигахь, ведча, къайлавала меттиг бац. Вада веза. ХIинца Соьлжа-ГIала дIавигча, тоьпаш тухур йу цунна йа ирхъуллур ву, лаххара а таIзар Сибрех вахийтар хир ду. Итт, ткъа шарна. Йа йерриг а оьмарна. Шен дена санна. Шен да санна, цигахь доьза вовр ву иза. Цигахь велча, гаурша дIавуллур ву, къена жIаьла санна. Дийна висина цIа верзахь а, хIокху Делан мостагIийн лай хилла ваха веза. Цул валар гIоле йу. ХIокху ша винчу лаьмнашкахь. Iожалла йелахь, лийр ву, йацахь, Делан къинхетамца, Делан гIоьнца кIелхьарвер ву. КIелхьарвалахь, обаргех дIакхетар ву иза. Шен ден да-нана махках даьккхинчарех, шен да Сибрех вахийтина, хIаллаквинчарех, шен нана а, ша а дакъаза даьккхинчарех бекхам оьцуш.

Соипа къайллах бIаьрг туьйхира салташка. Шиъ тIехьа, шиъ цунна дуьхьал а вирзина, хиъна ву. Йуьйлина тоьпаш а йу, голашна йуккъе а хIиттийна, каралаьцна. ПхоьалгIаниг, говрийн архаш лаьцна, хьалха ву. Цхьадика, когаш ца бихкина Соипан. Амма и виъ салти сема хьоьжу цуьнга. Къаьсттана некъана кIел aгIop хьун йаьлла басеш йолчохь.

ГIудалкх ишттачу меттиге нисйелча, цIеххьана хьала а иккхина, цу тIера чу а кхоссавелла, басехула охьа хьуьна чу ведира иза. Маьхьарий а детташ, цунна тIаьхьахьаьлхира салтий. Соип хьуьна чу вуьйлира, амма дихкинчу куьйгашца гена ца валавелира. ТIекхиъначу шина салтичо схьалецира иза. Соип когашца дуьхьало йан гIоьртира. Амма иза гIийла, эрна дуьхьало йара. Набахтехь йаьхначу буьйсанаша, мацалло, ойланаша гIopa эшийнера цуьнан. Шина салтичо, пхьаьрсаш лаьцна, текхош, басех хьалаваьккхира иза. Цигахь лаьтташ важа ши салти а вара. Шозза-кхузза букъах тоьпан бух а тоьхна, когаш а бихкина, айъина, гIудалкх чу кхоьссира цара Соип…

5

ГIудалкх ши бIе гIулч гepгa кхаьчча, бIаьргашна тIелаьцначуьра турмал дIа а йаьккхина, Абубакаре вистхилира Аюб:

– Хьо кхузахь саца. Со царна дуьхьалволу. Ший а топ хьайгахь йита, ткъа хьайн тапча coьгa схьало. Ас гIудалкх сацийча, уьш дуьхьало йан гIортахь, салташна а ца кхоьтуьйтуш, гIудалкхах тоха. Говраш лаьхкина дIабовда гIортахь, цхьана говран настарх тоха. Нагахь уьш герзаца дуьхьало йан гIортахь, лен волчу а ца тухуш, салташна чевнаш йан мегар ду. Амма гIуллакх иштта гена дер дац, моьтту суна.

Аюб, тарха тIера чу а воьссина, цхьа ах бIе гIулч хьала а вахана, некъа йистерчу лекхачу, стоммачу попан гIодана тIехьа дIалечкъира. ГIудалкх улло нисйелча, цунна хьалха а иккхина, говрийн архаш схьалецира цо:

– Тр-р-р! Стой! Оружи земли бросай! Руки верх!

ГIудалкха тIерачу унтеро буьрса мохь туьйхира:

– Мила ву хьо? ДIавала новкъара!

– Астарожна, гаспадин унтер. Ми – абреки!

– Говраш дIалахка! – омра дира унтера.

Торха тIера схьа тоьпан тата делира. Цхьа говр, гIийла терсина, гора а йахана, дIахаьрцира. ШолгIа йаьллачу тоьпо гIудалкхан пенан аннах кескаш тасийтира.

Аюба Соьлжа-ГIаларчу ишколехь шина шарахь дешнера. Шозза набахтехь а, каторгехь а хиллера. Цигахь оьрсийн мотт, йоза-дешар Iеминера цунна. Оьрсийн мотт шена дика хаахь а, забарна санна, мухха а буьйцура цо.

– Астарожна, гаспадин унтер. Йа Аюб Тамаев. Адутант абрека Зеламхана. Кургом абреки. Вы окружен. Будешь кирчать, ружье стрелят, всех убъем. Ружье борсай земли. Харашо. Руки верх! Один-один слезай. Маладци. Ми вас убиват не будем. Зачем убиват? Зачем умират? У вас дома папаши ест, мамаши ест, матушки и баранчуки ест. Унтер бедний, солдат бедний. Зачем вам умират? Ми бедних не убиваем, солдат не убиваем. Ми начальники, опицери убиваем. Ай, маладци!

Унтеро а, веа салтичо а тоьпаш лаьтта йуьстахкхийсира. ГIудалкха тIе а вахана, цу чу хьаьжира Аюб.

– Это што такой? Почему бедний чечен лежит? Кто он такой?

Унтер воьхна хьаьвзира:

– Арестант ву иза, Соьлжа-ГIала вуьгуш…

– Развязат бистро! – омра дира Аюба.

Цхьана салтичо, куьйгаш а дегош, машшаш хедийна, маршаваьккхира Соип.

– Салтийн тоьпаш схьа а лахьайай, йуьстахвала, – элира цуьнга Аюба.

– Маладец, салдат! Деньги есть? – унтерна тIевирзира Аюб.

– Дац. Тхоьгахь мичара хуьлу ахча…

– Харашо. А тепер, солдат, свяжи руки всем. Крепко. Харашо. Гасподин унтер, что в твоем сумка?

– Арестантан документаш…

– Сумка мне отдай. Он не арестант. Свабодни чечен. Его документы тепер никому ни нада.

ТIоьрмиг шега дIа а эцна, чуьра схьадаьхна кехаташ деша вуьйлира Аюб.

– Так, так. Болатов Соип… Двадцать семь лет… Рост выше среднего… Лицо смуглое… Глаза черные… Нос горбатый… Волосы черные… Опасный преступник… Харашо, унтер. Опасный преступник ми забираем.

– Господин адъютант! – дехаре мохь белира унтеран. – Ас жоп дала ма деза арестантах…

– Э, унтер, ты не отвечает за арестанта. Теперь отвечает ми, абреки. Скажеш начальникам, абреки сделали засада. Они бистро напали. Они били много. Двадцат, тридцат. А солдат мала, пят. Все связали, арестант забрали и ушли в гора.

– Оцу хабарх цхьа а тешар ма вац, господин адъютант…

– Я тебе документ дам. Хороший документ, – кисанара блокнот, къолам схьа а даьккхина, доцца кехат йаздира Аюба. – Паслушай дакумент: «Гасподин палконик Дабраволски! Ты не полконак, ты с..а и б..д. Ты как баба сидиш крепости, боис абреков, война делаеш женшинам, старикам и детям. Ты свинья, пр…ка. Ми найдом тебе, зарежим как свинья. Здесь ми были много, солдат мала. Ми связал бедних солдат, забрал арестанта. Это сделал я, Аюб Тамаев. Адутант Зеламхана». Пайдет такой документ?

– Мегар ду, господин адъютант… Дика документ ду… Баркалла хьуна…

Аюб салташна тIевирзира:

– Как думает солдат?

– Iаламат дика йаздина ахь, господин адъютант!

ГIуллакх кхиамца чекхдаьллий хиъна, Абубакар тIевеара царна.

– Дасудани, господин унтер! Дасудани, гаспада солдат! – аьлла, церан Iодика а йина, цаьргара схьадаьхна герзаш белшех а тийсина, лома хьалабоьдучу гIашлойн новкъахула къайлавелира уьш кхоъ.

Царна тIаьхьа а хьаьжна, цхьана салтичо, паргIатваьлла, доккха садаьккхира:

– Дала тIе ма доуьйтийла вайна вовшийн кхин гар!

– Уьш-м шиъ бен ма ца хилла. Вай хьалхе кхераделлера…

– И хьайн муцIар сацае, Iовдал вир! – човхийра иза унтера. – Хьуьна чохь церан накъостий мел бара, хаьий хьуна? Оцу шина обарго хьо ца вуьйш, дийна витарх воккхавеш, Далла хастам бан беза ахь хьайн оьмарехь. Оцу шина обаргана а цхьаьна!

Дика хьаьвсича, шайна вовшийн куьйгаш дIадасталур дара салташка. Амма уьш даьстина карийча, бехке хир бара. Шина обарго шайн когаш цабехкарна а чам бацара царна. ТIаккха уггар а бехказа хир бара уьш. Делахь а, xIapa а тоьур ду. Шаьш дIадаста некъахой тIекхачаре хьуьйсуш, дIатийра пхи салти.

III корта. НАНА

Ас шайна тIедехкина декхарш аш цIена кхочушде, тIаккха Со шуьца хир ву.

Къуръан. 2 Сура, 38 айат

Ала цаьрга: «ХIай адамаш! Дала цIена, нийса некъ гайтина шуна; оцу некъа ваханчо шена дика до; тилавеллачо шена зулам до; цунна Соьгара гIо хир дац».

Къуръан. 10 Сура, 108 айат

1

Хьалха Iедалан суьдо ГушмацIина тоьхна хан дIайаьккхира шариIатан суьдо. Иза къена вара. Ша дуьненахь йаккха йисина хан машаре йаккха сацам хилира цуьнан, Хорача цIа вирзича. Амма Iедало ца вуьтура иза шен лаам а, сацам а кхочушбан. Обарг ваьлла, зуламаш деш лела хьайн кIант Iедална тIевалаве бохуш, ша бIарзвича, кIантах дIакхийтира иза.

ЭлсангIаьрца долу мостагIалла а машарца дерза ца дуьтура Iедало. Добровольскийс шена герга озийнера церан цIийнан нах. Цунна къаьсттана доггах гIуллакх дора Iадода. Зеламхас а, цуьнан доьзало а, гергарчу наха а дIa мел баьккхина ког Iедале дIабуьйцуш, уьш къиза хьийзабойтура цо. Зеламхас мосазза а алийтира цуьнга, и хьайн мотт сацабе. Амма иза ца соцура. Iедало ша ларвийр ву, моьттура цунна. Зеламхас Iадод вийра.

Хьалха чIир дуьхь-дуьхьал нисйеллера церан. ЭлсангIара Солтамурдан доттагI Ушурма вийча, цунна дуьхьал Элсан вийнера ГушмацIагIара. Ткъа хIинца хIокхара Iадод вийча, цIий хьаьрчира царах.

ГушмацIин ваша Хьамза, воккха стаг, гIийла стаг вара. Цхьана пIераскан дийнахь, рузбанера арабевлча, Хьамза вийра ЭлсангIеран наха. Хьамзас дехарш дира цаьрга, ша къена стаг ву, шен вашас а, цуьнан кIанта а лелочу гIуллакхийн декъахь а вац, тIе аш лацийтина шен кIант набахтехь велла, ша ма вехьара аш бохуш. ХIетте а вийра.

ГушмацIин воккхахволу кIант Хаси цомгаш, гIийла стаг вара. Цхьа а доьзалхо а вацара цуьнан. Иза гIийла стаг хиларна, ГушмацIин чIирхоша а новкъарло ца йора цунна. Aмма Iедало хьийзавора и миска, хьайн да а, ваша а шайга схьало бохуш. Эххар а, лаьцна вигна, Ведана набахти чу кхоьссира иза.

Йуьхьанца деца а, вешица а вацара Солтамурд. Iедало ша йуьртахь ца витича, шайн уьстагIашца Къоьзан-Iоме а вахана, цигахь хан токхуш вара иза. Шена ахьар а дахьа, бехйелла бедарш а йиттийта, цхьана дийнахь йуьрта вогIу иза новкъахь Добровольскийна тIеIоттавелира. Цуьнца салтий а бара. Солтамурдехь мокхаз биллина топ йара. И тайпа топ лело бакъо йеллера нохчашна. Амма Добровольский, цунна дена а, нанна а хьежош, цуьнгара топ схьайаккха гIоьртира. Топ дIайелча а, ша лаьцна дIавуьгур вуйла хаьа Солтамурд, шед тоьхна, цIеххьана говр а йадийтина, ведда кIелхьарвелира. ХIокху махкахь шена синтем хир боцийла хиъна, иза Iаьнда вахара.

ТIаккха ГушмацIагIеран цIахь цхьа а боьрша стаг ца висира. Итт шо хенара Бийсолта воцург. Зударий ца ларабора дохнаца а, керт-коврачу гIуллакхашца а. Солтамурд маьрша витахьара аьлла, дехар дан Беци а, Зезаг а Добровольскийна тIейахийтира Зеламхас. Амма округан начальнико цаьршинца къамел а ца дира. Заддаш, кхахьпанаш бохуш, йаппарш йеш, эккхийра. ТIаккха цхьана буса Зеламха ша вахара Добровольский волчу. ГIопехь ха деш болу салтий Зеламхас кхерийнера. Цул совнаха, царна дош деллера цо начальникана цхьа а тайпа зен ца дан. Салташа къайллах гIопа чу витира иза. Подполковник шен хIусамехь охьавижа кечвелла карийра цунна. Зеламха, бIаьрг ма-кхийтти, вевзира подполковникна, амма воьхна ца хьаьвзира. Хетарехь, иза тешна вара арахь сема лаьттачу салтех. Цул совнаха, Зеламха машарна веана аьлла а, хийтира цунна. Зеламхас, хьийзораш а ца йеш, къамел долийра.

– Полковник! Тхан а, ЭлсангIеран а девнна йукъа а гIоьртина, лецна тхо Сибрех дахийти ахь. Сох обарг винарг а хьо ву. Сан зуда жимачу бераца набахти а кхоьссина, цуьнга оцу чохь кхо бутт хан йаккхийти ахь. Къена сан да хьийзош, бIарзвина, сох схьакхетийти ахь. Тхан мостагIаша а чIирах маьрша витина, цомгаш, гIийла сан воккхахволу ваша а набахти воьллира ахь. Оцу дерригенах тоам ца хилла, дог ца Iаьбна, хIинца сан ваша Солтамурд а, хIокху махкара эккхийна, ДегIастана вахийти ахь. Тхан кертахь цхьа а боьрша стаг ца висина. Зударий ца ларабо бахамца. Солтамурд соьца а вац, ас лелочу гIуллакхийн декъахь а вац. Цуьнан карах цхьа а стаг а ца велла, цо Iедална дуьхьал дина хIyмa а дац. И сан ваша ма хьийзавехьа, полковник, тхан йуьртахь, тхан кертахь маьрша ваха витахьа иза. ЭлсангIеран а, тхан а мостагIаллина йукъа а ма гIертахьа. Иза тхан тхешан, нохчийн, гIуллакх ду…

Добровольский ца Iийра Зеламха дийцина валлалц.

– Хехой! – чIоггIа мохь туьйхира цо.

Зеламха велавелира.

– Цаьргара орца хир дац хьуна, полковник. Нагахь уьш хIокху чу гIортахь, ас дерриг а дойур ду шу. Уггар хьалха хьо а вуьйш. Ас хIинца ца вуьйш вуьту хьо. Оцу мискачу салташна бохам бан ца лаьа суна. Амма хаалахь, хьо а, Чорни а, лаьттах воьлча а, стигала ваьлча а, сан дIаьндаргах кIелхьарвериг цахилар.

Зеламха, дуьхьало йоцуш, парггIат гIопах ара а ваьлла, дIавахара.

Стаг вийна, йукъа мостагIалла деача, зударий а, пхийтта шаре кхаччалц хан йолу божабераш а чIирах маршабоху нохчийн Iадато. Уьш байа а, цIepa, йуьртара арабаха а бакъо йац. ГушмацIин зуда Билкъис, Бийсолтин нана, ЭлсангIарах йара. Нохчийн къоман Iадат лардеш, Билкъис ца йитира ГушмацIас, йа дов дина дIа а ца йахийтира. Зудчуьнца къийсар нийса ца догIура нохчийн гIиллакхехь. Делахь а буьрса амал йолчу ГушмацIас, цкъацкъа ша оьгIазвахча, тIехбеттамаш бора, Iиттарш йора зудчунна, йен кхерамаш а туьйсура. Ткъа Билкъис шек дIа а ца йолура. Хаьара шен майра къоман гIиллакхах вухур воцийла.

Амма ЭлсангIеран зударша кертара арабовла ца буьтура ГушмацIагIеран зударий. Тезий, маьттазий багош лееш, сардамаш доьхуш. Церан божабераша Бийсолта а хьийзавора, ловза аравала ца вуьтуш. Мосазза а йетташ меттиг хиллера. Вукху aгIop, Iедало а хьийзабора ГушмацIагIеран зударий, обаргаш бевлла лела шайн божарий совцабе, уьш Iедална тIебахкийта бохуш. Шинне aгIopхьарчара хьийзош, бIарзйина Беци а, Зезаг а, божарех дага а йаьлла, кертара даьхни дIа а доьхкина, сал-пал а, йийбар а гергарчарна дIа а йекъна, оцу кертара дIа а йаьлла, шен ден цIа дIайахара. Бецис шен ден цIахь дуьнен чу ваьккхира Зеламхин дуьххьарлера кIант Мохьмад. Наггахь буьйсанна, адамаш набарна дIатийча, къайллах шен доьзал болчу воьдура Зеламха. Муслимат а, Энист а хьоьстура, боккхачу безамца, дегайовхонца жимачу Мохьмаде а хьоьжура. Бецина маслаIат дан а гIертара, хIинца Россехь берриг а оьрсий паччахьна дуьхьал гIевттина, цара иза дIавоккхур ву, паччахьан Iедал дохор ду, тIаккха ша маьршавер ву, вай машаре дехар ду бохуш. Бакъду, Зеламха ша а ца тешара ша дуьйцучух. Делахь а иштта хиларе сатуьйсура.

Зеламхас лоруш а, сий деш а масех стаг ву Нохчийчохь. Эвтарара эвлайаъ Баматгири-Хьаьжа а, Шелара Соип-Молла а, ГIойтIара Элдарханан Таьштамар а, Сиржа-Эвлара ШериповгIеран Жамаьлдин кIентий а. Кест-кеста цаьрца цхьаьнакхетар а, царах дагавалар а хуьлу Зеламхин. Иттех де хьалха Соип-Молла волчохь хилира иза. ХIетахь Соип-Моллас дийцира цуьнга, Ведана гIопехь набахте чу воьллина Гати-Юьртара цхьа жима стаг ву аьлла. Цуьнан дай Шелара хилла. ХIинца а цуьнан геннара гергара нах бу кхузахь, оцу кIентан бала болуш а бу. КIентан ден да ДанчIа хилла, да Болат хилла, цуьнан шен цIе Соип йу. Болатан да-нана Хонкарахь дIакхелхина шовзткъа шо хьалха. Iаьлбаг-Хьаьжа имам волуш, цуьнан герггара гIоьнча хилла Болат, Сибрех вохуьйтуш, Соип ненан кийрахь хилла. Болат, хилларг ца хууш, Сибрехь вайна ткъе ворхI шо ду. Къона йолуш дуьйна и цхьа кIант а кхобуш, къанйелла цуьнан нана. Соип-Моллас дийцира, Соип стенна бехке вина, лаьцна.

– Кестта иза Соьлжа-ГIала дIавуьгу бохуш, хабар ду. Цига дIавигахь, суьдо вен кхел йийр йу цунна. Вуьйр ву. Йа шен оьмарна Сибрех каторге вохуьйтур ву. Лаххара таIзар – 20–25 шо хан тухур йу. ТIаккха, шен да санна, Сибрехь доьза вовр ву иза. Соип дIаваьлча, церан цIийнан кIур бов. Нагахь санна, шайна зен-зулам а ца хуьлуш, и кIант кIелхьарваккха аьтто хилахь, Соьлжа-ГIала дIавуьгуш, новкъахь иза кIелхьарваккха хьовсийша.

Зеламхас дош делира Соип-Моллина оцу тIехь шен ницкъкхочург дан.

2

Оцу дийнахь Зеламхе гIайгIане ойланаш йойтуш, къамел хилира цуьнан Соип-Моллица. Зеламхас шегара бала балхийра цуьнга. Бехк-гуьнахь а доцуш, шайна тIедеана мостагIалла а, Iедало зударшца, берашца цхьаьна йуьртах арадаьхна, акхарой санна, лаьмнашкахула, хьаннашкахула лечкъаш, шаьш кхерсташ лелар а.

– Гой хьуна, Зеламха, Дала ваьшка ма де бохург а дой, иза ваьшна бохаме даьлча, Делан кхел йу лелларг, олу вай, йа бехк цхьаьннан коча бохуьйту. Шайна хиллачу бохамашна ахь ЭлсангIар бехке бо. Шайга хаьттича, ЭлсангIара шу бехке дийр ду. Ткъа бехке шу шинне агIорхьарнаш ду. Дала бусалба адамашна гайтинчу цIенчу, нийсачу шариIатан некъа тIера девлла лелла шу. IалайхIи салам, Мухьаммад-пайхамарехула бусалба адамашна Къуръан доссийна Дала. Оцу Къуръанца Мухьаммад-пайхамарехула Дала ши некъ гайтина бусалба адамашна. Цхьана агIор – диканиг, оьзданиг, адамашна пайдениг, хьаналниг, къинхетамениг, стеган дуьне а, эхарт а декъала хир долу, уьш зенех-зуламех, бохамех ларбийр болу гIуллакхаш а, гIиллакхаш а. Оцу новкъа ваханарг Ша зенех-зуламех ларвийр ву, Ша цунна гIо дийр ду, боху Дала. ШолгIа некъ гайтина Дала, оьзда доцу, боьха, хьарам, къиза, адамашна зуламе, бохаме хир долу, церан дуьне а, эхарт а декъаза хир долу гIуллакхаш а, гIиллакхаш а гойтуш. Оцу шолгIачу новкъа ваханчу стеган шегарчу къинхетаме, гIоьне, орцане догдохийла йац, Ша иза зенех-зуламех, бохамех ларвийр вац, цуьнан дуьне а, эхарт а декъаза хир ду, боху Дала. Дала ваьшна, перз дина, тIедехкина ламаз а, марха а, закат а, сагIа а леладо вай, амма Дала бусалбанашна тIедехкина важа декхарш кхочушдан ца хаьа йа ца лаьа вайна, оцу ас бийцинчу шина некъа тIехь галдуьйлу вай. Уьш дерриг а дийца воьлча, дукха хир ду, цундела хIокху шуна хиллачу бохаман бахьанаш дуьйцур ду ас. КIанта зуда йалор а, йоI маре йахар а муха хила деза, майрачун а, зудчун а, доьзалан а йукъаметтигаш муха хила йеза, церан декхарш хIун ду, уьш дерриг а гайтина шариIатехь. ЙоIа а, кIанта а маре деш, оцу шиннан а, церан дай-нанойн а бертахь, шинне агIорхьарнаш реза болуш хила деза. Бертаза, нуьцкъах йигна зуда хьарам йу боьршачу стагана. Шен цIера, дена-нанна хьалхара арайаккхале, ши теш а волуш, имама мах бан беза маре дечу шинна йуккъехь. Маре деш долу ши адам Делах тешаш а, Далла Iамал йеш а хила деза. И шиъ йа шиннах цхьаъ Далла Iамал йеш дацахь, цаьршиннан мах бар ца магадо. Цул совнаха, мах бечу хенахь а, вовшех куьг кхетачу хенахь а догIмаш цIена, ламаз карахь долуш хила деза и шиъ. Мах бечу хенахь тоьшаллина xIoттийнa ши боьрша стаг а хила веза, Делах тешаш, Далла Iамал йеш, догIмаш цIена, ламаз карахь долуш, цIена, хьанала, йамартло йоцуш. Мах бале зудчух хьакхавалар хьарам дина, дихкина. Мах бале и шиъ цхьаьна Iер зина лору, оцу хенахь кхоллавелла доьзалхо къутIа лору, иза ийманехь хир вац, иза дена-нанна а, нахана а бале вер ву, боху. Ткъа аш муха йалийнера Хушуллин йоI?

– Тхан вешина Хушуллин йоI а йезара, йоIана тхан ваша а везара. ЙоьIан да-нана реза дацара тхан веше шайн йоI йаийта. Цундела, йоьIан бертахь, тхан вашас новкъара дIайигнера иза…

– Ткъа шариIато ца магадо ден а, ненан а бертаза йоI маре йигар. ШолгIа, мах бале оцу йоIах куьйгаш ма тоьхна хьан вашас. Мах бина а боцуш, шун кертахь де-буьйса ма даьккхина оцу йоIа. Дена, вежаршна, ден дена, ден вежаршна, иштта гергарчу божаршна а бен, шен йуьхь гайтар зудчунна магош ма дац шариIато. И йоI шаьш йуьгуш, мосазза а шариIат талхийна аш, Дала аьлларг ца дина аш. Изза дина махкатIхойн йуьртдас а. ЙоьIан бертаза йига а йигна, йоьIан бертаза мах а бина, масех баттахь иза шайн кертахь латтийна цара а. ЙоьIан бертаза, нуьцкъах маре йелла ХушуллагIара а. Ша гайтинчу цIенчу, нийсачу некъа тIера ваьллачу стагана диканиг ма ца до Дала. Ткъа и захало долийчхьана дуьйна шу шинне агIорхьарнаш Дала гайтинчу цIенчу, нийсачу некъа тIера йуьстахбевлла лелла. Цундела Дала шуна иза бекхаме даьккхина. ЭлсангIара шайгара йoI схьайаьккхича, шайна эхь дина цара аьлла, церан боьршачу стеган шарбал йаккха дахана шу. Цара шух стаг вийна. Цунна дуьхьал аш Элсан вийна. Элсанна дуьхьал цара Хьамза вийна. ТIаккха аш церан Iадод вийна. Дала адамаш дайа ма ца боху. Ша кхоьллина синош Ша дIаоьцур ду, Шен гIуллакха йукъа шу ма гIерта, ма боху Цо адамашка. ХотIе а доцуш, шена хаа а хууш, бусалба стаг ма ве, ма боху Цо. Бусалба стаг вийначунна Ша гечдийр дац, цунна кечйина жоьжахате йу, иза цкъа а оцу чуьра хьалавер вац, ма боху Дала. Ткъа аш, шинне а агIорхьарчара, байъинарш Делах а тешаш, Далла Iамал а йеш болу бусалбанаш бу. ХотIе а доцуш, хаа а хууш бусалба стаг вийнарг вен магадо бусалба динехь. Куьг бехкениг. Ткъа аш, шиний aгIopхьарчара, куьг бехке боцу нах байъина. Аш къена Элсан вийна, ткъа цара къена Хьамза вийна. ТIаккха аш иштта Iадод вийна. Бехкениг къастош, шариIатехь кхел йича бен, шун бакъо ма йацара и адамаш дайа. МостагIчун цIийнах, тайпанах хилчахьана, шайн аьтто баьлларш байъина аш. Бехке боцурш а. Церан жоьра зударий бисина, бобераш дисина. Наной, хIусамнаной, йижарий, бераш делхийна. Ткъа бахьана хIун ду? Дала, пайхамара, шариIато гайтинчу новкъара йуьстахдовлар. Дала бохург вай дахьара, Цо гайтинчу цIенчу, нийсачу новкъа вай дIагIертахьара, вай ийманехь нислахьара, вайна хуьлуш долу дуккха а зенаш-зуламаш, бохамаш, баланаш хир ма бацара, Зеламха. Паччахьан Iедал бехке до ахь. Иза нийса ду. Иза керста, оьрсийн Iедал ду. Иза къинхетам боцуш, къиза, йамарт Iедал ду. Оьрсийн паччахь ницкъ болуш ма ву. Царна хIун ду нохчаша, бусалбанаша вовшийн байарх? Иза царна луург ду. Цхьажимма а вай бахьана далийтича, набахти кхуьйсу, Сибрех дохуьйту. И бахьанаш дийлийта вайна йукъа питанаш туьйсу. Ткъа вайна и бахьанаш ца дийлийта, лардала ца хаьа. Нагахь санна, Дала, пайхамара, бусалба дино бохург а деш, вай ийманехь нислахь, Дала вай зенех-зуламех, бохамех, баланех лардийр ду, Делера орца а, къинхетам а хир бу, вайн дуьне а, эхарт а декъал а хир ду. Иза иштта хилийта, Дела ницкъ болуш а, къинхетаме а, комаьрша а ву. Амма ийманехь вай ца нислахь, дуьне а, эхарт а декъаза хир ду вайн. Цуьнан цхьа а тайпа шеко йац.

3

И къамел хиллачул тIаьхьа тайп-тайпана ойланаш йора Зеламхас. Ша хаъал хилчахьана чIогIа Делах тешаш а, чIогIа Делах а, къематдийнах а кхоьруш а, шена ма-хуъу, шен ницкъ ма-кхоччу, Далла Iамал йеш а вара иза. Хьанала къахьоьгуш а, хьарамчух ларлуш а вара. Перз ламазел а, марханел а совнаха ламазаш а дора, марханаш а кхобура. Шайн даьхнина а, йалтина а тIера закат а, мискачарна caгIa а лора. Ша цIена бусалба а хетара цунна. Амма Соип-Моллас дийцинчуьнга ладоьгIча, ша цIена бусалба хиларх шекваьллера иза. Шайн доьзалшна хиллачу бохамашна Далла хьалха а, доьзалшна хьалха а ша бехке а хийтира цунна. Оцу итт дийнахь шен ламазаш тIехь Деле шена гечдар, шен доьзалшна къинхетам боьхура цо.

Амма паччахьан Iедалца а, оцу Ведана-гIопехь, тIулгийн лекхачу, стаммийчу пенашна тIехьа а левчкъина, кхузарчу мискачу адамашна тIехь харцо, къизалла латточу оцу хьакхарчашца а, церан йалхой хилла лелачу нохчийн заддашца а машар а бина, къарвелла саца ойла а йацара. Цаьрца машар муха хуьлу, цхьаннахьа а гуш нийсо ца хилча, гобаьккхина лелаш харцонаш, йамартлонаш хилча. Нуьцкъалчо гIорасизниг хьоьшу. Хьолахочо къениг вацаво. Хьекъалечо боданениг Iехаво. Iеламнаха бусалба дин шайна пайдехьа дерзадо, уьш дукхахберш паччахьан Iедална, хьаькамашна бохкабелла. ГIорасизчун, къечун, гIийлачун, мискачун цхьа а тайпа бакъо йац. Iедална а, хьолахошна а уьш адамаш ца хета. Уьш, лоьцуш, Сибрех бахийта а, байа а, текхамаш бойтуш, чIанабаха а мега. И Дела воцу мостагIий, таIзар ца деш, бекхам ца оьцуш, шайна луъург дан хецна муха бита беза? ХIара Зеламха а, xIapa саннарш а царах бекхам эца Дала къастийна, Делан лаамца лелаш хила а ма мега. Ткъа бусалба динан кIоргенеш хаа, Соип-Молла санна, Iеламстаг вац Зеламха. Иза бодане бежIу, жаIу, ахархо, асархо, мангалхо ву. Цунна, Къуръано а, шариIато а хIун боху, ма ца хаьа. Дукхахболчу нохчашна а. Йа Зеламхина бевзина молланаш а ма бац дукха кIоргера бусалба динан Iилма хууш. Цхьаммо цхьаъ дуьйцу, кхечара кхин дуьйцу. Делан Къуръано а, шариIато а бохург дерриг а цIена хууш хиллехь, Зеламхас и къинош летор ма дацара. Дала гайтинчу цIенчу, нийсачу некъа тIера йуьстахвер ма вацара. Цо ца кхеташ, лаамаза дийлийтинчу гIaлаташна, летийнчу къиношна Дала гечдийр ду цунна. Дела хууш а, гуш а ву цуьнан дагахь дерг…

Амма Дала къинхетам ца бахь, герггарчу хенахь машаречу дахаре йуханехьа некъ ца гора цунна…

Оцу шен къаьхьачу ойланех иза йукъахваьккхира арара схьахезначу когийн татанаша а, лохха дечу къамелаша а. Цхьа минот йаьлча, цIа чу велира Аюб а, Абубакар а, корта а, маж-мекх а даьлла жима стаг а. Охьаховша пурба делира царна Зеламхас.

– Мичара ву хьо?

– Гати-Юьртара.

– ЦIе хIун йу хьан?

– Соип.

– Ден цIе?

– Болат.

– Ненан цIе?

– Деши.

– Да-нана дуй хьан?

– Нана йу, да вац. Сибрехь вайна…

– Хьан дехой мичахь бу?

– Шелахь.

КхидIа хеттарш дан ца оьшура. Иза Соип-Моллас вийцинарг вара.

– Аюб, корта а, маж а даша цуьнан. Хи а дохдай, дегI а цIандайта. Бедарш хийца. Цунна тIехь йерш йагайе.

Ши сахьт даьлча, Зеламхина хьалха хIоьттира куьце, майра йуьхь-сибат долуш жима стаг.

– Маса шо ду хьан?

– Ткъе ворхI.

– Зуда йуй хьан?

– Йац.

– ХIунда йац?

– Зуда йало аьтто боцуш Iийнера. Цунна а, керт-ковхь оьшучунна а ахча даккха гIалагIазкхашна йолах болх бан Теркал дехьа ваханера со. Цигахь болабелла xIapa суна хилла бохам…

– Хаьа суна. ХIинца кхидIа хIун дан ойла йу хьан?

– Ахь пурба лахь, хьох дIакхета лаьа суна. Сан ден, да-нана махках а даьккхина, Хонкара дахийтинчу, сан да Сибрех а вахийтина, доьза вайъинчу, сан нана ткъе ворхI шарахь хеназа къанйинчу Делан мостагIех бекхам эца.

Зеламха гIайгIане велавелира.

– Тахана Соьлжа-ГIала дIавигнехь, цкъа хьалха масех баттахь набахтехь валлор вара хьо. ТIаккха суьдо вен кхел йийр йара хьуна, йа йерриг а хьайн оьмарна Сибрех а вахийтина, цигахь лийр вара хьо. Амма Дала къинхетам бина, тахана хьо Iожаллех кIелхьарваьккхина. Тхан дахар а дац цхьа минот а тешам болуш. Iожалла йу, когийн кIажаш хьоьшуш, тIаьхьахIоьттинa лелаш. Тхоьца висча а, лаьмнашкахула, хьаннашкахула, шийла, меца, лечкъаш, экха санна, ваьлла лела дезар ду хьан. ТIаккха цхьана дийнахь салташа вуьйр ву йа, Iедало лаьцна, Сибрех вохуьйтур ву. Ахь Iожалла леха ца йеза, хьо вала ца веза, ваха веза. Хьан дай къонахий хилла, цара шайн синош дIаделла нохчийн къоман, бусалба динан маршонан дуьхьа. Церан тIаьхье хила йеза, иза йаха йеза. Цул совнаха, ткъе ворхI шарахь хьо кхаьбначу, кхиийнчу хьайн декъазчу ненан ойла йан а йеза ахь. Хьол тIаьхьа дола дан верас воцуш, цхьалха йуьсур ма йу иза.

Соипан корта охьабахара.

Зеламха Аюбана а, Абубакарна а тIевирзира.

– Уггар хьалха хIокхуьнан нене а, Соип-Молле а дIахаийта xIapa могаш-маьрша а, кхерам боцуш а хилар. ТIаккха генна лаьмнашка, кхерам боцчу йуьрта, вайн xьeший болчу дIавига xIapa. Цигахь хIокхунна хIусамаш а таръе, кад-Iайг, мотт-гIайба, кхин хIусамехь оьшурш а таръе. Уьш дерриг а дIанисделча, хIокхуьнан нана цига дIайига. ТIаккха хIокхунна йало зуда лаха. ХIара реза а волуш, хIокхунна реза а йолуш, ийманехь йолу йоI. Ишттаниг шайна карийча, сихха йалае. Мах бар а, там бap а шиммо а дIалиста. Тховса кхааммо а дика садаIа, кхана Iуьйранна новкъа довла. Кхетий шу?

Аюба а, Абубакара а, резахилла, кортош таIийра.

– Ткъа axь, Соип, хьо дIатарвинчу йуьртара соьгара пурба доцуш цхьа а ког дIа а ма таса.

Кегийрхой, вовшашка а хьаьвсина, бист ца хуьлуш, арабевлира. Тийналлехь цхьа висина Зеламха гIайгIанечу ойланаша йуха а йийсаре лецира…

4

ТогIи готта йолчохь шина бердан йистошна йуьхьигаш хIиттош дехкинчу дукъошна тIехула серагех дуьйцина зIараш а дехкина, лаккха айъина Хулхулона тиллинчу тIай тIе ваьлча, цхьа масех минотехь тогIица хьала-охьа бIаьрг бетташ сецира Овхьад. ТIай кIелхула сихделла охьауьдура бухара тIулгаш гуш сирла хи. Овхьадана тIехбуьйлуш, гихь а, карахь а тIоьрмигаш, таьлсаш долуш дIаоьхура базарара йухабирзина божарий а, зударий а. Хьалха лаьттачу Дишни-Веданан кешнашна тIехь бIаьрг сецира Овхьадан. Карлабелира ткъе вopхI шо хьалха цигахь хилла буьрса тIом. ХIетахь оьрсийн эскаран йаккхийчу тоьпийн хIоьънаша кегдина чарташ хIинца а лаьттара кортош доцуш а, охьадеттаделла а. Доккха са а даьIна, шен чамда схьа а эцна, меллаша гIулч йоккхуш, дIаволавелира Овхьад.

ГIамap-Дукъ хадош а, изза тIеман шо карладелира Овхьадана. Малх чубуза гергабахча, ЦIоьнтара улло, Кхеташ-Корта лома тIе хьалавелира иза. Кхузара дIа бIаьрг тоьхча, цунна хьалха хIоьттира берриг а бохург санна Нохчмохк. Къилбехьа – белгIатойн, даьргIойн, цIонтаройн, гунойн, курчалойн йарташ, малхбузехьа – йалхойн, энакхаллойн, айткхаллойн, бийтаройн, къилбаседехьа – гIордалойн, шонойн, Iаларойн, бенойн, билтойн, гендарганойн, зандакъойн йарташ. И йарташ а, хьаннаш, даккъаш, раьгIнаш а, шен ши пIелг санна, дика йевзара цунна. Ткъе ворхI шо хьалха, тIеман бapxI баттахь, шелехь-дорцалахь а, дийнахь-буса а, гIаш-говрахь а дукха леллера иза оцу меттигашкахула. Кхузара дIахьаьжча, нийсса дуьхьал го Коьжалк-Дукъ. 1845-чу шарахь нохчийн наибаша, коьртачу декъана, цигахь дохийнера эла Воронцовн эскарш. Ткъе ворхI шо хьалха Iаьлбаг-Хьаьжас шен кхаа бIе тIемалочуьнца кхаа дийнахь жигара тIом бира цигахь оьрсийн эскарца. Ломана тIелеташ масех батальон салтий а, гIалгIазкхийн дошлойн масех бIо а, царал совнаха, нохчийн, гIалгIайн, суьйлийн, гIумкийн, хIирийн лаамхойн отрядаш а йара. Царна гIо деш йара йаккхийчу тоьпийн масех батарей. МостагIчунна даккхий зенаш а дина, кхоалгIачу буса шайн беллачеран декъий а, чевнаш хилларш а кIелхьара а бохуш, оцу ломара дIавелира Iаьлбаг-Хьаьжа.

Кхузара дIa гo иза винчу Гати-Юьртара масех цIа а. Овхьадана цкъа а дагара ца долура, ша Iаьлбаг-Хьаьжех дIакхетча, дас ХортIас а, воккхахчу вашас Асхьада а хьийзавар, Асхьада шена неIарна буллу гIуй тохар. Оьрсийн эскарша Гати-Юрт талош а, йагош а, салташна хьалхаваьлла лелаш, МIаьчига а, Васала а вийнера Асхьад. ХIетахь пхи бутт баьллера, Овхьад цIера ваьлла лелаш. Ваша вийна аьлла хабар деача, тIамера цIа веана иза, тезетара а, кертара а араваьккхира дас. Хьайн мезех буьзна вежарий болчу, Iаьлбаг а, Васалан Юсуп а, МIаьчиган Коьра а волчу дIагIо аьлла.

ХIетахь къена дара Овхьадан да-нана. Вежарий Асхьаб а, Iабди а, йиша Ровзан а йара. Да-нана дийна хир доцийла хаьара цунна. Оьрсийн-туркойн тIаме вахана Асхьаб дийна цIа вирзиний а, ца хаьа. ХIетахь Гати-Юьртара виъ жима стаг вахара оцу тIаме. Товсолта-Хьаьжин Хьуьси а, Борахин СаьIад а, Сатун Солтха а, Асхьаб а. Ровзан а, Iабди а жима дара Овхьадал. Оцу шиннан доьзалш а хир бу. Ткъа Овхьадан зуда а ца хилла. Хир йу ала а, ца хаьа. Иштта цхьалха къанлур ву, лийр ву иза. ТIаьхье а ца йуьтуш.

Овхьадана дагаеара шена дуьххьара йезаелла йоI Деши. Овхьадан дуьххьарлера а, тIаьххьара а безам. Гати-Юьртахь-м хьовха, цунна гондIарчу йарташкахь а цIейаххана хаза йоI йара иза. Дуткъачу, лекхочу, куьцечу дегIахь. Когийн хьорканаш тIехIуьттуш йеха, йуькъа, Iаьржа месаш. Iаьржа бIаьргаш, царна тIехула, цхьана говзачу куьйго лерина дехкича санна, хаза цIоцкъамаш. Аз дара цуьнан цхьа тамашийна кIеда, эсала, хьастаме, ца кIордош, даим дIа ладегIа дог доуьйтуш. ХIокху тIаьхьарчу ткъе вopхI шарахь даим Овхьадан бIаьргаш хьалха лаьттара оцу йоьIан сибаташ, васташ, лерехь декара цуьнан аз.

ХIетахь БуритIахь доьшуш вара Овхьад. Цкъа хьажахIотта цIа веача, хин коьрте а вахана, йоIе шен дагара дийцира цо. Амма Дешис тIе ца лецира цуьнан безам. Хьо хьал долчу нехан кIант ву, ткъа ша къечу, мискачу нехан йоI йу. Цкъа-делахь, хьан да-нана, нах реза хир бац къечу доьзалера йоI шайн кIантана йига. ШолгIа-делахь, шун хьал а, шайн къелла а цхьаьна йогIур йац, шун кертахь гIарбашан хьолехь йаха шена а луур дац. КхозлагIа-делахь, ша а йезаш, шена а везаш, ша санна къен-миска Болат ву, элира.

Цхьа а тайпа шалхо йоцуш, шен дагахь ма-дарра цо шега дийцарна, Дешина баркалла а аьлла, хин коьртера дIавахара Овхьад. Цул тIаьхьа дуккха а хан текхира цо, кхачанах а хаьдда, буьйсанна наб ца кхеташ, кийра батталуш. Дукха хан йалале Болате маре йахара Деши. Цул тIаьхьа цхьана а йоIе безам ца бахара Овхьадан. Йа мехкаршца уьйр таса а, сакъера а хан а ца хилира. Нохчмахкахь гIаттам болабелча, цуьнан кIуркIамане нисвелира иза. ГIаттам хьаьшна чекхбаьлча, Гуьржех вахара. ГIаттаман декъашхошна, атталла цуьнан куьйгалхошна йукъахь а дуьненан Iилма хууш кхоъ бен стаг вацара. Берса а, Iуммин Дада а, хIapa Овхьад а. Берса цомгаш, къена вара. Дада гIаттаман шийтта куьйгалхочуьнца цхьаьна ирхъоьллинера. Берсас шена тIекхайкхира Овхьад. Хьо къона а, хьекъале а, Iилма долуш а ву, хьо вайн къомана оьшур ву, Iедалан кара гIахь, хIаллакьхир ву, цундела хIокху махкара дIавала, элира цуьнга. Гуьржехара шен хьеший болчу дIахьажийра иза Берсас.

5

Шоьнана а, ТIуртIи-КIотарна а йуккъехь, Коьжалка-Дукъахь, малх чубуьзначул тIаьхьа, хьуьнна йуккъехула болчу новкъахь Овхьадана хьалха нисйелира гIаш цхьанхьа йоьдуш зуда. Цуьнан белшех кхозуш таьлсаш дара, букар а хьаьвзина, цхьанна гуш боцчу ницкъо ийзош санна, техкаш, гIаж гIертош, халла когаш бохуш йоьдура иза. Некъ цхьана жимачу ирзо тIе баьлча, соцунгIа а хилла, дIаса а хьаьжна, тIуьначу лаьтта охьахиира зуда. Герга кхаьчча, Овхьадана йевзира делкъехь Ведана гIопан кевнехь шена гинарг.

Овхьад тIекхаьчча, зуда цуьнга схьа а ца хьаьжира. Логах хьарчош коьрта тиллина доккха Iаьржа кортали схьа а даьстина, ши тIемаг некха тIехула цо охьахецча, Iаьржачу чухтина бухахула гиччошкахь гучуевлира ло санна кIайн месаш. Йуьртана генахь, акхароша сийсочу хIокху хьуьна йуккъехь и къена зуда а йитина, тIехваьлла дIавахар гIиллакхехь а ца хетта, цунна уллохь сецира Овхьад.

– Зуда, хьо лаа лелий садовчу хенахь? – хаьттира цо.

– Лаа йу со-м. КIадъелла, жимма садаIа охьахиъна.

– Гена йаха дезий хьан?

– Гати-Юьрта.

– Иза-м генахь ма йу кхузара дIа.

– Тховса Iаьларахь буьйса йоккхур йу ас.

– Со а ву, тховса Iаьларахь буьйса а йаьккхина, кхана Гати-Юьрта ваха везаш. ТIуьна латта дика дац дегIана. ХьалагIатта, луьйш-олуш, некъ бацбеш, цхьаьний дIагIор вайша.

Зуда, йист ца хуьлуш, хьалагIеттира.

– Хьо мичара йогIу? – хаьттира Овхьада цуьнга, тахана шена Веданахь гинарг билггала иза йуй-те хаа лиъна.

– Веданара йогIу со.

– Лаа йаханерий хьо цига?

– Цигахь набахтехь кIант вара сан. Тахана Соьлжа-ГIала дIавиги иза…

Зудчун аз дегийра. Хеттарш ца деш, масех минот йалийтира Овхьада. Цхьадика, xIapa суьйре йекхна йеана, беттаса а кхетта, новкъахь ког билла хатт кIезиг болуш меттигаш гора. Шиний aгIop лаьтта лекха, йуькъа хьун дIатийнера.

– Хьо мичара йу? – эххар а хаьттира Овхьада.

– Гати-Юьртара.

– Цигара хьенан, мила йу хьо?

– Сан да вевзар вац хьуна. Ткъа шо хьалха дIакхелхина иза. Халид йара цуьнан цIе.

Овхьадана дагавогIу Халид. Къен-миска, оьзда, доьналле къонах. Цуьнан йоI йара Деши.

– ЦIе хIун йу хьан?

– Деши.

Деши… Овхьадан дуьххьарлера а, тIаьххьара а цIена, боккха безам. ТIаьхьа цуьнан уггар тешамечу, майрачу, оьздачу доттагIчун, бIаьхаллин накъостан Болатан зуда. Болате маре йаханчул тIаьхьа Овхьада шен нус, йиша лийрина Деши…

Ткъе ворхI шо хьалхалерчу вастех а, сибатех а лар ца йисина хIинца цунна улло йаьлла, халла гIулчаш йохуш йогIучу зудчун. Деши ши шо жима йара Овхьадал. Хебарша аьхна оза, йеха йуьхь. Ло санна, кIайн гиччош. Букархьаьвзина букъ. Хьех чукхетта, кхоьлина, гIайгIане бIаьргаш. Йишхаьлла, гIopгIa аз. ХIун баланаш, бохамаш бу-те xIapa хеназа къанйинарш? Болат лаьцна, Сибрех вахийтар-м хаьара Овхьадана. Цигара цIа ца вирзина-те иза? КIант лаьцна. Болат дийна хилча, xIapa Деши Веданахула кIантана тIаьхьайаьлла лелара ма йацара…

Хьалха воьду Овхьад, саца а сецна, Дешина тIевирзира:

– Со вевзар варий хьуна, Деши?

Деши леррина цуьнан йуьхь-дуьхьал хьаьжира.

– Ца вевза суна.

– Овхьад ву со, ХортIин кIант.

Йуха а цкъа леррина хьаьжча, оцу стеган йуьхь-сибаташ, лер а Овхьадачух тера хийтира Дешина. ТIаккха шен карара гIаж охьа а тесна, мара а кхетта, Овхьадан некха тIe корта а таIийна, са уьйзуш, шен дог Iаббалц йилхира иза. Дешин озачу букъах дай куьг а хьоькхуш, цунна маслаIат дан гIертара Овхьад. Амма Дешина ца хезара цо дуьйцучух цхьа а дош. ТIаккха Овхьад ша а сецира, вист ца хуьлуш. Бераллехь дуьйна хи ца даьлла цуьнан бIаьргаш цкъа тIунделира, логашад хьала-охьа сихбелира, бIаьргаш чуьра комаьршша хиш охьахьаьлхира. Оцу цхьана минотехь цунна хьалха хIиттира къиза тIом, йогу йарташ, бIаьхойн, зударийн, берийн декъий, хьере хилла Iоьху даьхни, yгIy жIаьлеш, бIарзделла хьийза адамаш а. Iаьлбаг, Iумма, Берса, Болат, Къайсар, Коьра, Дада. Къена МIаьчиг а, Васал а. Царах цхьа а дийна вац. Байъина, белла, Сибрехь доьза байна…

ХIокху декъазчу Дешин санна, Овхьада ткъе ворхI шарахь кийрахь сецош IaьIнa къаьхьа бала, кийра буьзна, тIехбеана хьалагIоьртина, легашкара дуьхьало а хадийна, узаршца схьахецабелира. Деши мара а къевлина, шен дагна маршо йелира цо. Белшаш йегош, гIapa йоцуш, тийна вилхира иза. Бераллехь дуьйна тховса дуьххьара…

6

Овхьадана хатта лууш а, хаа лууш а дуккха а дара. Амма Дешин деган чевнаш ша карзахйахарна кхоьруш, хеттарш дан ца хIуттура. Йилхина, шен дог а Iабийна, Дешис ша дийцира цунна оцу ткъе ворхI шарахь Гати-Юьртахь хилларш а, лелларш а.

– ГIаттам хьаьшначул тIаьхьа, дуккха а нах лоьцуш, Болат а лецира. Дуьххьара Ведана вигира, тIаккха – Соьлжа-ГIала, цигара дIа БуритIа а вигна, масех баттахь набахтехь валлийра. ХIетахь Соип кийрахь вара сан. Болатах къаьстича, дог а иккхина, со лийр йу, моьттура суна. Дийнахь а, буса а наб ца кхеташ, кхачанах а хаьдда, бIарзйелла, кIелйиса йоьлча, кхин хIун дийр ду а ца хиъна, Iелин Iумарца БуритIа йахара со. Цигахь цхьана хIиричуьнга уггар лакхарчу хьаькаман цIарах дехар йаздайтира ас, сан дегIаца доьзалхо ву, Болат воцург, сан доладан цхьа а верас а вац, иза, къинхетам бай, маршаваккхахьара аьлла. Нагахь санна иза маршаваккха йиш йацахь, цуьнца цхьаьна со набахтехь а йитахьара, Сибрех а йахийтахьара аьлла. Хьаькам чохь волчу цIенойн кевнехь шина дийнахь лаьттира тхойшиъ, и дехар хьаькаме дIадала стаг ца нислуш. Эххар а хьаькам волчу воьдучу цхьана къинхетамечу оьрсичо шега дIаийцира сан дехар. Цхьа сахьт даьлча йухавеанчу оцу оьрсичо элира, сан дехар кхочушдан шен бакъо йац, боху хьаькамо, аьлла. Иштта, Болатца цхьаьна набахти а ца йитира со, Сибрех а ца йахийтира. Ткъе ворхI шо ду иза Сибрех вахийтина. Дийна ву а, ца хаьа, велла а, ца хаьа. Ткъе ворхI шо ду кертахь, урамехь адамийн, говрийн когийн тата хезча, хIинца цIа вогIуш вац-те иза, йа цунах хилларг дуьйцуш, хабар дохьуш вогIуш стаг вац-те бохуш, аралелхаш, ладоьгIуш со Iаш йолу…

– Дала мукъалахь, Болат цIа вогIур ву, Деши. Делан диканах, Делан къинхетамах дог дилла мегар дац. Со ца го хьуна? Сайнаш а Iаш хир бу, со велла йа дийна ву, ца хууш. Суна сайна а ца моьттура, со дийна цIа вoгIyp ву. Дийна а ву, цIа вогIуш а ву. Дела дика ву, ницкъ болуш ву, къинхетаме ву. Хьан дуьхьа, кIентан дуьхьа Дала цIа верзор ву. Сан дуьхьа а. Дела сан дог хууш а, гуш а ву, Деши, сайн вежарел дукхавезара суна Болат. Сан дика доттагI а, дика ваша а вара иза. Болат санна кIентий кIезиг хуьлу дуьненахь. Дала ларбо иштта кIентий. Ткъа тахана дуьйна дIа хьайн дола дан ваша вац алий, дага ма даийталахь ахь а. Вай вовшех къастталц, ас хьайх йиша алар дицделлий хьуна?

– Ца дицделла, Овхьад. Хьо волуш, цкъа а сайн ваша вац аьлла, дага а ца догIура суна. Болатана санна, оцу ткъе ворхI шарахь хьуна са а гатлора. Далла бу хастам, хьо мукъана а дийна цIа вогIу. ХIинца даг тIера ах бала дIабели суна.

Наггахь цаьршиннан некъ хадош, хьалхахула чекхлелхара цхьогалш. Йукъа-кара хьуьн чохь бухIа йека а хезара. КIадйелла Деши, шен дагара ца хоуьйтуш, гIаж гIертош, хьалхахьа дIагIертара. Iаьлара дIакхача масех чаккхарма некъ бисча, некъа йистерчу шовданна тIекхечира и шиъ. Шовданна гонаха йуьйцина йина лохха керт а, арахьа охьайиллина кхо-диъ дол попан гуьйриг а йара. Дешига жимма садаIийта, цигахь сецира Овхьад. Шен чамди чуьра схьаэцна баьпкан йуьхк а, нехча а гуьйриг тIе охьа а йехкина, кертах кхозучу кхийран зоки чохь хи деара цо.

– Охьахаал, Деши. Хьо мацйелла xир йу. Вайша Iаьлара дIакхаьчча, сихха хьалха билла кхача кечбина Iаш хир бац вайшиннан гepгapa нах. XIapa кхача бекъа белахь а, кхалла хьажахьа.

Дешис шега шозлагIа ца алийтира. Баьпкан йуьхках а, нехчех а пIелгашца кIез-кIезиг йоккхуш, меллаша Iийша йуьйлира иза.

– Ша лацале хьалхарчу буса деха, лерина къамел дира соьга Болата. Тхо гуттаренна а вовшах къаьсташ дуйла хиъна хир дара цунна. Ша жима волуш, Шелахь, Соип цIе йолуш, доттагI вара шен, бохура цо. Хонкарахь мацалла леш йоллучу шен нанна кемсийн кан баккха, буса туркойн беша ваьлча, цара къиза вийна хиллера иза. Нагахь тхойшиннан кIант хилахь, цунна Соип алий цIе тилла, йоI хилахь, шен ненан Хедин цIe тилла аьлла, тIедиллинера цо суна. Болат лаьцначул тIаьхьа Соип дуьнен чу велира. ТIаккха ши шо даьлча нана, цул тIаьхьа пхи шо даьлча, да дIакхелхира. Хьуна ма хаьа, сан ден, ненан, со цхьа йоI бен, кхин бер цахилар. И шиъ дIакхелхича, верас воцуш, гIаж санна, цхьана йисира со. Шелара Болатан гергара нах тхойша цига дIадига гIоьртира. Суна ца лиира. Шичой-маьхчой бацахь а, сан гергара нах Гати-Юьртахь ма бара. Болат а цигахь кхиънера. Гатийуьртахоша дика дола а динера цуьнан. Аьрзун, Iелин, Маккхалан доьзалех шен йиша-ваша а тардина, Iийнера Болат. Цундела, уггар хьалха, царах къаста а ца лаьара суна. Iелин кIанта Iусмана а, Аьрзун кIанта Мохьмада а керт-ковхь гIo дора суна. Кха а охура, йалта чудерзош, докъар кечдеш, цIа дохьуш, дечиг дохьуш, кхин деш а гIo дора. Ша воккха хилча, Соипа и гIуллакхаш шен кара лецира. Делахь а, мел къахьегарх, ког метта ца хIуттура тхойшиннан. Зуда йало таро ца хуьлуш, хенал тIехвелира Соип. XIopa шарахь Теркал дехьа гIалагIазкхашна йолах болх бан боьлхура вайн эвлара цхьа нах. Шина-кхаа шарахь болх бича, бахам а тарлора церан. Соипана цаьрца ваха лаьара. Со дуьхьал хуьлура. Цхьаъ бен воцу кIант цига вахийта кхоьрура. И сан кхерар эрна ца хиллера. Эххар а пурба делира ас цунна. Йуьртара а, гондIарчу йарташкара а нах боьлхуш хилча, Делан кара а велла, вахийтира. Цхьана-шина шарахь болх бича, мотт-гIaйбa а, кертахь кхин оьшург а эца, зуда йало а аьтто хир бац-те аьлла. ГIаддайна вахийтира. ТIаккха со кхийринарг хилира…

Шозза-кхузза цхьакIеззиг бепиг а, нехча а кхаьллина, йисинарг Овхьаде дIакховдийра Дешис.

– БIаьстенан йуьххьехь дуьйна гуьйре шелйала йоллалц, ворхI баттахь, дийнахь а, буса а бохург санна, са ца доIуш, болх бира Соипа цигахь. Ia герга гIоьртича, цIа ван ойла хилла, гIалагIазкхичуьнга шена йогIу йал схьайехна хиллера цо. Амма гIалагIазкхичо, цхьа сом а ца луш, боьха йаппарш йина, кертара араваьккхинера. Хьуна ма-хаъара, Болат Iаламат собаре стаг вара. Соип дега ца хьаьжнера, цIий сиха вара. Буьйса тIекхаччалц йуьрта йистерчу эрзалахь лечкъина а Iийна, адамаш набарна дIатийча, гIалагIазкхичун керта а вахана, йуха а шен йал схьайехнера цо. И гIалагIазкхи Соипаца галваларан цхьа бахьана хиллера. Хьалхарчу буса цуьнан рагIу кIелхьара говраш йигна хилла нохчаша. Оцу къоланна Соип бехке веш хилла цо. И къуй ахь тIехьехна, хьо церан декъашхо ву, бинчу балхана йал-м муххале а лур йацара хьуна, ша Iедале дIа а велла, Сибрех вохуьйтур ву хьо, бохуш. Иза шена нанна хьежош, йаппарш йан воьлча, шаьлта тоьхна иза охьа а виллина, ведда, цIа веанера Соип. ГIалагIазкхичунна Соипан цIе а, ден цIе а, Гати-Юьртара вуйла а хууш хилла. Ткъа и къена гIалгIазкхи, Iедало лоруш, воккха эпсар хилла, боху. Цо сихха цигарчу Iедале дIахаийтина, ша йолах лаьцна нохчо, къуй а балийна, шен говраш а йигийтина, шаьлта тоьхна, ша охьа а виллина, дIадиллинчуьра шайн бIе туьма ахча а лачкъийна, ведда аьлла. Цигарчу Iедало Ведана хаам бинера, тIаккха Веданарчу пурстопо, тражникаш балош Гати-Юьрта а веана, дIавигира Соип. И нохчийн къуй а, талорхой а бахьана долуш, бехк-гуьнахь а доцу, хьанала къахьоьгуш волу, цхьана волу цхьа кIант хIаллакьхили-кх сан. Ткъа Соипа гIалагIазкхичун ахча лачкъийна бохург а бакъ дац. Ишттаниг ца дан, тхойшиъ ший а мацалла долуьйтур дара цо. Кисанахь шай а доцуш, цIа веанера иза. Тахана Соьлжа-ГIала дIавиги… Наха тайп-тайпана хабарш дуьйцу. Оцу чевнах и гIалагIазкхи велла а, боху, ца леш, сакхт хилла висина а, боху. Иза веллехь, Соипана вен суд йийр йу, дийна висинехь, итт шо хан а тоьхна, Сибрех вохуьйтур ву а, боху. ГIалагIазкхи дийна висинехь, цхьа дико аблакат хилча, суьде хан ца тухуьйтуш, цо кIелхьарвоккхур вара бохуш а, дуьйцу. Суна аблакат а карор ма вац, карийча, цунна дала ахча а ма дац сан. ХIокху ткъе ворхI шарахь айса лайначу баланашка ладоьгIча, хьер ца йолуш йа дог иккхина ца леш, со дIалелаш хиларх цецйуьйлу… ХIинццалц Соипана тIейуьтура со. Тахана тIе а ца йити, ас баьхьна кхача дIа а ца балийти. Азвелла, гIелвелла, корта а, маж а даьлла, ца вевзачу ваьллера…

– Ас мел маслаIаташ дарх, ненан дог Iийр дац кIантана са ца гатдеш. Амма ас тешам боллуш цхьаъ олу хьоьга. Тахана дуьйна дIа хьан а, Coипан а дола дан со ваша ву хьан. ХIокху махкахь уггар тоьлла адвокат а карор ву суна, цунна дала ахча а хир ду. Йуьртахь ши-кхо де а даьккхина, Соипан гIайгIа бан аравер ву со. Нагахь санна и гIалагIазкхи дийна висинехь, хан ца тухуьйтуш, цIа валор ву Coип, иза веллехь, yггap лахара хан а тухуьйтур йу. Дала мукъалахь, и гIалагIазкхи велла а хир вац, Соип цIа а вогIур вy. Соип Делан кара лур ву вайша, ткъа ас сайн ницкъ кхочу бахьанаш лелор ду. Варийлахь, Деши, цунах хьайна бала ма белахь, Деле хьайна собар дехалахь. ГIийлачу адамех къинхетам беш ву хьуна Иза, Соип хьуна цIа вало ницкъ болуш а ву хьуна Иза.

– Ахь дуьйцучух теша со, Овхьад. Уггар сан де доьхначу дийнахь, дог эккхал, хьер йаллал со бIарзйеллачу дийнахь, орцах вала ваша воцуш со цхьа йисинчу дийнахь суна тIе ваша кхачийначу Дала сан кIант шен декъазчу нанна йуха а лур ву. АлхьамдулиллахI, хастам бу-кх ницкъ болчу, къинхетамечу, комаьршачу вайн Далла. Цо динчунна реза ду-кх вай, Цо собар а лур ду вайна. ХIинца со паргIат йу хьуна, сан ваша…

7

Пхьуьйра хан хила гергайахча, цхьана гу тIе и шиъ хьаладаьлча, цаьршинна хьалха гучуйелира Яьсси-хин аьрру йистехь, лекхачу берда тIехь, нийсачу меттехь йаьржина Iуьллу Iаьлара. Йуьртахь чиркхийн гIийла серлонаш а, тхевнаш тIехула нийсса хьалаоьхуш кIуьраш а гора.

Овхьада доцца дийцира Дешина дIадаханчу ткъе ворхI шарахь шен хиллачу кхолламах. И беха некъ беш Овхьада шайн доьзал а, гергара нах а ца хаьттира, ткъа Дешис уьш а ца хьахийра. Дешис уьш ца хьахийча, Овхьад шеквелира, шен доьзалехь сингаттамаш хиллий-те аьлла. Iаьлара чукхачале цунах дерг хаа лиира Овхьадана.

– Тхайчарах белларш-биснарш а муьлш бу, Деши?

Деши йоьхна хьаьвзира.

– Дийцал ахь, бохамаш хилаза цхьа а вац, массарначул а тIех хьуна хилла.

– Делахь, Овхьад, йуьртах а, махках а, халкъах а ваьккхина, халонаш-баланаш а лайна цIа вогIучу хьан тIе а дог Iовжо ца лууш ма Iийра со-м. Ас хIинца цадийцарх, кхана хьуна хьайна а хуур ду дерриг а. Iожалла Делера йу, Цо кхоьллина массо а са дала дезаш ду, дийна висинарг шен де тIекхаччалц, собаре а хилла, ваха везаш ву. Хьан да-нана дIакхелхина. Асхьаб туркойн тIамера цIа ца веана. Хонкарахь вийна, цигахь дIавоьллина иза.

Да-нана дийна хир доцийла-м хаьара Овхьадана. Иза царах дIакъаьстинчу хенахь цаьршиннан кхузткъе итт сов шераш дара. Ткъа Овхьадан ваша Асхьаб хIокхул кхо шо бен воккха ма вацара. Дех а, Асхьадах а тера а воцуш, догцIена, къинхетаме, оьзда ваша ма вара иза. Да а, Асхьад а хIокхунна дов дан воьлча, даим а Овхьадехьа гIо ма доккхура цо. Нана а, Асхьаб а дац аьлча, дог Iаьвжира цуьнан.

– Ровзан а, Iабди а долуш ду. Шиннан а доьзалш а бу. Маре бахана йоIарий а, зударий балийна кIентий а бу. Берийн бераш а ду. Ткъа хьо цIахь воцуш дуккха а нах белла йуьртахь.

– Iабди хIун деш ву?

– Шун дех йисина туька жима а хетта, кхин йоккха туька йина цо. ХIокху aгIop цхьаьннан а йац иштта йоккха туька. Оьрсийн махкара тайп-тайпана товар а дохьу цо шен туькана. Iедало дика лоруш а, хьаькамашца гIуллакх догIуш а ву. Йуьрта баьхкина хьаькамаш цуьнан хIусамехь совцу.

– Асхьабаца тIаме бахнарш цIа баьхкиний? Уьш дийна буй? Товсолтин Хьуьси а, Борахин СаьIад а, Сатун Солтха а?

– Сатун Солта кхузахь тIом болуш цIа ма веанера. Туркошца тIамехь пхьарс а баьккхина. Иза а велла. Важа шиъ волуш ву. СаьIад – йуьртда, Хьуьси йуьртан къеда ву.

– Iелин а, Аьрзун а кIентий болуш буй?

– Iелин воккхахволу кIант Iумар вац. Нах леца йуьрта тражникаш баьхкича, вада гIоьртича, вийра иза. Iусман ву. Аьрзун Мохьмад дукха хан йоццуш япон тIаме вахана. Иза а, Аьрсамирзин Эламирза а, Солтхин Солта а. Аьрру пхьарс а баьккхина, цигара цIa веана Солта.

1877-чу шарахь оьрсийн-туркойн тIом болабелча, оцу тIамехь туркошна дуьхьал тIом бан Къилбаседа-Кавказерчу къаьмнех бIаьхаллин дакъош вовшахтуьйхира паччахьан Iедало. Кхечу къаьмнашна йукъахь дика чекхделира и гIуллакх. Нохчех ши полк вовшахтоха йезара, амма кхузахь цхьа полк вовшахтоха а нах ца тоьура. ТIаме воьдучу стеган шен герз а, говр а хила йезара. Ткъа къехойн иза а, важа а дацара. Цига баха луучарна йал а кхайкхийра Iедало, йолах баха луурш а кIезиг карийра. Маситта шарахь шайна дуьхьал тIом бинчу, шайн йарташ йагийнчу, шайн халкъ ах хIаллакдинчу, дийна бисинарш къизачу Iазапехь латточу оьрсийн паччахьан гIуллакхана тIаме баха а, лата а, бала а ца лаьара къехошна. ТIаккха и полк вовшахтохар хьолахошна тIедиллира Iедало. И полк вовшах ца тохахь, Iедалерчу гIоьне а, къинхетаме а догдохийла хир йоцийла а, даржашкара дIабохург хилар а хаийтира. Кхерабеллачу нохчийн хьолахоша шайн кIентий а, шайн харжах къехойн кIентий а бахийтира оцу тIаме. Гати-Юьртара виъ жима стаг вахара цига. Товсолта-Хьаьжин Хьуьси а, Борахин СаьIад а, ХортIин Асхьаб а, Сатун Солтха а. Шен доьзална даа рицкъа латто ницкъ а ца кхочуш, къен-миска стаг вара Сатун Солтха. Юьртарчу хьолахоша шена делла ахча шен доьзална а дитина, церан герзаца, говраца тIаме вахана иза кхо бутт баьлча цхьа пхьарс боцуш цIa веара. ХIинца оьрсийн-японцийн тIаме а бахана Гати-Юьртарчу къехойн Аьрсамирзин а, Аьрзун а кIентий. Уьш хIунда бахана-те аьлла, хаьттира Овхьада.

– Оцу тIаме баханчарна Iедало ахча делла бохуш, дуьйцура наха, – элира Дешис.

Овхьада ойла йира. Цунна дагаеара дIадаханчу шарахь ша йешна Энгельсан «Германин арахьара политика» цIе йолу статья. Цу тIехь Энгельса нажжаз бора хIокху тIаьхьарчу кхузткъе итт шарахь кхечу пачхьалкхийн паччахьийн йолахой а, чаьлтачаш а хилла, шайн маршонехьа къуьйсучу европейски халкъийн цIий Iенош лела немцой. Цара деш дерг дерриг а немцойн къомана доккха эхь лорура Энгельса. Ткъа хIинца нохчий а бевлла Энгельса нажжазбинчу новкъа. Дуьххьара оьрсийн-туркойн тIаме бахара. Бусалба туркошна дуьхьал тIаме. Оьрсийн паччахьо, оьрсийн эскарша нуьцкъах махкахбаьхна шовзткъе итт эзар нохчий – зударий а, бераш а, къенанаш а – тIелаьцна, царна туш деллачу бусалба туркошна дуьхьал. Шайн чалтачана, оьрсийн паччахьана бохкабелла, цуьнан йолахой а хилла. Шайн дай, наной, йижарий, вежарий байъинчу оьрсийн салташна улло а хIиттина.

Асхьаб цига воьдуш, Овхьад дуьхьал вара. Амма Овхьаде ла ца дуьйгIира ХортIас а, Асхьада а. Хьолахойн кIентий цига боьлхуш хилча, вайн доьзалера а цхьаъ ваха веза, бохура. Асхьад вохуьйтийла дац, керт-ков, бахам, туька а цуьнан йаьIни тIехь йу, цуьнан зуда а, бер а ду, бохура. Овхьад жима ву, доьшуш ву, дешар чекхдаккха дезаш ву, бохура. Асхьаб зуда йалоза вара. Иза дIахьажийра туркойн тIаме. ХортIин а, Асхьадан а сутаралло, къизалло хIаллаквина Асхьаб. Хийрачу махкахь Iожалла хилла, хийрачу махкахь лаьттах воьллина. Хьенан дуьхьа, стенан дуьхьа? Шен халкъан мостагIчун оьрсийн паччахьан дуьхьа, Россин хастаман дуьхьа.

ХIинца оьрсийн-японцийн тIаме а бахана нохчий. Шиний агIонгахьара харцонан тIом ма бу иза а. Россис а, Японис а къуьйсург йа оьрсийн а, йа японцийн а латта ма дац. Цигахь бехарш йа оьрсий а, йа японцаш а ма бац. Самг къуьйсуш лета меца, сутара ши жIаьла ма ду и шиъ. Ткъа оцу девнехь оьрсийн жIаьлехьа гIодаккха, лата, бала бахана нохчий. Къелло бигна-кх. Амма къелла а, мацалла а шаьш леш хилча а, баха ма ца безара уьш цига. Нохчийн гIуллакх ма дац оьрсийн, туркойн, японцийн, кхечеран а девнна йукъагIерта, шайн а, кхечеран а цIий Iено. Нохчийн къам декъаза, жима къам ма ду. Тоьур ма ду цуьнан хIаллакьхилар. Цо лайна халонаш, баланаш, бохамаш. Иза ша лардала ма деза керлачу баланех, бохамех. Иза ша ца ларлахь, цунна тIе бохам беача, цунна орцахдала, цунна гIo дан, цунах къахета, дог лаза дуьненахь цхьа а къам ма дац. Хилла а дац, хир а дац.

Ойланаш йора Дешис а. ДIадаханчу ткъе ворхI шарахь а, тахана а шен синтем байъина ойланаш. Уьш Овхьаде йалхийра цо.

– Делхьа хаац суна-м, Овхьад. Наха дийцарехь, шен маршонехьа, нийсонехьа къуьйсу бохуш, масех бIе шарахь тIом бина вайн къомо. Сан дас а, ден дас а, цуьнан дайша а. ТIаьххьара а Iаьлбаг-Хьаьжа имам ваьлча, ша къанвелла кIелвисча, герз кара ца оьцуш Iийра сан да. Со-м зуда йу, соьгахь-м хьекъал а дац, хIетте а даим а дIа леташ, тIом беш, хIаллакьхуьлуш хила деза вай? Мичахь йу цаьргахьа къуьйсуш, нохчийн къоман масех тIаьхье хIаллакьхилла и маршо а, нийсо а? Йац иза. Хьалха дIа бIаьрг тоьхча, гуш а йац. ХIун хилла оцу маршонехьа, нийсонехьа къийсинчу вайн йуьртахойх? Вайна бевзинарш а тIаьхье йоцуш байна. Аьрзу Хонкарахь вийна, цуьнан кIант японан тIаме вахана, цигара дийна цIа воьрзур вуй а, хаац. Iела Сибрехь вайна, цхьа кIант вийна. МIаьчиг а, цуьнан кIант а тIамехь вийна, тIаьхье йоцуш вайна. Болатан да Хонкарахь велла, Болат Сибрехь вайна, СоIип а цунна тIаьххье дIавахийта новкъаваьккхина. Бийца дукха бу уьш. Жимачу вайн йуьртахь а оццул хилча, йакхкхийчу йарташкахь, йерриг а Нохчийчохь мел дукха хир бу уьш. Ткъа и божарий тIамехь байъича, йа Сибрех бахийтича, дола дан верасаш боцуш бисина жоьра зударий, бобераш, къенанаш, заьIапхой? ТIамо цIенош дагийна, бахамаш хIаллак а бина, чуберза хIусамаш йоцуш бисина эзарнаш, бIе эзарнаш доьзалш? Тхуна, наношна, тIом ца оьшу. Оха тIамехь дайъийта деш ма дац бераш. Даха деш ду. Къам дебо, къам кхио. Къанделла кIелдисча, тхаьшна гIортор, гIовла хилийта. Дай, вежарий, майранаш, кIентий тIамехь байъича, оха, наноша, зударша хIун до хIокху дуьненахь даьхна? Тхоьга ларлур йуй къоман маршо, бусалба дин? Болатал а, Соипал а тIаьхьа суна маршо а, нийсо а ма ца оьшу. Дуьне а ма ца оьшу. ХIетте а кхета, хьекъале бахка дагахь а бац нохчий. ХIapa тIаьххьара цхьа ткъе итт шо лаьттинера тIом боцуш, наной ца белхош, машаре. Цул хьалха шаьш лайна халонаш а, баланаш а, шайна хилла бохамаш а, дерриг а дицдина, йуха а изза къематде хIотто, тIом боло гIерташ карзахбевлла нохчий. ХIокху аьхка Нохчмахкара цхьацца йарташ Iедална дуьхьалъевллера. Шаьш паччахьан Iедал дIадоккху бохуш. Цига далийнчу эскарша тIе йаккхий тоьпаш йитти царна. Нах лийци. Кхета, хьекъале а, иймане а бахка дагахь а бац нохчий. Массанхьа а къоланаш, талораш. Вайн жимачу йуьртахь а барт бац. Масех тобане а бекъабелла, вовшийн мостагIий а хилла, жоьжахатахь санна, хан токхуш бу. Эхь-ийман а, йахь-оьздангалла а, къинхетам а бохурш дIадевлла. Хаац, нагахь санна кхин иймане, хьекъале ца дагIахь, дуьне а, эхарт а декъаза хир ду-кх вайн къоман…

***

Нохчийн округан начальникан полковникан Белликан омрийн журнала тIера

1857 шo. 29 август. № 18.

Аш йарташка балийна молланаш го суна. Царах цхьаболчарна йоза-дешар ца хаьа, шайн декхарш а ца хаьа, тIехула тIе данне а хьекъал а дац церан. ХIетте а йуьртдайн гIуллакхашна йукъа а гIерта уьш.

1857 шо. 13 сентябрь. № 21.

Зуламхо, къу Iедале дIавийцар а, суьдехь цунна тоьшалла дар а эхь лору нохчаша, ткъа къола, талор, кхидолу зуламаш дар эхь ца лору. Цундела нохчашна йукъахь ун хилла даьржина къоланаш, талораш, кхидолу акха гIиллакхаш а, гIуллакхаш а. Мелла а низамечу цхьана пачхьалкхехь и тайпа акха гIиллакхаш лелаш цахилар дIахоуьйту ас халкъе. Оцу пачхьалкхашкахь, кхетамечу къаьмнашлахь муьлхха а зуламхо Iораваьккхина, Iедале дIавийцина, суьдехь цунна тоьшалла дина стаг халкъо лоруш а, сий деш а ву. И шайн акха гIиллакхаш а дитина, дуьненарчу массо а пачхьалкхаша, массо а къаьмнаша тIелаьцна кхочушдо законаш а, гIиллакхаш а аш лерахьара, кхочушдахьара, шуна йукъахь къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш а хир дацара.

1858 шо. 25 февраль. № 13.

Халкъе дIахаийта зуламийн зама дIайалар, къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш дечарна таIзар а деш, хьанала къахьоьгуш, Далла хастам а беш даха дезар.

Нохчий! Шуьгахь хьекъал а ду, шун могашалла а йу, шун дика латта а ду, аш болх бахьара, хьанала къахьегахьара, шу хьоле, шун дахар ирсе хир дара.

Наибаш, йуьртдай, къаной! Сан дехар ду шуьга. Шу халкъо лоруш нах ду. Паччахьан лаам халкъе дIакхачо а, халкъ цунах кхето а декхар ду шун. Къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш а дитина, вовшашца девнаш а дитина, нохчийн халкъ хьанала къа а хьоьгуш, бертахь, машаре даха лаьа паччахьана.

…Оьрсашца машар цахиларе кхойкхучу молланийн хьехамаша доккха зулам до нохчийн халкъана.

1859 шо. 14 январь. № 6.

ГIуларой! Шуна йукъахь ши стаг ву шуьга Iедална, хьаькамашна муьтIахь цахиларе кхойкхуш; чIогIа а, дукха а маьхьарий хьекхарна, аш хьекъале а, Iелам а лоруш. Аш цаьрга лерина ладоьгIча, и шиъ мел воккха ши Iовдал а, зуламхо а ву, хуур дара шуна.

1860 шо. 7 январь. № 1.

Къушна гIожмаш тухуш, ас таIзар дайтарна нохчий реза бац бохуш, хезна суна. Цхьа а таIзар а ца деш, маьрша буьтийла ма дац уьш. Цундела наибашка омра до ас: йарташкахь халкъ гулдай, хатта, къушна гIожмаш а тухуш, таIзар дан лаьа шуна йа уьш Сибрех бахийта лаьа шуна? Халкъана луург суна тIекхачаде.

IV корта. БУЬЙСАНАН ХЬАША

Буьйса. Некъо валий со кху эвла.

Диллинчу корах схьайогу серло.

Кхуьнга сатуьйсуш геннара веана

Со лаьтта, ладоьгIна гIовгIане…

М. Мамакаев

1

Эзар исс бIе пхоьалгIачу шеран чиллин шийлачу буса Гати-Юьрта вуьйлира цхьа некъахо.

Бутт гIушлакха баьллера. Куьйга дIасакхийсича санна, стигалахь даьржинчу седарчаша серладаьккхинера лайн кIайчу шаршуно хьулдина Iалам.

Хан йоцчу хенахь баьссачу урамехула воьдучу некъахочо безза ког боккхура. Хеталора, цуьнан когарчу йомеш летийнчу, тишачу, йаккхийчу валенкаша иза, йуха а озийна, аркъал охьатухур ву. ГIорийнчу валенкаша а, цо лаьтта луьйзучу шогачу гIожо а, ког мосазза боккху цIийзачу лайн гIовгIано а, наггахь тухучу йекъачу йовхарша а меттахъхьедора шиний агIор керташкара жIаьлеш. Амма уьш, шаьш Iохкуш йохйина меттиг а йитина, ураме довла мало йеш, дегаза жимма багош а тухий, дIатуьйра.

Букар хьаьвзина воьду некъахо, ураман некъаш къаьстачохь йа морзахдовлучохь соций, шен дегI а нисдой, гонаха бIаьрг бетташ, цхьана ханна хIуттий лаьттара, тIаккха, доккха са а доккхий, шен ги тесначу стоммачу гатанан тIоьрмиган доьхкарш белшашкахь нисдой, меллаша дIаволалора. Йуьрта йуккъе мел гIоьрти, лагIлора цуьнан болар, сецар а дукха хуьлура.

Эвла йуккъерчу рузбанан маьждигна тIенисвелча, буйна къевлинчу хьозанан санна, чехка тохаделира цуьнан дог. Говзачу куьйгаша цистина тIулг нийса хьажош доьттина хIара маьждиг а, лаккха хьалайахана момсар а бодашкахь лехнера цо, ша йуьртана герга гIоьртича. Амма бIаьрса гIелделлачу цунна генара ца гира уьш, ша царна тIеIоттаваллалц.

Маьждиган майданара дIасадоьлхучу некъашка бIаьрг а тоьхна, тIаккха дуккха а тилавелла леллачул тIаьхьа некъ карийнчу стагах тера, цIеххьана ша лаьттачуьра меттахваьлла, царах цхьана новкъа дIаволавелира иза.

Шина aгIop тIекхозаделлачу бIарийн дерзинчу дитташна кIелхула болчу урамехула хьалавоьду некъахо, цхьа-ши бIе гIулч дIавахча, гу тIехь хIоттийнчу шина чуртана тIекхаьчча, жимма сецира. Кошан барз боцу уллохь долу и ши чурт Сибрехь йа Хонкарахь докъаза байначеран безамна доьгIна хила тарлора. Царах цхьаннах букъ а товжийна, вехха лаьттира некъахо. Кхузара дIа цунна, керайуккъехь Iуьллуш санна, шера гора йерриг а йурт. Генна, лаха чуьра схьа, къорра хезара чехкачу Яьссин гIовгIа. Дехьо йуккъехь цхьа нIаьна кхайкхира. Дукха хан йалале шозлагIа декачу котаман гIовгIано дуьзира xIaваъ.

«ХIокху йуьртахь, и гIийла серлонаш къегачу цхьана цIенош чохь, бийшина Iохкуш хир бу сан кIентий. Айза а… КIентийн бераш а…» – ойла йира цо.

Некъахочун дог тохаделира, кхоьлина йуьхь гIийлла йекхайелира, кIадделлачу дегIе цIеххьана ницкъ беара.

Чехкка волавелла, Iинца хьала а вахана, лакха маьIIехь, бIарийн къеначу дитташна кIел, сецира иза. Гонаха керт йоцуш, дIатесна беш гича, тIепаза дайра масех минот хьалха цуьнан даг чу иккхина воккхавер. Леррина гонаха дIаса а хьоьжуш, бодашкахь цхьа хIума лоьхура цо. Цуьнан сецар а, лелар а дегIах цIе хьаьрчина хьийзачу адамах тарлора.

Дуккха а иддачул тIаьхьа бешан малхбузе маьIIехь лаьттах дикка хьалаайбелла къаьстачу борза тIехь сецира иза. И барз мацах цкъа кхузахь хиллачу цIенойх йисина херцораш йара.

Оцу борза тIе а хIоьттина, гонаха гIийлла бIаьрг беттара цо. Амма цунна ца карадора ша лоьхург, шен доьхначу дагна там беш цхьа а билгало. Цхьаьннан чIир кхобуш санна, гIайгIане цуьнга хьуьйсура наха генаш хедийна, заьIап дина бIарийн къена дитташ. ЦIенойн херцорех хIоьттина барз а, гонаха кертан хIоз боцу xIapa беш а дIатийсинчу ширчу кешнех тера хетара. Муьлххачу стеган даг тIе сингаттам тосур болуш дара хIинца цунна гуш долу сурт.

Дийнан серлонехь некъахочуьнга хьажначунна гyp дара цуьнан аьтту бIаьрган цIоцкъамна тIехула ирачу герзо йинчу чевнах бисина беха цIен муо, кIез-кIезиг кIайлуш, кийра хьаьвзинчу, цунна шений бен ца хуучу балано кхохкийна бIаьргаш, йего чIениг.

Некъахочо, стигала хьала а хьаьжна, сийна пхенаш тIедевлла озий куьйгаш хьалалецира.

– ХIай тхан ницкъ болу, къинхетаме, сийлахь Дела! Хьуна хаьа-кх ненан кийрара дуьнен чу ваьлчахьана ас лайна халонаш, баланаш. Къанвелла, дегIера ницкъ а эшна, со кIелвисинчу хенахь, ас хIинццалц лайна халонаш, баланаш бицбеш, керлачаьрца со зен воллу-те Хьо? Мичахь бу-те ткъе берхIитта шо хьалха ас кхузахь битина сан доьзал? Йиша-вешех а, доьзалх а ваьлла, цIа-цIе а доцуш, къанвеллачу хенахь, гIаж санна, цхьалха висина со гуш ву-кх Хьуна. Со хьанна хьашт хир ву-те, со хьан тIелоцур ву-те? Йалхитта шарахь тIеман цIергахула со чекхвуьйлучу хенахь Ахь Iожалла йинехьара сан… Хонкаран махкахь вешина уллохь Ахь Iожалла йинехьара сан… Йа генарчу, шийлачу Сибрехь, сан накъостийн санна, сан Iожалла хилийтинехьара Ахь… Нагахь санна керла, тIе а къаьхьа баланаш Iийша Ахь со ларвинехь, тховса Iожалла лохьа суна, xIaй ницкъ болу Дела…

Мохь тоьхна цо болийна кхайкхам, тIаьхь-тIаьхьа лахлуш, шабаре белира. Кхохкийнчу бIаьргаш чуьра йуьхьанца къорра ледда хиш, дуьхьало хаьдча санна, хeцаделира. Хеталора, цуьнан xIopa дош, къамкъаргехь кхехкаш, дуьхьалонаш кегъеш, арадолу. Воккха стага кхойкхура. Мохь бетташ а, шабаршца а, дукхахдерг бIаьргашца дехарш деш а. Амма цуьнан кхайкхамна жоп ца хезара. Воккха стаг дIатийра, амма ца тийнера цуьнан кийрахь хьере деттало дог. Иза десташ, эккха доллуш санна хетаделла, некхах катуьйхира цо.

Цунна шен кийрара кхагаран хьожа йогIура. Иза воьлхура. Воьлхура, шена гонаха дерг а, ша дуьненахь хилар а дицделла. Иза хIинца ойланца генна бералле дIаваханера.

БIаьрхиша дуьхьал бода хIоттийнчу цуьнан бIаьргашна хьалхахула, хино текхо чалх санна, цхьацца-шишша дуьйлуш, чекхдуьйлура цуьнан дахаран ирча, къаьхьа денош…

2

…Кхузткъе кхойтта шо хьалха кхузахь, хIинца иза тIехиъна Iен пенийн херцорийн барз болчохь, тIе латта тесна тхов а болуш, лохачу, кегийчу цIенойн мискачу хIусамашкахь бехара цуьнан ден Абубакаран жима доьзал.

Амма хIетахь дуьнена валазчу Iелина ца доьгIнера шен да а, иза чохь ваьхна цIенош а ган. Iаьржа Iожалла йохьуш, нохчийн йарташ сийначу цIарах йагош, Яьссица хьалаволавеллачу инарлин Розенан йаккхийчу тоьпийн татано цхьана дийнахь дохийра гатийуьртахойн машаре дахар. Iелина ца хезира оцу йаккхийчу тоьпийн хIоьънаша йурт отуш, цIеран меттанаша цIенош хьерчош а, ца хезира цIеххьана оцу къематдийно хьере динчу дохнан акха Iехар а, жIаьлийн yгIap а, ца гира урамашкахула Iохкучу декъашна кIелхула йуьйлаелла цIийн Iовраш а. Цунна ца хаьара хIумма а. Иза оцу дийнахь шен ненан кийрахь вара, ткъа цуьнан нана йуьртарчу кхечу зударшца, берашца цхьаьна, оцу къематдийнах йедда, цу орцахь, йуькъачу хьаннийн хотийн кIоргехь лечкъина Iapa. Ненан кийрахь Iуьллучу цунна ца хаьара шен да а, дейтта шо долу ваша Лоьма а йогучу йуьртахь мостагIех леташ вуйла а, ткъа и шен нана, пхи шо кхаьчна Аьрзуй, цул йоккха ши йоIIий мара а къуьйлуш, важа зударий санна, йуьрта са а диллина Iаш йуйла.

Цул тIаьхьа масех шо даьлча бен ца хиира, оцу буса байъинчеран декъий дохьуш, орца йухабевллачу йуьртахоша майрачун дакъа а, чов хилла Лоьма а шена хьалха охьавиллича, шийла мохь баьлла охьайоьжначу нанас ша хеназа дуьнен чу ваккхар. Берзан кIеза санна, шен дуьнен чу валар акхачу хьуьна чохь, Iаьржачу буса хилар. И дерриг а тIаьхьа хиира цунна. Декъаза хилла цуьнан дуьнен чу волу буьйса. Йистйоцуш йеха, Iаьржа буьйса хилла дIайахана цул тIаьхьа цо дуьненахь йаьккхина хан а.

Iела тIехиъна Iачу борзан шиний aгIop кхин а ши барз бу. Царах цхьаъ атта къаьсташ, лаьттах дикка айабелла, ткъа важа лаьттаца дIашарбала гергабахана, халла къаьста. Цигахь динера церан доьзало хIетахь шайн дагийнчеран метта керла цIенош. Цул тIаьхьа дейтта шо даьлча, и цIенош лардеш вийра IелагIарна ден метта висина Лоьма. Оцу дийнахь оьрсийн эскаро цIеххьана динчу тIелатаро эрчонийн теш ша а хилира Iела.

И де Iелина гуттаренна а даг чохь дисира. Оцу дийнахь байъинчеран декъий наха дIадухкуш, иза ша а вара кешнашкахь. Декъий бармахь цига кхехьа божарий ца тоьура. Уьш ворданашкахь кхоьхьура. Дийна бисинчара лаьтте дIалора шайн байъина дай, наной, йижарий, вежарий, кIентий, йоIарий. ХIетталц беса лаьттинчу сийначу бай тIехь оцу цхьана дийнахь бIе сов кошан барз хIоьттира…

Иза тIаххьара де дацара буьрсачу тIеман. Дуьненарчу йаккхийчу пачхьалкхех йоккханиг, нуьцкъалчу пачхьалкхашна йукъахь а нуьцкъала, къизачарна йукъахь а къиза пачхьалкх шен берриг а ницкъашца жимачу нохчийн халкъан жимачу махка гIертара.

Жимачу халкъо шен маршонехьа къуьйсура. Вийначу ден метта кIант, вешин метта ваша дIахIуттура. Лоьмин метта дIахIоьттира Аьрзу а, Iела а. Оцу дийнахь дуьйна йукъахдихкинчуьра герзаш дIа ца достуш, говран нуьйрара ца вуссуш, бовха кхача а биъна, тхов кIел кIедачу метта охьавижа аьтто ца хуьлуш, дIайахара Iелин къона хан. Уьш дера летара шайн а, шайн дуьхьалончийн а цIий Iеночу оцу акхачу тIамехь. Гора-йаI, ма ца лаьара царна адамана тур-шаьлта тухийла, цхьаьннан а нана, йиша йоьлхийла! Пайда барий ткъа, царна цалаарх? Шайн догIмаш, синош, шайн доьзалш, йарташ, даймокх къизачу мостагIех лардан дезара церан.

IелагIар а ма дара адамаш. Машаре, маьрша даха лууш. Дена-нанна бераш а, берашна да-нана а дезара, кIенташна мехкарий а, мехкаршна кIентий а безара, машаре, маьрша, ирсе дахар а дезара, цуьнга са а туьйсура. Гобаьккхина тIом, оцу тIеман эрчонаш йелахь а, Iелина а йезаеллера шайн йуьртара Айза. Цаьршимма сатуьйсура тIом чекхбаларе, цхьаьнакхета, безамах марзо а оьцуш, маьрша, машаре, ирсе даха. Сатуьйсура, ши сту а боьжна, дечган нахарца шайн ирзо аха, цхьа йетт а нисбина, къен оти а денйина, шайн доьзал болоре. Амма церан сатийсар кхочушхила гена дара, тIеман чаккхе гуш йацара.

…Шемал тIелоцуш, нохчашна моьттура тIом сихха чекхбер бу, оьрсийн эскарех Нохчийчоь цIанйинчул тIаьхьа шаьш Шемал ДегIастана цIехьа эккхор ву, тIаккха шаьш, хьалха санна, машаре, маьрша дехар ду. Амма тIом ткъа шарахь бахбелира. Халкъ къиза хьийзадора: цхьана агIор – Шемалан наибаша, вукху агIор – паччахьан инарлаша. Оцу шиний агIорхьарчарна дуьхьало йеш, шайн маршо ларйан гIиртира нохчий тIеман тIаьхьарчу итт шарахь. Амма кхидIа дуьхьало йан ницкъ бацара церан. Паччахьан эскарша нохчийн тIаьххьара йурт, Ведана, дIалоцуш, ткъе ворхI шо дара Iелин. ХIетале а, оцу дийнахь а нохчийн дуккха а наибаша дIатесира Шемал. Бакъду, Шемал ша а ведира, Нохчийчоь а, нохчийн халкъ а дIа а тесна, шен са дадийна ДегIастана. Веккъа цхьана бенойн БойсагIара дIа ца тесира имам. БойсагIарца цхьаьна суьйлийн лаьмнашка бахара цхьакIеззиг нохчий. Цаьрца вара Аьрзу а, Iела а, Маккхал а.

Шемал Барятинскийна йийсаре воьдучу дийнахь, БойсагIаьрца цхьаьна оьрсийн эскарийн кхолха гонна йукъара довлуш, мостагIчун туьро йинчу чевнан муо бара Iелин хьаьжа тIехь бисинарг.

Чим беш, йагийна йарташ йуьтуш, хийла доьзал байлахь буьтуш, хийла да-нана доьзалх къастош, дийна бисинчарна цкъа а дицлур доцу ирча сурт хIоттийна чекхбелира и иттаннаш шерашкахь бахбелла къиза тIом. Цо лаьхкина лелийна, гIелбелла нах йохийна шайн йарташ меттахIитто буьйлира. Масех шарахь вовшех хьегначул тIаьхьа цхьаьнакхета аьтто хилира Iелин а, Айзин а. Къоначу шиммо, кIад ца луш, къахьоьгура шаьшшиннан бахам кхолла гIерташ. Мацах шайн ден цIенош хиллачохь цхьа миска лаппагIаш хIиттийра. ЦIа чохь цхьана маьIIехь пенаца терхешна тIехIоттийна дечиган а, кхийра а масех пхьегIа а, цIенкъа тесна ши кхакха а, тиша истанг а, сийначу боьзан тIетухургаш йолуш, тIергIан кенашца дуьзна ши йургIа а, цхьа гIайба а. НеIаран сонехь кохьар а, цунна уллохь чохь цхьа гирда хьаьжкIаш йолуш йоманаш летийна гали а. Иза бара цаьршиннан берриг а бахам. Амма и шиъ хьега, кхин тоьлла бахам болуш цхьа а доьзал бацара Гати-Юьртахь. И шиъ цхьаьнакхетча, ловзар-м хьехочохь а дацара, атталла кегийрхой цхьаьнакхетта синкъерам а ца хилира. Цаьршинна совгIаташ дохьуш йуьртахой а, гергарнаш а ца баьхкира. И гIиллакхаш цкъа а ца хилча санна, моллас мах а бина, тийна-таьIна дIадерзийра.

Шайгахь мел къелла йелахь а, шаьшшиннал ирсе адамаш дуьненахь а дац, моьттура цаьршинна. Халонаш, оьшург алсам мел хуьлу, чIагIлора цаьршинна йуккъера безам. Амма иза цхьа йоца, гена гIур йоцуш йукъ йара. Мецачу барзах тера, бага а гIаттийна, тIегIертачу мацаллей, къеллей дIахьажа ца лууш, шаьш шайн Iехо гIерташ, цаьршиммо токху денош а чекхдевлира.

Гора-йаI, ма атта дара бIаьргашна гуш, дуьхьал волчу мостагIчуьнца герз карахь лата а, къийса а, вала а. Амма муха къийса деза мацаллица? Муха йицйан йеза дайшкара схьа лаьттина маршо, муха лан деза лан ца Iемина хIокху Iазапан, лоллин дукъ?

Иштта вехачул-м, хIокху дуьненара велла дIавалар гIоли ма йу, бохура хIораммо а ша-шега. Иза олий, гIоттура хIора а паччахьан Iедална дуьхьал, амма церан некъ йа тангIалкхашна тIе, йа Сибрех хуьлура. Ирхъоьллира къена БойсагIар а, Сибрех вахийтира къена Iумма а, Атаби а. Iедало, шен аьттоне хьожжий, дIасалоьхкура йарташ. Дуьйцура, нохчий гIебартойн махкий, Теркал дехьа гIалагIазкхашна йукъий кхалхийна, нохчашкара мохк дIабоккхур бу, нохчий керста дине берзор бу бохуш. Нохчийчоь сийсош оьрсийн эскарш лаьттара. ТIаккха цхьа нах буьйлабелира йарташкахула, нахе, шаьш керста дине дерзадале, бусалба динна маршо йоцчу хIокху махкара дIа а довлий, бусалба динна маршо йолчу, шайн бусалба вежарий болчу Хонкара махка дIагIо, цигахь бен карор йац шуна маршо, цигахь бен хир бац шуна синтем, цигахь йу дуьненан йалсамане бохуш.

Иттаннаш шерашкахь лаьттинчу тIамо чIанабаьхна, мацаллой, къеллой бIарзбина, кхана шайна тIе хIун керла баланаш, бохамаш богIур бу ца хууш, бIарзбелла хьийза цхьаболу нах, оцу эладитанех а тешна, Хонкара кхелхира. Аьрзу, Чора, Iела а вахара уггар хьалха новкъа бовлучаьрца. ХIорш кхуьй а кхелхина ца ваханера.

Хонкаран паччахьо нохчий шен махка дIакхойкху, цига дIабаьхкина нохчий, дика бахамаш тарбина, баха ховшор бу бохуш, цхьана наха кхузахь даржийна хабарш бух болуш дуй-те, цига хьалха дIабоьлху нах туркоша тIеэцар а, дIатарбар а муха хили-те, тIаьхьа цига кхалха ойла йолу нах совцо беза-те, йа дIакхалха бита беза-те аьлла, Хонкарахь долу хьал хаа Аьрзу а, Чора а цига хьажийра Нохчмехкан тхьамданаша. Цхьаъ бен воцу ваша гена, хийрачу махка ша ца вахийта, Iела а вахара цаьршинца.

Йуьхьанца Iелина а, цхьанна а ца хаьара нохчашна йукъахь и эладитанаш лелош болу нохчий паччахьан Iедало хIирийн Мусехула ахчанах эцна нах буйла а, нохчийн цига кхалхар оьрсийн а, туркойн а паччахьашна чIогIа лууш хиллийла а, дуьнен чохь цхьаннахьа а нийсо цахилар а. БIарзбелла нах тийшира оцу нехан мотт-эладитанех.

Iелина дагадеара 1865-чу шеран бIаьста, салтийн ха улло а хIоттийна, кхелхачеран хьалхара тоба туркойн дозанашка йигар. ТIаьхьа тIекхелхарш Хонкара дIакхаьчча, Муш, Эрзерум, Эрзинган шахьаршна гонаха пхи эзар нохчийн доьзал гулбелира. Цигахь йалх бутт хан текхира цара. КIелхIитта тхов а боцуш, йерзинчу стигала кIел. Мацалло гIелбинера мухIажарш, тайп-тайпанчу цамгарша хIора дийнахь бIе, ши бIе стаг дIахьора. Мацалла бIарзбелла нах талораш дан шозза Муш шахьарна тIелетира. Шаьш Iехийнийла хиъначу нохчаша даймахка цIа берза сацам бира. Шаьш даймахка цIа берзийтар доьхуш, Кавказан сардале кехат йаздира цара. Сардало и дехар йухатоьхча, туркойн а, оьрсийн а Iедалийн бертаза даймахка цIа берза новкъа бевлира уьш. Iелина хьалха хIоьттира хIетахь туркойн-оьрсийн дозане кхаьчначу ши эзар йалх бIе нохчочун сурт. Зударий, бераш, къенанаш. Чохь синош ду аьлча, стаг хала тешар волуш, беснаш мажделла, даьIахкаш тIе а йевлла, адамаш аьлча а, адамийн чархаш. Шаьш Россин дозане кхачар а, цигахь, туркойн эскарша шайна тIе йаккхий тоьпаш йетташ, хIоьттина сурт а. Оцу дийнахь туркойн эпсаро тапча тоьхна вийра Iелин цхьаъ бен воцу ваша Аьрзу…

3

Шен ойланашца хьалха дIадахана шовзткъа шо листина, хIинца йуха а тховсалерчу буьйсанга вирзинчу Iелин бIаьргех мела хи хьаьдира, легашка шад хIоьттира. Аьрзу вийна де дара цуьнан дахарехь уггар доьхна де. Дагабаьхкира кхузахь тIаьххьара сахьт тIехIотталц шеца даймехкан маршонехьа къийсина, Хонкарахь шеца йерриг а халонаш лайна бIаьхаллин накъостий: самукъане, амма дарвелча лоьмах тарло Мовла а, гIийла-миска, амма майра, тешаме МIаьчиг а, даим буьрса, амма догдика Къосам а, мискачеран молла, хьекъале, оьзда, майра, доьналле Маккхал а. Мел дукха бара уьш, хIокху декъазчу Нохчийчоьнан майра, тешаме кIентий.

ХIун хилла-те шух? Генарчу даймахке кхойкхуш, хийрачу Хонкарахь мацалла делла-те шу, йа, хIетахь санна, дай баьхначу лаьтте, лаьмнашка, шайн халкъе сатуьйсуш лела-те шу цигахь?

Амма дуккха а халонаш эшош, новкъахь лечкъаш, цIа вирзинчу Iелин а ца хилира шен доьзалца маьрша, машаре ваха аьтто. Иза цIа веана шо а кхачале, керлачу гIаттамна кечам болийра Нохчмахкахь. Къонахчун декхаро, вешин весето бакъо ца лора цунна къийсамна йуьстах латта. ГIаттам кечбечу тхьамданех уггар жигарчарех цхьаъ вара Iела. Амма царна йукъа тарвеллачу цхьана йамартхочо уьш, къайлах Iедале дIа а белла, лецийтира. Итт шо хан а тоьхна, Сибрех хьажийра Iела.

И цхьаъ вацара цига хьажийнарг. Уьш масех бIе вара. Кхин а цкъа хадийра Нохчийчоь шен уггаре тешамечу, майрачу кIентех. Мацаллин гIело хьоьгуш, Iазапехь дуьсучу шен халкъан а, кертахь цкъа хьакхо йалтин чим а боцуш, шина кIантаца йуьсучу Айзин а ойла йеш, болатан шийлачу буржалша когаш, куьйгаш къуьйлуш, генарчу Сибрех вахара Iела.

Ткъе кхаа шарахь шен ненан маттахь адам дистхуьлу ца хезира цунна. ХIинца къанвелла, къежвелла, дегIера ницкъ а эшна кхечи иза ша дукха сатийсинчу винчу йуьрта. Каторгин халонаш ца лайна, мацалло а, цамгарша а эгийна, веллера цуьнца цигахь хилла масех нохчо. Уьш лаьтте дIа а берзийна, ша цхьа висча, Деле хийлазза шена Iожалла йийхира Iелас. Амма Дала Iожалла ца лора цунна. Ца велла йалхитта шарахь тIеман цIергахь а, Хонкаран жоьжахатехь а, ткъе берхIитта шарахь Сибрен жоьжахатехь а.

Ненан кийрара ваьллачу минотехь дуьйна, хIокху кхузткъе кхойтта шарахь цхьа а ирсе де ца хилла цуьнан. ХIинца дуьненахь цо йаккха йисинчу кIеззигчу ханна ирсе ван валийна-те иза Дала хIокху винчу йуьрта, йа и хьалха цо лайна халонаш а, баланаш а бицбеш, кхин а баккхий баланаш лан валийна-те?

Ойланаша дIалаьцца Iела кхузахь хиъна Iаш дикка хан йаьллера. ХIинцца хааделира цунна ша шелвалар. ДегIан лахе, шелъелла, лехнера. Можана тIехула охьа некха тIе Iенначу бIаьрхих а ша бинера. «Кхузахь кхин а жимма висахь, со-м гIорор ма ву, – дагадеара цунна. – Амма со мича ваха веза?»

Гонаха бIаьргтоьхча, цунна гира бешан цхьана мaьIIехь гIийла йогу чиркхан серло. Мила ву-те оцу хIусамехь вехарг? Милла велахь а, цунна вевзарг хир вац иза. Цуьнан хенара нах кIезиг хир бу дийна. Дийна висинарг а Iелина вевзий а, ца хаьа. Амма миччахьа а, цхьанхьа вахана, йовхачу хIусамехь буьйса йаккха йезара. Ткъа уггар хьалха цунна хаа луург Айзех а, шина кIантах а хилларг ду. И кхо адам, вина йурт, даймохк – валале цкъа цаьрга бIаьрг тоха сатийсаро цIа валийнера къена Iела. КхидIа хIуъа хилахь а, хIинца иза даймахкахь, винчу йуьртахь ву…

4

Дахаран халонаша а, Iедалан харцонаша а, адамийн йамартлонаша а ларвала Iамийнера Iела. Цкъа хьалха йуьртара хьал муха ду, адамийн гIиллакхаш а, амалш а муха йу, дIадаханчу ткъе берхIитта шарахь кхузахь хIун хийцамаш хилла ца хиъча, ша вовзийта а ца лаьара цунна. ХIара бакъонца Сибрехара цIа веънехь а, кхузарчу Iедална хIун эхь ду, цхьа бахьана тIе а кхоьллина, цига йуха дIахьажо а. «Цкъа хьалха, сайн доьзал дийна бу-бац, хьожур ву со. Нагахь уьш дийна белахь, тIаккха со вовзуьйтур ву ас, бацахь… Дала дайттинарг дийр ду-кх. Цул даккхий вонаш а лайна ас, иза а ловр ду…», – сацам бира цо.

Тхьузйоьлла настарш меттайало гIерташ, меллаша цхьацца-шишша ког боккхуш, сецаш, серло гучу керта воьдуш, цо ойла йора, оцу хIусаман дайшка ша хIyн ала-те бохуш. Цунна дагавеара тIом чекхбаьллачул тIаьхьа шен гергарло тасаделла Оьрза-ГIалара Андри цIе йолу цхьа гIалагIазкхи. Керла бахам вовшахтухуш шений, Айзиний цхьацца оьшург эца ахча а, йа ахчанна дохка йалта а, бежана а ца хилла, шен а, Чорин а сту а боьжна, дечиган кIорий, хьаннашкара лахьийна акха стоьмашший бохка дагахь ворданахь Оьрза-ГIала вахча вевзинера цунна и гIалгIазкхи. Андрин ков-керт, эчиган пхьалгIа а йара, оцу пхьалгIахь шортта кIора а бара. Муха ца хуьлура, церан йуьртана гена йоццуш йоккха хьун хилча. Амма Iела мича дезаро араваьккхина кхуза веана хиъначу Андрис, цуьнан ворданара кIора пхьалгIи чу охьа а боьхкина, цунна дуьхьал масех бел а, цел а, марс-мангал а, бахамехь оьшу кхин цхьацца хIуманаш а йелла, цIа хьажийра Iела а, Айза а. ХIетахь тасаделла хьошалла лаьттира царна йуккъехь Iела Сибрех вахийтталц. Андрис, Гати-Юьрта а вогIий, кхузарчу нахана мехах цхьацца эчиган гIирсаш бора. Иштта веана Iела волчохь ши бутт сов хан йаьккхира цо, xIapa Хонкарара цIa веача а.

«Ас ца вовзийтахь, кхузахь со цхьанна а вевзар вац. Оьрсийн мотт а суна дика хаьа. Хьо мила ву аьлла, сайга хаьттинчуьнга, Андри ву, эр ду ас», – шена маслаIат дира цо.

Кертара схьа жIаьла хьадарна кхоьруш, кетIара ринжа деллале шозза-кхузза йовхарш туьйхира цо. Амма мeттаxъхьовш хезаш хIума дацара. ХIетте а кертахь цхьанхьа жIаьла хирг хиларх тешаш, ларлуш, гонаха а хьоьжуш, тхов тIе латта тесначу кегийчу цIенойн уча а ваьлла, меллаша кор туьйхира Iелас. ЦIа чохь цхьаъ меттахъхьайра. ТIаккха неIаре догIуш берзинчу когийн тата а хезира. Дукха хан йалале, неI йиллина, тIекхоьллина чоа а, кога туьйдина неIармачаш а йолуш, уча велира хIусамда.

– Буьйса дика хуьлда хьан, хIусамда! – маршалла хаьттира Iелас оьрсийн маттахь.

ХIусамдас, халла оьрсийн дешнаш а лахьийна, жоп делира.

– Бехк ма биллалахь, буьйсанна хан йоцчу хенахь хьо гIатторна. Хан йоцчу хенахь кхаьчна cо a хIокху йуьрта. Арахь буьйса йаккха а шийла йу. Ахь пурба лахь, тховса хьан xIycaмexь буьйса йоккхур йара ас, – бехкала вахара Iела, цунна оьрсийн мотт гуттар а ледара хаарх кхетта, ша эриг ма хуьллу къостуьйтуш ала гIерташ.

– Хьаша хIусаме витар а, буьйса йаккхийтар а xIycaмдайшка хоьттуш ца хуьлу. Чу а волий, хьайн хIусамехь санна, пapгIатвала, – аьлла, неI йиллина, куьг хьалха тесира хIусамдас.

Цо куьг хьалха дIатосуш, беллабеллачу чоин тIома йуккъехула Iелин бIаьрг кхийтира цуьнан хечин борчах йоллучу тапчех.

Iела цIа чу велира. TIеxь шиша а доцуш, чуоьзна гIийла богучу чиркхо халла серло лучу хIокху цIа чохь поппаран маьнги тIехь набкхетта Iуьллура диъ бер. ХIетта гIеттина хIусамнана, набаро дохийнчу шен дегIан меженаш а сеттош, шуьйрра бага гIатторца наб дIа а къахкийна, новкъара хIуманаш дIасалиста йолайелира.

Дукха хан йара Iелина xIycaмexь иштта доьзал ганза. Маьрша дийшина Iохкучу оцу берашна тIе а вахана, уьш сама а даьхна, хьаста хьаьгнера иза. ХIокху йовхачу хIусамо а, нохчийн кхерчан цхьа шатайпа дагна там бечу, кийра бузочу хьожано а, набарш кхетта Iохкучу оцу кегийчу бераша а, дукха хан йоццуш шен кхайкхамашца цо йехна Iожалла йицйина, цуьнан даг чохь дахаре безам а, лаам а кхоьллира.

– Же, ма Iелахь, зуда! – зудчунна тIевирзира xIycaмда. – Вайн хIусаме воьссинарг хийра хьаша ву. Кхечу къомах стаг. Оьрси. Уггар хьалха йуучунна там белахь цунна. Ткъа хьо, хьаша, хьайна тIepa кетар а, когара мачаш а дIа а йахий, паргIатвала, – аьлла, тIетуьйхира цо, Iелигахьа а вирзина.

Баттахь сов генара бинчу некъо дегI, тIехулара а, чухулара а йерриг бедарш бехйина Iела воьхна хьаьвзира, кетар а, валенкаш а дIайаха дезча. Амма иза уьш дIайаха волаваларе а ца хьоьжуш, тIевеанчу хIусамдас цуьнан когара валенкаш, озийна, схьайехира. Шен гира тIоьрмиг схьа а баьстина, тIера кетар дIа а йаьккхина, уьш шена улло цIенкъа охьайехкира Iелас.

XIapa шиъ и болх беш воллушехь, хIусамнанас йовхачу шурех буьзна боккха кхийра кад а, стомма йеттинчу сискалан йуьхкаш а чохь йолуш шун хIоттийра Iелина хьалха маьнги тIе.

– Бовха кхача кечбан хан йац xIapa, тховса цкъа кхунах кхачо а йина ца Iийча вер вац хьо, алахьа цуьнга, – дийхира зудчо шен хIусамдега.

Цаьршиннан къамелах ша ца кхетачуха, вист ца хуьлуш Iapa Iела.

– Хьаша, хьуна сихха охьавижина, садаIа ца лаахь, вай кхин бовха кхача а кечбийр бу, цкъачунна и хьайна хьалха йиллинчух кхалла хьажахьа, – элира хIусамдас.

– Баркалла шуна, бераш. Дала дукха дахадойла шу, Дала беркат ма эшадойла хIокху шун хIycaмepa. Аш суна xIapa кхача ца белча а, хIокху йовхачу хIусамехь, дIога дуьххехь, цхьана сонехь дIатевжина, буьйса йаккха меттиг хилчахьана а, тоьур ма дара суна-м.

Оцу дийнахь Iуьйранна цкъа-шозза йакъайелла баьпкан йуьхк кхалларх, кхин кийра рицкъа дахаза волу Iела, сискал кегийра шури чу а кагйина, меллаша йаа вуьйлира. Ша хийла сатийсина и сискал йоккха кхоллуш, чам боккхуш, марзо а оьцуш йаа цергаш а, кхелаш а хуьлуьйтург дуккха а мах лур бара цо. Амма уьш йацара. Йиъ йоцург, каторгехь цинга цамгаро йерриг а охьаэгийнера уьш.

– XIapa хIун муьжги ву? – хаьттира зудчо майрачуьнга.

– Хьанна хаьа иза.

– Амма милла велахь а, Iаламат маьттаза муьжги ву-кх. Доккха xIyмa ду-кх, иза тIе а вижийтина, цуьнга мотт-гIайба бехйайтар, – корта хьовзийра зудчо, хьешан йахйеллачу можей, кIужалш хилла хьийзинчу коьртан йехачу месашкий, силамаша а, модаша а йуьзначу бедаршкий хьаьжна.

– И хIун ду ахь дуьйцург? – човхийра иза вукхо. – Эхь ца хетий хьуна и ала? Хьо санна, Дала кхоьллина адам дац иза?

– Ас-м иза, корта а, маж а йаьлла, беркъа волу дела бохура, – йоьхна жоп а делла, дIатийра зуда.

– Хьанна хаьа, вайна тIе хIун догIур а. Деэшначу, гIаддайнчу стагах кхарда ца веза, дог лаза деза. Ша кхаьрдинарг шена тIедогIу.

Церан къамеле ла а доьгIуш, кедара шура лаххьийна дIа а мелла, шуьна тIера йухахилира Iела. ХIетталц шуьне бIаьрг тоха дага ца догIуш Iийна хIусамнана, кхин а тIе шура йотта дагахь, пеша тIера кхаба схьа а эцна, тIехьаьдира.

– Баркалла, кхин ца оьшу, – дуьхьал куьг лецира баккъал а вуьзначу Iелас. – Дела реза хуьлда. Дала беркат ма эшадойла хIокху шун хIycaмepa.

Хьаша вуьзна, паргIатваьллачул тIаьхьа цуьнга гIуллакх-болх хаьттира хIусамдас.

– ХIинца, нагахь цхьа йоккха къайле йацахь, хьо мила ву, мичара ву, мича гIуллакхо валийна хьо хIокху тхан йуьрта дийцахьа, хьаша. Хьанна хаьа, ахь айъина лелочу гIуллакхана гIо дан сан ницкъ кхочур бацара-те?

– Со Червлени станицера ву. Оьрза-гIалара.

– ЦIe хIун йу хьан?

– Андри.

– Андри… Андри… Мацах цкъа и цIе йохуш сайна хезча санна хета-кх суна, – ша шега вистхилира xIycaмда. – Ткъа лаа веаний хьо Нохчмахка?

– Къелло, эшамаша валийна. Доьзал хене баккха, жимма йолах болх бан араваьлла лела.

– Доьзал дукха буй хьан?

– Диъ бер… КIентан диъ бер. ТIамехь вийна церан да.

– Муьлхачу тIамехь?

– Японица болчу хIокху тIамехь. Дукха хан а йац иза вийна.

– ХIаъа, муьлххачу а тIамо баланаш, бохамаш бохьу адамашна. Тхан эвлара а кхо стаг вахана оцу тIаме. Цхьаъ, пхьарс баьккхина, дукха хан йоццуш цIа веана. Вукху шиннах хабар дац. ХIун болх бийр бара ахь?

– ЦIенош дотта а, дечиган пхьола дан а хаьа суна. Мах белчахьана, муьлхха а болх бен бац суна.

Шаьшшиннан хилла къамел майрачо шега дийцича, хIусамненан йуьхь йекхайелира.

– Делахьа, ма дика ду-кх xIapa вайга нисвелла! Кхана вайн божалара кхелли цуьнга беша тосуьйтур йу вай…

– Цунна дала ахча дуй хьан?

– Вайгахь буьйса йаьккхича, маьхза и гIуллакх дан а ца мега цо?

– Ванах, ма тамашийна адам ду-кх хьо, зуда, – корта хьовзийра майрачо. – Массара а, хьекъале, къинхетаме, оьзда зуда йу олу хьуна, ткъа цкъацкъа хьайгара лартIахь доцург долуьйту ахь. Оьрси, жуьгти, милла велахь а, хьаша ма ву вайн хIусамехь сецнарг. Нохчийн гIиллакхехь иза лера ма веза вай. Цо кху чохь буьйса йаьккхинера, сискал йиънера аьлла, цуьнга маьхза болх байта йоллура хьо? Иза дагадар а эхь ма ду. Варийлахь, со цIахь волуш а, воцуш а оцу гIалагIазкхичунна хамталла ма йелахь, мегар дац хьуна. Йа хIокху йуьртахь болх а ца карийна, дIагIур ву, йуьртахь болх карабахь, и болх болчаьргахь Iийр ву. Сатоха, собаре хила. Вайгахь висахь, шена лаахь, кертахь суна гIo дийр ду цо, ца лаахь, вижина Iийр ву. Цул и хьайна хир доцург а ца хьехош, хьаша охьавижо гIайгIa бе. Пекъар, кIадвелла хир ву иза.

– Мича вижаве ас иза?

– Хаац. Хьешан цIа чохь, тIай кIелахь санна, шийла йу. Бераш цIенкъа а дахкий, маьнги тIе мотт биллахьа цунна.

Iелас хIyммa а бехк ца буьллура хIокху хIусамнанна, цунна ша жерга хетарх. Iелина шена а хетара ша жерга. Корта а, маж-мекх а даьлла, баккъал а къеначу муьжгичух тарвеллера иза. ТIера бедарш хийцаза, цIандаза долу дeгI кIамлора, меза бинера. Шен дeгIax цунна шена а муьста а, кIон а тайп-тайпана ийна, цхьа вон хьожа йогIура. Кхузахь кхана суьйренга валахь, нагахь аьтто нислахь, шен дeгI цIандина, корта а, маж-мекх а цIандина хIума ца дахь, хIокху куьцехь кху хIусамехь буьйсанаш йахар хьехочохь а дацара.

И шиъ дан гIертарг хиъна Iела, цара дуьйцучух ца кхеттачуха, вистхилира:

– ХIинца, аш пурба лахь, охьавижина, садоIур ду ас. ХIоккхуза неIарехь, цIенкъа таса тишо истанг-черт хир йарий-те?

– Хьо дIога вуьжур ву, – берашна тIе пIелг хьажийра хIусамдас. – Цигара бераш цIенкъа а даьхна, хьуна цига мотт буьллур бу зудчо.

– ХIан-хIа, со кхуза, цIенкъа, вуьжур ву. Бераш самадаха, меттахъхьедан пурба дац шуна!

– Со ву хIокху хIусаман да. Хьо сан хьаша ву, ас аьлларг дан дезаш!

– Шун къоман гIиллакхаш суна дика девза, жима стаг. Хьешан лаам хIусамдена закон ду. Аш и бераш самадахахь, со лулахошка гIуp ву.

– Сан хьешо, цIенкъа а вижина, буьйса йаккхар нахана хиъча, муха хир ду? Суна эхь дан гIерта хьо? Цуьнан ойла йиний ахь?

– Цхьанна а хуур дац, вай ца дийцичхьана. Буьйса йукъал тIехъйаьлла. Суна ца лаьа бераш набарха даха. Ас вуьшта а сайх бала бина шуна. TIe, сан дегI а, бедарш а боьха йу. Кхана сарахь, со кхузахь висахь, дeгI цIандина, чухулара бедарш а хийцина, тIаккха ахь бохург дийр ду ас. Ткъа тховса ас бохург дехьа, диканиг.

Мел шега дехарш дарх, хьаша шен сацамна тIера а ца ваьлла, къарвелира хIусамда. Дехьа чу йаханчу зудчо чах йуьзна тиша гоьй, кенан гIайбий, боьзан йургIий деара. Цо биллинчу метта а ваьлла, охьавижначу Iелина там хилира, ша месийн назбаршла охьавижча санна. ХIусамдай охьабийшаре ца хьаьжира цуьнан кIадделла къена дeгI.

Ах сахьт а далале хьешана чIогIа наб кхийтира…

V корта. КЕРЛА АДАМАШ, ШИРА АМАЛШ

Хьуна тIехь yгIyp йу

Къанъелла меца борз,

Хьоьха дог лозур ду

Iаьржачу хьаргIанан…

Халкъан илли

1

Iуьйранна хьалххе самавелира Iела. Малхбалехьара схьагIерта де хIетта гучудала гIертара хил дехьарчу peгIa тIехула. Тайп-тайпанчу аьзнашца кхойкхура лулахойн нIаьнеш. Хезара гена доццуш дегаза летачу къеначу жIаьлин йишхаьлла гIoвгIa а.

ЦIийнан доьзал набарха балаза бара. Берех цхьаъ гIенах, цхьанна оьгIаздахана, луьйра. Оцу буса хьаша а веана, мотт гатбелла, ца тарлучу цара йургIа къуьйсуш, наггахь вовшийн човхабора, дIасатоьттура, йуха а тапъолий дIатуьйра.

Самадолучу Iаламе ладегIахь а, Iелин ойланаш генахула хьийзара. Цунна хIинца а теша хала дара шен даймахкахь, ша винчу йуьртахь, маршонехь ву бохучух. Цо сатийсира хIара де тIекхачаре, ара а ваьлла, дуьнене бIаьрг тоха. ХIинца цунна гур йу ша вина, бераллехь левзина меттигаш. Цаьрга а хьоьжуш, цо дагалоьцур йу шен декъаза бералла, къаьхьа къоналла. Гур ду дайн кешнаш. Хьанна хаьа, шен Айза, Iумар, Iусман ган а мега. Цаьрга цкъа бIаьрг тоьхча, ша велча а шек ца волура иза.

Дагабаьхкира каторгера шен накъостий а. «ХIун деш хир бу-те суна сайн кIентийн метта хилла Петро, Кирилл, Датико, кхин иттаннаш накъостий? Схьахетарехь, уьш хьун хьокхучу дIакхачча бохкуш хир бу. Ткъа Николаз? Иза кхана кхочур ву шен йуьрта. Дала дукхавахавойла иза. Сибрехь, дуьненах а дог диллина, сецна Iаш волу со цIа валийнарг иза ма ву. Дала мукъалахь, цигахь бисина сан накъостий а арабевр бу оцу жоьжахатера. Уьш къона бу, царна тоьхна хенаш дукха йац. Хан чекхйаллалц Iийр буй, ца хаьа. Кхиберш санна, бовдур бу. Йуха а шайн цIа а бирзина, маршонехьа къуьйсур ду. Веза Дела, аьтто белахь церан, Iалашбелахь уьш! Хьекъале, майра, къона уьш хIаллакьхилар кхоам бу. Цара дош делла суна, шаьш маьршабевлча, сан хIусаме бахка. Нагахь санна Нохчийчохь керла гIаттам болалахь, масех бIешарахь шен маршонехьа къуьйсучу сан декъазчу къомана орцахбовла. Сан халкъана а, суна а хиллачу бохамашна бехкечарех бекхам эца, суна гIo дан…».

Iела шен ойланех йукъахваьккхира, хьала а гIеттина, товханехь цIе лато тохаеллачу хIусамнанас. Дукха хан йалале цIе кхерстира кхерча тиллинчу ножан дечигах. Iелина там беш, коьрте кхин ойланаш туьйсуш, лестара хIусамненан карахь цаца. ХьалагIеттина хIусамда, бедарш тIе а йуьйхина, гIуммагIа карахь, вист ца хуьлуш, аравелира. ХIинца хьалагIатта мегаш дара Iела а. Ша чохь вуйла хаарна кхоьруш санна, схьаэцна, шен миска барзакъ меллаша тIе а дуьйхина, кога валенкаш а оьзна, чуьра аравелира иза. Уггар хьалха кешнашка ваха дагадеара цунна. Ден а, ненан а, Лоьмин а кешнийн баьрзнаш тIе хIотта. Амма тахана цкъа цига гIойла дацара. ХIара «керста муьжги» шайн кешнашка хьийзар дезар дацара нахана.

Сийсара шена ши чурт гинчу гy тIе хьалавелира Iела. Цигара дIахьаьжча, кера йуккъехь санна, гуш йара йурт. Iела Сибрех вахале динчарех цхьа наггахь цIа дисинера. Шира дитташ а, къанделлий, хедийний, дIадевллера. Цхьадерш, генаш а хедийна, чIанадаьхнера. Къанделла, пайда ца лучу девллера шовзткъа шо хьалха Iелас дийгIина бIарийн синтарш а. Мацах цкъа цо шайн коре боьгIна Iаж а бакъабеллера. Беккъа цхьа малх бара, хьалха санна, схьакхеташ а, чубузуш а. Кхидерг дерриг а хийцаделлера.

Хийла сатийсинчул тIаьхьа, хIинца шозлагIа хьоьжура Iела даймехкан Iаламе. Амма Хонкарара цIа веача а, хIинца а цхьатера йацара дог-ойла. ХIетахь, мел къен-миска хиллехь а, цIахь къона Айза а, ши кIант а вара, къона хиларе терра, ша а дуьненах Iехалора, стеннах а самукъадолура, кхана-лама дахар тодаларе сатуьйсура, догдохура. Халчу дахаро теIош, хьоьшуш, ницкъ эшийна, къанвеллачу, мел ваьхча а, шина-кхаа шарахь бен вехар воцчу цуьнан кханенга сатуьйсийла а дIайаьллера хIинца. Доьзалх хилларг а ца хаьа. ДегIехь ницкъ бац. Къаналло гергаийзайо Iожалла. ХIинца цо сатуьйсург Iожалла йара. Амма цунна лаарх, иза хир йац, Дала тоьхна хан тIекхаччалц. Шен лаьтта тIехь ваха ца витинехь а, хан тIекхаччалц кхузахь ваха а, вала а, шен каш хила а лаьара цунна. Йуха а кхузара дIа а ваьккхина, нехан хийрачу махкахь шен каш хиларна а кхоьрура. ХIинца цунна кхин хIумма а ца оьшура, кхузахь цхьана тоьли чохь паргIат ша вала витичхьана, велча, иттех дол латта делчахьана.

PeгIa тIехула хьалаайабеллачу маьлхан шийлачу зIаьнаршна кIел, дети санна, лепара семсачу лайно дIахьулдина Iалам. Iелина уллохула тIех а буьйлуш, шовдан тIе оьхура Iуьйранна даьхни хи тIе далош а, хи эца а богIу зударий. Улло нисбелча, къаьрззий цуьнга хьовсура уьш. Наггахь зуда, ша тIехйаьлча а, йухахьоьжуш хуьлура. Эрна дуйла хуъушехь, Iела а хьоьжура баккхийчаьрга, йевзарг гape дог дохуш.

Пхьаьрсех тийсина гIели диллина цIеста кIудалш а йолуш, вовшашца забарш а йеш, зевне йоьлуш, ши йoI тIехйаьлча, Iелина карлайелира шен декъаза къоналла. IелагIеран цIийнан корехула дIахьаьжча, гучу лулахойн бешан маьIIехула схьахьаьвзачу урамехула, хIинцца тIехйаьлла йахана и ши йоI санна, пхьаьрсах кIудал а кхозуш, хи эца шовдане йогIура Айза. ТIаккха Iела, цунна дуьхьал а воьдий, и шиъ цхьаьний шовдане доьдура. Айза хи эцна йаьлча, изза некъ йуханехьа а бора цаьршиммо.

И хан а, хIетахь лелийнарш а гIан дагалоьцуш санна, хетара Iелина хIинца. ХIетахь дуьйна шовзткъа шо сов хан йаьллера. ХIинца вац хIетахьлера Iела. ХIинца иза къанвелла, къежвелла, букархьаьвзина, баланаша, бохамаша йуьхь аьхна, настарш а шелйелла…

«Нагахь дийна йелахь, гича, Айза йевзар йарий-те суна? – дагадеара цунна. – БIаьргаш девзар дара. Уьш, цхьа шатайпа, кхечарех тера доцуш, ма дара. Хьекъале, къинхетаме, эсала. Iаьржа, безаман цIаро лепош. Уьш девзар ма ду суна дуьненарчу дерриг а бIаьргашна йукъахь».

Цигахь хIоьттина латта кIордийча, цIа верза ойла хилла, цкъа дIа а волавелла, тIаккха мухха делахь а, йуха а вирзина, шина чуртана тIевахара Iела.

ГIайракхан тIулгах цхьатерра кечдина дара и шиъ. Цхьана говзачу пхьеро царна тIехь лерина дехкинера туьран, шаьлтанан, тоьпан, тапчин суьрташ, чоин бустамаш а. Чарташна тIехь Iасанан, суьлхьанийн суьрташ цахиларо гойтура, и ши чурт къоначу нахана – тIемалошна – доьгIна хилар. Говза йаздинчу Iаьрбийн йозанаш тIepa басарш махой, малхой дIадайъинехь а, Iелига цIерш йешайелира. Цхьанна тIехь цуьнан вешин, Аьрзун, цIe йара, ткъа вукхунна тIехь… цуьнан шен цIе! Шен шина бIаьргах ца тешаш, йух-йуха а йийшира цо и цIерш. ГIалатволийла дацара. И ши чурт цунний, Аьрзуний доьгIнера.

Шена хIоттийна чурт гича, цкъа дегIе зуз хьаьдира Iелина. ГIенах хуьлура ишттаниг. Ткъа xIapa дерриг а самах ду. Цхьа хан йаьхьира цо, догдоьхна. Амма иза цIеххьана xaзaxeтарца хийцаделира. Аьрзуна а, цунна а цхьаммо чурташ доьгIна. ХIета Iелин ши кIант дийна ву. ХIокху шинна чурташ догIа кхин стаг вац, Iумар а, Iусман а воцург. Iелин дахаре болчу безаман цIарах бисинчу гIийлачу суйнах цIе летира.

«Ма тамашийна дуьне ду-кх хьо, – ойла йира цо. – Къанвелча а, вала ца лаьа. XIapa дуьне къахьделла, велла дIавалар гIоли ма йу аьлла, бIарзвелча а, дикане цхьакIеззиг дог дохийла гучуйаьлча, мелла а ваха лаьа. Кханенга сатуьйсу, оцу кханено, ламено шена берриг а дика болх бохьур болуш санна, къаналлин шераш охьа а оьзна, къонвийр волуш санна, цамгарех цIанвина, шена могашалла лур йолуш санна, къелла йицъеш, хьал-бахам лур болуш санна. И мерза ойланаш а йеш, буьйсанна охьавуьжу, наб кхеташ а, ца кхеташ a, axI-ихI деш, узарш деш Iуьйренга ваьлла, бIаьргаш диллича, цхьа а хийцаделла хIума ца карадо. Керла баланаш, гIайгIанаш йохьуш догIy xIopa керла де.

Лекха лам хадор санна, хIума ду стеган дахар. Оцу ломан буьххье хьалаваьлча, шена хьалха хIетталц массарна а къайле хилла лаьттина керла дуьне схьаделлалур ду моьттуш, оцу буьххьехь шена дуьненан ирс карор ду моьттуш, цига хьалагIерташ, шен берриг а къона ницкъ кхачабо адамаша. Ткъа шен дахаран хан дIа а луш, шовзткъа шарахь некъ бина, оцу лакхенга а ваьлла, дIахьаьжча, хIумма а ца карадо. Мелхо а, и ша реза воцуш йаьккхина шовзткъа шо хан ирсе хета, йуханехьа цуьнга сатуьйсу, иза дагалоьцу. ХIунда аьлча, хIинца оцу ломара охьа некъ бан беза цо. Иза къаналлин некъ бу. Иза лаха, ломан вукху aгIop когашка кхаьчча, цуьнга хьоьжуш, кIелхиъна Iаш Iожалла йу. Ткъа хьанна хаьа, оцу ломан бyхьа тIера охьа, лаха когашка кхаччалц цо некъ беш, цунна тIе хIун догIур, цунна хIун гур? Ткъа xIapa дуьне баланийн, гIайгIанийн, бохамийн цIа ма ду…».

«Нагахь xIapa чурташ доьгIначул тIаьхьа ши кIант веллехь? Со Сибрех ваханчул тIаьхьа тIом ма хилла кхузахь. ХIетахь цаьршиннан йалхитта-вуьрхIитта шераш хилла хир ду. ТIаме боьлху хенаш ма хилла церан. Аьрзу а, со а дуьххьара тIаме воьдуш, цаьршиннал жима ма вара. Аьрзун вуьрхIитта, сан пхийтта шо. Оцу тIаме ца воьдуш Iийна хир ма вац и шиъ. Ден чIир йекха. Ден ден а, ден вежарийн а чIир йекха. Оцу тIамехь и шиъ вийнехь? Нагахь дийна висинехь, лаьцна, Сибрех вахийтинехь? Гур вуй-те суна и шиъ? Веза Дела, ахь динчунна, хьан кхелана реза хир ву-кх со…».

Ша буьйса йаьккхинчу керта вирзина Iела, цIа чу а ца воьдуш, ма-воьдду божали чу вахара. ХIусамнанас сийсара хьехийна кхелли дIайаккха дагадеара цунна. РагIун кертахь цхьана маьIIехь лерина тIекIелйиллинчу кхеллин боккха барз бара. Схьахетарехь, иза беша йаржо йахкайалийта гулйинера цига. Цкъа ойла хилира Iелин, оцу кхеллих дан дезарг хIусамнене хатта. Амма хьешан дагахь дерг хиъча, цо бакъо лур йацара и болх бан. Кертал дехьа беша а ваьлла хьаьжча, цигахь цунна карийра рагIу чуьра схьатийсинчу кхеллин жима барз. Шеко йацара, рагIу чохь йолу кхелли а оцу тIе таса йезаш хиларан. Божали чохь шада а карийна, тIера кетар дIа а йаьккхина, хIусамнанна ца хоуьйтуш, къайллах болх болийра цо.

2

Болх чекх а баьккхина, серагех дуьйцина динчу лохачу хьаьвди тIе охьа а хиъна, садоIуш, Яьссига хьажа ваха дагадеара Iелина. Яьсси-хи чохь чекхйолура кхузарчу берийн йерриг а аьхке. Цхьаццанхьа тогIин шина агIор лекха бердаш дара. Оцу бердашна кIел, куьйгаш хьала а лаьцна, чу ирахIоьттича, и куьйгаш а хьулдеш кIорга айманаш хуьлура, тIехула хьере бурош а хьийзош. Ханна даккхий бераш оцу айманаш чохь луьйчура, кегийнаш хи гомхачохь луьйчура.

Лийча кIордийча, йа гIамарлахь керчаш, малхехь Iохкура бераш, йа тIехь бедарш а йоцуш, дерзина, бердашца хьаладуьйлура, олхазарийн баннаш чуьра йа хIоаш, йа кIорнеш схьаэца. БIаьстенан йуьххьехь дуьйна Iа герга гIортталц оцу бердашца хуьлура бес-бесара олхазарш. ХьаргIанаш, къийгаш, алкханчаш, кхокхий, бухIанаш, чIегIардигаш, маьрсаьлдигаш, тайп-тайпана хьозарчий а. Бердашца харанаш а, Iуьргаш а чохь баннаш хуьлура церан, дукхахдерш адам тIе ца кхочехь. Церан маьхьарша Яьссин гIовгIа а къарйора.

Iай а ловзура бераш Яьссин тогIи чохь. Хина бинчу стоммачу ша тIехь, шодмаш йетташ, дIаьндаргаш хьийзайора цара. Йуьртара охьа тогIи чу буссучу новкъахула охьа куьйга-салазаш, кIег-салазаш а хоьхкура. Мацделча а цIа ца доьлхуш, тогIи чохь йолчу хьуьнхара хьаьмцаш, элхьамчаш, хьорамаш а дуура.

Цига а вахана, шайн бералла дагалаца Iелин сацам хилча, ши чурт долчу гу тIера схьа чIоггIа бетта мохь хезира цунна:

– Ва-а-а, ладогIалаш, нах! ЛадогIалаш!

Iелас ладуьйгIира.

– Делкъан ламаз а дай, маьждиган майдана гуллолаш! Тахана йуьртан гулам бу. Хезий шуна, нах, делкъан ламаз а дай, массо а маьждиган майдана гулло, йуьртан гуламе!

Туркхан маьхьаро Iелина карлайаьккхира генна дIайахана хан. Йуьртан йукъараллин гIуллакхаш оцу маьждиган майданахь дийцаре дора наха. Цигахь, гуламехь, чIагIйора йуьртан къаноша йина кхел. Къанойн кхел йуьртахоша кхочушйарна тIехь тергам латтабора гуламо хаьржинчу баьччас. Цо буьгура йуьртахой тIаме а. Йуьртан къаной хоржура уггар хьекъале, оьзда, собаре, къинхетаме, догцIена, хьанала нах. Йуьртарчу нахана йукъа галморзахаллаш йаьхкича, дов даьлча, оцу къаноша нийса кхел йора. Озабезам ца бора шайн дегахьа, вежаршкахьа, кIенташкахьа, гергарчу нахехьа. ХьагI-гамонца харц кхел ца йора шайн мостагIчунна а. Оцу къанойн Iедал шариIат а, нохчийн къоман Iадат а дара, церан Iалашо йуьртахь машар, барт, нийсо, беркат латтор йара.

«Муьлш бу-те хIинца йуьртан баьчча а, къаной а? Цара кхел а муха йо-те? Цигахь хIун до, хьажа веза со», – сацам бира Iелас.

Делкъан ламазана молла кхайкхинчул тIаьхьа цхьа сахьт хан а йалийтина, хIинца цига адамаш гулделла хир ду аьлла хеттачу хенахь маьждиган майдана вахара иза. Цига дикка адамаш гулделлера, амма тIеоьхучеран тIаьхье хадаза йара. Кхузахь деш дерг шена бен ца хетачуха, йа ша ца кхетачуха, амма цара дуьйцург дика хезар долччу, майдана богIучу беа урамах цхьаьннан керта улло а хIоьттина, нах тергалбора Iелас.

Мухха хиънехь а, Гати-Юьрта «гIалагIазкхи» веаний хиънера нахана. Хетарехь, Iела тIевоьссинчу цIийнан xIусамненера дIа зударшкахула даьржинера. Iелина уллохула тIехбовлучу наха, куьг а лоцуш, маршалла-могашалла хоттура цуьнга. Къамел доца хуьлура, шина-кхаа дашца, дисинарг куьйгашца, доьлучу бIаьргашца дуьйцура.

– Как дела, муьжги? Матушка яхши? Баранчук яхши? Баранчук чорак ест? – хоьттура цара, чIоггIа Iелин куьг а Iуьйдуш.

Цара буьйцу и «оьрсийн мотт» нохчашлахь баьржина дукха хан йара. Жима волуш дуьйна Iелина а хаьара иза. «ГIуллакхаш муха ду, муьжги? Зуда могаш йуй? Бераш могаш дуй? Берашна сискал йуй?» – хоьттура цара Iелига. Массарал а тIаьхьа вогIучу буьрса йуьхь йолчу лекхачу стага, ша маршалла хаьттина ваьлча, нехан тоба йолчухьа дIаозийра Iела:

– Вало, гIазкхи, гуламе. Тхан йуьртда селхана Ведана, шен ден цIа, вахана веана. Цо тхуна хIун совгIаташ деана, хьожур ву хьо.

Iела ца вахара цуьнца. Нехан хеттарех къехкара иза. Хьанна хаьа, йуьртдас кехаташ хаттахь а. ТIаккха нахана хуур ма ду, хIара мила ву.

Маьждигана гонаха йинчу аьчган кертана арахьахула охьадехкинчу аннаш тIе охьа а хевшина, вовшашка лохха къамелаш деш Iapa баккхий нах. Бисинарш тIехIиттина, цара дуьйцучуьнга ладоьгIуш а, шайн-шайн тобанаш йина, къамелаш деш а лаьттара. Нехан йаххьаш тIехула бIаьрг тоьхча, хиира Iелина шаьш кхуза гулдинчу гIуллакхна уьш цуьрриг а реза боцийла, дегаза гулбеллийла а. Амма, мел хаа гIертарх, цунна ца хаьара оцу баккхийчу нахах баьчча мила ву а, къаной муьлхарнаш бу а. ТIаккха, уьш хIинца а схьакхаьчна хир бац аьлла, хийтира цунна.

ТIеоьху адамаш севцча, гонаха керт йоцуш, шакъаьстина лаьттачу цIенойн гIишло чуьра араваьлла масех стаг веара майдана. Хьалха вогIучу буточу, лекхачу стеган коьртарчу куйнна хьарчийна кIайн чалба а, гIодайукъ къевллина дихкина цхьа куьг шуьйра Iаьрбийн доьхка а дара. БIаьргех доьхкина куьзганаш а, кара лаьцна суьлхьанаш а долуш, йуткъа-йеха хьаьрса маж а йолуш, кегий гIулчаш йохуш, цунна тIаьхьауьдура йуккъерчу дегIара эгIаза стаг. Хьалхарниг хьаьжо хилар билггал гуш дара, ткъа хIapa шолгIаниг моллех тера хийтира Iелина. Духаре а, боларе а хьаьжча, важа шиъ а таро йолчу нахах вуйла, хиира цунна. И виъ стаг тIекхаьчча, майданахь къамелаш лагIделира.

ТIаьхьа тIевеанчу веаннах цхьаммо, говран коьртах тера йеха йуьхь а, мукадехкачух тера муцIар а, бIаьргаш а, йоцца лергина хьаьрса маж а, хаза тодина дуткъа мекхаш а долчу лохочу дегIарчу верстинчу стага, гонна йуккъе а ваьлла, куьг хьалалецира.

– ХIан-хIани, нах! – мохь туьйхира цо гIоргIачу озаца. – Шуна ма-хаъара, вайн укурган начальнико кхайкхина Ведана вигначуьра селхана сарахь цIа кхаьчна со. Пурстопал тIех а ваьккхина, лаа кхойкхур вац полконака шена тIе. Со дIа хIунда кхайкхинера, цо соьга хIун аьлла, дуьйцур ду ас шуна. Царах хьалхарниг ду вайн йуьртарчу наха Iедална такхамаш цабар. ДIадаханчу шерийн шуна тIехь дисина декхарш дуьйцур ду ас шуна…

Нахана йуккъехь, резабоцуш, гIовгIанаш йевлира:

– Тхайна тIехь дисина декхарш дагахь хаьа тхуна!

– Уьш-м бIозза дийцинера ахь!

– Кхин керланиг делахь, и дийцахьа, СаьIад!

– Бакълоь, БIаьштиг. Кху шелехь эрна хан йайа ца оьшу…

– Керланиг дийца лаьа шуна? Лаахь, иза а дуьйцур ду, – шен гIовталан хьалхарчу кисанара схьадаьккхина, деалха тоьхна кехат даржа а дина, цунна тIехьаьжира СаьIад. – Соьмаш а, кепекаш а йагарйийр йац ас. Пачхьалкхан налог дезткъа туьма. Йуьртан йукъарчу гIуллакхашна йала йеза налог шийтта туьма. Йуьртан махка тIехь дика некъаш а, тIайш а, йуьртахь цIена хиш а хила-м лаьара шуна, амма оцу гIуллакхашна харж йан ца лаьа. БIон налог йу ткъа туьма. ХIора йуьрто оц-оццул налог ца йелча, иза мел IаьIа, хаьий шуна? Аш ахча ца делча, Нохчийчохь эскарш кхабалур дуй-те Iедална?

– Дера деза хIета шайн Расе дIадига. Нохчаша дехна а, хьошалгIа кхайкхина а ца далийна уьш кхуза, – мохь туьйхира хьалха лаьттачу лохачу, векъначу, беркъачу воккхачу стага.

– Янаркъа, и эскарш вайн дехаршца а, хьошалгIа а кхуза далийнехьара, тоххара дIадахана хир дара. Патарма буза а ахьар доцчу хьан кертара уггар хьалха а доьлхуш. Вайга хоьттуш схьа а ца далийна, вайна лаарх дIа а дуьгур дац. ТIаккха, салт цадовлархьама, вай токху налог дезткъе итт туьма йу йуьртана тIехь. Салт ваьллачунна хьакхин жижиг даадо, керстанашца вижар-гIаттар хуьлу, цара кечбина кхача баар къилахь ду бохуш, салт довла а ца лаьа шуна, йа шаьш цIахь дитарна тIера Iедална налог а ца ло. Йа пачхьалкхан декхар охьадилла, йа йаханчу бIаьста эскаре а бевлла, япон тIаме баханчарна тIаьххье дIaгIo. Цхьана шарна тIаме ваханчунна ткъе диъ туьма ахча делла Iедало. Иза цхьана стеган бахам бу! Шо кхочуш доллу Аьрсамирзин Эламирза а, Аьрзун Мохьмад а тIамехь волу. Бакъду, Солтханан Солта, цхьа пхьарс а баьккхина, цIа веана. Пхьарс баьккхинехь а, ахча хилла-кх цунна. Iедало цхьа кепек а ца луш, тIаме боьлхуш, чевнаш а хуьлуш, байа а бойуш, схьадогIуш дац xIapa дуьне? Иштта туркойн тIаме ца даханера тхо а? Цига ваханчу тхо веаннах кхоъ цIа веара. ХортIин Асхьабан цигахь Iожалла хилира, Сатун Солтха, пхьарс а баьккхина, цIа веара. Иштта xIyмa ма йу тIом. Йа тIаме гIo, йа тIаме баханчарна дала Iедална ахча ло. TIaьxхьара а кхин цхьаъ ду. ДIабаханчу баттахь Оьрза-ГIалахь лачкъийнчу шина говран лар вайн махка тIеxь сецна. Церан мах ткъа туьма бу. И ахча хIинца а схьа ца делла аш…

– Вайн махка тIе йалийнарг харц лар йу! Тхоьгара гIyда даккхархьама йалийна!

– Вайн эвлахь къуй бац!

– Хилча а, шайн йуьртана йамартло йийр йацара. Кхечу йарташкарчу наха дина иза.

– Шайн вopxIe дена неIалт хуьлда и къола динчарна!

– ГIовгIанаш совцаел, нах! – ши куьг хьала а лаьцна, мохь туьйхира СаьIада. – Вайн йуьртахь къуй, бац элира ахь, Доша? Хьуна уллохь лаьтта Хьомсуркъа мила ву? Эвлайаъ ву иза? ДIога лаьтта Мудар малик ду? Цо къаьркъа стенах муьйлу? Теркал дехьарчу гIалагIазкхийн а, ногIийн а даьхни лечкъош, хене волуш вац ткъа Хьомсуркъа? Цо стенах эцна тоьлла говр а, дика герз а? Полконака омра дина, йуьртана тIехь долу ши бIе шовзткъе итт туьман диъ сом а, къоланна тоьхна ткъа туьма а кхо бутт балале Ведана укурган хазне охьа ца диллахь, ша бIаьста йоллушехьа кхуза тражникаш а, салтий а бахкийтина, чуьра йийбар, сал-пал дIалахьор йу, тIе цхьацца нах Сибрех а бохуьйтур бу аьлла. Шу паччахьна дуьхьал ду, шайн йуьртдас а, къаноша а аьллачуьнга аш ла ца дугIу, аш йийриг бунт йу, боху цо. Цул совнаха, полконакна хиъна, Зеламхас шен обаргашца вайн йуьртахь буьйса йаьккхинийла. Ас дуьххьал дIабоху шуьга, Доша, Хьомсуркъа, и обаргаш а, къуй а кхуза ма кхийла, xIoкху йуьртана бохам боккхур бу аш. ШолгIа иштта меттиг хаалахь, кху йуьртахь виллина Iен гIалагIазкхийн бIе дошло воуьйтур ву ша а, боху полконака. ТIаккха атта хир ду шуна дуучуьнца-молучуьнца уьш а, церан говраш а кхаба. ТIехула тIе, герз лелор нохчашна дихкинийла шайна шал шера хуъушехь, герз ги а доьллина веана шу массо а кхуза. Цуьнан хIун до аш, ги а доьллина лелийна? Шу хьанах лата, мила вен дохку? Йа шух лата, шу дайа гIерташ мила ву? Шун чIир а хьаьнца йу, шуьца чIир а хьенан йу? Цкъа марах дер ду шуна и герз. Иза шуьгара схьадаьккхина а ца дуьтуш, лан ца даллал гIуданаш деттар ду шуна, ткъа цхьаберш бахнарш йуха ца богIучу Сибрех а бохуьйтур бу…

– Шу айкх ца дийлахь, Веданахь волчу полконакна, кхузахь оха хIун леладо, хуур дац!

– ГIалагIазкхашна йоллу бакъонаш хила йеза нохчашна а. Цхьана паччахьан Iедална кIел хилла ца Iаш, гIалагIазкхашца цхьана махкахь, цхьана лулахь дехаш ду вай. Нохчашна герз лелор дихкина, ткъа гIалгIазкхашна, лело бакъо йелла ца Iаш, доцчунна маьхза ло иза!

– ГIовгIанаш ма йейша, хIай, нах, хIай! – Iаса хьалалаьцна, мохь туьйхира чалба йолчо. – Герз лело бакъонаш йоькъург xIapa СаьIад ву-м, ца моьтту шуна? Полконака шуьга дIаала аьлла шена тIедиллинарг ду цо дуьйцург. Шаьш резадацахь, Ведана а гIой, оцу полконакна хьекхийша и маьхьарий. Шy хIун адамаш ду? Эхь-бехк а, гIиллакх а бохург хIун йу а хаьий шуна? Къамел дан витийша и стаг!

– ЛадогIа, нах, ладогIа, – хьала а таьIна, лохха вистхилира хевшина Iачарех цхьа воккха стаг. – Шайна хетарг тIаьхьа эр аш. Дийца ахь, СаьIад.

Баккхийчу наха резабоцуш ладоьгIура йуьртден кIоршамечу къамеле.

– Сан-м дац дийца кхин хIумма а. Дийцарх, ладугIуш стаг а вац кхузахь. Со мукъа а ваккхий, кхузахь кхин йуьртда хIоттаве, эр ду ас полконаке. Сан метта хIитто нах шортта бу йуьртахь. Хьомсуркъа, Янаркъа, Доша, БIаьштиг, Мудар а мегар вy хIокху йуьртана. Цара дийр ду хIокху йуьртан дола.

СаьIада дегабаам бича, мелла а гIиллакх лаьцна дIатуьйчу меттана, мелхо а, карзахбевлира нах.

– Уьш хьайл оьшуш-м ца хета хьуна?

– Оха тхаьш хIоттор ву тхаьшна луъург.

– Кхин цкъа а налогаш йийца тхо гуламе ма кхайкхалахь!

– КIордийна, хьехъевлла тхуна и налогаш а, хьо а!

– Цкъа собардайша, нах! – вистхилира Iелина моллех тарвелла эгIаза, бIаьргех куьзганаш долу воккха стаг. – Делах мукъана а эхь хIунда ца хета вайна? Делах мукъана а хIунда ца кхоьру вай? Бусалба велахь а, керста велахь а, паччахьаш Дала хIиттийна ма бу. Делан лаамца лелаш ма бу. Паччахьаша, церан Iедало, цара хIиттийнчу хьаькамаша бохург цадинарг Далла дуьхьал ма ву. Мила ву xIapa СаьIад? Делан лаамца хIоьттинчу паччахьо вайн йуьртахь шен Iедал латто xIоттийна стаг ву. Вайн йуьртан Iу ву xIapa. Жа долчунна хьалха Iуьно санна, паччахьна хьалха вайх жоп ло хIокхо…

– Жана Iу веза, борз ца йеза!

– Вайх уьстагIий тардина Iедало!

– Собаре хилийша, муъма вежарий! Аш къобал ца до Делан лаамца вайна тIевеанчу оьрсийн паччахьан Iедал? Делан кхелана реза дац шу? ГIопал хила гIерта шу? Шаьш динчу вочу гIуллакхашна дохкодовла. Дела къинтIера вер ву шуна. Iедало тIейиллина налог, бера1, пхи ламаз, ткъе итт марха а санна, вай кхочушдан дезаш пераз ду шуна. Нагахь санна Далла а, Iедална а хьалха вай вешан декхарш кхочуш ца дахь, йалсамане дог дохийла йац шуна вайн…

– Тоийтахьа, Хьуьса, и хьехамаш маьждиган мимбар чу хIоьттича бер ахь тхуна.

– Тахана ма хецавели xIapa!

– Ас цхьа-ши дош эр дара, нах. Пурба дуй суна?

Хьуьса наха къамелах йукъахваккхарх пайда а эцна, гонна йукъавелира цхьаъ. Iела гуламе кхойкхуш, шеца дIаийзийнарг вара иза.

– Делхьа, Хьуьса, маситта шарахь нохчийн цIий а Iенош, деана xIapa оьрсийн паччахьан Iедал Делера ду, боху ахь. И паччахь а, цуьнан хьаькамаш а Дала хIиттийна, Делан лаамца лелаш бу, боху ахь. Бакъ ду иза. XIapa дуьне-Iалам Дала кхоьллина а, цуьнан лаамца лаьтташ а ду. Ахь цкъа дийцира тхуна, паччахьаш, хьаькамаш шайн куьйга кIелхьарчу адамашна йуккъехь нийсо йеш, церан дола деш, царна рицкъанна гIайгIа беш, догцIена, хьанала хила беза бохуш. Ахь масална валийра Iумар-паччахь. Ткъа тахана кхин дуьйцу ахь. Вайна тIехь къизалла, Iазап, харцонаш латтош волу керста оьрсийн паччахь а, цуьнан Iедал а, хьаькамаш а хестабо ахь, церан лаам кхочушцабинарг Далла дуьхьал ву, цуьнан Делерчу къинхетаме догдохийла йац, иза жоьжахатин цIергахь вогур ву, боху ахь. Халкъ Iазапехь латточу, къизачу, йамартчу паччахьашна, хьаькамашна кIел а таIий, лолла а ловш, Iен боху ткъа адамашка?

– Эхартахь Дала цаьрга жоп доьхур ду, Дала йийр йу царна нийса кхел…

– Дала царна эхартахь кхел йийр йара бохуш, хIокху дуьненахь церан харцонаш ловш, садетташ ваха веза со?

– Вайга паччахьаш а, лакхара хьаькамаш а хийцалур бац, – йуькъагIоьртира кхин. – Амма вешан йуьртахь ваьшна луург дан бакъо йу вайн. XIapa ХьуьсагIар, СаьIадгIар, IабдигIар, ИнарлагIар, мерзаниг дууш, хазаниг тIедухуш, месийн назбаршла а керчаш, шишша-кхоккха зударий а хьоьстуш, бехаш бу. Ткъа вай йекъа сискал а йоцуш, тIелхигаш тIе а кхоьхкина, кенийн мотт-гIайби тIе а дуьйшуш, цхьацца зуда а ца кхабалуш деха. Iедало хIиттийна йуьртда а, къаной а дIа а баьхна, кхин харжа беза вай. Нахана йуккъехь нийсо а, барт а латтош, йуьртан дола дийр долу нах.

– Бакълоь, Доша!

– Кхечу йарташкахь изза деш ду!

– Вай а дац нанна тIаьхьа даьхкина!

– Ас цхьа-ши дош эр дара, аш ладоьгIча!

– ЛадогIа, нах! Хьомсуркъа ву вистхила лууш!

– Алал, Хьомсуркъа, хьайна хетарг.

Нахана йукъара схьакъаьстира йукъанеккъара духарца кечвелла, йукъах дихкина детица кхелина доьхка а, шаьлта а долуш, шовзткъа шо хенара лекхочу дегIара стаг. Шен даккхийчу, Iаьржачу мекхех хьажо пIелг а хьаькхна, нехан йаххьашна тIехула бIаьрг а тоьхна, СаьIадана тIевирзира иза:

– Нах! Шуна хьалха, йерриг йуьртана а хезаш, хIокху лаьттачу СаьIада суна къу ву элира. Цундела, шуна массарна а хезаш, хIокхунна жоп дала лаьа суна. СаьIад, со вац къу, дIогара Панта-Хьаьжий, Хьуьсий, Iабдий, ИнарлагIар, ЧIонакъагIар а – шу ду къуй. Аш къайлах-къулах таладо адамаш. Тхьамданаш, шун сий Дала дойла, сан доьзалехь исс са ду, Дала сох тешийна кхоьллина. Оцу доьзална рицкъа даккха латта дац сан. Тхан ден хилла кхо урд кха хIокху СаьIада дуьйш-дерзош ду. И кха, тхан да тIамехь вийча, тхан нана тхоьца, кегийчу берашца, дан амал доцуш, гIаддайна кIелйисча, тхан бохамах пайда а эцна, тхан нанна гирда хьаьжкIаш а йелла, шен доладаьккхинера СаьIадан дас Товсолта-Хьаьжас. Иза йуьртана а хаьа. И кха шега дехарх, СаьIада схьа ца ло, иза Iедалехула схьадаккха а, йа кхин латта эца а сан ницкъ бац. Ас и кха аьхча, оцу тIера со дIаваккха къонах-м вацара xIapa СаьIад, амма Iедале дIа а велла, Сибрех вохуьйтур ву. Iедал хьолахочуьнгахьа ма ду. Аш сан латта лачкъийна, СаьIад. Хьан да Товсолта а хилла къу, хьо а ву къу. Со вац. Со хьанна къола дина гучуваьлла хьуна?

– ОхI! Хье тIехь маIаш йолуш хила веза, моьтту хьуна, къу? ГIалагIазкхийн, ногIийн, гIумкийн говраш а, даьхни а лечкъош, уьш Нохчмахкахь, Iаьндахь духкуш вац хьо?

– Ас ногIийн, гIумкийн, цхьана а бусалба стеган цкъа кхалла рицкъа ца лачкъийна, СаьIад. Ас Теркал дехьарчу гIалагIазкхийн даьхни лечкъийна. Къечу гIалагIазкхийнаш а ца лечкъийна. Мискачеран цIий муьйлуш болчу, шу тайпанчу, хьал долчу гIалагIазкхийн даьхни лечкъийна. Йа нийсса аьлча, цигарчу къечу гIалагIазкхаша хьолахойн лачкъийна, сайга схьаделча, хьала а далош, кхузахь йа Iаьндахь дIадухку. Оцу тIера йолучу хIуманах доьзал хене баккха гIерта со. Цкъа доцург, со а, сан накъостий а бахьанехь цхьана а йуьртана гIуда а ца тоьхна… Иза а оха, совнаха а токхуш, дIатекхна оцу йуьртана. Иза жайнахь муха хир ду, ца хаьа суна, Хьуьса, хIинца дуьйна дIa цхьа ойла йу сан. Теркал дехьарчу сан хьешаша гIалагIазкхаша даим а соьга даьхни хьалакхоьхьуьйтуш, ткъа со даим а ши куьг лестош, царна тIе а воьдуш, гIиллакхе ца хета суна. Схьатоьхча, дIатоха олуш, цхьа кица ду вайн. Иштта, шу цхьа таро йол-йолчу нехан даьхни наггахь мукъана а Теркал дехьа ца дигахь, цигарчу сайн накъосташна хьалха йуьхьIаьржа хуьлу со…

– Тхан даьхни а дигна, стигала вала воллура хьо, лаьттах вола воллура хьо, Хьомсуркъа?

– Стигала а ца волуш, лаьттах а ца вулуш, Зеламхех дIакхетар вара-кх, Инарла.

– Хьайца со а вигалахь, Хьомсуркъа!

– Зеламхина ца оьшу Хьомсуркъа тайпа къуй а, хьо тайпа малархой а, Мудар!

– ТIаьххьара а цхьа-ши дош олу ас, – шен къамел дерзо вуьйлира Хьомсуркъа. – Вайн йуьртана харцонца тIедожийна ткъа туьма гIуда йа Iедале дIадаккхийта, СаьIад, йа бехкениг а каравай, цуьнга такхийта. Иза а, важа а дан шаьш къонахий дацахь, шайн кисанара дIало. Таханчул тIаьхьа нахана йуккъехь диканна а, вонна а сан цIе ма йаккхалахь. Со Iедалан бага а ма Iитта. Со дIавоьду кхузара, соьца вoгIypг схьатIаьхьахIотта.

3

ДIаволавелла Хьомсуркъа а, цунна тIаьхьахIоьттина масех стаг а сацийра, доцца лергина маж-мекх а долуш, оьрсийн духарца кечвеллачу шовзткъе итт шо хенарчу стага.

– Хьомсуркъа, ас цхьа-ши дош аллалц совцийша. Дукха латтор дац шу.

ХьомсуркъагIар дегаза йухабирзира. Нехан гIовгIанаш дIателлац собаре ладоьгIуш а Iийна, мохь ца хьоькхуш, куьйгаш дIаса а ца лестош, оьздда къамел дира стага:

– Йуьртахой, вежарий! Кхузахь динчу къамелах сайна хетарг ала лаьа суна. СаьIада дийцинарг округан начальника шена тIедиллинарг ду. Цунах лаьцна, Iедало лелориг йоккха харцо йу алар бен, кхин дийца хIyммa а дац сан. Амма Хьуьсас а, Хьомсуркъас а доцца динчу къамелех масех дош эр ду ас. Хьуьса, хьо Iеламстаг, йуьртан къеда цIе йолуш ву. Делан дош адамашка нийса дIакхачо а, церан дегнаш чу дижо а, уьш нийса кхето а декхар долуш ву хьо а, хьо саннарш а. Ахь тахана Делан цIарах, Дала аьлла бохуш, дина къамел нийса дац, ахь нийсса бIостанехьа а даьккхина дийцира. Шайн куьйга кIелхьарчу халкъана йукъахь нийсо, барт, машар, ийман-беркат латтош, халкъан бала болуш, халкъах доглозуш болчу паччахьашна а, церан хьаькамашна а муьтIахь хила, цара кхайкхийначу Iедалца нийса некъ а бе, боху Дала. Амма и паччахьаш а, церан хьаькамаш а, Iедал а харцонаш, йамартлонаш лелош, халкъ Iазапехь, лоллехь латтош белахь, церан Iедал халкъана зуламе, бохаме делахь, царна муьтIахь ма хила, церан метта Ша бохучу некъашца куьйгалла дийр долу, цIена, хьанала, къинхетаме паччахьаш а, хьаькамаш а хIиттабе, Iедал а кхолла, боху Дала. Тахана вайна тIехь волу паччахь а, цуьнан хьаькамаш а, церан Iедал а Дала бохучу некъаш тIера бевлла. Цара халкъаш лоллехь, Iазапехь дахкадо, цара харцонаш, йамартлонаш лелайо, цаьргахь къинхетам бац, уьш къиза бу. Цундела оьрсий а, Россера кхидолу халкъаш а царна реза дац, уьш паччахьна, цуьнан Iедална дуьхьалдевлла. Ткъа ахь паччахьна а, кхузарчу цуьнан хьаькамашна а реза боцчу нахана жоьжахатица кхерамаш туьйсу, царна дуьхьал верг Далла дуьхьал ву, иза жоьжахатин цIергахь вогур ву, боху. Гуш лаьтташехь харцдерг ма дийца…

– ЭхI, ма бакълоь хьо, Овхьад!

– Дала догдика де хьан!

– ХьуьсагIар санначарна дика ма ву оьрсийн паччахь…

– Цундела уьш цуьнгахьа бу…

– Дала мукъалахь, жоьжахатехь а цхьаьна хир бу уьш…

– Ткъа хьо, Хьомсуркъа, хьайна а, нахана а зуламечу новкъа ваьлла, и ахь йуьхьарлаьцна некъ Дала магош бац, оцу новкъахь ахь доккхуш долу рицкъа хьуна а, хьан доьзална а, цунах мел кхеттачунна а хьарам ду. Хьо къелло ваьккхина, боху ахь, оцу новкъа. Айхьа къола бусалба адамашна ца до, керстанашна, гIалагIазкхашна до, боху. Ткъа Дала дихкина бусалбанан а, керстанан а, муьлххачу динехь, муьлххачу къомах долчу адаман а долаллина тIе куьг кховдор. Нехан хьакъ диъначунна, цунах пайдаэцначунна ша гечдийр дац, гечдан шен бакъо а йац, боху Дала. Мацалла леш велахь а, нехан хьакъ а, рицкъа а кхаллий, валарх кIелхьара ма вала, боху. Нехан хьакъ, нехан рицкъа ца даа, хьакхин а, къен йеллачу бежанан а, экханан а, олхазаран а жижиг даа магадо. Мацвелла, къийвелла, гIаддайна, хьо кIелвиса волахь, къола ма де, сагIа деха боху. Къола дар эхье а, къилахь а ду, сагIа дехарх эхь дац. Вайн лулара бусалба суьйлий, шаьш къийбелча, къола дан ца богIу Нохчийчу, ткъа caгIa деха богIу. Ахь буьйцучу гIалагIазкхаша, хьацарца къахьоьгуш, кхиош а, кхобуш а ма ду аш лечкъадо даьхни. Масех шарахь цара къахьоьгуш кхиийна даьхни а лачкъадой, уьш чIана ма боху аш. Церан а ма ду, хьан санна, бераш. Даа а, тIедуха а, даха а дезаш. Къа дац оцу адамийн? Кханалерчу къематдийнахь Далла хьалха а, оцу дохнан дайшна хьалха а жоп дала дезар ма ду шун…

– Оцу хьайн вешин туька йахьарна, йа СаьIадгIеран, ХьуьсагIеран, ИнарлагIеран даьхни дигарна кхоьруш, цаьргахьа гIo доккхуш, бо хир бу ахь и хьехамаш? – мохь туьйхира Хьомсуркъас.

– Аш сан вешин туька йахьарца а, вукхеран даьхни дигарца а сан гIуллакх дац, Хьомсуркъа. Хьо санна, боьрша нах бу уьш, шайн туька а, даьхни а цара шаьш лардийр ду. Нагахь санна, шун аьтто а баьлла, аш къола дахь а, шаьш къонахий белахь, цара схьадохур ду шуьгара. Иза шун вовшийн гIуллакх ду. Ткъа ахь а, хьо санначу кхечу нохчаша а гIумкийн, ногIийн, гIалагIазкхийн даьхни а лечкъош, талораш а деш, летийнчу къинойх а аш Далла хьалха жоп лур ду, Дала шуна тIехь кхел а йийр йу. Со ала гIертарг кхин ду. Нохчех даьлла дерриг а вониг дIайаздо оьрсийн газеташа. Къоланаш, талораш, адамаш дайар, доцца аьлча, кхечу къаьмнийн вайх безам бовр берг дерриг а. ЦхьакIеззиг дерг, дестадой, харцахьа доккхий. Амма цара йаздийриг цхьа бух боцуш ца хуьлу. Вайн цхьаболчу нохчаша къоланаш, талораш до, адамаш а дойу. ГIалагIазкхашна а, гIумкашна а, ногIашна а, луларчу кхечу къаьмнашна а. Вовшашлахь а. Ахь а, хьо санначу нохчаша а лелочу зуламаша вон цIе йоккхуьйту дерриг а нохчийн къоман. Кхечу къаьмнашна хьалха сий дойу, нохчашка цабезам, цатешам кхуллу. Шу тайпачу наха доккха зулам до вайн халкъана. КхозлагIа. Къелло а, мацалло а бIарзбина дуккха а нохчий, оцу аш йуьхьарлаьцначу, Дала ца магийначу новкъа ца бовла, Теркйистерчу гIалагIазкхашна йолах болх бан а, цхьана ханна мехах эцна а, йукъахь латта лело а боьлху xIopa шарахь. Царах цхьаберш, цхьана ханна кегий кIотарш а йехкина, бехаш а буьсу цигахь. Ахь а, хьо санначара а гIалагIазкхашна деш долу къоланаш а, гIалагIазкхий байар а бахьана долуш, и хьанала къа а хьоьгуш, шайн доьзалшна сискал йаккха гIерташ болу къен-миска нохчий цигара дIа а лахка, церан кIотарш а йохае, карахь йуьртдегара, пурстопера кехат доцуш а, карахь герз долуш а веана нохчо, схьа а лаций, набахти чу а таса аьлла, омра дина областан начальнико. Къа дац оцу мисканийн? Ахь а, хьо санначара а бохам ма баьккхина царна. Гена гIиртина хIун до вай, вешан йуьртарчу Болатан кIантана бина бохам вайна гуш ма бу. Гой хьуна, Хьомсуркъа, оцу шайн къоланашца, талорашца, цкъа-делахь, Далла хьалха бехке хуьлу шу, шолгIа-делахь, нохчийн къоман сий дойу аш, кхозлагIа-делахь, Нохчийчуьра ара а бевлла, кхечу къаьмнашна йукъа а бахана, хьацарца къахьоьгуш, шайн доьзалшна хьанала сискал йоккхуш болчу нохчашна бохам бина аш. Гати-Юьртан махка тIе лар йалийна говраш axь лачкъийна, ца боху ас. Амма хIокху йуьртахь вехаш къу вуйла хууш, йурт бехке йан дина хIума ду иза. ХIинццалц айхьа бина зуламе некъ а битий, кхиболу нах санна, хьанала къа а хьоьгуш, ваха веза хьо а…

Iелина хетарехь, и Хьомсуркъа кхета а, къарвала а дагахь вацара.

– Хьуна атта ду иштта ала! – мохь хьоькхура цо. – Шун долахь туька а, хьераш а, аннаш доху чарх а йу. Со къен-миска стаг ву, Овхьад. Шу санна, хьал долуш велахьара, со а ваьлла хир вацара ахь буьйцучу новкъа!

– Со да волуш сайн дегI доцург хIумма а дац, Хьомсуркъа. Ахь багарбина бахам сан вешин Iабдин бу. Цунах цхьа тилор-тай а, цхьа хьостам а суна оьшуш а бац. Хьо къен-миска ву бохуш, нахана мохь а ма хьекха. Хьо къен-миска вац. Хьан дика гoвp а, герз а ду. Хьуна тIера духар сайчул а дика ду. Къен-миска нах бац гIалагIазкхашна, ногIашна, гIумкашна къоланаш, талораш дийраш. Ги тIоьрмиг а боьллина, кара гIаж а лаьцна, гIаш цига вахалур вац къен-миска стаг, вахавелча а, цигара говраш, даьхни а далалур дац. Къен-миска нах, шайн латтанийн коржамаш тIехь белхаш а беш, бежана, газа-уьстагIа а кхобуш, шайн аьтто берш Теркйисте гIалагIазкхашна йолах балха а боьлхуш, хене бовлуш бу. Ткъа и къоланаш, талораш дийраш дика дой а, тоьлла герз а долу нах бу. Мацвеллачу стага йалтин гали лачкъадо, говраш а, даьхни а ца лачкъадо, почта ца талайо.

Овхьада ша дIатаIийча, СаьIадана тIевирзира Хьомсуркъа:

– Ткъа ахь, СаьIад, сан ден хилла кха бертахь схьало. Ца лахь, ас бIаьста охур ду иза!

– Даим а и кха хьехош, кIордийна, хьех чекхваьлла-кх хьо! Кха а делара иза а. Куйна кIел а хоьур долуш ирзо. Гирда хьаьжкIех йетт лучу хенахь, сан дас гирда хьаьжкIаш а йелла, хьан ненера эцна и кха. Эцна, шен бераш мацалла леш дахкара, эцахьара ахь бохуш, хьан нана йоьлхуш, тIаьхьара а ца йаьлла. Хьо гIаддайна а велахьара, ахь кхерамаш а ца тийсахьара, ахь хаза а алахьара, и кха хьуна дIалур дара ас. Амма хIинца-м лур дац. Хьайн говр йа герз а дохкий, цхьана аьттан мах суна схьа а лой, дIаэца. Кха а, къоланаш дитар а – ши пайда хир бу хьуна!

Ша вистхилийта бохуш, мохь бетташ, хьалхалелхара кхин цхьаъ. Эххар а цуьнга ладуьйгIира наха.

– Алал, Iабди.

– Тхан туька а, хьер а, чарх а суна тIехъетташ нах а бу хIокху йуьртахь. Уьш тхуна хIокху йуьртарчу наха йина а йац, йа стигалара охьаэгна а йац. Тхан дас а, доьзало а маситта шарахь къа а хьоьгуш, йехкина уьш. Шуьга туька а, хьер а, чарх а ца йуьллуьйтуш мила ву? Оцу Яьссин тогIи чохь бIе хьер, бIе чарх хIотто меттигаш бу шуна а. Чу туька йилла цIенош а ду шун. Шу хIун деш Ia, уьш ца йохкуш? Дика ду, ас тхешан туька а, хьер а, аннаш доху чарх а дIакъовлур йу. ТIаккха аш йалта мичахь охьур ду, цIенойн гIирс-коьчал мичахь йоккхур йу, кIади, коч-хеча, кад-Iaйг, бел-шада, кхиерш мичара оьцур йу? Кхечу йарташка лелар ду шу? Муьлш бу и хабарш дуьйцу нах? ХIокху йуьртара ара а бевлла, БIаьн-некъал лаха а бовлаза нах бу-кх. Йозанах цхьа элп а, шинна тIе шиъ тоьхча маса хуьлу а ца хууш нах бу-кх. Карахь бурмах бовла шай а доцуш, нах бу-кх. Москохара, Ростохара, Петарбухера товар а дохьуш, дохка туькана охьадиллалур дуй оцу нахе? Дика ду, туька а, хьер а, чарх а йуьллур йу цара. ТIаккха нахана маьхза товар доькъур ду цара? Йа бол ца боккхуш, йалта охьур дуй? Йа маьхза ханнаш чорхах дохур дуй? Ас-м цхьа гIаддайначун йалта бол ца боккхуш охьу, херхах дечиг а йоккху, туьканара туьха-мехкадаьтта а, тай-маха а ло. Иза а дийр ма дац суна и хабарш йуьйцучу наха. Шайн долчун а, нехан долчун а ши бала болуш, и Iаьржа дегнаш лелха дохку церан!

Малхбузу ламазан хан гергагIоьртича, цхьацца-шишша воьдуш, майданара дIабуьйлура нах. ТIаьххьара а гIевттира баккхий нах.

– Аш хIун олу хIокху гIуллакхана, Лорса? – царна тIевирзира СаьIад. – Со йуьртда хиларх, йуьртана тIе дика-вон деача, цуьнан бала кхача безарш а, листа дезарш а шу ма ду. Лакхарчу Iедало, кхана схьа а деана, йуьртан къаной схьагулбе, эр ду соьга. Шу хIун дан дохку тIаккха?

Лорсас ойла ца йира жоп лоьхуш.

– Йуьртах жоп дала, тхо йуьрто хаьржина къаной а дац, СаьIад. Пурстопа а, ахьа а цIерш йаьхна билгалдар бен. Йуьртара нах оха аьллачуьнга ладугIур долуш боцийла а, хаьа хьуна. Уьш жоьпе, таIзаре озо тхан ницкъ а бац. Тхоьга жоп деха ца оьшу ахь а, лакхарчу Iедало а. ШолгIа. Ахь дагардина декхарш такха долахь, хIора доьзало цхьацца бежана дохка деза. Дукхахболчу нехан кертахь цхьацца бежана а, атталла газа-уьстагIа а дац. Цхьана болу цхьа йетт боьхкича, бераш шуьрех хедар ду, сту боьхкича, гIуллакхаш кхин а галдевр ду. Нехан аьттонаш бац, СаьIад. Цу тIе, ахь ма-дуьйццу дукха а дац йуьртана тIера декхарш. Аш хьарамлонаш лелайой-те, моьтту тхуна. Адамийн собар кхачийна, СаьIад. Адамаш оьгIазе ду. Хьо а дукха тIехваьлла чугIерта нахана. Жимма собаре а, ларлуш а хила.

Вовшийн Iодика а йина, шайн Iасанаш а луьйзуш, дIасабекъабелира баккхий нах.

VI корта. ТIаьххьара чевнаш

Суна гац хьан бIаьргаш лепаш,

Дуьххьара со вохвеш санна,

Массарал а ирс долуш хеташ,

Айъина со лелош санна.

Алахьа, ца йисна хьоьца

Вай тIомахь лелийна йовхо?

Дог сацац, къоналла лоьхуш,

Даханчух богу суй боьхуш…

М. Мамакаев

1

Ша къона волуш баккхийчу наха дуьйцу хезнера Iелина, оьрсашца тIом хилале хьалха нохчий чIогIа Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, оьзда, къинхетаме, собаре, барт болуш а бара бохуш. Цара дийцина нохчийн къоман и оьзда гIиллакхаш цхьадерш тIеман халонаша, бохамаша, эрчонаша хьешний, дохийний, дагийний дIадаьхнера, цхьадолчеран лараш, гIаларташ дисинера.

ТIом къизалла йу. ТIамо синош ца кхуллу, синош дойу. ТIамо цIенош ца до, йарташ, шахьарш ца хIиттайо – йохайо. Йалташ, даьхни ца кхиадо – хIаллакдо. Машаречу адамаша бIеннаш, эзарнаш шерашкахь хьекъалца, безамца, собарца, хьацарца къахьоьгуш кхоьллинарг дерриг а къинхетамза хIаллакдо. ТIамо, тIера дай а бойуш, бобераш, къона жоьра-зударий, кIентий а бойуш, къена дай-наной буьту, заьIапхой бо. ТIамо адамаш харцонна, йамартлонна, къизаллина тIетоьтту. Цкъа а адаман са даккха дага цадеанарг, сагалмат хьаша а ларвелларг, цуьнан шен бертаза адамаш дайа Iамаво. Шена тIе герз а лаьцна, чугIертачу мостагIчуьнга ша ца вейта, иза воь цо. Дуьххьара адаман са даккха хала хуьлу стагана, амма цхьаъ, шиъ, масех а адам дийча, цуьнан дог чIагIло, къизло, иза цIийх, къизаллех вулу. ХIетталц хьарамчух ларвелларг къола дан, талор дан Ieмa. Ша мацалла ца вала, шен доьзал мацалла ца балийта. Халкъе беанчу бохамах пайда а оьцуш, шайна хьал-бахам гулбо цхьаболчара. ТIамо дуккха а адамийн эхь-ийман, йахь-оьздангалла, къинхетам боь, собарх дохадо, акхаройн амале дерзадо. Ткъа и тIом цхьадолчу адамийн корматалле, говзалле, церан дахаран Iалашоне боьрзу. Уьш нахаран баьлчанах, марс-мангалх, машаречу дахаран кхечу гIирсех херабовлу. Царна герзах дIакъаста ца лаьа, цуьнца лоху шайн рицкъ.

TIoм болуш а, цул тIаьхьа а оьрсийн Iедалан йерриг а Iалашо нохчийн къоман барт бохорна, иза оьздангаллех дохорна, йуккъера ийман-ислам дIадаккхарна тIехьажийна йара. Оцу тIехь дика кхиамаш а баьхнера Iедало. Дукхахдолчунна оццу Iалашонца Нохчийчу, нохчашна йукъа баржийна охьаховшийнера бIе эзар сов оьрсий. Цаьргара дикка амалш а, гIиллакхаш а схьаэцнера нохчаша. Диканаш, пайденаш, оьзданаш ца эцнера, ткъа оьзда доцурш, зуламенаш, къизанаш схьаэцнера. Нохчашна тIе и бохаме Iаткъам хилийта кхуза охьаховшийнера и оьрсий. Цул совнаха, тIеман заманахь а, цул тIаьхьа а нохчашна йукъа баьржинера суьйлий, гIазгIумкий, хIирий, гуьржий, чергазой, гIебартой. Мацах цкъа цIена цIий долуш хилла нохчийн къам кхечаьрца эделлера, цуьнан амалш а, гIиллакхаш а хийцаделлера.

Тахана хиллачу гуламехь шера гора шайн дайн оьздачу гIиллакхех нохчий бохар. Кхузахь гучуделира адамийн бартбацар, хьагI-гамонаш, сутаралла, декъаза кураллаш, дозаллаш, вовшех цадашар, цатешам. Iелина уггар халахеттарг и нах, Далла Iамал йеш белахь а, Делах цакхерар дара. Баккъал а уьш Делах тешаш а, кхоьруш а хилча, цара къоланаш дийр дацара, хьарамчу дохнах, рицкъех пайдаоьцур бацара, нехан долаллина тIе куьг кховдор дацара, адамаш дойур дацара. Церан дегнаш чохь хьагI-гамо, мекха, сутаралла, куралла хир йацара. Уьш собаре, къинхетаме хир бара, царна йуккъехь барт, марзо хир йара, къен-мискачунна орцахбовлуш, гIo деш хир бара.

Iела къона волуш йуьртан гуламехь низам хуьлура. Къеначарна а, къоначарна а шайн-шайн меттиг ларйан хаьара. Баьччера пурба доцуш цхьа а вист ца хуьлура. Цхьаммо къамел деш, цунна йукъа а ца лелхаш, лерина ладугIура. Гуламо тIеэцна сацам, йина кхел цхьа а дIасахьийзор доцуш кхочушйора.

Таханлерчу гуламехь уьш дацара. Баккхий нах, мичахь бу а ца хууш, бист а ца хуьлуш, хевшина Iара. Царах баьчча а, къаной а муьлш бу а ца къаьстара. Цхьаммо къамел деш, цуьнга ладугIуш стаг а вацара. Собар дацара. ОьгIазе маьхьарий хьоькхура. Веккъа цхьана Овхьад цIe йолчу стага бен, хьекъале, пайден къамел ца дира цхьаммо а. Бисинчара вовшашна тIехбеттамаш бора, Iиттарш йора, вовшийн сийсазбора.

Доцца аьлча, Iела махкахваьлла лелачу оцу шовзткъа шарахь, тIе галбовлар бен, хьекъале, кхетаме, иймане ца баьхкинера Гати-Юьртара нах. Изза хир ду-кх нохчийн кхечу йарташкахь а.

Замано а, Iедало а къинхетамза болх бинера нохчийн къам шен оьздачу гIиллакхех а, амалех а дохорна тIехь…

2

Оцу дийнахь суьйранна бен шен хIусаман да ца гира Iелина. ХIара Iуьйранна хьалххе гIеттина араваьлча, рогIехь жа дажо вахана иза суьйранна бен цIа ца веара. Шайн хьешо божали чуьра кхелли дIайаккхар хиъча, оьгIазвахана, зудчунна дов дан вуьйлира.

– ХIай, стаг, хIай, ахь соьга хIун де боху? – йелха ийзайора бехкалъйахана хIусамнана. – Вайн устазора, ца хиъна суна цо динарг делкъехь бен. Ас пхьарс лаьцна ийзаварх, чу а ца веара, даккха гIертарх, шада соьга схьа а ца делира. Ахь сайн бехк бийр буйла хууш, со-м дукха гIиртира цуьнга и дIа ца йаккхийта.

Дарвелла хIусамда генавала воллийла хиъначу Iелас хала меттавалийра, дерригенна а ша бехке ву, мукъалла са а гатделла, хIусамнене а ца хоттуш, и болх шеггара бира ша аьлла.

Iелас хIусамдега дийцира тахана ша йуьртан гуламе нисвалар, амма цигахь дуьйцуш шена хезначух дош а ца элира.

– Цигахь хилла воццушехь, хаьа суна йуьртдас хIун дийцина, – цавашаре куьг ластийра хIусамдас. – Iедалан налогаш а, гIуданаш а дIатакха деза, ца такхахь, тражникаша, схьа а баьхкина, кертахь мел долу xIyмa дерриг а лаххьийна дIахьур ду, баьхна хир ду цо. Хьесап дина ца валлал дукха йу и налогаш, цхьацца цIерш а техкина. Ког а тасабелла, галвалахь а гIyдa туху. Йуьрта мел веана а, йуьртахула чекх мел волу а хьаькам кхаба веза, цунна говраш, гIудалкх латто йеза дIасавига. Сайн шина старах чомахь дезар эца йиш ца хилла сан цкъа а. Даим дIа Iедалан гIуллакхашна лаьхкина лелош. ДIадаханчу шарахь йетт белла сан, бердах а бахана. Цунна тIаьхьара шинара тIедогIучу шарахь бен дехкар дац. Кертахь шура йоккхуш бежана ца хилча, берашна дан xIyма ца хуьлу. Суна тIехь пхи туьма Iедалан налог йу. Йуьртдас а, писаро а тIе мосазза кхечи а, керта хIуьттуш дIайоьху иза. Ас мичара ло Iедална пхи туьма налог? Аттана тIаьхьа кхиъна дохкуна духкур ду, олийла а дац. Шиннах цхьа сту боьхкича, ши куьг а хаьдда вуьсур ву. Стохка тражникаш а балош веанчу пурстопа налогана дуьхьал кIудал а, тиша куз а баьхьна сан. ХIинца, базара йаьккхича, мах хоттур болуш хIума йац сан декъа тIехь. Тхешан ден хилла герз дахьа гIоьртича, царна дуьхьало йира ас. Оцу тIехула оьгIазло а йина, суна тIера ах декхар бен дIа ца даьккхира. TIe къорза истанг а даьхьира. Зуда, и саьрамсекх а, кад а, оккхало а лохьа соьга, берам кечбе ас.

ХIун дара а хаац, хIокху хIусамехь хан мел йолу, ша цхьа дагна гергарчу адамашна йуккъехь волуш санна, паргIат хетара Iелина. ДегIана цхьа хаза там беш йара товханехь йогу йоккха летта цIе. Буркъаш туьйсуш, кхехкара товханарчу очакха тIе хIоттийна кIай долу чуьйнан йай. ЦIенкъахь, голаш тIе а лахйелла, хьолтIамаш йеш йоллура хIусамнана. Хьакхийна ахьаран межарг, холаха бухь баьккхина, ирахь лаьттара текхахь. Цунах кIез-кIезиг межаргаш а дохуш, цкъа буйнахь горгдеш, тIаккха, кера йуккъе теIош, чIапдеш, цхьана агIор текха охьадохкура цо. Жимахдолу кхо бер а доллура, нанас шайна беллачу межаргех йина кегий сискалш алу тIехь йатта гIерташ, товханна хьалха хьийзаш.

– Гуттар а хьийкъина деанчу шарахь тхешан йалтица халла бIаьстенга довлу тхо, – дуьйцура хIусамдас, саьрамсекхан цергаш цIанйеш. – Цхьа йетт, ши стуй Iаьнах баккха Теркйисте боьлху кхузара цхьаболу нах. Масех стаг цхьаьнакхеташ, мехах дежийла а лоцуш. Мах луш, цхьана ханна лело латта а оьцу. Латта долчу деца йукъахь и лело а боьлху. Хала хуьлу доьзалх а, йуьртах а ваьлла, цигахь масех баттахь болх бан. ГIаддайна боьлху-кх. ХIинца цига латта лело дахар а, Iаьнах даха цига даьхни дигар а дихкина, боху, тхуна БуритIарчу цхьана воккхачу хьаькамо. Оцу берашкахь дерг го-кх хьуна, Iай кху чуьра арадовла де дац церан. ТIедуха а дац, когадуха а дац. Берзина бу. Боцу аьтто, тIеетта налогаш. TIeхула тIе, цкъацкъа, балабой, йуьрта масех баттана салтий ховшабо нахе кхабийта. Цара дуург-мерг новкъа дацара, тхан делахьара. Шайна доьгIнарг бен дуур дарий цара? Новкъа дерг кхин хуьлу. Оьздангаллех чо бац церан догIмашца. Хьакхарчий йу-кх, боьха хьакхарчий. Шишша-кхоккха охьахааво xIopa керта. Шайн вopхIe ден баьрчехь санна, эвхьаза лела. ТIекхаьчнарг йуу, хазйелларг дIаоьцу. Кертара говр а, стерчий а, ворда а церан гIуллакхна кийча, даим дIахIиттийна хила деза. Кертара а, арара а хьайн гIуллакх дойла мичара хуьлуьйту хьан. Салтий дIабахча, йуьртахь йекаш котам хезар йац хьуна. Лаххьайой йуу. Маьттаза йаппарш йо. Цхьадика, зударий а, бераш а ца кхета церан маттах. Йа царах летта, вала веза, йа уьш а ловш, котам санна, таьIна Ieн веза. Цкъацкъа ойла хуьлу, царах а, хIокху Iедалх а летта, велург вийна, Зеламхин тобанах дIакхета. ТIаккха а доьзална, кегийчу берашна хIун дийр ду а ца хуий, сатухий, соцу.

Iелина тахана мосазза а хезнера наха оцу Зеламхин цIе йоккхуш.

– И Зеламха мила ву?

ХIусамда, цецваьлла, хьеше хьаьжира.

– Хорачойн Зеламха вуьйцу ца хезна хьуна?

Iела вуьйхира. Зеламха цIейаххана стаг хилча, Оьрза-ГIалахь ца вевзаш йа вуьйцу хазаза хуьлийла а ма дац. Оцу тIехь ша гучуваларна кхеравелира Iела.

– Вуьйцу хезна суна, амма цунах лаьцна тайп-тайпана хабарш ду тхан агIор.

– Зеламха мила ву, хоьтту ахь? Зеламха обарг ву. Цуьнца бу уггар майра нохчийн, гIалгIайн кIентий. Иза паччахьан Iедална дуьхьал гIеттина, цо бекхам оьцу къизачу, йамартчу хьаькамех, гIийла-мискачеран догъоьцу. Иштта ву-кх хорачойн Зеламха!

Пхьор диъна, шаьш паргIатдевлча, ларлуш, шен доьзал хетта вуьйлира Iела.

– Шовзткъа шо хьалха дика таро йолуш вехаш вара со. Сан долахь аьчган пхьалгIа, дика беш, ши говр, бежанаш а дара. ХIетахь сих-сиха хIокху йуьрта вогIура со, нахана цхьацца гIирсаш а бохка, пхьола а дан. Оцу заманахь кхузахь, хIоккху йуккъехь, цхьа хьаша вара сан, со тIевуссуш. Хонкара а вахана, шо а даьккхина, цIа веача, дукха хан йалале лаьцна, Сибрех вахийтира иза. Оццу хенахь сан гIуллакхаш а галдевлира. Доьзал хене баккха гIерташ, Донехула, Кубанехула, дуьне мел ду волавелла лела дийзира сан. ХIетахь дуьйна вовшийн гина вац тхойшинна йа, хIyн хилла а, ца хаьа.

ХIусамдас цецваьлла ладоьгIура хьешан къамеле. Гуш дара, иза цхьаъ дагадаийта гIерташ хилар.

– ЦIе хIун йара хьан хьешан?

– Цуьнан цIей… – ойла йечуха, тховх хьалахьаьжира Iела. – Цуьнан цIе Iела йара, моьтту суна. Суна дагахь, шел воккха цхьа ваша а вара цуьнан. Иза а Хонкарахь вийнера.

– Сийсара ахь хьайн цIe Андри йу аьлча, охьавижначул тIаьхьа дукха ойла йира ас, и цIе йохуш суна мичахь хезна-те бохуш. ХIинца дагадеа. Мацах цкъа, со жима волуш, тхайн нанас дуьйцу хезнера суна, аьчган пхьола дан кхуза вогIуш, Андри цIе йолуш, Оьрза-ГIалара цхьа гIалагIазкхи вара бохуш. Оцу гIалагIазкхичо шайна дуккха а гIо дина, олура цо. Хьо хилла-кх иза.

Iела дуьххьара гуш санна, лерина цуьнга хьаьжира иза.

– ТIаккха, оцу сан хьешах Iелех хилларг хаьий шуна?

– ХIетахь лаьцна, Сибрех вахийтина иза, кхин хабар доцуш, вайна ткъе берхIитта шо ду. Цуьнца лецнарш а байна, иза а вайна.

– Суна вевзинчу хенахь зуда а, ши кIант а дара цуьнан. Царах хIун хилла-те? – садаIар сацийна, ладуьйгIира Iелас.

– Цхьаберш дийна бу.

Хазахетта, Iелин дог тохаделира.

– Мичахь бу уьш? ХIокху йуьртахь буй?

– Бy дера. Цуьнан жимахволу кIант ву со, ткъа…

ДIахьажавеллачу хIусамдена гира бос баьхьна, макхвелла шен хьаша.

– Ой, хьуна хIун хилла? – хьалаиккхира хIусамда. – Же, ма Iелахь, зуда, шийла хи далахь!

– Ца оьшу, – меллаша хIусамда дIахилийра Iелас. – Цкъацкъа коьрте цхьа чIогIа лазар туху суна. Сихха дIадолу. ХIинца дIадели. ТIаккха, дийцал ахь. Хьан цIе хIун йу?

– Iусман.

– ХIаъа, Iумар, Iусман йарий цуьнан шина кIентан цIерш. Iумар хIун деш ву?

Iycманан йуьхь кхуьйлира.

– Iумар воцуш ву…

Iелин дагна кхин а цхьа чов хилира, амма дерриг а лан Iеминчу цо сатуьйхира.

– Муха хилла цуьнан Iожалла?

– Iаьлбаг-Хьаьжина тIаьхьа а хIоьттина, тIаьххьара де тIехIотталц тIом бира цо. Цкъа чIогIа чов хилира. ГIаттам хьаьшначул тIаьхьа нах леца йуьрта салтий баьхкича, церан кара ца ваха, вада гIоьртира иза. Салташца хиллачу тасадаларехь Iожалла хилира цуьнан.

Хилларш карладевлла, цхьана йукъана вист ца хуьлуш, ойланашка велира и шиъ.

– Iелин вешин зуда а, кIант а дара. Цаьршиннах хIун хилла?

– Цуьнан зуда пхи шо хьалха кхелхина. КIант волуш ву. Дукха xан йоццуш хIокху эвларчу шина стагаца японца болчу тIаме вахана иза.

Хьаша йуха а дIатийра.

– Шайн ден цIенош хилла меттиг дIа хIунда тесна аш?

– Тхан цIенна товш йацара иза. Оцу меттига тIехь тхан ден дас дина цIенош а, тIаьххьара а тхан дас дина цIeнoш а дагийна. Иза-м хьалха тIом болуш хиллера. Ткъа цул тIаьхьа тхан дас шозлагIа доьгIна цIенош а, иза лаьцна Сибрех а вахийтина, пурстопа дагадайтира. Наха олура тхоьга, и меттиг шуна товш йац, шун цIийнах висина ши кIант хIаллакьхилахь, цIийнан кIур бовр бу, меттиг хийцийша, олий. ТIаккха, меттиг а хийцина, кхузахь xIapa цIенош дира оха.

– Шун ненан цIе xIyн йара? – хаьттира Iелас эххар а.

– Айза.

– Ткъа цунах хIун хилла, йолуш йуй иза? Дукха къанйеллий?

– Дера къанйелла.

– Хьоьца йехаш йац иза?

– Йац. Кхечухьа марехь йу.

Оцу дешнашца Iоьттина, Iелин дагах чекх шаьлта йаьккхира Iусмана. Шен коьрта тIехь ларбелла масех Iаьржа чо оцу минотехь кIайбелча санна, шен дегI кхин тIе а букархьаьвзина, IаддаргIа хилча санна, хийтира цунна. Шен дахарехь дуккха а баланаш, халонаш лайнера Iелас. Амма цуьнан дегI, дахар, деши санна, цIена дара, цхьа а тайпа эхьан томмагIа доцуш. ХIинца, къанвеллачу хенахь, вала гергаваханчу хенахь, ша дийна а волуш, зуда маре а йахана, эхь деана цунна тIе. Шена а, шен накъосташна а тIехь хIиттинчу акхачу эрчонийн теш хиллачу, бIозза Iожаллина дуьхьал хIоттарх бIаьрнегIар ца тоьхначу Iелин дог, жIормаках тардеш, хабийра кIанта аьллачу кхаа дашо.

«Гора, Айза, йаI! Хьо дийна а йолуш, хIокху хьолехь карочул, хьо йелла а йолуш, хьан коша тIехIотта дезаш хилла велара со. Йа суна сайн Iожалла карийна йелара генарчу Сибрехь… Амма сатоха ахь, декъаза Iела, дукха хан ца йисина дуьненан баланех хьо чекхвала», – элира цо шега шен дагахь.

Хеттарш а совцийна, ойлане ваьллачу шен тамашийначу хьеше а хьоьжуш, дIатийра Iусман а.

– Делхьа, Iусман, хьуна совйаьлла хилла-те нана? Воккха кIант а волуш, Сибрех вахийтина майра дийна ву-вац а ца хууш, маре хIунда йахана хьан нана?

– Нана совйер йац цхьанна а. Суна хIетахь а йезара сайн нана, хIинца а йеза. Ткъа сан да цо цхьана минотана а ца вицвина. Жима волуш дуьйна хала кадетташ, Iyмap а, со а кхиийра цо. Iyмap вийча, со цхьаъ висира цуьнан. Цул тIаьхьа иттех шо а делира. ХIокху йуьртара цхьа дика стаг висинера, зуда а йелла. Мухха делахь а, цхьана наха оцу стагана хьахийнера тхан нана. Иза къобалдо, бохура, тхан ненан дас. Оцу деношкахь даим гIийла, кхоьлина, бIаьргаш цIийбелла хуьлура нана. Цхьана дийнахь тхан ненан дас, ша волчу дIа а кхайкхина, къамел дира соьга. «ХIapa къамел хьуна дезар доцийла, хаьа суна, – элира цо. – Нана маре йахийтар кIанте хьехор оьзда доцийла а, хаьа. Амма, xIapa къамел хьоьга ца дича, валац со. Вайн эвларчу Акхболатан Ахьмадана хьахийна Айза. Ас а, Айзас а тIе ца дитира и захало. Амма наха оцу захалонна йукъаваьккхина сан устаз. ХIусамда велла йа доьза вайна цхьа хан йаьлча, бусалба дино а, нохчийн Iадато а зудчунна маре йаха бакъо ло. Кхузахь эхье-бехке xIyмма а дац. Шу ши кIант а кхобуш, йерриг а къона хан дIайахана хьан ненан. Велларг йуха ца вогIу, дийна висинарг ваха везаш а ву. ХIинца, хьо воцург, шун цIийнах боьрша стаг йа зуда а ца дисина. Нанас цхьана дена вина цахиларх, ваша а, йиша а хуьлу. Айза кхечухьа маре йахча, хьуна вежарий, йижарий хиларе дог а дохура ас. Айзас-м шега хьеха а ца дойту маре. И захало дар доьхуш, тховса суна тIе стаг воуьйтур ву устазо. Устазан дехар йухатоха бакъо йац сан. Амма хьан бертаза иза хуьлийла а ца лаьа». Сайна мел хала хиллехь а, ненан дена луучунна тIетайра со.

– Оцу Акхболатан Ахьмадехь йу иза?

– Йу.

Iелас ойла йира…

3

Цунна карладелира тIеман тIаьххьарчу шеран аьхкенан цхьа довха де. Стаг йукъа а ца гIорталуш йуькъачу, дIаьвше кIохцал долчу оьртханан коьллаша дIалаьцна гезлойн аре. ЦIеххьана Хошкалдана тIегIоьртина инарла Бакланан дошлойн эскар. Оцу гонахарчу шина-кхаа йуьртара зударий а, бераш а регIаца йолчу йарташка дIакхалххалц, нохчийн оцу агIор болу ницкъ гезлошний, хошкалдахошний тIехьарчу дукъаца чIагIбаллалц, и тIегIерта оьрсийн эскарш совцо дезаш йа вала везаш дIахIоьттина ши бIе гергга нохчо. Царна йукъахь вара Iела а. Де делкъанга даьлча, тIеетта йолийнчу йаккхийчу тоьпаша бухйохуш, ирхъоьхуьйтура оьртханан коьллаш. Дага дуьйлира хошкалдахойн цIенош. Йухадовлуш, дIайадо аьтто хирриг, шайн ши йоккха топ гу тIе, варшахь къайленга а хIоттийна, царна кхераме йоцчу метте хьуьна чохь говраш дIа а йихкина, мостагIа тIекхачаре хьуьйсуш Iapa хIорш.

Дуьне къардан санна, оьрсаша цхьана-шина сохьтехь тIeйиттинa йаккхий тоьпаш жимма лагIйелира. ХIоьънаша аьттачу оьртханан коьллийн арахула шуьйра йукъ дIалаьцна хьалха доладелира гIашлойн эскар. ХIора минотехь гергайогIура йеттачу вотанийн гIoвгIa. Малхехь лепара салташа хьалха лецначу тоьпашна буьххьера ира цхьамзанаш, эпсарийн белшаш тIера дешин хьесан кIужалш. Эскар гергакхаьчча, йека йолайелира кегийчу тIулгех йуьзна хIокхеран ши йоккха топ. Нийса ниша лоцуш, хIокхара дуьхьалйеттачу тоьпийн дIаьндаргаша охьабохкура хьалхарчу могIаршкара салтий. Амма уьш, цхьа а леш воцуш санна, хьалха гIертара. ХIинца шера къаьстара церан къиза йаххьаш. Наггахь совцуш, бертахь тоьпаш а тухуш, зингатий санна, хьалха гIертара уьш. IелагIеран жимачу бIона йуккъехь байъинарш а, чевнаш хилларш а бара. Цхьаболчара уьш peгIa дIакхоьхьура, вукхара мостагIа сецавора. Эххар а мостагIчуьнца чуьччабахара уьш. Йукъ-кара бен топ йолу а ца хезаш, дека доладелира болат.

Бист а ца хуьлуш, оьгура шина а aгIopxьapa. Амма IелагIар йуха ца бовлура. Йухабовлийла а дацара. Шайна тIехьа лаьтта зударий а, бераш а кIелхьардаххалц мостагI сацо везара. Iелина гира шина салтичо цхьамзанаш Iоьттина хьалаайбина Iаларойн Вара йуьстахкхуссуш а, мескатахойн Эдала оцу шиннах цхьанна гайх шаьлта Iуттуш а, вукхунна некха тIе а таIийна, тапча тухуш а, говра тIера охьа а кхевдина, цо Вара хьалавоккхуш а. ЦIийн Iовраш, узарш, кIур, шаьлтанийн, цхьамзанийн лепар, терса говраш…

Салтий кIез-кIезиг йухабуьйлура, амма геннахь гучубевлира коьллашкахула чаболахь богIу дошлой. IелагIap, шайн ши йоккха топ а такхийна, боьлака йуха а бевлла, дойшна тIехевшира. ХIинца уьш бIеннал кIезиг бара, итт мостагIчунна дуьхьал цхьаъ а ца кхочура. XIун дийр ду ткъа, шаьш белла а, кхин а цхьана сохьтехь мостагI сецо везара цара.

ХIинца уьш говраш тIехь тасабелира. Iелина уллохь каде хьийза Акхболатан Ахьмад. Цуьнан шина а буйнахь цхьацца тур ду. Аьтту а, аьрру а – шина а aгIop мостагIий цоьсту цо. Iелин цхьа ност кIел а йуьтуш, охьакхета цуьнан говр. Цунах маршавала гIертачу Iелин аьтту белш дIаьндарго йагайо. Ша хIетта цунна тоьхна, кIур туьйсу тапча доьхкарх а йуллий, тур ойу хьаьрсачу дошлочо. Iелас шен сих дог дуьллу. Амма оцу минотехь хьаьрсачу дошлочун корта белшах къаьста. «Воха ма вохалахь, Iела! Суна тIexьа говра вала!» – мохь бетта Ахьмада. Iела говра тIе хьалавала гIоьрту, амма ницкъ ца кхочу. ТIаккха Ахьмада шен андийчу куьйгашца озийна хьала а ваьккхина, шена хьалха пурхалла вуьллу иза.

Цул тIаьхьа шех хилларг ца хиира Iелина. Буьйсанна йуккъехь синкхетаме веача, цунна йуххехь хевшина Iаш бара Аьрзу а, Маккхал а, чов хилла пхьарс кочахь Акхболатан Ахьмад а…

4

Iела, доккха са а даьккхина, Iусмане хьаьжира. Хаац, цо стенан ойла йора, цунна а хIун карладаьллера. Амма иза а вара, куьйга корта а лаьцна, гIайгIане-гIийла.

Акхболатан Ахьмад, йуьртахо хилар бен, гергара а, йа доттагIалла долуш а вацара Iелин. Амма иза вуьззина къонах вара, цIахь а, арахь а шел дика кхин хуьлийла доцуш, тешаме а, дика накъост а вара. Iелина цкъа а ца дицлора хIетахь цо ша Iожаллех кIелхьарваккхар.

– Муха стаг ву и Ахьмад? – хаьттира Iелас.

– Дика стаг ву. Суна а, да санна, дика ву.

– Ткъа Айза реза йуй цунна а, шен маренна а?

– Нанна а дика ву. Массарна а дика ву иза. Aмма сан нана ирс дайна, декъаза зуда хилла. Шa цIа мосазза йoгIy, тхан хьалха хиллачу беша а йоьдий, цIенойх бисинчу борза тIе охьа а хуий, дукха йоьлху иза. Тхан да ца вицло цунна. Амма Ахьмадана хамталлаш а ца йо. Мацах цкъа Ахьмада цхьана тIамехь тхан да Iожаллех кIелхьарваьккхина, боху. Цунна а чIогIа сий до ас Ахьмадан.

«Маржа, Айза, йаI! Цхьаьнакхета хьоьгуш ма дукха лийлира вайша, цхьаьнакхетча, безамах марзо ма кIезиг ийцира вайша. Вайшинна вовшийн ца дезний, вовшашка са ца тийсина а ца къаьсти-кх вайша вовшех. ХIун дийр ду ткъа, Дала азаллехь иштта йазбина хилла-кх вайшиннан кхоллам», – ойла йора Iелас.

Йерриг а къона хан а, безам а, тешам а шена схьабелла, шеца цхьаьна а, ша Сибрехь волуш а йагарйина ца валлал дукха халонаш лайна Айза ган сатеснера цо. Амма иза муха гур йу цунна? Церан хIycaмe гIойла а дац, кхуза схьакхойкхийла а дац. Цуьнан кхин хIусамда ма ву. Амма ган йеза, мухха гина а. Айза гича, цуьнан озе ладоьгIча, шен кийрара бала байлур болуш санна, цо иза ах дIаоьцур болуш санна, хетара Iелина.

– Генахь йехаш йуй Айза?

– Йац дера. Цхьа масех цIа ду тхуна йуккъехь.

– Цигахь дина бераш дуй Айзин?

– Цхьа кIант, цхьа йоI ду.

«Дика ду-кх иза а. Сан кIантана ваша ву-кх. Амма суний, Айзиний йуккъехь боккха берд а бу-кх иза».

– Кхайкхича, схьайогIур йарий-те Айза?

– ХIунда ца йогIу?

– Цо кечбина дукха кхача биъна ас цуьнан хIусамехь. Со гича, вовза а мегара цунна. Оьрза-ГIалара веана Андри цIе йолуш цхьа гIалагIазкхи ву хьо ган лууш, нагахь йогIийла делахь, схьайола, алахьа цуьнга.

– Иза хала доцург ду, – зудчунна тIевирзира иза. – Хьада, йалол, зуда, нана йолчу а гIой, иза схьакхайкхал. Оьрза-ГIалара веана Андри цIе йолуш, цхьа гIалагIазкхи ву хьо ган лууш, ала.

ХIусамнана, сихха ара а йаьлла, йахара. Iусман шайн халчу дахарх лаьцна цхьацца дийца вуьйлира. Амма вист а ца хуьлуш, леррина ладоьгIуш велахь а, Iелина ца хезара цо дуьйцург, иза дог детталуш хьоьжура неIаре.

5

Iелас, неIаре бIаьрг а бетташ, сема ладоьгIура арахь когийн тата хазаре. ХIетте а шена хезаш санна хетара цунна маситта шо хьалхалера Айзин самукъане аз, дог хьоьсту йелайалар. Хан мел йели, гатделла детталора дог. Набарх санна хезара Iусманан балхамаш. Эххар а цо дуьйцучунна тIейирзира Iелин ойла.

– Хала ду, Андри, тхан дахар. Латта кIезиг ду тхан. Ткъа тхан дерриг а хьал лаьттаца ду. Хьалха Теркан йистошций, Соьлжа-хиций хилла нохчийн уггар дика латтанаш паччахьо, дIадаьхна, шун гIалагIазкхашна делла. Цигара меттахбаьхна, иттаннаш эзарнаш нохчий кхуза лаьмнашка кхелхина. Цара йолчу тIе а гатто йина тхуна, латта къийдина. ХIетахь дуьйна дерриг а тIекIел xIoкху кIажахь дохку тхо.

– Дерриг а ахь ма-дуьйццу а дац и, Iусман, – йукъахваьккхира иза Iелас. – Шун лаьтта тIе гIалагIазкхий баха ховшар бакъ ду. Шайн цIийца оьцу гIалагIазкхаша шайна луш долу латта. Паччахьо и латта ло царна, муьлхха а тIом хилча, шайн герзаца, говрашца, духарца тIаме боьлхург. ГIалагIазкхийн а дац массеран а латта. Нийсса ах сов гIалагIазкхий лаьттан коржам а йоцуш, даьхни доцуш, къен бу. Ткъа инарлийн, эпсарийн, хьолахойн долахь бIе, эзар десятинаш латта ду. Царна Беци къен гIалагIазкхий. ТIехула тIе, шуьгара дIадаьккхина латта цхьана гIалагIазкхашна делла ца Iа. Шун мохк дIалоцуш паччахьан Iедална гIo динчу нохчашна а, луларчу кхечу къомах нахана а делла.

– Иштта хила а тарло. Сан долахь цхьа кха ду, куйна кIел хоьур долуш. Ткъа тхан йуьртан мохк цхьана иттех стеган долахь бу.

– Царна мичара хилла и мохк?

– Iедалан хьадалчаш а, йалхой а хилла, нах бухкуш, талораш деш, хьарам, йамартлонца карадеанчу ахчанах эцна-кх. Хьаьнгара эцна? ТIамой, мацаллой, къеллой, паччахьан Iедалой божарий а баьхьна, шайн долара лаьттан коржам дуьйш-дерзош лело ницкъ боцуш, берашна сискал а йоцуш, кIелбисинчу зударшкара цхьа сахь, гирда йалта а луш, эцна-кх. Йа и зударий, бераш Iехош. Йа кхерош, шайн доладаьхна. Йа цхьадерг, ахь ма-аллара, Iедало совгIатана делла.

Нийсо йацар, харцонаш, йамартлонаш Iелина дукха гинера туркойн а, оьрсийн а мехкашкахь. Амма харцо ца йезачу, ворхIе дайшкахь дуьйна оьзда, къинхетаме хиллачу бусалба нохчашна йукъахь ишттаниг хир ду, ца моьттура Iелина. Цунна дагадеара ши бутт хьалха Петрос шега дина къамел: «Оьрсийн паччахьо шайн мохк дIалаццалц элий, хьоладай боцуш, шайн лаамехь даьхначу нохчийн къомана ца йевзина харцонаш, йамартлонаш, къизалла. Амма хIинца шуна а йевзар йу. Шу а декъалур ду шина декъе – хьолахошкий, къехошкий. Хьалхарчара и шолгIанаш Iазапехь, лоллехь латтор бу. Хьолахой кIезиг бу, къехой дукха бу, амма паччахь а, Iедал а, дин а, эскарш а хьолахошкахьа ду. Хьайн махка цIа вирзича, и дерриг а хьайн бIаьргашна гур ду хьуна». ХIетахь Iела ца тешара Петрос шега дийцинчух. Ткъа хIинца иза бакъ карийра цунна.

– Муьлш бу-те и Делах бевлла нах?

– Айхьа хIун дуьйцу хаьий хьуна, Андри? – велавелира Iусман. – Царна-м ца моьтту шаьш Делах девлла! Шаьш Делан уггар гергара нах хета царна. Панта-Хьаьжина, Хьуьса-Моллина, Iабдина, СаьIадна, ИнарлагIарна, ЧIонакъагIарна. Уьш а, кхин а бу хIокху йуьртахь, хIара дерриг а дуьне дIахуьйдича а, бузур боцуш!

«Шун а, тхан а динехь, йа, вуьшта аьлча, бусалба а, керста а динехь, Дала аьлла бохуш, дуьйцу, ша адамаш цхьатерра бакъонаш йолуш, маьрша кхоьллина, царна массарна а рицкъина Iалам а кхоьллина. И Iалам дерриг а адамийн йукъара ду, цхьадолчу адамашна эшам а беш, кхечаьрга иза шайн дола ма хьийзаде, боху Дала. Ша массарна а цхьатерра бакъонаш а, маршо а йелла, вовшашна йуккъехь нийсо ларъе, ницкъболчара гIорасизнаш, гIийланаш, къен-мисканаш охьа ма теIабе, уьш лоллехь ма латтабе, цаьрца харцонаш, йамартлонаш ма лелае, ша жоп доьхур ду шуьга, ша бекхаме таIзар дийр ду шуна, боху Дала. Амма вайн динадайша Дала бохург ца до, цара дин хьолахошна, ницкъболчарна пайдехьа хьийзадо. Паччахьаш а, церан хьаькамаш а, церан Iедал а Делера ду, уьш Делан лаамца лелаш бу, царна муьтIахь хила деза, дуьненахь халонаш, баланаш лайнарг эхартахь декъала хир ву бохуш, хьоьху динадайша къехошна. Амма шаьш хIокху дуьненахь декъала хила гIерта, дуьненан хьал-бахам гулбо цара Дала хьарамдинчу некъашца», – дуьйцура цуьнга Петрос.

Цуьнан дешнаш бакъ хилар чIагIдира тахана гуламехь къамел динчу Хьуьса-Моллас.

6

Iела оцу ойланех йукъахваьккхира уьйтIа деанчу когийн татанаша а, зударийн аьзнаша а. Iелин бIаьргаш неIарна тIебогIабелира. Ткъе берхIитта шо хьалха ша цунах дIакъаьсташ ма-хиллара, къона Айза оцу неIарх чоьхьайаларе ладоьгIура цо. Амма неIарх чоьхьайаьлларг кхин зуда йара. Карахь Iaca а йолуш, букархьаьвзина йоккха стаг…

Iаса нeIapaн соне а хIоттийна, коьртах хьарчийна доккха кIинжийн кортали cxьa а даьстина, несан кара а делла, хьеше маршалла а хаьттина, товханна хьалха кхакханан миндар тIе охьахиира иза.

– Алахьа цуьнга, Iусман, хьо гича, сайн кIентан да, денвелла, цIа веача санна, хазахийти суна, тхо цадицдарна нанас баркалла боху хьуна, алий.

– Суна цкъа а ца вицлора Iела а, хьо а, шун доьзал а. Ас дукха сатийсира шу гape. Амма xIapa дуьне вайн лаамашка а, сатийсамашка а ца хьоьжу. Вай вовшашна ца гуш йаьккхина хан ас хIокху махкана генахь йаьккхина. Хено а, замано а къандина вай. Кхечухьа тIеттIакхаьчнехь, вовшийн девзар а дацара вайна.

– Бакъду иза, Андри. Шовзткъа шо гергга хан йу вайна вовшийн ганза. Амма суна цкъа а ца дицло со Iеле йеанчу шарахь, тхойшиъ тхаьшшиннан бен тарбан гIepташ, эшамо Оьрза-ГIала далийча, ахь тхойшинна дина гIуллакх. Тхойшинна йетта гIалагIазкхий тIегулбелча, Корнес кIелхьардаьккхира. Ахь шайгахь буьйса а йаккхийтина, маьхза тхойшинна оьшург а йелла, шолгIачу дийнахь новкъа а даьккхина, цIа хьажийра. Ас сих-сиха дуьйцура иза шина кIанте… Iусманна а ца дицделла иза…

Айзин кIоргга хьех чуэгначу кхоьлинчу бIаьргаш чуьра схьаIийдало хиш, цуьнан беснеш тIерачу хебаршна йуккъехула меллаша сетташ, хьийзаш, охьадуьйладелира.

Вист ца хуьлуш, лерина цуьнга хьоьжуш Iачу Iелин хьаьжа тIе, берцан буьртигаш санна, кегийра хьацаран тIадамаш хIиттира. Лергаш долу кхакханан куй коьртара схьа а баьккхина, хьаьжа тIе хьаькхира цо. «Ас хIун де-те? – хоьттура цо ша-шега. – Со вовзийта-те ас, йа сайх догдиллинчу xIокxapнa ца вовзуьйтуш, тийна-таьIна Николаз волчу Гуьржех дIагIо-те со? Хьайн де доьхна, гIо эшна меттиг нислахь, ша волчу дIавола, ма аьлла цо соьга. Нагахь санна уьш маршонан гIуллакхна гIовттахь, къена велахь а, церан могIаре а хIуттур со. Хьанна хаьа, шаьш маьршабевлча, соьца каторгехь хилла накъостий а цига бахка а ма мега…».

Хьаьжа тIера хьацар дIадаккха Iелас коьртара куй дIабаьккхича, Айзин къамел, мотт сецча санна, цIаьxхьана хедира. Цуьнан бIаьргаш къаьрззина Iелина тIебогIабелира. ТIаккха меллаша хьалагIеттина, цунна тIе а йахана, Iелин хьаьжа тIерачу бехачу, цIечу муонах дайн куьг хьаькхира цо.

– Нагахь со эсах йаьлла йацахь, xIapa муо ас йерзийнчу чевнан муо бу-кх, – элира цо шабарца, тIаккха Iелина а бен ца хезаш кхайкхира: – Iела?

Iелин корта, шина а куьйга къевлина схьа а лаьцна, шен некха тIе таIийра Айзас.

– Iала-а-а! Хьанна моьттура, хьо дийна хир ву… Тахана со йеллачу хIунда ца кхечи хьо, Iала-а-а?..

КIант а, нус а, цецдаьлла, дист ца хуьлуш лаьттара, Айзас лелочуьнга а хьуьйсуш. Iусман ца кхетара шен нанас лелочух. И муьжги мара а къевлина, хIокхуьнан ден цIе хIунда йоху цо? Шен майрачун доттагI гича, майра карла а ваьлла, эс галдаьлла-те цуьнан?

Айза, дегI а малделла, ша йолччохь цIенкъа охьайахара. ТIехьаьддачу Iусмана, пхьаьрсаш кIелхьара схьа а лаьцна, айъина маьнги йисте охьахаийра иза. Несо, марненан йуьхьах шийла хи а хьаькхна, масех къурд байтира цуьнга. Ша саметта йеача, шиний куьйга схьалаьцна корта охьа а бахийтина, цкъа мохь олуш, тIаккха узарш деш, сауьйзуш, шиний aгIop дIаса а техкаш, йелха йуьйлира. Иза йоьлхучуьра саццалц цхьа а вист ца хуьлура цIа чохь. Шен дог а Iабийна, эххар а йоьлхучуьра сецира Айза. Iусман шекваьллера нанас лелочух. Нанна хьалха охьа а лахвелла, цуьнан голаш тIе куьйгаш дехкира кIанта.

– Ахь лелориг хIун ду, нана? И муьжги мара хIунда къевлира ахь? Хьо хIунда йоьлху? Коьрте лазар-м ца деана хьуна? – хеттарш дора цо.

– Нана лойла хьан, Iусман! XIapa-м муьжги ваций, хьан да вай! – йистхилира иза эххар а. – Цуьнан хьаьжа тIехулара муо ца гo хьуна?.. Ас хьоьга дукха ма бийцира иза…

Iусманна хIинцца гира и муо. Тховса бен, хIокхарна гуш бIаьштига тIе таIийна коьртахь латтош болу и куй дIа ца баьккхинера хьешо. Хьала а гIеттина, Iадийча санна, Iеле хьаьжира Iусман. ТIаккха, хорша йеача санна, балдаш а, чIениг а йегийра цуьнан.

– Дадий? Дада! – мохь аьлла, тIекхетта, иза маравоьллира Iусмана. – Хьо хIун деш Iapa хIинццалц ца вовзуьйтуш? Дада…

Цхьана ханна белхар хIоьттира цIа чохь. Ден голашна тIе йуьхь а таIийна, къорра воьлхура Iусман. Шина куьйга корта а лаьцна, ши бIаьрг цIенкъа а боьгIна, охьа а таьIна, йуха а догIанха йелха йуьйлира Айза а. Корталин тIемаг чIенга тIе а лаьцна, гIийлла йоьлхура нус а. Самадевлла бераш, баккхийчара лелочух ца кхеташ, цецдевлла, тапъаьлла тийна Iapa. Веккъа цхьа Iела вара кийрахь воьлхуш. Цуьнан совцо ницкъ ца кхаьчна бIаьрхиш, сирчу можа тIехула охьа а Iийдалуш, карахь Iуьллучу кIентан коьрта тIе Iенара.

Къаьхьачу ойланаша лаьцнера ден а, зудчун а, кIентан а ойланаш. Оцу кхаанна хаьара, Iела цIа верзаро шайн xIycaмe ирс ца деанийла. Церан дегнаш вовшах доьзначу гуш доцчу пхенаша дIасалора кийрахь кIежтуьйсуш кхехка бала. Велхаро дагна маслаIат до, амма цо бала дIа ца ойу. Дегахь а, кIантехь а болчул тIех боккха бала шегахь хиллехь а, уггар хьалха саметтайеара Айза. БIаьргех ихначу хишна кучан йух а хьаькхна, доккха са а даьккхина, йистхилира иза:

– Iусман, вай доьлхуш Iepax гIуллакх хир дац. XIapa цIа веаний хиъча, йуьртара а, арахьара а дукха адамаш догIур ду хIокху керта. ХIинца ша ма-варра хIара нахана гойтийла дац. Корта а баьшна, маж-мекх а лергина, дегI цIандина, бедарш а хийцина, жимма сибате вало веза. ХIокхунна тIедуха, хьайна тIехь долчул совнаха, хьан коч-хеча а дац, Iусман. Хан ца йолуьйтуш, Iабдин туькана а гIой, хIокхунна тIехула а, чухула а духар эца. Ахча ас кхана дIалур ду. Ткъа ахь, Медана, дехьа цIа чу цIе а латайай, цIа а, хи а дохде. Ас, дIа а йахана, Дауд схьавоуьйтур ву. Керта-арара дечиг а, кхиерг а йуьстахйаккха.

КIант а, нус а сихха араделира. Вовшашка дист а ца хуьлуш, цхьа хан йалийтира Iелас а, Айзас а.

– Хьо чукхачаре сатуьйсуш Iийра со, Айза. Вайша селхана вовшех къаьстича санна, хьо къанйелла а хир йац, къона сайна хьалха хIуттур йу, моьттура суна.

– ХIетахьлера хьан Айза хIинца йац, Iала. Иза берхIитта шо хьалха йелла. Ас дукха сатийсира хьоьга. Дийнахь а, буса а хаддаза. ТIаккха дог диллира. Ткъе ворхI шо хьалха махках ваьлла, Сибрех вахийтина ХортIин кIант Овхьад, массара а велла лоруш волу, кхо бутт хьалха цIа веара. ХIетталц хьо дийна хиларх догдиллина Iаш йолчу сан даг чохь йуха а хьо дийна хиларе, цIа верзаре дог дохуьйлин цIе къедира. И кхо бутт, кхачанах а хаьдда, буьйсанна наб йайна баьккхина ас. Цхьана aгIop, хьо дийна хиларе, винчу йуьрта, хьайн кIантана тIе цIа верзаре сатуьйсура. Ткъа вукху aгIор… Хьо цIа вале суна Iожалла лолахь бохуш, Деле доIанаш дора… Амма Дала жоп ца дели сан дехаршна…

Айза йуха а йелха йолаелира.

– Хьо хIунда йоьлху, Айза?

– Со бехке йу хьуна хьалха. Со кхечу стагаца йеха берхIитта шо ду…

– Хаьа суна.

– Ас хьуна эхь дина… Сан цIий хьанал ду хьуна…

– Хьан бехкенна хилла а, лелла а хIумма а дац, Айза. Дерригенна а бехке хIара хала зама йу. Замано къастийра вайшиъ вовшех. Замано кхоьллинчу халонаша, баланаша, бохамаша йахийтина хьо маре а. Далла хьалха а, суна хьалха а цIена йу хьо, Айза. Со Сибрех вахча, жимачу шина кIантаца цхьа йисира хьо. Кертахь, цхьа гирда бен, йалта а, бежана а, атталла газа-уьстагI а доцуш. Дола дан, гIo дан да-нана а, вежарий а, марзой а боцуш. Со дийна ву-вац а ца хууш, биъ-пхи бутт баьлча, хьайн а, шина кIентан а дола дийр долчу стаге маре йаха бакъо йара хьан бусалба динехь. Ахь ткъа шарахь ладийгIина соьга. Айхьа къахьоьгуш, баланаш, халонаш ловш, ши кIант а кхиийна. Цхьаъ Дала дIавигча, шолгIаниг, зуда а йалийна, ваха а хаийна. Хьо маре муха йахана а, хIунда йахана а, хаьа суна. Оцу тIехь вайшиннан къамел, цунах лаьцна кхин дуьйцур доцуш, чекхдоккхур ду вайшиммо. Со даггара къинтIера ваьлла хьуна, со санна, и Дела а волийла хьуна къинтIера. Ахьмад ас даим сий деш, лоруш хилла, хьекъале, оьзда, доьналле къонах ву. Кхуза схьаоьхучуьра адамаш севцча, хьох дага а волуш, паргIатехь охьа а хиъна, охашиммо къастор йу вайн йукъаметтиг. Дала ма-бохху, бусалба дино, шариIато ма-бохху. Цхьа а вуьйр а вац, цхьанна а бохам а бийр бац. ХIинца хьо цIа гIo. Ахьмаде а хаийта хIapa гIуллакх…

Айза дIайахара. Къена, гIорасиз шен Iала ойланаш йан цхьа а витина…

VII корта. Къонахий

Дерриг а дуьне ду

къонахчун меха,

XIapa дуьне-м къонахийн

белшаш тIехь дай!

А. Сулейманов

1

ХIокху тIаьхьарчу кхаа баттахь инзаре тамашийна ши керланиг хиллера Гати-Юьртахь. Массара а велла, доьза вайна лерина, дог диллина ши стаг цIа веанера Сибрехара. Ткъе ворхI шо даьллачул тIаьхьа ХортIин Овхьад а, ткъе берхIитта шо даьлча, Абубакаран Iела а. Мелла а къона Овхьад дийна цIа верзарх-м башха цец а ца бовлура нах, тамашийниг къена Iела цIавар дара.

КIеззиг хилларг а, кога долий, сиха даьржа нохчашлахь, миччахула деъна а, хьаьнггахула арадаьлла а, ца хууш кхарста долу. ШолгIа де делкъанга долуш, гондIарчу йарташкахула даьржира доьза вайна, массара а велларг лерина къена Iела цIа веана боху хабар. Иза массо а цецвоккхуш керланиг дара. Къаьсттана мотт-эладитана сутарчу адамашна. Iела цIа веана, ткъа цуьнан зуда кхечухьа марехь йу. Цуьнан ши майра ву хIинца. Адамашна дуьйцу хезна хIума дуй ткъа ишттаниг? Айзас хIун дийр ду-те? Iелин а, Ахьмадан а йукъаметтиг муха хир йу-те?

ДогцIена, дика нах гIайгIане а лаьцнера оцу гIуллакхо. Оцу шина стагана йуккъе хIоьттина хьал, цаьршинна йуккъе мостагIалла дожа тарлуш, кхераме дара. Иштаниг ца хилийта некъ лоьхура цхьаболчу наха.

Гуш чаккхе йацара Iела волчу оьхучу адамийн. Кхуза богIура генара а, гергара а, гIаш а, говрашкахь а. Шайн хьоле, аьттоне терра, совгIаташ а дохьуш. Дакъийнчу жижиган коржамаш, йоьхьаш, кедаш чохь ахьарш, даманаш, кхоьаш, гIабакхаш. ХIоранна а лаьара къечу Iycманна шайн ницкъ кхочу гIо дан. Цуьнан таро ма йацара шен керта лестало сила долу адамаш, кхачанах а кхоьтуьйтуш, дIадерзо.

Кертахь а, урамашца а дукха адамаш лаьттара. УьйтIахь диллинчу шина дукъо тIехь, кара суьлхьанаш а лаьцна, Iасанийн йуьхьигаш лайла а Iуьттуш, хевшина Iapa баккхий нах. Ша церан хенара вацахь а, царна йукъахь вара ХортIин Овхьад а. Миска Iела, тIаьхье ца хедаш кхуза оьхучу наха охьахаа ца вуьтуш, Iуьйрре дуьйна ирахь лаьттара. Иза тера вацара сийсарлерчу Iелех. Корта а баьшнера, маж-мекх а, хаза лергина, тодинера. TIедуьйхина тIергIан машин боьмаша чоа а, цунна чухула исхарин гIовтал а, тIехула дихкина детин сеталш йолу доьхка а дара. Коьртахь дуькъа хьийзинчу боьмашчу холхазан куй а, когахь пезагаш тIехула йуьйхина керла неIармачаш а йара.

Баккхийчу наха xIоpaммо а шен рогIехь дуьйцура къоначу хенахь шаьш лелийнарш а, шайна гинарш а, хезнарш а. «ДагадогIий шуна…» – олий, волалора хIора а, тIаккха цуьнга ладоьгIучеран бIаьргаш хьалха хIуьттура оцу денойн эрчалла, карлабуьйлура тIеман иттаннаш шераша хеназа дIабаьхьна шайн дай, вежарий, доттагIий, нийсархой, наной, йижарий. Йа тIамo, оцу халчу замано, халкъан иллешкахь бийца кхоьллина турпалхой.

– ЭхI, ма кIант вара иза! Кхоам бара цуьнан лаьттах гIойла! – хезара йукъ-кара.

– Кхин вайна гур йоцуш, дIайаха вайн маршо. Ирсе хили хIетахь белларш. Делан цхьана таIзарна санна, вай цхьа декъазнаш дийна дисина, хIapa баланаш, халонаш лан.

– Шек ма довла шу, кIентий, вайна маршо гун йолу де гена дац, – гIайгIане эгначу нехан дог-ойла айа гIоьртира Овхьад.

– ХIан-хIа, Овхьад, иза Iедало йухалур йац вайна.

– Вай схьа ца йаккхахь, лур йац. Цуьнгахьа къийса деза.

– Къийсарх гIуллакх хир доцийла, хиъна вайна. Йуьхьанца вешан маршо ларйан гIерташ, тIаккха, иза ваьшкара дIайаьккхича, йухаерзо гIерташ, масех бIешарахь тIом бина вай а, вайн дайша а. Дерриг а эрна хили. Нийсса ах къам оцу къийсамехь хIаллакьхили. Вай лаьмнашка а лаьхкина, керстанаш вайн мехкан дегайуккъе охьахевши. Вайн махкахь цхьа а керста воцчу хенахь уьш чугIоьртича а ца ларийна вай, хIинца муххале а ларор дац. Керла тIом болабахь, дисинарш а хIаллакьхир ду вай. Ткъа делла дуьненара дIадаьллачу халкъана маршо ца оьшу.

– Ас тIамна гIовтта ца боху, Янаркъа. Со дуьхьал ву тIамна. Керла тIом болабахь, ахь ма-аллара, нохчийн къам хIаллакьхир ду. Кхин тайпа, машаре некъаш а ма ду вайна вешан маршо йухайерзо. Вай оьрсашна, керстанашна дуьхьал тIом бийр бац. Оьрсийн паччахьан Iедална кIел, вай санна, лоллехь, Iазапехь латтош, дуккха а къаьмнаш ду Россехь. Нохчийн къомал уьттазза, бIозза даккхий, керста а, бусалба а къаьмнаш. Царалахь уггар доккха къам оьрсийниг а долуш. Оьрсийн паччахьо а, хьоладайша а нохчийн халкъана бинчу бохамашна дерриг а оьрсийн халкъ бехке дора вай, цуьнца мостагIалла а дара вайн. Оьрсийн халкъана ца оьшура шен паччахьаша, хьоладайша нохчашца бина тIом, ца лаьара шайн кIентий, вежарий кхузахь бойъийла. Амма паччахьаша а, хьоладайша а шаьш дийриг халкъе хоьттуш ца до. Оьрсийн халкъ а ду паччахьийн, хьоладайн кога кIел, Iазапехь, лоллехь. Царна дуьхьал дукхазза а гIеттина оьрсийн халкъ, амма даим а къинхетамза хьаьшна цуьнан дуьхьало. Оьрсийн паччахьаш а, хьоладай а Россехь дехачу дерриг а къаьмнийн къехойн йукъара мостагIий бу. Вовшех къесташ, ша-ша, цхьацца гIиттарх, паччахь а, цуьнан Iедал а дохалур дац халкъашка. Иза данне а далур дац нохчийн жимачу къоме. ХIетте а, нохчий даим а девнна хьалха гIиртина, цундела царна даим бохамаш а хилла. И хьалхенаш йохур йац вай кхидIа. Вайл даккхийчу а, вай санначу а къаьмнаша хIун до а хьовсуш, хьалха а ца гIерташ, тIехьа а ца лечкъаш, йуккъера меттиг схьа а лаьцна, къуьйсур ду вай вешан маршонехьа. Оцу къийсамехь керста оьрсий, гуьржий, эрмалой, хIирий, кхидолу къаьмнаш а вешан мостагIий хилийта ца деза вай, ткъа накъостий хилийта деза. Церан гIоьнца вохор ву вай вешан йукъара мостагI, церан гIоьнца йухаерзор йу вай вешан маршо.

ХIетталц ладоьгIуш Iийна Хьуьса-Молла къамела йукъавуьйлира:

– Маржа Овхьад йаI, оцу керстанашна йуккъехь даьккхинчу ткъе ворхI шаро хаза кхоччуш тиларчу вигна-кх хьо! Айхьа дуьйцург хIун ду, хаьий хьуна? Керстанах ма теша, иза доттагI а, накъост а ма лаца, цуьнца гергарло а ма леладе, боху Дала Къуръан чохь. Керстанашна а, бусалбанашна а йуккъехь барт а, машар а хир ма бац цкъа а. Хила йиш а ма йац. Керста доттагI, накъост лаьцнарг Делах ма волу, Делерчу къинхетаме дог дохийла ма йац цуьнан!

– Стомара гуламехь-м иштта ма ца элира ахь, Хьуьса, – накъосташка бIаьрг а таIош, кхоссар йира Янаркъас. – Оьрсийн паччахь а, цуьнан хьаькамаш а Дала хIиттийна, Делан лаамца лелаш бу, царна а, церан Iедална а муьтIахь хила деза, царна дуьхьалверг Далла дуьхьал ву, иза жоьжахатин цIергахь вогур ву бохуш, ма дийцира ахь. И оьрсийн паччахь а, цуьнан хьаькамаш а бац ткъа, бисина оьрсий санна, керстанаш?

– Паччахь а, цуьнан хьаькамаш а, муьжгий а цхьаъ бац! Муьжгий цхьа а дин доцуш, Делах ца тешаш адамаш ду, xIapa ДошагIар, ХьомсуркъагIар санна, къуй, талорхой! Уьш доттагIий а, накъостий а лаца мегар дац.

Нахана йуккъехь белар иккхира.

– Делахь, Хьуьса, со Iеламстаг а вац, суна Iаьрбийн мотт а ца хаьа, – элира Овхьада. – Со Бакохь волуш, цхьана воккхачу Iеламстеган кертахь петарехь Iийна со. ТIаьхьа, Сибрехь волуш а, гIезалойн къомах волчу цхьана Iеламстагаца а масех шо хан цхьаьна йаьккхира ас. Цара дуьйцуш а, сан хеттаршна жоьпаш луш а, бусалба динах дуккха а хиъна суна. Пайхамара Маккарчу керстанашна дуьхьал ша тIом бечу хенахь, цаьрца мостагIалла долчу, цхьана а динехь боцчу Iаьрбийн тайпанашца барт а бой, цаьрца цхьаьна Маккарчу керстанашца тIом беш хилла. Пайхамара бусалбанашна, бусалба динна аьттонна цхьана ханна динарг, вешан маршонан дуьхьа вай дан хIунда ца мега? И цхьаъ ду. ШолгIа, сан вашас Iабдис, керстачу оьрсийн махка а воьдуш, керстачу оьрсийн совдегаршца гергарло а лелош, цаьргара товар а оьцуш, кхуза схьа а дохьий, шуна духку. Йуьртден СаьIадан вежарий бу оьрсийн пурстоп а, округан начальник а. Оьрсашна полицехь хьалха гIуллакх дина Инарлас а, ЧIонакъас а. ХIинца изза деш бу цушиннан кIентий а. Шу хьолахошна а, динадайшна а хIунда мега керста оьрсий доттагIий а, накъостий а леца а, цаьрца гергарло лело а, царна гIуллакх дан а, ткъа къен-мискачу нохчашна хIунда ца мега?

– Э, Овхьад, шена уьстагIа белча, моллас жен-жIаьла кешнашка дIадолла магийна бохуш, ца хезна хьуна?

– Делахь, Хьуьса, и керста оьрсий вайн мостагIий бу бохуш, ахь питане хьехамаш бича, хьан Iедало могуьйтур дуй-те хьуна?

Цхьана йукъана воьхна хьаьвзира Хьуьса.

– Ас буьйцурш, тIамца кхуза а баьхкина, нохчий бойуш, йарташ йагош лелла муьжгий бу…

– Паччахьо а, хьоладайша а герз кара а лой, нуьцкъах нохчашна тIелоьхкура-кх уьш а. И салтий а, вай а тIамехь хIаллакьхуьлура, ткъа цара а, вай а Iенийна цIий, деши а хуьлий, паччахьийн, хьоладайн кисанашка Iенара.

– Овхьад, хьо тиларчу вахана стаг ву, – Хьуьсигахьа гIoдаккха гIоьртира Панта-Хьаьжа. – И тайпа хабарш дуьйцург хьо схьавеанчу йуха дIахьажаво кхузарчу Iедало. И хаалахь, хьайна йуха а Сибрех ваха ца лаахь. Ткъе ворхI шо Сибрех даьккхича мукъана а, кхета мегар дара!

– Сан гIайгIа ма белахь, Панта-Хьаьжа. Оцу ткъе вopхI шаро мелла а кхетаме валийна со. Дуккха а мехкаш, халкъаш, адамаш девзина. Суна цхьаъ хаьа. Дала ша хIокху дуьнен чу даьхна адамаш а, къаьмнаш а цхьатерра, цхьанийсса бакъонаш йелла кхоьллина. Вовшех леташ, вовшийн дойуш, цхьакIеззигчара дукхахдерш дацаде, лоллехь, Iазапехь латтаде, вовшийн мостагIий а хилий даха аьлла, ца кхоьллина, вовшашлахь бертахь, машаре даха, харцонаш, йамартлонаш ма лелае, аьлла кхоьллина. Оьрсий керстанаш бу, ткъа нохчий бусалбанаш бу. Амма керстачу оьрсийн паччахьо а, хьоладайша а цхьатерра Iазапехь латтабо шайн керста оьрсий а, бусалба нохчий а. Изза хьал ду керстачу гуьржийн а, эрмалойн а, бусалбачу туркойн а, гIажарийн а мехкашкахь а. Дуьненан массо а мехкашкахь а. Массанхьа а къечу, мискачу, гIийлачу адамийн а, халкъийн а йукъара цхьа мостагI ву паччахьаш а, хьоладай а, церан гIоьнчий а. Ткъа массо а динадайша, Дала а, пайхамарша а, Товрато а, Забуро а, Инжило а, Къуръано а гайтинчу некъашна тIера йуьстах а буьйлуш, паччахьийн, хьолахойн аьттонна дIахьийзадо. Кхузахь изза до aшa а.

ОьгIазвахана Хьуьса-Молла, кхузара дIавала дагахь хьалагIатта вуьйлира, амма Панта-Хьаьжас, чоин тIам озийна, охьахаийра.

2

Вовшашна весаш йан гергабахана и къийсамаш севцира, урамо голатухучохь дегIана лекха, зоьртала воккха стаг гучуваьлча. Ханна воккха велахь а, хIетта сирйала йоьлла, йоцца лергина маж а, хаза тодина даккхий мекхаш а, цIен бос бетталуш беснеш а йара цуьнан. Атлазан гIовтална тIехула тIедуьйхина дато бустамаш долу Iаьржачу исхаран чоа а, гIодайукъ къевлина дихкина детица кхелина доьхка а, шаьлта а дара. Кхузткъе итт-пхийтта шо хан хир йара цуьнан, амма тIехьаьжча, оцу шен хенал къона хетара иза. Лекха хьаж дIакъовлуш, дуькъачу цIоцкъамашна тIегIортийна тиллинчу месалчу куйнна бухара схьахьоьжучу хьекъалечу бIаьргаша а, дукъ тIе а даьлла, хьаьвзинчу боккхочу меро а бертаза лерам кхуллура цуьнга хьаьжначун дагахь.

Воккхачу стагана тIаьххье гучуйелира тIехь ахьарх а, демах а дуьзна масех гали а долуш, тIаьхьатесна берстина боккха сту а болуш, стерчийн салаз. Воккха стаг, соцунгIа а хилла, салаз шена тIаьхьа а кхиийтина, стерчийн йуьхь лаьцна вогIучу жимачу стаге вистхилира:

– Салаз, чоьхьа а йаккхий, дIахIоттае. Iусмана а, ахьа а оцу старина сихха шаьлта хьакхий, иза тилабе.

Оцу стагана тIе тидам бахара Iелин а, амма бIаьрса гIийла долчу цунна иза генара ца вевзира. Цуьнца салаз йалош веана жима стаг сийсара вевзинера Iелина. Иза Айзин кIант Дауд вара. ХIета, и воккха стаг Акхболатан Ахьмад бен хуьлийла дацара. Iелина хааделира кхузахь долчу дерриг а адамийн тидам цунна а, шена а тIебахана хилар. Ша хиъна Iачуьра хьала а гIеттина, цунна дуьхьалвахара Iела.

– Ассаламу Iалайкум! Хьо марша вогIийла, Iела! – Iелин куьг а лаьцна, мараиккхира Ахьмад. – Эзар балех волийла, кхин керстанан буйна воьдучух Дала ларвойла хьо!

ХIинца, уллора хьаьжча, шеко йоцуш Ахьмад вевзира Iелина. Дуккха а хан йаьллехь а, хьалхалера васташ ларделлера цуьнца.

– Дела реза хуьлда хьуна а, Ахьмад! – шаьшшиъ маракхеттачуьра дIасакъаьстича, куьг дIа а ца хоьцуш вигна, иза шена улло охьахаийра Iелас. – ТIаккха, Ахьмад, гезалойн арахь айхьа со, Iожаллин багара а ваьккхина, хошкалдахойн хьаннашка вигна де дицделлий хьуна?

Ахьмад воьхна хьаьвзира.

– Ца дицделла. Дицлойла а дац оцу шерийн денош.

– Оцу дийнахь со кIелхьарвоккхуш чов хилла пхьарс сакхт бисира хьан…

– Ас динарг вай массара а динарг дара, Iела. Накъосташа со Iожаллех кIелхьарвоккхуш а, ас накъостий кIелхьарбохуш а меттигаш хуьлура. ТIамехь иштта ма хуьлу. Эзарнаш байъина, эзарнаш заьIап бисина. Суна хилларг-м хIумма а доцург дара. Цул дийцахьа айхьа лелийнарг, хьо цIа муха веана?

– ХIун дуьйцур ду? Сибре гена, шийла мохк бу. Ткъа и каторга дуьненан жоьжахати йу. Цигахь хьоьгуьйтучу Iазапо стаг хеназа къанво, Iожалла йо. Тхуна тоьхна итт шо хан чекх а йалале Iожалло дIабаьхьира сан накъостий. ТIаьххьара а соьца висина бено Илес а кхелхира шуьйтталгIачу шарахь. Йисина ткъе йалх шо хан, вайнехан стаг бIаьрга ца гуш, йаьккхира ас. Бакъдерг аьлча, ас дог диллинера со кху махка воьрзур ву, вайна вовшийн гур ду бохучух.

– Хьайна тоьхна итт шо хан текхна ваьлча, цIа ца хийцира хьо?

– ХIан-хIа. Цигахь ваха маьрша витира, амма цIа верза бакъо ца лора. ХIунда сецавора, суна сайна а ца хаьара. Схьахетарехь, Iаьлбаг-Хьаьжа коьртехь волуш хиллачу нохчийн гIаттамо йахйирий-те, моьтту суна, цигахь сан хан. Мосазза а вада гIоьртира со, амма хIоразза а, схьа а лоций, хан тIетухура. ТIаккха, къанвелча, маршонах дог а диллина, цигахь вала сецира. ХIокху тIаьххьарчу шерашкахь цхьа шатайпа тутмакхаш кхийла болийра со волчу. Царах революционераш олура. Вуьшта аьлча, паччахьан Iедална дуьхьал нах бара уьш. Со цига муха кхаьчна а, муха Iаш ву а хиъначу цара, сан гIайгIа беш, паччахьна тIекхаччалц аьрзнаш а йаздина, маршаваккхийтира со. Цаьрца вара, Николаз цIе йолуш, гуьржийн цхьа жима стаг, цуьнан хан чекхйалар а, со маршаваккхар а цхьаьна нисделира. Шеца цIа валийна, со Соьлжа-ГIалахь охьа а воссийна, Гуьржех вахара иза. ХIинца со шуьца цIахь ву. Иза ду-кх, доцца дийцича, ас лайнарг.

– И гуьржи хьайца схьавало везаш хиллера ахь, Iела. Вай хьошалла дийр ма дара цунна, – элира Янаркъас.

– Iойла дацара цуьнан. Хетарехь, даккхий гIуллакхаш вовшахдетташ бу уьш цигахь. Aмма цо дош-м делла шен аьтто баьллачу хенахь хьошалгIа ван.

– Ткъа и ахь буьйцу тамашийна цIe йолу тутмакхаш хIун нах бу, Iела? – хаьттира Янаркъас.

– Уьш хьекъале, майра, догдика, доьналле адамаш ду, Янаркъа. Паччахьна а, хьоладайшна а дуьхьал бу уьш. ХIинцца хIокху Овхьада дийцинарг дуьйцура цара а. Паччахьан, хьоладайн Iедал мел ду, халкъашна маршо хир йац, Россехь дехаш долчу дерриг а къаьмнийн къехой, маршо йезарш, цхьабарт болуш, цхьа вежарий а хилла, хIокху Iедална дуьхьал гIовтта беза, тIаккха бен халкъашна маршо йаккхалур йац, бохура цара. Паччахьера, хьолахошкара Iедал схьа а даьккхина, иза халкъан кара дала, адамашна, къаьмнашна йуккъехь цхьа а дов, тIом ца хуьлийла, уьш цхьа доьзал санна машаре, бертахь, маьрша дехийла, лаьа царна. Цундела Iедало, схьа а лоьцуш, набахтешка кхуьйсу, Сибрех лоьхку уьш.

Йуха а хьалхалерниг долалуш доллийла хиъна, Хьуьса-Молла а, Панта-Хьаьжа а, хьала а гIеттина, дIавахара. Дисина адамаш, вовшийн дIаса а тоьттуш, Iелина тIегулделира.

– Уьш тамашийна нах хилла!

– Ткъа кестта хир дуй-те цара дуьйцург?

– Кестта хир ду, бохура. Цара иза муха дийр ду-м, ца хаьа суна. Вайн хьекъалийн ницкъ кхочур бац оцу гIуллакхийн кIорге ган. ЦIa вогIуш бехачу новкъахь цIерпошта тIехь соьца нисбеллачу оьрсаша дуьйцуш хезна суна, шегарчу Iазапна а, Японица тIом болорна а реза доцу оьрсийн халкъ Россин йаккхийчу шахьаршкахь паччахьна дуьхьал гIуьттуш ду бохуш. Ткъа ас бийцинчу тутмакхаша олура, Россера дерриг а халкъаш цхьаьна а кхетта, цхьабарт болуш ца гIевттича, цхьана къоме шегга паччахьера, хьоладайшкара маршо йаккхалур йац. Оцу гIаттаман коьртехь Россехь уггар доккха долу оьрсийн халкъ хила деза. Оьрсийн паччахьо, хьоладайша Россерчу кегийчу къаьмнашкара дIайаьккхина маршо царна йухаерзо декхар ду оьрсийн къоман. И декхар кхочушдан оьрсийн къомана гIo дан деза дисинчу къаьмнаша массара а. Оцу тIехь и тутмакхаш бакълуьйш санна хета суна.

Iелас дуьйцучуьнга ладоьгIуш Iачу Ахьмада, иза сацо гIерташ, мосазза а муьшка йира цунна. Шен къамел цо ца сацадойла хиъча, хьалагIеттира Ахьмад:

– ХIан, цкъа дIасадовлал, делкъан ламаз дийр ду вай. Схьаоьхучуьра адамаш лагIделлачуьра, Iелас жимма садоIур.

3

Лулахойн цIа чу а вахана, ламаз дина, вирд даьккхина, шаьшшиъ паргIатваьлча, оцу къамелана тIе йухавирзира Ахьмад.

– Вайша ваьшшиъ волччуьра, хьоьга цхьаъ ала лаьара суна, Iела. Оцу нахана йукъахь ахь дукха майра хабар дийцира. Хьо сацо гIерташ, хьуна муьшкаш а йира ас, хьо ца кхийтира. ХIaрa Iедал тIедеача, хьалхалерчу къонахийн зама дIайаьлла. Iедало шайна сом делча, шайн да-нана а духкур долуш дукха нах бу. Нахана йуккъехь айхьа къамел деш, ларлуш хила веза.

– Иштта нах хир буйла, хаьа суна. Цхьаммо хаттар дича, жоп ца луш Iойла а, жоп луш бакъдерг йа сайна хетарг ца олуш Iойла а ма дац. Шалхонаш лело ца Iемаш, къанвелла со.

– Бакъдерг ца деза цхьанна а. Суна хетарехь, Дала адамаш дуьнен чу кхоьлличхьана дуьйна схьа цкъа а бакъдерг тоьлла а дац, нийсо хилла а йац. Бакъдерг оьшу, харцдерг тоьлу. Бакъдерг дуьйцучунна иза шена бале, бохаме, зуламе долу. Хьоьга шалхонаш лелае, ца боху ас. И бакъдерг айхьа аьлча, иза хьайна бале, бохаме, зуламе дер долуш хилча, вист ца хуьлуш, IаддаIе, боху. ЦхьакIеззиг бехкбаьлларг йа бехк-гуьнахь а доцург нехан маттаца хIаллакво хIокху заманахь. Хьо къанвелла, Iела. Йуха Сибрех воьду хан йац хьан. Вахча, йуха а вогIур вац.

– Делахьа Ахьмад, ма дика хаьа-кх суна иза. Сибрехь айса лайна ткъе берхIитта шо-м хьехор а дацара, оцу хьалхарчу цхьана шарахь а со дийна висарх цецвуьйлу. Къона хиларна лайна хир йу-кх ас и халонаш. Ткъа нахана йукъаваьлча, сайга хаттар дича, йа цхьаммо гуш лаьтташехь харц, питане хабар дуьйцуш, вист ца хуьлуш, пхьагал санна, дIа а тебна муха Iен веза? Ала дезачохь бакъдерг дуьххьал дIаала, боху Дала.

– ХIета, со пхьагалх тарви-кх ахь! – велавелира Ахьмад. – КIилло а хилла ца ваьлла со маршонехьа къийсамна йуьстах. Вайн къийсам а, оцу къийсамехь хIаллакьхилар а эрна хиларх кхетта со. Хьо лаьцначул тIаьхьа, Симсарара Iаьлбаг-Хьаьжа коьртехь а волуш, гIаттам хилира Нохчийчохь, коьртачу декъана – хIокху Нохчмахкахь. Хьекъале, майра кIант вара иза. ГIаттаман коьртехь хилла кхойтта стаг Соьлжа-ГIалахь ирхъоьллира, гIаттам хьошуш, дуккха а байъира, эзарнаш Сибрех бахийтира. Доцца аьлча, нохчийн къомана пайда ца бира оцу гIаттамо. Бохам бира.

– Дукхахболу бохамаш а, эшамаш а вайн вешан бехкенна а хилла, Ахьмад. Шемалан заманахь дуьйна схьа вайн баьччанаша кхеташ йа кхетамза дийлийтинчу гIалаташа а бина вайн гIуллакхна дуккха а эшамаш. Хьо керта вале оцу Овхьада Iаламат хьекъале къамел дира, амма цо дийцинчух нах ца кхийтира, моьтту суна. Нохчийн баьччанаша хьалха а, тIаьхьа а дийлийтинчу коьртачу гIалатех цхьаъ, суна хетарехь, бусалба динехь доцу лулара а, генара а къаьмнаш вайн мостагIий ларар, царна дуьхьал гIазотан тIом кхайкхор дара. Вайца тIом бечу оьрсийн эскарехь керста гуьржийн, эрмалойн, хIирийн, кхечу къаьмнех а инарлаш, эпсарш хилча, цаьрга цабезам а, мостагIалла а гуьржашна, эрмалошна, хIирашна тIедаржадора вай. Ткъа и къаьмнаш шаьш а, оьрсийн къам а ма дара паччахьан Iедалан лоллехь, Iазапехь. Царна а ма ца дезара и Iедал. ТIаьхьа хиира суна, вай паччахьан эскаршна дуьхьал тIом бечу xeнаxь и гуьржий а, хIирий а, оьрсий а хилла герзаца Iедална дуьхьало йеш. Ткъа вайна, цаьрца цхьабарт а бина, церан а, вешан а йукъарчу мостагIчунна – паччахьна а, хьоладайшна а – дуьхьал гIовтта ца лаьара йа иза дан хьекъал а, кхетам а ца тоьура. Иза дан, керста къаьмнийн къехошца цхьаьнакхета ца лаахь а, уьш вешан мостагIий кхайкхо ма ца безара вай, дIакъехко, дIакъесто ма ца безара. Цундела хуьлура вайн цхьаболу эшамаш.

– Бакъду иза, Iела. Иза керста хилчахьана, муьлххачу а къомах стаг вешан мостагI хетара вайна. ХIинца а хета.

– ХIинца мукъана а, хьалха ваьш бинчу некъе йуха а хьаьвсина, ваьш, галдевлла, бердах, цIерга мичахь, муха, хIунда лилхина а хьаьвсина, тIейогIучу хенахь оцу гIaлатех лардала деза вай. Оьрсийн мехкан а, оьрсийн паччахьан ницкъан а боккхалла, оьрсийн къоман дукхалла со Сибрех вахча хиъна суна. Нохчийн мохк церан уггар жимачу губернел а бац. Россехь масех бIе шахьар йу, йарташ хьехор а йац ас, церан цхьана шахьарахь болу оьрсий а бу берриг нохчел алсам. Гена гIиртина хIун до, хIокху вайн махкахь а бу уьш-м нохчел алсам. Нохчийн къам жима ду, цуьнан мохк а, ницкъ а кIезиг бу, тIамца иза ша цхьаъ ларор дац Россица, паччахьан Iедалца. Цундела, Ахьмад, ас ца боху нахе герз карахь паччахьан Iедална дуьхьал гIовтта. Иза олучарна а дуьхьал хир ву со. Оцу Овхьада ма-аллара, вай санна, паччахьан Iедалан лоллехь дохкучу Россерчу, вайл даккхийчу бусалба а, керста а къаьмнаша хIун до а хьовсуш, царалахь хьалхенаш а ца йохуш, тIехьа а ца соьцуш, йуккъера меттиг дIа а лаьцна, цара дийрриг дан деза вай а. ХIинццалц санна, вешан ницкъ а, мостагIчун ницкъ а ца хууш, герз карахь дуьхьалонаш йахь, вайн къам эрна хIаллакьхир ду. Дала тоьхна цхьа де хир ду вайн аьттонна.

– Оцу айхьа дийцинчух нохчий кхето, церан ойла цу aгIop дIахьовзо ницкъ кхочур буй-те хьан, Iела?

– Дера, бац. Вайн къам Iилманна, кхетамна тIаьxьaдисина. XIopa стеган, xIopa къоман кхетам Iилманца бу. Дала а боху бусалбанашка Iилма Iамаде. Пайхамара а аьлла, шаьш аганара гIевттичахьана дуьйна, кошан лахьте дерззалц Iилма Iамаде. Нохчашна ца лаьа Iилма Iамо. Нохчийн дерриг хьекъал бIаьргаш чохь ду. Нахана Iилма Iамo а, нах кхето а вайшингахь Iилма а, хьекъал а дац, и ший а вайшингахь хилча а, и болх бан хан а йац вайшиннан. Амма нах кхето гIертар, нах зенех-зуламех, бохамех ларбан гIертар, нах эрна хIаллак ца хилийта гIepтар декхар ду вайшиннан, цхьана дийнахь бен дуьненахь ца вахахь а. Ткъа сан бала а кхаьчна, гIалатех со ларван гIортарна баркалла хьуна. Со ларлуш хир ву.

– Къаьсттана Хьуьса-моллех а, Iабдих а ларло. Цаьршиннан бIаьргаш а, лергаш а, меттанаш а ду нахана йукъахь къайлах лелаш.

– Iабди хьенан, мила ву?

– Совдегар ХортIа дагавогIий хьуна? Цуьнан кIант ву-кх.

– Овхьад а вац ткъа ХортIин кIант?

– Ву. Амма иза шен доьзале ца хьаьжна. ХортIа а, Iабди а вицвийр волуш, кхин цхьа кIант а вара ХортIин. ТIаьххьара тIом болуш, йурт тало а, йаго а чубаьхкинчу салташна хьалхаваьлла лелаш, МIаьчига а, Васала а вийра иза.

– МIаьчигах а, Васалах а хIун хилла?

– МIаьчиган цIа чу а къовлавелла, тIом бира цаьршимма оцу дийнахь. Дуккха а салтий байъира цаьршимма, и шиъ а вийра.

– Дала декъалвойла и шиъ. ГIийла, къен-миска ши стаг вара и шиъ, амма майра а вара доза доцуш.

Хьеший баьхкина аьлла, веанчу Дауда дIавигира и шиъ.

4

Iела ган догIу йуьртара а, арахьара а адамаш севцира. Шайн цIа дирзира Ахьмад а, Айза а. Шен къаьхьачу ойланашца йаьссачу хIусамехь цхьа висира Iела.

Амма цул а холчохь дара Ахьмад а, Айза а.

Пхьуьйра ламаз а дина, суьлхьанаш дохуш, поппаран маьнги тIехь голаш тIе йуьхьар а вахана хиъна Iapa Ахьмад. Цуьнан ойланаш дукха гена йара ша Далла йечу Iамална. Цуьнан хIусамнана нехан стеган цIаpтIexь зуда ма йу. Iела дийна хиларх массара а догдиллинчул тIаьхьа, ткъа шо даьлча, йалийна. Ахьмада ша дагаваьлла а ца йалийна. XIapa, хIусамнана а йелла, доьзалхо а воцуш, цхьа висча, цхьана наха, вовшашца дага а бевлла, йалийна. XIoкху шиннан а бертаза. Ахьмадан декхар дацара Iелех йисина зуда йало. ДIора гepгapa дацахь а, доттагIалла ма дара цаьршинна йуккъехь. Цул сов, вовшийн чIогIа сий деш ши къонах ма вара и шиъ. Амма нахана карийра Ахьмад а, Айза а бертадало бахьанаш а, некъаш а. Йуьрта баьхкинчу салташа воккхахволу кIант а вийна, цIенош а дагийна, кертахь мел долчу хIуманах а йаьккхина, пхийтта шо долчу Iусманца йисинера Айза. ЦIа-цIe а доцуш, керт-ков а йоцуш. Къаналло а, цамгаро а кIелвитина да воцург, доладан кхин верас а воцуш. Ахьмад а ца хьистинера дахаро. Доьзалхо а воцуш, къанвеллачу хенахь хIусамнана а йелла, цхьа висинера иза а. Къанвелла, цамгаро лаьцна кIелвисарна а кхоьрура. ТIаккха шен дола дан верас цахиларна а кхоьрура. Айза шега йеача, Iусманах шен верас хиларе дог а дехира, цIа-цIе а, керт-ков а доцуш дисинчу ненан а, кIентан а ша дола дича, цаьршимма шен доладаре а, ша цушиннан дог эцча, Дала иза цхьана йоле дилларе дог а дехира. Азаллехь синош кхуллуш, Дала йина кхел лелла, рицкъанаш а хилла, цхьаьнакхийтира и шиъ. Йуьхьанца шийла лаьттира цаьршиннан йукъаметтигаш. Айзас къайлах дог ца дуьллура Iелех. Амма кIант хиллачул тIаьхьа, Iелех дог а диллина, Ахьмадана дика а, муьтIахь а хIусамнана хилира Айзех.

Массара а велларг лерина, вицвина Iела, ткъе берхIитта шо даьллачул тIaьxьa, хIинца цIa веана. Эхартара веача санна. Цуьнан зуда Ахьмадехь марехь йу. Нахана дуьйцу хезна xIyмa а ма дац xIapa. Нехан цIартIехь маре йахана зуда а, иза йигнарг а – ший а дуьйш Iадат ду нохчийн. Ткъа хIокху шинна йукъахь лелларг шатайпа гIуллакх ду. ХIуьттаренна-гамонна дина а дац. Доьналла доцчу, оьзда боцчу наха мостагIалла а хьедийр долуш, оьздачу къонахаша машаре а дерзор долуш, дерзо бусалба динехь некъаш а долуш, хилла гIуллакх ду. Сибрех ваххалц Iелел оьзда а, майра а, къинхетаме а, доьналле а стаг вацара хIокху Яьссин тогIица. Махках а ваьлла, халкъах а хаьдда ткъе берхIитта шаро амалш, гIиллакх хийциний-те цуьнан? Дардиний-те цуьнан дог? Дицдиний-те цо шен къоман оьзда гIиллакхаш а? Дегнаш боьхачу адамийн мотт-эладитанаша дIовш дуттурий-те цуьнан даг чу?

Ши-кхо де хьалха уллохула тIехволуш, Iабдин туькана чувирзира Ахьмад. Чохь Iабди а, Хьуьса-молла а бен, кхин адамаш а дацара. ХIара нeIapx чоьхьаваьлча, шиннан а велавалар иккхира.

– Ахьмад, шариIато цхьана стеган йиъ зуда хила магадо. Амма, цхьана зудчун ши майра хила магийна бохуш, ца хезна цхьанна а. Айза хьоьгахь марехь йу, ткъа наггахь Iелин кIант волчу а йоьду. Шуьшиннах муьлхачун сте йу иза? – хаьттира Хьуьсас, вела а къежаш.

«Кхи-кхи-кхих», – аьлла, велавалар иккхира Iабдин а.

Вист ца хуьлуш, вахана неI тIе а чIаьгIна, чухула гIуй а боьллина, Хьуьсина тIе а веана, шен нуьцкъалчу куьйга цуьнан атлазан гIовталан кач а лаьцна, ветанаш лоьлхуьйтуш, озийна, иза шен мера кIел валийра Ахьмада:

– Кхахьпано дина кхахьпа! Хьакхин хотIах даьлла хьакха! Ирс хили хьан, йукъах йихкина шаьлта а йоцуш, со кхуза нисвелла. Амма хаалахь, нагахь санна ахь диканна а, вонна а Iелин а, Айзин а, сан а цIе йаьккхина бохуш, суна хазахь, хьайн хьакхин корта дегIах къаьстарг хилар! Стен а, боьрша а доцу гIизби!

Кхеравелла, ши бIаьрг схьаэккха санна, хье тIе баьлла Хьуьса, хьала а айъина, гIопастанал дехьахь вегош лаьттачу Iабдина тIе а кхоьссина, аравелира Ахьмад.

Ахьмадна хаьара и тайпана мотт-эладитанаш йуьртахь даржош лелаш цхьа нах буйла. ХIокху гIуллакхан цхьа йист йаккха сацам бина иза, къайллах арентIарчу цхьана воккхачу Iеламстагана тIе а вахана, цунах дагаваьллера. Цо дийцарехь, майра веллачул тIаьхьа биъ бутт а, итт де а даьлча маре йаха бакъо йу зудчун. Ткъа гена махка мехе, тIаме вахана, йийсаре вигна йа кхечу бахьанашца доьза вайначу майрачух дог диллина зуда кхечу стаге маре йахча, ткъа и хьалхара майра, xIapa Iела санна, цIа верзахь, и зуда йигначо, шариIатехь йита а йитина, хьалхалерчу майрачунна йухаерзо йеза. Ткъа оцу хьалха хиллачу майрачо, нагахь санна и зуда шена йезахь, иза цуьнга йухайан реза а йелахь, дуьххьара йалош санна, шариIатехь цуьнца мах а бина, шен дола йаккха йеза. Иза йухайало шена ца лаахь, йа йухайан и зуда реза йацахь, шена луъучу маре йаха маьрша йита йеза. Нагахь санна зудчунна хене йала рицкъа а, духар а, кхин оьшург а ца дуьтуш, майра генна мехе, тIаме, йийсаре лаьцна йа Сибрех вахана биъ бутт а итт де а даьлча, иза дийна велахь а, маре йаха бакъо йу зудчун.

ШариIатехь-м иштта дара, амма нохчийн къоман гIиллакхашца ца товш, лело оьзда доцуш а гIуллакх ду-кх иза. Делахь а цхьана агIор ца листича ца долу. Амма муха?

5

Товханна хьалха кхакханах бинчу кIедачу миндар тIе охьа а хиъна, иштта суьлхьанаш а дохуш, оццy ойланаша дIалаьцна Iapa Айза а. МаьркIажал тIаьхьа товхана йиллина ножан стомма гуьйриг алу хилла йаьгна чекхйаьллера. Терхи тIе хIоттийна чуьра мехкадаьтта лахделла чиркх а серлонна гIелбала боьллера.

Iела а, Ахьмад а боккхачу балехь вуйла, хаьара Айзина. Амма цаьршингахь берг бала бацара, Айзин кийрахь кхехкачуьнца буьстича. Iелина тIедеанчу эхьана бехке, Айза йоцург, цхьа а вац. Ахьмад ванне а вац. Шега йеача, зуда йигна цо. ХIокху бохамна бехке иза ша цхьаъ йу. Сибрех доьза вайна майра а волуш, маре йахана. Ткъа шо даьлча хIун дара? Iийр йара-кх кхин а ткъа шарахь а, йаллалц а. ЦIa-цIе а, керт-ков а цахиларх хIун дара? Цхьа бун а йина, caгIa а доьхуш, кIант а кхобуш Iийр йара-кх. ТIаккха, воккха хилча, кIанта иза а кхобур йара. Ша йаллалц. И сацам бинера Айзас. Iелех дог ца дуьллуш. Амма цамгаро кIелвитинчу къеначу дас бохийра цуьнан сацам. Ша дуьненара дIакхалха герга ву, бохура цо. Хьан а, кIентан а йиша-ваша дац, гергара нах бац. Шел тIаьхьа хьо кIантаца цхьа йуьсу. ЦIа-цIе, керт-ков доцуш. Доладан верас а воцуш. КIантана зуда йало йеза. Зуда йалийча, шуна цIенош, бежана, сту-ворда дезар ду. Ахьмад хьекъале, оьзда, къинхетаме, доьналла долуш, наха лоруш, сий деш стаг ву. ГIеххьачул таро йолуш а ву. Цо дола дийр ду шуьшиннан. КIантана цIенош дийр ду, кертахь оьшург а тардийр ду. Цул совнаха, нагахь санна Дала азаллехь йаздинехь, хьо Ахьмаде йахча, Iусманна йижарий, вежарий хир бу. Вайн устаз соьга вистхилийта ойла йолуш бу Ахьмадан гергара нах. Устазан дехар йухатоха бакъо йац вайшиннан. Iелех дог ца дуьллу, боху ахь? Мел хьуна ца лаахь а, Iелех догдилла деза ахь. Ткъа шо даьлла цуьнан цхьа а хабар доцу. Дийна велахьара, цхьа кост ца кхетош, Iийр вацара иза. Тоьур ду ахь ткъа шарахь ладегIча. Хьо хIинца а къона йу. Шен де тIекхаьчча, массо а ву вала везаш. Амма дийна верг ваха веза. XIapa сан тIаьххьара дехар ду хьоьга…

Дела ву-кх и дерриг а хууш. Iела вицвелла а, маре дагадеана а ца йахара иза. Ша къона йелахь а, цунна майра, маре ма ца оьшура. Къона йолуш а цуьнан аьтто ца хиллера безамах марзо эца. Сихха цIа воьрзур ву аьлла, Хонкара вахча, кхо шо даьлча, цIа веара. ТIаккха дукха хан йалале лаьцна, итт шо хан а тоьхна, Сибрех вахийтира. ТIаккха бархI шо даьлча, салташа Iумар вийра. Иза вийна а ца Iийра. ЦIенош а, керт-ков а дагийра, церан миска йийбар а йагийра, халла кхиийна ши сту а, йетт а дIадигира. XIapa жимачу Iусманца йерзинчу стигала кIел йисира. Маре а, майра а дагадогIучохь йара ткъа иза? Цунна минотана а ца вицлора Iела. Шен дуьххьарлера а, тIаьххьара а безам. Iусманан а, шен къеначу ден а дуьхьа резахилир-кх. Ахьмаде безам бохург хьехочохь а дацара. Шена а, Iусманна а иза мел дика велахь а, цуьнга даг чохь йовхо ца гIоттура. Iусманна цIенош а дира Ахьмада. Ши сту а, бежана а ийцира. ХIетте а Iела дагара ца волура, Ахьмадах безам ца летара. Йуьхьанца кIант, тIаккха йоI хилча, шен кхолламна къера а хилла, кIелсецира. Даг чохь керла безам ца кхоллабеллехь а, Ахьмадана муьтIахь, тешаме, дика хIусамнана хилира цунах. Амма Далла дика хаьа-кх Айзина майра а, маре а оьшуш хилла цахилар. XIapa хир дуйла хиънехьара…

– Айза, – лохха кхайкхира Ахьмад.

– ХIун боху ахь? – гIийлла йистхилира Айза.

– Iела цIa веачахьана ойланаша хьере дина вайша. Иштта Iийна девр дуй-те вай?

– XIyн дийр ду ткъа?

– Вайшиннан кхоллам муха хилла, хаьа-кх хьуна. Бакъдерг аьлча, хIусамнана а йелла, доьзалхо а воцуш, цхьа висинчу суна хIусамнана оьшура хIетахь. Амма хьо майра оьшуш а, маре дагадогIуш а йацара. Азаллехь синош кхуллуш, Дала йина кхел кхочушхуьлуш, вайшиннан рицкъанаш цхьаьна нисделла. Ахь дина йоI а, кIант а ду сан. ХIинца Iела цIа веана. Iеле а, вайшинга а дуьхьал схьа ца алахь а, тIaьxьaшxa лелаш нехан питане мотт-эладитанаш ду. ХIун дича бакъахьа хета хьуна?

– Хаац суна. Хьоьга йале йа Iела цIа вале со йеллехь, дика хир дара. Далла ца лиъна-кх иза а.

Цхьана ханна цIа чохь тийналла хIоьттира.

– ХIокху дуьненахь цкъа а ирсан чам ца хууш, къанвелла Iела. Дала кхоьллинчу цхьана а стагана ца лабаллал баланаш, халонаш, бохамаш лайна цо. Сол а декъаза стаг ву иза. Бусалба динехь а, адамаллин гIиллакхехь а, хьайна лаахь, цуьнга дIайаха бакъо йу хьан. Кхин xIyсамнана а йалийна, цуьнца ваха хаа къанвелла иза. Ахь мукъана а дог ца эцча, къанвеллачу хенахь иза хьанах, стенах Iехалур ву?

Айза йист ца хуьлура. ХIун аьлла хила йеза? Ахьмада дийриг оьзда къамел ду, цо лелориг оьзда гIиллакх ду. Амма Айзин иза дан бакъо йац. Цуьнан кхоъ бер ду. Цигахь – кIант, кхузахь – кIант а, йоI а. Iела а, Ахьмад а – ший а дика хилла Айзина. Амма даим дIа цуьнан даг чохь лаьттинарг Iела ву. Айзин дуьххьарлера безам. Масех шо хьалха дIабаьлла иза, деган кIоргехь сийсаш цхьа гIийла суй буьтуш. ХIокху къизачу кхолламо къинхетамза бийна. Айзин бIаьргех комаьрша дуьра хиш хьаьлхира.

– Ахь жоп хIунда ца ло, Айза?

Айза хецайелла йилхира. Цуьнан дог хьаъалц вист ца хуьлуш, дикка Iийра Ахьмад.

– Алахьа, Айза, хьайна хетарг…

– Берриг а бехк сан бу… Хьоьга йеана. Даго хьоьхура суна, Iела дийна ву, велла вац бохуш… Массара дог диллича а, ас дог ца дуьллура цунах. Маре гIyp йу бохург цкъа а дага а ца догIура. Вала гергаваханчу къеначу дена луург а дина, байлахь висинчу, верас воцуш висинчу кIентан ойла а йина, йеара хьоьга. Хьайн дикалла, ахь дола а дира тхойшиннан. Иза тхойшинна дицделла йа дицлур ду, моьтту хьуна? Амма хIетахь мацалла дала диси делара тхойша…

– Уьш дIадевлла, Айза. Ас кхочушдинарг бусалбанан декхар ду. ХIинца вай дохкодийларх а, делхарх а, нисдала хIумма а дац. Бехкениг а ца лоьхур вай. Лелларг Делан кхел йу. Iелин дагахь хIун ду-те?

Айза, букъ нисбеш хьала а таьIна, Ахьмаде хьаьжира.

– Суна муха хаьа цуьнан дагахь дерг? Цуьнга и хоьттуш со лелар йоцийла, ца хаьа хьуна?

– ГIаддайна хоьттура ас-м.

Цхьа хан йелира, и шиъ дист ца хуьлуш.

– Ахьмад, хилларш а, лелларш а хьуна дика хаьа. Iелин кIант Iусман а, хьан Дауд а, Седа а ас бина йиша-вежарий бу. Шуьшиннах цхьанна хилла лазам оцу кхааннан дегнех чекхбер бу. Со-м хьехор а йацара вай. Цхьанна-шинна хиъна хIума, кхечу-кхечуьнга дуьйцуш, дуьне ма-дду кхарста долу. ТIедетташ, дестош. Шуьшиъ наха лоруш, хьекъале, оьзда, цIена бусалба ши къонах ву. Нах йукъа а ца бохуш, хаза ший а цхьаьний охьа а хаий, хIара гIуллакх машаре дерзо бусалба динехь а, нохчийн гIиллакхехь а цхьа некъ лахийша…

Ахьмад йуха а, голаш тIе йуьхьар а вахана, суьлхьанаш даха вуьйлира.

6

Ши-кхо де хьалха Iусманца дехха къамел хиллачул тIаьхьа, шайн шина доьзална йуккъе хIоьттинчу хьолан кIорггера ойланаш йан вуьйлира Iела. Iусмана, цхьана мaьIIepa дуьйна схьа, ма-дарра дийцира цунна шен нана маре йахар муха нисделира. ХIинца Айзехь а, Ахьмадехь а болу бала а, шен воьхна хьийзар а. Айза маре йахарна хIетахь резахиларна хIинца ша бехке хетара кIантана.

– Делахьа, Iусман, шу оццул доьхна хьийза, ма доккха хIума дац вайна тIедеанарг, – элира Iелас, кIанте леррина ла а доьгIна. – Цунах шайна бала хIунда бо аш?

– Ахь и шиъ ден деза бохуш, хабарш дуьйцу наха…

Iела гIадвахана велавелира, тахана дуьххьара.

– ХIунда? Мича бахьанина? Со дийна вуйла а хууш, нах безна, хьуна а, суна а эхь дина, и хьан нана маре йаханехь-м, нохчийн Iадатехь мостагIалла хьедан, цхьа бекхам эца безара ас. Вуьшта аьлча, иза тIедужура суна. ХIусамда веллачул тIаьxьa ларйан йеза бусалба дино тоьхна хан чекхъйаьлча, маре йаха бакъо йу зудчун. Ткъа хьан нана, массара а со велларг а лерина, вицвинчул тIаьхьа а ткъа шарахь Iийна маре ца йоьдуш. Ахь дийцарехь, ша йаллалц Iийна а хир йара, къанвеллачу, цамгаро кIелвитинчу шен къеначу ден дехар йухатоха бакъо а хиллехь, кIелхIотта тхов а боцуш, йерзинчу стигала кIел висинчу хьан ойла а ца йинехь. Ткъа Ахьмада а йигна, иза шега йеача. Бусалба динехь, нохчийн Iадатехь цаьршиннан хIун бехк бу? Делан кхел йу лелларг. Майра велча, кегий бераш дIа а тийсина, маре бахана зударий дукха гина суна. Хьайниг дуьххьара а, тIаьххьара а ца йахана. Бакъду, «веллачул» тIаьхьа «денвелла», со цIа варо жиммa чолхедаьккхина хIара гIуллакх. Делахь а, вай доьхна хьийза оьшуш хIумма а дац. Вайгахь доьналла хилчахьана, дерриг а дика дIанислур ду.

КIантаца хиллачу къамелана тIера йаьлла Iелин ойла, хьаьвззина, ткъе пхи шо йуханехьа Сибарен каторге йахара. Шеца лаьцна валийна масех нохчо – хьалхарчу кхаа шарахь, тIаьххьара висина цхьаъ шийтта шо даьлча а велла, цхьа висча, лагерехь волчу цхьана узбекаца уьйр тесира Iелас. Бусалба хиларал совнаха, кIорггера бусалба динан Iилма хууш стаг хиларо цуьнга безам бахийтира Iелин. ХIора буьйсанна а, мукъачу деношкахь а Iелина бусалба динан Iилма хьоьхура Сулеймана. Масех шо далале гIеххьачул узбекийн, Iаьрбийн меттанаш а Iемира Iелина. ШариIат Iамош, маре дар а, зуда а, майра а дIасакъастар а йукъадаьлча, оцу тIехь дуккха а хеттарш дан вуьйлира Iела. Маренаш тIехь Шемала шариIат талхош меттигаш лелийна бохуш а, хезнера цунна. Маре йаха хан кхаьчна йоI а, къона жерой а церан шайн бертаза, нуьцкъах маре бохуьйтуш. Зуда а, бераш а долчу нахе а. Зудчунна йаха а, стагана йига а ца лаахь а. Боьрша нах тIамехь бойуш, уьш кIезиг бара, ткъа зударий алсам бара, цундела боьршачу стеган цIахь зуда а, бераш а делахь а, шолгIаниг йигар нуьцкъах тIедожадора. Шемала лелочух-м кхетара Iела. TIaмo хIаллакден адам, къаьсттана божабераш, дебо Iалашо йолуш дора цо иза. TIe, марехь а боцуш, IаьIна къона зударий хьарам новкъа ца бовлийта, церан сий, оьздангалла ларйан а дора. Шена ца везачу стаге йа зудчунна а, берашна а тIе маре йаха ца лаьа зуда а, шена ца йеза зуда, йа зудчунна а, берашна а тIе зуда йига ца лаьа боьрша стаг а зиндан чу кхуссура, уьш реза хиллалц ара а ца бохуш. Оцу зиндан чохь йоккхучу xIopa буьйсанна тIера цаьргара цхьацца эппаз гIуда а доккхура.

– ШариIат талхош хиллехь а, Iаламат хьекъале стаг хилла и шун Шемал, – элира Сулеймана, Iеле ла а доьгIна. – Зуда йало хан кхаьчначу боьршачу стагана, шега йогIуш йелахь, зуда йалор а, ткъа йоIана маре йахар а тIедожадо шариIато. Зуда ца йалош а, маре ца йоьдуш а Iep доккха къа лору бусалба динехь. Цкъа-делахь, адамийн хIу таса Дала дуьнен чу даьккхина ду и шиъ, шолгIа-делахь, шариIатехь гайтинчу некъашца марехь йоцу зуда а, зуда йоцу боьрша стаг а зинан новкъа бовла тарло. Иза ца хилийта, цунах адамаш лардан, бусалба дино тIедожийна зуда йало хан йолчу боьршачу стага зуда йалор а, маре йаха хан хилла йоI, къона зударий маре бахар а. Амма ца йеза зуда боьршачу стаге нуьцкъах йигийтар а, ца везачу стаге нуьцкъах зуда маре йахийтар а дихкина. И шиъ ший а реза хила деза шайн маренна. Оцу тIехь шун Шемала шариIат талхийна.

Сулеймана дийцинчун ойла а йина, цхьа масех де даьлча, йуха а оцу хаттаршна тIевирзира Iела:

– Сан къона зуда йисина цIахь жимачу шина кIантаца. Тхан къоман Iадатехь, со цIа верзаре ладоьгIуш, маре ца йоьдуш Iен йеза иза. Суна тоьхна итт шо хан тоххара чекхйаьлла. Сан зудчунна а, гергарчарна а сох хилларг ца хаьа. Со велла бохуш, дог диллина Iаш хир бу уьш. Со даймахка, доьзална тIе йухавоьрзург хиларх ас а дог дуьллу цкъацкъа. TIe, Iожалла а ма йу когаш кIел. Сан зудчо, маре ца йоьдуш, соьга ладегIар, йа сох догдиллинехь а, маре ца йоьдуш, ша йаллалц Iep а муха хир ду? Маре йаха бакъо йуй цуьнан?

– Майра веллачул тIаьхьа биъ бутт а итт де а даьлча, маре йаха маьрша хуьлу зуда.

– Со дийна ма ву ткъа?

– Майра цхьанхьа дийна велахь а. Майрачо ша тIаме, генна меха воьдуш, йа вайша санна, лаьцна вуьгуш, цIахь йуьсучу зудчунна ша цIа верззалц йолчу ханна рицкъа а, тIедуха а, когадуха а, кхин оьшург а дита деза. Нагахь санна зудчунна оьшург а ца дуьтуш иза ваханехь, шариIатах дага а йаьлла, цуьнга кхел а йайтина, биъ бутт итт де а даьлча, маре йаха бакъо йу зудчун.

– Цунна маре йаха ца лаахь? Тхойшиннан ши кIант ма ву?

– Маре йахар, цайахар цуьнан шен лаам бу, ткъа хьан декхар шена луург дан цунна маршо йалар ду.

– Ас муха ло цунна маршо, и дIакхето кхузара дIавоьдуш стаг а, дIадоьдуш кехат а ца хилча? Ас йитина а йоцуш, иза маре гIахь, хIун дан деза?

– Нагахь санна Далла хьалха хьо цIена хила хьуна лаахь, Дела теш а лаций, цхьацца бутт хан йукъа а йолуьйтуш, кхузза цIе а тасий, йита. ТIаккха Далла хьалха а, хьайн зудчунна хьалха а бехказа хуьлу хьо.

– Ас йитина а йоцуш, и сан зуда маре йаханехь, сан цIа верзар а хилахь, тIаккха хIун хир ду?

– Нагахь санна хьан зудчунна хьоьга йухайан а лаахь, хьуна иза йухайало а лаахь, хьан зуда йигначо иза йита йеза, ткъа ахь, айхьа дуьххьара йалош санна, шариIатехь мах а бина, йуха а хьайн цIар тIе йоккхур йу. Нагахь санна хьуна иза йухайало а, цунна йухайан а ца лаахь, йигначуьнгахь йуьсур йу. Иза а, важа а шушиннан йа шиннах цхьаьннан лааме хьаьжжина хир ду.

И къамел хиллачул тIаьхьа, Сулейман а, кхин цхьа гIезало а тешаш а хIиттийна, цхьацца бутт хан йукъа а йолуьйтуш, кхузза цIе а тосуш, Айза йитина, шен цIар тIера маршайаьккхира Iелас. ХIетахь, ша иза деш, цунна ца моьттура ша дийна цIа воьрзур ву а, цIа вирзича, Айза маре йахана карор йу а…

7

Сагатлуш, кертахь цхьацца гIуллакхаш дан гIерташ а лелла, чувирзина, маьркIажан ламаз а дина, вирд даккха охьахиира Iела. Медана, шен да-нана долчу йахана, цIахь йацара, кIентан ши кIант а кхарста ваханера. XIyсамехь даьсса, тапъаьлла тийна, сингаттаме дара. Цхьадика, хьера вахана Iусман цIа кхечира.

Буьйса йацйан цхьа а чу ца вогIуш, хIара дог диллина Iаш, уьйтIахь цкъа-шозза йовхарш а тоьхна, цIа чу велира Ахьмад. Вовшашкара хьал-де а хаьттина, йуьртара керла хабарш дийцина ваьлча, ша деана гIуллакх дийца вуьйлира Ахьмад. Цо а, хьалха Iусмана дийцинарг а цхьаъ дара.

– Иштта, Делан кхел лелла, цхьаьна рицкъанаш нисделла тхойшиннан, – дерзийра Ахьмада шен къамел. – Хьайна лаахь, нохчийн Iадатехь соьца мостагIалла лело некъ а бу хьуна, ткъа вайшинна лаахь, бусалба динехь хIара гIуллакх машаре дерзо некъ а бу. Дела сан дог гуш а, сан дагахь дерг хууш а ву, Iела, хилларг а, лелларг а Айзин а, сан а бехкенна дац, лелларг Делан кхел йу. ЦIенчу даггара и Айза хьан хIусаме йухайоьрзийла лаьа суна. ХIара гIуллакх хьан кхеле дуьллу ас.

Ахьмадана жоп ца луш, Iycман чукхайкхира Iелас.

– Хьада, чехкка гIой, Панта-Хьаьжа, Лорса, Доша, Солтха схьавалавел.

Цхьа сахьт далале уьш схьабаьхкира.

– ХIокху Ахьмаданий, суний йукъа хIоьттина хьал, аc ца дийцича а, шуна а, йуьртана а хууш ду. Доцца аьлча, сан доьзало а, йерриг йуьрто а со дийна хиларх догдиллинчул тIаьхьа ткъа шо даьлча, и сан хилла хIусамнана Айза хIокху Ахьмаде маре йахана, ткъа хIокху Ахьмада, шега йеача, иза йигна. Бусалба динехь цхьа хьаьрк а гал хIума доцуш, Делан лаамца хилла кхоллам бу иза. Соьгахь бархI шарахь Iийна Айза, ткъа хIокху Ахьмадан хIусамнана хилла иза йехаш йолу берхIитта шо ду. Суна вина цхьа кIант ву Айзин, ткъа хIокху Ахьмадана дина кIант а, йоI а ду. Оцу берхIитта шарахь, шен кIентан санна, сан кIентан дола дина хIокху Ахьмада. Сан кIант а, Ахьмадан кIант а, йоI а цхьана ненан кийрара схьабевлла йиша-вежарий бу. Сой, Ахьмаддий, Айзий къанделла, мел даьхча а, хIокху дуьненахь дукха дехар дац. Амма тхан бераш а, церан тIаьхьенаш а йаха йеза. Вовшашца мостагIалла-м хьовха, хьагI-гамонаш лело хан а ца йисина сан а, Ахьмадан а, йа уьш лело бахьанаш а дац, нагахь санна тхойша цIена бусалба а, къонах а велахь. Далла а, суна а бен ца хууш, кхин цхьа хIума а лелла хIокху гIуллакхна йукъадогIуш. Сибрех ваханчул тIаьхьа пхийтта шо даьлча, со дийна цIавоьрзург хиларх дог а диллина, сайца цигахь нисвеллачу цхьана воккхачу Iеламстагах-узбеках дага а ваьлла, и узбек а, кхин цхьа гIезало а – и ши бусалба стаг тешаш а болуш, оцу Iеламстага сайна хьехначу шариIатан некъашца, кхузза цIe а тесна, и Айза, сайн цIар тIера дIа а йаьккхина, йитинера ас. Шена лаахь, маре йаха а, лаахь, ца йаха а, сайна декхар йолчуьра маьршайоккхуш. Нагахь санна ас дуьйцучух шу ца тешахь, айса иза дина аьлла, шуна хьалха Къуръан тIехь дуйнаца чIагIо йан кийча а ву со. ШариIате даьккхича а, адамаллин гIиллакхе, оьздангалле даьккхича а, мискъалан зарратал бехке дац Ахьмад а, Айза а, цаьршиммо йа суна а, йа шайна а дина эхь а дац. Соьгахьара цхьа а тайпа хьагI-гамо хир йац цаьршинна. Сан кIант воккха хилла, иза шен зуда а, бераш а долуш вехаш ву. Ткъа Ахьмадан кIант а, йoI а жима ду, вуьрхIитта, пхийтта шераш долуш. КIанта зуда йало а, йoI маре йаха а йеза. Айза шен шина бераца Ахьмадан хIусамехь йиса лаьа суна. Сайн кIант а, Ахьмадан йoI а, кIант а, йиша а, вежарий а хуьлийла лаьа суна. Панта-Хьаьжа, ас йина кхел бусалба динца, шариIатца нийса йуй?

– Суна хуучу бусалба динан Iилманца лерича, цхьа хьаьрк а гал хIума доцуш, нийса кхел йина ахь, Iела.

ТIаккха вукху кхаанна тIевирзира Iела:

– ХIокху йуьртахь а, арахь а лоруш ву шу кхоъ. Ас йинчу кхелаца суна эхь долуш хIумма а дуй?

– Дера, дац, Iела. Хьо цIена бусалба а, оьзда стаг а, вуьззина къонах хиларна тоьшалла ду ахь динарг. Изза олу оха хьоьга а, Ахьмад. Дела реза хуьлда шуна. Дала безам а, марзо а латтайойла шун доьзалшна йуккъехь.

– ХIинца тIаьххьара а цхьа-ши дош олу ас. ХIокху йуьртахь зударша а, царал а оьшучу цхьацца божарша а сох а, Ахьмадах а лаьцна питане мотт-эладитанаш леладо бохуш, хезна суна. Цундела тховса вайн хилла xIapa къамел йуьрте дIахаийта. Тховсачул тIаьхьа и тайпа мотт-эладита лелош стаг суна хаалахь, цуьнца цкъа а сан машар хир боцуш, мостагIалла хир дуйла а хаийта. И дехар къаьсттана хьоьга ду, Панта-Хьаьжа. ХIунда аьлча, цкъа-делахь, хьо йуьртан къеда ву, шолгIа-делахь, и мотт-эладита айъина леларш хьоьца уьйраш йолу нах бу а, боху. Иза чекхдели, хIинца кхин хабарш а дуьйцуш, шуна кIордадаллалц сакъоьрур ду вай.

Меданас йовхха сискал а, кхехкийна кхоьш а йехкира царна хьалха.

***

ЗОРБАНЕРА МОГIАНАШ

Вайн Iедало хIитто йуьртдай хьалха къуй, талорхой хилла, сий дайна нах бу. Iедал шайн каракхаьчча, цара харцонаш, йамартлонаш, хьарамлонаш лелош, ницкъ бо бахархошна. Iедална хьалха бехк-гуьнахь а доцчу нахана таIзарш до, цаьрца шайн хьагI-гамонаш нисйеш. Йуьртдай шаьш а хуьлу къуйн а, талорхойн а гIеранийн декъашхой. Цаьрга болчу цабезамна, уьш йуьртдай хIиттош долу оьрсийн Iедал а ца деза нахана.

Я. Абрамов

Нохчийн долара латта мел кIезиг ду хаа, сурт хIотто хала хир ду шуна. Хьан латта мел ду аьлла, шега хаьттича, вертан кIел хоъал ду, олу нохчочо. Латта механа деза ду церан. Цхьа йетт тIехIоттал долчу лаьттан оцу аьттан мах бу. Оцу хьолан ойла йича, уьш, мацалла ца леш, хене муха бовлу-те олий, цецволу.

1905-чу шеран 5 июлехь депутата

А. П. Масловс Пачхьалкхан Думехь

динчу къамелана тIера

Ламанан Нохчийчоьнан 90% бахархой данне а латта доцуш бу, 77% аренгара бахархой латта кIезиг долуш бу. Нохчийн дуккха къехоша, беза мах а луш, ханна лело латта оьцу гIалагIазкхийн а, шайн а хьолахошкара. Иштта латта оьцуш, xIopa шарахь царна 400 эзар сом ахча ло нохчаша.

Лаьттах пайдаэцаран хьокъехь

Теркан областан администрацис

кхоьллинчу комиссин отчета тIера

VIII корта. Декъазнаш

Ша-ша вай кIезиг а,

гIорасиз а ду,

ткъа бертахь катохахь,

лам ластор бу.

К. Хетагуров

1

XIapa берриг а бохамаш буьйлабелира, докъан пхьор хиларшна, Инарлин говрашна тIехула. Буьйсанна дIахоьцу уьш Хьомсуркъин стундех дисинчу жимачу ирзо тIерачу хьаьжкIашна йукъайоьлхура. Цара цу йукъахь хIоттийнарг дийр дацара хьакхарчаша а. Цкъа а, шозза а, кхузза а элира Хьомсуркъас оцу Инарле, и говраш ма лехка цига, шен йан а йоцу хьаьжкIаш хIаллакйо цара. Амма Инарла дуьхьал жоп дала а ца вешира. ТIаккха, цхьана Iуьйранна лехча, Инарлин йиъ говр ца карийра. Йахана меттиг а ца хууш, лар а ца карош, тIепаза йайра уьш. Хьомсуркъас уьш къайлайаьхнийла хаьара Инарлина, иза бехке а вина, даррехь Iедале дIавала ца ваьхьара. Къайлах барт а бина, стражникашца Гати-Юьрта пурстоп Хамов валийра цо.

Герз лаха цIийнах хьовсу аьлла, бахьана а хIоттийна, талораш дан буьйлира салтий. Иза уггар хьалха Хьомсуркъина тIера дIадолийра. Шен йоIаца забар йан гIоьртина салти, цуьнгара герз схьа а даьккхина, гIибаваллалц йиттина охьа а виллина, ведда йуьртара дIавахара Хьомсуркъа.

Пурстоп оьгIазвахана а, дог доьхна а дIавахара Гати-Юьртара. ХIетахь кхуза вогIуш, цо чIагIо йинера, Хьомсуркъа а, Овхьад а, Солта а, лаьцна, букъа тIехьа куьйгаш а дихкина, дIавига. ТIаьххьара шиъ xIapa кхуза кхачале йуьртара араваьллера, ткъа Хьомсуркъа, хIокхуьнан мера кIел салтичунна гIибаваллалц йетта а йиттина, цуьнан герзаца ведда ваханера. ЦIийнах хьаьжча, карийнарш а хIун йу? Итт патармица цхьа берданга а, мокхазан кхо топ а, тиша бархI шаьлта а, ши тур а. Бердангин да лаьцна Ведана дIавигира Хамовс. Амма округан начальникана подполковникана Ханжаловна цунах кхачо ца хилира. Теза-маьттаза дешнаш ца кхоош, Хамовна барт биттира оцу хьожа йогIучу суьйличо. TIe, Гати-Юьртара хIара йухавирзича, Саьмби-КIотарарчу бахархоша тIулгаш а кхийсира хIокхуьнан отрядана тIе. Царах цхьаъ пханарх кхетта, масех дийнахь букъ лезира Хамовн. Бакъду, оцу кIотарара лаьцна вигна виъ стаг набахти-м кхоьссира цо.

Карзахечу Гати-Юьртана таIзар дарехь доггаха гIуллакх цадарна а, кхузара коьрта кхо бунтовщик кIелхьарвалийтарна а Хамовна дIахьедар а дина, и гIуллакх шен кара ийцира Ханжаловс. Стомара Гати-Юьрта веанчу Хамовс, нах майдана а гулбина, царна дийшира Ханжаловн омра.

«Цуьнан Воккхаллина, йерриг Россин… императора, цуьнан цIенна дуьхьал, цуьнан Iедална, цо хIоттийнчу къепена дуьхьал гIеттинчу Гати-Юьртана тIедожадо:

§1.

Нийсса итт де далале 100 топ а, царна 2000 патарма а, 500 шаьлта а, 50 тур а Ведана гIопе охьадиллар.

§2.

Схьайалаза йисинчу хIора тоьпа тIера 50 сом, тур-шаьлтанна тIера 10 сом, патарми тIера 50 кепек ахча охьадиллар.

§3.

Герз схьаделлачул тIаьхьа цIийнах хьаьвсича, нагахь санна кертахь йа карахь герз карадахь, иза дIадаккхарал совнаха, бехкечуьнгара xIapa гIуда даккха:

3-линейки тоьпана        – 300 сом,

японски тоьпана        – 200 сом,

бердангина        – 100 сом,

мокхазан тоьпана        – 50 сом,

тапчина        – 50 сом,

тур-шаьлтанна        – 20 сом,

патармина        – 50 кепекана тIера 3 соьме кхаччалц.

§4.

Йуьртана тIехь долу 5104 сом – пачхьалкхан а, Ieдaлан а декхар – итт де далале охьадиллар.

§5.

Йурт Iедална дуьхьалйохуш, зуламе питанаш лелош волу Хортаев Овхьад, Солтханов Солта, Сулиманов Хьомсуркъа, лаьцна, Iедале схьавалар.

§6.

Тоьхначу хенахь xIapa омра дуьззина кхочуш ца дахь, Гати-Юьртана луьра таIзар дан.

Ведана округан начальник,

подполковник Ханжалов

2

Гати-Юьртахь хиллачу оцу хьовр-зIовро Соьлжа-ГIала базара валийна Янаркъа, ша деанчу пxea вертанах диъ бархI-бархI соьмах дIа а доьхкина, тIаьххьара дисинарг белша тIе а кхоьллина, иза оьцуш стаг валаре хьоьжуш, гIийлла бIаьрг бетташ, вертанаш духкучеран могIарехь хIоьттина лаьттара.

Селхана делкъал тIаьхьа Гати-Юьртара охьа, гIaш ткъа чаккхарма некъ беш, Гезлойн станце а веана, цигахь хьешашкахь буьйса а йаьккхина, сатоссуш цига кхаьчначу цIерпоштахь малх лакхабаьлча, кхуза кхаьчнера Янаркъа. Ша цIера араваьлчахьана цхьана хIуманах вогуш веара иза гIала. Иза шайн кех ара ма-веллинехь, цунна тIенисйелира йаьссачу кIудалца хи тIе йоьду Сету. Хих йуьзна шийтта кIудал цуьнгахь хилча а, иза ша тоьур йара стеган некъ эгIо. Кхин тIе а, Янаркъин дог дохийнера сийсара цунна гинчу гIено. Дуккха а адамаш, цара буьйцу xIapa ца кхета мотт, маьхьарий, дов, цIий. ГIенах цIий гар-м дика ду олура, хIетте а Янаркъа резавацара оцу гIанна.

Схьакхаьчча, цунна кхузахь хеза хабарш а дацара хIумма а маслаIате. Базархоша дийцарехь, карзахе хьал дара гIалахь. Заводашкахь, фабрикашкахь, мехкадаьтта доккхуш а болх беш болу оьрсий шайн алапаш алсамдахар, къинхьегаман а, Iep-дахаран а хьелаш тодар, шайна цхьацца бакъонаш йалар Iедале дIахьедеш, белхаш а совцийна, гIалин майданашкахь гулбелла, бохура. Салтий а, гIалагIазкхий а уьш цигара дIасалахка гIоьртича, цара вовшашна буй-тIара йеш а, белхалошна тIе герз тухуш а меттигаш хуьлу, бохура. Iедална дуьхьалбевллачу оцу оьрсашций, йарташкарчу нохчашций кхузара салтий, гIалагIазкхий лара а ца бина, царна гIоьнна кхечу областашкара эскарш далош ду а, бохура. Иштта балош болчу салташа а, гIалагIазкхаша а, кхо де хьалха шаьш тIехь долу цIерпошт Несарехь сецча, цунна гондIарчу гIалгIайн йарташкахь талораш дина, цигахь хиллачу тIамехь дикка гIалгIай а, гIалагIазкхий а байъина бохуш а, дуьйцура. Дийцарехь, и кхерам гIалахошна а герга бара. Сийсара шаьш Соьлжа-ГIала ма-кхоччура, тIе мел нисбеллачу ламанхошна йетта буьйлабеллачу цара, цхьана чIебарлочунна лен чов а йина, уьш маларш муьйлуш, талораш деш, хьерабевлла лелаш бу бохуш а, дуьйцура.

TIe, иза ца хилча а, кхин шортта бала ма бара Янаркъин кийрахь. Цо Iедална такха дезаш налогаш а, гIуданаш а цхьаьнатоьхча, йалх туьма ахча дара. Iалелай, Янаркъина ма дукха ахча ду-кх иза! Мел дика а боккха цхьа йетт. Ткъа Янаркъин кертахь, йеккъа цхьа аьттан цIоьллаг йоцург, беа кога тIехь кхин хьайба дац. Янаркъа а, цуьнан йоккха стаг а хене доккхурш цаьршиннан маззакъдоьлла къена куьйгаш ду. Тохара, цхьа пхийтта-ткъа шо хьалха-м, шарахь ткъе пхи верта дора цаьршиммо, цхьаннан мах туьма а болуш. Амма хIинца дегIехь ницкъ бац. ДогIмашкара ницкъ эшна, бIаьрса а гIелделла. Иттаннал тIех верта ца дало. ТIехула тIе, хьалха цара вертанаш шайн тIергIах дора. ХIинца церан долахь цхьа уьстагI а бац. XIapa карахь дисина верта дохкалахь, диъ туьма хуьлу цунна. Цхьа туьма мукъана а шаьшшинна Iаьнан духарна ца дайъича а ца долу. Миска, корта шелло шен, кIинжа йолу кортали далахь шена бохуш, йисина цуьнан йоккха стаг. Шена хIумма а ца эцна а, цунна и кортали оьцур ду Янаркъас. Кхо туьма мукъана а цIа кхачалур дац-те? ТIаккха ах декхар тIерадоккхур дара. Амма дерриг а йалх туьма дIаделча а, кIелхьара ца волу. Герз а, ахча а доьху. Ткъа Янаркъин, атталла, мокхаз буьллу нохчийн тапча а йац. Цхьа тиша шаьлта йоцург, кхин герз дац. Тохара, и къона волуш, цо тIом бечу хенахь дара цуьнан уггар тоьлла герз. Цхьадерг Iедало дIадаьккхина, ткъа цхьадерг, къелла шайн гIаддайча, доьхкина. Къанвелча, цо хIун дора герзах?

Янаркъина хаьа шайн йуьртахь итт стеган бен оьрсийн а, япон а тоьпаш цахилар. Царах цхьаъ Хьомсуркъица цхьаьна хьуьнах йахана. ХIан, йолчу дайша важа исс дIаелча а, ма йуьсу йуьртана тIехь йезткъе цхьайтта топ. Уьш эцна йала йеза йа церан метта хIоранна тIера пхиппа туьма ахча дала деза. Тур-шаьлтанаш а, патармаш а ма ду такха дезаш. Мел ахча лоцу цара? Хьанна хаьа иза лара! Лаххарчу хьесапехь, исс-итт туьма ахча тIедужу Янаркъина. Дерриг а лерича – налог, гIуданаш цхьаьнатоьхча, – йалхитта туьма. Иза такха долахь, дууш-молуш а, тIедуха-когадуха а доцуш, шина шарахь къахьега деза цаьршиммо… Амма гатийуьртахоша лур дац Iедална йа и декхарш а, йа герз а. Цара муха, мичара ло уьш, шайн ца хилча? ТаIзарна салтий йуьрта багIахь, царна дуьхьало йан барт хилла гуламехь.

– Эткаш хьанна йеза! Дика эткаш! ЧIогIа эткаш! Йорах эткаш йезарг схьавола! – сих-сиха мохь тухура Янаркъина уллохь лаьттачу векъначу, бесечу оьрсичо, шина эткан бертигашна чу куьйгаш а доьхкина, эткийн айраш вовшах а детташ.

Стигал кхола йолайелча, сагатделира Янаркъин. Нагахь и дисина верта хьалхехьо дохкалахь, ша оьцург а эцна, тахана цIа ваха ойла йара цуьнан. Амма цунах цхьаммо а йалх соьмал тIех ца лора. Муха лур ду цо иза оцу мехах? Йоккхачу стага буьззинчу баттахь хьегна къа. Вукху деаннал ледара-м, дера, ду хIapa. BopхI-aх делча-м дIадохка реза хир вара иза.

– Вон ду вайшиннан гIуллакхаш, ваша, – элира эткаш йухкучу оьрсичо. – Вайшиннан товар дорах деза массарна а. Ткъа сан цIерачу, хIорш йохкаре хьоьжуш, ладоьгIучу бархI къамкъарган бала бац цхьанна а. Эткаш йезарг схьавола! Йорах дIало шуна!

ХIетталц паргIат мах беш хилла базар, йохийнчу зингатийн туьйлигах тарлуш, цIеххьана меттахъхьайра. Янаркъина гира, шайн хIуманаш дIа а лоьIуш, уьш пхьаьрса кIел лаьцна а, ги йетташ а, базарара адамаш дIауьдуш. Дехьо йалташ духкучу могIарехь гIовгIанаш йевлира. Цигахь мах бийраш дукхахберш нохчий хуьлу дела, хIун хилла-те аьлла, сагатделира Янаркъин.

– Хьажал хьо, ваша, и схьагIерта бехна тIуртIазбевлла гIалагIазкхий! – Янаркъина муьшка йира эткаш йухкучо. – Слепцовскера тхан станичникаш бу уьш. ЦIахь а, арахь а синтем бац-кх цаьргахьара! Хьолахойх бу уьш. Хьажахьа, хьажахьа! Велла волийла со, царна хьалха вoгIypг тхан станицера къу Игнат вацахь! Ой, иза лаьцна, набахти чувоьллина ма вара? ХIинца гIалахь, базархула маьрша лела! Диканна схьа ца гIерта уьш. Кхузара дIавалий вайша?

Цо дуьйцучух ца кхетахь а, иза хьоьжучу агIор дIахьаьжча, Янаркъина гира, нах дIаса а тоьттуш, воьлуш, терсаш, шайна тIе схьагIерта пхи стаг. Ламанхойн духарца кечвелла, коча тийсина тарраш долуш волу виъ гIалагIазкхи вуйла хиира Янаркъина, царах бIаьрг ма-кхийтти. Ткъа царна хьалха вогIу лекха, зоьртала стаг гIалахойх вухавелла вара. Янаркъина ца везавелира маларо бIаьргаш цIийдина, йаххьаш севсина, техкаш, кхийсалуш цунна тIаьхьавoгIy виъ гIалагIазкхи. Цара дагадаийтира цунна ши-кхо де хьалха Несарехь а, ткъа сийсара кхузарчу вокзалехь а хилла бохуш, дуьйцу дов.

– ХIей, дед, верта духкуш дуй хьан? – Янаркъин белшаш тIекхоьллина кхозучу вертанах пIелг Iоьттира оцу веанна хьалха вогIучо. – ХIун доьху ахь?

– Цхьа туьма, – элира цо, пIелг хьала а лаьцна. – Один чорвон.

– Къена Iовдал, оцу истангах туьма хьан ло хьуна? Ишттанехьа схьало, мах боцуш, – Янаркъин белшаш тIера чоа, озийна, схьа а даьккхина, хьаьрсачу, стоммачу, лохачу гIалагIазкхичун кара тесира лекхачо. – ДIаэца, гIалагIазкхи, хьоьгахь товш хир ду хIара!

Уьш шегара верта эца ца гIертийла-м хаьара Янаркъина, амма, цара иза дийр ду, ца моьттура. Цхьана минотана цецваьлла, воьхна висира иза, тIаккха шена ахча а ца луш, уьш дIабоьлхий хиъча, тIаьхьа а хьаьдда, гIалагIазкхичун пхьаьрса кIелхьара шен верта, катоьхна, озийна схьа а даьккхина, маракъевлира цо. Амма царах цхьаммо, эрабугIано санна, ворта а саттийна, чухьаьдда, чоьже буй тоьхна, кхоьссина аркъалвахийтира иза.

– Аш хIун до, ва станичникаш? Мича бахьанина йетта аш оцу мисканна? Делах мукъана кхера, – мохь оьхура эткаш йухкучун, амма лекхачо, бетах буй тоьхна, аркъал вахийтира иза а.

– Вежарий! Йетта нохчашна!

– Йетта ордина!

– Ата азиаташ! Церан бехк бу, цIepa а даьхна, вай схьадалор!

– Йетта акхарошна!

ШолгIа тоьхначо синкхетамах ваьккхина Iуьллучу Янаркъина ца хезира цара хьоькху акха маьхьарий а, ца хаалора, мийраш бетташ, ша хьоьшуш а…

3

Синкхетаме веача, ша цхьана ца евзачу хIусамехь карийра Янаркъина. БIаьргашна тIеуззуш, шен хьаьжа тIе диллина хица шелдина гата хьала а теттина, цIа чухула дIаса бIаьрг туьйхира цо. ХIокху чохь дерг цунна цкъа а цагинарг дара: хIapa ша тIехь Iуьллу лекха гIовлеш йолу сетта маьнга а, стол а, лекха диъ гIант а, баьрчерчу пенан сонехь тIехула гата а тесна кхозу цхьана безамехьчу стеган сурт а. Уллорчу гIанта тIехь хих дуьзна доккха йоьзан зока а. НеIарехь кхозучу бедарш йуккъехь шен чоа а, куй а, неIарехьа цIенкъахь неIармачаш а гира цунна. Верта гуш дацара цхьанхьа а. «Ванах, со мичахь ву-те? – ойла йора цо, шех хиллачух ца кхеташ. – ХIapa гIенах ду-те йа самах ду-те?».

Корах чуеанчу маьлхан асано цхьа тамехь бохбинера цуьнан дегIан аьтту aгIo. Оьрсийн йовхачу чоьракан чомехь хьожа а йогIура. Хьогалла хааелла, хи мала дагахь зоки тIе куьг кховдо гIоьртира иза. Цхьадика, аьтту куьг дукха лазоза хааделира цунна.

КIез-кIезиг хIуттуш, цуьнан кхетамехь меттахIоьттира селхана хиллачун сурт. Амма муха кхаьчна-те иза xIoкху йаьссачу хIусаме? Верта а дац гуш. Цунах а хIун хилла-те? ХIун хилла-те бохуш а, хоьттий! Оцу хьакхарчаша дIадаьхьна хир ду-кх. Иза-м дайча а хIун дара, ахча мукъана а хилахьара цуьнан гIовталан кисанахь. Хьала а гIеттина хьожур вара бохург хьехочохь а дацара. ДегI ма ду, зоьпарш тоьхча санна, лацаделла. ГIаттавелча а, хIусамдай чохь а боцуш, хIусамехь волавелла лелча а, гIиллакхе хир ма дац.

Дукха хан йалале неIарх чоьхьайелира безамехь, ткъе пхийтта шо хенара меташка. Самаваьлла Янаркъа гича, хазахетта тIехьаьдда, цунна улло гIанта охьахиира иза.

– Хьо-м синкхетаме веана! Муха ду хьан дегI? Дукха лозий?

Шена мотт ца хаахь а, цо хIун хоьтту, хиира Янаркъина.

– Дика ду. Харшо. Йахши, – цхьа а церг йоцу бага йоккха гIатта а йина, догцIена велакъежира иза.

– Далла бу хастам, хьуна гIоли хилла, – йелхаозийра зуда. – Сой, сан майрий тIекхаьчча, халла хаалуш садоьIуш, велча санна, Iуьллура хьо. Суна-м, хьо велла, моьттура. Верриг а цIийший, чевнаший вуьзна, Iаржвелла… Кхераелла, мохь белира сан. Федяс шена гIoдар дийхира. ТIаккха цой, цуьнан доттагIчой – оха кхааммо, айъина йуьстах а ваьккхина, хица цIанвина, извозчик а лаьцна, цIа валийра хьо. Сийсара буьйса йукъал тIехйаллалц харцлуьйш вара хьо, кхин синкхетаме ца вогIуш, наб хьашаелира хьуна. Оцу хьерадевллачу акхароша эрчо йинера хьуна тIехь. Хьо-м дийна висина. Байъинарш а бу дуккха а…

Зудчо къамел дора, цкъа йелха ийзош, тIаккха йекхалуш, йукъ-кара шен ховха куьг Янаркъин хьаьжа тIе а дуьллуш, тIера йургIа а нисдеш. Ткъа Янаркъас, цо дуьйцучух ша ца кхетташехь, иза йелаелча, велакъежаш, йелха озийча, кхоьлуш, лерина ладоьгIура цуьнга.

– Сан цIе София йу. Со-фи-я, – бохура зудчо, шен некха тIе куьг а детташ.

– Сопи, Сепият! Нохчийн цIе йу иза, – воьлура Янаркъа, цуьнан цIе а йохуш.

– Ткъа хьо мичара ву, дедушка?

Дуккха а къахьегначул тIаьхьа цуьнан хаттарх кхийтира Янаркъа.

– Гати-Юьртара ву со.

– И цIе йолуш йурт йуьйцу ца хезна суна. Генахь, лаьмнашкахь хир йу иза.

– Гена йу. Далико.

– ХIумма а дац, дедушка, карор йу вайна хьан Гати-Юрт. Федяс ша цIа вогIуш шеца балхахь волу цхьа нохчо валор ву. Хьамзат йу цуьнан цIе. Тхан доттагI ву иза. Оьзда, хьекъале, дика кIант ву Хьамзат. Шера оьрсийн мотт а хаьа. ХIинца митингехь ву и шиъ. Базаран майданахь. Цига гIалара белхалой а, йарташкара нохчий а – масех эзар стаг гулвелла. Суна а лиира Федяца цига йаха. Хьоьга хьожуш цIахь Ie аьлла, йити. Тхойша гIала деана ма йац дукха хан. Червленерчу гIалагIазкхех ду тхо. Латта а, сту-говр а дацара тхан. Ткъа доьзал хене баккха дезара. Диъ бер ду тхойшиннан. ХIетахь шиъ дара. Пхи шо ду тхойша гIала схьакхелхина. Федяс нефтан промыслехь болх бо, ткъа ас – бедарш йуьттучохь. Алапа кIезиг ду тхан. Иза а чомахь кара ца кхочуьйту. Мацалла ца дала, caгIa ца деха гIерташ, цхьацца лол бетташ, хене дуьйлу. Берашка дешийта аьтто а бац. Воккхахволчу кIентан итт шо ду. Ишколехь доьшург мах боккху. Ткъа алапа тхуна дуучунна, тIедухучунна а халла тоьу. Чудуьйла, Митя, дедушка самаваьлла. Хьуна гIoвгIa ца йайта, ловза бахийтинера ас хIорш. ХIapa воккхачул жиманиг ву тхан. Ма кхера, схьачувола. Урамехь дуьйцуш хеза берашна, нохчий къиза адамаш ду, цара шаьлтанаш хьоькхуш, адамаш дойу бохуш. Цундела, нохчо гича, кхерало хIорш.

ТIейуьйхина тиша, амма цIена, йеха боьза коч а, йоца хеча а йолуш, коьртаIуьйра, хьаьрса жима кIант, чоьхьа а ваьлла, корта охьа а таIийна, кIелдIахула Янаркъе а хьоьжуш, неIарехь сецира. Цунна тIаьххье неIарехула гучубелира жимачу йоьIан хьаьрса корта а.

– Чуйола хьо а, Марина. Дедушкас-м хIумма а дийр даций. Дядя Хьамзат санна, дика стаг ма ву хIара а. Иштта дика адамаш ду берриг нохчий а. Шун папа а, дядя Хьамзат а санна. Дуьло, маршалла хатта дедушке.

TIe а деана, дIахIоьттинчу шина берана ша хIун там бийр бу ца хууш, цаьршиннан коьртах куьг а хьаькхна, хIусамнене шен гIовтал схьайийхира Янаркъас. Йоккхачу стага базарна аьлла, машин йоккха йома а латош динчу гIовталан чухуларчу кисана куьг Iоьттира цо. Вертанаш доьхкина ахча долуш дара. Лерина шад беш, бехчалга йукъа хьарчийна цIера деъна цхьа сом кегийра ахча схьа а даьстина, берашка дIакховдийра цо.

– Дедушка, хIун до ахь? – мохь белира иза дан гIертачух кхеттачу ненан.

– Кампет, кампет…

– Ца оьшу! Мегар дaц! – Янаркъин куьг йухатоьттура Софияс, амма дехарца шега хьаьжначу воккхачу стеган догцIенчу сийначу бIаьргаша сацийра иза.

– Вай Дела! Оццул ахча берашна! Муха мегар ду xIapa? Иттех кепек йелча а тарлур дара. Дийнна сом! Хьанна хаьа, иштта гIиллакх хир ду-кх шун. ТIаккха иза дохадойла а йац. Ой, со а йу хаза! Лазархочунна чай дала а дицделла, бага йетташ Iа!

Дукха хан йалале цIа веара хIусамда Федор Тимофеевич. Дезочу дегIара, горга йуьхь, дуькъа Iаьржа мекхаш, сийна бIаьргаш долуш, метта буьххьехь лер долуш волчу цуьнга бIаьрг ма-кхийтти, безам бахара Янаркъин. Цуьнца вара къона нохчо а, цхьа оьрси а.

– OxI, сан хьаша-м, хьаха, товелла Iуьллуш ма ву! – Янаркъина тIехьаьдира хIycaмдa. – Ткъа ас лор валийна хьуна дарбанаш леладайта. Охьаховшал, Василий Степанович. Хьамзат, хьо тхуна уллохь хаахьа, талмажалла дан. ТIаккха, воккха стаг, муха йу хьан могашалла? Цуьнга хьажахьа, Василий Степанович, къамел дечу хьолехь вуй-те иза?

Горга тойина хьаьрса маж, даккхий мекхаш долу кхузткъа шо хенара векъана, лекхачу дегIара лор, шен бIаьргех куьзганаш а доьхкина, Янаркъина улло маьнги тIе охьа а лахвелла, цуьнан бекъа пхьарс кара а лаьцна, куьйган хьорка йолччерчу пхона тIе пIелг а биллина, ладегIа хIоьттира. ТIаккха жимачу зурманах тера цхьа xIyмa букъа тIе а, некха тIе а лоьцуш, Янаркъин садаIаре ла а дегIна, хьалагIеттира иза.

– Кхераме хIумма а дац. Цхьана кIиранах Iиллича, товелла, цIа гIyp ву.

Хьамзата Янаркъина дийцира селхана базарахь хилларг. Нохчашна йетташ, уьш талош, бехна хьерабевлла лела гIалагIазкхий совцо йалийнчу салтийн полко уьш совца-м муххале а ца бира, мелхо а, царах дIа а кхетта, нохчашна йиттира, талийра. ВуьрхIитта нохчо вийна, ткъа, Янаркъа санна, йиттина кIелбитинарш дуккха а бу. Царах цхьаберш накъосташа йарташка дIабигна, цхьаберш больнице охьабехкина. Когаш тIе ирахIитталурш шаьш дIабахна. ГIалагIазкхаша а, салташа а нохчийн цIенош, туьканаш отуш, талийна. И дерриг а Iедалца бертахь лелийна, нохчийн а, оьрсийн а барт ца хилийта, царна йукъахь мостагIалла кхолла.

– Далла бу хастам, хьо дийна висарна, – элира Федора Тимофеевича, лоьраца шен къамел хилча. – ДуьххьалдIа са чIогIа а хилла, ца леш висина хIара. Селхана тхо тIекхаьчначу хенахь xIapa гинарг хIокхуьнан къина воьлхур вара. Хьанна моьттура, xIapa дийна вуьсур ву? ХIинца, Хьамзат, дийцахьа воккхачу стагана тахана митингехь вайн хилла къамелаш. Алахьа цуьнга цига гулбеллачу оьрсийн а, нохчийн а къинхьегамхоша Iедалан и Iаьржа гIуллакхаш бехке до. Оьрсийн къинхьегамхойн, со санначу къечу гIалагIазкхийн цхьа а тайпа хьагI-гамо йац нохчашца. Мелхо а, шуна улло а хIиттина, паччахьан Iедална дуьхьал къийсам латто, иза дохийна дIадаккха, шуна а, тхайна а маршо йаккха, цхьа вежарий а хилла даха лаьа тхуна. Къийсамехь вай цхьаьнакхетча, шена дуьхьал мел боккха ницкъ хир бу, хаьа Iедална. Цундела шен ма-хуьллу вайна йукъахь мостагIалла кхолла а гIерта. Селхана оцу гIалагIазкхаша динарг дан шайна дага а ца деана. Iедало ахча а делла, хьерабовллалц къаьркъа а малийна, нохчашна тIехецнера уьш. Ткъа муьлш бара и гIалагIазкхий? Къуй, талорхой, адамашдайархой, цхьана дашца аьлча, куьйгаш гоьллелц цIийх дуьзна зуламхой. Лецна лаьттина а, шуна тIехь и акхалла йийриг набахтера арахецна а. ХIокху махкахь а, йерриг Россехь а халкъ паччахьна, Iедална дуьхьал карзахдаьккхинарш ламанхой, жуьгтий, эрмалой, кхиболу инородцаш а бу бохуш, церан лерехь зурма а лекхна. Шу оьрсашна, yггap хьалха, гIалагIазкхашна дуьхьал ду, оьрсий, гIалагIазкхий хIокху махкара дIалахка шу гIевттина бохуш. Уьш дерриг а Iедалан, хьолахойн, черносотенцийн питанаш ду. Цхьаболчу нохчаша зуламаш до гIалагIазкхашна а, муьжгашна а. Ткъа гIалагIазкхаша а, салташа а бехк-гуьнахь боцчу нохчашна таIзарш до. Селхана санна. И шиний агIорхьара зуламхой ца совцалуш ма дац Iедал. Цунна ца лаьа уьш совцо. Мелхо а, гIалагIазкхашна герз ло нохчашна дуьхьалдаккха. Вукху aгIop, нохчийн зуламхой таIзарза маьрша буьту. Цаьрга оьрсашна зуламаш дайта. Нохчийн а, оьрсийн а барт ца хилийта. Царна йукъахь машар ца хилийта, мостагIалла латто. Амма вай мостагIий дац, хир а дац цкъа а! Паччахь а, хьолахой а, церан Iедал а ду вайн йукъара мостагI. Цундела, тешалахь, сан доттагI, догIур ду цхьа сирла де, и вешан йукъара мостагIий вай аьтта дIа а баьхна, цхьана ден-ненан доьзал, цхьа вежарий хилла, бертахь, машаре, ирсе дехаш!

Хьамзата и къамел гочдича, охьа а хиъна, хIусамден куьг лецира Янаркъас.

– Хьамзат, алал хIокху шинга, нохчий кху дерригенах кхета боьлла. Оха цхьана а хIуманна бехке ца до оьрсийн халкъ. БIеннаш шерашкахь тхо хIаллакдарна а, тхоьгара маршо дIайаккхарна а, тхуна тIехь къиза Iазап латторна а, селханлерчу акхараллина а бехке паччахь а, хьолахой а, церан Iедал а дуйла, хаьа тхуна. Паччахь а, хьоладай а, и селханлера зуламхой а – уьш ма дац оьрсийн халкъ. Оьрсийн халкъ – иза шуьшиъ а, Сопият а, селхана суна уллохь эткаш йухкуш лаьттина миска оьрси а, шу саннарш а ду. Иштта, ахь санна, дийцира тхуна тхан йуьртарчу Iелас а, Овхьада а. Нагахь санна цаьршиммо дуьйцучух селхханалц сан шеко хиллехь, иза хаза кхоччуш дIайаьлла. Баркалла шуна. Аш Iожаллех со кIелхьарваккхарна ца олу ас и баркалла, ткъа шаьш суна довзийтарна, аш соьца лелийнчу гIиллакхна, шун оьздангаллина, аш сан даг тIера шеко, мекха дIайоккхуш, сан дог цIандарна. Суна дика хета селхана сайна йеттар. И де ца хиллехь, сан аьтто хир бацара шу довза…

Бераллехь дуьйна цкъа а бIаьргех хи ца даьллачу Янаркъин ши бIаьрг тIунбелира, балдаш дегийра. Шен осалвалар царах къайладаккха, гIайби тIе дIа а тевжина, йуьхь пенехьа йерзийра цо.

Хьамзата хиттира цуьнга мила ву а, мичара ву а. Янаркъас дийцира ша Нохчмахкарчу Гати-Юьртара хилар а, ша базара варан бахьана а.

– Доьзал буй хьан?

– Йоккха стаг йу. Доьзалхо а вац тхойшиннан. Ваша а, шича а вац.

Хьамзата ойла йира.

– XIapa сан хьеший оьрсий Iаламат дика адамаш ду. Делахь а, хьо кхузахь витар гIиллакхе ца хета суна. TIe, хIорш гаттехь, хала бохку. Говрийн гIудалкх а лаьцна, со волчу хьо дIавуьгур ву ас. ТIаккха гIала веана шун агIорхьара стаг лехна, хьо кхузахь ву, хьуна са ма гатде аьлла, хабар а тухур ду. Хьо гIатталучу хьоле ваьлча, хьан цIа дIа а вуьгур ву.

Янаркъас, паргIатваьлла, доккха садаьккхира.

4

Лаа ца аьлла, стеган дагна тIебоьду некъ гай чухула дIа бу. Шайна тIехь политически а, социально а нийсо цалатторна-м халла садеттара нохчаша. Сатоха халаниг мацалла йара. Ша тIейирзича, цо оьздангаллех, гIиллакхах ца вохош, зуламе ца вожош наггахь стаг а бен ца волу. Нохчийчоь къарйинчул тIаьхьа паччахьан Iедало дуьйш-дерзош долу ах латта нохчийн долара дIадаккхар бахьана долуш, хаддаза мацалла йара нохчашкахь. Мацалло, цIийнах а, йуьртах а воккхий, доьзална рицкъа лаха хьажавора доьзалан да. Кхузахь кхо некъ хуьлура цунна хьалха: йа гIалахь болх лахар, йа къола, талораш дар, йа, аренга охьа а вахана, гIалагIазкхийн, гIумкийн, гIебартойн хьолахойн латтанаш лелор. ГIалахь баха ховша бакъо йацара церан. Къоланаш, талораш дан массарна а ца лаьара. Бусалба дино дихкинера иза. Цундела нохчийн дукхахболу къехой кхоалгIачу новкъа бовлура. ГIалагIазкхийн доларчу махках нийсса ах, цара дуьйш-дерзош а доцуш, тIе къух даьлла, эрна Iуьллура. Цундела цига гIертара нохчий. Нохчмахкара бIеннаш доьзалш бара ханна лело мехах латта оьцуш йа йолах белхаш беш хене бовлуш. XIopa шарахь ах миллион сом гергга ахча токхура нохчмахкахоша оцу керлачу мехкан дайшна. ХIетте а Iедало шен политически Iалашонашца гIалагIазкхашна дихкинера нохчашна а, гIалгIашна а мехах цхьана ханна лело латта далар а, йа йукъахь леладайтар а. Цара кхечу къаьмнех болчу нахачул уьттазза сов мах белча а. Iедал кхоьрура, гIалагIазкхий а, нохчий а цхьаьна баха хевшича, балхахь цхьаьна нисбелча, церан къехошна йукъахь гергарло, доттагIалла кхолладаларна, Iедална дуьхьал къийсамехь, цхьабарт а хилла, уьш цхьаьнакхетарна. Цундела гIалагIазкхийн станицашна уллохь нохчаша йехкина кегий кIотарш йоха а йеш, уьш шайн йарташка дIахьийсабора Iедало.

Иштта, пхи шо хьалха Теркал дехьара цIа бахкийтинчарех цхьаъ вара Iаьрчхехь, лаьттах тоьла а йаьккхина, охьахиъна Жаьнтамаран Мусха.

Цхьана дийнахь, сагатделла, хьаннашкахула волавелла лелаш, Iаьрчхе кхаьчна Iела керлачу жимачу ирзо тIе нисвелира. ХIинца а кIуьрзах цIанйалаза йара хедийнчу диттех йисина, керла маргIалш тесна йуьхкаш. Пачхьалкхан а йа нехан а долара хьун хьаькхна, олийла дацара и ирзо долчуьнга. Кхин дIаса шордан таро йоцчохь даьккхинера иза. Басе шершина Iин чу а йеана хIоьттинчу торха тIехь даьккхинчу цунна гобаьккхина, ала мегар долуш, лоха берд бара.

Мокхачу басахь, уьшалан хьожа йетталучу, йукъ-йукъа тIехула туьха хIоьттинчу лаьтта тIехь можа бос бетталуш, гоьллелц йогIучу хьаьжкIашна асар даккха гIepташ воллура сира, йеха маж а йолуш, векъана воккха стаг. ХьаьжкIашна йуккъехь гора луьста кхиъна кхоьаш а, йоца хуталш хецна гIабакхаш а.

– Ассаламу Iалайкум, хьекъийла хьан! – мохь туьйхира Iелас, ша цуьнга нисвелча, соцунгIа а хилла.

Болх а сацийна, хьала а таьIна, гIовталан пхьуьйшаца хьаьжа тIера хьацар дIа а хьаькхна, хьаьжа тIе куьг а хIоттийна, леррина Iеле хьаьжира асархо.

– Ва Iалайкум салам! Дела реза хуьлда хьуна а. Ванах, Iела, хьо вац хIара? – шен цел белша тIе а тесна, хьаьжкIаш йукъара схьавелира воккха стаг. – Ахь хIун до, хьо лаа веаний кхуза?

Iелина ца вевзара иза.

– Сагатделла, хьаннашка бIаьрг тоха дукъа ваьллера со-м.

– ТIаккха, могаш-маьрша лелий? Охьалахлохьа. КIант а, кIентан доьзал а буй могаш?

– Дала дика кхобу. Шу а деца могаш?

Воккхачу стага доккха садаьккхира.

– Шу бохург дан а дац, Iела. Со воллу-кх хIокху холбатахь хан токхуш. Охьалахлохьа кхуза, Беци тIе. Жимма хьоьца дар-дацар а олуш, садаIа ас. Хьуна-м со вевза а хир вац. Со вевзаш нах кIезиг бу кхузахь. Ас вийцича-м, дагавогIур вара хьуна. Тохара, шу Хонкара дахале цхьа шо хьалха, тхан дай, сой шина Терка йуккъе кхелхина ваха араваьллачу дийнахь, кетIахь тхуна тIенисвелира хьо. Цул тIаьхьа шовзткъе итт шо даьлла. ХIетте а, оцу дийнахь тхо йуьртах довлуш, тхан дега ахь доггаха аьлла дешнаш цкъа а ца дицло суна,

– Мила вара шун да?

– Жаьнтамар.

Шен ойланашца цхьана минотана шовзткъе итт шо йуханехьа вахара Iела. Цунна хьалха схьахIоьттира Васалан урд аха шен старца божа сту лаха ша араваьлла де. Стерчийн вордан тIе шайн миска сал-пал а йоьттина, царна тIехула тIе кIентан бераш а ховшийна, урамехь лаьтта къена Жаьнтамар. БIаьргех хиш а лешаш, Iодика йора цо шаьш новкъадаха тIаьхьабевллачу лулахойн. Iелина чIогIа чам байра, иза кхелхина Теркал дехьа воьдийла хиъча. Вуьшта а кIезиг бисинера йуьртахь нах. Белларш-м денлур бацара, ткъа хIара дийнанаш мукъана а йуьртахь совцийла лаьара цунна.

– Вон кхелха шу цига, – элира цо Жаьнтамаре. – Лахь а, дисахь а, кхузахь цхьаьний Iийр дара-кх. Вайнехан латта ма ду аш, мах а луш, йолах лело схьаоьцург. Жимма йахь хила а ма йезара кийрахь.

– ХIун дийр ду, Iела? – йолчу тIе а гIайгIане кхоьлира Жаьнтамаран йуьхь. – ВаллахIора, хIумма а хазахеташ-м ца воьду со цига. ХIapa цIоз кхузахь хене даккха хала ду. Вайна ма-хаъара, кхузахь со тIевеана стаг ву. Пхьоьханахь сий дац сан. Куьйган бакъо а йац йуьртан гуламехь. ТIехула тIе, дайн хиллачу махка тIехь, церан кешнашна уллохь вала а, ваха а, цигахь дIаволла а, лаьа. Шу а дац кхузахь даладелла Iаш. Со санна тIебаьхкинчу наха йолчунна тIе а гатте йина шуна а…

Ша Гати-Юьртара а вацара Жаьнтамар. ТIом болчу хенахь Теркйистера шайн йурт йагийнчохь гIалгIазкхийн станица йиллича, доьзалца Нохчмахка а веана, Гати-Юьртахь сецира иза. Жаьнтамар санна, аренгара бевдда хьалабаьхкина доьзалш Iаламат дукха бара Нохчмахкахь. Вуьшта а лаьттана йоккхачу къеллехь бохкучу кхузарчу бахархошна йолчу тIе а гатте йинера цара. TIамo, бохамаша шайн лаьтта тIера бухбаьхна схьабаьхкина и нах латта доцуш буьтийла а дацара. Нохчий, бусалбанаш ма бара уьш, де доьхна лелаш. ТIом чекхбаьлча, хIорш шайн йарташка дIабоьрзур бу-кх аьлла, шайн ирзойх коржамаш хедош, царна кIез-кIезиг латта делира наха, цхьана ханна лело. ТIом болчу хенахь церан дог а оьцура бухарчу наха. ТIом чекхбаьлча, хIокхеран махка тIехь гIалагIазкхийн станицаш йехкира. Баха меттиг йоцу и тIебаьхкина нах Нохчмахкахь бисира. Кхузахь церан цIе «тIебаьхкина» нах йара. Йуьртан мехкан дакъа а ца кхачадора царна, йуьртан гуламехь куьйган бакъо а йацара церан. Оцу дерригенан а ойла йича, Iелас бехк а ца буьллура царна кхелхина кхузара дIабахарх. Уьш муха бехар бара кхузахь? Берриг а мохк наха дIалаьцнера. ХIора шарахь xIapa бухара нах а вовшех летара, шунаш а, дозанаш а къуьйсуш. Хьалха-м, доьзалехь кIант кхиъча, цо зуда йалийча йа йуьртана тIевеанчу стагана, цунна ирзо даккха хьун къастайора. ХIинца иза дойла а дацара. Йерриг а хьаннаш пачхьалкхо шен долайаьхнера…

5

Шен ойланех йукъах а ваьлла, воккхачу стаге хьаьжира Iела. Ша хиъна Iачуьра дIа а кхийдаш, хьаьжкIашна куьйга асарш дохуш воллура иза.

– Жаьнтамаран шина кIантах муьлханиг ву хьо?

– Воккхахверг. Мусха.

– Мусха… ХIетахь хьан доьзал бара, моьтту суна?

– Кхо кIант а, ши йоI а дара. Уггар доккхачун итт шо а долуш.

– Уьш мичахь бу хIинца?

Вист ца хуьлуш, вехха Iийра Мусха.

– Дийца воьлча, дукха деха ду иза, Iела, – элира цо эххар а. – Дуьйцуш, дерриг а карладуьйлу, ца дуьйцуш Iийча, цIеран уьйриг а хуьлий, кийрахь хьийза. ТIе дийца а, далхо а, сох къахета а, дог лаза а стаг а вац сан. Амма хьоьга дийцаза Iалур вац. Ахь баланаш дукха Iийшина. Со санна, ала мегар долуш, халонаш, баланаш лайна, цхьа висина стаг ву хьо. Цхьа бохам шена тIебеача, стага ойла йо, ванах, xIapa суна хилла бохам хилла стаг вуй-те олий. Ишттаниг карийча, иза а хилла собаре, со а хила веза олий, маслаIат хуьлу, сатуху, собаре хуьлу. Хьан кийрахь сингаттам бу, Iела, амма и хьайниг гIан хетар ду хьуна, соьга ладоьгIча.

«Суна хиллачул тIех баккхий бохамаш, ас лайначул тIех баккхий баланаш лан, хIокхунна тIедеанарг хIун ду-те?» – аьлла, цецвелира Iела.

– Кхузара дIадахча, шина Терка йуккъерчу гIалагIазкхийн цхьана йуьртана уллохь жима кIотap а йиллина, охьахевшира тхо. Ткъа цигахь дитарна а, тхаьш лелочу лаьттах а xIоpa шарахь йуьртана мах лора оха. Иштта, оха санна, нохчаша йехкина кIотарш дикка йара Теркан шиний агIонца. ХIокху агIор йа гIалахь нохчашкара шайна цатовриг даьлча, цигахь тхо хьийзадора гIалагIазкхаша. Цхьанхьа нохчаша шайна къола, талораш дича, гIалагIазкхи вийча, и дерриг а тхох окхура. Оцу зуламхошца тхо бертахь ду, и къуй а, и талорхой а цига оха кхуьйлу, олура. Дуккха а меттигаш нислора нохчаша царна дина къола, зен цигахь бехаш а, ханна йолах болх беш а болчу бехк-гуьнахь доцчу нохчашка токхуьйтуш. И къоланаш, талораш дийриш беккъа нохчий а ца хуьлура. ГIалагIазкхашна йукъахь а кIезиг бацара къуй. Цара а кхуьйлура нохчийн къуй цига. Шинхьарчу а зуламхоша бертахь, цхьаьний бора и болх. Цул совнаха, кхечу къаьмнех нах а бара цигахь къоланаш а, талораш а деш. Амма дерриг а нохчийн коча доуьйтура. ХIуьттаренна а, дукхахдолу къоланаш дийриш нохчий хиларна а. Оцу къуша, талорхоша вон цIе йоккхуьйту нохчийн, уьш бахьана долуш баккхий бохамаш хуьлу вайн къомана. Органал дехьара цхьа стаг вахара селхана кхузахула дIа. Дукха хан йоццуш гIалгIайн а, гIалагIазкхийн а йарташна йукъахь доккха дов хилла, гIалгIайх маситта стаг а вийна, маситтанна чевнаш а хилла, Яндаркъа а йохийна бохуш, дийцира цо. Тхо Теркйисте дахана дукха хан йалале, иштта нохчашна а, гIалгIазкхашна а йукъахь хиллачу девнехь вийра сол жимахволу ваша а.

Яндаркъехь хилла дов Овхьада дийцинера Iелина. Троицки станицана уллохь вийна карийначу цхьана гIалгIачунна тIехула йандаркъошний, гIалагIазкхашний йукъахь кхийсарш йуьйлаелча, шиний агIорхьарчарна орцахбевлла гIоьнна баьхкинера гондIарчу йарташкара гIалгIай а, станицашкара гIалагIазкхий а. TIом болабелча, шайна ницкъ хила боллийла хиъначу гIалгIаша дов къасто а, шайна йукъахь машар бан а эскарш дехнера. Царна хаьара, бехкенаш гIалгIазкхий белахь а, цаьргахьа а даьлла, Iедало шаьш бехке дийр дуйла. Шеца пулеметийн рота а йолуш, гIашлойн батальон а, гIалагIазкхийн, кхо бIе дошло а волуш, схьакхаьчначу отрядо, довхошна йукъахь машар баран меттана, Яндаркъа йохийра. Дуьйцура, ткъех гIалгIа вийна, дукханна а чевнаш хилла, дуккха а даьхни дайъина, цIенош а дагийна, дуккха а доьзалш эрна арахь а бисина бохуш.

Ткъа дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу базарахь гIалагIазкхаша а, салташа а нохчашна тIехь хIоттийнчу акхараллин дийна теш вара цигахь йиттина сакхат а вина цIа валийна Янаркъа.

– Иттех шо хьалха, кIотарш а йохош, цкъа цигара нохчий дIабехира Iедало. Нехан цIенош вовшах а дохуш, мегаш болу гIирсаш гIалагIазкхашна боррах дIабухкура, ткъа пайде боцург, цIe а тосий, багабора. Гонаха салтийн ха а xIоттина, хьаладалийра тхо. ХIетахь сан аьтто хилира тхайн цIенош дийна дита. Тхан хьешаша, гIалагIазкхаша, тхан цIенош шаьш мах белла эцна, элира Iедале. Цхьа хан йаьлча, и гIуллакх дIатийча, цига йухаверза ойла йара сан. Кхин ваха меттиг бацара. Хала-м дера дара цигахь. Нохчаша шалха налогаш токхура. Шаьш гуттаренна а дIайазбинчу йарташкахь а, цигахь шаьш цхьана ханна бехаш болчохь а. ХIетте а, хьалавеана, кхузахь цхьа шо а даьккхина, тхешан доьзалшца йуха а цига дIавахара со. Шина гIалагIазкхичо, цхьа хьостам а гал ца болуьйтуш, лардинера тхан цIенош. Ши-кхо шо а делира Iедало тхуна новкъарло ца йеш. Цхьа хаза бахам а тарбеллера тхан. Даьхни а IаьIира. Биъ сту а, кхаа шаре йолуш шиъ старгIа а, биъ йетт а, цхьа говр а йара тхан. Деле тхаьш лардар а доьхуш, ма-хуьллу Iедалх а къехкаш, дийнахь-буса а бохург санна, къахьоьгура оха. Амма диъ шо хьалха цигара кIотарш йуха а йохо йолийра. Сан хьеший мел дика хьийзарх, хIинца цаьрга а ца ларделира тхо. ДогIанаш, ткъевнаш йолу хан йара иза. Оцу доьхначу некъашкахула хьалакхалха ницкъ бацара тхан. Кхораш санна, кегий бераш дара шина а кIентан. TIе, Теркана ша баллалц цигахь дитахьара бохуш, оха а, тхан хьешаша-гIалагIазкхаша а дехарш деш, Iаьнна кIел дахара тхо. Дуьххьара ло ма-диллинехь, шеца герзашца гIалагIазкхий а балош веанчу йуьртдас, цигахь атаман олу цунах, кхо де далале кIотар дIа ца тасахь, шаьш цIенош дагор ду, элира тхоьга. Цара къинхетамза иза дийр дуйла, хаьара суна. Иза дина меттигаш дукха йара. КIелхьардовла цхьа а некъ бацара. Тхешан сал-пал стерчийн шина салаза тIе а йоьттина, тIехула тIе бераш а ховшийна, болх Далла тIе а биллина, новкъа девлира тхо.

Мусхас дуьйцучуьнга ла а доьгIуш, цуьнан тоьлане бIаьрг беттара Iелас. Схьайиллина разйаьлла кхозучу неIарехула дIахьаьжча, поппаран маьнга а, цунна тIехь йаржийна тиша кетар а, сонехь хIоттийна берданга а гора. Арахь, кхо тIулг а хIоттийна, бинчу кхерча уллохь бертал тоьхна Iуьллура тIехула кIуьрзан кховр лацаделла чуьйнан горга йай а, тIехь сискал йатта тойина тIулган йуткъа экъа а.

– Жимахволчу кIентан кIант сайна тIехьа говра а хаийна, даьхни лаьхкина хьалха вогIу со, суьйранна Теркана гергагIоьртича, шина кIанте дохне хьажа а аьлла, гечо лаха хьалха дIaвaxapa. Теркан йистонца дIасаваьлча, ша тIехула дехьайаьллачу берзан лар карийра суна. ТIехьа хаийна жима кIант а волуш, говрахь ша тIехула цкъа Теркал дехьа а, йуха сехьа а ваьлла, шан чIогIалла зийра ас. Буто бацахь а, тоъал чIогIа бара иза. Ша мела хилча, борз йер ма йацара цунна тIе. Со цигахь лаьтташ, салазаш а тIекхиира. Салазаш тIейахале, йуха а цкъа ша зерхьама, даьхни хьалха а лаьхкина, дехьавелира со. Ша ца кагбелира. Сехьадовла аьлла, со волчуьра дIа шина кIанте куьг а ластийна, нацкъар дIахьаьддачу старгIина тIаьхьа говр хаьхкина воьдуш, тIе цкъа цхьа хIума эккхаш санна тата а, тIаккха цхьа Iадийна маьхьарий а хезира суна. «Дада, ша кагбелла!» – мохь белира суна тIехьарчу кIентан. Йухахьаьжначу суна гинарг ма гойла сан мостагIчунна а… Йоккха йукъ дIалаьцна кагбелла ша, тIедаьлла буркъаш туьйсу хи. Чуханашца тIе йалта чохь долу галеш къевлинчу салазаша хи буха ийзош деттало стерчий. Шайн нана а, бераш а кIелхьардаха гIерташ, бIарзвелла хьийза ши кIант. Сайн кадаьлларг кIелхьарваккха, вагийча санна, дIахьаьдира со. Мичара! Со тIекхачале и шийтта адам а, биъ сту а, ши салаз а дIа а хуьйдина, жижигах дуьзна там хилла экха санна, буркъаш туьйсуш, керчаш дIаоьхура буьрса Терк…

Мусхас шен къамел сацийра.

– Ткъа и висина кIентан кIант вуй хьоьца? – хаьттира Iелас.

Мусхас доккха садаьккхира.

– КхидIа дийца гуттар а хала ду, Iела. Цундела сацийра ас сайн къамел.

Макхйелла, хьацар тоьхна, гIайгIано хьарчийна цуьнан йуьхь тера а йацара цхьа сахьт хьалха Iелина гинчух.

– Цкъа ойла хилира сан, Терка чу а иккхина, велла дIавала, – цхьа хан йаьлча кхидIа дийца вуьйлира Мусха. – Нека хууш а воцу, тIехула тIе, къена со, хи чу ваьлчахьана, велла ма вара. Iожалло бен йойур йацара сан кийра боттуш кхерста цIе. Айса со а вийна, и инзаре доккха къа а, эхь а тIеэца сацам хилира сан. Ша тIе а даьлла, даьржинчу хи чухула со дIавоьдуш, хIун дара а, хаац, цIеххьана йухахьаьжира со. Воьлхуш йиш хаьлла, ша-шех кадетташ, хийистехула дIасауьду кIант гира суна. ТIаккха цIеххьана, сан дагара хиъча санна, ши куьг хьалха а кховдийна: «Вай, дада, со ма витахьа», – аьлла, шийла мохь хьаькхна, ша тIехула гомха долчу хи чухула суна тIаьхьахьаьдира иза. Оцу маьхьаро ойла йайтира соьга. Хилларг хилла ма даьлла. Оцу шийттанна тIаьххье со ша кIел хи чу эккхарх, нисдала хIума ма дац. ХIара буо сол тIаьхьа дола дан верас воцуш ма дуьсу. Хиллачу бохамах кхетча санна, маьхьарий хьоькхуш, Iоьхуш хьийзара даьхни а. Со шена тIевеача, къаьрззина соьга а хьоьжуш, кIегаргIертара кIант. TIaьxьa xиира суна, и цецваьккхинарг хIун ду. Цхьа сахьт хьалха Iаьржа хилла сан кортий, мажжий, ло санна, кIайделлера. Чу алу йоьхкича санна, кийра богура. ХIун дан деза ца хууш, корта хьере хиллера. Орца ала гергахь йурт а йацара. Орца кхаьчча а, цо хIyн меттахIоттор дара? Ша кIел дахана шийтта адам денлур дацара, гIоьнна дерриг дуьне деача а. Декъий схьакарорга дог дохийла а йацара. Буьйса тIекхечира. Жимма са меттадеача, даго цхьа некъ а хьоьхур бацара-те аьлла, цигахь буьйса йаккха сацам хилира сан. Цу тIе, дийнахь сарралц некъ бина даьхни а ма дара кIадделла, мацделла. Сайна бохам хиллера аьлла, и синош дIатуьйсийла а ма дацара. Вахана, цхьа мор эрз а баьккхина, цIе а латийна, циггахь туп а тоьхна, буьйса йаккха сецира со. Iуьйрре цхьакIеззиг хIума кхалларх, кийра кхин рицкъа дахаза волу кIант а вара меца. Бер бер а хуьлий ма дуьсу диканехь а, вонехь а. Тхойшингахь цкъа кхалла а рицкъа дацара. Тхаьшшинна кхачанна ден экха йа олхазар карор дацара-те аьлла, дохнна гонаха хьийзаш берзалой хилахь, уьш а къахко дагахь, сайна тIера кетар кIантана а хьарчийна, тоьпаца эрзала велира со. Дуккха а волавелла леллачул тIаьхьа, экха карорах дог а диллина, йухавирзинчу суна, эрзана йуккъехула сайна дуьхьал цхьа экха гIерташ санна, хийтира. Борз йа нал хила там бу иза аьлла, эрзаш меттахьхьуьйчу хьажийна, топ йожийра ас. Топ йаьлча, цхьа экханан боцу мохь а, тIаьххье узарш а хезира суна. Уьш дIатийча, цецваьлла, эрзаш йукъаваханчу суна, шалха а вахана, мелчу цIийлахь Iуьллуш сайн кIентан кIант карийра…

– ОстогIфируллах! Дала собар а, собарца хьуьнар а лойла хьуна, Мусха! – мохь белира Iелин. – Дала кхоьллинчу адамана лан ма боккха бохам бу-кх хьоьга беанарг!

Ткъа Мусхин йакъайеллачу йуьхьа тIера, дуткъачу цIoцкъамашна кIелхьара гIайгIане ши бIаьрг, чохь са доцуш санна, дехьа басе а богIабелла, сецира. Хьанна хаьа, хIокху акхачу хьуьнхахь, холбатахь санна, ша хан токхуш волуш, цкъацкъа собар а кхачадой, Дела воцчунна ца хезаш, воьлхуш хила а тарлора иза. Амма Iелина хьалха бIаьрхиш ца довлуьйтура цо. Кийрара арагIерта къаьхьа бала, къурдаш деш, йуханехьа чутеIабора Мусхас.

– Цигахь ша висча кхеравелла хиллера а, хаацара, йа суна сагатделлера а, хаацара, мухха делахь а, со йухаван хьевелча, суна тIаьхьагIоьртина хиллера и миска. И буьйса набарза кIантана уллохь а йаьккхина, шолгIачу Iуьйранна, кIентан дакъа говра тIехь сайна хьалха а лаьцна, даьхни а лаьхкина, герггарчу йуьрта вахара со. КIант цигахь дIавоьллира ас. Оцу йуьртахь сайн даьхни сагIина дIa а декъна, цхьалха дегIаца кхуза хьалавеана, xIapa тоьла а йаьккхина, охьахиъна со. Гой хьуна, Iела, оццул дуьненна тIаьхьаваьлла къахьегча, суна бисина бахам xIapa бу-кх. ХIетахь, даьхни хьалха а лаьхкина, Терка тIе вогIуш, суна моьттура, кхидIа айса дуьненахь йаккха йисинчу хенахь, нехан санна йаа сискал а йолуш, сайн шина кIантах а, церан берех а воккхавеш, со вехар ву. ХIинца со гуш ву-кх хьуна. Дегара охьа оха цIийца, хьацарца гулдинарг а, церан дуьхьа ас къахьегна сан доьзалш а масех минотехь Терко дIахуьйди. Сибреха ткъе берхIитта шо а даьккхина, цIа веача, зуда маре йаханчу а кхаьчна, хьо цунах сингаттам хилла лелаш ву бохуш, хезна суна. Ахь ойла йича, хьо санна даккхий вонаш тIедаьхкина, собаре хилла Iаш дукха нах карор бу хьуна. ТIаккха хуур ду хьуна, хьайна тIедеанарг хIумма а доцург дуйла. ХIан, сайн дагна маслаIат лоьхуш, ас дукха бага йитти, хIинца дIагIо.

Баккъал а, Мусхина хиллачу бохамашка хьаьжча, Iелина хилларг хIyммa а доцург дара. Iелас-м шениг, чолхе а ца доккхуш, къонахчо санна, дIадерзийнера. Амма мел цо дуьхьало йарах, цкъацкъа шайтIано дог карзахдоккхура цуьнан. Зуда маре йахар доккха эхь ма ду. Цул-м Iелина валар гIоле ма йара…

***

ЗОРБАНЕРА МОГIаНАШ

Паччахьан заманахь Къилбаседа Кавказехь Iаламат чолхе политически хьал дара. Кхузахь, цхьана aгIop, шайн долахь шортта латта а долуш, Iедало йерриг бакъонаш а йелла, шайх «помещик-халкъ» ала мегар долуш, гIалагIазкхий бара. Вукху aгIop, латта а, цхьа а тайпа бакъонаш а йоцуш, ламанхой бара.

Г. К. Орджоникидзе

Кавказехь туземни бахархойн экономически хьелаш галдаха дуккха а болх бина вай, амма царна йукъахь дешар а, Iилма а даржорехь цхьа гIулч а ца йаьккхина.

Я. Абрамов

Нохчийчоь къарйинчул тIаьхьа и акха нохчий дешарна а, Iилманна а, культурина а тIеберзо цхьа а тайпа xIyмa ца дина оьрсаша.

Реакционер-шовинист,

профессор П. И. Ковалевский

КАХАНОВСКИ СТАНИЦЕРЧУ

ГIАЛАГIАЗКХИЙН АЬРЗНАШ ТIеРА

1905 шо

1 апрель. Буьйсанна шен кха тIехь волу гIалагIазкхи Максимов Иван вийна. Зуламхойн лар Гуьмсан махка тIе йахана.

19 октябрь. Стерчийн ворданахь кха тIера цIа вогIу 85 шо хенара гIалагIазкхи Стрельцов Иван а, цуьнан йоьIан кIант Руднев Захар а вийна нохчаша. Цаьршиннан декъий, дага а дина, Iаьржа-хи чохь карийна, Цоци-Эвлан махка тIехь.

1 ноябрь. Говрашкахь веанчу итт нохчочо, Саенко Иванан жаIушна тIе а летта, 300 уьстагI бигна. Зуламхойн лар Iаьмар-Хьаьжин-Юьртан махка тIехь сецца.

18 декабрь. Ворданашкахь Соьлжа-ГIалара цIа вогIучу итт гIалагIазкхичунна тIелеттачу нохчийн гIерано Выпрецкий Егор, Демченко Фрол, жуьгти Дубиллер И. а вуьйш, уьш талийна. Лар Цоци-Эвла йахна.

18 декабрь. БоргIанехула Щедрински станице цIа вoгIy Стрельцов Михаил вийна. Зуламхочун лар БоргIанен махка тIехь сецца.

1906 шо

28 февраль. ГIалагIазкхичун Бондарев Иванан божалин пен а бохош, ши сту бигна. Лар Мескар-Эвлан махка тIе йахана.

17 апрель. Пайтонахь Шелковскехула Кахановске цIа вoгIy гIалагIазкхийн дворянин Гуминский Игнатий а вийна, цуьнан пайтон а, говраш а йигна нохчаша.

1 июнь. Ахархочуьнгара Кишка Иванера говр йаьккхина пхеа нохчочо.

22 сентябрь. Кахановскера Гуьмсе станце йохьуш йолу почта а талош, Негоднов Кузьма вийна, Петрусенко Тихонна чов йина нохчаша. Лар Гуьмсе йахана.

6 октябрь. ГIалагIазкхичунна Негоднов Трофимана чов йина нохчочо.

15 октябрь. ГIалагIазкхичунна Максимов Самуилана чов йина нохчаша. Лар Цоци-Эвлахьа, Мескар-Эвлахьа йахана.

IХ корта. ЖИМА ТОЛАМ

Тхуна тIехь урхалла латтораш, цхьана а

тайпана халкъаца йукъара xIyмa а доцуш,

халкъан кхолламца а, цуьнан Iep-дахар ат-

тачу даккхарца а, амалш кIадйарца а бала

боцу эскарера дIакхийсина даххаш, тIеман

чиновникаш бу.

T. Эльдарханов

1

Овхьад цIа вирзина шолгIа шо дара.

Зеламхас кIелхьарваьккхина Соип лаьмнашкахь цхьана йукъарлашкарчу жимачу кIотарахь дIатарвеллера. ХIеттахь Деши а цига дIайахара. Цхьа шо далале Соипана зуда а йалийра цигахь. Цуьнан там-мах а, гучуйаккхар а дIa а листира Овхьада.

Ровзана а, несо а мосазза а зуда йалор хьахийра Овхьаде. Амма иза реза ца хуьлура. ХIусамнана-м йезара цунна. Иза жима ма вац. Шовзткъе итт шаре ваьлла. Даим а несана несалла лелийна а вер вац. Ткъа хIокху чолхечу заманахь, зуда а йалийна, доьзал боло а ца лаьара. ХIинца цо схьалаьцна некъ а, иза Сибрех вига там болуш, кхераме бара.

Ша цIa веанчул тIаьхьа йаьллачу йоццачу хенахь Нохчийчуьра чолхе хьал довза кхиънера Овхьад. Оцу тIехь хьалхара гIулч йаьккхира цо нохчийн кIеззигчу интеллигенцин демократин ойла йолчу векалшца – ШериповгIеран, МутушовгIеран, ЭльдархановгIеран, СаракаевгIеран доьзалшца а, гIараваьллачу Iеламчица Соип-Моллица а доттагIалла тасарца а, Соьлжа-ГIаларчу РСДРП тобан куьйгалхой бовзарца а.

Нохчийчоьнан социально-экономически а, политически а хьелаш довза дукха корта ахка а ца безара, уьш, керайуккъехь санна, гуш дара. Къеллица а, цамгаршца а, баларшца а хIокху Теркан областехь хьовха, йерриг Россехь а хьалхарчу меттигехь дара нохчийн халкъ. Цунна тIаьххье оцу гайтамашца шолгIа меттиг дIалоцура кхузарчу оьрсийн белхалоша а, муьжгаша а. Ткъа йукъарчу хьесапашца лерича, гIалагIазкхий йаккхий таронаш йолуш бара.

Кхузахь оьрсийн къомах бахархойн йолу политически бакъонаш а йацара нохчийн. ГIалагIазкхичо нохчо вийча, бехкениг жоьпе ца озавора, иза таIзарза вуьтура. Ткъа нохчочо гIалагIазкхи вийча йа цунна къола, талор дича, зуламхо ца карийча, цуьнан лар тIейаханчу йуьртана луьра таIзар дора. Доцца аьлча, цаьргара адамийн бакъонаш дIа а йаьхна, российски законел арахьа латтош бара нохчий. Россехь цхьанххьа а доцу тIеман-колониальни урхалла дара Нохчийчохь.

Кхин а доьхна хьал дара нохчийн халкъана йукъа дешар, Iилма, культура йаржорехь а, къоман могашалла ларйарехь а. Берриг а нохчашна Соьлжа-ГIалахь йиллина цхьа ишкол йара, ткъа хIокху шарахь цигахь доьшуш волчу 97 дешархочух 47 бен нохчо вацара, уьш а таронаш йолчу нохчийн бераш дара. Нохчийн йарташкахь цхьа а больница а, амбулатори а, аптека а, цхьа а лор а, фельдшер а вацара. Цомгашчарна дарба леладора палтосучу а, Iалабоьлхучу а зударша, молланаша жайнашца а.

Лаьттан къелла йара Нохчийчохь. Ламанан Нохчийчоьнан бахархошна шайн ирзошна тIера даьлла йалта доьзалш Iаьнах баха а ца тоьура. Нохчашкара пачхьалкхана налогаш йохура, цхьакIеззиг бахьанаш схьалоций, гIуданаш а дохура. Цара тIеман налог токхура, кхузахь йоцчу больницашна а, лоьрашна а лерина, пурстоп, йуьртан урхаллин канцеляреш, йуьртан урхалла, йуьртда, писарь, талмаж, хазанча кхаба а, хьаькамаш дIасалело харжашна а ахча токхура. Цул совнаха, цара шайн сту-ворданца маьхза белхаш бора некъаш дохкуш, тодеш, тIеман гарнизонашна дечиг латтош, кхин, кхин дуккха а белхаш беш.

Цapax цхьаберш Iедало цхьана хенахь бахархошна тIебехкина, ткъа тIаьхьа царна тIера дIабаьхнарш бара, амма боданечу бахархошна иза ца хаьара. Ткъа кхетамна оцу бахархойл лакхабевлла боцчу цхьаболчу йуьртдайша и текхамаш бойтура, кхечара, и текхамаш бан бахархой декхарийлахь боцийла шайна хуъушехь, цаьргара ахчанаш а дохуш, шайн кисана дохкура.

Россехь революци йолайелча, цуьнан тулгIе йаьржинера Нохчийчу. Соьлжа-ГIаларчу нефтан промыслашкарчу, заводашкарчу, фабрикашкарчу, цIерпоштанекъан депорчу белхалоша забастовкаш йора хаддаза. Iедале а, хьолахошка а цара лехамаш бора, белхалошна хIусамаш, шайн берашна маьхза деша ишколаш хилийта, шайн векалш реза а боцуш, белхалой балхара дIа ма баха, гIуданаш ма тоха бохуш. Къиза, харцонаш лело инженераш а, мастерш а балхара дIабаха, шайна гуламаш бан а, забастовкаш, стачкаш йан а бакъо ло бохуш.

Iедална дуьхьалонаш йора нохчийн йарташа а. Къаьсттана карзахйевллера лаьттан йоккха къелла а, мацалла а йолу Ведана округера йарташ. Пачхьалкхана налогаш йалар а, дуккха а барамехь текхамаш бар а сацийнера цара. Iедало хIиттийна йуьртдай, къеданаш, молланаш дIа а бохуш, йартийн гуламашкахь уьш шаьш хоржура.

Къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш даьржинера Нохчийчохь. Нохчаша уьш вовшашлахь а дора, амма дукхахдерш гIалагIазкхашна дора. И бахьана а лаьцна, гIалагIазкхий герзаца кечбора Iедало. Соьлжа отделан атаманан инарла Суровецкийн дехарца, цигарчу ворхI эзар вахархочун карахь йолчу 2725 пхоьазза йолучу тоьпана тIе 5000 топ а, 1 миллион патарма а белира областан инарла-губернатора Колюбакина. Цул совнаха, Суровецкийн дехарца, цуьнан гIалагIазкхашна гIоьнна 2-гIa Кизлярско-Гребенски гIалагIазкхийн дошлойн полк а йалийра нохчашна а, гIалгIашна а дуьхьал.

ДIадаханчу шарахь Соьлжа-ГIаларчу базарахь нохчашна тIехь йинчу акхараллина дуьхьал, масех эзар стаг а гулвелла, митинг йира гIаларчу белхалоша. Цунна бехкечарна таIзар дар лоьхура цара. Амма бехкенаш, даим а санна, таIзарза бисира. ТIаккха обарго Зеламхас, цигахь вийначу вуьрхIитта нохчочун чIир йоькхуш, Къеди-Юьртан разъезда уллохь пассажирийн цIерпошт а сацийна, базарахь вийна и вуьрхIитта нохчо санна, бехк-гуьнахь а доцу вуьрхIитта оьрси вийра, цIерпошт а талийра.

Нохчийн интеллигенцин цхьаболчу векалша къобалдора нохчаша гIалагIазкхашна талораш дар а, Зеламхас къиза хьаькамаш байар а, цо деш долу талораш а. Овхьад сацам боллуш дуьхьал вара шина а агIорчеран оцу террорашна. Нохчаша а, гIалагIазкхаша а вовшийн байар, царна йукъахь хаддаза мостагIалла латтар Iедало лоьхург а, цунна луург а дара. ГIалагIазкхашна нохчаша дина зулам даим а нохчий оьшуш а, йуккъера мостагIалла марсадолуш а, нохчийн йарташна луьра таIзарш деш а доьрзура. Цундела, Iедалан питане политика Iорайоккхуш, нохчашна а, гIалагIазкхашна а йукъахь кхетаман болх баре а, царна йукъахь барте а, машаре а кхойкхура Овхьад.

Ведана округан начальника Ханжаловс Гати-Юьртана тIейиллина контрибуци йуьззина кхочушъхуьлуш чекх ца йелира. Пачхьалкхан цхьадолу декхарш а, ира герз а дIаделира гатийуьртахоша. КхидIа таIзарх уьш кIелхьарбехира Соьлжа-ГIалахь а, округехь а хIоьттинчу чолхечу, кхерамечу хьоло. Округехь хIоьттинчу хьолана Ханжалов бехке вора бахархоша. Пачхьалкхана церан ницкъ боцу текхамаш бойтуш а, и текхамаш бан ницкъ боцурш, жимма а дуьхьало йинарш набахти кхуьйсуш а, Сибрех бохуьйтуш а, бIарзбина, бахархойн собар кхачийнера Ханжаловс. Овхьада а, цуьнан масех накъосто а вовшахтоьхна, Ханжалов цигара дIаваккхар доьхуш, областан инарла-губернаторе Колюбакине мосазза а телеграмма йахьийтира бахархоша. Амма уьш жоп доцуш йисира. ТIаккха Ведана округера кхо эзар стаг УстаргIардойн-Эвла а гулвина, цига Колюбакин тIекхайкхира цара. Ша а ца вогIуш, шен советник Вертепов ваийтира цо цига. Гуламо шайна тIера векал вина къастийнчу Овхьада, ша инарла-губернаторца бен къамел дийр дац аьлла, дIахьажийра Вертепов.

Колюбакина ша оцу туземцийн ардангана тIегIур вац аьлча, Вертеповс цуьнга аьлларг тIаьхьа хиира Овхьадана.

– Хьан локхалла, цига гулйелларг туземцийн арданг йацара. Цигахь дIахIоьттинарг, лаккхара низам а долуш, герзаца кечвелла кхо эзар бIаьхо а волуш, тIеман лагерь йара. Нагахь санна ахь, царна тIе а вахана, Ханжалов оцу округера дIа ца ваккхахь, гIуллакх вайна бохаме доьрзур ду. ТIехула тIе, гуламо векал а вина, соьца къамел динарг, вайшинна санна, цIена оьрсийн мотт а хууш, политика а йевзаш, говза дипломат вара.

Цхьа бутт баьлча, изза кхо эзар стаг йуха а УстаргIардойн-Эвла гулвелча, цига ван дийзира Колюбакинан. Вертеповс дийцина сурт хIоьттира цунна хьалха. Баккъалла а тIеман лагерх тера бара и гулам. ГIapa-гIовгIа а йацара. Гуламо къастийнчу Овхьада доцца дийцира Ханжаловс Ведана округехь хIоттийна хьал, цо лелийна харцонаш а, округера йарташ карзахйовлар цуьнан къизаллин тIаьхье хилар а. ТIаьххьара а элира, нагахь санна Ханжалов цигара дIа ца ваккхахь, гIуллакх цIий Iанорца доьрзур ду аьлла.

Ханжалов цигара дIа а ваьккхина, цуьнан метта полковник Галаев хIоттийра. Иза ларамаза а дацара. Нохчийчохь мекара, питане политика дIахьора Iедало. Нохчий бехачу округийн коьрте Кавказерчу къаьмнех нах хIиттабора. Иза шина Iалашонца дара. Ханжаловл хьалха Ведана округан начальник вара подполковник Добровольский. Хьекъална аьрта, сутара, куьйгаш боьха тIеман чиновник. Иза округана тIехь куьйгалла дарца ца ларийча, дIа а ваьккхина, дегIастанхо Ханжалов округан начальник а хIоттийна, Добровольский цуьнан гIоьнча витира. Добровольскийца мостагIалла долчу Зеламхас иза дукха хан йалале вийра. Iедалах ларбелчахьана, оьрси вер кхераме дацара нохчашна. Амма ламанхойх вийна стаг, Iедалах ларвелча а, кIелхьара ца волура. Цара шайн вийначу стеган чIир йоькхура, мацца йоькхий а. ЧIирах, мостагIаллех кхоьруш делахь а йа иза шайн лулахо, дегIастанхо, шаьш санна, бусалба хиларна делахь а, оццул къиза Ханжалов ца вуьйш витира нохчаша. ШолгIа: Нохчийчохь шен тIеман-колониальни къиза урхалла нохчийн луларчу къаьмнех болчу нехан куьйгашца латтадора Iедало. Ткъа оцу къизачу администраторшка нохчийн цабезам, цатешам, мостагIалла церан къаьмнашна тIе а даьржара. Оццу Iалашонца Ханжаловн меттана округан начальник хIоттийнера хIири Галаев.

УстаргIардойн-Эвлахь хиллачу гуламан декъашхошa дог-ойла гIаттийнера Овхьадан. Оцу гуламо Iедалера цхьамогIа политически бакъонаш а йаьхнера нохчашна. ХIетталц йуьртдай а, къеданаш а, молланаш а, йартийн урхаллийн къаной а Iедало хIиттабора. Гуламо инарла-губернаторера бакъо йаьккхира уьш йарташка шайгга харжийта. Герз а ца хьедеш, цIий а цa Iанош, иштта машаречу, политикин а, демократин а некъашца халкъана маршо йухаерзайаларе дог дохура Овхьада.

ХIокху муьрехь дIатетта йиш йоцуш цхьа гIуллакх а нисделлера Овхьадана. Россехь революци йолаелча, помещикийн бахамаш баго а, тало а болийра ахархоша. Уьш ахархойх ларбан, ламанхойх йолахой вовшахтухуш дара Iедал. Йолахочунна шарахь 460 сом йал а, говр а, духар а лора. Цул совнаха, доггаха гIуллакхдеш гоьваьллачунна мидал йала а, Iедалан балха дIанисван а тIелацам а бора. Оцу гIуллакхна Нохчийчу веанера цхьа хIуьнехдина полковник Загоскин. Нохчех ши бIe йолахо карийнера цунна. Царна ахча а, духар а дIаделлера цо, ткъа говраш цига дIакхаьчча лур йу а, аьллера. Доцца аьлча, ши бIe нохчо резахиллера йолахо хила. БIешерийн дохаллехь шаьш лоллехь латточу помещикашна дуьхьал шайн маршонехьa, бакъонашкахьа гIевттинчу оьрсийн ахархошна тIехь чаьлтачийн декхар кхочушдан. ХIуъа дина а, нохчий цига ца бохуьйтуш, совцо безара. Вуьшта а сийсазе дукха цIерш техкина нохчашна. Царна тIе йолахой, чаьлтачаш боху эхье цIе йоккхуьйтийла дацара. Уьш ца бигийта, гIалара белхалой гIовтто безара. Теркан областерчу кегийчу къаьмнашна тIера Пачхьалкхан Думехь депутат ву Эльдарханов Таьштамар. Цунах а, кхечу накъостех а дагавала а везара иза.

2

Керлачу законаца йуьртан урхалла харжа веана пурстоп Хамов йуьртден СаьIадан хIусамехь хьевеллера. Амма майдана гулбеллачу нехан хIумма а са ца гатлора. Сарралц кхузахь Iийча а, кхачалур доцуш, дийца дуккха а керланаш дара церан. Барт бича санна, хIора тобано, декъна, цхьацца дуьйцура.

Цхьанхьа лаьттачара дуьйцура обарго Зеламхас шен мостагI, хьалха округан начальник хилла Добровольский а, цуьнца хилла эпсар есаул Нецветаевский а верах лаьцна.

Кхечухьа – оьрсийн-японски тIамера нохчийн дошлойн бIо цIа берзарх лаьцна. Оцу тIаме ваханчу кхаа гатийуьртахочух цхьаъ бен цIа ца веанера. Иза Солтханан Солта вара. Мацах цкъа оьрсийн-туркойн тIаме вахана шен да санна, хIокху тIамехь шен аьрру пхьарс а битина веанера Солта. Бакъду, тIамехь майралла а, хьуьнарш а гайтарна, Солтина, мидалан меттана, жIар йеллера. Амма цо иза цкъа а некха тIе ца уллура. Керстанаша шайн Делан метта лоруш ма йу иза.

Кавказерчу къаьмнех вовшахтоьхначу дошлойн бригадерчу ламанхойн сихха дог делира империалистийн шина пачхьалкхо шайн олаллин классийн хьашт-дезарийн дуьхьа бечу оцу харцонан тIaмах. Уьш йолах салт бовлуш цаьрга аьллера, Японис вайн йукъарчу даймахкаца тIом болийна, вайн йукъара даймохк ларбар Россехь дехачу массо а къоман сийлахь декхар ду. Aмма, цига дIакхаьчча, царна хиира, и тIом вовшахлетачу шина а пачхьалкхан бехкенна болабеллийла а, цара шайн къинхьегаман халкъийн хьашташ ца лоьхийла а. Уьш кхитIе а карзахбохура салтий эрна хIаллакбечу инарлийн сонталло. ДIадаханчу шеран октябрехь Манчжурехь, Лапузо йуьртана уллохь, нохчийн а, гIебартойн а шина бIоно сацам боллуш дуьхьало йира фронтах хьалхарчу позице баха. Цара командованига дIахьедира, шайна хIара тIом оьшуш а бац, шаьш кхуза Iехийна далийна, шаьш даймахка цIа дерзаде аьлла. Шайн лехамаш командованис кхочуш ца бича, герзашца цхьаьна даймахка цIа берза новкъа белира и ши бIо. Амма царна тIаьхьадаьккхинчу гIалагIазкхийн дошлойн эскаро, тIаьхьа а кхиъна, гуo а бина, герз дIа а даьккхина, йухабалийра. Дукха хан йалале ханна йолчу тIеман-аренан суьдо Мукденехь кхел йира «бунтана» бехкечарна. Шина бIон командирашна – нохчочунна Тасмахилов Пашиний, гIебарточунна Керифов Зелам-Гериний – вен кхел йира. Шовзткъе йалх нохчочунний, ткъе шина гIебарточунний Сибрехь каторгехь йаха итт шарера берхIитта шаре кхаччалц хенаш туьйхира. Уггар хьалха кхойттаннах шина бIаьхочун – Гати-Юьртарчу Аьрзун Мохьмадан а, Аьрсамирзин Эламирзин а – суд хилале вада аьтто баьллера.

Тасмахилов Пашина вен йина кхел, тIамехь цо гайтина майралла а, даккхий хьуьнарш а тидаме а эцна, дошлойн бригадан командиран эла Орбелианин а, инарла-адъютантан Мищенкон а дехарца, фронтах командующис – инарла-адъютанта Куропаткина – каторжни белхан итт шарца хийцира2.

Шайн кIезиг махкахой Генарчу Малхбалехь империалистийн тIамна дуьхьал гIовттар сихха хиира Нохчийчохь. TIaмo жимайинчу Терско-Кубански дошлойн полкана керла йолахой вовшахтоха гIертарх гIуллакх ца хилира Iедалан. Хьалха тIаме баханчарна шарна 240 сом деллера, ткъа хIинца 480 сом лора, амма Нохчийчохь Iедална керла йолахой ца карийра. Шайн махкахошна йинчу къизачу кхело карзахбаьхначу ламанхошна йукъахь бунт эккхарна кхеравеллачу Кавказан наместникан дехарца Терско-Кубански дошлойн полк, фронтера цIа а йалийна, дIасахецнера.

Цхьана тобанехь дуьйцура, Россехь стражникийн декхарш кхочушдан йолахой лаха Нохчийчу цхьа полковник веана, цига воьдучунна шортта ахча а, говр а, тIедуха-когадуха а ло, Мудар а, Расу а цига ваха резахилла бохуш.

ТIаьххьара а дуьйцу керланиг дара Кавказан сардал Воронцо-Дашков Соьлжа-ГIала вар. Нохчаша, гIалгIаша, хIираша, гIебартоша цуьнга мосазза а кехаташ йаздина хиллера, шайн латта кIезиг ду, гIалагIазкхийн а, хьоладайн а долахь шортта мохк бу, цунах цхьажимма мукъана а шайна латта лахьара, налогаш а лахйахьара, ца дoгIy гIуданаш а ма деттийтахьара, шайн къаьмнийн гIиллакхаш а, амалш а тидаме а оьцуш, паччахьан Iедал тIедале шайн ма-хиллара, йуьртан урхалла мукъана а шайгга харжийтахьара, шайгара Iазап жимма мукъана а дайдахьара бохуш.

Нахана моьттура, ша Соьлжа-ГIала веача, йарташкара лоруш болу нах шена тIе а бехна, царах дагавуьйлуш, сардала нохчашкара хьал толлур ду. Иза аьттехьа а ца хиллера. Гатийуьртахоша къастийна Овхьад, Iела, Ахьмад, Солта а витина, СаьIад, Хьуьси, Iабди, Инарла а вигира цига Галаевс. Уьш цигара цIа баьхкича, хиира нахана, нохчийн дехарна жоп луш, йартийн урхалла харжа сардала бакъо йалар. И бакъо-м УстаргIардойн-Эвлахь хиллачу гуламехь областан начальнико хьалххе ма йеллера царна. Ткъа латта далар а, налогаш лахйар а, гIуданаш дIадахар а, кхидерш а хьеха а ца дайтинера сардала.

Шеца кхо салти а валош, гатийуьртахошка йуьртда а, йуьртан урхалла а харжийта, кхуза веанера пурстоп Хамов.

Баккхийчу нехан тобанца волу Аьрсамирза, церан къамелашка ла а доьгIуш, вист ца хуьлуш хиъна Iара. Цуьнан дог ца догIура оцу эладитанашка ладегIа. КIантах хилларг цахааро боккха сингаттам бинера цуьнан дагна. ТIамехь вийнехь а, дог диллина Iийр вара иза. Накъостий санна, хан тоьхна, Сибрех вахийтинехь а, шен хан а текхна, цIa вогIур вара иза-м бохуш, Iийр вара. Ткъа хилларг цахаар тIех сингаттаме дара. И сингаттам гуттар а алсамбаьккхинера даим дIа йоьлхучу йоккхачу стага. ВаллахI, Аьрсамирзас дукха ма бехира кIанте, ма гIохьа цига, хьуна лучу ахчанах вай хьал долуш а хир дац, хьо цигахула дIа а вахийтина, хьуна тIаьхьа сагатдечул, тхойшинна мацалла далар гIоли йу. Шен сацамна тIера ца велира иза. Шен ден амалш йара цуьнан а. ЦIий сиха, ша аьллачунна тIера йуха ца волуш. Йалх баттана шена йолана делла шийтта туьма хIокху шинна цIахь а дитина, вахна. Оцу ахчанах кхаа шаре йахана ши старгIа ийцира Аьрсамирзас. ХIинца ворданна, готанна божа а мегаш, къона ши сту хилла царах. Амма мел безчу мехах нисбелла цунна и шиъ къанвеллачу хенахь. Ткъа Солтханан Солта цигахь цхьа пхьарс а битина цIа веана. Ший пхьарс йа ший ност йоцуш а, цIа веана велара цуьнан Эламирза а, Аьрзун Мохьмад а.

Шен дагна цхьана хIуманах маслаIат дан гIертара Аьрсамирза. Цуьнан кIант осала ца хилла. Берриг а инарлаш реза болуш, майра а, доьналле а хилла. TIaмexь даккхий хьуьнарш а гайтина цо. Шайна тIаьхьа даьккхинчу эскаран гонна йукъара вада карах а даьлла. КIант-м, хьаха, ву Аьрсамирзин хила ма-веззара. Iожаллин де тIекхаьчча, цунах кIелхьара ца волу цIахь а, арахь а. TIорказ чу дIалачкъийча а. Дала йаздиннарг хир ду. Аьрсамирзас ша-м, собаре хилла, сатухур дара. Ткъа оцу йоккхачу стагана хIун дийр ду, ца хаьа-кх цунна…

3

Аьрсамирза шен ойланех йукъахваьккхира цIеххьана майданахь хIоьттинчу тийналло. Эххар а кхуза схьавеана пурстоп къамел дан вуьйлира.

– Тахана шуьца цхьаьна, керлачу законна тIе а доьгIна, йуьртан урхалла хоржур йу вай, – волавелира иза йишхаьллачу озаца. – Амма харжамаш бале хьалха нохчаша шега йаздинчу дехарна Кавказан наместнико, цуьнан локхалло Воронцов-Дашковс делла жоьпаш довзуьйтур ду ас шуна. Лаьттан гIуллакх къасто леррина комисси вовшахтухур йу, аьлла цо. Налогаш лахйаран гIуллакх пачхьалкхан хьашташка хьаьжжина хир ду. Бехкбаьллачунна таIзарна законехь догIу гIуда ца тоьхча а дер дац. ГIалагIазкхашна санна, шайна а герз лело бакъо ло, йа нохчашна санна, царна а герз лелор дехка, боху аш. Нохчашна герз лело ца хаьа. Герз долчу нохчочо, тухий, стаг вуьй, йа къоланаш, талораш дан араволу. ГIалагIазкхий паччахьан гIортор йу, иза а, цуьнан Iедал а чоьхьарчу, арахьарчу мостагIех лардеш. Кхузарчу гIалагIазкхашкахь герз дуьту, шун зуламех кхузара Iедал а, оьрсийн бахархой а ларбан, кху областехь машар, синтем латто. Керлачу законаца шуна бакъо йелла йуьртда, писар, къеда, молла, йуьртан урхалле къаной харжа. Аш хаьржинчу оцу урхаллин бертаза йуьртан гуламаш бар а доьхку шуна керлачу законо. Нагахь санна йуьртан гулам оьшуш хьал хIоттахь, цара кхойкхур бу иза. Аш йуьртда а, писар а харжа билгалвина ши стаг оцу дарже харжале округан начальнико къобалвина а, хаьржинчул тIаьхьа цо чIагIвина а хила веза. Ткъа къаной, къеда, молла харжар дерриг а шун лаамехь дуьту. Муха нах хила беза йуьртда, писар, урхалле хоржурш а? Хьекъале, собаре, догцIена, шуна йукъахь нийсо йийр йолу нах хила беза…

– ХIинццалц аш хIитториш барий ткъа ишта? – мохь туьйхира цхьаммо.

– Ткъа аш билгалбинчу нахана йукъахь цхьа а иштта стаг вац. Масала, аш йуьртда харжа билгалвина Акхбулатов Ахьмад. ДIадаханчу Iай цо кхерамаш тийсина массара а лоруш волу молла Хьуьса а, совдегар Iабди а вен. Писар мега ткъа йуьртара нах Iедална дуьхьал карзахбохуш, мотт-эладита лелош волу Солтханов Солта?

ТIехьарчу могIаршкахь хIоьттина лаьтта Солта, шен цхьана куьйга нах дIаса а тоьттуш, хьалха гIоьртира. Амма шена тIенисвелча, БIаьштага сацийра иза.

– Собар, Солта, дийцина валийта иза.

– Урхалле харжа билгалбина аш Султахаджиев Доша а, Абакархаджиев Аьрсамирза а, – пурстоп цавашаре велавелира. – ХIара-м беламе дай! Доша къу ву, схьалаца маьIиг цахиларна, оха Сибрех ца вохуьйтуш вуьтуш. Аьрсамирза? Даим Iедална дуьхьал хилла схьавогIуш ву. КIанта Эламирзас а цуьнгара масал эцна. Фронтехь нохчийн дошлойн бIо паччахьана дуьхьал гIаттийнчу коьртачу бунтарех цхьаъ хилла иза. Суьдах, ведда, кIелхьарваьлла и кIилло, нагахь санна салтийн тоьпо ца вийнехь, йа, схьалаьцна, каторге ца вахийтинехь, цхьанхьа даккхийчу некъашкахь талораш деш лелаш хир ву. Тхо дуьхьал дац аш МаIазов Лорса йуьртан молла а, къеда а харжарна. Амма кхузахь кхин цхьаъ ду. Кестта БуритIахь болх бан йолалур йолуш динадайн комисси йу. Оцу комиссис толлур ду xIоpa йуьртан къедин хаарш а, паччахьна муьтIахьалла а. Цигахь зийна, чекхваьлларг бен, йуьртан къеда хила йиш йац. Хьуьса а, Лорса а цига вахийта. Комиссис къастийнарг хир ву шун къеда. Ткъа кхожа йукъабахийта йуьртда, писар, къаной кхин нах гайта. Iабди, къамел гочдай, хаттарш дуй, ала.

Хамовс иттех минотехь дина къамел гочдеш, цхьа сахьт гергга хан йайъира Iабдис. Шеггара тIедетташ, стамдеш, дестош. Дийцира шаьш Соьлжа-ГIала дIакхачар а, сардална хьалха гулдалар а, цо дина къамел а, цуьнан йуьхь-сибат а, шена гинарш а, хезнарш а.

– Доцца дийца, – кIоршаме йукъахваьккхира иза Хамовс. – Со дIавахча, йеттар ахь и хьайн бага. Кхожа йукъабахийта кхин нах билгалбаха, ала цаьрга.

– Аш къастийнчу нехан кара йуьртан Iедал дала реза бац лакхара хьаькамаш. Кхин нах къастабе, боху пурстопа.

– И тхаьш билгалбаьхнарш хоржур бу оха йа цхьа а ца хоржуш Iийр ду тхо! – хадам бира БIаьштага.

– Аш пурба делча, цхьа масех дош эр дара ас, – хьалха гIоьртира Домбин Мудар. – Вайна стенна оьшу Iедалан бертаза йуьртан урхалле кхин нах харжар? Цул хьалхалеранаш Iадда битича? Хьаькамашца гIуллакх а догIуш, йуьртана тIедеанарг дIалиста доьналла а долуш стаг ву СаьIад…

– Ву, хьан дена неIалт хуьлда!

– ДIайала, пис!

– Собар, нах! – мохь туьйхира БIаьштага. – Шен ала дерг алийта цуьнга.

Нехан гIовгIанаш йевлча кхеравелла, йуьстах жима тоба йина лаьттачу ИнарлагIаьрга дIахьаьжира Мудар. Инарлас корта таIийра цуьнга.

– Доцца аьлча, СаьIад йуьртда а, Iабди писар а харжа веза вай, – шен къамел чекхдаккха сихвелира иза. – Ткъа оцу йуьртан урхалле харжа Хьуьсел, Панта-Хьаьжел, Инарлел бегIийла нах бац кху йуьртахь.

– Къаьркъанан кедах дохкаделла хьо, зуд!

– Талу хилла, мерах туьйсийла хьуна иза!

Хамовс мосазза а мохь туьйхира, нехан гIовгIанаш совцо гIерташ. Амма дуьххьара кхайкха гIертачу нIаьна-кIорничух тера цуьнан йишхаьлла аз тIепаза довра нехан оьгIазечу маьхьаршлахь.

– ГIовгIанаш совцае, нах! – гонна йуккъе а ваьлла, ши куьг хьалалецира Дошас. – Уьшалахь пхьидаша санна, аш маьхьарий хьекхарх, хIyммa а нислур ма дац кхузахь. Цхьаммо къамел деш, вукхара ладогIа. Шу ма гIиллакхах доьхна!

– Стенна хьоькху аш и маьхьарий? – гIовгIанаш дIатийна йукъ схьа а лаьцна, нахана тIекъевкъира Хамов. – Варраша санна, аш xIapa маьхьарий хьекхахь, со-м баттахь а вер вац кхузахь харжамаш бина!

ТIаьхь-тIаьхьа чуьравуьйлуш, йаппарш йан воьлла пурстоп сацийра эххар а цунна хьалха хIоьттинчу Солтас.

– Вир хьо ду-кх, пурстоп! Гирзе вир! Хьо кхузахь, къаьркъа а муьйлуш, сакъоьруш Iачу хенахь ас тIом бина. XIapa сан пхьарс мичахь баьккхина, ца хууш ду хьо, хьаьрса зуд?

Солтин дешнаш салташна хезна хиларна кхеравелла Хамов цаьргахьа дIахьаьжира. Цхьадика, гулбеллачу нахана йуьстахо кертах а тевжина, вовшашка лохха къамелаш деш лаьттара уьш кхоъ.

– Хьо ву xIapa иллехь вуьйцу турпал! – кIоршаме вела а къежаш, когашкара хьала коьрте кхаччалц бIаьрг туьйхира цуьнга Хамовс. – Хьо Георгин жаIаран кавалер хилча, айхьа Iедалан векална йаппарш йан мегар ду, моьтту хьуна? Хьо стенан дуьхьа ваханера тIаме? Россин дуьхьа ваханера, ала гIерта хьо? Хьайна ахча делча, йолахо хилла, ваханера-кх! Мичахь бу хьан доттагIий Аьрсамирзоев а, Аьрзуев а? Царна тIаьххье Нерчинске хьо дIавахийта дош ло ас хьуна. Ас кхечухьа дийр ду хьоьца къамел!

ТIаккха шен оьгIазвахар Iабдина тIедерзийра цо.

– Хьо хIунда лаьтта, и виран лергаш дуьйлина, ладоьгIуш? Кхин нах буй йуьртан урхалле харжа?

– Шайна йуьртан урхалле харжа луучу нехан цIерш йаха! – нахе мохь туьйхира Iабдис.

– Мудара цIерш йаьхначарна реза ду тхо! – вистхилира Инарлин шича ЧIонакъа.

– СаьIад йуьртда харжа! Iабди – цуьнан писар!

– Хьуьса, Панта-Хьаьжа, Инарла къаной харжа!

– Шайн ворхIе дена неIалт хуьлда шун а, церан а!

– Седа дуьхьал баха хоржийла уьш!

Вой даьлча санна, гIовгIа йелира майданахь. Дехьа йуккъехь вовшашна тIетта гIертара Доша а, ЧIонакъа а. Шеко йоцуш, цIий Iанорца чекхдердолу дов сацийра гонна йукъаваьллачу Овхьада.

– Нах! – мохь туьйхира цо паргIатчу озаца. – Вайн дайн оьзда гIиллакхаш дицдина аш. Собарх доьхна шу. Вовшийн сийсаздеш, оьзда йоцу Iиттарш йо аш. Кхузахь аш маьхьарий хьекхарх, вовшашна хьокхий деттарх, шаьлтанаш Iиттapx кхин а галдалар бен, нислур дац йуьртан гIуллакх. Кхуза гулбелла нах шина декъе, шина тобане бекъабелла. Шина а тобано цIерш йаьхна шайна йуьртан урхалле харжа луучу нехан. Уьш, пхиппа, итт стаг ву. Уьш берриг а кхожа йукъа а бахийтий, кхаж тасийша. Кхаж алсамбаьлла пхиъ чекхвер ву, важа пхиъ йукъара дIавер ву. Вовшашна весаш йан а ца оьшуш, атта гIуллакх ма ду иза. КхидIа и маьхьарий ма хьекхалаш. Собаре хила, къонахий хила, и виъ оьрси вайх ма кхардаве.

ТIаккха Хамовна тIевирзира Овхьад:

– Господин пурстоп, хIокху майданахь лаьтта йоза-дешар а, оьрсийн мотт а ца хуу адамаш айхьа дуьйцучух ца кхетийла хууш, майраваьлла, царна оьзда йоцу йаппарш йеш къамел до ахь. Хьо мухха велахь а, оьрсийн эпсаран цIе лелош, паччахьан векал ма ву хьо кхузахь. Оьрсийн эпсаран, паччахьан сий лардан декхар ма ду хьан, муьлххачу хьоле, муьлххачу йукъаралле нисвелча а…

– Хьо волу меттиг а ца хоуьйтуш, тийна-таьIна Iийча гIоли йу хьуна, каторжник!

Овхьад велавелира:

– Со каторжник хилар а, каторжник муха хилла а цхьанна а къайле йац, господин пурстоп. Сайн къоман маршонехьа, адамийн бакъонашкахьа ас къийсарна хиллера сох каторжник. Амма хьо мила хилла а, мила ву а, кхуза муха кхаьчна а, ма хаьа суна. Эскарехь гIуллакхдеш волуш, хьо да волу бахам кехатех а ловзийна, айхьа дIабаккхийтича, жимачу бераца зуда дIакъаьстина хьох. ТIаккха хьо маларехьа вирзира. Уьш а, кхин а тидаме а эцна, эпсарийн суьдан кхелаца эскарера дIакхоьссина хьо, оьздачу нехан йукъараллехь цхьанххьа а тIе а ца лаьцна, хьайн дехарца кхуза веана. Кхузахь, Нохчийчохь, хьекъална аьрта, оьздангаллех боьхна, къуй, малархой, кехатех ловзурш, кхин зуламхой а хьаькамаш мега дела. ХIинца ваьшшиннах лаьцна къамел дуьтур вайша. Йерриг Россехь а, Нохчийчохь а, хIокху округехь а хIоьттина чолхе, карзахе, кхераме хьал хьуна хууш хир ду аьлла, хета суна. Ткъа хIара йурт карзахйаьккхинарш хьо а, кхузара хьан бартахой а бу. КхидIа а аш xIapa питанаш леладахь, кхузахь цIий Iанарна кхерам бу. Цундела ас маслаIате некъ хьоьху хьуна. ХIокху гуламера нах шина тобане бекъабелла. Шина а тобано пхиппа стаг гайтина йуьртан урхалле харжа. Уьш итт стаг кхожа йукъавахийта, кхаж алсам баьлларш йуьртда, писар, къаной хир бу.

Хамовс иза аьттехьа а ца дитира:

– Округан начальнико къобалбинарш бен хоржур бац йуьртан урхалле. КхидIа хабарш дийца а ца оьшу!

– Йуьртан урхалле хоржурш, округан начальнико къобалбинарш бен хила йиш йац аьлла, дац законехь.

– Кхузахь законаш оха xIиттийнa ду!

– Дика ду хIета. ТIаьхьалонах жоп айхьа лур ахь.

Овхьад гонна йукъара дIаваьлча, Iабдица лохха къамел долийра Хамовс.

– Оцу хьан вашас, каторжнико, бохург дича, шуьнаш чекхбевр буй?

– Дог дохийла а йац…

– ХIета шаьш кегийна худар шаьш даа деза аш! Шайчаьрца барт а бай, нах балха баханчу хенахь, цIеххьана кхайкхалаш гулам, бехирий шуьга? ТIаккха кхузахь дукхахберш шуьнаш хир бара, тодакхаш!

– ХIинца xIapa харжамаш тIаьхьалонга дIататта ца мега?

– ХIун аьлла?

– Суна карор ду бахьана…

– ДIалалла хIета!

Iабди нахана тIевирзира:

– ХIай, нах, хIай! – мохь туьйхира цо. – Кхузахь девнаш деш, вовшашна чуьчча гIерташ, харжамаш бар аш дохийна, боху пурстопа. Цундела хIара харжамаш тIаьхьалонга дIатотту вай. Харжамаш хинболу де, оха билгал а дина, шуьга дIакхайкхор ду. ТIаккха ша схьавогIyp ву, боху пурстопа. Цул совнаха, хIара галдаьккхинарш муьлш бу а хаьа шена, царна Iедалехь догIу таIзар дийр ду ша а, боху. XIинцa шайн-шайн цIа дерза!

– Iабди бакълуь! Мудар! Хьайн накъосташца цIехьа йахийта ахьа!

– Хьуьса! Панта-Хьаьжа! Йухаверза ший а! И нах а совцабе!

– Харжамаш бар хир дац тахана, БIаьштаг, – соцунгIа а хилла, вистхилира Панта-Хьаьжа. – Барт боьхна вайн. Цундела хIокху йуьртара ийман-беркат дIадедда. Пурстопа бохург дичахьана довлу вай. Инарла! ЧIонакъа, дIадуьло!

СаьIадгIеран тобанах ах бIе гергга стаг майданара дIавахара.

– Вай хIун де, Овхьад? – хаьттира БIаьштага. – Вай а цIа доьлху йа харжамаш бо?

– Вай вешан йуьртан урхалла хоржур йу-кх. И ткъех стаг дIавахарх, вайн галдала хIумма а дац. Хьайна гIo дан а, кхаж тасарна тIехь тергам латто а кхо-виъ стаг а къаставай, кхаж тасарна кечам бехьа, БIаьштаг. Аш и кечам бешшехь, ас нахе цхьа масех дош а эр дара.

– ЛадогIал, нах! Овхьаде ладогIал!

КIез-кIезиг туьйш, дIатийра нехан гIовгIанаш.

4

Шен салташца пурстоп а, шайга кхардаме хьоьжу и масех хьолахо а, церан бартахой а майданара дIабахча, цхьа боккха, беза мохь гира охьатесча санна, паргIатбевлла, садаьIира кхузахь бисинчу наха.

– БIаьштаггIара кхажтасарна кечам бешшехь, шуьга цхьа масех дош ала лаьара суна, – даим санна, парггIат къамел долийра Овхьада. – Нохчийн yггap тоьллачуьра ах мохк гIалагIазкхашна дIабелла оьрсийн паччахьо. Цул совнаха, Нохчийчоь дIалоцучу хенахь вайн халкъана йамарт а, ткъа шена тешаме а хиллачу вайнахах бевллачу цхьацца эпсаршна а, совдегаршна а, динадайшна а совгIатана латта дийкъира оьрсийн паччахьо. ХIокху Нохчмахкарчу итт йуьртан доллучул латта ду царах хIораннан а долахь. Нохчийн хьолахошна делла латта-м хIумма а доцург ду, паччахьо вайн луларчу къаьмнех схьабевллачу элашна деллачу лаьттаца дуьстича. Оцу иттех элана паччахьо делла нохчийн латта Нохчмахкарчу бахархойн долахь долчул маситтаза алсам ду. И вешан дайн латтанаш гIалагIазкхашкара а, элашкара а, вешан хьоладайшкара а, безза мах а луш, цхьана ханна цаьргара оьцуш йа йукъахь леладо вайнаха. ХIетте а, цигара лелхийна, цIа хьовсийна нохчий. Иштта, эккхийна, цIа ваийтина, Iаьрчхехь лаьттах тоьла а йаьккхина, хан токхуш волу къена Мусха гина шуна. Iедало а, оцу хьолахоша а дакъазабаьхначу эзарнаш нохчех цхьаъ ву и Мусха.

– Дала бекхам оьцийла цуьнан бохаман бехкечарех!

– Амин!

– И нохчийн эпсарш а, совдегарш а, гIебартойн, гIyмкийн элий а, гIалагIазкхийн хьоладай а, вайн дайн хилла латтанаш йолах а, йукъахь а вайга леладойтуш, цхьана ханна вайна мехах духкуш, шаьш балхах куьг дIа а ца тухуш, хьолана букъабелла, хьоло хьерабаьхна бехаш бу. Вайн хьацар, вайн цIий ду цара Iуьйдург. Ишттачу нахах помещикаш олу Россехь. И помещикаш нохчашна йукъа баьржина шовзткъа шо бен дац, хIетте а цаьрца машар ца хуьлуш, церан лолла ца лалуш, цаьрца къийсам латтош ду вай. Ткъа и помещикаш цIе йолу нах оьрсашлахь болу эзар шо сов хан йу. Россера дерриг латта оцу помещикийн долахь ду, ткъа халкъан долахь цхьа коржам а латта дац. Iедал а помещикийн карахь ду. Халкъ царна деца, церан лоллехь ду, халкъан цхьа а тайпа бакъо йац. Цаьргара латта схьадаккха гIерташ, шайна адамийн бакъонаш лоьхуш, нийсо лоьхуш, бIешерийн дохалла царна дуьхьал къий-сам латтош бу шу санна болу оьрсийн ахархой. Церан xIоpa керла гIаттам цIела карчийна Iедало. Уьш набахтехь бахкош, Сибрехь хIаллакбеш болу эзар шо сов хан йу. Оьрсийн белхалой а, ахархой а хIинца а гIевттина паччахьан Iедална, помещикашна, хьоладайшна дуьхьал. Тахана сийна цIе кхерста йерриг а Россехь. Ахархоша бекхам оьцу шаьш лоллехь латточу помещикех. Церан латтанаш шайн дола доху, церан бахамаш багабо, гуттар а къиза помещикаш бойу. Паччахьан Iедалан ницкъ ца тоьу и помещикаш ахархойн бекхамах ларбан. XIоpa йуьртахь латто эскарш дац цуьнан. ТIехула тIе, салташна ца лаьа ахархошна герзаца дуьхьало йан. И салтий шаьш а бу селханлера ахархой, царна ца лаьа шайн дайшна, вежаршна, наношна, йижаршна йетта. Оцу ахархойн бекхамах и помещикаш ларбан йолахой, йа нийсса аьлча, чаьлтачийн декхар кхочушдан нах беза Iедална. Мила гIyp ву цига, шен лаамехь чаьлтачан декхар кхочушдан?

– Адамаллин цхьа а чо шен дегIаца болу стаг гIyp вац!

– Кхузахь ваьшна таIзарш деш лела салтий бIаьрга ган ца беза вайна а!

– Салтий-м шайн лаамехь а ца баьхкина кхуза, нуьцкъах балийна!

– ХIетте а безам бац вайн цаьрга!

– И адамаллин цхьа чо шайн дегIаца боцу, ахчанах бехк боцчу оьрсийн ахархойн цIий Iено резахилла нах карийна ламанхошна йукъахь. Нохчашна йукъахь. Ткъа вайн йуьртахь Домбин Мудар а, Дасин Расу а карийна!

– Мудара къаьркъанан кедах шен да а вуьйр ву!

– Дасин Расу а йу-кх изза пис, тIуьйлиг а!

– Дала дийна цIа ма верзавойла цига вахнарг!

– Йуьртана а, махкана а эхь ду иза!

Куьг хьала а лаьцна, гIовгIанаш совцийра Овхьада:

– Нохчийн къомах лайш, йолахой, чаьлтачаш ца бевллера цкъа а. Амма хIокху тIаьххьарчу заманахь гучубуьйлу уьш. Шовзткъа шо хьалха йолах оьрсийн-туркойн а, ши шо хьалха оьрсийн-японийн а тIаме бахара нохчий. ХIинца, Россех а бахана, жIаьлеш санна, помещикийн бахамаш ларбан а бохку. Уьш совцо беза вай. Къомана тIе эхь доуьйтучул, мацалла вала веза xIopa нохчо! Амма вайн бертаза цига воьдучунна хIун де вай?

– ХIокху йуьрта йухабогIу некъ бехка беза царна!

– Йуьртах баха беза церан доьзалш а!

– Седа дуьхьал гIойла цига ваха дагадеанарг!

Нах дIаса а тоьттуш, веана Овхьадана хьалха хIоьттира дерзинчу дегIа тIе дуьйхина морсачу машин эттIа чоа а, хеча а, когахь йакъайелла неIармачаш а, коьртахь тиша кхакханан куй а болуш, йуккъерчу дегIара шовзткъа шо хенара векъана стаг.

– Овхьад, ахь и гIовгIанаш совцайахьара, xIокxy нахе цхьа-ши дош эр дара ас, – элира цо.

Оцу тIелхигашна тIехула гIодайукъах дихкинчу кхелинчу доьхкарх кхозучу безчу механ детица кхелинчу шаьлтанан макъарна тIе цхьа куьг а диллина, важа хаьн тIе а хIоттийна, цхьа ког хьалха а тесна, нехан йаххьашна тIехула шен ира хьажар кхарстийра цо.

– Со пис, тIуьйлиг йу аьлла, мохь туьйхира шуна йукъахь цхьаммо, – къамел долийра цо, йовхарш тоьхна, шен аз а тодина. – Ас хьанна къола дина, со хьаьнга сискал йеха вахана, ас хьанна хьалха корта таIийна? Сан бераша хьенан шун харцийна йа уьш хьенан кIари чохь карийна? Йа вайн йуьртана, цхьана стагана тIе бохам беача, сайнчул тIех хьенан дог Iаьткъина? Диканиг хилча, суначул тIех хазахетта мила хьаьвзина? ХIаа, со къен-миска ву. Амма хIapa сан маззакъдоьлла куьйгаш, сан кийрара дог цIена а, хьанал а ду. Суна пис, тIуьйлиг аьлларг гучувала, ша боьрша велахь. Овхьад, сан исс бер ду. Кертахь хьайба дац. Ирзо тIера даьлла йалта Iаьнах довла а ца тоьу тхуна. Россерчу хьолахойн бахамашна гIаролла дан ваханчунна ахча а, говр а, тIедуха-когадуха а ло аьлча, сайн доьзалан ойла йина, цига ваха резахиллера со. Амма, иза ахь ма-дуьйццу дуйла, ца хаьара суна. Со кхетта хIинца. Тхайн кертарчу итт адамца тховса мацалла лийр велахь а, со гIyp вац цига. Иза ду сан тIаьххьара дош!

ТIевеанчу Дошас къевллина маравоьллира Расу.

– Дела резахуьлда хьуна, Расу. Дала дукхавахавойла хьо. Хьан къонахаллех шек стаг ца хилла йуьртахь цкъа а. Ткъа пиcaш а, тIуьйлигаш а вай йерриг а йу. Амма хьан доьзал меца а болуш, тхайнаш буьзна а хир бац. Баркалла хьуна!

– Нагахь санна Домбин Мудар вайн бертаза тражник хилла Росе гIахь, цунна хIуй кхайкхош, йуьртах араваккха реза дуй шу? – мохь туьйхира БIаьштага.

– Реза ду!

– Реза воцург вуй?

– Цхьа а вац!

– Овхьад, кхин дуй хьан ала?

– Масех дош дисина. Кхечу йарташкарчу наха сардалан а, паччахьан а цIарах кехаташ йаздина, шайн маршонехьа къуьйсучу оьрсийн а, кхечу халкъийн а гIовттамаш хьошуш, дакъалаца вайнах йолах салт а, стражникаш а бохуш, Россе дIакхийларна дуьхьало йеш. Оцу кехаташ тIехь йаздина, нохчий цкъа а чаьлтачаш ца хилла, хIокху тIаьхьарчу шина бIе шарахь шен маршонехьа турпала къуьйсучу нохчийн къомана дика хаьа маршонан мах, ткъа хIинца шена тIехь латточу лоллин, Iазапан, къеллин къахьо а. Массо а къаьмнийн къехой тхан вежарий бу, оха церан цIий Iенор дац. Стражникашка йазбелларш къелло бIарзбина, Iедало Iехийна, шаьш кхочушдан дезачу эхьечу декхарх ца кхеташ, бодане, декъаза нах бу. И нах Iехош, тхан вежарийн цIий Iенадайта Россех дIабига гIертар сацаде. Нагахь санна шу реза делахь, изза аьлла кехат вайн йуьртан цIарах а йаздийр ду вай.

– Реза ду тхо!

– Керстанаш белахь а, цигарнаш а бу, вай санна, цхьа пекъарш!

– Иштта дIайазде ахь, Овхьад!

– Дуьхьал вуй цхьа а?

– Baц! Берриг а реза бу!

– ХIета, и цхьа коьрта гIуллакх чекхдели вайн. БIаьштаг, шун кечам муха бу? – хаьттира Овхьада.

БIаьштага шен хаза тодинчу даккхийчу Iаьржачу мекхех дай куьг хьаькхира:

– Делахь, Овхьад, кечам болуш бара вайн. Амма суна кхин цхьаъ дагадеънера. Делкъан ламаз дина наха, гондIарчу керташка а бахана. Нах делкъе йанза меца бу. Малхбузу ламазан хан а тIекхаьчна. Суьйранна цIахь гIуллакхаш а ду нехан. Оцу овголашца кхаж таса долахь, буьйсанга гIyp ду вай. Куьйгаш а ойуш, харжа вай и ваьш билгалбина нах?

– Iаламат дика хир ду. Иза дан реза дуй алий, хаттал нахе.

Нах, баккхийбеш, резахилира.

– ХIета, СаьIад йуьртда, Iабди писар, Хьуьси, Панта-Хьаьжа, Инарла йуьртан къаной харжа резаволчо куьг айал.

Масех стага хьалалаьцна куьйгаш дагардира БIаьштага.

– Цаьргахьа куьйгаш айъинарг шийтта ву. ХIинца Ахьмад йуьртда, Солта писар, Аьрсамирза, Доша, Лорса къаной харжа реза болчара куьйгаш айал.

– Цхьа хIyмa хатта лаьара суна, вай куьйгаш айале, – элира тобанна йукъарчу цхьаммо. – Iела а, Овхьад а оьрсийн а, Iаьрбийн а йоза-дешар а, меттанаш а хууш, дуьне а девзина, хьекъал а, доьналла а долуш ши стаг ву. И шиъ хIунда вац вай хоржучарна йукъахь?

– Цаьрца къамел хиллера тхан, Бета, – жоп делира БIаьштага. – Iелас, ша къена ву, шен могашалла дика йац, ткъа Овхьада, шен хIокху йуьртахь сецна Iойла хир дац, элира тхоьга. И шиъ йуьртан урхалле вай цахаржарх, царах дагадийр ду вай. ХIинца ас цIерш йаьхна нах йуьртан урхалле харжа резаболчара куьйгаш айал.

БIаьштага шозза дагардира наха айъина куьйгаш. Шен веа накъосте а дагардайтира. ТIаккха жамIаш кхайкхийра цо:

– Йуьртахь куьйган бакъо йолчу виъ бIе везткъа стагах цхьаберш цIера бевлла, дикане-воне бахана а, цомгаш цIахь бисина а, хIинцца кхузара дIабахна а кхузткъа стаг ца вагарвича, кхузахь виъ бIе ткъа стаг ву. Царах шийттаммо СаьIадгIаьргахьа куьйгаш айъина, виъ бIе бархIаммо Акхболатан Ахьмад йуьртда, Солтханов Солта писар, Абкархьаьжин Аьрсамирза а, Султахьаьжин Доша а, МаIазин Лорса а къаной хаьржина. Вайн барт ма-хиллара, оццу куьйгашца МаIазин Лорса йуьртан молла а, къеда а хаьржина. XIapa харжамаш нийса хиларх шеко йолуш вуй цхьа а?

– Вац!

– ХIета, Лорса, доIа а дай, дIаберзабел вайн болх.

– АлхьамдулиллахI! АлхьамдулиллахIи раббил Iаламийна! Йа АллахI, дуьне-Iалам кхоьллина, ницкъ болу, къинхетаме, комаьрша тхан Дела! Тахана оха бинчу харжаман тIаьхье беркате йелахь. ХIокху йуьртарчу наха, тхох тешна, къастийнчу тхуна уьш а, тхо царна а муьтIахь делахь. Тхох тешначу хIокху йуьртарчу адамийн ийманехь барт бан, царна йукъахь нийсо йан, уьш керстан Iедалан харцонех, йамартлонех ларбан, массо а зенех-зуламех ларбан тхуна хьекъал, кхетам, собар, ницкъ лолахь…

– Амин!

– АллахIу амин!

– XIapa керста Iедал тхуна муьтIахь делахь. Тхан дегнаш, ойланаш хьагI-гамонех, харцонех, йамартлонех, хьарамлонех ларйелахь. Хьо реза воцург дан шайтIано тхуна дагадаийтахь, тхан куьг-ког йухаозалахь, тхан бIаьрса дIаэцалахь, тхан меттанаш совцаделахь, тхан лергаш къарделахь…

– Амин!

– Къинхетам белахь, йа АллахI!

– Йа АллахI, хIай къинхетаме Дела, тхо керстан балех кIелхьардахалахь. Керстан Iедало махках баьхна, балехь болу тхан дай, наной, йижарий, вежарий, доьзалш могаш-маьрша цIа берзабелахь, уьш а, тхо а керстан балех ларделахь, тхоьгара гIaйгIa-баланаш дIаэцалахь. ХIокху йуьртахь а, махкахь а ийман-беркат а латтаделахь. Оха ца кхеташ дийлийтинчу гIалаташна, летийнчу къиношна, тхох къинхетам бай, гечделахь. Тхан дахар а, далар а ийманехь хилийталахь, ийманехь нисдай, тхан дуьне а, эхарт а декъалделахь…

– Амин!

– Тхан гIийлачу доIина жоп лолахь, йа АллахI!

– Хьайн маликийн, пайхамарийн, эвлайаийн орца лолахь!

– …Фатихьа!

ДоIа чекхдаьлча а цIа баха сиха бацара нах. Цара забарш йеш, боьлуш, кегийра тобанаш йина къамелаш дора. Уьш баккхийбера тахана шаьш баьккхинчу жимачу толамах. ХIокху маситта шарахь тахана дуьххьара царна хьалха йухабевллера пурстоп а, йуьртара хьолахой а. Ткъа тIаьхьалонан цара ойла а ца йора…

***

КАХАНОВСКИ СТАНИЦЕРЧУ

ГIалагIазкХИЙИ АЬРЗНАШ ТIеРА

1907 шо

8 май. Соьлжа-ГIалара Кахановске цIа вогIу совдегар-урядник Бычков Кирил а вийна, 229 соьмана цуьнан товар даьхьна. Лар Мескер-Эвла йахана.

17 июнь. Ахархо Лысенко Степан вийна нохчаша, лар Мескер-Эвла йахана.

15 июль. Шен кха тIехь болх беш волчу Коваль Николайна чевнаш йина кхаа нохчочо. Лар Гуьмсе йахана.

2 август. Мелчу-Хина уллохь Кахановскера гIалагIазкхи Недошевин Степан а вийна, цуьнан 963 сом ахча даьхьна нохчаша.

25 август. Кахановски уллохь урядникана Бакуленко Даниелана шаьлтанца чов йина нохчочо.

3 сентябрь. Ворданахь Соьлжа-ГIала воьду Минейкесь Франц а вийна, иза талийна Мескер-Эвла уллохь.

13 октябрь. Шелковскера Кахановске вогIучу Парфомов Иванера говр а, 100 сом ахча а даьккхина нохчаша. Лар Гуьмсе йахана.

X корта. Эшам

Дикачу гIуллакхашца вовшашлахь хьалхе йаккха гIорта…

Къуръан. 2 Сура, 148 айат

1

Гати-Юьртахь харжамаш хиллачул тIаьхьа бутт сов хан йаьллера.

Шайн толамах тешна гатийуьртахой, бIаьста йалташ а дийна, царна асарш а даьхна, хIинца мангала бевллера. Iуьйранна де шеллах мангала вахана, делкъале шайн жимачу цани тIе мангал тоьхна а ваьлла, цIа вогIучу Iелина а, Iусманна а новкъахь хезира, тахана йуьртан гулам а хилла, АхьмадгIар дIа а баьхна, СаьIадгIар йуьртан урхалле хаьржина бохуш. Иза хIун ду хьажа, эвлайуккъе а ваьлла, цIа веанчу Iусмана дийцира цигахь хилларг.

Хьалххе пурстопаца барт а бина, дукхахболу нах кхаш тIе балха баханчу хенахь йуьртан гулам кхайкхийнера СаьIадгIара, ткъа сийсара цара къайллах шайга хаам бина церан бартахой, шайн гергарчу нахаца йуьртара ара ца бовлуш, цIахь севццера. Уьш йиллинчу хенахь майдана гулбеллера. АхьмадгIарна кхаж тесначу виъ бIе сов стагах цигахь цхьа иттех воккха стаг бен ца хилла. Хьалха кхузахь харжамаш беш закон талхийна, дукхахболу нах харжамашкахь дакъалоцуш а ца хилла аьлла пурстопо, цундела хIетахь йуьртан урхалле хаьржина нах округан начальника чIагI ца бина. ХIетахь йуьрто къастийна, округан начальника къобалвина хилла пхи стаг – СаьIад, Iабди, Хьуьси, Панта-Хьаьжа, Инарла – йуьртан урхалле харжа веза аьлла. Цигахь хиллачу Ахьмада а, Солтас а дуьхьало йина пурстопана, амма цига гулвеллачу ах бIе сов стага куьйгаш а айъина, и пхи стаг хаьржина.

Iелина хьалххе дуьйна хаьара СаьIадгIара, мацца йина а, и йамартло йийриг хилар. Йуьртахь церан тоба жима йелахь а, Iедал цуьнгахьа ду. Йуьртара дукхахболу нах йа, хIинццалц санна, оцу хьолахойн кога кIел Iен беза, йа, цаьрца къевсина, уьш коьртера охьабиссо беза. И тIаьхьарниг дан нахехь ницкъ бац. Доцца аьлча, йурт шина декъе йекъайелла. Овхьад мукъана а велара цIахь, цунах дагавала. Россе буьгучу нохчийн йолахойн хьокъехь Шела а, Соьлжа-ГIала а вахана иза селхана. ЦIа маца вoгIyp ву а, ца хаьа. Цкъа вахча, цIа ца вогIуш кIиранах а, шина кIиранах а Ia.

Iелас ламаз эцна тас-гIyммaгI дIадаккха чуйеара цуьнан кIентан йoI, итт шо хенара Шовда.

– Седа йеанера хьо цIахь воцуш, – элира цо, цIенкъа горгам а хьокхуш.

– Лаа йеанерий иза?

– Хьо ган йеана ша, бохура. Са а гатделла.

Йуьртан гIуллакхашна тIера дIайевлира Iелин ойланаш. Иза цIа веана ши шо гергга хан йу. Тохара цо, тешаш а кхайкхина, Ахьмадца къамел динчул тIаьхьа дIатийра йуьртахь царах лаьцна лела эладитанаш. Айза баттахь, шина баттахь цкъа йогIура шен кIант волчу. Дукхахьолахь кIентан бераш ган, царах цхьаъ цомгаш хилча. Ахьмад а вогIура, Iела волчохь нийсарой цхьаьнакхетча. Iусман а, Дауд а шина а кертахь а, арахь а болх хилча, вовшашна гIo деш цхьаьна хуьлура. Ткъа йалхитта шо долу Айзин йоI Седа хIора дийнахь бохург санна йогIура кхуза. Ма-йоггIу Iела волчу цIа чу а йогIий, цунна мара а оьккхий, цIа чохь цIано йан хIуттура. Iелин мотт-гIайба цIена латтадора, бедарш йуьттура, цIенкъа нуй-гIум хьокхура, цунна бовхачу кхачин гIайгIа бора.

Iелина там бан гIертара уьш массо а. Амма цуьнан дог даьллера хIокху дуьненах. Шен хенарчу нахаца пхьоьханахь, мовладехь, сагIа доккхучохь охьахиъча а, наггахь вист а хуьлуш, тийна-таьIна Iapa иза. Йуьртан гIуллакхашна йукъа а ца гIертара. Iелин сагатдийриг цуьнан хIусамнана цахилар а дацара. ХIусамнаной а белла, атталла дола дан доьзалхой а боцуш бисина дуккха къена нах бара. Ткъа Iелин кIант а, нус а, церан бераш а ду. Уьш массо а, кхин тIех хуьлийла доцуш, дика а бара цунна. Iелина там лоьхуш, мосазза а цунна зуда йалор а хьахийнера цара. Амма иза реза ца хуьлура. Йалийнчу зудчуьнгара хIун там хир бара цунна? Бедарш йуьттур йара, кхача а кечбийр бара, хIусам цIена а латтор йара. Оцу aгIор несо а, кIентан бераша а, Седас а цхьа тайпа эша хIума ца дуьтура цунна. Зуда йалийча, цаьршинна йукъахь безам-марзо хир йу бохург дIадаьллера. ХIокху хIусамехь цхьаьна-м Iийр дара. Хийра ши адам санна. Болчунна тIе а и бала ца оьшура Iелина. Цо дуьненахь йаккха йисина хан дукха хир йац. Тахана ву а, кхана хир ву а, ца хаьа. Шовзткъа шарахь а Iийна иза хIусамнана йоцуш, мел йисинехь а, йисинчу хенахь а Iийр ву.

ХIун дара а, хаац, цхьа хан йаьлча, цкъацкъа де-буьйса схьалоций, сингаттамо бIарзвора иза. Цо мел чIогIа дуьхьало йарах, шайтIано даг чу туьйсура ша дийна а волуш Айза маре йахар. Ша мел собаре велахь а, иза кхин цкъа а хьехо ца оьшуш чекхдаьллехь а, наггахь иза Iеткъара Iелина.

Сибрехь волуш Iелас нийат динера, нагахь санна ша мацца а цкъа дийна даймахка верзахь, шен таро а, могашалла а хилахь, Хонкара а вахана, цигахь дозанехь вийна дIавоьллинчу вешин Аьрзун а, цуьнан доттагIчун Чорин а кошан барза тIе хIотта. Иштта чIогIа шен сагатделча, цхьана ханна кхузара дIа а ваьлла, цига а, Гуьржех, шен доттагI Николаз волчу а ваха дагадогIура цунна. Амма цига воьдуш ахча дезара. Ткъа Iелин иза дацара, хир ду ала, меттиг а бацара.

Iелин сингаттам дIаойуш, хIокху дуьненах бозабелла бисина цуьнан деган буткъа цхьа хьаса ца ходуьйтуш, Iаьржачу бодашкахь серло луш къега чиркх санна, цунна серло луш йеккъа цхьа Седа йара. Iелин шен йоI ца хиллера. Хилча а, шен йoI а хир йацара цунна Седа санна дика. Ткъа шен йоI хилча, иза Седел тIех дукхаезар йацара Iелина. Iаламат оьзда, хаза гIиллакхаш ду Седин. Оцу дерригенал а совнаха, кхин а дара Iелин дог-ойла цу йоIах йоьзна. Ша ма-йарра жимачохьлера Айза йара Седа. ХIетахьлерчу Айзичух тера йуьхь-сибат, Iаьржа, йуькъа, йеха месаш, бIаьргаш тIехула тIамарш йаржийна Iаьржа цIоцкъамаш, хьекъале, къинхетаме Iаьржа бIаьргаш, дуткъа, куьце дегI. Ткъа аз мел тера ду! Эсала, дог хьостуш, маслаIате. Цкъацкъа, вицлой, шен а, Айзин а йоI хетара цунна Седа. Сих-сиха Седин хиндолчу дахаран ойла а йора Iелас. Цхьана осалчу стаге маре а йахана, иза дакъазайаларна а кхоьрура. Иза ша реза волчу стаге маре а йахана, цIа-цIе а, керт-ков а долуш, доьзал а болуш, йаха хиъна де галлалц ша вахаре са а туьйсура. Дависарг, Овхьад велахьара цхьа пхийтта-ткъа шо къона. Цуьнца йа иза санначу къонахчуьнца ирсе хир йара Седа.

Массо а де долалора Iелин, Седа схьайаре ладоьгIуш. Седин когийн тата а девзара, цо керта-арахь дуккха а адамашна йукъахь мел меллаша къамел деш хилча а, цуьнан аз а девзара. Седе хьоьжуш, цунна карлайолура генна дIайахана, гIан а, туьйра а хилла йисина шен а, Айзин а къона хан. Шен безам хоуьйтуш, шовданан коьртехь ша Айзига дуьххьара къамел дар а. ХIора дийнахь суьйранна Айза, кIудал пхьаьрсах а тесна, шайн кертара арайаьлча, шовданан коьрте кхаччалц а, иза хи эцна дIайоьдуш а, ша цунна улло а хIоьттина, меллашчу боларахь, лохха къамел деш, шаьшшиммо йаьккхина хан а. TIаккха шаьшшиъ цхьаьнакхетта хьалхара хала шераш а. ТIаккха Айзин дегIаца Iyмap а волуш, шаьшшиъ Оьрза-ГIала дахча, цигахь гIалгIазкхаша шайн ворданна гуо бича, Айзин кхерайалар а. ТIаккха ша Хонкара ваха новкъа валале а, лаьцна Сибрех вахийтале а шаьшшиммо цхьаьна йаьккхина ши буьйса а…

Ша цIахь воцуш схьа а йеана, Седа дIайахана аьлча, чам байра Iелина. Тахана кхин йогIур ма йац иза. ХIара делкъал тIаьхье а, тховсалера буьйса а шарал йахлур йу Iелина.

Иза шен ойланех йукъахваьккхира керта деанчу когийн татано. Иза Iусман вацара. Цуьнан когийн тата а девзара Iелина. Иза хIокху керта цкъа а ца веанчу стеган когийн тата дара. Iеле цкъа-шозза мохь тоьхна, йиллина лаьттачу неIаре схьахIоьттира йуьртан туркх. Чувехча, цIа чу а ца велира.

– Iела, пурстопа канцалле кхойкху хьо, – элира цо, и шиъ хьал-де хаьттина ваьлча.

ХIунда кхойкху бохуш, туркхе хеттар эрна дуйла хуу Iела, шена тIе цIена духар а дуьйхина, йукъах детица кхелина доьхка а, шаьлта а дихкина, аравелира.

2

Йуьртан канцелярин кертахь гоьзанех дIатесна иттех говр а, белшех кхозуш тоьпаш а йолуш, хIиттина лаьтташ а, хевшина Iаш а масех салти а вара. Цхьаммо а ца сацош, канцеляри чуваьллачу Iелина, цицигачух тера мекхаш а дусийна, мукадехкачух тера ши бIаьрг а цIийбина, цхьана хIуманна-м оьгIазвахана СаьIадана тIекъекъаш, Хамов карийра. Iела неIарх чуваьлча, хазахийтира СаьIaдaнa.

– XIapa ву-кх ахь схьакхайкхийтина Абубакаров Iела! – йуьхь йекхайелира цуьнан.

Iелас оьрсийн маттахь маршалла хаьттира пурстопе. Амма вукхо иза дIа ца ийцира.

– Хьо ву и бунтовщик? Каторжник? Социал-демократ? – цавашаре вела а къежаш, Iеле хьежа хIоьттира Хамов. – Делора ву, церан ваша хила ма-веззара! Нохчо – социал-демократ! Ревво-люцци-оннер! ХIара-м Iаламат беламе дай! – Iелин гай тIе шедакхаж Iоьттина, гIадвахана велавелира иза.

Iелас хала сатуьйхира.

– Муьлхачарех ву хьо? Большевик ву, меньшевик ву?

– Цхьаннах а вац, – паргIат жоп делира Iелас. – Цаьрца хила къена ву со. Амма большевикийн гIуллакх ас даггара къобалдо. Цхьа ткъех шо къона велахьара, шеко йоцуш цаьрца хир вара.

– Сацае хьайн муцIар, къена вир! Хьо хьанна хьалха лаьтта, хаьий хьуна? ДIабаккха хьайн коьртара куй!

– Нохчийн гIиллакх дац, коьртара куй дIабоккхуш. Ткъа хьо мила ву а, хаьа суна. Овхьада вийцина, ма-варра…

– Хьайга бохург дехьа, Iела, – кхеравелла, йукъавуьйлира СаьIад. – Мухха велахь а, Iедалан векал ма ву иза…

Iелин оьгIазечу хьажаро дIатевира СаьIад.

– ЛадогIахьа, господин пурстоп, хьуна хаьий ткъа, хьо мила Iамо, мила кхеро гIерта? – Хамовна тIевирзира Iела. – Эрна карзах ма вийла. Сан кхузткъе пхийтта шо ду. Шун олалла тIе ца лаца гIерташ, сайн дейтта шо кхаьчча, кара герз а эцна, йалхитта шарахь шуна дуьхьал тIом бина ас. Цхьа шо Хонкаран жоьжахатехь а, ткъе берхIитта шо Сибарен каторгин жоьжахатехь а даьккхина. Со цхьаъ вац оцу жоьжахатехула чекхваьлларг. Шун паччахьо тхоьгара мохк дIабаьккхина, тхо лолле доьхкина. Тхан даьIахкаш йуьйдина Россин а, Хонкаран а массо а маьIIехь. Шун инзаре боккхачу ницкъа кIел ах хIаллакьхилла тхан къам. Амма тхо гора хIитто а, тхан коьртара куйнаш дIадаха а ницкъ ца хилла шун цкъа а йа хир а бац. Кхин сан дегIах шедакхаж ма Iотталахь, ас могуьйтур дац хьуна!

Хамов шен тапчин xyмпIapx тасавелира.

– Ларлолахь, господин пурстоп! – шаьлтанан макъарна тIе куьг а диллина, цхьа гIулч хьалха тесира Iелас. – Охьадахийта ши куьг! Ахь уьш меттахъхьадахь, ас чоко арахоьцур йу хьан!

Схьайаьстина хумпIар тIекъовла а ца ваьхьна, СаьIадана тIевирзира Хамов:

– Ткъа хьо хIун деш лаьтта кхузахь, хорша йеача санна, вегош? КIилло! Массеран а цхьабарт бу шун, варраш! Салтий схьа а кхайкхий, дIалацийта каторжник!

Оцу минотехь арахь гIовгIанаш йевлира. Корехула арахьажавеллачу Iелина, Доша коьртехь а волуш, говрашкахь, герзаца масех стаг гира.

– Арадала оцу чуьра, СаьIад боху гIизби! – хезара Дошин мохь. – Аш Iелин коьрта тIера цхьа чо божабахь, хIокху йуьртара шу иттех стаг сийначу цIарах вагор ву!

Кхаш тIера цIa богIу нах, шайна тешнабехк бинийла хиъна, цхьацца-шишша схьагуллуш, уьйтIахь йоккха тоба гулйелира. ТIехула тIе, ша тIе мел кхаьчначуьнга, пурстопо Iела лаьцна, олура туркхо.

– Ахь тIаьхьахьехна хир бу уьш? – ара пIелг хьажийра Хамовс.

– XIaн-xIa, – корта ластийра Iелас. – Цаьрга орца аллал доккха хIyмa а дац xIapa.

– Итт минот йалале уьш цигара ахь дIа ца бахахь, ас ирхъуллуьйтур ву хьо!

– Уьш кхузара дIабохур бу ас, амма сайн дуьхьа а доцуш, церан шайн дуьхьа. Цаьрга цIий ца Iанадайта.

Iела аравелира. Нахана тIе тоьпаш а йерзийна, шаьш хIун дан деза ца хууш, боьхна лаьттара учара салтий.

– Тоьпаш охьайахийта, шайна шаьш дайъийта ца лаахь, – элира цаьрга Iелас. – Вай-м цхьа адамаш дай.

Iела учахь гучуваьлча, гIовгIанаш совцийна, ладуьйгIиpa наха.

– Вежарий! Шу хIунда гулделла кхуза?

– Тхуна тешнабехк бина оцу жIаьлеша!

– Шу леца баьхкина уьш!

– Оха вуьгуьйтур вац хьо!

– Арадовла цу чуьра, заддаш!

Iелас Iaca хьалалецира. Карзахбевлла нах дIатийра.

– ХIокху йуьртара тхо масех стаг новкъа ву Iедална. Цуьнан цхьа а тайпа шеко йац. Амма шаьш къайлах дагалаьцнарг тахана тешнабехкаца чекхдаьккхи цара. Иза тахана нислур дац вайга. Собар ду коьртаниг. Бакъдерг толаза дуьсур дац. Овхьад цIа веача, вовшех дага а девлла, цхьа нийса некъ къастор бу вай. Аш лелочо йуьртана бохам бийр бу. Дуьло, шайн-шайн цIа гIo.

Коьрта тIехула йоккха, тиша шаьлта а лестош, массарел а карзахваьлла хьийзара къена Янаркъа.

– Iела, тхо Iexo гIерта хьо? – мохь хьоькхура цо. – Хьо а, Овхьад а, оха йуьртан Iедале хаьржина пхи стаг а лаца ма баьхкина уьш! ХIей, СаьIад, оха дIахоуьйту хьоьга, царах цхьа стаг лаьцна вигахь, хIокху йуьртара итт цIа догург хилар!

– Янаркъа! – бIогIамах Iаса а тухуш, аз айдира Iелас. – Тхо ворхI стаг лацарх, шу йерриг йурт, йерриг Нохчийчоь йуьсу. Россера дерриг халкъаш набахти дохкалур дац Iедале. Ас аьлларг а дай, кхузара дIадовла. Аш цхьаммо сихвелла йа хотIе хилла, оцу салташна тохахь, тхо вopхI лаьцна вуьтур вац, йуьртана доккха зулам дийр ду. Сихлур дац вай, собаре а хилла, ойла а йина, Дала дайттинарг дийр ду.

Иза а аьлла, кхин вист а ца хуьлуш, канцеляри чу вахара Iела.

– И нах дIа хIунда ца бовлу цигара? – хаьттира кхеравелла бос баьхьначу Хамовс. – Цара лелочо гойту хьо церан баьчча хилар! Амма хаалахь, кху йуьртарчу Iедална цара новкъарло йахь, хьан дегI тангIалкхаш тIехь кхозург йа хьо схьавеанчу йуха гIуриг хилар!

– Ас аьлла-кх хьоьга, господин пурстоп, со кхеро ма гIерта. Со кхеравала а, цецвала а хIума ца дисина дуьненахь. Ткъа ахь ирхъоллийтахь а, Сибрех вахийтахь а, сайн дахар кепекан меха ца хета суна. ХIокху дуьненахь сайн декхар кхочушдина ваьлла со. Цул а, суна эрна кхерамаш а ца туьйсуш, айхьа со схьа хIунда кхайкхина, дийцахьа.

Канцелярин кертара арабевллехь а, гена ца бовлуш, цхьаццанхьа тобанаш а йина, севцнера нах. Царах кхеравеллера а, хаац, йа Iелина кхерамаш тийсар эрна хиларх кхеттера а, хаац, кхерамаш тийсар а дитина, паргIат къамел дан вуьйлира Хамов:

– Хьо Сибрехара цIа веача, цига гулбеллачу нахана хьалха Iедална дуьхьал ахь дина крамоле къамел хаьа тхуна. ХIокху йуьртахь адамаш карзахдаьхнарг хьо а, Хортаев Овхьад а ву. Нагахь санна ашшиммо и питане мотт-эладитанаш ца дитахь, шуьшиъ лаца дезар ду сан. Иштта бу округан начальникан Галаевн лаам.

ТIаккха Хамовс ма-дарра дийцира, Сибрехара цIа веача, ша волчу гулбеллачу нахана хьалха Iелас дина къамел.

– И къамел ас дар бакъ ду, господин пурстоп. Амма цул тIаьхьа шуна тIекхехьна мотт шаберг а харц бу. Со къена ву, сан могашалла дика а йац. Со цкъа а йуьртан гуламехь а ца хилла, атталла пхьоьхана а ца вуьйлу. И цхьаъ ду. ШолгIа-делахь, хIокху Iедална мел реза вацахь а, сой, Овхьаддий дуьхьал ву цунна герзийн ницкъашца дуьхьало йарна, адамийн цIий Iанорна, хIокху махкахь бехачу машаречу оьрсашна зуламаш дарна. Иштта тхойша дуьхьал ву Iедало нохчашна тIехь латточу лоллина, Iазапна, цуьнан къизаллина. Тхойшинна луург хIокху махкахь Iедало хIоттийна чолхе зуламе, бохаме хьал машаречу некъашца, российски законашца къастор а, нисдар а ду. Амма Iедална ца лаьа иза дан. Нохчийн махкахь барт, синтем, машар хуьлийла. Къаьмнашна йукъахь барт а, машар а хуьлийла. Иза хьоьга дийцар эрна дуйла, хаьа суна. Коьрта бехкениг Iедал ду. Хьо мила вy? Йукъалеларг. Хьайл лакхарчеран карахь тайниг, куьйга ловзо пелхьо. Округан начальнико хьайна тIедиллинарг схьадохьуш вогIу, кхузахь тIуртIаз валлалц къаьркъа а муьйлий, дIавоьду. Хьалха гуламехь йуьртан урхалла хоржуш, Iедало а, йуьртарчу наха а къастийнарш а харжий, хIара гIуллакх машаре дIадерзадахьара аш, элира шуьга Овхьада. Аш иза ца дира. Хьо Ведана, ткъа СаьIадгIар шайн бартахошца гуламера дIабахара. Йуьрто урхалле хаьржина нах дIабаха, церан метта шуьнаш харжа аьлла, округан начальнико салташца схьаваийтина хьо. Харжамашкахь дакъалаьцнарш бIе гергга стаг бен вац. Аш закон талхийна. Йурт карзахйаьккхинарш шу ду. Соьга ла а доьгIна, тахана кхузара дIабевлла и нах. Кхана соьга а ладугIур дац цара. Изза дина аш кхечу йарташкахь а. Халкъ паччахьна, Iедална дуьхьалдаьккхинарш шу ду, господин пурстоп. Мел шайна ца лаахь а, цкъа Iедална, халкъана хьалха жоп дала дезар ду шун.

Букъа тIехьа ши куьг а диллина, чухула дIасаволавелира Хамов. Iелас шена тайниг, пелхьо алар дагах кхетта, оьгIазваханера иза.

– Йоза-дешар хаьий хьуна?

– Цхьа таро йало.

– Хьан Iамийна хьо?

– Каторгехь, бакъболчу оьрсаша.

– Муьлханаш бу и «бакъболу» оьрсий?

– Революционераш.

– И мотт дукха шера бу хьан, воккха стаг. Цо дикане кхачор вац хьо. СаьIад, кехат а, къолам а лол. Таханчул тIаьхьа айхьа паччахьна а, Iедална а дуьхьал цхьа дош эр дац алий, тIелацам йазбел суна… Йа хьашт дац. Къуръан да. Къуръан тIехь дуй баор вай.

ГIуллакх дан кечвелла лаьтташ волу СаьIад, кехат-къолам охьа а тесна, араиккхина, Къуръан дохьуш, сихха схьавеара.

– Ас ма-аллара, дуй баал, – стоьла тIе диллинчу Къуръанехьа корта ластийра Хамовс.

Iела ша волчуьра меттах ца велира.

– Иза дойла йац сан, господин пурстоп.

– ХIунда?

– Со къена, гIорасиз стаг ву. Амма сайн ницкъ а кхачахь, аьтто а нислахь, нохчийн халкъана хиллачу бохамашна бехкечарех бекхам эца, цуьнан маршонехьа къийса цкъа дуй биъна ас. Шалхонаш лело хан йац сан.

Ша хIун дича бакъахьа хир ду ца хууш, воьхна хьийзара Хамов. Iела а, Овхьад а, лаций, Ведана дIавалаве, аьлла цуьнга Галаевс. Овхьад цIахь вац. Ткъа xIapa Iела бехкевеш, схьалаца хIмма дац. СаьIада а, Iабдис а боху xIapa йуьртан гIуллакхашна йукъагIерташ вац. Бехке хилча а, наха вуьгуьйтур а ма вац. ХIокхуьнца волчу бархI салтичо хIун дийр ду дийнначу йуьртана дуьхьал? Ца байахь а, герз а, говраш а йаьхна, дIахьовсор бу. ТIаккха иза Хамовна доккха эхь хир ду. ХIорш леца лаахь, Галаев ша вогIр ву кхуза, рота салтий а балош.

– Дика ду, воккха стаг. Тахана цкъа, къинхетам бина, вуьту хьо. Амма таханчул тIаьхьа диканна а, вонна а хьан цIе йоккхуш суна хазахь, ваханарг йуха ца вогIучу дIахьажор ву хьо. ХIинца мукъа ву хьо. Цкъачунна.

Ша чу веача хаьттина маршалла дIа ца эцначу пурстопан Iодика а ца йеш, аравелира Iела. ТIаьхьаваьлла СаьIад цунна хьеставала хIоьттира.

– Iела, хIокху гIуллакхна бехке со вац хьуна… Соьга хаьттина а, суна хууш а ца баьхкина xIapa дена неIалт хиларш!

СоцунгIа а хилла, оьгIазе цунна тIевогIавелира Iела:

– Гуш лаьтташ аьшпаш хIунда буьтту ахь, СаьIад? Айхьа Iexo, со бер ду-м, ца моьтту хьуна? Хьуна хууш а, ахь бехна а баьхкина. ХIара гIуллакх хIокху хьола тIе ца далийта, хьалха хиллачу гуламехь Овхьада аьллера шуьга, шина а тобанах ах-ах нах а харжий, маслаIате дерзаде. Иза ца дан, гуламера дIадахара шу. ХIapa таханлерниг дан пурстоп схьавеача, йуьртарчу наха шаьш резаболу пхи стаг хаьржина, тхо а царна реза ду, оха шолгIа харжамаш бийр бац, хIунда ца аьллера аш?

– Ва, Iела, оьрсийн йоза-дешар а, оьрсийн мотт а хууш воцчу, Соьлжа-ГIала мичахь йу а ца хуучу оцу пхеа стага йуьртана тIехь куьйгалла муха дийр дара? Цуьнан ойла ма ца йо уггар хьекъале волчу ахь а, Овхьада а?

– Куьйгалла ца далахь, шаьш дIабевр бара йа цхьа шо даьлча, йуха харжамаш хилча, наха кхин хоржур бара. Йа аш гIo дан ца мегара царна йуьртана тIехь куьйгалла дан? Шун мотт-эладитанаша, шун питанаша, шун сутаралло мостагIаллин шина тобане йекъна хIapa йуpт! Кхузахь даха а, дала а, делча наха дIадохка а ца деза шу? Аш йиний ткъа цуьнан ойла? И оьрсий йуьртана дуьхьал схьабало эхь ца хийтира шуна? Аш йуьртана йамартло ма йина, тешнабехк ма бина! Шун бехк бу берриг а, уггар хьалха хьан а болуш!

СаьIад дуьхьал вистхила кхиале дIавахара Iела.

3

Бусалба динан Iилма кIорггера хууш а, иза халкъана йукъахь даржош а, адамаш цунах кхетош а, нисдеш а къахьоьгуш дуккха а Iеламнах бара нохчашна луларчу ДегIастанахь. Царах цхьаберш гIарабевлла бевзара туркойн, Iаьрбийн мехкашкахь. ДегIастанара цхьаболчу Iеламнаха бусалба динан Iилма Iамийна а ца Iapa. Царна йукъахь бара философин, математикин, астрономин, географин Iилманаш хууш нах а. Петарбухехь, Москох университеташкахь хьехархо вара масех дегIастанхо.

Оцу заманахь бусалба динан Iилма кIорггера хууш Iеламстаг бIе шарахь цхьа-шиъ бен ца волура нохчашлахь. Шайх Мансуран заманахь дуьйна схьа хаддаза Нохчийчохь хуьлучу тIемаша нохчийн аьттонаш а, таронаш а ца хуьлуьйтура дешарна, Iилманна тIеберза. Пхийтта шаре бовллалц хьуьжаршкахь доьшура божабераша, йа вуьшта аьлча, цигахь царна Iаьрбийн маттахь йаздан а, деша а Iамадора, амма Iаьрбийн мотт Iaмo хан ца тоьура. Пхийтта шо кхаьчна кхиазхо, герз кара а оьций, тIаме воьдура. Царах цхьаберш тIамехь бойура, дийна бисинчарна а шаьш хьалха хьуьжарехь Iамийнарг дицлора. Цхьана-шина шарахь чекх ма ца болура тIом, иза иттаннаш шерашкахь бахлора.

ТIе, хьуьжаршкахь йуьхьанцара дешар Iамийча, лакхара дешар-м хьехочохь а дацара, атталла йуккъера дешар берашна Iaмo а хьехархой бацара Нохчийчохь. Дуккха а йарташкахь берашна йуьхьанцара дешар Iaмo а хьехархой ца тоьура. Цундела шен имамаллин шерашкахь нохчийн берашна йуьхьанцара йоза-дешар Iaмo ДегIастанара молланаш балабора Шемала. Уьш кхуза балоран, нохчийн берашна йоза-дешар Iаморал совнаха, кхин коьрта цхьа Iалашо а йара имаман. Нохчийн бераш доза доцуш шена муьтIахь а, шен а, шен гIуллакхан а дуьхьа тIаме даха а, гIазотехь Iожалла тIеэца а кечбайтар.

ДегIастанара балочу молланаша нохчийн берашна Iаьрбийн йоза-дешар а, мотт а Iамор ледара хуьлура. Молланашна нохчийн мотт а, ткъа берашна дегIастанхойн мотт а цахааро халонаш хIиттайора царна йуккъе. ШолгIа-делахь, мелла а кIоргера бусалба динан Iилма хууш а, таро а йолчу дегIастанхойх цхьа а молла ца вогIура хаддаза тIом лаьттачу карзахечу Нохчийчу. Кхуза йуьхьанцарчу хьуьжаршка хьеха богIу молланаш а ца хуьлура атталла йуккъера дешар а кIорггера хууш. ДегIастанахь Iеламстеган хаарийн мах хадош, ледарчунна олу, бохура, хIара нохчашна молла ваха мегар ву олий. Уьш дукхахберш шайн махкарчу къелло балабора Нохчийчу. Кхузахь шайна хуу Iилма нохчийн берашна Iамийча, церан дай-наноша лучу йалтех шаьш а, шайн доьзалш а халла хене баха гIертара уьш.

Йуьхьанцарчу хьуьжаршкахь дешначу божаберех цхьа наггахь верг кхидIа а деша ДегIастана – БотIлихе, СогIратIла, ТIилитIле – воьдура.

ДегIастанарчу бусалба наха Iаламат дукха а, боккха а болх бора шайн халкъаш бусалба динехь, ийманехь кхетаме кхиош. Цигахь бусалба динан лаккхара Iилма Iaмo хьуьжарш а, цигахь хьеха кIорггера Iилма хуу Iеламнах а бара. Цара шайн къаьмнийн меттанашкахь жайнаш йаздора, бусалба адамийн коьрта декхарш а, шариIат а нахана довзуьйтуш. Iаьрбийн маттахь а, Iаьрбийн графикин буха тIехь кхоьллинчу абатца шайн меттанашкахь а уьш зорба тухуш Шура-гIалахь типографи а йара церан. Цул совнаха, цара шариIатца нийса догIу шайн Iадаташ йукъа а далош, хIора тукхумана Iадаташ а кхоьллинера, оцу тукхумех болчу наха кхочушдан а дезаш, уьш талхийначунна таIзар а деш.

ДегIастанарчу Iеламнаха шайн йартийн а, тукхумийн а истори йазйора. ХIора йуьртахь тептарш дара, шайн йуьртахь хилларш а, лелларш а дIайаздеш, тIекхуьучу тIаьхьенашка дIалуш, лерина Iалашдеш. Муьлххачу а йуьртарчу бахархошна хаьара и шайн йурт кхоллаелчахьана дуьйна цигахь хилларш дерриш а.

Уьш цхьа а дацара нохчашлахь. Iаьрбийн мотт а, йоза-дешар а хууш стаг воцуш дуккха а йарташ йара. Iаьрбийн йозанца, Iаьрбийн маттахь йаздинчу Къуръано а, жайнаша а дуьйцург ца хаьара нахана. Ткъа бусалба динан Iилманах йуьхьанцара хаарш бен доцчу нохчийн молланашна царах нах нийса кхето а ца хаьара. Нохчийн матте гочдина Къуръан а, жайнаш а дацара. Нохчийн истори йозанца йазйина, тIаьхьенна йита Iеламнаx а бацара. Хилларш, барта дуьйцуш, тIаьхьенга дIалора, амма хенан йохалла халкъо уьш цхьадерш дицдора, цхьадерш тIера эшош, йа шайггара кхуллий, тIедетташ, йуьхьанцарчу бакъдолчух дохош, туьйране дерзадора.

ХIокху тIаьхьарчу бIешерашкахь нохчийн къомана хиллачу бохамийн коьртачу бахьанех цхьаъ – иза, йа бусалба динан а, йа дуьненан а Iилманаш ца хууш, кхетамна тIаьхьадисар дара.

Россица тIом сецначул тIаьхьа даьллачу шовзткъа шарахь бусалба динан а, дуьненан а Iилманаш Iаморехь хьалхара гIулчаш йехира нохчаша. КхузткъалгIачу шерийн йуьххьехь оьрсийн йозанан графикин буха тIехь нохчийн абат а кхоьллина, нохчийн берашна цхьа ишкол йиллира масех стага, амма Iедало гIo а ца лаьцна, цхьана баттахь болх бинчул тIаьхьа дIакъевлира иза. ТIаьхьа таронаш йолчу нохчийн бераш деша дохуьйтура Соьлжа-ГIала, БуритIа, Петарбухе, Москох. Жим-жимма кхоллалуш, нохчийн интеллигенцин тоба а кхоллайелира, къоман исторически кхолламан бала болуш, ойла йеш нах а бевлира.

Шемалан заманахь бусалба динан Iилма кIорггера хууш, махкахь а, цул арахьа а бевзаш бара нохчийн молланаш Сулейман а, Атаби а. Амма нохчашлахь бусалба динан Iилма даржорехь доккха гIуллакх дан ца кхиънера и шиъ. Шемалан къизаллина дуьхьал гIеттина Сулейман, имамаца йаккхий галморзахаллаш а хилла, цо шен корта баккхале Нохчийчуьра дIа а ваьлла, туркойн, Iаьрбийн мехкашка дIавахара. Ткъа Шемалан гIараваьлла наиб Атин Атаби даим дIа тIамехь хуьлура. Шемал йийсаре ваханчул тIаьхьа, 1860–1861-чуй шерашкахь, Нохчийчохь хиллачу гIаттаман коьртачу куьйгалхойх цхьаъ волу Атаби, гIаттам хьаьшначул тIаьхьа, ша бахьанехь паччахьан Iедале халкъ ца хьийзадайта, шен лаамехь Iедална тIевахча, ссылке вахийтира. Цигара цIа вирзича, дукха ца вехира иза.

ХIокху заманахь Нохчийчохь бусалба динан Iилма даржорехь доккха гIуллакх деш гIараваьлла Iеламстаг вара БелгIатара схьаваьлла, Шелахь вехаш волу ГIойсаман Соип-Молла. Иза вевзара ДегIастанахь а, Истамбулехь а, Каирехь а, Дамаскехь а, БагIдадехь а. Цигарчу а, дуьненарчу а бусалбанашна бевзачу Iеламнахаца кехаташ йаздеш, уьйр йара цуьнан, хIорш вовшех дага а бовлура. Iаьрбийн йозанан графика тIехь кхоьллинчу нохчийн абатца нохчийн маттахь, Шура-гIалахь зорба а тухуьйтуш, жайнаш арахоьцура цо, нохчашна бусалбанийн коьрта декхарш а, шариIат а довзуьйтуш.

Нагахь санна стеган пoхIмa а, ша дешнарг, шена гинарг, хезнарг схьалаца эс а делахь, иза дIадийца цуьнан меттан говзалла а йелахь, цо мало ца йеш къа а хьегахь, цуьнга шен ойла тIейирззина Iилма Iамалур ду. Къуръано, жайнаша йа кхечу Iилмано бохург нахана дIадийца а хуур ду, Iеламстаг йа Iилманча аьлла, наха цIе а йоккхур йу цуьнан. Амма ишттачу стагана баккъалла а волу Iеламстаг, Iилманча хилархьама шегарчу Iилманна тIеоьшуш кхин дуккха а хIуманаш ду. Шегарчу Iилманан кIоргалла а, шоралла а хаа хьекъал оьшу цунна. Амма Iилма а, хьекъал а хиларх а ца хуьлу стагах бакъволу Iилманча, Iеламстаг. Баккъал а волу Iеламстаг йа Iилманча чIогIа Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, Далла хьалха, адамашна, халкъана хьалха шен декхар, жоьпалла хууш а, бакъдерг олуш а, бакъдерг, бакъо, нийсо ларъеш а хуьлу. Халонаш, эшамаш, мацалла, къелла ловш, оцу шегарчу Iилманца, хьекъалца халкъана пайда луш, халкъана гIуллакх деш, собаре, оьзда, къинхетаме, доьналле къонах хуьлу бакъволу Iеламстаг, Iилманча. Шен Iилманах, хьекъалх совдегалла лелош, дуьненан хьолах вохкалуш, паччахьех, Iедалах, ницкъболчарах кхералуш, бакъонна, бакъдолчунна, нийсонна тIера йухаволуш, церан харцонаш, йамартлонаш, къизалла, кхидолу зуламаш Iорадаха ца ваьхьаш, уьш бакъдеш, церан гIо лоцуш ца хуьлу бакъволу Iеламстаг йа Iилманча.

Иштта хила бакъо йац цхьана а стеган. Къаьсттана динадайн, Iилманчийн, йаздархойн, кхелахойн, адамашна оьзданиг, къинхетамениг, цIенаниг, хьаналниг, нийсаниг хьехар шайна тIелаьцначу цхьаьннан а.

Иштта къонахий массо а заманахь хилла нохчийн къоман. Царах цхьаберш, дийна болчу хенахь халкъана буйла а ца хууш, дуьненара дIакхелхина, цхьаберш дуьненара дIакхелхича сихха бицбина, цхьа наггахь волчун цIе исторехь йисина.

Ишттачарах бакъволу Iеламстаг, къонах ву ГIойсаман Соип-Молла.

4

Соьлжа-ГIалахь кхо де даьккхира Овхьада. Шен хьешашца – Мутушов Ахьматханций, Шерипов Денилбекций – цхьаьна гIаларчу РСДРП тобанан а, белхалойн забастовкийн, стачканийн комитетийн а куьйгалхошца цара барт бира нохчийн йолахой Росси дIабуьгу цIерпошт сацорна белхалой гIовтто.

И гIуллакх кхиамца чекхдаьлча, цIа а ца воьдуш, Соип-Молла волчу Шела вахара Овхьад. Бешарчу шуьйрра генаш даржийна лаьттачу лекхачу, къеначу бIаран дитта кIел, Беци тIе даржийнчу къорзачу истанга тIехь, гIевланга биллинчу месийн назбарна тIе а тевжина Iаш карийра цунна гIараваьлла Iеламстаг. Цунна хьалха лоха, жима стол йара, тIехь йозан гIирсаш а, йаздеш йуккъе даьлла тептар а долуш. Уллохь, истанга тIехь, масех жайна а дара.

Овхьад хьалха шозза хиллера Соип-Молла волчохь. Соип-Моллин къузткъе итт шо гергга бен хан йацахь а, тIехьаьжча оцу хенал дуккха а къена хетара иза. Зоьртала дегI, цIен бос бетталуш беснеш, лахахь гIеххьа шалго, некха тIегIоьртташ, ло санна кIайн, йуькъа, шуьйра маж а, хьекъале, къинхетаме сийна бIаьргаш а. Стагана ладогIа лууш кIеда, паргIате аз а дара цуьнан. Эс дика дара Соип-Моллин. Иза волчу дукха нах богIура, хIетте а цкъа веанарг шен бIаьрг ма-кхийтти йа озах вевзара цунна. Хьалха ша кхуза веача, Овхьада дийцинера цунна шен дахарх лаьцна. Соип-Моллина иза дерриг а дагахь лаьттинера. ХIара шиъ вовшашка хьал-де хоьттуш Iаш, чохь довхха чIепалгаш а долуш, шун хIоттийра несо.

Кхача биъна ваьлча, шурий, даьттий тоьхна тодина гIалмакхойн чай молуш, Овхьада дийцира ша Соьлжа-ГIала вахаран бахьана а, накъосташца цхьаьна шаьш бина болх а.

– Делора, хаац суна-м, Овхьад, шо-шаре мел дели, кхетаме даран меттана, кхетамах долуш, тиларчу доьдуш ду-кх вайн къам, – элира Соип-Моллас гIайгIане. – TIoм xIyн йу, хаьа вайна. ТIамо диканиг, пайдениг ца до адамашна. Иттаннаш шерашкахь хаддаза лаьттинчу тIамо оьздангаллех, къинхетамах, собарх, доьналлех, ийманах дохийна, эсах даьккхина вайн къам. Йамартлонна, сутараллина, къизаллина Iамийна. Шемалан заманан тIаьххьара шераш а, тIом а, хилларш а дика дагадогIу суна. ХIетахь пхийтта-йалхитта шо хан йолуш, жима стаг вара со. Оцу заманахь хьеран шина тIулга йуккъехь, шина цIарна, шина хина йуккъехь лаьттира нохчий. Цхьана aгIop – къиза Шемал, вукху aгIop – оьрсийн къиза паччахь. Оьрсийн эскарша мосазза а йохоза, йагоза цхьа а йурт ца йисинера оцу ткъа шарахь. Ткъа шена дуьхьало йина йа реза йоцу, йа тIом ца безаш, тIом кIордийна, оьрсашца машар бан гIоьртина йарташ Шемала йагайора. Цхьана aгIop суьйлийн Шемална, вукху aгIop оьрсийн паччахьна гIуллакх деш бара цхьаболу нохчий. Ахчанах, даржех, кхоьруш, Iехалуш, къелла а, мацалла а гIаддайна, вовшийн бухкуш, вовшийн хIаллакбеш. Ткъа дукхахберш сутаралло бохура оцу эхьечу, зуламечу новкъа. ХIетахь хиллачунна-м тIом бехке бийр бара вай. И тIoм дIабаьллачул тIаьхьа шовзткъа шо даьлча а, ма ца даьхкина вай иймане, кхетаме. Шa кхоьллина синош ма дайа, боху Дала, Ша кхоьллина уьш, Ша дIа а оьцур ду. Ткъа цхьаболчу нохчашна дош а ца хета адам дер. Арахьара чувеанчу мостагIчух шен дин, даймохк, доьзалш, хIусамаш ларъеш тIом бар сийлахь декхар, гIазот ду стеган. Ишта веана мостагI хьо тIекхаьчначохь, хьайн аьтто баьллачохь къинхетамза ве, боху Дала. Амма машаре адамаш ма дайа, боху, уьш муьлххачу къомах а, муьлххачу динехь а делахь а. Ткъе итт шо хьалха туркошна а, оьрсашна а йукъахь хилла тIом дагабогIу вайна. И тIом болийнарш керста оьрсий бара. Туркойн мохк дIалаца, уьш лолле берзо Iалашо йолуш болийна. И харцонан тIом болийнчу керста оьрсийн паччахьан эскаршца цхьаьна бусалба туркошна дуьхьал шайн лаамехь тIаме бахара цхьаболу нохчий. Цкъа-делахь, оцу оьрсаша иттаннаш шерашкахь сийначу цIарца йагийнера Нохчийчоь, ах къам хIаллакдинера, дийна дисинарг лолле дерзийна, цунна тIехь къиза Iазап латтош бу. Ткъа оцу керста оьрсийн паччахьо нуьцкъах махкахбаьхна эзарнаш нохчий тIе а лаьцна, туркоша шайн махкахь дIатарбинера. ХIетте а шайн къоман мостагIашна улло а хIиттина, шайн бусалба вежарех, туркойх, лата, уьш байа, церан йарташ, шахьарш йохо, йаго, тало баханера нохчий. Шайн къам санна, туркойн къам а оьрсийн лолле дерзо! Мича бахьанаша бигнера уьш цига? Мацалло, къелло бигнера?

– Ца бигнера, – корта ластийра Овхьада. – Сутаралло бигнера. Тхан эвлара виъ ваханера оцу тIаме. Цхьаъ къен-миска стаг вара, важа кхоъ – таро йолчарех. Цу кхааннах цхьаъ сан ваша вара. Тхан ден дика цIенош а, шортта латта а, туька а, даьхни а дара. Ша йуьртда а вара иза. Паччахьан Iедална хьалха диканаш хила, Iедалерчу дикане, цигахь хIонц карайаре, цIа бирзича, мелла а шаьш даржашка нисбаларе дог дохуш баханера. Сан ваша вийра цигахь. Важа шиъ, некха тIе мидалш а оьхкина, говраша ма-лов цигахь талораш дина хIонц йохьуш, цIа веара. ХIинца цхьаъ тхан йуьртда, важа йуьртан къеда ву.

ХIокху шинна хьалхара шун дIаэца нус чуеача, цхьана йукъана къамел сацийра цара.

– Иштта, ши шо хьалха японца тIамe а бахара нохчий. Японаш-м бусалбанаш а бац. Муьлххачу динехь делахь а, адам де, ма ца боху Дала. ТIе, йолах! Ткъа хIинца оьрсийн хьолахой ларбан Россе баха резахилларш а бу. Уьш-м берриг а къехой бу, боху. Шайн мецачу доьзалшна рицкъа лаха боьлхуш. Амма Къуръан чохь Дала ма боху, керста доттагI, накъост ма лаца. Цигахь керстанаша кечбина кхача бaa, церан хIусамашкахь охьабийша ца беза уьш? Вайн къам хIаллакдарна, вайгарчу бохамашна, вайгарчу Iазапана уггар хьалха бехкенаш и оьрсийн хьолахой ма бу. Шен мостагIчун йалхо, лай хуьлучул, доьзалца цхьаьна мацалла валар гIоли ма йу!

ХIорш бIаран IиндагIехь белахь а, малх гIушлакхе мел гIоьрти, йохлуш, тов хьийзара хIаваэхь. Соип-Молле ла а доьгIуш, беша бIаьрг туьйхира Овхьада. Беш йоккха йацахь а, хилла а, хила бос кхетта а Iежаш, хьорматаш, туьркаш, шапталш, кхин дуккха а стоьмаш дара луьстта кхиийна. Бешан цхьана маьIIехь тIехула поппар хьаьхначу тускарш чохь масех никх а дара.

– Тамашийна амалш йу вайн, Овхьад, – шена Iаьткъинарг дуьйцура Соип-Моллас. – Бусалба дино хьарам дина нехан рицкъа а, хьакъ а, къола дина, шен дола даккхар, цунах пайдаэцар. Дуьненахь иза дIа ца такхахь, кханалерчу Къематдийнахь Далла хьалха а, оцу рицкъин дена хьалха а жоьпала хир ву бехкениг. Дала, шен бакъо йац, боху цунна иза гечдан. Мацалла леш велахь а, нехан рицкъа тIе куьг ма кховдаде, боху Дала. Иштта кIелвисинчу стагана гIo дар тIедуьллу цуьнан гергарчу нахана. Нагахь санна гергарчу нехан цунна гIo дан ницкъ бацахь, йа цуьнан гергара нах бацахь, и декхар йуьртана тIедожадо. Цхьаьнггара а гIo доцуш висахь, сагIа деха, боху. Амма къола ма де, боху, хьо мацалла леш валлахь а. Ткъа вай, нохчаша, хIун до? Къийвелларг caгIa деха ара ца волу, къола а, талораш а дан араволу. Дуьненарчу дерриг а къаьмнаша, массо а заманахь доккха эхь лору къоладар, ткъа сагIадехар эхь ца лору. ШариIaтехь, боьрша а, сте а ца къастош, ког, куьг а, кхийолу меже а йоккхуш, таIзар до къунна. Иштта таIзар дина нохчо гиний хьуна? Ца гина, гyp а вац. Цкъа-делахь, вай шариIато бoxypг деш дац, шолгIа-делахь, нохчаша йа эхь а, йа къилахь а ца лору къола дар. Нохчийн иллешкахь хестабо Теркал дехьара, салойн аренашкара даьхни а, говрийн реманаш а йалийна нах; ткъа цхьана цIийнах мацах цкъа сагIадоьхург ваьллехь, иза тIаьхьенна а тIехветта, шун хьенех сагIа доьхуш лелла бохуш. Цхьана стага зулам дан дагалаьцнийла хьайна хаахь, йа цо зулам деш хьо тIекхачахь, иза сацаве, боху бусалба дино. Нагахь санна иза сацо хьайн ницкъ ца кхачахь, Iораваккха, шариIатан кхеле дIало, цунах хьайна гинарг а, хуург а дуьйцуш, шариIатан кхелехь цIена, бакъ тоьшалла де, боху шapиIaто. Нагахь санна и зуламхо ахь къайлаваккхахь, цо динчу зуламан декъашхо хуьлу хьо Далла хьалха. Ткъа нохчаша ца до иза. Зуламхо сацо а ца гIурту, иза Iедале дIа а ца ло, и Iедало схьалаьцча, йа цо зулам динчо Iедале дIавелча, цо дина зулам гина а, хууш а волчу стага кхелехь тоьшалла ца до. Цхьаберш, иштта тоьшалла дича, эхь ду бохуш, Ia, цхьаберш оцу зуламхочун йа цуьнан нехан бекхамах кхоьруш Iа. Зуламхочух кхоьру, цунах эхь а хета вайна бакъдерг ала, ткъа и бакъдерг ала бохучу Делах эхь а ца хета, кхера а ца кхоьру вай. ТIаккха цIена бусалбанаш дуй вай? Делах тешаш а, Делах кхоьруш а волу стаг Дала гайтинчу нийсачу некъа тIера йуьстахвер вац. Цо адам дуьйр дац, нехан хьакъ а дуур дац, мотт-эладита а лелор дац, аьшпаш а буьттур бац, нахах гIийбаташ а дохур дац, адамийн барт бохош питанаш лелор дац. Нагахь санна и ас дийцинарш а, Дала бусалба стагана ца магош, хьарам дина кхин дуккха а лелош стаг велахь, иза Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, бусалба а цахиларан тоьшалла ду хьуна, иза дийнахь-буса хаддаза Далла Iамал йеш велахь а!

Соип-Моллас, шен бIаьргех доьхкина куьзганаш дIа а даьхна, гIовталан кисанара схьаэцна, кисин кIайн йовлакх хьаьжа тIе хьаькхира. Овхьадана куьзганаш доцуш тахана дуьххьара гира цуьнан бIаьргаш. Цapнa тIехулара кIайн, дуькъа цIоцкъамаш, буьрса делахь а, амма оцу хьекъалечу, догдикачу бIаьргашна чохь доза доцуш йоккха гIайгIа гира Овхьадана.

– ХIокху тIаьххьарчу хенахь къаьсттана алсамдевлла нохчаша гIалагIазкхашна къоланаш дар, – куьзганаш бIаьргаш тIе дIa а нисдина, доккха садаьккхира Соип-Моллас. – Нагахь санна керстано шайга, бусалба дин дIа а тасий, керста дине дерза, шайн хIусамаш а йитий, махкахдовла бохуш, шаьш хьийзош дацахь, керста шуьца машар безаш велахь, цуьнца машаре даха, боху Дала. Вайга, бусалба дин дIа а тасий, керста дине дерза а, бусалба дин ма леладе а ца боху оьрсаша, вайн дин сийсаздеш а бац уьш, вайга хIокху махкара довла а, ца боху цара. ХIета, царна зуламаш ма дайша, цаьрца дов а ца лоьхуш, машаре дахийша шайга аьлча, наха хIун олу, хаьий хьуна?

– Дера, хаьа. И оьрсий вайн мостагIий бу, вайгара дIабаьккхинчу махка тIехь бехаш бу, церан Iедало вай лолле доьхкина, вай Iазапехь дахкош ду, вайгарчу къеллина, мацаллина уьш бехке бу, царна къоланаш деш, талораш деш ца даьккхича, тхан доьзалшна рицкъа дац, оха царах оьцург бакъонца бекхам бу, олу-кх.

– Хьуна-м дерриг а хууш ма хилла! – велавелира Соип-Молла. – Цхьана агIор, цIена бакълуьй и нах. Амма и къоланаш а, талораш а дийриш миска нах ма бац. Къен-миска нах шайн цIахь Iаш бу, лаьтта тIехь болх а беш, шайн доьзалш халла хене а бохуш. Къуйн а, талорхойн а дика герз а, говраш а йу. Уьш шайн доьзална гали йалта лачкъо ца боьлху. Даьхни, говраш лахка, почта, некъахой тало боьлху. Герз а, говраш а йолчарна, могаш а, къона а болчарна, къола деш а, талораш деш а, шайн доьзалшна рицкъа карор дара. Ишттанаш дукха ма бац. Ткъа къолах баха, талорашка баха герз, говраш, могашалла йоцчу къеначара, зударша, бераша, и аьттонаш шайн хилча а, къола дан, талораш дан Делах кхоьручара, эзарнаш нохчаша хIyн дан деза? ХIаъа, Iедало, вайгара уггар дикачуьра мохк дIа а баьккхина, цига баха охьаховшийна гIалагIазкхий. Нохчашкахь мацалла а, лаьттан къелла а йу. Оьрсийн Iедал къиза а ду, цо нохчийн халкъана тIехь харцонаш а лелайо, иза Iазапехь а далладо. Со а ма вац и оьрсий а, церан Iедал а хIокху вайн махкахь дезаш. Нехачул тIех бу сан цаьрга цабезам. Амма вай оьрсашна къоланаш дарах, церан хьаькамаш байарх, оьрсий кхузара дIабевр ма бац, паччахьан Iедал а дIадер ма дац. Оьрсашна дина зулам нохчашка шайгга ма токхуьйту. ГIалагIазкхашна динчу къоланан лар, дукхахьолахь, кхузара дIа гена йоцчу Мескар-Эвла а, Цоци-Эвла а йогIу. ТIаккха Iедало, и къуй а, талорхой а бахьана долуш, оцу шина а йуьртара цхьа а тайпа бехк-гуьнахь доцу адамаш хьийзадо. Оцу цхьакIеззигчу нехан зуламаш бахьана долуш халкъана бохамаш бо, цара дина зулам йарташка бIозза алсам токхуьйту, нах лоьцу, Сибрех хьийсабо, Iедало халкъана беш болу ницкъ кхин тIе а алсамбоккху. Хьалха ас ма-аллара, и зуламхой ваьш совцо а, Iедале дIабала а, ткъа Iедало уьш дIалецча, бехке беш, царна тоьшалла дан а ца лаьа вайна. Вай ма ду и бохамаш ваьшна бийраш. XIapa гIуллакх иштта гена дIадодахь, хенан йохалла нохчийн къам, ийманах доьхна, хIаллакьхир ма ду. Вай и зуламаш дитахьара, цхьаболу бохамаш бийр ма бацара Iедало. Цхьа гIуллакх къовсаме, девне, тIаме даьлча, иза машаре дерзо гIорта везарг гIорасизаниг ма ву. Ша тоьлур воцийла а хууш, и къовсам, дов, тIом гена мел бели шена эшам, бохам алсам хуьлуш гIуллакх дIадоьрзур дуйла а хууш. Хьекъале стаг нуьцкъалчу, хьалдолчу лулахочуьнца машаре, бертахь веха, шен сий а лардеш, цуьнгара пайда а оьцуш. Ткъа сонтаниг – цуьнца дов деш, тар ца луш, мостагI а хуьлий, дакъаза волу. Ас и аьлча, хьо оьрсашкахьа ву, церан Iедалехьа ву, халкъан мостагI ву олий, со нажжаз во нохчаша. Ткъа нохчийн халкъана ницкъаш ма бахьара, бехк-гуьнахь а доцу адамаш бIарздина ма хьийзадахьара, Сибрех ма хьийсабахьара, кхин а, кхин а шега аьлча, Iедало олу соьга, хьо паччахьна, цуьнан Iедална дуьхьал ву, хьуна керста оьрсий ца беза, нохчий Iедална дуьхьал бохурш, цаьрга оьрсашна зуламаш дойтурш хьо коьртехь волуш, шун динадай бу, олу. Бакъдерг, нийсаниг, маслаIатениг аьлча, оцу шиний агIорчеран мостагI хилла со.

Овхьад воккхавера хIокху гIараваьллачу Iеламстеган а, шен а ойланаш цхьаьнайогIуш хиларх. Махкахь хIоьттина чолхе хьал а, нохчийн къомера гIaйгIa-баланаш а, цуьнан декъаза кхоллам а дика гора цаьршинна. Амма коьртаниг кхин ду. XIapa декъаза къам хIокху баланех, бохамех, паччахьан лоллех кIелхьардаккха некъ лахар. Овхьада къастийнарг политикин некъ бу. Иза сацам боллуш дуьхьал ву нохчийн халкъо шен маршонехьа герзаца, тIамца къийсарна. Оцу некъо халкъ хенан йохалла хIаллакдийр ду. ДIадаханчу бIешерашкахь санна, мел турпала летарх а, нохчийн къомана шен цхьаьннан ницкъаца йаккхалур йац маршо. Оьрсашца, Россехь дехачу кхечу къаьмнашца бертахь, массеран а йукъарчу, цхьаьнатоьхначу ницкъашца бен толам баккхалур бац паччахьан, хьоладайн Iедална тIеxь. Иза дохийна дIа а даьккхина, керла Iедал хIотто деза. Халкъан Iедал. ТIаккха лолла а, Iазап а, зуламаш а дIадевр ду. Къаьмнаш бертахь, машаре, ирсе, токхе дехар ду.

Овхьада бийцира и шен сатийсамаш.

– Оцу большевикаш олучеран тобанехь-м вац хьо? – хаьттира Соип-Моллас, цуьнга лерина ла а доьгIна.

– Вац. Хила ойла а йац. Амма ас а, сан накъосташа а къобалйо церан Iaлaшo. Паччахь, хьоладай бохийна, Iедал шайн кара кхачахь, шаьш заводаш, фабрикаш белхалошна а, латта ахархошна а дIалур ду, къаьмнашна маршо лур йу, адамашна йуккъехь нийсо йийр йу, кхин дуккха а диканаш дуьйцу цара. Нохчийн къоман маршонан гIуллакхна царах пайда эца, цаьрца уьйр латтайо оха.

– Политиках дерг суна кIезиг хаьа. Шуьгахь дуьненан Iилма ду, шуна дика хуур ду дан дезарг. Амма ларлуш хила. Шена стаг зен лиъча, цуьнан кара Iедал йа хьал ло Ша, аьлла Дала. Iедал шайн карадеача, оцу большевикаш хIун дер а, ца хаьа. Ткъа хIинца болчу кхетамца ахь буьйцучу новкъа нохчий бига хала хир ду. Бакъду, цхьаммо хаза хабар дийцича, Iехалой, жа санна, тIаьхьахIуьтту. Къаьсттана кхечу къомах волчу стагана. Оьрсийн а, туркойн а йукъаметтигаш галйевлча, йа тIом хила гергабахча, йа тIом болабелча, Нохчийчу баьржа туркой а, Iаьрбий а. Нохчашна йукъахь мотт-эладита, питанаш лело, нохчий оьрсашна дуьхьал гIовтто. Ткъа дерриг а хьекъал бIаьргашна а, лергашна а чохь долу нохчий царна тIаьхьахIуьтту. Царна Къуръан деша а, Iаьрбин мотт бийца а хиъчахьана, Iехало. Цара шаьш къурайшин тайпанах, пайхамаран цIийнах ду аьлча а, бакъ моьтту. Амма шайн стаг ца лору нохчаша. Иза мел хьекъале, майра, оьзда, доьналле къонах велахь а. Нийса ма аьлла имам Шемала, нохчийн шайн диканиг лакха тIевоккхуш гу а бац, зуламхо чутосуш ор а дац. Бахьана стенах доллу? Вайна йа бусалба динан а, йа дуьненан а Iилманаш цахаарх. Хаа а цалаарх.

Делкъан ламазан хан гергагIоьртича, цIеххьана дагадеара Овхьадана ша кхузахь волу кхо сахьт сов хан хилар. Соип-Молле ладегIарх кIордор дацара, амма цуьнга а садаIийта дезара. ТIехула тIе, шен балхах иза йукъах а ваьккхинера Овхьада.

– Со жима волуш, тхан дас БуритIе ишколе деша дIавеллера со, – хьалагIатта кечвелира Овхьад. – Шен хьуьжарера дIа а ваьккхина, хьайн кIант керстанийн дешар деша хIунда велла ахь бохуш, тхан деца ийгIинера йуьртара молла. Сох керста хир ву, бохура цо. Йуьртарчу бераша а ца вуьтура со, тIехбеттамаш беш. Сох керста хилла бохуш. Цкъа со охьа а виллина, сан кочахь жIара йуй а хьаьвсира уьш…

– Оьрсийн, керстанийн дешар Iамадарх, керста хуьлуш вац, – велавелира Соип-Молла. – Iилма, иза бусалбанийн делахь а, керстанийн делахь а, Iилмa ду. Амма бусалба стага yггap хьалха Iамо дезарг а, декхар дерг а бусалба динан Iилма ду. Бусалба динехь гайтина, цхьана агIор, диканиг, оьзданиг, къинхетамениг, хьаналниг, цIeнаниг – стеган дуьне а, эхарт а декъала хиндолу дерриг а. Вукху aгIop, боьханиг, зуламениг, къизаниг, хьарамниг – стеган дуьне а, эхарт а декъаза хиндолу дерриг а. Цундела массо а бусалба стаг бусалба динан Iилма хууш хила веза. Амма дуьненахь ваха везачу стагана дуьненан Iилма а хаа деза. Къуръан чохь Дала массанхьа а аьлла Iилма Iамаде, Iилма долу стаг лера. «Зумар» суран уьссалгIачу айатехь Дала боху, Iилма хууш болу нах а, Iилма ца хууш бодане нах а цхьана тIегIанехь нисбойла дац, Iилма хуурш лакхахь бу. Пайхамара (IалайхIи салам) дуккха а аьлла бусалба нахана Iилма Iамор тIедожош. Аганара хьалагIеттина, хьо кога воьлчахьана дуьйна, кошан лаьхьти чу верззалц Iилма Iамаде. Дезткъа шаре а ваьлла, цхьа ког коша а биллина хьо велахь а, Iилма Iамаде аьлла. Йуха а аьлла Пайхамара (IалайхIи салам), иза Китай махкахь делахь а, Iилма схьаэца. И бохург хIун ду? И Iилма дуьненан цхьана йистехь, муьлххачу а стагехь, муьлххачу а къомехь делахь а, цига а гIoй, хьайна Iилма Iамаде, бохург ду. Iилма хууш волчу бусалба стага Далла кIезиг йина Iамал, Iилма ца хуучу бусалба стага Далла йинчу Iамалал дуккха а йеза йу, аьлла Пайхамара (IалайхIи салам). Кхин а аьлла Пайхамара (IалайхIи салам), Iилма ца хуучу эзар бусалба стагахчул Iилма хуучу цхьана стагах чIогIа кхоьру шайтIа. Иштта Дала а, Пайхамара а (IалайхIи салам) Iилма Iамор тIедиллина бусалба адамашна. Iилмано дуьне, Iалам, дахар, адамаш, диканиг, вониг довзуьйту стагана, зенех-зуламех, бохамех ларвала Iамаво. Iилма ца хуу адам а, къам а бодане, бIаьрзе, къора хуьлу. Ша хьалха бина некъ, ша дина диканиг, вониг, шен гIалаташ дицдо. ТIаккха цунна ца хаьа тахана а, кхана а ша дан дезарг, зенех-зуламех, бохамех ларвала. Ша хьалха дийлийтина гIалаташ йух-йуха а дуьйлуьйту цо. МостагIашна иза Iехо а, лоллехь латто а атта хуьлу. Ткъа хьагI-гамонаш, зуламаш Дала адамаш кхоьлличахьана дуьйна схьа массо а къомана йукъахь хилла а, долуш а, хир долуш а ду. Адам-пайхамаран шина кIантах цхьаммо хьагI-гамонна тIехула шен ваша вийна. Цигара схьа доладелла иза. Амма и хьагI-гамонаш а, зуламаш а кIезиг хилийта таро йу вайн. Къам ийманехь нисдар. Делан дош цуьнан даг чу дижор. Йукъара схьалаьцна, дерригенах а аьлча, нохчийн къам оьзда, къинхетаме, доьналле къам ду. Къуръано бохург, пайхамаран хьадисаш, шариIат, Далла хьалха бусалба адамийн декхарш шайна цIенна хууш хилча, бусалба дино ца магийна, дихкина зуламе гIуллакхаш, амалш йуьтур йолуш къам ду. Ткъа и зуламаш лело нах а дукха бац, шаьш хIуъа леладахь а, Далла Iамал йеш нах бу уьш а. Шаьш кхетийча, нислур болуш. Къуръан чохь а, жайнашкахь а дерг, шариIат довза нохчашна Iаьрбийн мотт ца хаьа, ткъа уьш нохчийн матте гочдина, нахана довзийта вайн Iеламнах бац. Цундела бусалба адамийн коьрта декхарш нохчашна довзийта, уьш нохчийн маттахь йаздина, даржо гIерта со. Доцца аьлча, нохчашна Iилманан хаарш оьшу. Бусалба динан а, дуьненан а Iилманаш. ТIаккха хуур ду вайна Дала бохург а, Пайхамара (IалайхIи салам) дийцинарг а, шариIат а, хIинццалц схьа дуьненахь хилларш а, тахана долуш дерг а. ТIаккха хуур ду вайна диканиг а, вониг а вовшех къасто а, Дела резавоцург дита а, зенех-зуламех, бохамех вешан ницкъ ма-кхоччу лардала а, вешан мостагIашка ваьш ца Iехадайта а. ТIаккха хуур ду вайна вовшийн лера а, вешан хьекъале, оьзда, доьналле, Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, нохчийн къомах дог лозуш а болу къонахий къомана коьрте хIитто а, царна муьтIахь хила а, церан сий дан а, уьш ларбан а. Ткъа тахана Россехь оьрсаша вовшахдеттарш оьрсийн шайн гIуллакх ду. Соьга хиттича, церан гIуллакхашна йукъагIертар дацара нохчийн къам. Иза шен кхетамца генна тIаьхьадисина дуьненан политикина.

Соип-Моллица делкъан ламаз а дина, доьзалан Iодика а йина, Гати-Юьрта цIа верза новкъа велира Овхьад. Соип-Моллин къамелан ойла йеш, и беха некъ бацбелира цунна…

XI корта. ТаIзархой

Цхьацца адамаш оьздангаллех духу, амма халкъ цкъа а ца духу.

Ю. Фучик

1

Гуьмсе станцера меттахйаьлла цIерпошт, цхьа хан йаьлча, цIогIане мохь а тоьхна, Соьлжа-ГIала йуьйлира. Иза УстаргIардойн-Эвлах тIехйаьлчахьана, вагонийн неIаршка а гулбелла, вовшашна тIеттIа а теIаш, арахьуьйсура Россе бига Соьлжа-ГIала дIагулбеш болу нохчийн йолахой. Цхьа бутт хьалха и ши бIе нохчо, цхьаммо шу Россех-м хьовха, Соьлжа-ГIала гIyp ду шайга аьлча а, цецбевр бара. Йуьртахь цхьаьнаэшшара дIаоьхура церан дахар. Дийнахь – болх, суьйранна – пхьоьха, буьйсанна – кегийрхошна синкъерам. Йа лула-кулахь цхьаьнакхетий, цхьацца дуьйцуш, буьйса йацйора. XIopa дийнахь а – и цхьаъ. Наггахь луларчу йарташка дикане-воне а боьлхура. Йуьртара цхьаъ Соьлжа-ГIала йа ГIизларе вахана веача, цунах тамаша беш, цецбуьйлуш, цуьнга хеттарш деш, цо дуьйцучуьнга ладоьгIуш Iapa. Оцу шина бIе стагах цхьанна а ца моьттура шена цIерпошт гур йу а, ша цунна тIехуур ву а, хиъча, иштта гена, ца бевзачу махка гIyp ву а. Амма и декъаза нах доьзалех а, йартех а, махках а къастийнера къизачу къелло, доьзалшкарчу мацалло.

Топ буйнахь вагонан неIарехь лаьттачу салтичунна улло а хIоьттина вoгIypa Мудар. Цхьа сахьт хьалха Гуьмсехь меллачу чагIаро бохбина корта шелбаларе терра, кийра бузура цунна цкъа а ца хаабеллачу цхьана башхачу сингаттамо. ЦIахь бисинчу доьзална сагатдалар а дацара иза. Вагонийн чкъургаша «даркх-даркх, даркх-даркх» бохуш дечу цхьанаэшшарчу татанаша дог oгypa цуьнан. Генна тIаьхьа йеха аса йуьтуш, цIерпошто туьйсучу Iаьржачу кIуьро а, aгIop йеттачу йовхачу Iаьнаро а шен садукъдеш хетара. Ткъа сингаттам тIеттIа алсамбуьйлура чкъургаша мел боккхучу гонаца. Мел иза ца хьажо гIертарх, цуьнан ши бIаьрг хьаьвззий тIебоьрзура къилба-малхбалехьа тIаьхьайуьсучу лаьмнийн Iаьржачу раьгIнашка.

«ЦIахь Iийнехь тоьллерий-те суна? – дагаиккхира Мударна. – Сайца новкъа бевллачу нехан санна, боккха доьзал а ма бац сан. ХIун хир ду-те соьх? Суна-х оьрсийн мотт а, йозанан цхьа элп а ца хаьа. Шайн дена неIалт хиларш, СаьIадгIар ма бу со хIокху новкъа ваьккхинарш…».

ХIаъа, цара хаздира Мударна стражникашка йазвалар. Цига воьдург шовзткъе йалх туьма ахча а, духар а, говр а ло хьуна, цигахь доггаха гIуллакх дахь, кхин а шортта ахча а лур ду хьуна, эпсаран чин а лур ду хьуна, бехира. ТIаккха? ЦIa веача, Ведана-гIопехь хьаькам йа пурстоп хир ву хьо, бехира. Царна хIун хуьлу, церан хIун дов, xIapa Россех дIахьажаварх? Галаевс царна тIе ма диллинера, лаьттах ваккхий а, стражникашка ваккха шайн йуьртара ши стаг караве аьлла.

ХIинца йуьртахоша цунна хIуй кхайкхийна. Йуха йуьрта вар а дихкина. Бераш кегий ца хиллехь, доьзал йуьртах баккха кхерам а тийсира. Амма Мудара марах доккхур ду иза йуьртахошна. Цхьа шо даьлча, белшаш тIехь эпсаран хьесан погонаш а йолуш, детица кхелина тур кочахь, хьаргIачу динахь ша йуьрта веача. ТIаккха мила ваьхьар вара иза йуьрта ца вита. ТIаккха СаьIадгIар, IабдигIар, кIанцIара жIаьлеш санна, меттанаш ара а даьхна, тIаьхьарчу когаш тIе а хIиттина, цIога лестош, хьесталур бу цунна. Тоьур ду, церан йалхо а хилла, Мудар вецаш лелар!

ЦIеххьана сецначу цIерпошто оцу хазачу ойланех йукъахваьккхира Мудар. Дерриг урамаш а, вокзалах майда а йуьзна дIахIоьттина халкъ гира цунна. ТIейаздина даккхий йозанаш долуш, йехачу гIожмаш тIехь дIасаоьзна кIаденаш а, дуткъий аннаш а дара нехан кортош тIехула хIаваэ хьалалецна. Мударна тIехьа лаьтта стаг меллаша и йоза деша хIоьттира:

– Ве-жа-рий… ла-ман-хой, шу Ie-хий-на. Шайн йар-таш-ка ду-ха-дер-за…

И дерриг а халкъ вагонаш тIегIоьртира. Иза сацо ницкъ ца кхаьчна полицейскийш йухабуьйлура.

– Вагонийн неIарш тIечIагIа! – вагонийн неIаршкарчу салташка мохь беттара полицин пурстоьпо, цIерпоштан йохалла дIаса а уьдуш.

ЦIерпошт цIеххьана йуханехьа йолаелира. Шаьш Гуьмсе дIадига бохку-те xIopш аьлла, цецвелира Мудар. Амма цIерпошт, гуттар а йуьстахчу цхьана некъа тIе а йаьлла, чкъургаш а цIовзийна, сецира. ТIаккха, хьалхара йай вагонех дIа а къастийна, лаьллина цхьана агIор дIа а бигна, хIорш шаьш болччохь битира. НеIарш тIе а къевлина, готтачу корехула бен чу хIаваъ догIийла а йоцчу вагонаш чохь бисина нах, оцу бурконе а хевшина, хуьлуш долчух ца кхеташ, дIатийра. Царна хезара арахь оьрсийн, нохчийн меттанашкахь детта оьгIазе маьхьарий. Амма оцу хьолехь дукха ца лаьттира. Арахь тIегIертачу наха, уьш ларбеш лаьтта салтий дIа а баьхна, дIайиллира вагонийн неIарш. ТIаккха Мударна хьалха схьахIоьттира масех бIе стагах лаьтта къорза тоба. Йукъ-кара нохчийн куйнаш, чоэш. Эххар а и гIовгIанаш а дIатийра. Вагонашна хьалха тIекIел йоьттинчу йаьшканаш тIе хьала а ваьлла, цхьана оьрсичо куьг хьалалаьцча. Тахана керл-керла хуьлучу, шена гучу инзаречу гIуллакхаша цецвоху Мудар, уьш дерриг а дицделла, акъваьлла висира, оцу оьрсичунна тIаьххье хьала а ваьлла, цунна улло хIоьттина шен йуьртахо Овхьад гича. Шен бIаьргех ца тешаш, уьш хьакха а дина, леррина цуьнга хьаьжира Мудар. Шеко хуьлийла а дацара. Лекха, элдара, куьце дегI, доцца лоргуш тодина Iаьржа маж-мекх, майра хьажар а. Цуьнан йуьртахо, ХортIин Овхьад ву-кх!

«Ванах, хIара а хIунда веана кхуза? – цецвуьйлура Мудар. – Йуьртахой суна дуьхьалбаьхна ца Iаш, кхуза а веана. Суна тIаьхьара вала ойла йан а йуй-те цуьнан?»

– Вежарий-ламанхой! – къамел долийра Овхьадал хьалха йаьшканаш тIе хьалаваьллачу оьрсичо. – Масех бIе шо ду паччахьан а, хьолахойн а Iазапа кIел оьрсийн къинхьегаман халкъо узарш ден. Оьрсийн халкъах Iуьйдучу цIийх ца Iаьбна, цIapцa, туьрца шайн кога кIел доьхкина цара кхидолу кегий къаьмнаш. Шун дайша бIе шарахь гергга турпала дуьхьало йира паччахьан колонизаторшна, церан Iазапан дукъа кIел шайн маьрша кортош охьа а ца таIош, царна хьалха гора а ца хIуьттуш. Паччахьо а, хьолахоша а нуьцкъах а, Iехош а шун йарташка лоьхкура оьрсийн салтий. Цаьрга хIаллакдойтура шун халкъ, сийначу цIарах йагайойтура шун йарташ. Шун жимачу халкъан ницкъ ца тоьира шайн махка гIерта дуьненахь а йоккха, къизачаралахь а къиза Россин импери йухатоха, сацо. Шуьгара уггар дика мохк дIа а баьккхина, шу дерзинчу тIулгийн лаьмнашка а доьхкина оьрсийн паччахьо. Амма шуна ма мотталаш, и шайгара дIадаьккхина латта оьрсийн къинхьегамхошна делла. ХIан-хIа, ца делла. Шун а, тхан а цIий муьйлучу хьолахошна, шун халкъан цIий Iенийнчу инарлашна, эпсаршна, царна гIo динчу йамартчу йовсаршна совгIатана дIадекъна. ХIокху гIалара дика, хаза цIенош гиний шуна? Царна чохь бехарш хьолахой бу, ткъа царна хьал IаIош, лайш хилла болх беш, къахьоьгуш долу тхо тIекхетта йохкучу тIуьначу лаппагIаш чохь а, набахтел тоьлуш йоцчу баракаш чохь а деха. Тхан берашна деша ишколаш йац, цомгашчарна больницаш а йац. ДIахьовсал Суьйра-Коьрте. Нохчий цигара дIа а баьхна, цига нефтан вышканаш хIиттийна. Ингалсан, Францин, Бельгин хьолахошна доьхкина оьрсийн паччахьо шун мехкан хьал! Ткъа шу, хIокху дашочу мехкан дай, сагIадоьхургийн хьолехь далладо цо. Господинаш АхвердовгIар, КиреевгIар бу цунах берсташ. Тхан, оьрсийн халкъан, долахь хIара кIерсагдевлла, берче белхан куьйгаш доцург, хIумма а дац. Амма тхо белхалойл а йоккхачу къеллехь, холчохь бу оьрсийн ахархой. Тхо тхаьш а ду селханлера ахархой. Йарташкахь олалла дечу помещикийн къизаллой, цара тхайга хIоттийнчу къеллой, мацаллой арадаьхна, болх а, доьзална баьпкан йуьхк а лаха гIала даьхкина тхо. Вежарий-ламанхой! Паччахьан а, хьолахойн а лоллина кIел садетта собар а кхачийна, царна дуьхьал гIевттина оьрсийн белхалой а, ахархой а. Тахана революцин цIе кхерста Россехь. Ахархоша багабо помещикийн бахамаш. Халкъо бакъонца бекхам оьцу шегахь Iазапдаллорхойх. Оьрсийн халкъ маьршадала гIерта бIешерийн лоллех, Iазапах. Амма мостагI вайн массеран а йукъара ву. Тхуна а, шуна а, Россерчу дерриг а халкъашна а тIехь xIapa Iазап латтораш оьрсийн паччахь а, хьоладай а бу. Шайна дуьхьал вайн барт ца хилийта, шайна дуьхьал вайн ницкъаш цхьаьна ца кхетийта гIерта уьш. Вайна йуккъехь мостагIалла латто питанаш туьйсу цара. Оьрсийн паччахьо, хьоладайша хIинццалц шуна тIелоьхкура оьрсийн салтий. ХIинца царна дуьхьал шайн маршонехьа гIевттинчу оьрсийн къехойн цIий Iено дуьгу шу…

Вагонан корехула арахьоьжучу Мударна гира цхьана урамехула адамийн тобанна тIейогIу салтийн тоба. Иза адамашна тIекхаьчча, хьалха вогIучу эпсаро, саца а сецна, нахана тIе а вирзина, мосазза а мохь туьйхира. Наха ша тергал ца вича, салташкахьа а вирзина, цаьрга омра дира цо. Тобанах а къаьстина, салташна тIеваханчу цхьана стага цаьрга масех дош элира. Салташка куьйгаш а лестош, цхьаъ-м бохуш, маьхьарий деттара майданарчу наха. Эпсаро чехабора салтий, амма тоьпийн баххаш лаьтта а хIиттийна, меттах а ца бовлуш лаьттара уьш.

– Гой шуна и дIогахь лаьтта салтий? – цаьргахьа куьг тесира къамелахочо. – Тхо кхузара дIасалахка, оха дуьхьало йахь, тхуна тоьпаш тоха, тхо дайа балийна уьш. Амма оцу салташа, Россехь массанхьа санна, дуьхьало йо шайн вежарийн цIий Iено. Цундела дуьгу шу Россе. Хьолахой, церан бахамаш ларбан, маршонехьа гIевттинчу оьрсийн белхалойн а, ахархойн а цIий Iено. И эхье чаьлтачан декхар кхочушдийриг ахча делла шуна. Вежарий-ламанхой! Шун майрачу, оьздачу къомах цкъа а ца бевлла йолахой, чаьлтачаш. Паччахье, хьоладайшка шаьш ма Iехадайта! Ахчанах Iехалой, шайн къоман сий ма бехде! Цул мацалла далар гIоли йу шуна! Соьлжа-ГIалин пролетарис, бохамехь шун вежарша, оха доьху шуьга шайн йарташка йухадерзар! Декъала хуьлда революци!

Адамийн тобано тоьхначу тIараший, маьхьарший лергаш къардира Мударан.

– Декъала хуьлда революци!

– ДIадаккха паччахьан Iедал!

– ДIабаха хьоладай!

– Декъала хуьлда маршо!

Адамийн маьхьарий дIатийра, оццу оьрсичо куьг хьалалаьцча. ТIаккха вистхилира Овхьад.

– Нохчий! ХIокху суна уллохь лаьттачу оьрсийн белхалочо шуьга дина къамел шеггара дац. ХIокхо и къамел дина кхуза гулбеллачу а, схьабахказа бисинчу а гIaлин белхалоша тIедилларца. ХIокхуьнан къамел, цхьа дош тIе а ца тухуш, кIел а ца дуьтуш, ас гочдийр ду шуна…

Овхьад къамел дан волавелча, цхьа масех минот хьалха ша цунна оьгIазвахарх дохковелира Мудар. Кхуза гулвеллачу масех эзар стага шайна йукъара къамел дан къастийнчу оьрсичух а, нохчочух а цхьаъ Мударан йуьртахо ву. Овхьад майра а, хьекъале а, оьзда а, доьналле а стаг вацахьара, цара къастор ма вацара иза.

«СаьIадгIар, ХьуьсигIар хIун йу Овхьадана хьалха? – бохура цо ша шега. – КоIанаш! Марцарш! ХIapa дуьне деса ца дита Дала кхоьллина кIиллош. ХIетте а Овхьада бохург ца дира ас, СаьIадгIарга Iехавайтира. ДIовш хиларг, и малар ду со дакъазаваьккхинарг».

Маларх ваставелча, дохковуьйлу Мудар ша лелийначунна. Амма тIаьхьа хуьлу-кх. ХIинца цунна шех чекх са гора, ша шех кхаьрдара…

– Сан йуьртахо ву иза, – куро кхоссар йира цо, шена уллохь лаьттачу зоьрталчу шоточунна чоьже муьшка а йеш.

– Ахь баккъал бохийца? ХIай, даьдисарг, и гIазакойн мотт ма шари лалабо цо!

– Сибрехь ткъе вopхI шо а даьккхина, ши шо хьалха цIа веана иза. Иштта дика Iаьрбийн, туркойн меттанаш а хаьа цунна…

Тобанна тIехьа лаьттачу адамийн цIеххьана гIoвгIанаш йевлира. Цига дIахьаьжначу Мударна гира гIаш а, говрашкахь а кхаа aгIop тIедогIу эскар…

2

Россе буьгу нохчийн йолахой совцо кхуза гулбелла гIалин белхалой дIасалахка йалийначу салтийн взводо царна тIе тоьпаш тоха дуьхьало йича, гIалара далийначу эскарийн дакъойн йуьхь йара Мударна гинарг.

– Нохчий! ХIокху оьрсичо шуьга аьлларг, цхьа дош тIетоха ца оьшуш, кхачо йолуш ду, – шен къамел дерзош вара Овхьад. – Оьрсийн паччахьо шайгара дIайаьккхина маршо ламанхошка йухайерзалур йац оьрсийн а, Россехь дехачу дерриг халкъийн а гIоьнца бен. Цундела паччахьан Iедало кхечу къаьмнашначул тIех баккхий бохамаш бинчу, царал тIех доккхачу Iазапехь, лоллехь даллочу нохчийн халкъан декхар ду, шайн маршонехьа къуьйсучу Россерчу халкъашца уьйраш а тесна, царна гIоьнна гIовттар. Амма аш Россехь кхочушден долчу эхьечу гIуллакхо нохчашний, оьрсашний йукъара барт, гергарло чIагIдийр дац, йукъахь цатешам, цабезам кхуллур бу. Вайн къомана эхь дан доьлху шу цига. Нохчийн йартийн векалша тахана Кавказан наместникан а, вайн депутатан Эльдарханов Таьштамаран цIарах Пачхьалкхан Думе а телеграммаш йахьийтина…

Хьалхарчу ротин салташа, шиний aгIop дIа а хIиттина, цIерпоштан некъ дIалецира. ШолгIачу рото, гонаха салтийн ха а хIоттийна, депо чуьра цIерпоштан йай арабаьккхира. КхоалгIачу роте а, пулеметийн команде а, гIалагIазкхийн дошлойн бIоне а омра дира, платформа а, вокзал а, цунна хьалхара майда а, цига догIу урамаш а белхалойх дIацIанде аьлла. Кхаа агIорхьахула тIетаьIначу цара, салташа тоьпийн баххаш детташ, гIалагIазкхаша шодмаш а, аьрташха тарраш а детташ, платформи тIера йухадаьккхина адам вокзалах пена тIе таIийра. Цигахь нахана йетта йолийра курсантийн командо. Амма дукхахболчу белхалоша, низамехь тобане а гулбелла, шаьш лаьттачуьра меттах а ца бовлуш, дуьхьало йира царна. Курсанташна йетта йолийча, гIоьнна йеанчу пулеметийн командо гонна йукъахьовзийра белхалойн тоба. Кхечухьа йухабаьхна белхалой тIегуллуш, вокзалах хьалхарчу майданара тоба а стамйелира. Белхалоша дуьхьало йора бIаьргаш цIийдина, хьерабевлча санна тIелетачу салташна а, гIалагIазкхашна а тIулгаш, кибарчигаш, эчигаш, дечигаш – шайна кара мел йеанарг тIеетташ. МаьI-маьIIехь тоьпаш йуьйлура, къорра татанаш дора тоьпийн баххаша, хIаваъ цоьстуш шакарш йеттара шодмаша, тарраша. Коьртах хIума кхетта говраш, терсаш, тIехьарчу когаш тIе хIуьттуш, карзахъйуьйлура. ОьгIазе йаппарш, узарш. Чевнаш хилла охьаэгна нах, тергал а ца беш, хьоьшура.

Оцу къематденна йуккъехула Овхьадан тIаьххьара а дешнаш хезира Мударна:

– Хезий шуна, нохчий! Цхьана махкахь xIоpш санначу мисканийн цIий Iено дуьгуш ду шуна шу! Эхь хуьлда шуна цига гIур делахь!

– Дала хIаллакдойла шу цига гIахь! Дала дийна цIа дерза пурба ма лойла шуна! – тобанна йуккъерчу цхьана нохчочун мохь а хезира цунна.

Масех сахьт хьалха белхалоша, вагонаш хьалхара дIа а баьккхина, депо чу бигна йай, цIерпоштан шиний aгIop моггIара дIахIиттинчу салташна йуккъехула схьа а балийна, йуха вагонашна хьалха туьйхира. Цо, доккха тата а доккхуш, вагонаш цIеххьана йуханехьа тоьхча, галваьлла Мудар, шена уллорчу шоточух ка а тухуш, аркъалкхийтира. ТIаккха вагонаш хьалха а узуш, цIогIане мохь а тоьхна, Iaь туьйсуш меттахбаьлла, тIаьхь-тIаьхьа чехкаболуш, малхбузехьа дIахахкабелира.

Шa къен велахь а, оцу къелло маларе а марзвина, дакъазаваьккхинехь а, амма шен дегIан кIоргехь ламанхо, нохчо вара Мудар. Цуьнан дагах мIараш туьйсуш, гIуьттура ламанхойн уггар а оьзда гIиллакх: цо доьхкура карахь герз доцчу стагана, иза мостагI велахь а, дуьхьал герз айар.

«Оцу салташа а, гIалагIазкхаша а санна, карахь герз доцчу, дуьхьало йан ницкъ боцчу адамашна йетта дуьгу-кх тхо. Ма доккха эхь ду оха тIелаьцнарг! Амма хIун дан деза? Цига ваха цхьана шарна куьг а таIийна, схьаэцна ахча ас дайъина. Иза Iедална йухадерзалур ма дац соьга. Ас куьг таIийна кехат полконакехь ма ду… Хьалха цIepпошт сецначу станцехь охьа а воьссина, ведча? ТIаккха а, схьа а лаьцна, Сибрех вохуьйтур ма ву…».

Ша-шена оьгIазъоьхучу Мудара, ата санна, цергаш хьакхийра, цо къевлинчу буйнашна керайуккъехь дилхех чуйиссира пIелгийн мIараш.

Расу а хили сол хьекъале. Цо ладуьйгIира Овхьаде. Iаьлбаг-Хьаьжа имам ваьлча, цунна улло а хIоьттина, тIом бина цо. Гуьржехь а, Бакохь а паччахьан Iедална дуьхьал летта, боху. Сибрехь ткъе ворхI шо хан а йаьккхина. ХIетте а ца къарвелла. Къарвала дагахь а вац. ХIумма а ца оьшуш, ваха аьтто а бара цуьнан. ХIетте а ца Iа. Цхьаъ хир ду-кх цуьнан дагахь. Ткъа сан кийрахь дог ца хилла. Сан дагахь даим а малар дара…».

ХIаъа, Овхьад кхерийна, къарван ницкъ бац дуьненахь. Цунна ца бицбелла нохчийн къоман маршонехьа тIамехь а, махкахбаьхна Сибрех а белла шен нийсарой, шен доттагIий, шен бIаьхаллин накъостий – Коьри, Болат, Къайсар, Юсуп, къена йуьртахой МIаьчиг, Васал, тангIалкхаш тIе хьалаоьхкина къона Iаьлбаг, Дада, къена Iумма а. Цунна цIерш ца хаьа хIокху тIаьххьарчу шина бIешарахь маршонехьа тIамехь эгна бIе эзарнаш нохчийн кIентийн. Тахана лоллехь долу шен декъаза халкъ…

3

ХIокху шарахь къаьсттана хьалхе а, шийла а тIедеара Ia. Аз кхолха дуьйлуш, кеглуш, хьаннашкахь охьадетталора гIa охьадоьжна, дерзина довла а кхиале тIедиллинчу лайн дозалло йуьхьарсетто дитташ а, генаш а. Дикка ханна дукъделлера йарташна йукъара некъаш а. Амма шеца гIашсалтийн тоба а, гIалагIазкхийн бIо а, ламанан артиллери а йолуш, йарташна таIзар дан Веданара араваьллера и гIуллакх бIаьстенга татта собар кхачийна полковник Галаев. Цо шен омрица йарташна йелла хан чекхйолуш лаьттара. ХIинца, xIopa йуьрта а хIуттуш, цо дIахьедора, ткъе диъ сахьт далале пачхьалкхан декхарш дIа а ца такхахь, Iедална муьтIахь а ца хилахь, ша йарташ лаьттаца дIанисйо олий. Ша дуьйцург моттаргIина доцийла хоуьйтуш, цхьайолчу йартийн йистошка мосазза а йоккха топ а тухура.

Ведана округера дукхахйолу йарташ, цIий Iанор ца хуьлуш, къарйелла, кIелсевцира цунна. Шайна тIера пачхьалкхан декхарш а, Iедална дуьхьало йарна таIзарна тоьхна гIуда а текхна ца Iаш, цара Галаевна гIo а дора цуьнан отряд шайна луларчу йуьрта кхалхо. И гIo цара дукхахдолчунна уьш шайн йуьртара дIабахархьама а дора. Полковникан омра кхочуш ца деш, йеккъа цхьа Гати-Юрт йисинера Веданан округехь.

Шен отрядаца Галаев чекхваьллачу йартийн хIусамашкахь, хIетта чуьра дакъа арадаьккхича санна, сингаттаме тийналла хIуттура. Делахь а, вер-ваккхар ца хилчахьана, важадерг ловра наха. Амма доьзалан дена ша валар гIоли хетара, шен хIусаме xIapa Iаьржа ун хIуттучул. Полковнико нуй хьоккхий дIахьора пачхьалкхан налог такха аьтто боцчу нехан бахамаш. ТаIзархой чекхбевллачу йарташкара божалш, гIотанаш, кIаранаш йассалора. Сатосуш кхайкха нIаьна а ца йуьсура. ГIалагIазкхаша а, салташа а, къамкъаргаш хьийзош кортош а дохуш, йойуш, йуура котамаш.

Ткъа маса доьзал байлахь битина, лецна дай ваханарг йуха ца вогIучу гена, шийлачу Сибрех а бахийтина. ХIаъа, да дIа а воьллина, суьйранна чубирзинчу доьзалх тера йу тховса Нохчмахкара дукхахйолу хIусамаш. Йуха а, къурд бина, дIатедина наха Iедало шайн сийсазбар. Амма xIapa де цкъа а дицдийр дац цара. Царна цкъа а ца дицло шайна дина дика а, вон а. Аьтто нисбаллалц, собаре сатуху, тIаккха дика – диканца, вон – вонца дIадоькху.

Нохчмахкара йерриг а йарташ къарйелча а, Iедална дуьхьало йо Гати-Юьрто а, цунах ун даьллачу луларчу Саьмби-КIотаро а, Шал-Дукъо а. ТIаьххьарчу шимма-м, шайна тIехула шозза-кхузза йоккха топ тоьхча, шаьш Iедална муьтIахь ду аьлла, Галаевна тIе векалш бахкийтира. Амма Гати-Юьрто, логехь дисинчу чIеран кIохцало санна, сагатдо цуьнан. Стомара цунна тIехула а, гондIа а йоккхачу тоьпан ткъа хIоъ а тоьхна, шен омра кхочушдан йуьртана кхо де хан а йелла, Саьмби-КIотарахь туп тоьхна, сецна Галаев. Амма гатийуьртахой гучубовлуш бац. Цо хIоттийнарг СаьIад велахь а, ткъа баккъал а йуьртда Акхболатов Ахьмад ву. Селхана Iуьйранна дуьйна сарралц гулам лаьттина цигахь. Амма цара хIyн сацам тIеэцна, ца хаьа цунна. Галаевс царна йеллачу ультиматуман хан тховса суьйранна чекхйолу. ТIаккха, шен дош кхочушдеш, йурт лаьттаца нисйан йеза цо. Иза хила йиш йоцург дара. И омра деш а хаьара цунна, ша иза кхочушдийр доцийла. Кхийолу йарташ а санна, xIapa а кхеро дагахь динера. Цо хIетахь ойла ца йинера Гати-Юьртахь вехаш мIаькваьлла ши бунтовщик хиларан. Абубакаров Iела а, Хортаев Овхьад а. Царна тIе карзахе, къармазе Солтханов Солта а. Воккха стаг-м тийна-таьIна хан йоккхуш вара. Иза йуьртан гIуллакхашна а, политикина а йукъа ца гIерта, боху. Амма Галаевна шера хаьа йуьртан урхалле хаьржинчу пхеа стага Абубакаровх дагаволий бен ког дIатосуш цахилар. Хортаев Овхьад нохчийн интеллигенцица а, Соьлжа-ГIаларчу РСДРП тобанан куьйгалхошца а йаккхий уьйраш йолуш ву. Нохчийн интеллигенцин векалша чIогIа лоруш а, сий деш а ву, боху, иза. Нохчийн йолахой Россе ца бигийта, гIалара белхалой Хортаевн дIадолорца гIевттина хилар а гучудаьлла. Тамашийна хIума дай хIара-м. Шина вешех цхьаъ – Iедалехьа, важа – дуьхьал. Оццу Гати-Юьртара ву Манчжурехь нохчийн, гIебартойн дошлойн ши бIо тIамна дуьхьал гIаттийнчарех шиъ а. Ткъа хIокху тIаьххьарчу баттахь Зеламхин гIеранах дIакхетта ши гатийуьртахо.

XIapa Галаев санначу кхечарна шура йоккху йетт бу Нохчийчоь. Амма цуьнан декъаза кхаж баьлла. Массо а зуламийн хьоста ду цуьнан округ. Кхузахь бу обаргийн бен а. Цхьана агIор, Зеламхех кхоьруш, кIожан пха а бегабо цуьнан. Зеламхас шозза кехат даийтина цуьнга, нагахь санна и хьайн къизалла ахь ца сацайахь, ахь цхьа стаг Сибрех вахийтахь, цхьана стеган цIий Iанадахь, ша Добровольскийна тIаьхьа жоьжахата вохуьйтур ву хьо аьлла. Цо дийр ма ду иза. Зеламхас цкъа а эрна бага ца йетта. Цо шен дош кхочушдо. Цунна масал ду Добровольский а, Къеди-Юьртан разъездехь цо динарг а. Кхин маса ду уьш…

«ХIаъ, кхузахь лерг сема, бIаьрг сирла хила веза, – ойла йо Галаевс. – Ас корта а биттина, халла суна гIоьнна баийтина гIалагIазкхийн пхи бIо, хIара гIуллакх чекх ма-деллинехь, дIабуьгур бу. ТIаккха округехь йукъара мятеж йолалахь, сахьт далале хIаллакйийр йу сан жима гарнизон. Ирсе бу гIалагIазкхийн отделийн начальникаш. Правительствос лучу тIеман ницкъал совнаха, виллина дIa церан лаамехь ву цергашна тIекхаччалц герзаца кечвина маситта эзар гIалагIазкхи. Шайга шок ма-тоьххинехь, нохчийн йарташна тIехахкавала массо хенахь кийчча. ТIехула тIе, дукха хан йоццуш, инарла-губернаторан Колюбакинан дехарца, Кавказски эскарийн Коьртачу штабо Георгиевский тIеман складера итт эзар берданка а, масех миллион патарма а белла йеккъа цхьана Сунженски отделана. Герз делла а Iай ткъа! ГIалагIазкхий герзаца кечбеш комаьрша харж йо правительствос. Ткъа сан округехь арахьарчу гIоьне догдохийла-м муххале а йацара, атталла законехь суна хьакъ долу гIo а ца до…».

4

Гати-Юьртана тIе кхераме киртиг хIоьттинера. Округан начальнико хьалха йелла ультиматум кхочуш ца йинера гатийуьртахоша. Пачхьалкхан декхарех цхьа кепек дIа а ца йеллера, цхьа герз а ца деллера, Iедало шен кара дIабоьхучу нахах цхьа стаг дIа а ца веллера. Делан къинхетам хилла, хIетахь таIзарза йисира церан йурт. Амма селхана, йаккхийчу тоьпашца салтийн а, гIалагIазкхийн а боккха бIо а балош, Яьссел дехьа сецначу полконака и шен хьалхалера омра кхочушдан кхо де хан йелира царна. Ша аьлларг моттаргIина доцийла хоуьйтуш, йуьртана тIехула а, йистошка а ткъозза йоккха топ а тоьхна, дIавахара. Йоккха топ йетташ кхерабеллачу зударша а, бераша а Iадийна маьхьарий хьийкхира. Даьхни Iоьхура. Кхерамазечу меттигашка дIа а левчкъина, yгIypa жIаьлеш.

Тахана Iуьйранна йуьртан майдана гулбелла пхийтта шарал лакхара берриг а боьрша нах, делкъан ламазана цхьана сохьтана дIаса а бахана, йуха а цига дIагулбелира. Масех тобане бекъабелла уьш, ва Дела аьлла, цхьана барте ца боьрзура. Цхьаберш сацам боллуш дуьхьал бара полконакан омра кхочушдан. Иза ца дан летта лийр ду вай, бохура цара. Шайн зударийн а, берийн а, мискачу бахамийн а ойла йеш болчу шолгIачарна, пачхьалкхан цхьадолу декхарш дIа а текхна, хIара гIуллакх машаре дерзо лаьара. Йуьртан хьолахошна а лаьара иза машаре дерзо. Пачхьалкхан декхарш дIа а такхий, герз дIа а лой, Iедало дIабоьху нах шайн лаамехь цунна тIе а гIой, дIадерзаде, бохура цара а. Йуьртан бала болуш бацара и тIаьххьарниш. Цкъа-делахь, Iедална хьалха диканиш хила гIертара. ШолгIа-делахь, йуьртана тIе йаккхий тоьпаш йеттахь, шайн цIенош дохорна а, салтий, гIалгIазкхий чубагIахь, цара шайн бахамаш талорна а кхоьрура.

Хьалхарчара бохург а дина, дуьхьало йар эрна дара. Иштта дуьхьало йинчу ЧIебарларчу масех йуьртара цIенош дагийнера, салташа а, гIалгIазкхаша а бахархой талийнера, дуккха а нах лецнера. Изза дийр ду полконака кхузахь а. Ткъа пачхьалкхан налогаш а, кхиболу текхамаш а бан нехан ахча а, дIадала герз а дац. Iедало дIабоьху нах дIа а белла, йуьртана эхь дойла йанне а йац.

Делкъал тIаьхье а дIайахара, нехан барт ца хуьлуш. Ахьмада лерина ладоьгIура массаьрга а. Цунна шена а ца хаьара, хIун дича бакъахьа хир ду. Ткъа баттахь кхузахь лаьттича а, оцу нехан цхьабарт хир бацара. Къуьйсура, оьгIазъоьхура, чуьччагIертара. Iелех дагавала сацам бира Ахьмада.

– И гIовгIанаш совцайай, цкъа ладогIал, нах! – мохь туьйхира цо, хьала а гIеттина. – Iуьйрре дуьйна хIара гIовгIанаш йеш, хIокху шелехь лаьтта вай. Амма, ва Дела аьлла, барт хуьлуш бац. Баттахь лаьттича а, хир бу ала, меттиг а бац. Шу xIopa а шен-шен дош тIехула дилла гIерта. Тахана вайн йуьртана тIехIоьттинарг хала, кхераме киртиг йу. Цунах кIелхьардовла шуна некъ ца карабо. Аш массара а бертахь, массо а реза волуш, йуьртан дола дан хаьржина тхо пхи стаг ву. Доша воцург, важа виъ кхузахь ву. Нагахь санна шу реза делахь, тхо виъ – Аьрсамирза, Лорса, Солта, со а – дика ойла а йина, вала везачарах дага а ваьлла, Делан къинхетамца, Делан гIоьнца, хIара гIуллакх йуьртана сингаттам ца хуьлуьйтуш дIадерзо хьожур ву. Оха йинчу кхелана реза хир дуй шу?

Жимма гIовгIанаш йинчул тIаьхьа, цхьа а дуьхьал воцуш, массо а резахилира.

МаьркIажан ламаз а дина, дог ца догIуш кхачанах а кхетта, шен кхаа накъостаца Iелех дагавала вахара Ахьмад. ХIоьттинчу хьолах йурт кIелхьарйаккха цхьаъ бен боцу некъ гайтира царна Iелас. Цуьнан хьехамца Галаевна жоп йаздира Лорсас. ШолгIачу дийнахь Iуьйранна, туркх а вахийтина, СаьIад, Хьуьси, Iабди йуьртден канцеляри кхайкхира Ахьмада.

Тхов тIе оьрсийн гepaг а йиллина, ши цIа а, лекха уче а, дика неI-кор а долу xIapa канцелярин гIишло ша йуьртда волуш шен ахчанах совдегара ХортIас йайтинера. Йуьртдена а, писарна а леринчу цхьана чохь аннех йина стол а, ши жIай-гIант а, чубаьхкинчу нахана охьаховша пенийн дохалла хIоттийна аннех дина деха ши гIант а дара, дуккха а шерашкахь нах тIе охьахийшина шарделла, лак хьаькхча санна, къегаш. НеIарехьа товха йара, кIуьрзо Iаржйина. Уллора цIа шатайпа европахойн куьцехь, хаза кечдина дара. Бустамаш дохуш, кечдина когаш а долуш, тIе Iаьржа лак а хьаькхна, шуьйра, йеха стол а, иштта, хаза дина, тIе баьццара бархат тоьхна, лекха гIовланаш йолуш кIеда диъ кресло а, даим йаьсса лаьтта книгаш чу хIитто йоккха шкаф а. Стоьла тIехула пенах кхозуш паччахьан доккха сурт а, цIенкъа тесна хаза, кIеда куз а. ХIокху цIа чуьра товха а йара, бустамаш дохуш, йеттинчу кибарчигех йина. И цIа белхан гIуллакхна ца кечдинера ХортIас. Йуьрта баьхкина хьаькамаш оцу цIа чу буьгура цо, ткъа xIоpa дийнахь беш болчу балхана лерина важа цIа дара. Ткъе итт шарахь сов йуьртда лаьттинa ХортIа дIакхелхича, цуьнан метта xIоттийнчу СаьIада а ца талхийра ХортIин низам. Ткъа дукха хан йоццуш йуьрто хаьржинчу Ахьмада а, цуьнан накъосташа а оцу цIийнан неI ца йиллинера цкъа а. Уьш вукху белхан цIа чу гуллора.

Аьрсамирза, Лорса, Солта Iуьйранна хьалххе веанера канцеляре. Цхьацца вогIуш, схьавеара СаьIад, Хьуьси, Iабди. Шина дийнахь цIе ца латийначу цIа чохь шийла йара. Хьал-де хоьттуш эрна хан а ца йойуш, хьийзораш ца йеш, къамел долийра Ахьмада.

– Хьуьса, тахана вайн йуьртана тIекхозабелла кхерам массарначул а дика го шу кхаанна. Iедалца дерг а, йуьртарчу нахера хьал а хаьа шуна. Оцу полконака шозлагIа а хан йелла вайна пачхьалкхан налогаш, гIуданаш, герз дIадала, йуьртара виъ стаг Iедале дIавала. Шен омра кхочуш ца дахь, xIapa йурт, йохийна, лаьттаца шарйийр йу ша а, аьлла цо. Шуна ма-хаъара, налогаш, гIуданаш такха а ницкъ бац нехан, дIадала герз а дац. Цо дIавоьху виъ стаг Iедале дIа а велла, йуьртана эхь дечул, вайна делла дIадовлар гIоли йу. Полконака тоьхна хан кхана суьйранна чекхйолу. Вайн ворхIе дай а, вай а хIокху йуьртахь дина а, кхиъна а ду. Вайн дай кхузахь белла, лаьттах боьхкина, изза хила деза вайх а. Цхьана цIийнах, йа ненахошкахула, йа захалшкахула вовшашца цхьа гергарло доцуш цхьа а доьзал бац хIокху йуьртахь. Цхьанна хиллачу бохаман лазам массо а доьзалх кхета. Ваьш даллалц хIокху йуьртахь цхьаьна даха а деза вай, велларг массара а цхьаьна дIаволла а веза. Оцу дерригенан а ойла йина, вовшех дага а девлла, xIapa йурт бохамах кIелхьарйаккха цхьа некъ карор бацара-те аьлла, схьакхайкхина шу. Хьуьса, хьо Iеламстаг ву, ткъа СаьIадна а, Iабдина а Iедалан болх, гIуллакхаш, хьаькамаш а бевза. Шуна хIун хета, аш хIун олу, вай хIун де-те?

Хьуьсера хьалхе а йаьккхина, СаьIад вистхилира:

– Ахьмад, бусалба дин а, шариIат а, Iедал а, хьаькамаш а бевзаш долу тхо дIa а даьхна, тхол хьекъале, тешаме, доьналле ду аьлла, йуьрто шен коьрте хаьржина шу. Ткъа хIинца, йуьртана тIе кхерам гIоьртича, тхо дагадаьхкина шуна. Йуьртан дола дан дезарш а, йуьртах жоп дала дезарш а шу ду. Йурт кхерамах, бохамах кIелхьарйаккха некъ а шуна каро беза. Ткъа тхуна хетарг шуна хаа лаахь, Iедало бохург кхочушдан деза йуьрто. Кхин некъ ца хаьа тхуна.

– Амма йуьртана xIapa бохам бинарш шу ду, СаьIад. Йуьртан коьртехь шу долуш тоьхна и налогаш а, гIуданаш а, кхиерш a! – са а ца тохаделла, йукъавуьйлира Солта.

СаьIад цунна тIевирзира:

– Аш схьа мел ваьллачо иза ма олу? Iедало налог, гIуда тоьхча а, тхо бехке до. Йуьртара стаг лаьцча а, оха лацийтина, олу. ХIинца xIapa шаьш кегийна худар а тхан коча тоьтту. Наха шаьш йуьртан урхалле хьалхатоттучу хенахь хIунда ца олура аш цаьрга, йуьртан дола дан а, йуьртах жоп дала а тхоьгахь хьекъал а дац, тхуна оьрсийн мотт-йоза а ца хаьа, тхуна Iедал а, хьаькамаш а ца бевза? Шаьш кегийна худар хIинца шаьш даа.

– ХIай-xIaй! – цунна тIетайра Iабди. – ХIинца и салтий а вай балийна, боху. Йерриг а Нохчмахкарчу йарташна налогаш, гIуданаш тохийтинарш а, схьадоьхуьйтурш а, салтий балийнарш а вай ду ала а эхь хетар дац! Шайнчул совнаха, йаа сискал йерг ца веза нохчашна…

Хьуьсас, вист ца хуьлуш, резахилла корта теIабора.

– Туьха тесна пхьид санна, ирах стенна лелха шуьшиъ? – човхийра и шиъ Солтас. – Оьрсийн мотт-йоза а хууш, Iедал а, хьаькамаш а бевзаш долчу аш хIун дика болх, хIун аьтто бина йуьртана? Йуьртана-м хьовха, атталла цхьана стагана а? Ирх а ца лелхаш, шайга дуьйцучуьнга цкъа ладогIа!

Аьрсамирзин хьаьжа йуккъе, кIез-кIезиг гуллуш, шад гулбелира, месала, хьаьрса цIоцкъамаш, кондарш санна, дусаделира.

– Шаьш бехке дац, боху аш? – царна тIекъевкъира иза. – ХIокху йуьртана мел хиллачу бохамашна бехке шун дай а, шу а ду! Дац алал? Iабди, хьан да ХортIа а, воккхахволу ваша Асхьад а хIокху Iедалан йалхой, айкхаш ца хилла? Iаьлбаг-Хьаьжин гIаттам болабелча, оьрсийн эскар долчу, Гезлойн-гIопе, ведда ца ваханера и шиъ? Салташа хIокху йуьртара цIенош дагош, царна хьалхаваьлла лелаш ца вийнера Асхьад? Хьуьса, хьан да Товсолта-Хьаьжа, СаьIад, хьан да Бора-Хьаьжа, хIокху йуьрта богIучу оьрсийн хьаькамашна хьесталуш, церан цIогана кIел мотт хьоькхуш, царна Деле гIо доьхуш, доIанаш деш ца лелла? ХIокху йуьртан ах мохк шу иттех стеган долахь бу. Шун дайша, хьун хьокхуш, баьккхина иза? Цхьа кол ца хадийна цара! ТIамо тIера дай байъина, йа Iедало Сибрех бахийтина, шайн кхаш дуьйш-дерзош лело ницкъ боцуш, йаа сискал йоцуш бисинчу жоьра-зударшкара, берашкара гирда хьаьжкIаш луш, шун дайша шайн доладаьхна латтанаш ду уьш. И доьзалш йолах шун дайша а бацийра, церан тIаьхьенаш йацош шу а ду. Сан кIант а, Мохьмад а, xIapa Солта а японца тIаме бахийтинарш шу дац? Мудар Россе хьажийнарш шу дац? Шайн кIентий хIунда ца бахийтира аш? Шун дай а хилла йуьртана йамарт, хIинца шу а ду!

– Оха ца бахийтина уьш, ахчано бигна! – цавашаре велакъежира СаьIад. – Ахчанах бохкабелла бахана.

Аьрсамирза цIий сиха, дера стаг вара. ХIумма а цул тIаьхьависина Солта а вацара. Амма СаьIад а, ша молла велахь а, Хьуьси а вацара кIиллочарех. Iабди-м цхьогалан амалш йолуш вара. ХIокхеран дов гена а даьлла, вовшашна тохарна кхеравеллачу Ахьмада совцийра уьш.

– Хьуьса, хьо Iеламстаг хиларна, ткъех шарахь йуьртан молла а, къеда а латтарна, сайн къамел гIиллакхехь хьалха хьан цIe йаьккхина долийра ас. Ткъа хьо, вист ца хуьлуш, хьайн шина накъосто дуьйцург къобалдеш, корта а теIош, хиъна Ia. Ткъа шу виъ а гIиллакхах, оьздангаллех ма воха, собаре хила. Аьрсамирзас оьгIазвахана аьлларг а, йерриг йуьртана а хууш, бакъдерг ду. Делахь а дIадевлларш дуьйцур дац вай. Ткъа хIокху тхан кочахь долчу даржах лаьцна аьлча, xIapa оха лехна а, дехна а ца деана тхан коча, оха тIелаьцнарг йуьртан лаам бу. XIoкху хьаькамаллех хIумма а даккхийдеш Iаш а дац. Ткъа шу, СаьIад, наха йуьртда а, къаной а хоржучу хенахь шайн бартахошца цхьаьна гуламера дIадахара. Иза дина а ца Iийра. Къайлах пурстоьпаца барт а бина, йуьртарчу куьйган бакъо йолчу пхи бIе гepггa стагах ах бIе шайн бартахой а гулбина, цаьрга кхаж а тасийтина, йуьрто хьо йуьртда, ткъа xIapa ХьуьсагIар къаной хаьржина аьлла, дIа а кхайкхийна, хIокху чу охьахевшина. Аш хIунда ца элира укурган началнике, тхан йуьртахь наха йуьртда а, къаной а хаьржина, и хаьржинарш Iадбита, шаьш йукъа а ца Iуьттуш? Аш йуьртана йамартло ма йина, СаьIад. Аш хIара йурт мостагIаллин шина тобане ма йекъна. ХIинца йуьрто хаьржина тхо Iедало къобал ца до, ткъа Iедало йамартлонца, харцонца хIиттийна шу йуьрто къобал ца до. Тахана йуьртана тIехIоьттина хIара кхераме хьал машарца дерзо тIедахча, Iедало тхо тергал дийр дац. Цундела Iедало хIоттийначу шу пхеаммо дерзо деза xIapa гIуллакх.

– Шен омра кхочуш ца дича, полконака къамел а дийр дац тхоьца!

– ХIета аш кхочушдан деза полконакан омра а.

– Йуьрто пачхьалкхан налогаш, гIуданаш дIа ца текхча, герз дIа ца делча, тхоьга кхочушдалур дац полковникан омра.

– Аш, хьолахоша, дIатакха пачхьалкхо йуьртана тIетоьхна налогаш а, гIуданаш а. Герз а дIало.

СаьIадгIар, цецбевлла, багош гIаттийна бисира.

– Оха хIунда токху йуьртана тIера налог а, гIуда а? Иза а, важа а йуьртарчу xIopa кIуьран цIарах нийсса йекъна, тхаьшна кхочург оха токхур йу, шайна кхочург наха а такха йеза.

– И харцо хIинццалц лелла. ХIинца тоьур ду, нехан собар кхачийна. Шун долахь йуьртан ах мохк бу, даьхни, туьканаш, хьераш, пайтонаш, гIудалкхаш, шортта ахча а ду. И дерриг а шайн дайшкара охьа хьарамчу некъашца, харцонашца, йамартлонашца гулдина аш. Цул совнаха, Iедало йуьртана тоьхна, тIаккха дIабаьхна текхамаш, иза нахана ца хоуьйтуш, цаьргара ахчанаш а дохуш, шайн кисанашка аш дерзийна меттигаш а гучуевлла тхуна. Шу йамарт нах ду, СаьIад. Шайна лаахь, Iедало дIайоьху налогаш, гIуданаш, герз шаьш дIало. Шайна лаахь, оцу полконакца йукъара мотт а карабай, йурт кIелхьарйаккха. Иза шун шайн гIуллакх ду. Амма оха хьалххе цхьаъ дIахоуьйту шуьга. Нагахь санна оцу полконака хIокху йуьртара цхьа цIа дохадайтахь, салташа цхьана кертара котам галйаккхахь, йуьртара цхьа стаг лаьцна вигахь, цхьана стагана бохам баккхахь, шу иттех стеган цIенойх а, бахамех а оха чим бийриг хилар. Доцца аьлча, шайна а, шайн тIаьхьенашна а хIокху йуьртахь даха лаахь, xIapa гIуллакх йуьртана сингаттам а, бохам а боцуш, дIадерзаде. Оха ца элира ала дац шуна. ХIан, xIapa тхан лаам полконаке дIа а кхачабе, – шаьш йаздина кехат царна хьалха теттира Ахьмада. – Цо хIиттийна хьаькамаш ма ду шу. Иза а, шу а ахчанах йохкалуш, эцалуш хIуманаш йу. КхидIа къамелаш ца дер вай. Iодика йойла шун!

Чохь висинчу кхааммо йоцца кхеташо йира. Церaн барт хилира, вукху хьолахойх дага а бевлла, Iедалца дерг шайн ницкъашца, шайн харжашца дIадерзо…

5

Ткъа Саьмби-КIотарарчу йуьртден хIycaмe воьссина полковник, букъа тIехьа ши куьг а лаьцна, оцу шен сингаттамечу ойланаша дIа а ца хоьцуш, жимачу цIа чухула цкъа дIасаволалуш, тIаккха, корехь а соций, ара бIаьрг тухуш, гатвелла хьийзара. Иза валлал дохковаьллера ша, ойла а ца йеш, гатийуьртахошна и ультиматум йаларх. Кхаа дийнахь-м хьовха, кхаа баттахь а и декхарш дIатакха церан ницкъ боцийла а, схьадала оццул герз доцийла а, и йурт сийначу цIарах йагийча а, ша схьавоьху виъ стаг цара шега схьалур воцийла а, шера хаьара цунна. Ткъа и ультиматум цара кхаа дийнахь кхочуш ца йахь, йурт йохо дош ма делла цо. Цигара цхьа цIа дохадахь, йурт гIоттур йу. Цунах дIакхетар йу лулара йарташ а. ТIаккха и ун, шеко йоцуш, йерриг а округе даьржар ду. Бахархошкара налогаш схьайаха, герз схьадаккха аьлла, лакхара охьа омра делахь а, округехь мятеж хилахь, хIара бехке вийр ву. Хьуна халкъаца бийца машаре мотт карийнехьара, хьо къиза ца хиллехьара, халкъ Iедална дуьхьал гIоттур дацара аьлла. Кхин дуккха а бахьанаш карор ду шайн бехк хIокхуьнан коча баийта, xIapa бехван, даржах вохо. Ткъа гатийуьртахошна хIокхо делла дош кхочуш ца дахь, царна а, кхечу йарташна а хьалха хIокхуьнан сий довр ду.

Йуьртана гIуда шеггара тоьхна цо. Иза дIадаккха а тарло. Схьадала дезачу герзан барам а шеггара хIоттийна цо. Цара цхьа масех топ, тур-шаьлта, цхьакIеззиг патармаш схьаделча, цунна а реза хир вара иза. Амма налог цо тухуш йац, иза цуьнан дIасахьийзо бакъо йоцуш, пачхьалкхан гIуллакх ду. Йерриг ца лахь а, цкъачунна ах мукъана а схьалахьара. ТIаккха халкъана хьалха хIокхуьнан сий а ца лахлуш, дов а доцуш, Iедална а, бахархошна а хьалха xIapa бехке а ца хуьлуш, машаре дIадоьрзур дара xIapa гIуллакх. Олуш ма-хиллара, уьстагIий дийна а дуьсуш, берзалой йуьзна а йолуш…

HeI херйина, пурба а дехна, чувеара хехь лаьтта эпсар.

– Господин полковник, Гати-Юьртара векалш баьхкина xIapa дехар дохьуш. Шаьш тIеэцар доьху цара, – цуьнга кехат дIакховдийра эпсаро.

Кехат дIа а эцна, даржийра Галаевс.

– ХIара-м Iаьрбийн йозанца йаздина ма ду. Подпоручике Сейталиевга гочдайтий, чехкка схьада. Маса стаг ву уьш?

– Кхоъ.

– Муьлш бу, хаьий хьуна?

– Вай Гати-Юьрта дахча, цигахь вайна хьошалла динарш бу. Йуьртда а, массарна вевзаш волу хьолахо Хортаев а. Важа йуьртан къеда вуй-те, моьтту суна.

Галаевн хьаьжа йуккъе шад гулбелира. Уьш бацара цо бахкаре сатуьйсурш. Акхболатов коьртехь мятежникаш бара.

– Цкъа оцу кехата тIехь йаздинарг хIун ду, хьожур ву со. Цхьана сохьтехь латтабай, чубахкийта.

Ша гочдина кехат схьадохьуш, чувеара Сейталиев.

– Ас дан дезаш кхин гIуллакх дуй, хьан оьздалла? – вулавелла дIахIоьттира подпоручик.

– Дац. ПаргIат хила.

Полковник деша вуьйлира гатийуьртахойн дехар:

«ВЕДАНА-ОКРУГАН НАЧАЛЬНИКЕ

ПОЛКОВНИКЕ ГАЛАЕВГА

Гати-Юьртан бахархоша шайн гуламехь шозлагIа а дийцаре дира хьан омра. Гати-Юьртарчу нехан, дика ойла а йина, хьоьга а, хьол лакхарчу а хьаькамашка шайн сацам дIакхачо барт хилла.

Тхо къен-миска адамаш ду. Тхайн доларчу ардашна тIера даьллачу йалтица Iаьнера а ца довлало тхо. Йуьртан хьаьрам йац тхан. Мехкан цани тIера йаьккхина докъар цхьа-ши бежана Iаьнах даккха а ца тоьу тхуна. Бераш ду тхан, тIедуха а, когадуха а доцуш, дерзина. Тхо, даккхийнаш, тхаьш а ду тIелхигаш кхозийна лелаш. Хьалха, оьрсийн паччахьан Iедал тIедале, xIopa шарахь йуьртан мохк боькъура оха кIуьран цIарах. КIентий кхиъча, цара зударий балийча, царна кха тардора, хьун а хьокхий. ХIинца иза дан а таро йац тхан. Оханан латта а, цанаш а Iедало хIopa кIуьрана тIечIагIйарца дIадаьккхина мохк йухабекъар. Iедало хьун а пачхьалкхан долайаьккхина, тхан бакъо йац ирзош даха-м хьовха, атталла даго дечиг даккха а. Тхан йуьртан нийсса ах мохк Iедалан гIоьнца шайн долабаьккхина кхузарчу масех стага. Къелло бIарзбина цхьаболу нах хIинццалц Теркйисте а боьлхий, цигахь цхьана ханна лело мехах латта а оьций, йа гIалагIазкхийн хьолахошна йолах болх беш а, шайн доьзалшна сискал тарйан гIертара. ХIинца цига боьду некъ а Iедало бихкина тхуна.

Хьалха хьайн омрица тхан йуьртана итт де хан йелира ахь 5104 сом пачхьалкхан налог, гIуданаш такхар а, 100 топ, 2000 патарма, 100 тур-шаьлта дIадалар а, йа герзан меттана 11500 сом такхар а тIедожош. ТIаьхьа йуьртара виъ стаг Iедале дIавалар а тIедожийна ахь. Ши де хьалха, Гати-Юьртана улло а веана, йуьртана тIехула ткъозза йоккха топ а тоьхна, и хьайн омра кхочушдан тхуна кхо де хан йелла, дIавахана хьо. И ахь тоьхна хан тахана суьйранна чекхйолу.

Iедална дIадала а, йа тхаьшна дита а тхан герз доцийла, хаьа хьуна. Доцчу герзана дуьхьал такха тхан ахча а дац, иза хилча а, oхa токхур а дацара. Цхьа а бехк-гуьнахь доцуш йуьртана тоьхна гIуданаш а оха токхур дац. Ахь дIавоьху виъ стаг Iедале дIавалар тхан ницкъ болуш а, бакъо йолуш а дац. Абубакаран Iела цомгаш, къена стаг ву, Сибрехь ткъе берхIитта шo хан а йаьккхина, дукха хан йоццуш цIа веана. Иза йуьртан а, Iедалан а гIуллакхашна йукъа а ца гIерташ, хан токхуш ву. ХортIин Овхьад наггахь бен тхан йуьрта вoгIyш вац. Ткъа Сулимин Хьомсуркъа а, Султахьаьжин Доша а, йуьртара араваьлла, Зеламхин тобанах дIакхетта.

Йуьртана бохам ца баккхархьама, хIуъа таро йина а, 1120 сом пачхьалкхан налог дIатакха хьовсур ду тхо, тхешан аьттоне а хьаьвсина. Oхa къобал а дина, тIелоцур дац аш йамартлонца хаьржина йуьртан Iедал. Оха хаьржина нах бита йуьртан коьртехь. Нагахь санна хIокху тхан сацамна хьо реза вацахь, тхан йурт а йохае, зударий, бераш а дайа, амма тхо дийна а долуш, хьан салташа йуьрта ког буьллур бац…».

Оцу кехата тIехь коьртаниг гатийуьртахой пачхьалкхан налог схьайала реза хилар дара. Важа дисинарш листа хала хир дац. Гира беза мохь охьабиллича санна, дог паргIатделира полковникан. Амма гатийуьртахой чубаьхкича, цо къайладаьккхира царах шен воккхавер. Хьаьрсачу, нилхачу мекхех бай хьажо пIелг а хьаькхна, хьаьжайукъ а хабийна, царна тIевогIавелира иза.

– XIapa дохьуш даьхкина шу? Массо а йуьрто сан омра кхочушдина, ткъа аш… XIapa хьенан бехк бу? – гатийуьртахойн кехат СаьIадан мера кIел оьхьура цо. – Йуьртан бертаза ас йуьртан коьрте хIиттийча, аш бина дика болх хIара бу? Сан омра кхочушдаран меттана, цунна дуьхьал оцу мезийн тIуьйлигийн ультиматум йохьуш даьхкина шу? Кхин ницкъ боцуш ду шу? Йа кIилло ду? Йа цаьрца бертахь ду? Сан омрин цхьа хьаьрк аш кхочуш ца йеш йитахь, ас шун йурт а йагор йу, йуьртан коьртехь волу шу пхи стаг Сибрех а вохуьйтур ву!

Галаев, шеко йоцуш, къиза а, бекхаме а стаг вара. Амма хьеший, дуьхьал дош ца олуш, шекбоцуш хIиттина лаьттара. Царна дика йевзара полковникан буьрса амалш. Уьш хийца дарба а, цуьнан мела меттигаш а хаьара. Цуьнца гIуллакх тахана дуьххьара ма ца Iоттаделлера церан. Цундела, шен дог Iаббалц иза бага йетта а витина, тIаккха вистхилира оцу кхааннах уггар мекара, дипломатан корматалла йолу совдегар Iабди:

– Хьан оьздалла, баккъал а аьлча, гатийуьртахойн ницкъ бац хьан омра дуьззина кхочушдан. Хьайн омри тIехь ахь тIедожийна ахча вовшахтохалур дац йуьртана, иза кхузза йоьхкича а. Цхьа масех мокхазан топ а, иттех тур а доцург, кхин герз дац йуьртахь. Шаьлта-м xIора боьршачу стагехь йу. Ахь дIавоьхучу веа стагах лаьцна цара йаздинарг а бакъ ду…

– Хьайн ваша царна йукъахь хиларна тIетайна хьо?

– Ца тайна. Шаьш дуьненахь болуш сан да а, вежарий а реза ца хилла Овхьада йуьхьарлаьцначу некъана. ХIинца со а вац. Тхойша, ши мостагI санна, хан токхуш ву. Коьртаниг кхин ду. Тхойшиннан дахаран некъаш тайп-тайпана ду. Иза политик ву, со – совдегар. Наггахь йуьрта вогIий, дукхахьолахь суна ца гуш дIавоьду иза. Хьан оьздалла, тахана Гати-Юьртахь хIоьттина хьал кхераме ду йерриг округана а. Нагахь санна отрядаца хьо йуьрта гIортахь, цигарчу наха луьра дуьхьало йийр йу…

– Ой! ХIинцца ву-кх хьо, цаьргахь масех мокхазан топ йоцург, кхин герз дац бохуш. Сан отрядана дуьхьало стенца йан бохку уьш?

– Тоьпаш цахиларх, дуьхьало йан кхин герз карор ду царна. Масала, шаьлтанаш, шаданаш, дагарш, белаш, хьокхий. Тхуна хиъна, нагахь санна Гати-Юрт гIаттахь, цунна гIоьнна гIовтта луларчу йартийн барт хилар. ТIаккха и ун йерриг а округе даьржар ду. Цуьнан шеко йац. Цул совнаха, тхоьга къайлах хаам кхаьчна, Зеламхин гIеранах дIакхетта тхан йуьртара Сулиманов Хьомсуркъа а, Султахьаьжиев Доша а йарташна таIзарш деш лелачу хьан салташна тIелата обаргийн а, кхечу зуламхойн а йоккха гIера вовшахтухуш ву бохуш…

Полковник цавашаре велавелира.

– Со кхеро гIерта хьо? Оцу сагIадоьхургех кхераваллал кIилло а вац со!

– ХIокху Нохчийчохь массарна а хаьа, хьо кIилло воцийла. Кхерамах а, зуламах а ларвалар кIиллолла йац. ХIокху деношкахь ЧIебарларчу йарташна тIехь ахь динчу луьрачу таIзарша а карзахбаьхна нохчмахкахой. Хьуна нийса дерг ала лаахь, xIapa ахь куьйгалла до округ молханах дуьзначу шелигах тарйелла. Цхьаммо тIе суй кхоссахь, эккха кийчча долчу. И суй Гати-Юрт хиларна кхоьру тхо. Нагахь санна хIокху округехь мятеж хилахь, хьуна бохам хиларна а кхоьру. Гатийуьртахойн ультиматум йохьуш ца даьхкина тхо. ХIоьттина хьал ма-дарра хьуна довзийта а, хьо зенах-зуламах ларван а, хьох дагадовла а даьхкина. Пачхьалкхан налог шаьш дIатокху, боху гатийуьртахоша. ГIуданаш шайна тIе шайн бехк-гуьнахь а доцуш тоьхна, уьш такха реза дац шаьш, боху. Йуьртахь долу герз шадерг дIадала реза бу нах. Ткъа ахь дIавоьху виъ стаг, и йурт сийначу цIарах йагийча а, шаьш дийна а долуш ахь дIавуьгур вац а, боху цара. Ахь мел кхерамаш тийсарх, мел луьра таIзарш дарах шайн карахь долчул совнаха герз схьадала ницкъ бац нехан. Цундела и айхьа йуьртана тоьхна гIуда дIадаккхахьара, йуьртахь долу герз дIаделча, ахь тоам а бахьара, и виъ стаг Iедале дIa а ма вехахьара, xIapa гIуллакх бохаме ца доккхуш дIа а дерзадахьара ахь аьлла, дехаре даьхкина тхо.

Полковникан дагахь дерг доьшуш санна дуьйцура Iабдис. XIapa гIуллакх иштта машаре дерзо шена мел чIогIа лаахь а, сихха резахилла, царна тIеверза а ца лаьара цунна.

– Налог схьа маца ло шун наха?

– Кхана делкъале Ведана-округан казне охьайуьллур йу. Ша долу герз а цига дIадохьур ду оха.

– И шун дош кхочушдийр дуй ткъа йуьртахоша?

– Цхьа а тайпа шеко йоцуш. Цара и дош делча бен, схьа ма ца даьхкина тхо.

– Дика ду. Нагахь санна хIокху бартах шу дохахь, кхана делкъале шайн дош аш кхочуш ца дахь…

– Дийца а ца оьшу, хьан оьздалла, тхо кхеташ ду. Баркалла хьуна!

– Дала дукха вахавойла хьо! – тIетуьйхира Хьуьсас.

Цара ца дийцира полковнике налог а, герз а шаьш иттех стага шайн кисанашкарчу ахчанах токхуш хилар а, гатийуьртахоша шаьш кхерор а.

Полковнике куьйгаш а делла, шаьш арадовлуш, Iабди тIаьхьасецира.

– ХIокху сингаттамо хьал-де хатта меттиг а ца балийти. Доьзал муха бу, могаш буй?

– Далла бу хастам, дика Ia уьш.

– Суна-м цкъа бен ца гина хьан хIусамнана. Iаламат чIогIа гIиллакхехь, оьзда адам ду иза. Цо сайна дина хьошалла ца дицло суна. Соьгара маршалла а ло цуьнга. Дукха хан йоццуш Петарбухе вахча, цунна лерина хIара жима дашо мидал эцнера ас, – кисанара схьадаьккхина, жима бархатан гIутакх дIакховдийра Iабдис. – Ткъа хIокху халчу заманахь доьзална оьшург алсам хуьлу. ХIара совгIат хьайна дIаэцар а доьху хьоьга…

Полковникан кисана, йукъахь ахча а долуш, йовлакхан шад таIийра Iабдис.

– ХIун до ахь, Iабди! Зудчунна совгIат ша ду, ткъа xIapa кхаъ эцар ма ду!

– Уьш вайна йукъа ца догIу, хьан оьздалла. Уьш дийцича, вайн доттагIаллина йукъа херо йогIу. Баркалла хьуна, хьан оьздалла. Дала зенах-зуламах ларвойла хьо! Iодика йойла хьан!

Iабди араваьлча, йовлакхан шад а баьстина, ахча дагардира цо. Иза цкъа а шалха а кагдаза, ши эзар сом дара…

***

ТЕРКАН ОБЛАСТЕРЧУ КЪАЬМНИЙН ДЕПУТАТА

ЭЛЬДАРХАНОВ ТАЬШТАМАРА 1906-чу ШEPAH 23-чу ИЮНЕХЬ

ПАЧХЬАЛКХАН ДУМЕХЬ ДИНА КЪАМЕЛ

«Шодмаш, тоьпаш йетташ, ахархойн кхетам артбан, бен гIертачу маршонехьа кхузаманан боламан чаьлтачийн цIерашна уллохь дуьххьара йаха йолийна Теркан областан ламанхойн цIераш. Церан къеллех, бIаьрзаллех пайда а эцна, Iедало Iехийна, йолах помещикийн бахамаш ларбан, эшамца а, бакъонаш йахарца а, бохамехь а цигарчу шайн вежаршна, къечу ахархошна тIехь суд а, таIзарш а дан Россе бигна нохчий а, хIирий а. Мотта тарло, цара хазахеташ цIий Iенадо, церан халкъийн цIийга сутаралла а йу. И хабарш а, мотт-эладитанаш а харцдарца Пачхьалкхан Думе оха дIахьедо Кавказан ламанхоша машаречу, маьршачу дахаре даим дIа сатуьйсуш хилар а, къайлах а, даррехь а церан цхьана а къомаца мостагIалла а, атталла хIaгI-гамо а цахилар а, шайн кхетам бацарна чаьлтачийн, черносотенцийн и эхье декхарш кхочушдечу оцу цхьакIеззигчу шайн кIенташца маршо йезачу ламанхойн йукъара хIумма а цахилар а. Оха доьху шуьга, оха тIедожадо шуна, ламанхой оцу эхьечу гIуллакх йукъаийзор сацор а, цига дIабигна декъаза нохчий а, хIирий а шаьш бинчу йарташка йухаберзор а…».

***

БИСМИЛЛАХIиР-РОХЬМАНИР-РОХЬИЙМИ!

ПОЛКОВНИКЕ ГАЛАЕВГА

Нагахь санна паччахьан законашна хIуъу дан мега хьуна моттахь, xьaн коьртан хье чуьра хьано кхачийна. Бехк-гуьнахь доцу адамаш хьийзо эхь ца хета хьуна? ХIун бехк бу ахь хьийзочу зударийн, берийн? Дерриг халкъана а, хьуна а хаьа Веданахь хиллачунна бехке хьо цхьаъ хилар.

ХIай хьаькамаш, суьдахой! Аш кхел нийса ца йо. Бехк-гуьнахь доцу зударий, бераш набахтехь латтадо, Сибрех хьийсадо. Стигала довла тIемаш дац шун, лаьттах дола мIapaш йац шун! Йа даим гIопaн пенаш тIехьа левчкъина Iен ойла йу шун? Сан бекхамна кIелхьардевлла даха меттиг ма бац шун!

Со Зеламха ву, халкъ лардеш, халкъан цIарах бекхам оьцуш. Бехкенаш бойуш, бехкебоцурш дийна буьтуш. Законаш цаталхор доьху ас шуьга, законаш цаталхор лоьху ас шуьгара. Ткъа аш, харц тоьшаллаш гулдеш, талхадо уьш. И харцонаш лелорна цкъа дохкодевр ду шу.

Стигала хьалахьаьвсича, хуур ду шуна, иза ницкъ болчу Делан карахь хилар. Аш а боху, Дела ницкъ болуш ву. Амма и ницкъ болу Дела соьгахьа ву. Цо гIo до суна бакъонца бекхам бан, ас мел дийриг Цуьнан лаамца ду. Ша реза верг дан дагадеача, суна гIо до Цо. Ша реза воцург дан суна дагадеача, со дохковоккху Цо. Ас мел дийриг АллахIан дуьхьа ду, АллахI, пайхамар, шариIат доцург, цхьа а паччахь, Iедал, закон къобал ца до ас. Пачхьалкхан хазнера дерриг ахчанах эскарш а гулдина, тIаьхьадовларх, со карор ма вац шуна! Шуна гергахь ву моьттучу хенахь генахь хир ву со, генахь ву моьттучу хенахь уллохь хир ву.

ХIей хьаькамаш! Шу адамаш ма дац, боьха йовсарш ма йу шу! Сан мостагIалла шуьца ма ду. Машаречу оьрсашна зулам ца до ас, бохам ца бо ас. Адамалла дац шуьгахь, акхаройл къиза, стешха, йамарт ду шу.

ХIай полковник! Вай кхоьллинчу Делан дуьхьа, хьо вазвинчу Делан дуьхьа, суна а, халкъана а йуккъехь мостагIалла кхолла ма гIертахьа! Зударий, бераш ма делхадехьа! Айхьа царна дечу таIзарна, церан бохамашна, баланашна царна хьалха со бехке во ахь. Ткъа цара: «Дала хIаллаквойла иза!» – бохуш, сардамашца суна неIалт кхайкхадо. Уьш бехке ма бац. Хьуна дика ма хаьа, со бехке веш айхьа муьлхха а стаг лаьцна, набахти кхоьссича, Сибрех вахийтича а, цуьнан наха соьца мостагIалла лелор дуйла. Тхо хIинццалц машаре, бертахь даьхнера: сайна динчу диканна дуьхьал дика а деш, вонна дуьхьал изза а деш.

АллахI къинхетаме ву, цо ларвойла хIара кехат доьшург!

***

ПОЛКОВНИК ГАЛАЕВ!

Хьоьга тIаьххьарчу хIокху сайн кехата тIехь йаздийриг АллахIан гIоьнца кестта ас кхочушдийриг хиларан цхьа а тайпа шеко йац.

Хьо санна полковник хиллачу Добровольскийна ас динарг дика хаьа хьуна. Ас бехке во хьо:

1. Ахь законаш талхош, адамашна ницкъбарна а;

2. Со бахьана а лоьцуш, ахь данне а бехк-гуьнахь доцу адамаш Сибрех хьийсорна а.

Ас йуха а боху хьоьга, цхьа а тайпа бехк-гуьнахь доцуш айхьа лецна, чубоьхкина нах маршабаха. Ахь уьш марша ца бахахь, гаур, сан бекхамах кIелхьарвер вац хьо. XIappa къамел шега дича, Добровольский ца кхийтира сох, хIинца хьо а ца кхета. Амма ас кхетор ву хьо, гаур. Сан цIарах бехк-гуьнахь доцу адамаш хьоьга дойуьйтур дац ас, гаур. Хьуна ма хаьа, ас эрна дош ца олий. Ас кхочушдо сайн дош.

Нагахь санна со, ГушмацIин Зеламха, дийна висахь, хьайн зудчунна уллора аравала ца ваьхьаш, цIа чохь хьатI оьхуьйтур ду хьан, жIаьла! Хьо кIиллоне, кхахьпане шарбал чохь хьатI оьхуьйтур ду ас, тIаккха, жIаьла санна, вуьйр ву.

Хьуна, со Туркойн махка дIагIур ву, моьтту, боху. ХIан-хIа, кхахьпа, иза хир дац. Шу чагIалкхех ведда, Туркойн махка а вахана, сайна и эхь дийр дац ас. ГIахь а, хьо вийна бен гIyp вац. Ахь лелориг дерриг хууш а, гуш а ву со. Хьо полковник ма вац, хьо нахаца лела кхахьпа ма ду.

Айхьа лецна. бехк-гуьнахь доцу нах маршабаха, тIаккха ас дийна а, маьрша а вуьтур ву хьо. Амма ахь иза ца дахь, йийсаре вигна, къиза вуьйр ву хьо.

Гушмазукаев Зеламха

ХII корта. Бекхам

Iедало халкъана тIехь къизалла латтайора, ткъа обаргаша цунна дуьхьал Iедалах къизаллица бекхам бора.

А. Шерипов

1

Полковник Галаев жерге хьоьжура кхузарчу бахархошка. Цуьнан бIаьргашца хьаьжча, иштта бара нохчий: даьшна кортош а, чоьш хьийзина, хьакхарша хьанйина мажош а, бетан шиний агIорхула охкаделла мекхаш а, цкъа а ца хуьйцуш лело модаша дуьзна духар а долу боьрша нах; ах хьаж дIахьулдеш къевлина йихкина Iаьржа чухтанаш а, коьртех хьарчийна даккхий корталеш а, цхьана агIор йух хьала а оьзна, шарбалан борчах таIийна йеха кучамаш а, хьоркешкахь когаш хабийна шуьйра шарбалш а йолуш, даим гIайгIане, кхоьлина хуьлу зударий а; мерах охкайелла мершаш а, царна хьекхна тIе айр лацаделла куьйгийн тIеш а, кучийн пхьуьйшаш а долу божабераш а. ГIопера араваьлча, урамехь, базарахь, некъахь шена гина массо а нохчо йа обарг, йа обаргийн бартахо, лаххара а – Iедалан мостагI хетара цунна. XIокху нохчех, цаьрца йацахь а, кхеллин хьожа йогIура, уьш гича, дог хьалагIертара.

Полковник ша хIири вара. Хьанна хаьа, ламанца бехаш болу цуьнан хIирий хила мегара цунна шен бIаьргашца гуш болу нохчий санна, бодане, тIелхагбевлла, мезех а буьзна, кхеллин хьожа а йогIуш. Цуьнан ден да а, да а Моздокехь гIалагIазкхашна йуккъехь ваьхнера, церан йоллу бакъонаш а йолуш. XIapa ша а цигахь винера, кхиънера, цунна шайн хIирийн дахар ца девзинера.

Зеламхас Ведана-округан начальник хилла подполковник Добровольский вийча, цуьнан метта схьаваийтинера Галаев. XIapa ламанхойн цIийх а, ламанхойн гIиллакхаш, амалш йевзаш а хиларна. Уггар коьртаниг – хIара къиза а, бекхаме а стаг хиларна. Добровольский цкъа гинера цунна. Цкъа гича, тоьуш дара иза ма-варра вовза. ТIехьаьжча нелах тера, хьекъална аьрта, сутара бIаьргаш. Шен аьтту куьг хиллачу Черновгахула цо йуьртдайшкара кхаьънаш оьцура, и шиъ къуйн а, талорхойн а гIеранашца бертахь вара, цара шаьш йаьккхинчу хIонцах цушинна дакъа дора бохуш, дуьйцура цунах. Хьанна хаьа, Добровольскийна оцу хIонцах тоьлла самг кхочуш хилла хила а тарлора. Мухха делахь а, ша кхузахь округан начальник волуш, Добровольскийс цхьа а обарг а, воккха зуламхо а ца лаьцнера. Амма цхьа кега-мерса бехкаш девллачу мискачу нахах йуьзна хуьлу, бохура, кхузара набахте. Галаевна хетарехь, Зеламха обарг валарна а, иза Iедална бале валарна а бехке Добровольский вара. Хорачан а, МахкатIан а йуьртдайшкахьа а ваьлла, цуьнан доьзал хьийзийна. XIapa дуй баа ваьхьар вара, Добровольскийн а, оцу шина йуьртден а йукъаметтигаш цIена хилла йац аьлла. Черновгахула кхаъ эцна хир бара. ХIумма а кIезиг а ца оьцуш. Амма и шен сутаралла марахйаьлла подполковникна.

Ша малик ду, ца боху Галаевс. Амма кхечаьрца вуьстича, мелла а ша цIена хета. Кхузахь урядникана тIера хьала областан начальникна тIекхаччалц, массо эпсар а, чиновник а кхаьънаш оьцуш, йа нуьцкъах йоккхуш, йа къола деш ву. Царах къеста xIapa чIамара а вац йа малик а дац. Цуьнан а бу доьзал. Зудчунна а, берашна а тIедуха а, когадуха а хазаниг, даа мерзаниг деза. Шина кIанте дешийта а деза. Ша санначеран санна, дика цIенош а деза. Хьанна хаьа, цхьа бехк тIе а кхоьллина, даржах вохийна, йуьстахкхуссур а. Ткъа къаналлех кIелхьара ца волу цхьа а. ТIаккxa сагIадоьхурган хьолехь ваха а, вала а ма ца лаьа цунна. ТIаьхьалонан ойла а йо. Шена ахча мел дукхадезахь а, иза ларло. Шел хьалха хиллачу начальнико санна, массаьргара а мерцхалгаш ца лехьайо. Шa оьцург йоккха оьцу. Шена тешамечу масех стагехула. Царах къаьсттана цунна тешамениг Гати-Юьртара совдегар ХортIаев ву. Хьекъале, цхьогал санна, мекара, амма цунна а, Iедална а тешаме стаг.

Галаев кхузахь кхечу новкъа ваьлла, округана тIехь куьйгалла деш. Тешамечу новкъа. XIapa шен жимачу гарнизонца лаьмнашкахула, хьаннашкахула обаргашна тIаьхьатоллуш ца лела. Обаргийн а, церан зударийн а гергарчу нехан къамкъаргаш шен буйна къевлина. Веданара набахти цкъа а йаьсса ца йуьту цо. Схьа а лоьцуш, нах тIекIел оцу чу теIабо. Кегийчу берашца цхьаьна зударий а. БIe шаре бевлла къенанаш а. Оцу чохь йетташ, ницкъ беш, хьийзабо. Шайн гергара разбойникаш болу меттигаш йийца, уьш Iедале схьало, бохуш. Аш иза ца дахь, ша xIoкху набахтехь дахкор ду, мацалла дойур ду шу, бохуш. Йа ваханарг йуха ца вогIучу Сибрех дIахьовсор ду, бохуш. Шайн зударшца, берашца цхьаьна.

Барта и кхерамаш тийсина ца Ia полковник. И кхерамаш цо къинхетамза кхочушбо. Цул хьалха хиллачу администрацис зуламхой деккъа шайн догIмашца Сибрех бохуьйтура. Шайна тоьхна хан чекх а йоююю…ккхий, йа и чекхйалале бовдий, цIа а богIий, обаргийн, къуйн, талорхойн гIеранех дIакхетара уьш. Оцу уьнна дуьхьал дарба карийна Галаевна. Зуламхо шен берриг а доьзалца Сибрех вохуьйтура цо. Деца-ненаца, зудчуьнца, кегийчу берашца цхьаьна. Цигара ведда, иза цIа ца ваийта. Цаьрца цхьаьна вадалур ма вацара иза. Ткъа шен хан а йаьккхина, цIа веача, зуламхочун хьалхалера барзалла тIепаза йовра. Иза, чуха санна, эсала хуьлура. Доьзалца цхьаьна ша Сибрехь чекхваьлла жоьжахате ца йицлора. Хаьара, шех цхьажимма а бехк баьлча, ша йуха а оцу жоьжахате дIахьажор вуйла. Доьзалца цхьаьна.

Кхечу агIор а болх жигарабаьккхинера Галаевс. XIapa-м цунна дуьххьара дагадеана а, цо дуьххьара деш а дацара. Оьрсийн инарлаша бIешерийн дохалла нохчашлахь лелийнарг, кхиамца зеделларг дара. Массо а йуьртахь къайлах айкхаш бу цуьнан. Айкхаллин мехалле хьаьжжина, царна мах ло цо. Ткъа xIapa нохчий ахчанна сутара бу. Айкхаша разбойник волу, йа вoгIyp волу меттиг йийцича, салташца воьдий, йа цIеххьана гуо бой, йа хьалххе кIело йой, схьалоцу. Иштта схьа а лаьцна, цо ирхъоллийтина Зеламхин гIараваьлла накъост, дишнийн Мехка. Зеламхас чIир кхайкхийна Галаевга. Амма, Добровольский санна, корта боцуш вац иза. Цунна хаьа xIoкху округехь Зеламхас а, цуьнан гIеранах наха а дIа мел йоккху гIулч. Массанхьа а Зеламхина доьгIна борз лоцу гураш ду цуьнан. ХIокху областера Iедал даим дIа кхерамна кIел латтош волу и къармазе разбойник, цо схьа а лаьцна, когех-куьйгех буржалш а тоьхна, Соьлжа-ГIала дIавуьгур волу де гена дац. ТIаккха цуьнан белшаш тIехь инарлин погонаш хир йу. Хьанна хаьа, областан начальникан дарж ца лахь а, цуьнга гIоьртташ лакхара дарж лур ду цуьнга.

Ша дика ойла а йина, округа тIехь куьйгалла дан къастийнчу некъана йуьстахвийла дийзира цуьнан дIадаханчу Iай. Къоланаш а, талораш а, адамаш дайар а ун хилла даьржинера областехь. Къаьсттана Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а. Царалахь а къаьстана – хIокху Ведана-округехь. Кхузарчу кхузткъа йуьрто сацам боллуш дуьхьало йинера Iедална муьтIахь хила. Iедало хIиттийна йуьртдай, къаной, къеданаш дIа а баьхна, шайггара кхин хIиттийра. Пачхьалкхан налогаш, кхиболу текхамаш бан дуьхьало йора. Цхьаццанхьа йуьртдайн канцеляреш йохош, йагош меттигаш хиллера. Пачхьалкхан долара латтанаш дIалецнера, хьаннаш хьоькхура. И зуламаш совцор, пачхьалкхан декхарш такхийтар, герз схьадаккхар, халкъ карзахдаьккхинчарна таIзар дар, округехь низам хIоттор тIедиллинера цунна областан администрацис. ДIадаханчу шеран августехь операци йолийра Галаевс. Амма цуьнан кхиам ца хилира. XIapa шен отрядаца йуьрта вогIийла хиъча, мятежникаш, шайн доьзалшца бовдий, хьаннашкахь къайлабовлура. ТIаккха оцу гIуллакхна исторически зеелла хан къастийра администрацис. Iаьнан уггар шийла хан. ГIа охьадоьжна, хьаннаш йерзина йевлла хан. Бовда а, бевдча, къайлабовла а, къайлабевлча, цхьана дийнахь сарралц а цаьрга сатохалур доцу цIемза, шийла хан.

Ноябрь чекхболуш, шеца гIашсалтий, гIалагIазкхийн дошлой, ламанан артиллери йолуш, ЧIебарларчу йарташна таIзар долийра цо. И боккха тIеман ницкъ шайна тIететтича а, цара дуьхьало йора Iедална муьтIахь хила. Къаьсттана карзахйевллера МакIажа, Нижала, Хой, Нохчкела, кхин масех йурт а. Амма Галаевс царна марахйаьккхира церан къармазалла. Герз, налогаш, контрибуци охьайахкийтира. Масех бIе стаг, лаьцна, набахти кхоьссира, тIаккха дукхахберш Сибрех бахийтира. Пачхьалкхан такхамаш бан ницкъ боцчу бахархойн керташкара даьхни, йийбарш дIайаьхьира нуй хьаьккхина. Коьртачу питанчийн цIенош дагийра. Салташа а, гIалагIазкхаша а, талораш деш, дIалахьийра жимма а мехала йолу массо а хIyмa. ТIаккха дIатийра и йарташ. Галаевна дика йевзинера хIокху нохчийн амалш. Шайна дуьхьало ца йича, цкъа хецабелча, хьере хьайбанаш санна, карзахбовлу xIоpш, амма ницкъ гича, атта кхерало. ХIокхеран тIаьхьенашна а дагахь йуьсур йу цуьнан буьрса цIе!

Кхузара нохчий ца безахь а, амма Iалам дукхадезара Галаевна. Даим дIа тIехь ло хуьлу ира баххьаш мархех чекхдаьхна лаьтта Веданна къилбехьара лекха лаьмнаш а, церан когашкахь, даккъашца, раьгIнашца йолу къена хьаннаш а, Iаьржа бос бетталуш сирла, шийла, чехка Хулхуло а. Цаьрга хьежа ваьлча, цунна бицло шена гонаха хаддаза лаьтта кхерам, шега мостагIаллица хьуьйсу кхузара адамаш а. XIоpa дийнахь, Iуьйранна ша балха вахале, гIопан бешарчу чуьйнан когаш долчу дехачу гIанта охьа а хуий, цигаьрка а уьйзуш, ца Iебаш цу исбаьхьачу Iаламе хьоьжу Галаев. Бес-бесарчу зазанийн хьожано дуьзначу цIенчу хIавао цхьа тамашийна дарбане там бо цуьнан дагна. Кхузахь ша цхьана масех шарна къонлуш санна хета цунна.

Кхузахь цхьа а тайпа кхерам бац цунна. ХIокху aгIop бешана гонаха тIулгийн лекха пен бу. Цунна дехьа aгIop – лекха берд. Оцу берда кIел кIорга боьра бу. Цул дехьа – шуьйра, йаьсса Хулхулон тогIи. ХIокху агIор тIевогIу стаг цкъа оцу тогIех чекхвала веза. ТIаккха кIоргачу боьран цхьана агIонах чу а воьссина, вукху агIонца хьалавала веза. Ткъа и берд, ког гIорто а, куьг таса а меттиг боцуш, нийсса ирх, шера, лекха бу. Цхьанна а ца гуш, пенна тIекхаьчча а, лами хIоттийна, йа пена тIехь волчо муш кховдийна ца ваьккхича, хьалавалалур вац. Ткъа Галаевс садоIучу хенахь и пен а, боьра а тогIи а сема ларъеш салтий хуьлу. ХIаваэхула тIомаваьлла вогIург а, топ тоьхна, чувожор волуш.

2

ХIокху кIелонехь Зеламха хиъна Iен ши сахьт сов хан йу. Цунна хаьара, догIа догIуш, цIемза де ца хилча, хIора Iуьйранна бархI сахьт долуш, гIопан бешарчу гIанта тIехь Галаев садоIуш хуьлий. Цкъа хьалха шиний aгIop лаьттачу моан дитташна йуккъехула дIа болчу гIашлойн новкъа мосазза а дIасавоьдура иза, наггахь чаболахь воьдура. ТIаккха, цигаьрка а уьйзуш, цхьана сохьтехь оцу гIанта хуий а Iай, шен канцеляри дIавоьдура.

Малх кхеттачул тIаьхьа кхуза веача а тарлора Зеламхин. Йуькъачу хьуьнхахь адамаш ца хуьлура. Амма ларвалар эрна хир дац. Хьанна хаьа, дечиге йа талла веанчунна тIенислахь а. Адамех-м xьoвxa, акхаройх а, олхазарех а тешам байнера цуьнан. Цундела, сатоссучу хенахь Iуьйран ламаз а дина, атталла гIашлойн некъашна а йуьстах вуьйлуш, хьун йуькъа йолчухула кхуза веанера иза.

Кхузара дIа шера го гIап а, беш а, гIант а. Зеламхина дика йевза йерриг гIап а, канцеляри а, набахти а. ЗеламхагIеран доьзал чекхбаьлла оцу набахти чухула. Иза ша а, ГушмацIа, Хаси, Солтамурд, Iелаха, Iизраил, Беци, Зезаг а. Жима Муслимат а.

ХIокху масех шарахь Зеламхина цхьана минотана а ца дицделла Чорнис шена тоьхна тIара. Цо жимачу Муслиматца цхьаьна Бецига набахтехь йаккхийтина кхо бутт хан а. Шен къеначу ден ден БIаьхон Добровольскийс озийна маж а. Шайн доьзал цара йуьртах баккхар а. ХIинца йаьсса йу церан ков-керт. Гонахара керташ, ширйелла, йахкайелла, охьахирцина. ЦIенойн неI-кор а хьостамашца дIакъевлина. Тховх хьалаболуш кIур а бац. Кертара арадолуш бежана а, газа-уьстагI а дац. ЖIаьла лета а, нIаьнеш кхойкху а ца хеза. Кешнаш санна, тийна, шийла, гIайгIане йу церан керт-ков.

Добровольскийх бекхам эцна цо. Амма шена дагахь боккха дагахьбаллам а буьсуш. Добровольскийца цхьаьна гIoпepa цхьа хьаькам а, масех салти а вийра. Иза цуьнан лаамза хилира. Салтий шена тIе тоьпаш йетта боьлча. Салтий байа-м цхьа бахьана а дара. Оцу дийнахь Добровольскийца цхьаьна тачанки тIехь хилла эгIашбатойн СаркагIеран кIант а велира цуьнан карах. Йалхитта-вуьрхIитта шо долуш жима кIант ма вара иза. Соьлжа-ГIаларчу оьрсийн ишколехь доьшуш. Зеламхина бевзаш ма бара СаркагIеран доьзал. Иза оьзда доьзал ма бу. ЗеламхагIарна а, царна а йуккъехь, мостагIалла-м хьехор а дацара, атталла цхьа а тайпа xьaгI-гамо а йацара. Мелхо а, оцу кIентан воккхахволу ваша ИбрахIим-бек хIокхуьнан хьаша а ма вара. Лаккхара оьрсийн дешар а дешна, хьекъале, оьзда стаг ма ву иза. Зеламха санна, хIокху Iедална дуьхьал обарг ваьлла лелаш вацахь а, иза бIаьрга дан ца дезаш. Шен халкъах дог лозуш а, цуьнгахьа гIo доккхуш а, цуьнгара гIайгIа-бала шен ницкъ ма-кхоччу байбан гIерташ а ву. Шен ницкъ ма-кхоччу хIокху Iедалан харцонашна дуьхьал къуьйсуш а ву. Зеламхин де доьхначу хенахь цунна дукха гIо дина стаг а ву иза. Зеламхина цкъа а ца вицло лаамза шен карах велла и жима кIант. Сих-сиха гIенах а дуьхьалхIуьтту…

Зеламхин лаамза дуккха а мостагIаллаш тIеэгна цунна. Кхин тIе ца хилча а, ЭлсангIарца дерг а тоьар ма дара царна. ЧIир дуьхь-дуьхьал нисйеллачул тIаьхьа а царах стаг вийна. Цул совнаха, цхьа ладам боцчу хIуманна тIехула царах цхьа зуда а йийна. Цхьана дийнахь ГушмацIа а, Зеламха а, Солтамурд а Хорача цIа богIуш, шайн кха тIехь асар деш болчу ЭлсангIеран зударшна тIенисбелира хIорш. ГушмацIа тIаьхьависина вогIуш вара, хIара шиъ хьалха тIекхечира. ХIорш уллохула тIехбовлуш, сардамаш доьхуш, теза-маьттаза багош лейан буьйлира зударий. ТIаккха хIокхарна тIе тIулгаш кхийса а буьйлира. Хаза аларх а уьш ца севцча, вист ца хуьлуш хIара шиъ дIаволавелча, ГушмацIа тIекхечира. Собар доцчу, цIий сихачу ГушмацIас зударшна йукъа тоьхна топ а кхетта, цхьаъ йелира. Топ йолуш а хезна, ЭлсангIарах кхо стаг, герз а карахь, оцу тIе кхечира. Вовшашна герз детташ, оцу кхаанна чевнаш йира ЗеламхагIара, хIокхарах цхьаннах а цIий а ца делира. Цул тIаьхьа дукха хан йалале къена Хьамза вийра ЭлсангIара.

И цхьаболу бохамаш ГушмацIин дералла а, сихалла а бахьана долуш хиллера церан доьзална. ХушуллагIаьрца дерг а, захало а деш, машарца дерзо гIоьртира Зеламха. Амма ГушмацIа карзахвелира. Цара вайна эхь дина, Зезаг нуьцкъах схьа а йаьккхина, цIa ца йалайахь, вайна тIехтохам хир бу аьлла, шеца хIорш а буьгуш, ЭлсангIеран керта иккхира.

ХIинца кхо мостагIалла ду царна тIехь. ЭлсангIеран а, эгIашбатойн а, дукха хан йоццуш беношца хилла а…

3

ЧIогIа Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, цIенчу даггара Далла Iамал йеш а вара Зеламха. Шена хууш, Дала бусалба адамашна хьарам динчу, къилахь леринчу гIуллакхех а, гIиллакхех а чIогIа ларлуш а вара. Шайн доьзална хиллачу бохамашна йуьхьанца бехке бора цо захалонна йукъагIоьртина нах а, Iедал а. Амма оцу хьокъехь Соип-Моллица шен къамел хиллачул тIаьхьа, цхьадолу бехкаш шариIатан некъашна тIера ваьлла леллачу шен хиларна къера а вара, ша динчу дуккха а гIуллакхашна дохко а ваьллера иза. Деле шена гечдар а доьхура цо хIора шен ламаз тIехь.

Амма хилларш а, лелларш а, иза дохковийларх, цунна лаарх, йуха нислур доцуш, дIадевллера. Машаречу дахарна тIе цунна йуханехьа некъ ца битинера Iедало а, мостагIаша а. Таллархоша тIаьхьа жIаьлеш а даьхна, бIарздина хьийзо экха санна, доьзалца цхьаьна лаьмнашкахула, хьаннашкахула ведда лелачу цуьнан, харц-нийсо а ца къестош, ша а, шен доьзал а ларбан дезара. МостагIийн гонна йуккъе, кIелонна тIенисвелча, шена схьатоьхча, дIатоха а, ша ца вейта дуьхьалонча вен а дезара. Цуьнан гихь болу беза мохь, де-дийне мел дели, байлуш бацара, базлуш бара, ницкъ тIекхеташ бацара, оьшуш бара.

Цуьнан доьзалан цIа-цIе а, керт-ков а, кIелхIотта тхов а бац. Генна цхьана йуьртахь, кIотарахь, нехан хIусамехь, йа жаIушца ши-кхо буьйса йаьккхича, кхечухьа кхалха дезара цуьнан. Ша а, шен доьзал а бахьана долуш оцу нахана бохам ца хилийта. Даа а, тIедуха а, когадуха а латтош, доьзал кхаба а безара. ХIорш къайлах тIебуьссурш а ма бара шайн доьзалш халла хене баха гIерташ, цхьа къен-миска нах. XIapa бахьана долуш тIера дай лецна, Сибрех бахийтина, рицкъа латто верасаш боцуш, бисина доьзалш а ма бара. Зеламхина а, цуьнан накъосташна а герз, тIедуха, когадуха, даа рицкъа а ма дезара. Цуьнан накъостийн а ма бара доьзалш. Оцу дерригенна а ахча дезара. Дехча, лурдолчеран ахча дацара, ткъа и долчара, шайга дехча, лур а дацара. Цундела и ахча долчаьргара нуьцкъах схьадаккха дезачу хьолехь хуьлура уьш.

Оцу берриг а эшамашна тIе кхин цхьа гIайгIа а йара Зеламхехь. Цунна кIордийнера xIapa акха, кхераме дахар. Амма хIокху махкахь шена маршо а, синтем а хирг хиларх дог диллинера цо. Кхузара дIa а ваьлла, доьзалшца цхьаьна Хонкара ваха сатуьйсура цо. Дуккха а ойланаш йинчул тIaьxьa, эххар а некъана кечам бан вуьйлира. Цуьнан хьешаша – ШерипагIеран а, МутушагIеран а кIенташа – тIелецира цхьана гIумкин элан цIарах БуритIахь цунна паспорт даккха. Бакохарчу цхьана гIажарийн лоьро хIорш дозанал дехьа а баьхна, Иране а бигна, шена вевзачу туркочуьнга Хонкара дIабигийта тIелецира. Амма некъана а, Хонкара дIакхаьчча цигахь дIатарбала а ахча цахиларо дохийра цо дагалаьцнарг.

И шен дагалаьцнарг хIетахь, ахчанна тIе а гIоьртина, кхочуш цахиларх тIаьхьа воккхавера иза.

Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча, гIалгIайн Саламбека оьздда бехк боккхуш къамел дира цуьнга. Зеламхин уггар тешаме, майра, оьзда, доьналле накъост вара Саламбек.

– Зеламха, итт шо гергга хан йу вайша цхьаьна волу. XIopa дийнахь, xIopa сохьтехь, xIopa минотехь цхьаьний Iожаллица къуьйсуш. Сайн вешел а хьо сайна тешаме а хетара суна, иштта хьуна со хета а, моьттура. Вайшинна йуккъехь цхьа а къайле хир йац а, моьттура. Хьо майра, оьзда, тешаме, доьналле къонах ву. Амма ахь цхьа гIaлат далийтина суна а, накъосташна а хьалха. Тхуна а ца хоуьйтуш, хьайн доьзалца къайллах Хонкара ваха кечлуш хиллера хьо. Хьан зуда а, жима пхи бер дуйла а, вийначу вешин зуда а, жима кIант дуйла а, хаьа суна. Хьо воцург церан дола дан шун цIийнах воккха боьрша стаг воцийла а, хаьа. И зударий а, бераш а, цIа-цIe доцуш, сагIадоьхургаш санна, бевлла лелаш буйла а хаьа. Iедалан карабахча, уьш Сибрех бохуьйтур буйла а, хаьа. Уьш бахьана долуш, хьоьгахь боккха бала буйла а, хаьа. Хьайн са дадийна Хонкара ваха гIерташ хьо ца хиллийла а, хаьа, и зударий а, бераш а кIелхьардаха гIерташ хиллийла а, хаьа. Амма айхьа дагалаьцнарг тхоьга цахаийтар доккха гIалат дара хьан. Тхо даим хьоьца ма дара, хьуна уллохь xIopa дийнахь Iожаллина хьалха хIуьттуш. Хьо санна, Iедалан карадахча, тхо а дойур ма ду къинхетамза. Хьан санна, тхан а ма бу доьзалш, тхуна а безаш, тхо а дезаш. Хьайн аьтто нисбеллехь, тхо дIа а тийсина, ведда Хонкара ваха воллуш хиллерий-те хьо?

Зеламха бехказвала гIоьртира.

– Ахь ма-аллара, Саламбек, сан йаьIни тIехь сан зуда а, пхи бер а, вешин зуда а, цуьнан жима кIант а ду. Тхан цIийнах дийна висина боьрша стаг веккъа цхьа дейтта шо хенара Бийсолта ву. Иза бер ду. Да а, ден вежарий а, вежарий а, шичой а байъина. Хонкара дIаваха сайн аьтто хиллехь а, со цигахь Iийр вацара. Доьзал дIа а тарбина, шуна тIе йухавогIур вара. Дуьненахь айса йаккха йисинчу хенахь шуьца халонаш лан а, Iожалла тIеэца а…

– Иштта тхоьга ала ма дезара ахь, Зеламха.

– Айса дагалаьцнарг кхочушхилахь эр ду бохуш, Iийнера…

– Хьайна иза дага ма-деъанехь ала дезара. Ледарло йалийтина ахь.

Шен дахарехь оцу дийнахь санна йуьхьIаьржа ца хIоьттинера Зеламха. Цул тIаьхьа Саламбекана йуьхь-духьал хьажа ца хIуттуш лийлира иза йеххачу хенахь. И къамел хиллачул тIаьхьа Хонкарах дог диллира цо. Дог диллира маршонах а, машаречу дахарх а. Амма валлалц ваха везара. Доьзал кхаба а безара. Цо а, цуьнан накъосташа а. Цундела цара некъахой а, туьканаш а, пачхьалкхан почта а, банкаш а талайора. Амма оцу тIехь даим а ца хуьлура кхиамаш. Цара совцийначу нахехь, почтехь, банкехь ахча кIезиг йа данне а доцуш меттигаш нислора дукхахьолахь.

Зеламхас ахча даккха кхин некъаш лоьхура.

4

Хьалха заманахь луларчу халкъашца тIом болуш йийсаре лецна нах а, йа машаречу хенахь лачкъабой амалтана нах а балош меттигаш хилла нохчийн. Уьш цхьаберш дуьхьалончо йийсаре бигначу шайн нахаца хуьйцура нохчаша, хьолахойн цIийнах берш, дуккха а мах боккхуш, болчаьрга дIалора, шайна ахча а делла, дIаэца хьал долуш нах боцурш лоллехь совцабора.

Мескатхойн Мохьмада ахчанах йуха дIавохка гуьржийн эла амалтана валорах лаьцна цхьа дийцар доцург, хьалха заманахь леллачу оцу гIиллакхах лаьцна кхин хIумма а дац халкъан барта кхоллараллехь дуьйцуш. Амма тIаьхьа, Россица нохчийн тIом болуш, и тайпа гIуллакхаш дуккха а лелла. 1802-чу шеран 27-чу сентябрехь гIалагIазкхийн Порабочевски станицана тIелеттачу Таймин Бийболата йийсаре валийра тIаьхьа инарла хилла полковник Дельпоццо. Иза маьршавоккхург вopхI ворда детин ахча дийхира Бийболата. Полковникан гергарчеран оццул ахча гулдан таро а ца хилла, Россехь лотерейш а йаржийна, гулдинчу ахчанах 1804-чу шарахь дIавигира полковник. Цул тIаьхьа, Шемалан заманахь, оьрсийн эпсарш-дворянаш йийсаре а лоьцуш, церан гергарчаьргара дуккха а ахча а доккхуш, дIахоьцуш меттигаш дуккха а хилла.

Уьш цхьадерш, Сиржа-Эвларчу Жамаьлдин кIанта Заурбека дуьйцуш, хезнера Зеламхина. Дуккха а ойланаш йинчул тIаьхьа, оцу некъашца ахча даккха сацам хилира цуьнан. Дуьххьара цо амалтана валийра некъийн инженер Турченко. Цунна тIехь Зеламхин ойла сацаран шатайпа бахьана дара. Инженеро къинхетамза талабора некъаш дохуш а, тодеш а белхаш беш болу йоза-дешар ца хуу бодане, миска нохчий. Оцу тIехь Турченкос шена доккха хьал IаIийнийла, хаьара Зеламхина. Белхаш бечу нохчаша аьрзнаш дора Iедале, амма уьш цхьаммо а ца толлуш, жоп доцуш дуьсура. Зеламхас, новкъахь дуьхьал а ваьлла, ахча ло, ца лахь, ша вуьйр ву хьо аьлла, кхерам тесира цунна. Турченкон доьзал бацара. Шен карахь цхьа кепек а ахча дац, иза гIопехь ду, Зеламха цига дIавагIахь, ша ахча лур ду, элира Турченкос. Зеламха резахилира. Буьйсанна хIара дIавогIур волу хан билгал а йира. Шаьшшиммо бина барт къайлехь латтор инженере тIе а лацийтира. Амма Турченкос, ша гIопе вирзича, и барт дIа а бийцина, Зеламха лаца кечам байтира. Зеламха ша цхьаъ ца веара цига, накъосташца веара. Турченкос орца олуш мохь хьаькхира. ОьгIазваханчу Зеламхас иза вийра. ГIеххьачул кхийсарш а йина, ахча а доцуш, гIопера арабевлира уьш.

Хаси-Юьртана шовзткъа чаккхарма лахахь, гIумкийн элийн хиллачу махка тIехь, вехаш вара хьалдолу жан долахо Месяцев Архип. Оцу оьрсичун, масех эзар уьстагIал совнаха, дуккха а ахча ду бохуш, хезнера Зеламхина. Аьхкенан цхьана буса, шена а, шен накъосташна а тIе гIалагIазкхийн тIеман духар а дуьйхина, вахана, цуьнан хIусамехь Месяцев лецира цо. 15 эзар сом ахча тIаьхьа даийтахь, цуьнан майра могаш-таза цIа воуьйтур ву, ца даийтахь, вуьйр ву, элира Месяцевн зудчуьнга. Месяцевца цхьаьна цуьнан йиъ говр а йигира цара. ХIорш гена бовлале меттигерчу гIалагIазкхийн а, милицин а орца даьккхира царна тIаьхьа. Амма орца тIенисделлачу кхузарчу йарташкарчу бахархоша хIорш ца баханчу aгIop дIахьажадора иза.

Иштта, кхин некъахьовзам ца хуьлуш, Нохчмахка, бенойн махка, кхечира хIорш. Кхузахь Буццу цIе йолуш цхьа cтаг коьртехь бенойн йоккха тоба дуьхьалйелира царна. ЗеламхагIар шекбевлира царах. Хьанна хаьара, Хаси-Юьртан округан начальнико Ведана хаам а бина, цигара схьа и беной дуьхьалбаьхнехь а. Амма Буццус хIорш тешийра, шаьш дов даккха а, лата а ца даьхкина, шена Зеламхица къамел дан лаьа аьлла. Шиний агIорхьарнаш цхьаьнакхетта, йукъаийча, тешнабехкаца цIеххьана тоьпаш а тоьхна, беноша Солтамурд а, кхо гIалгIа а вожийра, ткъа зоьрталчу, бугIа санна ондачу Буццус тIекхетта, шен андийчу пхьаьрсашца Зеламха маракъевлира. Шайна йетта йолийча, беной дIабевдира, ткъа Зеламхин накъостий, хIара шиъ вовшех хьерчачохь а витина, шайца йийсархо а вуьгуш, царна тIаьхьабевлира. Буццу а, Зеламха а, вовшех хьерчаш, керчаш, басех охьа кIоргачу боьра вахара, хIетта кхуза кхаьчна ГушмацIа, xIapa шиъ а ца гуш, герзаш дуьйлучу aгIop дIахьаьдира.

Дукхазза а Iожаллина дуьхьал хIиттинера Зеламха. Ша цхьаъ а, накъосташца а. Ша цхьаъ бIе мостагIчунна дуьхьал хIоьттича а, кхеравалар хIун ду а, ца хиънера цунна. Ша царна тIехь толам а баьккхина, кIелхьарвериг хиларх а тешара. Амма оцу Буццина дуьхьал ша цхьаъ леташ, шен сих дог диллира цо. Туьйранахь вуьйцу наьрт санна, онда а, къиза а, мекара а вара иза. Зеламхин лергаш, мара, караеана массо а меже ийзош, хьийзайора. БIаьргаш даха гIертара. Барзо санна, логах, йуьхьах цергаш туьйсура. Амма дегIана зоьрталчу Буццел каде вара Зеламха. Берриг а ницкъ тIегулбина, шен дахарехьа къуьйсура цо. Шен сих тIаьххьара а дог диллинчу секундашкахь цуьнан аьтто нисбелира, ираллаш йолчуьра схьалаьцна, шен буйнарчу шаьлтанца Буццин логах чов йан. Оцу жимачу чевнах Iожалла хилира зоьрталчу Буццин.

ПхоьалгIачу дийнахь шен накъосташна тIаьхьакхиира Зеламха. Саламбек, Аюб, Абубакар, Зокку, ТIуьйраг, СаIид, кхиболу накъостий а, цаьрца Месяцев а карийра цунна Бумтана гена йоццуш цхьана кIотарахь. Амма ГушмацIа а, Солтамурд а, кхо гIалгIа а вацара. Беноша байъинера уьш. ХIокхара кхо бено а вийнера. Буццу а, БopгIa а, Хьамзат а. И пхийтта эзар сом бахьана долуш, бархI стаг вийнера. Царна йукъахь Зеламхин да а, ваша а. Беношца мостагIалла тIе а деанера. ХIинца беношна тIехь ши цIий дисина бекхам эца безаш. Иза декха деза Зеламхин, ша къонах велахь. Ца декхахь, нахана иза стаг а хетар вац. Цунах а тешна, цхьа а стаг цунна тIаьхьа а хIуттур вац. Оцу дийнан ойла йича, цхьа маслаIат хуьлу Зеламхина. Цунна бехке xIopш бацара, беной бара. ЗеламхагIеран цаьрца мостагIалла а, атталла цхьа а тайпа хьагI-гамо а йацара. ХIокхарна дуьхьалбевлларш а, дов долийнарш а, тешнабехкаца хIокхарех пхи стаг вийнарш а беной бара. Шайн пурстоьпо, оьрсичо, иракара а хIиттийна, хIокхарна дуьхьалбаьхна. ТIаккха вийнера хIокхара церан кхо стаг. Цунах шена маслаIат дора Зеламхас. Амма гIаддайна маслаIат дара иза. Цунна ца оьшура керл-керла мостагIаллаш. Уьш ца хилча а, Iедалца дерг а тоьура цунна логгелц.

Шайна хилла бохам тидаме а эцна, Месяцевх берхIитта эзар сом даьккхира Зеламхас. Амма оцу ахчанах хайра ца хилира. Иза бахьана долуш да а, ваша а, кхо накъост а вийра цуьнан.

Иза хеназа къанлуш ву. Дог а кIадделла. Шa байъинчеран а, ша бахьана долуш байъинчеран а, бохамаш хиллачеран а дукха ойланаш йо цо. Къаьсттана дукха дагахь лаьтта Къеди-Юьртан станцехь шаьш вийна вуьрхIитта стаг.

1905-чу шеран 10-чу октябрехь, кIирандийнахь, Соьлжа-ГIаларчу базарахь цхьа ладам боцчу гIуллакхна тIехула оьрсийн а, нохчийн а дов даьллера. Оцу девнехь цхьа оьрси вийнера. И дов, кхин доккха зулам ца хуьлуш, дIадоьрзур дара, Iедало дерза дитинехьара. Полковник Попов коьртехь а волуш, цига йеанчу Ширвански полко базарарчу нохчашна, карара массо а хIума схьа а доккхуш, йиттира, вуьрхIитта нохчо вийра, дукханна а чевнаш йира.

Цул тIаьхьа нийсса ворхI де даьлча, 17-чу октябрехь, кIирандийнахь, Къеди-Юьрта станцина уллохь пассажирийн цIерпошт а сацийна, цкъа хьалха пассажираш а талийна, тIаккха вуьрхIитта стаг охьа а воссийна, тоьпаш тоьхна, уьш байъира Зеламхас.

ХIинца тIаьхь-тIаьхьа цуьнан ойла йора Зеламхас. Соьлжа-ГIалахь базарахь йинчу акхараллина бехке Iедал ма дара. Нохчашна йиттина а, уьш талийна а, байъина а полковник а, салтий а. Ткъа Зеламхас, оцу нохчийн чIир йоькхуш, машаре вуьрхIитта оьрси вийра. Цкъа а герз каралаьцна а воцу. Цкъа а нохчашна новкъарло йина а воцу. Шайн доьзалшна тIе цIа воьдуш волу вуьрхIитта стаг… Баккъал а ша нийсо йан гIерташ хиллехь, бехкечарех бекхам эца гIерташ хиллехь, оцу базарахь акхаралла лелийна полковник а, цуьнан салтий а байа ма безара цо…

Зеламхин гергарчеран доьзалш, лоьцуш, Сибрех хьийсабо. Царах а дог лозу. Цуьнан гергарчу цхьана зудчо догIанах йоьлхуш дехар дира цуьнга, хьо бахьана долуш бехк-гуьнахь а доцу зударий, бераш, къенанаш ма хьийзабайтахьара ахь. Хьо даим а Iедалах ведда лелла вер ма вац. Айхьа хIинццалц лелийначунна хьо дохковаьллера, хьайх къинхетам бахьара, хьо бахьана долуш бехк-гуьнахь доцуш адамаш ма хьийзадахьара алий, Iедална карагIохьа бохуш. Зеламхас цуьнан ойла йо дукха хан йара. Ша лелочух воккхавеш иза а ма вацара. Амма иза ца тешара Iедало шена маршо лур йу, шех къинхетам бийр бу бохучух. ХIетте а, оцу зудчо и балхам бинчул тIаьхьа, областан начальнике, инарла Михеевга дехаран кехат йаздира цо. Оцу дехарна дуьхьал жоп Зеламхе ца даийтира, газета тIе зорба туьйхира. Иза Аюба дийшира Зеламхина.

«ТЕРЕК» ГАЗЕТО ЙАЗДОРА:

«Масех де хьалха гIараваьллачу обаргера Зеламхера Iаьрбийн маттахь йаздина кехат деана ханна инарла-губернаторе, инарла-лейтенанте Михеевга.

Шен лаамехь Iедалан караваха шена лаар хаийтарца цхьаьна, Зеламхас шен кехат тIехь йаздо, ша обарг валарна бехке округан администрацин цхьаболу хьаькамаш а, гобаьккхина лело харцонаш а, йамартлонаш а, къизаллаш а хилар. Цуьнца цхьаьна цо инарла Михеевга доьху хIокху шен кехате иза нийсонца хьажар а, шена гечдеш, къинхетамбарца, маршо йалар а.

Оцу кехатана жоп луш, Нальчикски йоцчу, областерчу йерриг а округийн начальникашна инарла Михеевс хIара чулацам болуш циркуляци йахьийтина:

«Обарг Гушмазукаев Зеламхера соьга кехат деана, оцу кехат тIехь цо дуьйцу ша обарг валаран бахьанаш, уьш нийсонан некъашца таллар а, къастор а, ша дуьйцучу бакъдолчарех тешар а, «Делан а, паччахьан а дуьхьа» шех къинхетам бар а доьху цо.

Зеламхин кехат ас дешна хилар а, цунна ас луш долу хIара жоп а массо а йартийн маьждигашкахь бахархошка дIакхайкхор молланашна а, къеданашна а тIедуьллу ас.

…Зеламхас ца дийцича а, хаьа суна, цхьаццанхьа паччахьан гIуллакхашка законаш ца лоруш а, уьш талхош а цIена боцу нах нислуш хилар. Суна дика хаьа, оцу наха Iедалан гIуллакхашна доккха зулам деш а, бахархой Iедалах тешамза бохуш а хилар, оцу зуламхошца къинхетамза къийсам латто безаш хилар. Амма Зеламхас хIунда дуьйцу царах лаьцна, иза ша ма ву обарг валарца уггар хьалха законна дуьхьал гIеттинарг, ша буьйцучу нахачул алсам закон талхийнарг а.

Закон талхийначарна, зуламхошна таIзар Зеламхас схьалаьцначу некъашца ца до, уьш законехь жоьпе озабо, царна законаца нийса догIу таIзар до. Ишттачу нахана ницкъ беш а, уьш бойуш а, Зеламхас шеггара кхел а йеш, таIзарш дар Дала а, пачхьалкхо а, адамаллин гIиллакхаша а магош дац. Областехь закон а, низам а лардан декхар волчу ас Зеламхе дIахоуьйту, Далла а, пачхьалкхана а хьалха иза yггap воккха закон талхорхо а, зуламхо а айса лоруш хилар а, цо динчу зуламашна цунна уггар луьрачу таIзарца бекхам богIуш хилар а.

Шех къинхетам бар цо дехарх лаьцна аьлча, цкъа-делахь, иза дан сан бакъо йац. Иза сан карахь дац. Цунах къинхетам бар паччахьан карахь ду. ШoлгIa-делахь, со инзаре чIогIа цецвуьйлу Зеламхас шена къинхетам бехарх.

Со закон талхорна цо тIетоьттуш хилча, цуьнан законе лерам мичахь бу, вуьшта аьлча, законаца цунна кхел йан декхар волчу соьга, закон а талхош, шех къинхетам баре а хIунда кхойкху иза?

Законо тидаме оьцур ду цуьнан цIенчу даггара дохковалар, амма кхечарна шеггара кхел йан а, таIзар дан а, бекхам эца а къонахалла хиллачу цуьнан суьдана хьалха хIотта а, шена догIу таIзар тIеэца а къонахалла хила йеза».

Шина а куьйга къевллина корта схьа а лаьцна, лаьттан бIаьра а вогIавелла, Аюба дуьйцучуьнга лерина ла а доьгIна, доккха садаьIира Зеламхас.

– Айса лелийначунна со дохковаларх а, ас гора а воьжна, лаьттах корта а бетташ, дехарш дарх а, суна гечдан а, сох къинхетам бан а, суна маршо йала а ойла йац, Аюб, оцу хьаькамийн. Царна вай дохкодовлар ца оьшу, вайн синош, вайн кортош оьшу. Амма иза хир дац, вайна чохь синош а долуш. Цундела, ваьш дийна мел ду, уьш бойур бу вай. И газет соьга схьалол, Аюб.

Газет, деалха а тоьхна, шен чета доьллира Зеламхас…

5

Добровольскийх бекхам эцна цо. Чорний тIаьхьенга теттина. Цул хьалха цо бекхам эца безарг кхин ву. ХIинца округан начальник волу Галаев. Чорнис тIара тоьхна Зеламхина. Бецига жимачу Муслиматца набахтехь кхо бутт хан а йаккхийтина. Добровольскийс къеначу БIаьхон маж озийна. ЭлсангIаргахьа а, хорачойн, махкатIхойн йуьртдайшкахьа а ваьлла, миска Хаси набахтехь а латтийна. Добровольскийс дуккха а бохамаш бина Зеламхина. ХIетте а хIокху хIиричун къизаллица вуьстича, и Добровольский-м малик хиллера.

Добровольскийс, зударий, бераш, къенанаш лоьцуш, Сибрех ца бохуьйтура. ГушмацIин, Зеламхин, церан вежарийн зударшкахула болу гергара нах а ца хьийзабора. Ткъа Галаевс уьш бIарзбина. Зеламха а, цуьнан накъостий а болу меттигаш йийца, уьш Iедале схьало бохуш. Шайна лиъча а, цара муха ло хIорш Iедале? Схьа а лоьцуш, Сибрех дIахьийсабо. Цигахь ша йаьккхина кIеззиг хан а тоьъна Зеламхина, иза йовза. Гобаьккхина хьаннаш. Масех дийнахь некъ барх, йурт-м хьовха, атталла адам а ца гуш. Тесначу туйнах ша а беш шело. Мацалла, цамгарш. ХIокху бовхачу махкахь виначунна, къиъначунна хала ма йу иза лан. Къаьсттана зударшна, берашна, къеначарна. Цига бахийтинчарех дуккха а белла, боху. Цунна бехке xIapa Галаев боху кхахьпа ду. ХIорш санна, ламанхо ма ву иза. Ца хила а мега. Хилча, иштта къиза, йамарт хир вацара. Цхьа къотIалгIа йина хIума хир йу. Амма тахана тIаьххьара а гур бу цунна схьакхета малх…

Ши сахьт ду Зеламха, и ойланаш йеш, кхузахь хиъна Iен. Амма цуьнан ши бIаьрг секундана а дIа ца болу гIопан бешарчу гIанта тIе боьгIначуьра.

Iуьйранна банехь довхачу хица лийчина, цкъа хьалха дегIана, тIаккха чомехь кхача биъна, гайна там а бина, улло ха а хIоттийна, ша Iеминчу садаIа веара Галаев. Цунна тIехь полковникан духар дац. Вовшашна ткъех гIулч йукъ а йуьтуш, гIашлойн некъаца маьънаш кIел дIахIиттира салтий. Карахь тоьпаш а йолуш, гIопан пена тIехь а масех салти гучувелира. ГIашлойн новкъа иттех минотехь чаболахь ведда а лелла, гIанта уллохь а сецна, пхьаьрсаш дIаса а сеттош, мосазза а хьала-охьа а таьIна, гIaнтa тIe охьа а хиъна, бага цигаьрка йоьллира цо. Цунна уллохь цхьацца агIор ши салти а лаьттара.

Полковникан йуьхь Зеламха волчу aгIop йирзина йара. Амма Зеламха ца сихлора бекхам эца. Цаьршинна йуккъехь пхи бIе гIулч йу. Иза цхьана дIаьндаргаца гиччошка а тоьхна вен веза. Зеламхас, топ схьа а эцна, хьалха охьакхетта Iуьллучу попан хена тIе йуьхьиг а йиллина, ниша лецира. ТIаккха шабаршца доцца доIа дира:

– ХIай ницкъ болу, нийсо йеш волу, къинхетаме Дела! XIapa ас дагалаьцнарг бакъонца, нийсонца делахь, сан бIаьрг серлабаккхалахь, сан дог а, куьг а чIагIделахь, хIара ас дагалаьцнарг кхочушдан суна ницкъ лолахь…

Полковника аьрру aгIop лаьттачу моан стоммачу гIoдана лаха лаьцна тоьпан лаг уьйзира цо. Бассабелла патарма сихха ара а кхоьссина, цуьнан метта керланиг биргIанна чу а бахийтина, йуха а ниша лецира Зеламхас. Тоьпан тата долуш а хезна, моан диттах цхьа хIума кхетча санна а хетта, ши салти а, полковник а диттана тIебирзира. ХIинца полковникан аьтту гиччо Зеламхехьа схьадирзира. Зеламхас, лерина ниша а нисдина, тоьпан лаг уьйзира. Полковник ша хиъна Iаччохь, гIантан гIовлица шершина, дIахаьрцира. ГIашлойн некъаца ха деш лаьттина салтий цунна тIехьаьлхира.

Зеламха, хьала а гIеттина, шен топ ги а тесна, диттийн генаш дIаса а тоьттуш, хьуьнхахула меллаша лома дIавахара.

XIII корта. Пачхьалкхан Думехь

III Дума – политически куьце йерзийна, помещикийн а, буржуазин хьолахойн а политически организацийн йукъара союз йу.

В. И. Ленин

1

1905-чу шеран буржуазин революцис мелла а самадехира российски импери чохь дехаш долу къаьмнаш. Царах цхьадерш Россин империна кIел долу масех бIе шо дара. Цхьадерш дIадаханчу бIешарахь схьатIедоьзнера. Барамехь кIезиг, гIорасиз къаьмнаш доьллера оьрсийн паччахьан Iедало шайгахь латточу Iазапах. Масала, Къилбаседера, Сибрехара къаьмнаш. БIешерийн дохалла шайн феодалийн лоллехь лаьттина Йуккъерчу Азера халкъаш а, казахаш а тийна-таьIна Iapa. Царна бен дацара шайн феодалийн а, оьрсийн паччахьийн а олалла. Бакъду, хIинца цара ши дукъ уьйзура. Оьрсийн паччахьан а, шайн феодалийн а, тийна-таьIна. Дуьхьало йан ницкъ а, барт а боцуш. Амма Россис нуьцкъах шен олаллина кIел латтабахь а, цуьнца цкъа а машар ца хуьлуш, шайн маршонах дог ца дуьллуш, шатайпачу машаречу некъашца шайн маршонехьа къуьйсура полякаша а, Прибалтикан халкъаша а, финнаша а. Къаьсттана полякаша. Шайн лаамехь Россих дIакхетта дукха хан йалале, «воккхачу керста вешин» куьйган дозалла хиъна, гуьржий цкъа гIевттира цунна дуьхьал. Амма паччахьан эскарша йоккхачу къизаллица шайн гIаттам хьаьшча, бIе шарна дIатийра уьш. Эрмалоша цкъа а дуьхьало ца йора Россина. Оьрсийн Iедал дезар а дацара иза. Россих дIакъаьстича, шаьш бусалба туркоша дIахударна кхоьруш, дерриг а ловш Iapa. Азербайджанаш реза бацара, шайн мехкан хьолан дай а хилла, когаш хецна кхуза охьахевшинчу оьрсашна. Шайца цхьа дин, цхьа мотт, цхьа культура йолчу туркошкахьа йара церан дог-ойла. Къайлах а, даррехь а. Амма азербайджанаш шайн цIийца, амалшца къийсамхой, тIемалой бацара. Уьш машаре адамаш дара, царна синтем безара.

Массарначул тIех оьрсийн Iедал ца дезара ламанхошна. Росси церан исторически мостагI йара. Иттаннаш шерашкахь церан цIий Iенийна. БIешерийн дохалла цара хьанала, хьацарца кхоьллинарг туьраций, цIерций хIаллакдина. Масех халкъ, нуьцкъах махках а даьккхина, Хонкара кхалхийна. Церан махка оьрсийн колонисташ ховшийна. Кхузахь бисинчаьргахь къиза Iазап даллош. Амма и халкъаш а Iедалан къизалло дIатединера. Беккъа цхьа нохчий бара Россин олаллина къарбелла, кIелсовца цатуьгурш. Бахьана хIyн дара? Луларчу халкъел нохчий майра бу, олийла а дацара. Ламанан халкъаш дерриг а цхьатерра майра, доьналле, оьзда дара. Бакъду, цаьрца дуьстича, нохчийн халкъ кхетамна мелла а тIаьхьадисинера. Дуьненан Iилманца а, бусалба динан Iилманца а. TIе, цхьа шатайпа къармазе амалш а йара нохчийн. ХьагI-гамо, сутаралла, сонта майралла. Таханенан бен, кханенан, ламенан ойла ца йеш. Шайга хаза хабар дийцича, атта тешаш, атта Iехалуш.

Революци хиллачул тIаьхьа Кавказан дерриг а халкъаш меттахдевлира Россина дуьхьал. Цхьадерш – жигара, вуьш – гIийлла. Шайн ницкъашка хьаьвссина. Оцу боламан кхерч къармазечу Нохчийчохь бара. Кавказан халкъашна дуьхьал шуьйра пропагандистски кампани йолийра паччахьан Iедало. Къаьсттана – нохчашна дуьхьал. Кхузахь а, столицехь а. Зорбанехь а, Пачхьалкхан Думехь а.

Къилбаседа-Кавказерчу зорбанехь дуккха а йаздора нохчашна а, гIалгIашна а дуьхьал. Цхьаболчу авторша шайн цIераш ца йохкура статьйашна буха. Атта а, кхерамаза а дара иштта. «Теркан ведомосташ» тIехь цхьаммо йаздора, нохчийн, гIалгIайн разбойникаш уггар боьханаш, къизанаш бу, цара йа Делах а, йа Iедалах а ца кхоьруш, талораш до, аьшпаш, йамартло, тешнабехк церан цIийх а, тIамарх а боьлла бохуш. Нохчашна а, гIалгIашна а цхьа а Iедал, закон ца деза, хаза дийцарх, ла ца дугIу цара, кхето гIертарх, ца кхета уьш, къизачу таIзарша бен, къарбина, совцор бац уьш. Кхечо йаздора, хIокху махкахь гIалгIазкхийн диктатура хIотто йеза, туземцаш къарбан шатайпа бакъонаш а йолуш. ГIалагIазкхийн идеологаша Вертеповс, Ткачевс, нохчий а, гIалгIай а акха адамаш ду, бохура. Кхечо, и ши халкъ хIокху махкара дIадаккха деза йа хIаллакдан деза, бохура.

Соьлжа-ГIалахь арадолучу «Теркан мохк» («Терский край») газета тIехь нохчийн, гIалагIазкхийн шира мостагIалла марсадаккха гIертара цхьа хIуьнехдина Губарев. Шемал йийсаре лаьцначул тIаьхьа шовзткъе кхойтта шо даьлла, амма нохчочуьнга хьалхалерра цабезам бу гIалагIазкхичун, бохура цо. Ткъа нохчий а шайн ширачу мостагIашка санна хьуьйсу гIалагIазкхашка. Царна йуккъехь цкъа а машар ца хилла, хуьлийла а дац. Царна йуккъехь и мостагIалла хIунда ду, ца хаьа шена бохуш, цецвуьйлура Губарев. Бакъду, гIалагIазкхашна нохчий а ца беза. Нохчо станицехула чекхволуш, къеначу а, къоначу а гIалагIазкхаша, зударша а, бераша а цхьаьна, тIулгаш, гIорзанаш, шайна караеанарг тIеластайо цунна. ГIалагIазкхашна кIордийна, хьех чекхбевлла и нохчий!

Губаревна дика хаьара, гIалагIазкхашца нохчийн мостагIалла хIунда ду. Нохчашкара дIабаьккхинчу 400 эзар десятина уггар тоьллачу махка тIе охьаховшийнера уьш Iедало. Цхьанхьа йуьстах а ца ховшош, нохчийн йарташ, борзанан морзахца санна, станицашна йуккъе а къуьйлуш. Оцу йарташкара нохчий станицаша дIалецначу мехкашна тIехула дIасабовла а ца буьтуш. Губаревс ма-аллара, цигахула дIасабоьлхучу нохчашна тIе къоначу, къеначу гIалагIазкхаша тIулгаш-гIорзанаш а йетташ. Нохчашна герз лелор дихкича, ткъа гIалагIазкхашна, бакъо йелла ца Iаш, Iедало иза латтош а хилча. Iедалан балхахь болчарна а, совдегаршна а бен, Соьлжа-ГIалахь баха нохчашна бакъо луш а ца хилча… Дукха ду уьш, дагардича!

2

Кавказехь хIоьттина хьал къастор доьхуш, Пачхьалкхан Думе лехам беллера шовзткъе берхIитта депутато. Цуьнан авторш дукхахберш черносотенцаш а, царна гергарчу октябристех, кадетех масех депутат а вара. ТIаьххьарчеран лидерш Пуришкевич, Гучков, Милюков, Родзянко, Марков, кхиберш а бара. Кавказехь хIоьттинчу зуламечу хьолана наместник Воронцов-Дашков а, цуьнан администраци а бехке йора цара. Уггар хьалха Воронцов-Дашков а, цуьнан канцелярин директор Петерсон а, Теркан областан начальник Колюбакин а. Областийн, округийн, станицийн урхаллаш кхаьънашъэцархойн баннаш ду. Иза йерриг Кавказехь а даьржина. Националисташна а, сепаратисташна а, разбойникашна а, кхечу зуламхошна а дуьхьал латтош цхьа тайпа къийсам бац. Гуьржийн, эрмалойн, азербайджанийн националисташ, сепаратисташ, маршо а йелла, хецна битина. Мелхо а, наместник а, цуьнан чиновникаш а царах доглозуш бу. Теркан областера разбой сацо ницкъаш бу цигахь, амма иза сацо хьекъал а, доьналла а ца тоьу инарла Колюбакинна. Наместникан а, цуьнан администрацин а аьрталла бахьана долуш, оьрсийн пачхьалкхан Iедал доха герга ду Кавказехь. Цигара администраци хийцар доьхура авторша.

Думан председатела Хомяковс и лехам депутаташна бешначул тIаьхьа, цунах лаьцна шена хетарг ала дош делира депутатана Гайдаров Ибрагимбекана. Хьалхарчу а, шолгIачу а Думехь Теркан областерчу халкъашна тIера депутат вара Эльдарханов Таьштамар. ХIокху кхоалгIачу Думе депутаташка кандидаташ хьалхатоттуш, йуха а Эльдарханов къастийра областерчу ламанан халкъаша. Амма кхузарчу хьолахоша чекх ца йалийтира цуьнан кандидатура. Теркан гIалагIазкхашна тIера кхузахь депутат Лисичкин вара. Теркан областан ламанан халкъаш бехке деш меттигаш лехама тIехь хиларна, цаьргахьа гIодаккха Думехь церан депутат цахиларна, церан верасалла шена тIелаьцнера Гайдаровс.

– Господа депутаташ! Кавказан администрацин белхан, гIуллакхийн хьокъехь вайн шовзткъе берхIитта депутато Думе беллачу лехамна тIеxь йаздинарш цхьадерш бакъ ду. Къаьсттана областийн, округийн, станицийн, йартийн урхаллашкахь шуьйра даьржина кхаьънаш эцар, озабезамаш, зуламхошца уьйраш, бехк-гуьнахь доцчу машаречу бахархошна тIехь харцонаш лелор, царна эшамаш бар. Амма, господа депутаташ, со буххенца реза вац вайн коллегаша туземни халкъаш, къаьсттана нохчий, гIалгIай бехкебеш, сийсазбеш йалийначу пункташна. Нохчашкара а, гIалгIашкара а дIадаьккхинчу уггар дикачу ах бIе миллион десятина лаьтта тIе охьаховшийна гIалгIазкхий. Оцу шина халкъехь лаьттан къелла йу. Шайн доьзалш хене баха рицкъа даккха йолах белхаш лоьхуш, империн массо маьIIехула буьйлабелла лела уьш. Церан ишколаш, больницаш йац. Царна йукъа дешар даржоран, церан могашалла ларйаран бала болуш цхьа а вац. Юридически бакъонаш дIа а йаьхна, Iедало законашна арахьа латтабо уьш. Нохчо, гIалгIа вийна гIалгIазкхи жоьпе ца озаво, таIзарза вуьту. Экономически талийна, чIанабаьхна уьш. ГIалгIазкхаша шайн лаамехь гIуданаш доху йарташкара. Цундела нохчийн, гIалгIайн дегнаш оьгIазе ду. Халчу хьелашка хIиттийна уьш, оьздангаллех бохийна, акхабаьхна. Iедалан харцонаша, къизалло къоланашна, талорашна, цIийIанорна тIетоьтту уьш. Цунна масал ду 1877-чу шарахь Нохчийчохь хилла гIаттам а, тахана обарга Зеламхас Iедална дуьхьал латто къийсам а. Разбойна дуьхьал Теркан областан администрацис дIа мел долийна гIуллакх кхиамза чекхдолу, хIунда аьлча иза машаречу бахархошна дуьхьал хьажийна, царна бохаме, церан дегнашна чу керла оьгIазло йоссош хиларна. Администрацис машаречу бахархойн йарташна таIзарш до, цIенош дагадо, салташий, гIалгIазкхаший бахархой талабо, бехк-гуьнахь доцу адамаш доьзалшца цхьаьна Сибрех хьийсадо. Цундела сан дехар ду депутаташка, вайн коллегийн лехам бийцаре беш, хIара ас доцца далийна масалш тидаме эцар а, тхуна, Кавказерчу халкъийн депутаташна, кечам бан ши кIира хан йалар а, Кавказера туземни халкъаш цигарчу администрацин харцонех, къизаллех лардеш закон тIеэцар а.

Уггар хьалха трибуни тIе хьалаваьллачу эла Шеваршидзес йемалйира Кавказан администрацин къаьмнашна йукъара политика.

– Кавказан урхалле гулбеллачу нехан цхьа а тайпа бала бац Россин пачхьалкхан исторически кхолламца. Меттигерчу халкъашна йукъахь мостагIаллаш кхуллуш, шайн карьерина а, хьарам хьалбахам гулбарна а аьттонаш лоьху цара. Цхьаболчу чиновникаша марсадоху туземцашний, гIалгIазкхашний йуккъера мостагIалла. Туземец вийна, туземцийн зударий сийсазбина гIалгIазкхи таIзарза вуьту. Разбойникашна маршо йелла цигахь! – шен къамел дерзийра цо.

Черносотенцийн «Союз русского народа», «Союз Михаила Архангела» партийн коьрта лидер, оцу шина партин бухбиллархойх цхьаъ, мIаькваьлла монархист, реакционер, антисемит Пуришкевич Владимир Митрофанович трибуне хьалаволуш черносотенцаша а, октябристаша а, хьала а гIевттина, дехха тIараш диттира.

– Господина Гайдаровс ши кIира хан йехна тхан лехам къасто кечам бан! – оьгIазе велакъежира иза, зала чухула бIаьрг а кхарстийна. – ХIун кечам оьшу господин Гайдаровна? Кавказехь хIоьттина балхаме хьал керайуккъехь долуш санна, дика гуш ма ду вайна! Воронцов-Дашков коьртехь Кавказан администрацис шена а, Цуьнан императорски воккхаллина а йуккъе кирхьа лаьцна. Цунна тIехьа а левчкъина, оьрсийн пачхьалкхана кIел ор охкуш бу наместнико шена гонаха гулбина немцой, полякаш, жуьгтий. Кхаьънашъэцархой, карьеристаш, авантюристаш! Гуьржийн, эрмалойн, азербайджанийн националисташца, сепаратисташца берта а бахана, цигахь оьрсийн Iедал дохош бу, оьрсийн бахархой Россе схьалоьхкуш бу! Кавказах дакъош а дина, туркошний, немцошний, англичанашний йохка Iалашо йу церан. Амма царна моьттург хир дац! Оьрсийн халкъо шен цIийца эцна Кавказ! Кавказ оьрсийн йу! Цуьнан лаьмнийн баххьашна тIехь эзарнаш шерашкахь махо ловзор йу оьрсийн байракх! Оьрсийн ши корта болу аьрзу маьрша хьийза йеза Кавказан стигалахула, лаьмнийн баххьашна тIехула!

Зала чохь мaьI-маьIIехь маьхьарий хезара:

– Оьрсийн пачхьалкхан байракх лаккха айа йеза Кавказехь!

– Туземцаш гора хIиттийна латто беза цунна хьалха!

– Реза боцурш байъина дIабаха хIокху лаьтта тIера!

Шовзткъе берхIиттаммо шайн цIарах коьрта къамел дан кечвинарг кхин вара. Марков Николай Евгеньевич. Черносотенцийн шина Союзан коьртачу лидерех цхьаъ. Помещик-хьолахо, монархист, реакционер. ГIараваьлла шовинист. Иза трибуне хьалаволуш а дехха тIараш диттиpа цуьнан бартахоша. Иза къамелана говза вара. Цхьана куьйгахь пряник, вукху куьйгахь шед хуьлура цуьнан.

– Кавказерчу халкъашца цхьа а тайпа хьагI-гамо йац сан. Царна зен-зулам, бохам хуьлийла а, ца лаьа суна. Къаьсттана цигара ламанхой беза а, лера а Iамийна со Пушкинан, Лермонтовн поэзис. Иштта дог-ойла хир йу аьлла, хета суна Думе лехам беллачу шовзткъе берхIитта депутатан а. Цундела туземцашка тхан безам бац, оха царна бохам лоьху, уьш махкахбаха йа хIаллакбан лаьа тхуна бохуш, хабарш дуьйцурш галбевлла. Тхан боккха лерам бу, гуьржашка-м хьовха, эрмалошка а. Амма тхаьш Пачхьалкхан Думин депутаташ хиларе терра, тхешан дегнашца а, дог-ойланца а, догIмашца а оьрсийн халкъехьа ду тхо. Цундела тхан а, вайн массеран а сийлахь декхар ду уггар хьалха оьрсийн халкъан, оьрсийн пачхьалкхан хьашт-дезарш, сий лардар. Суна хетарехь, Кавказерчу бусалба халкъийн лидерийн Iалашо йу азербайджанийн, дегIастанхойн, нохчийн, гIалгIайн Цхьаьнакхетта Штаташ кхолла. Оцу хьокъехь Темирхан-Шурарчу гIараваьллачу хьолахочун, помещикан Казаналипов Асельдербекан шен бартахошца хилла къамел хиъна жандармерин урхаллина. Кавказерчу бусалба халкъаша цуьрриг а ца лечкъабо оьрсашка, гауршка шайн цабезам. Хонкар-махкаца вайн тIом хиларе сатуьйсу цара. ТIаккха, шайн мехкашкара оьрсий лаххьийна дIа а лаьхкина, цхьаьнакхетта, йозуш йоцу бусалба пачхьалкх кхолла. Наместникана ца хаьа и къайлах болам хилар. Йа, ца хаьа, моттуьйту. Бусалба халкъийн коьртачу лидерех цхьаъ волу Казаналипов шен тIома кIел а воьллина, Христосан четахь санна, ларво цо. Делах санна, цунах теша наместник. Кхин цхьа гIуллакх а аш тидаме эца лаьара суна, господа депутаташ. Кавказехь оьрсийн пачхьалкхана, оьрсийн Iедална дуьхьал болх беш цигарчу халкъийн политически масех союз а, йукъаралла а йу. Эрмалойн культурах союз, гуьржийн культурах йукъаралла, бусалба халкъашна йукъахь серло йаржоран йукъаралла, кхиерш а. Уьш йерриг а оьрсашна, оьрсийн пачхьалкхана дуьхьал болх беш йу.

Трибуни тIехь шена хьалха лаьттачу стаки чуьрчу хих ши къурд а бина, балдех кIайн йовлакх а хьаькхна, йайн йовхарш а тоьхна, шен аз тодира Марковс:

– Амма оьрсийн пачхьалкхан идеяш а, оьрсийн мотт а, культура а йаржо кхоьллина цхьа а йукъаралла йац Кавказехь. Цигарчу къаьмнийн йукъара мотт оьрсийн пачхьалкхан оьрсийн мотт бац, господа, ткъа азербайджанийн, нийсса аьлча, Россин исторически мостагIийн туркойн мотт бу. Цунна ас бехке ца до цигара бусалба халкъаш. Царна йукъахь туркойн, пантюркски, панисламски идеяш йаржораш церан лидерш бу. Кавказан администрацин чиновникаш. Уггар хьалха Цуьнан императорски воккхаллин штальмейстер, Воронцов-Дашковн аьтту куьг Казаналипов! Сан боккха лерам бу цигарчу халкъийн союзашка а, йукъараллашка а. Aмма цара оьрсийн пачхьалкхана дуьхьал болх бо цигахь. Цара Кавказехь йаржораш керстанашна, оьрсашна, оьрсийн пачхьалкхана дуьхьал йолу туркойн идеалаш йу. Кхузахь бусалбанийн фракцин векал къайладаккха гIоьртира Россерчу бусалбанашна йукъахь йаьржина панисламизмам идеяш хилар. Амма уьш йолуш а йу, жигара болх беш а йу. Панисламизман болам Iаламат кхераме бу Россина. Пачхьалкхан Думо тидаме эца лаьа суна Россехь бехаш пхийтта миллион бусалбанаш хилар. Панисламизман идеяш цхьана кавказски бусалба халкъийн хилла ца Ia. Цигахула дIа Йуккъерчу Азе, казахийн аренашка, Поволжье йаьржина уьш. Доцца аьлча, панисламизман ун дерриг дуьненахь даьржина. Панисламизман Iалашо йу, дуьненара дерриг а бусалба халкъаш цхьаьна а тоьхна, туркойн султан коьртехь а волуш, керста пачхьалкхашна дуьхьал нуьцкъала бусалба пачхьалкх кхолла. ШолгIа пантюркизман идея йу: нагахь санна и хьалхара Iалашо кхочуш ца йалахь, туркойн а, российски а бусалба халкъийн цхьа пачхьалкх кхолла. Пачхьалкхан Думехь бусалбанийн фракци кхоллайалар лаа дац аьлла, хета суна. Иза кхоллайалар новкъа дац суна, амма иза оьрсийн пачхьалкхан хьашт-дезаршна болх беш хила йеза.

Марковн къамелана резахилла, дехха тIараш диттира черносотенцаша а, царна гергарчу октябристаша а.

3

Тамашийна ду цхьа хIума. Цхьацца стеган цIарца тера догIуш хуьлу цуьнан дегI, йуьхь-сибат, аз, къамел, болар, амалш. ГIалгIазкхи аьлча, вайна дуьхьалхIутту шатайпа сурт. Лекха дeгI, шуьйра белшаш, нуьцкъала пхьаьрсаш, Iаьржа йа хьаьрса даккхий мекхаш, йуькъа, йеха никIапа, гIopгIa аз, майра хьажар, иштта дIа кхин а. Ткъа хIинца трибуне хьалаваьллачу Теркан гIалгIазкхийн депутатан Лисичкинан цхьа а амат тера дацара вай сурт хIоттийнчу гIалгIазкхех. Трибуни тIехьа халла гора цуьнан баккъалла а цхьогалчух тера корта. Йуткъа, йеха йуьхь, ира, беха мара. Мукадехкачух тера цIен, горга, кегий бIаьргаш, мекара, хьастаме, цIогIане аз.

– Лераме господа депутаташ! Нохчашкара а, гIалгIашкара а ах миллион десятина латта дIа а даьккхина, цига баха охьахевшина аьлла, гIалгIазкхий бехке бира господина Гайдаровс. Нохчашкара а, гIалгIашкара а латта дIа ца даьккхина йа гIалгIазкхаша а, йа правительствос а. ГIалгIазкхаша безчу мехах эцна цаьргара и латта. Маситта эзар гIалгIазкхичун корта белла оцу лаьттах. Оцу лаьтта тIе шаьш баха охьаховшале, цунна тIе гота йаккхале, иза шайн цIийца хьандина гIалгIазкхаша. Господина Гайдаровс догдилла деза оцу лаьттах. ГIалгIазкхашкара цхьаммо а цхьа гe латта дIа а доккхур дац, даккха гIоьртича, гIалгIазкхаша цхьа ге латта цхьанна дIа а лур дац. Нагахь санна господина Гайдаровна гIалгIазкхий цига муха, хIунда охьахевшина ца хаахь, иза историга йухахьажа веза. ХIyммa а атта дацара царна, шайн дай баьхна мохк Россехь дIатесна, Кавказе а баьхкина, ламанхойн шаьлтанашна а, дIаьндаргашна а кIел баха охьаховша. Оьрсийн пачхьалкхан къилбехьара дозанаш акхачу ламанхойх лардан охьахевшина уьш цига. Цундела Пачхьалкхан Думан депутатан Гайдаровн бакъо йац аьлла, хета суна, Теркан гIалгIазкхийн бакъонех а, кхолламах а лаьцна кхузахь хабар дийца.

Шен бIаьргех куьзганаш а доьхкина, кисанара схьадаьккхина цхьа кехат даржийна хьалха лецира Лисичкина:

– Господина Гайдаровс элира, гIалгIазкхийн Iалашо йу нохчий, гIалгIай оцу махкара дIабаха, йа цигахь байъина, шайна новкъара дIабаха. ГIалгIазкхий бац нохчашна ницкъбийраш, ткъа нохчий бу оцу махкахь уьш машаре баха ца буьтурш. Цунна тоьшаллина ас бовзуьйту шуна Червленехь хиллачу гIалгIазкхийн гуламан сацам: «Зорбанехула а, округийн начальникашкахула а дIакхайкхор доьху оха туземни бахархошца гIалгIазкхийн цхьа а тайпа мостагIалла цахилар, царна ницкъ бан гIалгIазкхий кечлуш цахилар а. Иза тхуна цкъа а дагадеана а дац, дагадогIийла а дац. ГIалгIазкхашна машар беза. Цундела цхьана шуьна гонаха охьа а хевшина, вовшашка вежараллин куьг кховдоре, хIокху махкахь бертахь, машаре дахаре кхойкху тхо ламанхошка». Теркан гIалгIазкхий барте, машаре кхойкху ламанхошка, вежараллин куьг кхийдадо цаьрга, ткъа ламанхоша тхуна талораш до, тхан адамаш дойу, некъашца дIасадовла а, кхаш тIехь болх бан а, даьхни дажо а ца дуьту. Гайдаровс элира, гIалгIазкхаша ламанхошкара гIуданаш доху. Беламе ду цо аьлларг! ГIалгIазкхийн бакъо йац ламанхошна гIуда тоха а, даккха а. Иза администрацин болх бу. Ткъа оцу тIеxь администрацис, цхьа а тайпа озабезам боцуш, нийсо йо. Цхьа тоьшалла даладо ас масална. Яндаркъехь гIалгIайн, гIалгIазкхийн герзаца тасадалар хилча, уьш дIасакъасто баьхкинчу салташа шайн пулеметаш шиний агIорхьарчарна тIеерзийра. Доцца аьлча, областерчу администрацис озабезам ца бо гIалгIазкхашкахьа.

Гайдаровс председателе дехар дира, масех дош ала шена бакъо йоьхуш:

– Господин Лисичкин нийса ца кхетта гIалгIазкхех лаьцна ас аьллачух. Ламанхошца мостагIаллина ас берриг гIалгIазкхий бехке ца бо. Дукхахболу гIалгIазкхий къен беха, ламанхой санна. Церан цхьа а тайпа мостагIалла дац нохчашций, гIалгIашций. И мостагIалла кхуллурш, кIамдийраш а, марсадохурш а гIалгIазкхийн хьолахой бу, администраци а йу. Оцу питанчех цхьаъ Теркан гIалгIазкхийн идеолог господин Лисичкин а ву. Ткъа гIалгIазкхаша дIалаьцначу лаьттах лаьцна ас бакъдерг аьлла. ГIалгIазкхаша даьккхинехь а, правительствос даьккхинехь а, цаьргара дIадаьккхина-кх иза. Ахь боху, господин Лисичкин, итт эзарнаш гIалгIазкхийн кортойх эцна и латта, гIалгIазкхийн цIийца хьандина ду иза. Ткъа и латта дIалоцуш гIалгIазкхаша байъина нохчий, церан зударий, бераш, йохийна а, йагийна а йарташ ца йуьйцу ахь. Дала ша кхоьллинчу xIopa халкъана латта, мохк белла дуьненахь. Иза цаьргара дIабаккха бакъо йац цхьаьннан а. ГIалгIазкхийн хIун бакъо йара, Россера цига а баьхкина, нохчийн ах халкъ хIаллак а дина, дийна бисинарш тIулгийн лаьмнашка а, уьшалечу хьаннашка а лаьхкина, церан ах мохк дIa а лаьцна, оцу тIе баха охьаховша?

XIapa гIуллакх дийцина, чекхдаьлча, тIаьххьара къамел дира кхуза кхайкхина валийначу Кавказан наместника, граждански гIуллакхашкахула гIоьнчас Мицкевича:

– Лераме Пачхьалкхан Думин депутаташ! Ши кIира хьалха наместнике а кхечира Кавказехь хIоьттинчу хьолан хьокъехь шовзткъе берхIитта депутато Пачхьалкхан Думе белла лехам. Цуьнан xIopa пункт оха парггIат, леррина теллира. Кавказан урхаллехь дуккха а ду кхачамбацарш. Уьш цхьадерш тхан гIалаташа а, ледарлонаша а кхоьллина, цхьадерш тхан лаамах, ницкъах ца дозуш кхолладелла. Нийсса аьлча, Кавказехь хIоьттинчу чолхечу, балхамечу хьолана бехке цигара администраци хилла ца Ia, цунна бехке правительство а йу. Цундела Кавказехь галдевллачу гIуллакхашна йеккъа цхьа цигара администраци бехке йар нийса ца хета тхуна. Лехамна тIе йаздина бакъдоцурш а, бухбоцурш а ду дуккха а. Кавказан лакхарчу а, лахарчу а администрацешкахь кхаьънаш оьцу, чиновникаш националисташна а, сепаратисташна а бохкабелла, цара оьрсийн пачхьалкхана дуьхьал бечу зуламечу балхе бIаьргаш хьаббина хьуьйсу бохуш йаздинарш бакъ дац, бакъ хила йиш а йац. Тхаьш дIа мел йоккху гIулч Цуьнан императорски воккхаллех а, министрийн Советах а дагадовлий йоккху оха, церан лехамаш кхочушбан а гIерта тхо. Амма кхузахь, господина Гайдаровс а, Бобринскийс а ма-аллара, дерриг а галдаьккхинарг Кавказерчу халкъийн исторически дIадаханарг а, таханлера хьал а, церан гIиллакхаш, амалш, кхетам, дин, культура, экономика тидаме а эцна, пачхьалкхо хIоттийна политически, экономически программа цахилар ду. Иза чIагIдо тахана кхузахь суна хезначу къамелаша а. Цигара хьелаш дика хаьа массарна а, амма цигара зуламаш совцо, халкъийн барт бан, махкахь машаре, синтеме дахар кхолла, и халкъаш оьрсашна, оьрсийн пачхьалкхана муьтIахь хилийта некъ ца гойту цхьаммо а.

Зала чуьра схьа цхьаммо мохь туьйхира:

– Гайтина! Воронцов-Дашков коьртехь, шу къуй, кхаьънашъэцархой, авантюристаш цигара дIабахар!

– Наместник а, цуьнан гIоьнчий а Цуьнан императорски воккхалло хIиттийна, ша реза вацахь, цо дIа а лохкур бу. Амма администраци хийцарх нислур дац цигара гIуллакхаш. Уьш нисдан, ас лакхахь дийцинарш тидаме а оьцуш, леррина хIоттийна пачхьалкхан политически, экономически программа оьшу. Теркан областера зуламаш совцо дIадаханчу шина кIиранах дикка гIуллакхаш дина наместника. Областан начальник инарла Колюбакин шен даржах мукъаваьккхина, цуьнан метта инарла Михеев хIоттийна. Закавказьехь православни килсан коьрта епископ Гедеон мукъаваьккхина, цуьнан метта викари Агапит хIоттийна. Областан керлачу начальнико Михеевна тIедиллина разбойникаш тIеоьцучу а, царна гIo дечу а йарташка экзекуцин отрядаш хIиттор. ХIинцале пхеа йуьрта хIиттийна уьш. Нохчийчуьрчу бахархойн харжах гIалгIазкхийн партизански отрядаш вовшахтохар а. Разбойникаш дIасалелачу некъашкахь эскаран посташ, къайлах дозораш хIиттор а. Разбойникаш, кхиболу зуламхой схьалеца йа хIаллакбан областан администрацина гIоьнна эскаран командаш йалор а. Экзекуцин отрядашна, посташна, дозорашна харжаш а, разбойникаша оьрсийн бахархошна дина зенаш а разбойникаш чубитинчу, уьш схьалеца Iедална гIо ца динчу йарташа токхур йу аьлла, туземни бахархошка дIакхайкхор а. Герз схьадаккхаза йисинчу йарташкара и схьадаккхар а. Разбойникашца а, кхечу зуламхошца а къийсам латторехь ледара болх бина цхьамогIа чиновникаш даржашкара мукъабаьхна. Царна йукъахь ву Хаси-Юьртан округан начальник полковник Котляровский а. Нах йийсаре буьгуш Зеламхина гIо дина, йийсархойх даьккхина ахча цо Котляровскийца доькъуш хилла бохуш, тхоьга кхаьчна хаамаш оха толлуш бу, уьш бакъ хилахь, Котляровскийна луьра таIзар а дийр ду. Цул совнаха, оха болх болийна Теркан областерчу полицин гIуллакхалла чIагIдарехь а…

Шовзткъе берхIиттаннан лехаман хьокъехь сацаман шаьш хIиттийна проекташ йийшира депутаташа Чхеидзес а, Милюковс а. Чхеидзениг шого хийтира депутаташна. Лейборист Милюков машархо вара. Цо даим маслаIат, машар лоьхура. Монархина, буржуазина йукъахь а. Царна а, халкъана а йукъахь а. Думерчу партешна, фракцешна йукъахь а. Милюковн проекто жоп ца лора черносотенцийн лехамашна. Депутаташна а кIедо хийтира иза. Думан председатела Хомяковс масех фракцин векалех вовшахтоьхначу комиссина тIедиллира, шовзткъе берхIиттаннан лехам а, депутатийн къамелаш а, Мицкевичан хаамаш а тидаме а оьцуш, кхин проект хIоттор.

ШолгIачу дийнахь, берриг депутаташ реза а хуьлуш, Думо сацам тIеийцира:

1. Крайхь низам хIотто Кавказан администрацис йаьхна хьалхара гIулчаш къобалйан.

2. Кавказан администраци бехке йеш 58 депутатан лехам талла сенаторийн комисси кхолла.

3. Цхьайолчу областийн, округийн начальникаш, чиновникаш хийца.

4. Лаьттан, суьдан, халкъан серлонан, переселенцийн гIуллакхаш низаме дало.

5. ГIаланийн, земски урхаллашкахь реформа йар.

6. Кавказан Урхалла министрийн Советан куьйгалли кIел дIайала.

Оцу сацамца нохчийн халкъана кхин а луьра таIзарш дан администрацина маршо йелира Думо…

XIV корта. Iедалхой, хьолахой

Шаьш санна, шу а ийман доцуш

хила лаьа царна…

Къуръан. 4 Сура, 89 айат

1

Россин Iедало Нохчийчохь геноцид йолийна кхоалгIа бIешо доладеллера, амма цуьнан чаккхе гуш йацара хIинца а.

Ши бIе шо хьалха хIокху Кавказана тIехь шайн олалла xIотто гIерташ, къийсамаш болийра хIетахь дуьненахь нуьцкъалчу пачхьалкхаша – Англис, Францис, Хонкарас, Ирана, Россис. Цкъа-делахь, исбаьхьачу Iаламан, хьолечу маьIданийн мохк бара Кавказ, шолгIа-делахь, шина хIорда йуккъехь йолу иза малхбалехь олалла хIотто Iаламат доккхачу стратегически маьIне мохк бара. ХIокху лаьмнашкахь чIагIвелларг шина хIордан да хуьлура, цуьнан аьтто нислора кхузара дIа Малхбале кхоссавала, цигара мехкаш дIалеца, цигахь шен олалла хIотто. Кавказана гонаха церан дипломатийн, политикийн, разведкийн, шпионийн къийсамаш бIе шарахь сов бахбеллера, и къийсамаш цкъацкъа тIаме а боьрзура. Оцу къийсамийн хьеран шина тIулга йуккъехь хаддаза охьурш кхузара халкъаш дара.

И къийсам чекхбелира, Россигахь толам буьсуш. Цунна масех бахьана дара. Оцу къийсамехь исторически ши мостагI вара Россин – Иран а, Хонкара а. Кавказана тIехула мосазза а цаьршинца тIом хиллера Россин, уьш хIора а Иран, Хонкара оьшуш чекхбевлира. ХVIII бIешо кхаччалц дуьненарчу нуьцкъалчу пачхьалкхашца йагарйеш йолу и ши феодальни пачхьалкх, къанъелла, исторически массо а aгIop кхиарна тIаьхьайисинера, ткъа хIеттa капиталистически некъа йаьлла Росси массо aгIop чIагIлуш йара. Феодальни Хонкаран а, Иранан а ницкъ бацара тIамца цунна тIехь толам баккха.

Кавказе гIерта важа кхо пачхьалкх – Англи, Франци, Итали – шайн исторически кхиарца дуккха а лакхахь, хьалха йара Россил, амма генахь хиларо церан аьтто бохабора кхузахь чIагIбала.

Ткъа Россин массо а aгIop аьтто нисбеллера Кавказехь шен олалла хIотто. ХIетахь капитализман некъахь ондда хьалхара гIулчаш йохучу цуьнан оцу заманан лакхарчу техникаца, герзаца кечдина боккхачу барамехь эскар а, флот а йара. Иранца йа Хонкарца тIом хилча, Россин аьтто бара шен тIеман ницкъаш Каспин а, Iаьржачу а хIордашца церан мехкашка бига. Амма хIетахь Россин коьрта гIopтop кхин йара Закавказьехь – оьрсашца цхьаьна керста динехь долу цигара гуьржийн а, эрмалойн а ши халкъ. БIешерийн дохалла царна тIелетарш деш, церан йарташ, шахьарш йохош, талораш деш, адамаш йийсаре кхуьйлуш, и ши халкъ бIарздина хьийзадора туркоша а, персаша а. Цундела оьрсашна а, туркошна а, персашна а йукъахь тIом болабелча, и ши халкъ Россигахьа долура. Россина гIоьнна дIахIитто регулярни эскарш дацара гуьржийн а, эрмалойн а, амма оцу тIамехь уьш дуккха а шайн лаамехь оьрсийн эскарийн могIаршка хIуьттура, оьрсийн эскаршна коммуникацица а, материальни а гIo дора, разведкехь болх бора.

XVIII бIешеран шолгIачу эхехь оцу шина халкъо догдиллира шайн маршонах. Къаьсттана бохамечу хьолехь дара гуьржийн халкъ. Цхьана aгIop, хаддаза туркоша тIелетарш дора царна, гуьржийн мехкан цхьадолу дакъош дIа а лецнера. Вукху агIор, мехкаш а, олалла а къуьйсуш, даим дIа вовшашца девнаш деш, тIемаш беш, церан феодалаша кегийчу дакъошка декънера халкъ а, пачхьалкх а. Оцу хьелашкахь гуьржий, эрмалой шайн олаллин кIел берзо кхаа aгIор царна тIегIертара Иран, Хонкара, Росси. Шина халкъана хьалха ши некъ хIоьттира: йа шайн исторически мостагIийн – бусалба туркойн, персийн – олалли кIел дахар, йа шайца цхьаьна керста динехь йолчу оьрсийн пачхьалкхах дIакхетар. Вукху шина пачхьалкхан олаллел Росси мелла а гIоли хетта, цара и тIаьххьара некъ къастийра. ТIехула тIе, Россис, ша туркошца а, персашца а Закавказье, Босфор, Балканаш къуьйсуш дIа мел болабо тIом, цигара керста къаьмнаш бусалбачу туркойн Iазапах кIелхьардаха, маршадаха болийна, олура.

Исторически кхиарехь хIетахь феодальни заманан тIегIанехь болу азербайджанаш, шайн махка цхьакIеззиг оьрсийн эскар гIоьртича, йоцца, мелла дуьхьало а йина, Россин олалла тIе а лаьцна, къарбелла, севцира. Вуьшта а оцу къомах ах Иран пачхьалкхехь дара.

Закавказье дIалецира Россис, цигарчу халкъаша гepзаца дуьхьало ца йеш, машаречу некъашца, йа вуьшта аьлча, церан коьртехь болчу феодалех цхьаберш кхерош, кхиберш дешех, даржех оьцуш, шегахьа а бохуш.

Закавказье шена тIехоьттинера Россис, амма Къилбаседа Кавказан ламанхоша сацам боллуш дуьхьало йора оьрсийн империн олалла тIелаца. Империна тIехоьттинчу Закавказье боьдуш лаьттахула некъ бацара Россина.

Цо Закавказье хIоттийна ши ког дегIах хадийнера ламанхоша. Амма иттаннаш шерашкахь цара колонизаторшна тIамца йина дуьхьало чекхъелира ламанхой оьшуш.

Малхбузехьара ламанхойн цхьадолу халкъаш дерриг а, вуьш ах а махкахдаьхна, Хонкара а кхалхош, церан мехкаш тIе колонисташ а ховшош. ТIамо эзарнаш кIентий а байъина, дуккха а Хонкара а кхалхийна, шайн махкахь бисинарш тIулгийн лаьмнашка а боьхкина, гIopaсиз хилла барамехь кегий ламанан халкъаш, шайн маршонах дог а диллина, Россина дуьхьало а сацийна, къарделла, кIелсевцира.

Россин къилбехьара дозанаш Теркан аьтту йистошка кхаьчча, цуьнан тIеман ницкъашца дуьххьара тасадалар хилира нохчийн 1708-чу шарахь. ШолгIаниг – 1721-чу шарахь. Оцу шарахь июлехь а, августехь а шозза Нохчийчу поход йира оьрсийн эскарша.

1721–1785-чуй шерашкахь, шайх Мансур коьртехь а волуш, къоман маршонехьа болам болабаллалц даьллачу кхузткъе деа шарахь йалхитта поход йира оьрсийн эскарша Нохчийчу. Оцу эскарийн ницкъаш кIезиг а ца хуьлура.

Масала, 1758-чу шеран апрелехь инарла Фрауендорф коьртехь волуш, Нохчийчу йинчу походехь дакъалоцуш вара регулярни эскарийн 2196 салти, 3203 гIалмакхо, 360 гIумки, гIебарто, гIалгIа.

Цхьайолу походаш, нохчийн йарташ йохайой, талайой, цхьана кIиранах чекхйовлура, ткъа цхьайерш масех баттана йахлора. Иштта, оьрсийн эскаршна дуьхьал тIом 1758-чу шарахь – ворхI баттахь, 1783-чу шарахь бархI баттахь лаьттира.

ХIора поход оьрсийн эскаршна баккхий эшамаш хуьлуш чекхйолура.

Масала, 1785-чу шеран 26-чу июнехь Алда уллохь хиллачу тIамехь оьрсийн эскарехь дакъалоцуш йара Астрахански полк, Кабардински гIашлойн полкан батальон, Тенгински гIашлойн полкан гренадерийн рота, Теркан гIалагIазкхийн масех бIо. Оцу тIамехь 300 салти а, 9 эпсар а, отрядан командир полковник Пьери а вийра, 200 салти йийсаре а лецира нохчаша.

1785–1791-чуй шерашкахь, шайх Мансур коьртехь волуш, болабелла оьрсийн колонизаторшна дуьхьал йалх шарахь шина баттахь лаьттина тIом чекхбаьлча, тIaьхьадеана ткъе шийтта шо, йукъ-кара кегий тасадаларш ца дагардича, мелла а машаре хилира.

1816-чу шарахь инарла Ермоловс болийна тIом 1861-гIа шо чекхдаллалц – шовзткъе пхеа шарахь – лаьттира.

Ламанан массо а халкъаша – кегийчара а, даккхийчара а – шайн ницкъе хьаьжжина, шаьш ницкъ эшна кIелдиссалц герзаца турпала дуьхьало йира Iазап а, лолла а дохьуш шайн махка гIоьртинчу российски империна. Амма колонизаторшна дуьхьал иттаннаш шерашкахь бахбеллачу оцу тIеман авангардехь а, коьртехь а кхечу халкъел барамехь доккха а, феодалийн лоллехь доцуш, маьрша даьхна а нохчийн халкъ дара. Шен амалшца къармазечу цо уггар йеха а, дера а дуьхьало йира Россина. Шемалан эскарийн коьрта ницкъ нохчий бара, цуьнан уггар майра, говза, доьналле наибаш а нохчий бара. Нохчийчохь хуьлура оьрсийн эскаршца уггар баккхий тIемаш, кхузахь бара Кавказски эскарийн коьрта ницкъаш а. Нохчийчу хьийсабора тIамехь зеделларг долу, тIеман лаккхара говзалла йолу гIарабевлла оьрсийн полководцаш а. Нохчийчохь хуьлура оьрсийн эскаршна уггар даккхий дараш а, баккхий эшамаш а.

1842-чу шарахь итт эзар салташца, эпсаршца Нохчмахка гIоьртина инарла Граббе, цигахь вийна а, чевнаш хилла а 1700 салти а, 66 эпсар а вуьтуш, йухавелира.

1845-чу шеран июлехь, шеца 30000 салти а, 1200 гIалагIазкхийн дошло а, 22 йоккха топ а, гуьржийн, хIирийн, гIебартойн милици а йолуш, ДегIастанан лаьмнашкахула къилбехьахула Нохчмахка веана инарла-адъютант эла Воронцов, нохчийн хьаннашкахь вийна 4000 салти а, 166 эпсар а, виъ инарла а вуьтуш, дийна бисинчаьрца ведда, кIелхьарвелира.

Къилбаседа Кавказехь Россин уггар нуьцкъала а, кхераме а, къармазе а дуьхьалончаш нохчий хиларна, шайн коьрта тохарш Нохчийчоьнна тIедерзийнчу оьрсийн эскарийн командованис, кхечу халкъашначул дукха а, даккхий а зенаш, зуламаш, бохамаш бинера нохчийн халкъана. Хьалха а, тIаьхьа а хилларг дагар ца дича а, академика Бержес дийцарехь, 1840–1850-чуй шерашкахь мосазза а йохоза, йагоза цхьа а йурт ца йисинера аренан Нохчийчохь. Иттаннаш шерашкахь бахбеллачу оцу тIамехь ах сов боьрша нах байъинера, халкъо бIешерийн дохалла хьацарца къахьоьгуш кхоьллинарг, кхиийнарг, историн а, культурах а хIолламаш, Iалам, къоман сийлахь мел дерг хIаллакдинера. Оцу тIамо лаххара а шина-кхаа бIешарна сацийра цуьнан исторически кхиар.

1877-чу шеран апрелехь, Iаьлбаг-Хьаьжа коьртехь а волуш, паччахьан Iедална дуьхьал тIаьххьара а боккха гIаттам хилира Нохчийчохь. И гIаттам болийнарш уггар къечу, бохамечу хьолехь йолу ламанан Нохчийчоьнан йарташ йара, амма царах дIа ца кхийтира аренгара йарташ. Цкъа-делахь, тIеман гIаьпнийн йаккхийчу тоьпийн биргIанашна кIел а, гIалагIазкхийн станицийн гонна йуккъехь а йара уьш; шолгIа-делахь, ломарчу нохчийчул мелла а алсам латта а, сискал а йара церан. Амма коьртаниг кхин дара. XIX бIешеран йуьххьехь, оьрсийн-нохчийн тIом болалуш, нохчийн махкахь вехаш цхьа а оьрси вацара. Амма 1818-чу шарахь дуьйна, цкъа «Грозная» цIе тиллина гIап а йиллина, тIаккха шаьш нохчийн дIалоьцучу латтанаш тIе тIеман гIаьпнаш а, гарнизонаш а йохкуш, и латта шайна тIечIагIдан а, нохчашкахь дисинарг схьадаккха а, хIара халкъ къардина, лолле дерзо а Iалашо йолуш, оцу гIаьпнашна улло оьрсийн колонистийн слободаш йохкура правительствос. XIX бIешеран шолгIачу эхехь нохчийн уггар дикачу махка тIе, дукхахйолу нохчийн йарташ дIа а йохуш, гIалагIазкхийн станицаш йехкира. ХIинца Грозный-гIалел совнаха, Нохчийчохь ткъе шиъ тIеман гIап а, ткъе шиъ гIалагIазкхийн станица а йара. Станицашкара бIе эзар гергга гIалагIазкхи Iедало, олуш ма-хиллара, цергашна тIехIотталц герзаца кечвинера, царал совнаха, тIеман гарнизонашкахь эзарнаш салтий а, йаккхий тоьпаш а лаьттара. Доцца аьлча, хIинца нохчел алсам оьрсий бара Нохчийчохь.

Цул совнаха, иттаннаш шерашкахь лаьттинчу тIамо ах боьрша нах байъинера, бахамаш хIаллакбинера, халкъ чIанадаьккхинера. Уггар коьртаниг: оцу тIамо, Iедалан къизалло, харцонаша, питанаша, йамартлонаша дукхахболу нохчий шайн хьалхалерчу оьздангаллех, собарх, ийманах бохийнера. Хьалхалера хьекъале, оьзда, майра, халкъана тешаме баьччанаш а, бIаьхой а тIамехь байъина а, махкахбаьхна а, белла а дIабевллера. Цундела оцу хьолан кIорггера ойла йечара дог диллинера, къоман барт хилча а, нохчийн шайн цхьаьннан ницкъаца паччахьан Iедал а дохалур ду, шайн махкара колонизаторш ара а бахалур бу бохучух. И ойла йийраш, шайн кхоллам Делан кара а белла, севццера.

Дерриг халкъ паччахьан Iедална дуьхьал гIатта ницкъ а, барт а бацахь а, нохчаша дог ца дуьллура шайн маршонах. Россина дуьхьал тIом сацийнехь а, къарбелла, цуьнан олаллина кIел ца севццера уьш. Къаьст-къаьстинчу нохчаша шайн ницкъ кхочу бекхам оьцура шайгара маршо дIайаьккхинчу, шайн халкъан коча Iазапан, лоллин дукъ доьллинчу харцонийн, йамартлонийн паччахьан Iедалх. Паччахьан эскарийн гарнизонашна тIелетара, къиза хьаькамаш бойура, банкаш, почташ талайора, гIалагIазкхийн хьолахошна къоланаш дора. Шайн ницкъ ма-кхоччу хIара мохк колонизаторшна къахьбан, церан когашна кIел латта даго, оцу некъашца уьш хIокху махкара арабаха гIертара.

Оцу халкъан бекхамхойх обаргаш олура. И обаргийн болам XIX бIешеран кхузткъалгIачу шерийн йуьххьехь болийнера гIараваьллачу обарго – гиххойн Варас. Обаргийн, халкъан бекхамхойн, халкъан сийлахьчу кIентийн тIаьххьара а нуьре седа бара хорачойн Зеламха.

Шаьш обаргаш бу бохуш, къуй а, талорхой а бара къомана зуламе бевлла лелаш. Церан цхьа а тайпа бала бацара шайн къоман кхолламца.

Россин империн дегIа тIехь цкъа а ца йоьрзуш, даим а цIий Iийдалуш, лаьттар йолу чов, лазарийн даI дара Нохчийчоь. И чов, и даI доьрзур ду бохург хьехочохь а дацара, нохчашна маршо а йелла, и меже цо шен дегIах дIа ца къастийча. Ткъа Россина иза ца лаьара. Цкъа-делахь, Россина нефть латточу шина махках цхьаъ Нохчийчоь йара. ШолгIа-делахь, Нохчийчоь дIакъастийча, изза луур дара Россин олаллина кIелхьарчу кхечу даккхийчу а, кегийчу а халкъашна.

Россина дуьхьал нохчийн къоман маршонехьа бакъонца къийсаме шайн-шайн хьежамаш бара кхузарчу колонистийн. ХIокху къийсамехь нохчийн халкъ тоьлла, йа революцин некъашца паччахьан Iедал дохийна, хийцамаш а хилла, иза шен лааме даьлча, шайна кхерам гора царна массарна а. Хьолахой – шайн долара заводаш, фабрикаш, промыслаш, банкаш, туьканаш, кхиерш а дIайовларна. ГIалагIазкхий – шайгара мохк дIабаккхарна. Оьрсийн кхечу белхалойн а, муьжгийн а цхьана а тайпа хьагI-гамо йацара нохчашца, цаьргара дIадаккха долалла а дацара. Амма уьш а кхоьрура, шаьш кхузахь халла тарйинчу хIусамашкара ара а баьхна, балхах а бохийна, лелхийна Россе дIахьовсорна. Цигарчу къелло, мацалло арабаьхна ма баьхкинера уьш.

Россин империн арахьарчу политикин мах хадош, иза ша кхоллаелчахьана дуьйна схьа даим а варварийн пачхьалкх йу аьлла Маркса а, Энгельса а. Иза европейски реакцин букъан сирт, коьрта гIортор, гIоьналлин эскар, Европин жандарм, революцийн, шайн маршонехьа къуьйсучу халкъийн чаьлтач, халкъийн мостагI йу аьлла. Европин пачхьалкхашна, халкъашна йукъа питанаш туьйсуш, мостагIалла кхуллуш, уьш вовшийн коча туьйсуш, цIий Iенадойтуш, дуьненахь шен олалла хIотто гIерта иза даим а. Россин дипломати кху заманан шатайпа иезуитийн орден йу. Шен арахьарчу политикехь боьха а, цIена а гIирсаш ца къестабо цо. Тешнабехк, йамартло цIийх йоьлла цуьнан, къайлах адамаш дайар цуьнан корматалле дирзина. Кхечу пачхьалкхийн политикин, дипломатин, тIеман деятельш оьцуш а, бойуьйтуш а ахча ца кхоадо. Шайн толамах шовкъ хуьлу, эшам хиларх догдиллина йуха ца бовлу, миллионаш салтий къинхетамза тIаме лоьхкуш, бойуш, церан декъашна тIехула, цIийн Iоврашна чухула импери шорйо, чIагIйо. Амма Россин арахьара политика Iаламат мекара йу. Шел нуьцкъалчу пачхьалкхашца девнах, тIамах къехка иза, гIорасизчу, къечу шведашца, туркошца, персашца тIом бо, церан мехкаш дIалоьцу. Россин исторически сатийсам бу православни килсан коьрта шахьар хилла Константинополь бусалба туркошкара схьайаккхар, Босфор, Дарданелла, Эгейски а, Адриатически а хIордаш, Балканаш дIа а лецна, Дуьненайукъарчу xIоpдa тIехь шен олалла а хIоттийна, цигахула дуьхьал Малхбале европахой лела хIордан некъ шен тергамна кIел латто бохуш, йаздина Маркса а, Энгельса а.

Оцу Iалашонца Россис кест-кеста тIом бора туркошца. Амма ша цаьрца тIом кхайкхош, Россис шен баккъал йолу Iалашо ца йуьйцура. Оьрсашца цхьана динехь болу эрмалой а, грекаш а, цхьана динехь а, цхьана цIийх а болу болгараш а, сербаш а бусалба туркойн Iазапах маршабаха Iалашо йолуш тIом болийна ша, олура. Йа цкъа хьалха грекаш, болгараш, сербаш туркойн Iедална дуьхьал а гIовттабой, тIаккха «керста вежаршна гIоьнна» олий, туркошца тIом болабора. Вуьшта аьлча, ша кхечу халкъийн мохк дIалоцуш, уьш шен лолле дерзош, ша дIа мел бо тIом цивилизацина, культурина, исторически кхиарна тIаьхьадисинчу оцу халкъашна йукъа культура, цивилизаци йаржо дIалоцу ша, олура Россис. Ткъа варвараш аьлла Европехь цIейаханчу бусалба туркойн пачхьалкхехь бехачу керста эрмалойн, грекийн, болгарийн, сербийн бакъонаш а, маршо а дуккха а алсам йара, Iep-дахар дика дара шайн махкахь, шайн оьрсийн паччахьна, цуьнан Iедална кIел бехачу оьрсийн муьжгийчул. Импери чуьра кхидолу халкъаш-м хьовха, оьрсийн халкъ а къизачу Iазапехь, лоллехь латточу оьрсийн паччахьна, правительствона, хьолахошна гIенах а дага ца догIура туркойн олаллина кIелхьара керста халкъаш маршадаха а, царна маршо йала а. Лакхахь йийцинчу Iалашонал совнаха, и халкъаш туркойн лоллера схьа а даьхна, шен лолли кIел дерзо Iалашо йара Россин.

Доцца аьлча, иштта мах хадийна Маркса а, Энгельса а Россин арахьарчу политикин. Ткъа цуьнан чоьхьара политика хIумма а дикачу aгIop къаьсташ йацара арахьарчух. ХIунда аьлча муьлххачу а пачхьалкхан чоьхьара а, арахьара а политика, вовшашца къастам боцуш, ши йиша хуьлу. БIешерийн дохалла оьрсийн халкъ къизачу лоллехь латтадора цо, кхечу халкъийн мехкаш дIалоьцуш, импери шоръеш, чIагIйеш, цигарчу халкъашна тIехь шен олалла хIоттош, чIагIдеш, салтийн чоэш тIедуьйхина миллионаш оьрсийн муьжгий хIаллакбора, ахархойх, бежанех санна, йохка-эцарш йора, шен толлу жIаьла мехала а, сийлахь а дара помещикана шен доларчу ахархочул.

Ткъа империна чохь дехачу кхечу къаьмнийн оьрсийн кIеззиг йолчу бакъонех уьтталгIа дакъа а бакъонаш йацара. Сибрехахь, Казахстанехь, Йуккъерчу Азехь, Кавказехь ша дIалецначу латтанашна тIе оьрсийн колонисташ, къаьсттана – гIалагIазкхий, охьаховшабора, уьш законашца а, бакъонашца а меттигерчу туземцел масех тIегIа лакха хIиттабора. Уьш Россин колонешкахь империн гIортораш йара. Россин губернешкахь латта а доцуш, адамийн цхьа а тайпа бакъонаш а йоцуш, помещикийн лоллехь лаьттина, ткъа оцу лоллех маршабаьхча а латта а доцуш, шайн доьзалш хене баха сискалан йуьхк йоцуш бисинчу оцу муьжгашна империс дIалецначу мехкашкахь уггар тоьлла латта а, шайн даймахкахь церан ца хилла бакъонаш а, маршо а йеллера. Iедалан чиновникаша а, килсийн мозгIарша а даим а дIа оцу колонистийн лерехь зурма лоькхура, цигахь шу оьрсийн пачхьалкхан гIортораш йу, хьекъалца а, кхетамца а, цIийца а шу туземцел лакхахь ду, колонешкахь оьрсийн Iедал, олалла латтош а, чIагIдеш а цуьнан гIортораш хила деза шу бохуш. Нагахь санна шу оьрсийн пачхьалкхана, Iедална, паччахьна тешаме ца хилахь, аш йамартло йахь, оьрсашна дуьхьал гIевттинчу туземцашца шун уьйр хилахь, аш царна гIo дахь, пачхьалкхо, шуна делла латта а, бакъонаш а дIа а йаьхна, сагIа доьхучу хьоле хIиттор ду шу бохуш. Цундела Россин империна а, паччахьна а, цуьнан Iедална а уггар муьтIахь болу оьрсий колонисташ бара. TIе, колонехь вехачу уггар хьекъална аьртачу а, къечу а муьжгичунна меттигерчу туземцел ша лакхара, ша господин, ткъа и туземец шен лай, йалхо хила хьакъ хетара.

Пачхьалкхан правительствос, колонешкахь империн олалла латто а, чIагIдан а Iалашо йолуш, цхьана aгIop – къаьмнашна йуккъехь, вукху агIор – хIора къоман феодалашна, тайпанашна, тукхумашна, динан вирдашна йуккъехь вовшашка цатешам а, цабезам а, мостагIалла а кхуллуш, къаьмнийн а, къаьст-къаьстинчу къоман а барт а, цхьаалла а йохайора, къайлах а, даррехь а адамаш дойура, меттигерчу халкъийн шайн маршонехьа къийсам къинхетамза хьоьшура. Оцу Iалашонца цхьаьна, кхин а генна хьалха хьажийна ши Iалашо а йара империн: кегий къаьмнаш русифицировать дар, йа церан къоман мотт, истори, культура, йахь-оьздангалла, гIиллакхаш, даймахке безам, лерам, къоман сийлахь, хьурмате мел дерг хIаллак а дина, царах къоман йуьхь йоцу космополиташ, манкурташ бар.

Россин политика шен массо а колонехь цхьатера йацара. Меттигерчу къоман амалшка, ницкъе, шена дуьхьало йаре хьаьжжина, къиза йа кIеда хуьлура иза. Ткъа къармазечу Нохчийчохь кхечу цхьана а колонехь доцу шатайпа къиза законаш а, шатайпа тIеман-колониальни Iедал а хIоттийнера. Нохчийн халкъ къардан, шен олаллина кIел сацо гIерташ, цунна дуьхьал Россис пайда оьцура лакхахь бийцинчу берриг а гIирсех.

2

БуритIахь, дукхахьолахь, шийла хуьлу февраль бутт 1909-чу шарахь, цкъа доккха ло дуьллуш, тIаккха малх беанчу дийнахь иза дешаш, урамашкахь, некъашкахь лайн шаткъ, хоттан нитIa хIуттуш, дуькъа дохк, тIуьна шело лаьтташ хилира.

10-чу февралехь гIаларчу «Империал» Гранд-отелана хьалхарчу жимачу майданахь а, цунна тIедогIучу урамийн дохалла йистошца а дIахIиттийна пайтонаш, гIудалкхаш, царна йуккъехь цхьа автомобиль а лаьттара. Мехкан доцчу цхьана тамашийнчу дийнате санна, уллохь соьцуш, цуьнга хьуьйсура кучерш, денщикаш, урамехула дIасалела адамаш а.

Отелан банкетан цIа чохь гулвелла бIе сов стаг вара. Ламанхойн даточу бустамашца кечдина чоэш, детица кхелина доьхкарш, шаьлтанаш йолуш, коьртахь холхазан лекха куйнаш долуш гIалагIазкхий, жан а, дохнан а долахой, хIирийн, гIебартойн хьолахой. Коьрта техкина шляпанаш, цилиндраш, тIейуьйхина сюртукаш, френчаш, логах йихкина тайп-тайпана галстукаш йолуш промышленникаш, банкираш, совдегарш.

Областера и хьолахой деккъа цхьана гIуллакхо гулбинера кхуза. Халкъан бекхамах шайн синош а, бахамаш а ларбан некъ лаха. Уьш къаьмнаша а, дино а ца къастийнера. Оьрсийн, эрмалойн, жуьгтийн, хIирийн, гIебартойн къаьмнех а, керста, бусалба, иудин динехь а бу бохуш цIерш йу церан, амма оцу хьолахойн шайн цхьа къам ду, церан йукъара Дела а, дин а – деши, ахча, хьал ду. Царна Iибадат до цара, царна хьалха суждане боьлху уьш.

Арахь тIедоьлхуш тIеда ло, урамашка хIоьттина дуькъa дохк долуш, чохь бодане хиларна латийнчу йаккхийчу люстраша серладаьккхинера цIа. Оркестрана кечйинчу сцени тIе хьала а ваьлла, тIехула сийна бархат оьзначу йоккхачу стоьла уллохь а сецна, ах го беш хIиттийнчу кIедачу гIанташ тIехь а, партерашкахь а хевшина Iачу шен бартахошка бIаьрг а тоьхна, кисанара схьадаьккхина кIайн йовлакх йерстинчу вортанах а, хьаьжа тIе а, кIунзал баьлла лепачу боккхачу коьртах а хьаькхна, къамел долийра гуламан председатель хаьржинчу лохочу, зоьрталчу дегIарчу нефтепромышленнико Ахвердовс:

– Хьомсара господаш! Масех шо хьалха Россехь хиллачу революцин уггар хала, бохаме киртиг вай лайна. Нагахь санна Россин губернешкахь Iедална дуьхьал гIевттинарш оьрсийн белхалой а, ахархой а бен ца хиллехь, кхузахь оьрсийн белхалошца цхьаьна вайна дуьхьал нохчий а гIевттинера. Нагахь санна оьрсийн белхалоша герзаца дуьхьало йеш наггахь меттигаш бен ца хиллехь, ткъа ахархоша помещикийн бахамаш талош, багош хиллехь, церан а, вукхеран а бунт хьаша йерриг а губернешкахь масех рота салтий а, гIалагIазкхийн масех бIо а тоьънехь, кхуза нохчийн дуьхьало кагйан герзаца кечбина боккха ницкъ татта дийзира. Амма нохчийн дуьхьало тахана а кагйина йац, и халкъ къардала гена ду, нохчаша хаддаза зуламаш до. Цара некъахой талабо, почта, банкаш талайо. Адамаш дойу, лечкъадо. Iедална а, халкъана а къаьсттана бале ваьлла массарна вевзаш волу обарг Зеламха. Цо Iедало хIиттийна хьаькамаш бойу. Уллохь цхьа рота салтийн ха долуш бен, новкъа дIасаваха маршо йац хьаькамна. Ткъа Iедал гIорасиз ду и зуламхой а, зуламаш а совцо. Йа, нийсса аьлча, кIорггера ойла а йина, генна лаьцна Iалашо а йолуш, и зуламхой а, зуламаш а совцо Iедало деш хIумма а дац. Iедалан гIорасизалла, йа и зуламаш гуттаренна а совцо цо деш хIумма а цахилар бахьана долуш, хIокху махкарчу оьрсийн а, кхечу къомах адамийн а дахар а, бахамаш а хIора сохьтехь, хIора минотехь кхерамехь ду. Белхалойн забастовкаш, стачкаш, йа, нийсса аьлча, анархи бахьана долуш масех баттахь болх ца беш севцца лаьттина нефтепромыслаш, заводаш, фабрикаш, мастерскойш. ДIачIаьгIна лаьттина туьканаш, банкаш. Белхалоша йоккхачу акхараллица йохийна дуккха а техника, белхан гIирсаш. Церан дайшна хилла зен маситта миллион соьме хьаладаьлла. Иза хьан меттахIоттор ду царна? Цхьамма а. Пачхьалкхана налогаш токхуш, гIалахь цIенош деш, йукъараллин гIишлош йеш, урамаш, некъаш дохкуш, тоеш, ишколашна, больницашна гIо деш харжаш йечу, кхузахь российски державан гIортораш хилла, кхузахь Iедал вешан белшашна, баккъашна тIехь латточу вайн бакъо йу, моьтту суна, вешан лаам Iедале сацам боллуш дIахьебан, йа ваьшна хетарг цхьа а тайпа шалхонаш, хьийзораш йоцуш дIаала а. ХIинца шайна хетарг аш схьааьлча, дика ойла а йина, йукъара сацам тIеоьцур бу вай.

Сценин цхьана агIор йуьстах хIоттийнчу трибуне хьала а буьйлуш, къамелаш дора хьолахоша. Нефтан промыслийн фирманийн долахошна тIера къамел дира цхьаммо. ТIаккха рогIехь хьалабуьйлура дохнан, жан, говрийн реманийн долахой. Совдегарш, коммерчески банкийн долахой. Оьрсий, эрмалой, гIалагIазкхий, хIирий, гIебартой.

Нохчийн хьолахойх цхьа а вацара гуламехь дакъалоцуш. Ширчу-Юьртарчу МурзабековгIар, ЭльмурзаевгIар, Майртуьпара БимурзайевгIар, МуртазовгIар, ЗакаевгIар, Кен-Юьртара МустапаевгIар, Iоди-Юьртара IодуeвгIap, хьолана гIарабевлла совдегарш МациевгIар, цIеран хьерийн дай БашировгIар, кхин дуккха а. Уьш кхуза ца кхайкхинера а, хаацара, йа, кхайкхинехь а, шайн махкахойх кхерабелла, ца баьхкинера а, хаацара, йа, кхузахь къамелаш нохчашний, гIалгIашний дуьхьал хир дуйла хууш, хIокху тобанан декъашхой хила ца лиъна ца баьхкинера а, хаацара.

Къамелахоша, цхьаболчара багара цинцаш а детташ, цIогIане маьхьарий а хьоькхуш, неIалт кхайкхадора нохчашна а, гIалгIашна а, уьш зударшца, берашца, къеначаьрца, хIy дойуш, лаххьийна хIаллакбина, хIокху дуьненара дIабахаре кхойкхура. Кхечара, сих ца луш, собаре дагардора цара хIокху тIаьххьарчу ах бIе шарахь Россина а, кхузахь бехачу оьрсашна а дина зуламаш. Къоланаш, талораш. Адамаш лечкъор, дайар. Дийна доллуш адамаш йа церан декъий дагор. Областехь дIа мел дина зулам нохчашна а, гIалгIашна а коча дохуьйтуш. Ткъа оцу талорхойн гIеранаш цхьана нохчийн а, гIалгIайн а хилла ца Iapa. И гIеранаш йара гIалагIазкхийн а, хIирийн а, гIебартойн а, гIалмакхойн а, дегIастанхойн а. Шаьш-шаьш къаьстина а, массо а къаьмнех зуламхой цхьаьнакхетта а. Делахь а бехке бийриш нохчий а, гIалгIай а бара. И зуламхой царна йукъахь алсам хиларна а, и ши халкъ шайна бIаьрга ган цадезарна а.

Амма къамелахойх цхьаммо а дош ца олура нохчийн халкъерчу бохамечу хьолах. И цхьаболу нохчий оцу зуламашна тIетоьттучу бахьанех лаьцна. ГIалагIазкхийн хьолахоша ца дуьйцура кхузара ткъе ши станица нохчашкара дIабаьккхинчу ах миллион десятина уггар тоьллачу махка тIехь йиллина хилар. Цигара дIалаьхкина нохчий тIулган лаьмнашкахь, уьшалечу хьаннашкахь, шайн доларчу лаьттан коржамашна тIера даьллачу йалтех доьзалш Iаьнах баха а таро йоцуш, мацалла хьоьгуш хилар. Ца дуьйцура Iедало а, шаьш а оцу халкъана тIехь латточу Iазапах, къизаллех, харцонех лаьцна. Импери чохь дехачу къаьмнашлахь уггар дукха цамгарш, баларш хуьлуш дерг нохчийн халкъ хилар. Цуьнан махкахь берашна деша цхьа а ишкол, йа цомгашчарна дарба лело цхьа а больница цахилар. БapхIитта бер долчу доьзалехь Iаьнан заманахь массеран а йукъара цхьа мачаш а, тIехула йуху йовха цхьа бедар а бен цахилар.

Нохчийн мехкан уггар коьрта, хьоле хазна мехкадаьтта дара. Амма оцу мехкадаьттанан цхьа тIaдaм а нохчийн халкъана кхочуш бацара. Цуьнан дай бара оьрсий, эрмалой, англичанаш, французаш, бельгийцаш, немцой. Оцу хьолахойн гIеранна йуккъехь нохчийн цхьа доьзал бен бацара. Оьрсийн паччахьашна доггах гIуллакх динчу инарла Чермоевн доьзал.

Ткъа оцу гIеранна и мехкадаьтта доккхуш уггар хала белхаш бийраш нохчий бара. Цара гIунаш охкура белашца, зIокбергашца. ГIу кIаргйелча, машшех дихкинчу чийлакаш чохь латта хьала а дохуш. Газах ларбала йуьхьах дуткъачу эчиган мIаьжгаш а йухкий. МIаьжгах тесначу резинкин шланга чухула гIун кIоргехь болхбечунна хIаваъ лора лакха тIехь левси кховсучо. ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь мехкадаьтта доккхуш, цIеран ницкъаца болх беш, техника йукъайаьллера, амма дукхахболу болх куьйгийн ницкъаца бора. И хала белхаш беш болу нохчий хеназа цамгарша кIелбуьтура, къанбора, заьIап бора, хеназа кхалхарна тIебуьгура. Оьрсийн белхалойн хьелаш а дацара атта. Шийтта-дейтта сохьтехь болх бора цара. Амма нохчийн белхан де церачул деха, ткъа алапа мосазза а лахара дара. Промыслашкахь а, гIалахь а белхаш беш кIезиг бара нохчий. Кхузахь белхаш бан говзаллаш а йацара церан, цул совнаха, гIалахь балха а ца оьцура уьш, кхузахь баха ховша бакъо а ца лора.

Шайн дайшкара паччахьан Iедало гIалагIазкхашна а, гIебартойн, чергазойн, гIумкийн элашна а дIаделлачу латтанаш тIехь йолах болх беш болу эзарнаш нохчий а ца хьехабора. ХIокху махкахь доьзалшна сискал йаккха болх боцуш, ги пIаьлдигаш а тийсина, БуритIахула, Бакохула, Тифлисехула, Харковхула, Батумехула, Ростовхула, Москохула, Петарбухе кхаччалц меца, берзина буьйлабелла лела эзарнаш нохчий а ца хьехабора. Уьш а, кхин дуккха а шайн а, Iедалан а бехкенна кхолладелла зуламаш а, халкъера бохам а, баланаш а ца хьехабора хIокху гуламехь къамелахоша, ткъа шаьш бIарздинчу, собар кхачийнчу декъазчу халкъо гIийла йен дуьхьало хьаша, иза къардан, цунна къиза таIзар дан бахьанаш а, некъаш а лоьхура.

3

Гуламан дакъалацархошна цхьатера ца хуьлура нохчашкахьара зенаш-зуламаш. Нийсса аьлча, мехкадаьттанан промыслийн, заводийн, фабрикийн дайшна, цхьа наггахь кассашкара ахча дахьар бен, кхин сингаттам ца болура нохчашкара. Оцу хьолахошна зенаш дийриш оьрсийн белхалой бара. Масех дийнахь, масех кIиранах, ткъа цкъацкъа масех баттахь а забастовкаш, стачкаш йеш, болх сецабора цара. Царал тIаьхьа мелла а зенаш хуьлура туьканийн, банкийн дайшна а, пачхьалкхан почтана а. Нохчашкахьара къаьсттана баккхий бохамаш хуьлурш гIалагIазкхийн бахархой а, совдегарш а бара. Цундела хIокху гуламехь къамелаш дан трибуни тIе хьалабуьйлурш гIалагIазкхий хуьлура.

РогIехь трибуне хьалавелира лекхачу, зоьрталчу дегIара, хьаьжан ах дIалоцуш йеха кIужалш хьийзина никIапа а, дукъ сеттина стомма мара а, цунна кIел хьаьрса даккхий мекхаш а, йеха йеакIов чIениг а йолуш гIалагIазкхи. Ша Кахановски станицан атаман ву аьлла, вовзийтира цо.

– Революцин ун даьржинчу шерашкахь шуна масех миллион соьмана зенаш хиллийла, хаьа суна, – долийра цо гIоргIачу озаца. – Господин Ахвердовс хоьтту, и шайна хилла зенаш хьан меттахIиттор ду, бохуш. Тхан, гIалагIазкхийн, дог лозу и зенаш хиллачу шух. Амма, Далла бу хастам, гIалагIазкхашна хиллачу а, хуьлуш долчу а зенашца дуьстича, и шуна хилларг хIумма а доцург ду. Шун мехкадаьттан промыслийн, заводийн, фабрикийн гIишлош а, белхан гIирсаш а ларбелла. Кхерам гepгa гIоьртича, аш хьалххе кIелхьардаьккхина шайн ахча а, механа деза мел дерг а. Революцин дарц тIехдаьлча, цхьана йоццачу хенахь аш меттахIиттийна бунтовщикаша йохийна гIишлойн неI-кор, техника, белхан гIирсаш. Бехке берш балхара мукъабаьхча, бисинчу белхалоша шун болх дIаболийна. Аш балхамаш бахь а, шуна хилла зенаш-зуламаш тоххара меттахIиттина. Оцу тIехь пачхьалкхо мелла а гIo а дина шуна. Цхьадерг белхалойн хьокъах а меттахIоттийна аш. Церан белхан дийнан хан йахйеш а, алапаш лахдеш а, гIуданаш токхуьйтуш а, церан Iер-дахаран хьелаш кхолларна шаьш хIетталц йеш хилла харжаш дIайохуш йа лахйеш а. Оцу дерригенна а тIе шун дахар а, шун бахамаш а ларбеш Iедал, салтий, полици, жандармери, гIалагIазкхий бара…

Гуламан йозанча къастийна говрачух тера йуьхь а, белшаш тIе хIуьттуш месаш а, лергашна лаха йевлла бакенбардаш а, дуткъа тодина Iаьржа мекхаш а долуш, шовзткъа шо хенара стаг, пIелгаш йуккъехь къолам а ловзош, цкъацкъа зала чу бIаьрг а тухуш, тIаккха шена хьалха Iуьллучу цIеначу кехат тIе цхьацца сизаш а хьоькхуш, сагатлуш хиъна Iapa. Цуьнан меттана болх беш йара дехьо, жимачу стоьла уллохь, хиъна бIаьргех доьхкина даккхий куьзганаш долу къаналлехьа лестина эгIаза зуда.

– Амма тхан станичникашна хилла а, хуьлуш долу а зенаш-зуламаш, церан дахарна, бахамашна болу кхерам а бIозза алсам бу, йа, нийсса аьлча, иза бийца а, цуьнан суртхIотто а хала ду. Цхьа бежана, уьстагI, говр кхиош лаххара а пхеа шарахь къахьега деза гIалагIазкхичо. Уьш дажош, царна докъар, хIоъ латтош, божалш цIандеш, уьш дузош, хи малош, даим дIа дийнахь а, буса а царна тIехь Iуналла латтош. Цо къица, хьацарца масех шарахь къахьоьгуш кхиийна бежана, уьстагI, говр нохчаша, богIий, дажа дIалаьллинчуьра, йа божалара доккхий, дIадуьгу. Йа новкъахь дуьхьал а бовлий, ворданна, гIудалкхана доьжна стерчий, говраш дIадуьгу. Шуна ма-хаъара, стерчех, говрех ваьлла йуьртахь веха, лаьттаца болх бен стаг ши куьг доцуш санна хуьлу. ГIалагIазкхичун а ма бу кхаба безаш доьзалш, пхиъ-итт бер доцуш цхьа а доьзал ма бац. Царна рицкъа ма деза. Цкъа бежанах, старах, говрах хаьдча, йуха уьш дендан масех шо хан ма йеза. Уьш эца ахча ма деза цунна. Ткъа и ахча, даьхни, йалта ца доьхкича, иза кхин тIе дан aгIo ма бац цуьнан. Мухха лол тоьхна а, цо керла дендина даьхни нохчаша дуьгур дац ала, цхьа де а тешаме ца хуьлу… Дукхахьолахь, даьхни дигна а ца Ia уьш. Дохнан да йа Iу воьй, йа гIибаваллалц йеттий, лечу хьоле а воккхий, йа йерриг а шен оьмарна иза заьIап вой, дуьгу. Жа-бажа, говраш станицел арадаьхна дежийлашка дIалахка йиш йац. Говраш а, стерчий а ворданна-гIудалкхана доьжна гIaла, луларчу станице ваха йиш а йац. Тхан дахар а, бахамаш а, дийнахь а, буса а, даим а кхерамна кIел лаьтта. Оцу хьокъехь, масала, тхешан станицера байъинчу а, лазийнчу а нехан цIераш а йазйеш, тхайна дина зенаш-зуламаш а гойтуш, областан начальнике, чоьхьарчу гIуллакхийн министре, Пачхьалкхан Думе кхаччалц тхаьш нохчийн зуламах лардар доьхуш дехар йаздина оха. Амма хIинццалц схьа тхуна хилла гIо дац. Шуьгахь герз ду, нохчех шайн станицаш шаьш ларъе аьлла, жоп делла тхуна цуьнан локхалло инарла Михеевс. Иза ойла ца йеш йа, нийсса аьлча, тхоьгарчу хьолан бала боцуш делла жоп ду. Шуна ма-хаъара, эскарехь гIуллакх дан декхар болу гIалагIазкхий, дукхахьолахь, цIахь ца хуьлу. Масала, японцашца тIом болуш а, революцин шерашкахь а станицашкахь биснарш кхиазхой а, къена нах а бара. Берриг гIалгIазкхий цIахь хилча а, нохчех цара станица муха ларйийр йара? Уьш хьалххе хаам бой ма ца богIу, йа шаьш богIур болу некъ а ма ца буьйцу цара. Дагахь доцчу хенахь, дагахь йоцчу меттигашкахула богIий, тIелета. ТIехула тIе, шайн цIера а, кхаш тIера а белхаш дIa а тийсина, базара а, шайн гIуллакхана дIаса а ца бовлуш, аренашца, некъашца ха деш Iийна а бевр ма бац гIалагIазкхий…

Атаманан къамел дукха дахдала доьлча, гIиллакхехь иза йукъахваьккхира гуламан председатело:

– Станицашкара хьал массарна а дика хаьа, господин атаман. И зуламаш совцо хьайна хIун некъ го, дийцахьа.

– Ца хаьа суна. Ха латто а гIиртина тхо. Цунах а гIуллакх ца хилла. Станицашка йолах болх бан богIу нохчий совцо а гIиртина. Амма оцу тIехь а Iедало гIo ца лоцу тхан. Баккъал а аьлча, цига балха богIу «машаре» нохчий бу и къуй а, талорхой а станицашка кхуьйлурш. Тхуна хетарехь, станицашка богIу некъ нохчашна бехка беза Iедало.

Гуламан дакъалацархой дукхахберш лаьттан а, дохнан а долахой бара, ткъа царалахь а дукхахберш – гIалагIазкхий. ГIумкийн а, ногIийн а хьолахойх цхьа а трибуне хьала ца велира. Хетарехь, уьш кхоьрура нохчийн бекхамах. ГIалагIазкхийн санна, тIеман ницкъ а церан бацара, Iедалан тIома кIел а уьш бацара, цундела уьш тийна-таьIна Iара кхузахь. Говрийн заводан долахочо, гIебартойн хьолахочо, доцца къамел дира, гIалгIаша шайна беш болу ницкъ балхош. ХIокху тIаьххьарчу масех бIешарахь дуьненахь а гIараевлла йара шаьш хIy долийна кхиош йолу говраш. ГIалгIаша талораш деш, дийнна реманаш дIайуьгуш, болх бан а ца дитина, говрийн заводаш дIакъевлина шаьш, бохура цо.

ТIаьххьара а трибуне хьалавелира Соьлжан отделан атаман. Цуьнан къамел буьрса, кхерамаш туьйсуш хилира:

– Нохчашкахьара зуламаш совцо Iедало пIелг пIелгах тоьхна деш хIумма-м муххале дацара, ткъа цкъацкъа цаьргахьа гIо дохуш меттигаш а нисло. Масала, дукха хан йоццуш лаьттан доладаран хьокъехь БуритIа-гIалин Думо кхоьллинчу комиссин дIахьедар схьаоьцур вай. Теркан областан туземцашкахь лаьттан къелла йу, боху цо. ГIалагIазкхаша аренгара дIалаьхкина, нохчий тIулган лаьмнашка, чIажашка боьхкина, боху. Цунах а ца Iебаш, цигара уьш дIа а баьхна, цара гихь латта хьала а дохуш, тIулгийн лаьмнийн тархашна тIехь денйина лаьттан коржамаш шайн долайаха сатуьйсуш бу, боху, гIалагIазкхий. ГIалагIазкхашна ца оьшу и тIулгаш. Далла бу хастам, гIалагIазкхийн долахь шортта латта ду. ХIора боьршачу стеган сина ткъех десятина а кхочуш. ТIаьхьалонна латтош а ду масех бIе эзар десятина. Уггар хьоле, токхе, беркате латта. Шена чохь мехкадаьтта а, дарбане хиш а долуш. И мехкадаьтта доккхурш а, духкурш а гIалагIазкхий бацахь а, цунна тIера йал ло гIалагIазкхашна. Оцу йолах кхоллайелла ворхI миллион сом капитал йу тхан, хIора шарахь стамлуш, пайда луш. Кемсаш, басар доккху ораматаш, даьхни, говраш йу. Хиш ду, чохь шортта чIерий а долуш. Стоьмийн бошмаш йу. Тхуна стенна оьшу оцу нохчийн сагIадоьхургийн тIулгаш? Масех шо хьалха Пачхьалкхан Думехь вайн депутато Масловс нохчашкахьа гIo дохуш, воьлхуш дина къамел дагадогIий шуна? Ткъа вайн цхьаболчу бохкабеллачу йа кIиллочу интеллигенташа зорбанехь хьоькху маьхьарий? Нохчий къеллехь бу, мацалла леш бу, Iедало царна тIехь харцонаш лелайо, и халкъ лоллехь латтадо, бохуш! Тхуна цхьаъ дика хаьа. Нохчий хIокху махкахь мел бу, областехь а, Кавказехь а цкъа а машар а, синтем а хир боцийла. Уьш – зударий, бераш, къенанаш – цхьа а са ца дуьтуш, хIокху махкара дIа а баьхна, Россин къилбаседехьарчу губернешка дIалахка беза. Цигахь масех эзар чаккхарма гондIа тало йурт хир йоцчу. Салазашна жIаьлеш а доьжна, акхарошна толлуш, рицкъа лаха боьлча, тIаккха хуур ду царна къинхьегам хIун йу. ТIаккха йуьтур йу цара шайн аьрха, акха, цIийна сутара амалш. Йа лаххьабелла цигахь хIаллакьхир бy!

Шен кхайкхам зала чохь болчара къобалбина тIеоьцург хиларх тешна атаман, церан йаххьашна тIехула хаттаре бIаьрг а кхарстийна, сцени тIера каде чувоьссира.

Амма ладогIархойх цхьа а вист ца хилира…

4

Нохчийн халкъ шен даймахкара ара а даьккхина, иза Россин къилбаседа губернешка кхалхо идея кхоллаеллера паччахьан правительствон, кхузахь колонизаци йолийча, оцу халкъо шена тIамца дера дуьхьало йечу тIеман хьалхарчу шерашкахь.

Къилбаседа Кавказерчу кхечу халкъийн коьртехь цара хаьржина хьекъале, кхетаме, халкъан кхолламан бала болуш, иза зенех-зуламех, бохамех лардан, къоман барт бан гIерташ доьналле къонахий бара. Нагахь санна и халкъ дакъошка декъаделла делахь а, иштта нах xIора тайпанан, тукхуман коьртехь а бара. Оцу заманан цивилизацина генна тIаьхьадисина, архаични делахь а, халкъо, къобалдина, тIеэцна, массара а кхочушдеш Iадаташ а, Iедал а дара. Оцу халкъаша ладугIура шайн баьччанашка, цара аьлларг а, динарг а, къобалдой, тIеоьцура. Цундела паччахьан правительствона атта хуьлура оцу халкъашца йукъаметтигаш лело.

Ткъа нохчийн халкъан цо лоруш, сий деш, къобалвеш коьрте хIоттийна стаг ца хиллера цкъа а. Йа тайпанашка, тукхумашка декъаделлачу оцу тайпанийн, тукхумийн коьртехь а вацара иштта стаг. Нохчашна ца лаьара шайн хьекъале, кхетаме, оьзда, доьналле къонахий шайн коьрте а хIиттийнa, шайн кхоллам церан кара бала, иштта нах лера а, ларбан а. XIоpa нохчочунна лакхе йезара, коьрталла дезара, мелла а шел хьекъалениг, оьзданиг, доьналлениг, наха мелла а лоруш верг хIаллакван, бехван гIертара. Шена пайде дацахь, йа къоман Iадаташ а, йа шариIатан низамаш а тергал ца дора. Халкъан йукъара гIуллакхаш, гIиллакхаш дийцаре дан, сацамаш тIеэца гуллуш мехкан къанойх вовшахтоьхна Мехк-Кхел йара церан, амма цуьнан сацамаш дIакхайкхор бен, уьш кхочушбойтуш Iедал а, йукъараллин ницкъ а бацара.

Хьекъалечу, оьздачу стагах бIаьрг ца бузура нохчочун, цунна хьалха суждане ца воьдура иза, майрачу, ницкъ болчу, къизачу стагах бIаьрг бузура, цуьнга ладугIура, цунна тIаьхьахIуттура. Нохчашна тIехь ахь Iедал муха латтадора аьлла, шега хаьттича, имам Шемала жоп деллера: шен омра, шен низамаш кхочушдан дуьхьало йинчеран кортош а дохуш, уьш кертан хьокхаш тIе а духкуш; и кортош гина нохчо, чуха санна, эсала хуьлура аьлла.

Оьрсийн колонизаторшна уггар йеха а, луьра а дуьхьало йинарш а, церан эскарш тIехь толамаш баьхнарш а, церан эскаршна даккхий зенаш динарш а, ламанан халкъийн маршонан къийсамехь хьалха а, коьртехь а хилларш, и къийсам хIинца а ца сацош, шен ницкъ ма-кхоччу дуьхьало йийриш а xIapa къармазе, маршо йеза нохчий бара. Ламанан къаьмнаш даим а карзахдохурш, Россина дуьхьал гIиттораш а хIара нохчий бара. Нохчашна маршо йезара, амма и шайн йерг ларйан а, дIайаьккхинарг схьайаккха а, схьайаьккхинарг ларйан а герз а, майралла а йоцург, кхин гIирсаш ца бевзара царна. Йа, баккъал а йолу маршо муха хуьлу а, ца хаьара. Царна йевза а, йеза а маршо – иза цхьана а стеган куьйгалли кIел а доцуш, цхьана а Iедална, законашна кIел а доцуш, хIораммо а шена луъург дан мегаш йолу маршо йара.

Цундела и халкъ дерриг а хIаллак ца дича, къарлург хиларх дог диллинчу инарла Ермоловна дагадеара, иза хIокху махкара дIа а даьккхина, Россин къилбаседа губернешка кхалхо. Амма иза кхочушдан цуьнан аьтто ца нисбелира, туркошца а, персашца а йукъаметтигаш галйовлар а, цаьрца тIом болабалар а бахьана долуш. ТIаккха, кхузахь ламанхошца тIех къиза хиларна бехке а вина, паччахьо Кавказера дIаваьккхира иза.

Цул тIаьхьа цхьана ткъа шарна дIатеттира и идея. XIX бIешеран 40-чу шерашкахь оьрсийн эскарийн хаддаза эшамаш хуьлура Нохчийчохь. 50-чу шерашкахь нохчийн эшамаш хила боьлча, Крымски тIом болабелира, тIаккха кхузара дуккха а тIеман ницкъаш цига дIаоза дийзира оьрсийн правительствон. Крымски тIом чекхбелира, толам Россигахь а буьсуш, Англица а, Францица а, Хонкарца а Парижски машаре барт а беш. ТIаккха Россин аьтто хилира оцу тIамера мукъадевлла эскарш йуха а Нохчийчу дерзо. Нохчийн йуха а эшамаш хила буьйлира. Россин правительствона дагаеара нохчийн халкъ махкахдаккхаран Ермоловн идея. Нохчийн халкъ махках а даьккхина, Россин къилбаседехьарчу губернешка кхалхорца, нохчийн дуьхьало тIаьххьара а, гуттаренна а кагйина, империн дегIа тIера и луьра даI дIа а къастийна, Кавказехь машар, синтем кхолла. Йуьхьанца Iалашо йара оьрсийн эскарша дIалаьцначу xIоpa йуьртара бахархой уггар хьалха Вологодски губерне кхалхо. Амма цунна дуккха а хан а, йаккхий харжаш а йезара. 1856-чу шарахь Ставрополехь кхеташо хилира, правительствон лаккхара чиновникаш а, эскаран командованин векалш а цхьаьна а кхетта. Цигахь сацам тIеийцира, нохчий, къилбаседа губернешка ца кхалхош, Маныче кхалхо. Цкъа-делахь, и мохк Нохчийчоьнна гена бацара, нохчий цига кхалхош, дукха харжаш а ца йезара. ШолгIа-делахь, цо аьтто лора нохчий цхьана йоццачу хенахь цига дIакхалхо. КхозлагIа-делахь, Маныч шийла мохк бацахь а, шен Iаламан хьелашца къилбаседерчу шелоно санна, нохчий хIаллакбийр болуш мохк бара. Шера аренаш, йекъа йовхо, йалта кхио аьтто боцуш декъа латта, аьхка бовха, Iaй шийла мохк, тайп-тайпанчу цамгарийн хьоста хилла лаьтта кегий а, даккхий а уьшале хиш, Iаьмнаш. Цига кхалхийна нохчий къайллах даймахка цIаберзарна кхерам а бацара. Къилбехьа царна некъ дIакъовлура цхьана агIор донски, кубански, ставропольски, терски гIалагIазкхаша. Къилба-малхбалехьа – Россина муьтIахь, амма нохчашца гIоьртина а, бIаьхалле, аьрха, талорхойн амалш йолу а гIалмакхой а, церан гIaмape йаьсса аренаш а. Манычан аренашка охьаховшийча, нохчаша гуттаренна а дог дилла дезара даймахка йухаберзарх. Цул совнаха, цигахь мацалло, цамгарша, халонаша и халкъ хIаллакдаре дог дохийла а йара.

И акха Iалашо кхочушйан правительствон аьтто болуш мур тIехIоьттинера хIетахь. Нохчийн ницкъ эшнера. Мосазза а йагоза цхьа а йурт ца йисинера. Нийсса ах боьрша нах тIамехь байъинера. Паччахьан эскарша йарташ, йалташ, докъарш, бошмаш, хьаннаш йагайора, даьхни хIаллакдора, халкъ меца, дерзина дара. КхидIа оьрсийн эскаршна дуьхьало йан ницкъ бацара, йича, дерриг а халкъ хIаллакьхиларна кхерам бара. Ставрополехь и сацам тIеоьцучу деношкахь Шемална тIебаханчу нохчийн халкъан векалша имаме дIахьедира Россица тIом сацор, машаре барт бар, нагахь санна иза дан имам реза вацахь, иза цуьнан бертаза шаьш дийр ду аьлла. Дуьненарчу yггар нуьцкъалчу кхаа пачхьалкхе а ца эшаелла Росси шайга эшалур йац, кхидIа дуьхьало йан шайн ницкъ бац, бохура цара. Ткъа Шемална ца лаьара тIом сацо. Хаьара, нохчий дIакъаьстича, цхьа бутт балале шен имамалла дужур дуйла, дегIастанхоша ша, дIатесна ца вуьтуш, оьрсийн кара дIалур вуйла. Шен ирсана, Шемална хиира Ставрополехь тIеэцна сацам. Иза нохчашна дуьхьалтуьйхира имама. Аш тIом сацабахь, оьрсаша махках а даьхна, йа даим а Ia лаьттачу махка, йа йалташ дуьйш-дерзош доцчу, йекъачу, йовхачу, шерачу аренашка а кхалхийна, цигахь хIаллакдийр ду шу. TIе, оьрсаша, керста дине а дерзийна, Делах а девр ду шу. ТIаккха нохчаша марсайаьккхира оьрсийн эскаршна дуьхьало.

TIoм чекхбаьллачул тIаьхьа, 60-чу шерийн йуьххьехь, йуха а меттахйаьккхира и идея. Амма дерриг а халкъ махкахдаккха хьовзийча, цо дуьхьало йарна а, халла чекхбаьккхина иттаннаш шерашкахь бахбелла тIом йуха а болабаларна а кхерабелла, нохчашна йукъара цхьа къармазечарах пхи эзар доьзал Хонкара кхалхийна, дитира.

1877-чу шарахь хилла нохчийн гIаттам къиза хьаьшначул тIаьхьа, хIинца доьазлагIа айира нохчийн халкъ шен даймахкара дIакхалхор. Иза карладаьккхира Теркан а, ДегIастанан а областийн шина начальнико – инарлаша Свистуновс а, Меликовс а. Амма оцу шинна гонаха къинхетаме, адамалле, хьекъале масех лакхара эпсар хилар бахьана долуш, и сацам тIе ца ийцира. ГIаттаман уггар жигара дакъалацархой шайн доьзалшца Россин къилбаседехьарчу губернешка, ткъа могIарернаш аренга а кхалхийна, дитира.

Иштта, дIадаханчу бIешарахь, 1825–1877-чуй шерашкахь, доьазза айъира нохчийн халкъ махкахдаккхар. И идея хIинца а кортошкахь лелайора хIокху Кавказерчу Iедалхоша а, Петарбухехь а. Иза кхочушхилча хазахетар долуш бара хIокху гуламан дакъалацархой а, областера гIалагIазкхий а. Амма оцу бIагIарчу атамана санна, шайн дагахьдерг даррехь схьаала ца хIуьттура уьш.

5

Областера зуламаш совцо гIалагIазкхийн атамана гайтина некъ ца магош йа къобалбеш, цхьа а вист ца хуьлуш, чохь тийналла хIоьттича, Ахвердов хьалагIеттира. Дагахь иза ша а чIогIа реза вара нохчий хIокху махкара дIакхалхорна. Амма хьекъалечу, мекарчу, зуламе тIаьхье хир йолчу дашах а, гIуллакхах а ларлуш волчу цунна ца лаьара и политически Iаламат доккхачу маьIне а, жоьпалле а гIуллакх, ша председателан меттиг дIалаьцна а волуш, хIокху гуламехь дийцаре дан.

– Господин атаман, кху чохь гулбелларш пачхьалкхан а, политикин а, тIеман а деятельш бац ахь балийна некъ бийцаре бан а, тIеэца а, иза, Цуьнан воккхалле императоре-м хьовха, атталла Кавказан наместнике дIахьебан а бакъо йолуш. Тхо, промышленникаш, совдегарш, лаьттан долахой, дохнан долахой ду. Дийнна халкъ махкахдаккха аьлла, сацам тIеэцар а, иза паччахье, правительстве дIакховдор а бегаше гIуллакх дац, господин атаман. Кхузахь иза дийцаре динийла хиъча а, зорбано дуьне мел ду дIасадаржор ду, кхин тIе а детташ, тIаккха иза эсдекашна, къаьсттана – большевикашна, ира герз хир ду вайна неIалт кхайкхо а, и халкъ Iедална дуьхьалдаккха а. Кхузахь вай тIеэцна сацам кхочушбан областан администрацин бакъо йолуш а, ницкъ болуш а хила беза. Оцу дозанал дехьа гIерта бакъо йац вайн.

Къамелаш деш барт хилира областан администрацис туземцийн хьокъехь хьалха тIеэцна, амма дахарехь кхочушбаза бисина цхьамогIа сацамаш хIинца кхочушбар деха.

1859-чу шарахь, тIом а сацош, Россица бинчу машаречу барта тIехь къаьсттанчу пунктаца билгалдинера нохчашкахь герз дитар. Амма тIаьхьа и герз бохаме, бале дала доьлча, мосазза а нохчашкара дIадаккха гIоьртира Iедал. ДIадаккха ницкъ ца кхаьчча, лелор дихкира. ХIокху тIаьхьарчу шерашкахь цхьацца йарташкарчу бахархошкара герз дIадаккха гIерташ меттигаш а хилира. Амма дерриг а халкъера герз дIадаккхар хIинццалц йукъа ца даьллера. Гуламан барт хилира, областехь хуьлучу дерриг а зуламийн хьоста нохчашкахь герз хилар ду, и герз цаьргара дIа ца даьккхича, хIара зуламаш цкъа а совцур дац аьлла, областан начальнике дехар дан.

Зуламийн шолгIa хьоста гуламан дакъалацархошна гора Теркан аьрру агIорчу махка тIехь бехаш а, ханна балха лелаш а болчу нохчашкахь. 1885-чу шеран 5-чу майхь областан начальника, наказной атамана Колюбакина сацам кхайкхийнера, и нохчий цигара дIабахар участкийн пурстопашна а, станицийн атаманашна а тIедуьллуш. ХIетахь и сацам кхочушбеш, цигара нохчийн кIотарш а йохош, уьш шайн йарташка дIахьовсийра, амма къелло бIарзбина нохчий йуха а цига дIагIертара. И сацам хIокху тIаьхьарчу масех шарахь болх беш бацара. Гуламо сацам тIеийцира, Теркан аьрру агIонца а, гIумкийн аренца а бехаш болу нохчий цигара дIабахар а, нохчашна цига некъ бехкар а областан начальнике деха.

Кавказски тIом дIабоьдуш а, и чекхбаьллачул тIаьхьа а ткъе шиъ станица йиллинера нохчийн махкахь. Нохчаша маьрша баха ца буьтура шайн махка тIе охьаховшийна и кхайкхаза баьхкина хьеший. Станицашна тIелетара, даьхни, говраш йуьгура, некъахой талабора, дуьхьало йинарш бойура. Цхьаболчу нохчаша оцу шайн мостагIашкахьа болчу цабезамна а, бекхамна а дора и зуламаш, цхьаберш къелло бохура оцу новкъа, ткъа кхиберш шайн майралла, доьналла гайта, самукъаненна а боьлхура талораш дан. Зуламхо схьалацар цхьа наггахь бен ца нислора. Цундела гIалагIазкхашна дина зен меттахIоттадойтура къоланан лар тIаьххьара махка тIехь сецначу йуьрте йа гондIарчу масех йуьрте. Иштта зуламна дуьхьал къийсам латтош, йарташна таIзар дар а нилхадаьллера революцин хьовр-зIовраш хиллачу хIокху тIаьххьарчу шерашкахь. Нийсса аьлча, нохчаша дуьхьало йора и текхамаш барна. ТIе, къоланан лар генна лаьмнашка йахча, дан хIyмa а ца хуьлура Iедалан. Эххар а гулбеллачеран барт хилира, хIокху тIаьххьарчу шерашкахь нохчаша гIалагIазкхашна а, тавричанашна а, гIумкашна а, ногIашна а, нийсса аьлча – церан хьолахошна, дина а, хIинцачул тIаьхьа дендолу а зенаш нохчийн йарташка меттахIиттадайтар деха.

Оцу зуламашна дуьхьал дуккха а сацамаш тIеэцнера областан администрацис. 1905-чу шеран 14-чу декабрехь область тIеман хьолехь кхайкхош омра а даьккхира областан начальника. Делахь а дIадолийнарг кхиамза чекхдолура. ХIинца хIокху гуламо а Iаламат мехала сацамаш тIеэцна. Амма муьлхачу некъашца, муьлхачу гIирсашца, ницкъашца кхочушбийр бу уьш? ХIинццалц пайда эца гIиртина гIирсаш эрна хилла. Цунна гонаха дехха дийцарш, къийсамаш буьйлабелира. Оцу гIуллакхана боккха тIеман ницкъ а, цунна коьртехь хьекъале, доьналле, майра, тIамехь зеделларг долу командираш а безар бу. Полицейскийн, жандармийн ницкъашца а, кепашца а къийсалур дац нохчашца. Цаьрца тIом бан дезар ду, баккъал а болу тIом!

ТIеман ницкъаш болуш бу Нохчийчохь. Веданахь а, Шуьйтахь а, Чахкарахь а, кхечу масех гIопехь а масех эзар салти ву. Станицашкахь маситта эзар гIалагIазкхи ву, цергашна тIехIотталц герзаца кечвелла. Округийн начальникаш, станицийн атаманаш бу. Майра а, хьекъале а, доьналле а, тIамехь зеделларг долуш а. Кхин хIун оьшу?

– Кхузарчу салташа тIом бийр бац нохчашна дуьхьал. Йицйелла шуна 1905-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь халкъана дуьхьал герз айа цара сацам боллуш йина дуьхьало? Церан кортош чу дIовш доьттина большевикаша. Уьш хIинца а революцин Iаткъамна кIел бу. ШолгIа-делахь, лаьмнашкахь, хьаннашкахь обаргийн а, кхечу зуламхойн а гIеранашна тIаьхьа таллар кхераме гIуллакх ду. ХIан-хIа, кхузарчу эскарийн дакъошкара кIезиг гIo хир ду, йа хиллане а хир дац!

– ГIалагIазкхий массо aгIop жоп луш бу оцу гIуллакхана. Майра а, доьналле а, тIамехь бахчабелла дуккха а зеделларг долуш а. Уггар коьртаниг – нохчашкахьа цабезам а бу церан, мостагIалла а ду. Нохчех бекхам эца лаам а бу церан. Амма уьш а, нохчийн йарташна таIзарна балийча, нах а лоьций, бахархой а талабой, станицашка йухабоьрзу. Цкъа-делахь, нохчаша хаддаза тIелетарш дечу шайн станицашна гена а бевлла, хан йаккха ца лаьа царна, шолгIа-делахь, цIахь доьзалш а, бахамаш а, белхаш а бу церан.

– Округийн начальникашший? ТIеман духар а, погонаш-м лелайо цара. Олуш ма-хиллара, цкъа а молханан кIуьрах хьожа баккхаза, паркетни эпсарш бу уьш. Цхьаберш нохчийн зуламхойн гIеранашца бертахь, цара йаьккхина хIонц йукъахь йоькъуш бу, кхиберш кIилло бу. Цул совнаха, нохчийн обаргаша шайна новкъаволу округан начальник а, эпсар а воь. Масала, Добровольский, Галаев, масех эпсар а. Нохчашна йуккъехь а вехаш, церан мостагI хила кхераме ду. ХIоранна а деза шен са…

– ХIета, майра, хьекъале, доьналле эпсарш, патриоташ бац-кх кху областехь?

– Майра а, хьекъале а, доьналле а эпсарш шортта бу, амма патриоташ бац. Патриотийн мах байбелла йа банне а бац. Цхьаболу эпсарш областан администрацехь, штабашкахь йовхачу, кхерамазечу меттигашка дIатарбелла. Цхьаберш харц-бакъ а некъашца капитал а гулйина, особнякаш, виллаш йоьгIна, дика говраш, пайтонаш тарйина, баха охьахевшина. Шайн зударшца, берашца парке а, гIалел ара хазачу Iаламе а, курорташка а садаIа а лелаш. Иза гIоли хета царна, патриоташ а хилла, шелах-йовхах, дорцах-хоттах лаьмнашкахула, хьаннашкахула обаргашна тIаьхьа толлуш, Iожаллина кIел гIертачул…

ХIун дан деза?

КIелхьардовла некъ карийра. Майрачу, къизачу нахах цхьана ханна лаамхойн отряд кхолла. Царна, уьш резабеш, лаккхара йал а хIоттош. Доггаха гIуллакх деш гоьбевллачарна совгIаташ а луш. Царна цхьа а доза ца тухуш, йаккхий бакъонаш а луш. Цара пачхьалкхан законаш талхийча, жоьпе а ца озош.

Оцу отрядана тIехь куьйгалла дан командир лехира областехь. Дукханнан а цIерш йехира. Хьекъалечеран цIерш ца йохура. Майраниг, къизаниг, бIаьрнегIар ца тухуш, адамийн цIий Iано кийчаниг лоьхура. Ишттаниг Теркан областехь ца карийча, луларчу областашкахь лехира. Массо а реза хилира Кубанерчу гIалагIазкхийн атаманна Вербицкийна. Оьрсийн-японийн тIамехь майралла а, доьналла а, тIеман говзалла а, хьуьнарш а гайтина ву. ХIара санначу гIуллакх тIехь зеделларг долуш а ву. Уггар коьртаниг – къинхетам бохург хIун йу ца хууш, къиза а ву. Ламанхойн амалш а йевза. И йерриг шен амалш цо гайтина 1905-чу шарахь Пятигорскехь белхалойн болам цIела карчош а, ДегIастанахь обаргаш хIаллакбеш а.

Цхьаболчеран шеко кхоллайелира, оцу отряде лаамхой карор буй-те аьлла. Царна а маcлаIат дира. Шортта карор бу, отряд-м хьовха, дийнна дивизи, корпус кхолла а. Болх боцурш а, иза цабезарш а. Къа а ца хьоьгуш, атта баха луурш. Къаьркъанан цхьана шишанах шайн да-нана а дуьйр дерш.

Гуламо цхьабарт болуш сацам тIеийцира областан начальникан декхарш ханна кхочушдечу инарла Михеевга дехар дан: областера зуламаш тIаьххьара а, гуттаренна а орамашца бухдаха Iалашо йолуш, лаамхойх вовшахтоьхна «ханна таллархойн отряд» кхоллар а, цуьнан коьрте Кубанерчу гIалагIазкхийн атаман, эскаран старшина Вербицкий хIоттор а.

Гулам чекхбаьлча, комаьрша даарш-маларш а долуш, банкет хIоттийра…

***

ЗОРБАНЕРА МОГIаНАШ

1908 шо

19 март. Соьлжа-ГIалара цIенойн коьчалла а эцна, говрийн гIудалкхахь Шелковске цIа вoгIy Умрихин Федор вийна. Цуьнан гIудалкх а, говраш а, цIенойн коьчалла а, 500 сом ахча а даьхьна нохчаша. Лар Мескар-Эвла йахана.

20 март. Кхо говр йоьжначу гIудалкхахь цIа вoгIy Дмитрий Ушерелев вийна нохчаша, говраш а, гIудалкх а, 295 соьмах эцна товар а даьхьна. Дакъа Мескар-Эвлан махка тIехь карийна.

23 июнь. Школяр Иванан рагIу а дохош, ши сту бигна. Лар Гуьмсе йахана.

27 сентябрь. Станицера шен кIотара воьдучу Саенко Аванна тIелеттачу йалх нохчочо цуьнан ши говр йигна. Оццу буса кIотарна тIелеттачу нохчаша, жен-жIаьла а дуьйш, уьстагIий дигна. Лар Гуьмсехь сецна.

28 сентябрь. Суьйранна Саенкон жан гIотина тIелеттачу пхеа нохчочо жаIунна Неберикутя Арефанна тIе уьттазза тоьпаш тоьхна, цхьа а ца кхетта. Зуламхой Гуьмсехьа къайлабевлла.

1909 шо

12 январь. Нохчаша Саенко Силайн гIотанна тIелатар дина, цхьа уьстагI бийна, жа дига аьтто ца баьлла. Оццу буса Родиченко Федоран дохнан рагIу тIе тоьпаш йиттина, гериган тхов бохийна.

20 январь. Кахановски станицерчу Марафоновский Филлипана а, Иваненко Наумана а тIелетта, кхо говр йигна.

21 июнь. Ведана слободера вoгIy Ребров Андрей, тIера чоа а, карара пхи сом а, кхаллар а доккхуш, талийна пхеа нохчочо.

12 сентябрь. Говран ворданахь дечиг дохьуш вогIучу Кахановскерчу ахархочуьнгара Чебаненко Иванера говр йаьккхина шина нохчочо. Говр Иласхан-Юьртан махка тIехь гучуйаьлла.

30 сентябрь. Кахановски станице цIа вогIучу Бакуленко Евстрапана а, Цыбин Иосифна а Гуьмсений, Мелчу-Хиний йуккъехь веа нохчочо тоьпаш тоьхна, Цыбин вийна.

20 октябрь. Iаьмар-Хьаьжин-Юьртара Кахановски станице цIа вогIучу Лужнов Василийна а, Андрийн Касьянна а тIе а летта, говраш а йохуш, ахча а доккхуш, уьш талийна кхаа нохчочо.

Оццу дийнахь йалх нохчочо, говраш а, ахча а, бедарш а, карахь мел дерг а дIа а доккхуш, талийна Якушенко Семен, Тихоненко Никита, Бабилуров Федор, Батыров Владимир. Зуламхойн лар Гуьмсе йахана.

XV корта. Йолахой

АллахIа шуна гIо дахь, цхьаьнгге а толам баккхалур бац шуна тIехь, амма Цо шу дIатасахь, мила ву шуна гIо дан?

Къуръан. 3 Сура, 160 айат

1

Йуьстахара тIехьаьжча хеталора, БуритIахь хилла гулам, цуьнан дакъалацархоша шаьш дага а бевлла, шайн дIадолорца бина. Амма гуламан болх чекхбаьллачу шолгIачу дийннахьехь областан администрацин канцелярехь болх кхехка боьлча, и гулам цуьнан куьйгашца вовшахтоьхначух тера хетара. Хинйолчу драмин сценарий хьалххе йазйинера. Билгалйинера лерина йиъ отряд. Партизански цIе йолуш дошлойн отряд а, таллархойн цIе йолуш гIашлойн кхо отряд а. Уьш эскадронашка а, роташка а, взводашка а йекънера. Царна оьшу герз, духар, говраш, ворданаш кечйинера, могIарерчу салташна а, эпсаршна а алапаш а, йукъара харжаш а билгалъеш смета, операцин план, карта хIоттийнера. Округашкарчу участкийн пурстоьпашка а, отделашкарчу станицийн атаманашка а хьалххе хаам беш тIедиллинера таллархойн ханна отрядашкахь гIуллакх дан лаамхой лахар а, дIайазбар а. Отрядана инструкцин а, областан начальникан омрин а проекташ а кийча йара. Отрядийн командираш а, эпсарш а билгалбевллера, амма оцу драмин коьрта турпалхо, эскаран старшина атаман Вербицкий, схьакхачаре ладоьгIуш, гIуллакх нахала ца доккхуш, таIийна латтадора.

Ткъа и атаман Вербицкий а областан администрацис ша лехна а, карийна а, цуьнца хьалххе барт бинчул тIаьхьа хьолахойн гуламна къайллах дIагайтина а вара, и кандидатура гуламан йолчуха цуьнан цIе йаккха аьлла. Атаман Вербицкий а кийча вара кхуза схьаван, амма сихха гучувалар гайтина дацара сценари тIехь.

Хьолахойн гуламе сацам ца байтича а, шега дехарш ца дайтича а, кху областехь шена луург дан йаккхий бакъонаш ма йара инарла-губернаторан Михеевн. Хетарехь, нагахь санна оцу операцин тIаьхьало бохаме йерзахь, ша цхьаъ бехке ца хила, декъашхой безаш хилла хир вара иза. Йукъараллин дехаршца динера ала. Ткъа операци кхиамца чекхйалахь, хастам уггар хьалха цунна шенна буьсура.

Гулам хиллачул тIаьхьа цхьа кIира даьлча, БуритIа схьакхаьчна Вербицкий, хьем ца беш, сихха тIеийцира Михеевс. Атаманах бIаьрг ма-кхийтти, хиира инарлина иза ша лоьху стаг хилар. Лекхочу дегIахь, зоьртала. Шуьйра, охьахьаькхна белшаш. Хьакхийчух тера морса, ирахIиттина Iаьржа месаш. Готта хьаж, мера тIехула вовшех хоттаделла бурсане, морса цIоцкъамаш. ГIеххьа воьда, шуьйра, йаккхий мераIуьргаш йолуш, азиатийчух тера мара. Стаммий балдаш, мукадехкачух тера ира, кегий, Iаьржа цергаш. Деха пхьаьрсаш, пIелгаш тIехь хьийзина Iаьржа чоьш долу даккхий куьйгаш. Амма доллучул а тамашийна дара къорза, кегий, горга бIаьргаш. Наггахь бен бIаьрнегIар ца тухуш, лаьхьанан санна, хIиттина. Хьастаме, йишхаьлла аз.

Цуьнан аматашка бIаьрг тоьхча, масех амал гора оцу стагаца. Аьрта хьекъал, экханан майралла, къизалла, мекаралла, сутаралла. Чан, берзан, цхьогалан, зуд-жIаьлин, лаьхьанан амалех кIез-кIезиг йара оцу шовзткъа шарал хьалаваьллачу стеган дегIаца.

Атаманна реза хилла инарла, ши куьг вовшах а хьакхийна, месала-хьаьрсачу мекхашна бай хьажо пIелг а хьаькхна, халла хаалуш велакъежира:

– ХIета, атаман, ас дахдеш цадийцарх, хьуна хаьа кхузара криминальни хьал. Хьан а, отрядан а декхарш лерринчу инструкци тIехь оха йаздинехь а, хьоьца хьайцца къамел дан лиъна суна. Уггар хьалха хьо кхеташ хила веза отрядана хьалха лаьттарш державина Iаламат доккхачу маьIне декхарш хиларх. И декхарш аш кхиамца кхочушдарх доьзна хир ду хIокху областехь а, Къилбаседа Кавказехь-м хьовха, йерриг а Кавказехь а машар, синтем хилар. Зуламийн хьостанаш Ведана, Соьлжа-ГIала, Несара, Хаси-Юьрта округашкахь ду, ткъа зуламхойн бен – Ведана-округехь. Цигара дIа йерриг а Кавказе даьржина и Iаьржа ун. И зуламаш орамашца бухдахарца тIаьххьара а, гуттаренна а совцор, зIийдиг таса хIy цадитар – и Iалашо йу хьуна а, хьан отрядана а хьалха хIоттийнарг. Уггар коьрта Iалашо йу оцу зуламхойн корта атар – Зеламха а, цуьнан обаргийн гIepa а, царна гIoдийриш а, уьш тIелоьцурш а, къайлабохурш а, цхьаъ ца вуьтуш, байъина, лецна дIабахар.

– Хьан локхалла, отрядан ницкъаца кхочушдалур дуй-те и Iаламат доккхачу маьIне а, жоьпалле а декхар?..

Михеевс, шен карара къолам стоьлах а тоьхна, йукъахваьккхира атаман:

– Цуьнан ойла а йина оха. Хьан куьйгалли кIел дало областера дерриг а эскарийн дакъош а, округийн начальникаш, отделийн атаманаш, участкийн пурстопаш, станицийн атаманаш а. Хьайна эшначохь соьгара бакъо, пурба ца хоьттуш, рота, батальон, полк, бригада а, артиллерин батареяш а дIайига бакъо йу хьуна. Меттигашкарчу администрацешна тIедиллина хьан отрядана транспорт, кхача, говрашна докъар, хIоъ латтор. Цундела хьайна тIедехкина декхарш кхочуш ца дан, ницкъаш бацара аьлла, йа кхин бахьанаш далийна, бехкана кIелхьарвала цхьа а некъ бац хьуна. ХIинца, шун бакъонех дерг аьлча, хьуна оха ло законехь нийса йогIу йерриг а бакъонаш. Шуна бакъо ло лакхахь цIераш йаьхначу йеа округерчу туземни бахархошкара герз дIадаккха Iедалан балхахь болуш герз лело Iедало бакъо йелла боцчу берриг а бахархошкара. ЦIийнах хьовсуш а, некъахошкара а. Ира герз дита мегар ду Iедална хьалха цкъа а бехке ца хиллачу, Iедална тешаме болчу нахехь. Шаьш операци йолайале дIахаийта оцу деношкахь йуьртара арадовлар царна дихкина хилар, разбойникаш къайлабаьхначунна, уьш схьабала, герз схьадала, шайн омра кхочушдан дуьхьало йинчунна, вада, къайлавала гIоьртинчунна шаьш герз тIетухург хилар. Ткъа цхьаболчарна, церан бехке хьаьжжина, гIуданца, долалла дIадаккхарца, набахти чубохкарца, Сибрех бахийтарца таIзарш дийриг хилар. Йукъара аьлча, ахьа а, отрядийн эпсарша а дIа мел боккху ког, олу дош, цкъа хьалха дика ойла йина, гIалатех ларлуш, бехкечарна деш долу таIзар законаца догIуш хила деза. Амма бахархоша Iедало, законо бохург дан дуьхьало йахь, царна къинхетамза, луьра таIзар дан бакъо йу шуна. Отрядийн командираш оха билгалбина, амма цаьрца хIоранца ахь къамел дина, хьо резахиллачул тIаьхьа бен уьш чIагIбеш омра арадоккхур дац. Отрядашка тIеоьцу нах а массо а агIор теллина, вайн гIуллакхна жоп луш хила беза. Уьш къастор а, тIеэцар а хьуна а, отрядийн командирашна а тIедуьллу. Царах жоп а шуьга доьхур ду. Инструкци сан гIоьнчера схьаэца. Хаттарш дуй хьан?

– Дац, хьан локхалла.

– ХIета, Дала аьтто бойла хIара вайн гIуллакх чекхдаккха!

Атаман ца кхеташ, хеттарш дан хIумма а дацара. Инарлас цунна бакъо йеллера, шена луъу бахьана а хIоттийна, туземцашна йетта а, леца а, байа а, йарташ йохо а, йаго а, тало а. Ткъа атаман оцу гIуллакхан воккха говзанча ву, цхьаммо а хьеха ца оьшуш!

2

Инарла-губернаторца къамел хиллачу шолгIачу дийнахь Соьлжа-ГIалахь таллархойн ханна отрядан коьрта штаб а йиллина, цхьа де а тIаьхьа ца тоьттуш, болх дIаболийра Вербицкийс. Отряде лаамхой тIеэцар а, де билгал а доккхуш, официале доцуш, участкийн пурстопашкахула, станицийн атаманашкахула хьалххе дIакхайкхийнера Теркан а, луларчу а областашкахь. Цундела штаб болх бан йолаеллачу хьалхарчу дийнахь дуьйна, тIаьхье ца хедаш, кхуза схьаоьхура отрядехь гIуллакх дан луурш. Йуьхьанца Вербицкий ша вуьйлира уьш тIеэца, амма цхьа-ши де даьлча, и болх битира цо. Цкъа-делахь, оцу балхана дуккха а хан йезара, иза цуьнан йацара, шолгIа-делахь, уьш кхузахь къестош къахьега а, хьекъал а ца оьшура. Схьа мел вогIург хIокху отрядана вича санна вара. Эскарехь гIуллакх дечу хенахь маларе йа кхаьънашка марзбелла, йа шайх тешийна эскаран долалла кехатех ловзийна, йа кхахьпалла лелош гучубевлла доьзалех боьхна, йа кхечу бахьанашца эскарера мукъабаьхна, болх боцуш лела эпсарш, полицейскийш, уголовникаш, мошенникаш, бродягаш, маларчаш, къуй, талорхой бара схьаоьхурш.

Цаьрга хеттарш деш дукха хан а ца йойура штабехь. Массаьрга а хоттуш дерг цхьатера дара:

– Эскарехь гIуллакх деш хиллий?

– ТIамехь дакъалаьцний?

– Революцин бунташ хьошуш дакъалаьцний?

– Герз тоха говза вуй?

Цхьаболчаьрга и хеттарш а дора бахьаненна. Аматашка, сибаташка хьаьжча а хаьара, уьш муьлш бу. Йуьхьа тIехь муо, дукъ кагдина разбаьлла мара, некха тIехь а, пхьаьрсаш тIехь а татуировкаш, къух даьлла накхош. Маларо цIийдина, кIел хIоьънаш хIиттина бIаьргаш. Iаьржа а, можа а баьхьанаш санна йаккхий цергаш. Шимпанзечух тера деха пхьаьрсаш. Царах цхьа битам хилча тоьура и лаамхо отряде тIеэца. Цхьаболчара шаьш эскарехь, полицехь гIуллакх деш а, тIамехь а шайгара девлла хьуьнарш дуьйцура. Оьрсийн-японийн тIамехь дийнна рота йа батальон самурайш, камикадзеш байъинарш, йа дийна йийсаре балийнарш а бара. Полицех, йа балхахь болуш иттаннаш зуламхой лецнарш а бара. Зеламха а, цуьнан обаргийн гIера а хIаллакьйар йа, букъа тIехьа куьйгаш а дихкина, схьайалор шайна хIумма доцург ду, олура. Дерриг а дозуш хир ду ахча дукха-кIезиг даларх. Цара дуьйцург бакъдоцийла хаьара атаманна, амма кхузахь коьртаниг уьш къиза адамаш хилар дара, ахчанах шайн да-нана а дуьйр долуш.

Михеевн пурбанца Вербицкийн наха болх бира набахтешкахь. Таллархойн отрядехь доггаха гIуллакх дан реза болу зуламхой маьршабохура таIзарх.

Таллархойн ханна отряд йерриг а оцу тайпачу, зуламалла цIийх доьллачу нахах вовшахтоьхна йара аьлла, чIагIдар а нийса хир дацара. Дукхахберш ишттанаш белахь а, кхин масех тайпа нах а бара отрядехь гIуллакх дан богIуш. Баккъал а паччахьана, даймахкана доггаха гIуллакх дан лууш богIурш а бара. Нохчаша талораш дина, бахамах бохийнарш а, да, кIант, ваша вийна, бекхам эца, чIир йекха богIурш а бара. Ресторанашкахь самукъадоккхуш, кехатех ловзуш, зударшца сакъоьруш, кисанаш дассаделларш а бара, отрядехь гIуллакх дарца и даьсса кисанаш йуха а дузаре догдохуш. Доцца аьлча, отряде йазвелла хIора а лаамхо кийча вара йолах нохчий байа.

Лаамхо талламах чекхваьлча, йозанца тIелацам бойтуш, куьг йаздойтура цуьнга:

– Цуьнан императорски Воккхаллина а, Даймахкана а, гIуллакхна а тешаме хила, зуламхошна дуьхьал къийсамехь халонашна а, кхерамашна а хьалха йуха ца вала, хьайн ницкъ а, дахар а дIадала, айхьа йамартло йахь, тIеман заманан законашца догIу луьра таIзар хьайна дайта хьо реза ву алий, кхуза куьг йаздел…

Отряде лаамхой тIеэца Соьлжа-ГIалара штаб лара а ца йина, Вербицкийс шен эпсарш дIасахьовсийра БуритIа, Несаре, Хасин-Юьрта, Ставрополе. Цигахь эпсарша къастийнарш штабехь сихха тIеоьцура. Оцу балхо боккха аьтто бира, февраль бутт чекхболуш, дошлойн партизанийн цхьаъ а, гIашлойн кхоъ а отрядаш йуьззина кхолла. Отрядийн командираш а, штабан начальник а, лахара эпсарш а Михеевс чIагIбинчул тIаьхьа, цаьрца хьалхара кхеташо йира атамана. Йа, вуьшта аьлча, областан начальнико шена йеллачу инструкцин буха тIехь ша хIоттийна инструкци царна йовзийтира:

– ХIинццалц схьа хIокху крайхь разбойникашна дуьхьал эскаран дакъоша а, полицис а латтийнарг къийсам бацара, иза лечкъаргех ловзар дара. Разбойникаша талораш дича, стаг вийча, орца олий, тIаьхьабовлура, амма уьш шайн лаьмнашкахь къайлабевлча, йарташна таIзар а дой, йухабоьрзура. Цундела Iедалехьара шайна цхьа а тайпа кхерам боцийла хуу разбойникийн гIеранаш, талораш деш, адамаш лечкъош, дойуш, де-дийне мел дели алсамйуьйлу. Вайн декхар ду, уьш лаьттах боьлча а, стигала бевлча а, царна тIаьхьара ца довлуш, уьш а, царна гIo деш, уьш къайлабохуш, царна тхов луш, кхача луш болу нах а, цхьаъ дийна ца вуьтуш, байъина дIабахарца, хIокху крайхь машар а, синтем а хIоттор. Кхетий шу, цхьа стаг ца вуьтуш, къинхетамза хIаллакбар? Оцу разбойникийн масех тIаьхьенах стагана къола, талор дан, стаг вен дагадеача, шайн ворхIалгIачу йа уьтталгIачу дена вай дина таIзар дага а деана, цуьнан кIожан пха тохабалийта! Адамашна зуламца бале ваьлла стаг Делан бекхамах, таIзарх кIелхьарвер воцийла хаийта! Вайн Iалашо ваьш дийна а дуьсуш, разбойникаш хIаллакбар йу. Нагахь санна разбойник йа разбойникаш цхьана гIишло чу къовлабеллехь, ойла ца йеш, хьайба санна, маIашна тIегIерта ца оьшу. ГIишлойн неIаршна а, корашна а дуьхьал а йоцуш, агIонашца позици лаца йеза, цара шайна схьатоьхнарг кхетар а йоцуш, аш дIатоьхнарг царна кхетар а йолуш. Цхьа неI йа кор маьрша дита деза, разбойникаш бовдийта, ара мел иккхинарг тоьхна Iункар вахийта. Нагахь санна оцу мекарлонех уьш ца Iехалахь, гIишлонан цхьа aгIo шайн герза кIел а лаций, вукху агIонах цIе таса. КIуьро садукъийча, цIаро батта боьлча, чуьра аралелхар бу. Амма вайн гIуллакх тIехь уггар коьртаниг топ нийса тохар ду. Ахь нийса топ тохахь, мостагI вуьйр ву, ткъа ахь гал тохахь, цо хьо вуьйр ву. Цундела отрядерчу хIора салтичо шена топ караерзо йеза, муха, мича тоха, Iамо деза. МостагI лечкъина велахь а, Iуьллуш велахь а, ведда водахь а, говрахь, дитта тIехь велахь а, лен волччу тоха йеза. Топ, тур-шаьлта караерзо, цхьамза тоха, мар-мара вахана лата леррина цхьана-шина кIиранах Iaмop бу салтий. Иза сайн гIоьнчина штабс-капитанна Григорчукана тIедуьллу ас.

Цигаьрка а латийна, сирник лаьтта а кхоьссина, боккха баьккхина кIур чу а тоьхна, эпсарийн йаххьашна тIехула бIаьрг кхарстийра атамана:

– Вай дIатуху xIоpa дIаьндарг разбойникан хье йуккъе йа гиччошка кхета йеза. Aмма хаалаш, вaйн уггар кхераме мостагI къинхетам хилар. Вайн къинхетамо, догдикалло, гуманизмо, адамалло берзор бац акха туземцаш. Кхерамо а, къизалло а бен къарбийр бац уьш. Шайгахь алсам ницкъ хилча, толам шайгахь буьсур буйла хиъча, майра хуьлу нохчий. Амма шайна дуьхьал ницкъ гича, гIаш йуккъе цIога а таIадой, бовду. Вай къинхетаме хила гIертахь, вайн цIий алсам Iенар ду. Ткъа вайгара къинхетам хир боцийла хаахь, герз охьа а диллина, совцур бу уьш. Цуьнан локхалло, областан начальнико шен инструкцица вайна бакъо йелла, разбойник къайлаваьккхинчунна, и схьавала, герз схьадала дуьхьало йинчунна, веддачунна, вада гIоьртинчунна, вайн омра кхочушдан дуьхьало йинчунна герз тIетоха. Уьш, мотт ца хууш, хьайбанаш ма дац. Шайга хIyн боху, ма хаьа царна. Шодмаша, буйнаша кхерор бу уьш. Хье йуккъе дIаьндарг тохий, хье тосуьйтуш, тур тохий, корта боккхуш, некхах, дага йуккъе Iоьттинчу цхьамзане, хьовзийна, кхо го боккхуьйтуш, шайн ворхIе дайшна тIаьхьа дIахьовсабе!

Хьаьсарта вахана атаман, хьала а гIеттина, дIасаволавелира:

– Отрядаш, цхьана пунктехь совцайай, дукха ма йита. Даим а дIа царна дагахь йоцчу меттигашка массо а aгIop тIелатарш дан деза. Къуй, разбойникаш лелачу даккхийчу а, кегийчу а некъашкахь кIелонаш йан йеза. Бахархой кхерош а, ахчанах оьцуш а, разбойникех лаьцна хаамаш гулбе. Разбойникаш болу меттиг, герз долу стаг вийцинчунна ца кхоош ахча ло. Бахархошкара гIуданна даьккхина шортта ахча ду оцу гIуллакхна дайа. Хаалаш, нохчий хIокху дуьненахь а сутара нах хилар. Шайна ахча делча, шайн бIаьргаш а дохуьйтур долуш. Ахчанах шайн ден марчо а духкур долуш. Олуш ма-хиллара, цхьана куьйга пряник кховдае, вукху куьйга шед гайта.

Кхеташо чекхйаьлча, шен гIоьнча штабс-капитан Григорчук, штабан начальник штабс-капитан Вобиц чохь а сацийна, важа эпсарш мукъа битира Вербицкийс. Сонехь лаьттачу тумбочки чуьра долийна къаьркъанан шиша, стака схьа а эцна, цкъа хьалха шена доьттина дIа а мелла, шиша а, стака а вукху шинна хьалха теттира цо.

– ГIа а даьлла, хьаннаш йукъайалале, йа вуьшта аьлча, апрель баттахь чекхйала йеза вайн операци, – цигаьрка а латийна, боккха баьккхина кIур пехаш чу уьйзира атамана. – ХIара март йочане хуьлу. Лаьмнашкахь ло ду, ткъа раьгIнашкахь – ло а, хатт а. Амма март эрна бохуьйтийла дац. Хьоьга дехар ду сан, Алексей Матвеич, отрядашкара лахара чинаш тIеман гIуллакхна Iамор. Уьш дукхахберш эскарехь гIуллакх дина, ткъа цхьаберш тIамехь дакъалаьцна белахь а, герз карадерзор карладаккхар эрна хир дац царна. Оцу балхана Воздвиженски уллохь дика меттигаш йу. Цхьана aгIop – шера аре, вукху aгIop – хьаннаша хьулдина лаьмнаш. И цхьаъ ду. ШолгIа. Апрель тIекхаччалц мукъа ца Iан, арентIарчу цхьацца йарташкара герз схьадоккхуш, масех операци йича, бакъахьа хета суна. Масала, гIалгIазкхашна динчу зуламийн лараш дукха тIеихначу Гуьмсехь а, Мескар-Эвлахь а, Цоци-Эвлахь а. Цкъа-делахь, вайн коьрта болх дIаболабале, арентIарчу йарташна кхерам а тесна, вешан букъа тIехье кхерамзе йар хир ду. ШолгIа-делахь, мукъа битича, салтийн сагатлур ду. Хьалхара операци Гуьмсехь йийр йу вай. Сан агентуро соьга хаамаш бина, базаран дийнахь цига разбойникаш бoгIy, герз а, лачкъийна даьхни а духку аьлла. Операци кечйан ши кIира хан йу шуьшинна. 14-чу мартехь Гуьмсехь базар гулло. Iуьйранна цигахь хилийта 84-чу Ширвански полкан разведкин команда а, хорунжий Яицкийн сотня а, Кахановскехь ханна лаьтташ йолу ГIизлара-Гребенски полкан сотня а. Нагахь санна шайна оьшу аьлла хетахь, Ширвански полкан цхьа рота салтий а. Базарна го а лаций, разбойникаш а леца, туземцашкара герз а, лачкъийна даьхни а схьадаха. Дуьхьало йинчарна луьра таIзар а де. Операци чекхйаьлча, отрядаш Хаси-Юьрта дIайига. Операцина тIехь куьйгалла дар Ширвански полкан разведкин командирин начальника штабс-капитана Ардабьевскийна тIедилла. Ткъа со цхьамогIа дIатетта йиш йоцчу гIуллакхашна БуритIа воьду.

Царах коьртаниг «Теркан ведомосташ» газетан редакцехь дара Вербицкийн.

3

ГIачалкха-Дукъ малхбузехьа хедачохь, жимачу Гумс-хина йистехь, йаьржина Iуьллура пхи бIe гергга цIа долу Гуьмсе йурт. Цунна уллохула чекхболу Соьлжа-ГIалара Хаси-Юьрта кхаччалц болу, хьалха тIеман заманахь оьрсийн эскарша хьаннаш а хьоькхуш баьккхина, нохчаша БIон-некъ олу шуьйра некъ.

Гуьмсена уллохула чекхболу Соьлжа-ГIалара схьа Хаси-Юьртахула Петровске боьду аьчганекъ а. Кхузара аьчганекъан станци хIокху Къилбаседа Кавказерчу уггар йаккхийчарех цхьаъ йу.

Гуьмсе йуьртах хоттаелла, ала мегаш ду, станци а, цунна гонахара оьрсийн слобода а. Цигахь бехаш бу аьчганекъан белхалой а, гIалагIазкхий а, муьжгий а. Кхузара дIа гена йац гIалагIазкхийн станицаш – Кахановски, Петропавловск, Iаьмар-Хьаьжин-юрт, Джалкински, Червлени. Ткъа кхузара дIа ткъех чаккхарма хиллал бен гена доцчу Теркал дехьа – Щедрински, Шелковски, Гребенски станицаш.

Пхи бIe гергга цIа, йа нохчаша олуш ма-хиллара, пхи бIe гергга кIур болу xIapa Гуьмсе, йа диканна а, йа вонна а цIе ца йоккхуш, бIешерашкахь историна йуьстах лаьттинера. Хьалха тIеман заманахь а, йерриг а нохчийн йарташ йохош, йагош, кхузарчу бахархойн хьекъал кхаьчнера тIом бечу шиний агIонца машаре барт бан а, шайн йурт бохамех, зенех-зуламех ларйан а.

Гуьмсена уллохула БIон-некъ а биллича, уллохь гIалагIазкхийн станицаш а йехкича, ткъа уггар коьрта – аьчганекъан станци а йиллича, историна йукъайахара и йурт. ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа йаккхий базарш схьайиллинера Шелахь а, Веданахь а, Курчалойн-Эвлахь а, Шуьйтахь а, Девкар-Эвлахь а, шина а МартантIехь а. ХIинца царна тIе схьайиллинера Гуьмсера базар а. Нийсса аьлча, хIара аьчганекъан станцина а, гIалагIазкхийн станицашна а уллохь а, ДегIастанан дозанна гергахь а хиларна, кхузахь базар йоккха а, тайп-тайпана товараш долуш а хуьлура. Шаьш дина кузаш дохка тIехьамартанхой богIура кхуза, тIергIан маша а, цунах йина бедарш а йохка – веданхой, кхийра пхьегIаш йохьуш – шелахой, шаIмийуьртахой, девкарэвлахой. ХьаьжкIаш, кIа, борц бохка массо а йарташкара нохчий а.

ГIалагIазкхаша хорбазаш, пастанаш, гIабакхаш, кхиболу хасстоьмаш а, накхарийн моз а, чагIар а дохьура кхуза дохка.

Цхьана заманахь накхарш лелош гIарайаьлла хиллера Нохчийчоь. Амма иттаннаш шерашкахь бахбеллачу тIамо хьаннаш, бошмаш хIаллакйича, накхарш лелор дIадаьллера. Бошмаш кхиор а лахделлера. Лаьттан къелла хиларна, хасстоьмаш кхиор а кIезиг дара. TIe, царна алсам хи а оьшура.

Цундела базарахь хасстоьмаш, моз духкуш нохчо кIезиг гора. Цара коьрта совдегаралла лелориг йалта дара, ткъа коьртачу декъана – хьаьжкIаш. Нохчашкара йалта эца богIура Россера а, Азербайджанера а, Иранера а совдегарш, йалтина къелла йолу дегIастанхой а. Кхузахь нохчашкара боррахчу мехах дIаоьцура, кхечухьа безчу мехах дIадухкура. Гуьмсехь станци йиллича, арахьара совдегарш кхузарчу базара марзбелира. Кхузахь маситтаннан шайн-шайн йалта Iалашдеш амбараш йара. Иза дуккха а IаьIча, цIерпоштица Россе, Азербайджане, Иране дIахьора.

ХIара де йоькхане, довха нисделла, тахана дукха адамаш гулделлера базара. Беха могIанаш беш охьаехкина баккхалш йара. Кузаш, истангаш, чоэш, башлакхаш, холхазан а, кхакханан а куйнаш, гIовталш, кхечу могIарехь – готанаш, нахарш, ворданан чкъургаш, шаннаш, текхаш, Iайгаш, кхийра пхьегIаш. Шен базар йара мангалш, маьрсаш, дагарш, белаш, шаданаш, кхиерш а йухкуш. Цхьана маьIIехь цIестан кIудалш, гIумгIанаш, кхийра пхьегIаш йухкуш дегIастанхой лаьттара. Къаьсттана йуьстах йара дохнан а, гIалагIазкхийн хасстоьмийн а базарш. Кхузахь гора чоэш, гIовталш йуьйхина, месала куйнаш а коьртахь нохчий а, духарца царал дукха башхалла йоцу гIалагIазкхий а, белхан хормин духарца аьчганекъан белхалой а, муьжгий а, нохчийн, оьрсийн зударий а. Кхузахь хезара масех маттахь къамелаш, амма цхьана а къоман а боцуш, ийна, массеран а йукъара шатайпа базаран мотт а.

Малх лаккха баьлла, базар йуьззина дIахIоьттича, маьхьарий девлира адамийн. Хилларг хIун ду ца хууш цецбевлла, вовшашка хеттарш деш лаьттара базарна йуккъернаш.

– Зеламха!

– Обаргаш!

Шайн баккхалш дIa а хьерчош, галеш чу а теIош, ги йетташ цхьаберш а, говраш гIудалкхашна йужуш кхиберш а, базарара дIаида буьйлира оьрсий. Ткъа нохчий, уьш обаргаш белахь, шайна кхерам боцийла хууш, шайн баккхалш йаржийна лаьттара.

Масех минот йалале хийцаделира хьал. Шодмаш а лестош, базара йукъалилхира хорунжин Яицкийн гIалагIазкхий. Царна тIаьххье, тоьпийн цхьамзанаш хьалха а лаьцна, базара йукъабаьржира Ширвански полкан салтий. Дукха хан йалале говрахь базара йуккъехь гучувелира операцин куьйгалхо штабс-капитан Ардабьевский. Лекхачу дегIара, шуьйра белшаш, йуткъа гIодайукъ йолуш, Iаьржачу аматахь, боккха мара а, хаза тодина Iаьржа месала мекхаш а долу и эпсар майра а, доьналле а, шен декхарш дика кхочушдарца цIейахана а вара областехь.

– Базарна го лаьцна! Массо а шайн-шайн меттахь совца! Герз долчо, дуьхьало ца йеш, схьало! Топ, тапча, тур шаьлта. Дуьхьало йинчунна а, вада гIоьртинчунна а герз тухур ду! – мохь беттара цо, ша йолччохь говр дIаса а хьийзош.

Цунна уллохь лаьттачу гIумкичо штабс-капитана Томаевс гочдора Ардабьевскийн омра.

Салташа а, гIалагIазкхаша а шайн болх дIаболийра. Йукъах йихкина шаьлта йолчо, схьа а йаьстина, схьайаллалц ца Iаш, цуьнан коьртах шед, букъах йа некха тIе тоьпан бух тухура. Тоьпаш, тапчанаш лоьхуш, ворданаш тIера докъар кегадора, галеш чуьра йалта хоттала охьаIенадора. Зударийн догIмех хьийса боьлча, цхьаболу нах дуьхьало йан буьйлира. Салташа тоьпийн баххаш деттара, ткъа гIалагIазкхаша шодмаш а, аьрташха тарраш а деттара нахана. Гобаьккхина хезара салташий, гIалагIазкхаший нанна хьежош йаппарш а, зударийн маьхьарий а, цIогIанаш а. Базар уьйриг хилла хьийзара. Вийна йа чов хилла охьавоьжнарг цхьаммо а тергал ца вора. Уьш хьоьшуш, царна тIехула лелара адамаш а, говраш а. ХIоьттинчу хьоло кхерийна базарара даьхни а, говраш а, машшаш, дуьрстанаш хедош, аренга дIауьдура.

Кхузахь адамийн маьхьарий а, дуьйлу герзаш а хезна, говрахь схьаиккхира дато бустамаш долу сийначу исхаран чоа а, боьмаша холхазан лекха куй а болуш, йукъах йихкина детица кхелина шаьлта а, револьвер а йолуш, шовзткъе итт шо хенара куьце нохчо. БIаьргашца эпсар а лехна, хорунжина Яицкийна тIевахара иза.

– ХIара хIун ду, господин эпсар?

Хьаьжайукъ а хабийна, маларо цIийдина бIаьргаш нохчочунна тIедуьйгIира хорунжис.

– Ткъа хьо мила ву?

– ХIокху йуьртан старшина ву со.

Хорунжийн муцIар, велаваларх тарлуш, разйелира.

– Старшина ву хьо? Жухарг йу-кх, хьо ма-йарра! Хьо старшина хилча, кхузахь хIара разбойникийн базар хIунда латтайо ахь? Урядник! – Маж а, корта а йаьллачу, чанах терачу гIалагIазкхичуьнга кхайкхира иза. – Урядник Тонкогубов! Герз схьадаккха оцу разбойникера!

Чоьже когийн кIажаш а таIийна, йуьртдена улло говр тесира урядника:

– Герз схьало, господин старшина!

– Iедало герз лело йелла бакъо йу сан.

Урядник хорунжига хьаьжира.

– Урядник Тонкогубов! Омра кхочушде!

Шена гIоьнна ши гIалагIазкхи тIевеача, йуьртдена коьртах шед туьйхира урядника. Йуьртдас шед тоьхна, урядникан аьрру бесни тIехь цIен аса хIоттийра. ТIаккха шен тапчанах тасавелира иза. Амма цхьацца aгIop тIетасавеллачу кхаа гIалагIазкхичо, озийна, говрара охьа а ваьккхина, шодмаш йетташ, мийраш бетташ, хьеша волийра. Оццу минотехь царна тIекхечира Ардабьевский.

– ХIара мила ву, хорунжий?

– Кхузарчу йуьртан старшина ву ша, боху.

– ДIахеца иза! – омра дира цо гIалагIазкхашка.

Довхой дIасакъаьстира. Йуьртда, шина цергаца багара цIий дIа а кхоьссина, шен гIодайуккъе хьаьжира. Шаьлта а, тапча а хиллачохь баьсса ботт а, йаьсса хумпIар а кхозура. Моршах ийна цIий оьхура урядникан мерах. Цхьа бIаьрг Iаржбелла, кедара схьагIоьртинера, хьаж тIе кхеттачу шедо цIен аса йитинера. ШолгIачу гIалагIазкхичун цергаш йаьхнера, кхоалгIачун йуьхьа тIехь гуш чов-чордо йацара.

– Документаш гайтал, – элира Ардабьевскийс йуьртдега.

Йуьртдас гIовталан некха тIерачу кисанара схьадаьхна кехаташ дIакховдийра цуьнга.

– Герз дIало цуьнан, – омра дира штабс-капитана, кехаташ а дешна.

Шега схьайелла шаьлта батта а, тапча хумпIара а йоьллина, куьг хьаькхна, бедарш тIера бокх-боккха хатт охьа а божийна, хорунжина тIевирзира йуьртда:

– Господин эпсар, цуьнан локхаллин областан начальникан инструкцин цхьайтталгIачу пункта тIеxь Iедалан балхахь болчу нохчашкара герз схьадаккхар дихкина. Ахь когашца хьешна и пункт. ШолгIа, кхаа гIалагIазкхичуьнга суна йеттийтина ахь, со хIокху йуьртан старшина вуйла хьайна хуъушехь. ХIара гIуллакх ма-дарра дуьйцуш, хьо жоьпе озор а, хьуна таIзар дар а доьхуш, областан начальнике арз йаздийр ду ас.

ТIаккха урядникана тIевирзира иза:

– Ткъа хьо стешхачу зуьдах, боьха хьожа йогIучу хьакхех бекхам ца эцахь, ас зударийн кортали лелор ду хьуна!

Хорунжий шек а вацара. Цунна хаьара, цкъа-делахь, нохчочо мичча йаздича а, шаьш динарг чIагIдан тешаш боцийла а, шолгIа-делахь, мел дукха тешаш хилча а, шайна таIзар дийр доцийла а. Амма урядникана тесна кхерам шен метта кхийтира. Урядник Теркал дехьарчу станицашкара вара, нохчашна хIумма а хала дацара иза каро а, вен а.

Шен цхьа Iалашо йолу Ардабьевский маслаIатана йукъавелира:

– Тхоьгара гIалат даьлла, старшина, оха къинтIера валар доьху хьоьга. Бакъ а, харц а къасто хала, чолхе зама ма йу xIapa. Вай массара а дийриг пачхьалкхан, Iедалан гIуллакх ду. Бехкаш лоьхур бац вай. Сан дехар ду хьоьга сайна уллохь хилар.

Йуьртда, вист ца хуьлуш, дехьо лаьттах тIа а детташ хIоьттина лаьттачу хье тIехь сет долуш, хьаргIанан басахь йолчу шен говрана тIе а вахана, цуьнан вортанах шозза-кхузза дай куьг а тоьхна, луьйтана ког а биллина, каде нуьйра хиира.

Ардабьевскийна ца моьттучу тайпана, чам боцуш чекхйаьллера операци. Базаран майдана бIаьрг тоьхча, ирча сурт гора. Хоттала охьаIенийна хьаьжкIаш, кIа, борц, ахьарш, даманаш. КIелхьарйаха ца кхиина йисина ворданан чкъургаш, готанаш, нахарш, аганаш, маьрсаш, мангалш, аьтта кхийра пхьегIаш, кхиерш а. Шина сохьтехь болх бича, цхьа обарг а ца лаьцнера, цхьа топ а, тапча а ца йаьккхинера, лачкъийна цхьа бежана а, говр а ца карийнера. Вийна кхоъ а, чIогIа чевнаш хилла итт а стаг Iуьллура майданахь. Хетарехь, байъинарш а, чевнаш хилларш а оцу барамехь хилла ца Iapa. Цхьаберш кхузахь базарахь хиллачу йуьртахоша, гергарчара, бевзачара дIабигнера, йайн чевнаш хилларш шаьш дIабахнера.

Масех шо хьалха Соьлжа-ГIаларчу базарахь xIappa хьал хIоттийча, йоккха гIовгIа йаьккхира демократин зорбано а, белхалоша а. ВуьрхIитта нохчо а вуьйш, маситтанна чевнаш а йеш цигахь хилла гIуллакх, малархошна а, уголовникашна а тIе а теттина, дIадерзийра Iедало. И питана динарг ша доллушехь. Ткъа тахана кхузахь хIapa болх бинарш уголовникаш бац, пачхьалкхан эскаран дакъош ду, шайн коьртехь эпсарш а, уггар хьалха xIapa штабс-капитан Ардабьевский а волуш. ХIинца демократин зорбано йуха а гIовгIа йоккхур йу, белхалоша митингаш йийр йу, дерригенна а бехке Ардабьевский вийр ву. ХIетахь Соьлжа-ГIалин базарахь вийначу вуьрхIитта нохчочунна дуьхьал чIир йоькхуш, Къеди-Юьртан разъездехь пассажирийн цIерпошт а сацийна, Зеламхас вуьрхIитта оьрсий вийра. Хьанна хаьа, цо хIинца хIун дийр ду а? Ардабьевскийна а ма ца лаьа вала, цуьнан а ма бу доьзал. Ткъа Зеламхин куьг Iаламат деха а, бекхаме а ду…

4

Ардабьевский дог доьхна велахь а, салтий а, гIалагIазкхий а самукъадаьлла бара. Цара шина сохьтехь кхузахь бина болх стом боцуш ца бисинера. Оцу балхо цхьаболчеран йаххьашна а, догIмашна а тIехь девнан лараш йитинехь а, уьш йицйеш кара хIонц йеанера царна. Церан карахь а, кортош тIехь а, белшаш тIехь кхозуш а, пхьаьрсаш кIел лецна а гора вертанаш, башлакхаш, куйнаш, шаьлтанаш. ГIалагIазкхийн говрийн нуьйраш тIехьа дихкина а ду кузаш, истангаш, вертанаш, цхьацца баккхалех дуьзна галеш.

Нохчо вийча, гIалагIазкхи жоьпе озош, цунна таIзар деш меттиг ца хилла хIинццалц, цхьаъ доцург. Лурчах Соьлжа-ГIалахь хьалхий-тIаьхьий ши суд хилира. ГIалагIазкхичун говр лачкъийначу нохчочунна кхо шо ах шо хан туьйхира, ткъа нохчо вийначу кхечу гIалагIазкхичунна – кхо шо. Нохчашна таIзарш деш, гуттар тIех закон талхийна, къиза хиллачу эпсарна, администраторша таIзар дар, иза хIокху махкара дIа а ваьккхина, кхечу къоман махка а вахийтина, цигахь оццу дарже дIахIоттор дара.

Иза дерриг а дика хаьара штабс-капитанна. Делахь а хIинццалц ша цIена ларйина оьрсийн эпсаран цIе зорбанехь а, белхалойн митингашкахь а кхайкхош, бехйан ца лаьара цунна, цундела хIокху таханлерчу гIуллакхана цхьа бехказло лоьхура цо.

Ардабьевскийс шена тIекхайкхира оьгIазваханчуьра хIинца а ваставалаза йуьстах лаьтта йуьртда.

– И ворданашкахь баьхкина нах муьлш бу? – дIа пIелг хьажийра Ардабьевскийс.

– Ца хаьа суна. Декъий а, чевнаш хилларш а кхузара дIабига баьхкина нах хир бу-кх.

– Вало, царна тIевоьду вайша.

Уьш гуьмсахойн молла а, иттех гуьмсахо а вара. Ворданаш чу даржийнчу ча тIе, нисдеш, декъий охьа а дохкуш, йаххьаш дIахьулйеш, тIе истангаш туьйсура цара. Чевнаш хилларш кхечу ворданаш тIе хьалабехира. Кортош, пIендарш, пхьаьрсаш, настарш кегйинарш а бара. Цхьаболчара, лазаршна са ца детталуш, узарш дора, вукхара, цергаш ваьшта а теIош, хала садеттара.

– Хаттахьа оцу нахе, и байъинарш а, чевнаш хилларш а мичара, муьлш бу, хаьий царна?

Йуьртдас хаьттира нахе.

– Ца хаьа царна.

– Царна хIун дан ойла йу церан?

– Церан нах гучубовллалц декъий маьждига чу охьадохкур ду, ткъа чевнаш хилларш шайн цIахь кхобур бу. ХIокху майданахь буьтийла ма дац уьш.

– Дац дера-кх, адамаш ма ду уьш, разбойникаш хиллехь а.

Йуьртда реза воцуш дIахьаьжира штабс-капитане.

– Сан цхьа дехар ду хьоьга, старшина. И декъий дIадахьа гергарнаш схьабаьхкича, оцу кхааннан фамилеш, цIерш, муьлхачу йарташкара хилла а, хаахьа. Уьш разбойникаш хилар чIагIдеш, документаш дезар ду вайна.

Цецваьлла йуьртда, цхьана йукъана бага экъантIа а йаьлла висира.

– И сан декхаршна йукъадогIуш дац, господин эпсар.

– Хьан махка тIехь ма байъина уьш.

– XIapa сан мохк бац. Йуьртана а, станицина а йуккъера мохк бу. Хилларг къастор округан начальникан а, пурстопан а, полицин а декхар ду. Сайн йуьртах жоп делчахьана волу со.

– Дика ду. И документаш пурстопа хIиттор ду. Ахь, тоьшалла деш, царна тIе хьайн куьг йаздан ма деза.

– Аьттехьа а вогIур вац, – сацам боллуш корта ластийра йуьртдас. – Кхуза базара дукха адамаш догIу. Нохчийн массо йарташкара а, гIалагIазкхийн станицашкара а. Россера, ДегIастанара, Азербайджанера, Иранера. Массо а маьIIера. Суна хIун хаьа, уьш хIун адамаш ду? Йуха а боху ас, сайн йуьртах жоп делчахьана волу со. Аш, оьрсаша, олуш ма-хиллара, шаьш кегийна худар шаьш даа!

ХIокху Делан мостагIаша кхузахь тахана хIоттийнчу къематдийно а, цхьа ах сахьт хьалха, бугIанаш санна, ондачу кхаа гIалагIазкхичо йетташ, ша сийсазваро а оьгIазвахийтина, декъашна а, шен йуьртарчу баккхийчу нахана а тIевогIуш, говрара чувосса вицвина йуьртда, эххар а саметта веана, говрара чу а воьссина, нахана тIе а вахана, царна гIo дан вуьйлира.

XIapa тахана хIоьттинарг а доцуш, кхечу хьелашкахь Ардабьевскийс кхин мотт буьйцур бара оцу нохчочуьнга. Ткъа хIокху гIуллакхан тIаьхьалонах вогучу цо, хала садетташ, машаре къамел дира цуьнга. Амма иза эрна хилира. Ткъа, кхерийна, ша тIеверзалург цахилар нохчочо хаийтинера.

«Цхьа де догIур ду, ас кхечу aгIop хьоьца къамел деш!» – аьлла, aгIop туйнаш а кхоьссина, йаппарш йеш, говр чабола а йаьккхина, майданара дIавахара штабс-капитан.

…Ардабьевскийна хьалххе дуьйна гина тIаьхьало хилира хIокху гIуллакхах. Газеташа, орца доьхуш, йоккха гIовгIа йаьккхира. Нохчийн интеллигенци а меттахйелира. Эзарнаш адамаш гулделла йоккха йацахь а, дуккха а белхалой гулбелла, Соьлжа-ГIалахь митинг а хилира. Гуьмсехь хиллачу гIуллакхна бехкечарна луьра таIзарш дар доьхура цара Iедалера. Базарахь разбойникаш а, лачкъийна даьхни а дара, байъинарш а, чевнаш хилларш а отрядана дуьхьало йина разбойникаш бу бохуш, ца къарлора Вербицкий. И гIуллакх талла леррина вовшахтоьхначу Iедалан комиссис гучудаьккхира Вербицкийс дуьйцург харц хилар а, салташа а, гIалагIазкхаша а цигахь байъинарш а, чевнаш йинарш а Iедална хьалха цIена, шайн къинхьегамца хьанала баьхна, къен-миска нах хилар а.

Амма бехкенаш, даим а санна, таIзарза бисира. XIapa нохчий империн законашна арахьа ма бара…

XVI корта. Буьрса кхайкхамаш

Зеламха маьрша лела. Иза ларвеш 250 эзар нохчо ву.

профессор П. И. Ковалевский

1

XIapa тIаьххьара шо Iедалехьара зен-зулам ца хуьлуш, цо дукха са ца гатдеш, чекхделира Гати-Юьртахь. Йуьртара Iедал а CaьIaдaн а, цуьнан бартахойн а карахь дисира. Цаьрца-м ларабора гатийуьртахой, амма царал лакхарчу Iедалца къийса ницкъ бацара. Цундела уьш тIетаьIIина бIаьстенна йалташ ден кечлуш бара. Кагделла йа мортдоьлла делахь, ворданан дукъ, аьрша, йалкха, чкъург-милк, цергаш хуьйцура йа тойора. Гота, нох, мекханаш кечдора. Ворданан а, готанан а чкъургашна долчо силам, доцчо йоькаш хьоькхура. Стерчашна, бугIанашна алссам докъар а, хIоъ а луш, цаьрга садоIуьйтура.

Йуьртара дIасаваханчо йа дIасара вогIуш, йуьртахула чекхволучо деана керла хабарш дийцаре деш, суьйранна пхьоьханахь тIаьххьалц хIуьттий а, xoвший а Iара. Бакъду, и хабарш кхуза кхачале тIедеттий а, дестадой а хуьлура. Цхьадерш цхьа а бух боцуш, шайггара кхуллий а карадора.

Гуьмсан базарахь хилларг ма-дарра хаьара гатийуьртахошна. Кхузара масех стаг нисвеллера цигахь, кхоьш йохка ваханчу мискачу Дургин багара массо а церг а йаьккхинера, лерг а датIийнера. Йаьхна цергаш а, датIийна лерг а новкъа дацара цунна, дагахьбаллам бинарш цигахь йайна ши гали кхоьш йара.

Амма хIокху тIаьххьарчу иттех дийнахь массанхьа а даьржинчу цхьана эладитано сагатдинера массеран а. Областан сардалан омра ду, бохура, Зеламха а, обаргаш а, къуй а, талорхой а, кхиболу зуламхой а схьалеца йа байъий дIабаха, нохчашкара а, гIалгIашкара а герз дIадаккха аьлла. И тайпа омраш-м хьалха а хиллера дуккха а. Амма и омра кхочушдан хIинца цхьа шатайпа къиза эскар вовшахтоьхна, Гуьмсехь адамаш дайъинарш а, маситтанна чевнаш йинарш а оцу эскарера салтий а, гIалагIазкхий а бу, бохура.

Селхана дуьйна йуьртахь дуьйцуш дара и омра йуьртдега СаьIаде кхаьчна, пIерасканан дийнахь иза нахана довзуьйтур ду бохуш.

Тахана рузба чекхдаьлча, нахе маьждиган майданахь совцар дийхира молла Хьуьсас. Йуьртара массо а боьрша стаг рузбане веанера тахана, цара йуьзира майда. Ишттачу гIуллакхна аьлла, кертан йохалла охьадехкинчу дукъош тIе охьахевшира баккхий нах Iела, Ахьмад, Аьрсамирза, Лopca, кхин масех а. Бисинарш ирахь лаьттара. Нах дIанисбелла, ладоьгIна севцча, СаьIад вистхилира:

– Шуна ма-хаъара, хабарш ду лелаш, обаргаш, кхиболу зуламхой схьалецалурш леца, цалецалурш байа, нохчашкара герз дIадаккха аьлла, областан сардалан омра ду бохуш. И омра тхоьга схьакхаьчна. Иза йарташкахь нахе дIакхайкхор йуьртдайшна тIедиллина. Цул совнаха, и омра кхочушдар тIедиллинчу эскаран коьртехь волчу эпсаро ша и болх болабале нохчашка кхайкхам бина. Сардалан омре а, оцу эпсаран кхайкхаме а ладугIур ду аш.

Гонна йукъаваьлла Iабди, шен карарчу газетах цхьаъ даржа а дина, йовхарш тоьхна аз а тодина, омра деша вуьйлира:

«ОМРА №16

1909 ШЕРАН 17 МАРТ. БУРИТIА

Со хIокху областан начальникан дарже хIоттавале суна дукхазза а хезнера, кхузахь къинхьегаман бахархой машаре баха ца буьтуш, массанхьа а къоланаш, талораш, адамаш дайар ду бохуш. Баккъал а аьлча, хIетахь со ца тешара оцу хабарех. Амма хIинца, сайна областера хьал девзича, ас халахетарца мукIарло до и хабарш къаьхьа бакъдерг хиларна. Суна хиира, герзашца кечйеллачу разбойникийн гIеранаша, къоланаш, талораш деш, адамаш дойуш, къаьст-къаьстинчу нехан а, дийнна йартийн а дохнан бажа, говрийн реманаш, жаш дуьгуш хилар. Аьчганекъашна, станцешна тIелеташ, цIерпошташ талош, адамаш дойуш хилар. Шаьш лецна нах цара къиза бойуш, майранашна, дайшна, вежаршна хьалха цара зударий сийсазбеш хилар. Мелла а таро йолу нах йийсаре а буьгуш, царна тIера ахчанаш дохуш хилар. Ишттачу хьелашкахь машар, синтем, кхерамазалла, машаре къинхетам хир бу бохучуьнга догдохийла а ца хуьлу. Разбойникийн гIеранех, зуламхойх, талорхойх шайн синош а, бахамаш а ларбан гIалагIазкхийн мелла а ницкъ бу. Шаьш а, шайн бахамаш а разбойникех, зуламхойх ларбан ницкъ боцу оьрсийн ахархой а, немцойн колонисташ а дуккха а барамехь дIауьду Теркан областера. Лаьттан, дохнан долахой а, арендаторш а, шайн бахамаш дIа а туьйсуш, гIаланашка уьду. Шен бахаман, долаллин да а хилла, охьахаа ца ваьхьа цхьа а. Цундела промышленность а, махлелор а хIора шарахь лахлуш ду хIокху махкахь. Мохк дено-дено къийлуш бу. Кхана ша дийна вуьсург хиларх, шен бахам талоза буьсург хиларх тешаш цхьа а стаг вац. Иштта хьал пачхьалкхо ловр ду бохург бакъ дац. Цуьнан Воккхалло императоро халкъан хьашташ кхочушдан, махкахь машар, синтем ларбан хIокху областан коьрте хIоттийнчу ас сайн сийлахь декхар лору зуламхошна законехь догIу нийса а, луьра а таIзар дарца, и зуламаш орамца бухдаьхна, тIаьххьара а, гуттаренна а совцор…».

Газета тIебоьгIна ши бIаьрг дIа а баьккхина, нехан тобанна тIехула кхарстийра Iабдис. Наха, вовшашка бист а ца хуьлуш, ладоьгIура.

Iабдис шен ши бIаьрг йуха а газета тIе буьйгIира.

«…Амма зуламхошна дуьхьал къийсам латто некъаш билгалдахарца цхьаьна бахархошка, къаьсттана туземни бахархошка, дIахаийта лаьа суна: шун хьекъалх, кхетамах, шуьгарчу гIоьнах доьзна хир ду зуламхошна тIазаран луьралла а, таIзарх бахархой ларбар а. Цкъа а кхета шайгахь жимма а хьекъал делахь, хIинца бахархой кхета беза, шаьш хьацарца, хьанала къахьоьгуш гулдина рицкъа къушна, талорхошна, разбойникашна дIа а луш, цаьрца цхьана тхов кIел бехаш а, уьш а, церан зуламаш а къайладохуш а шаьш Iийча, цкъа а шайн машаре, синтеме, токхе дахар хирг цахиларх. Хьекъалечу, оьздачу, доьналлечу наха халкъан барт бар, низам латтор шайн каралаца деза хан, оцу къуйн, талорхойн, разбойникийн цIозах халкъ маршадаккха деза хан, махкахь зуламаш совцо деза хан тIекхаьчна, нагахь санна цкъа а иза кхочур йелахь. Ткъа тахханалц хьанала а, оьзда а халкъ оцу зуламхойн буйнахь ду. Массарна а, ткъа къаьсттана туземни бахархошна, дика хаьа оьрсийн Iедал туземцан мостагI цахилар. Iедало лоьру туземцан дин, къоман гIиллакхаш, пачхьалкхана текхамаш бойтуш ницкъ а ца бо. Iедало туземцашкара лоьхург деккъа цхьаъ ду: машаре дахар, хьанала къинхьегам, иштта кхиберш машаре баха а, хьанала къахьега а битар. Оцу тIехь пачхьалкхан а, Iедалан а лехамаш, цхьа хьаьрк а галморзахаллаш йоцуш, цхьаьнабогIу Мухьаммад пайхамаран законийн лехамашца. Къуйшна, разбойникашна луьра таIзар дар тIедуьллу Къуръано, ткъа имам Шемала къуьнан куьйгаш, когаш дохура… Уьш дерриг а дика хаьа шуна, хIетте а шуна йукъара зуламаш лахлуш а, дIадовлуш а муххале а дац, мелхо а, тIеттIа алсамдуьйлу. Шуна йукъахь зуламаш деха, алсамдуьйлу аш къуйн а, талорхойн а гIo лоцуш хилар, и къуй а, талорхой а, разбойникаш а, ги а боьхкина, аш ловш хилар бахьана долуш. Цундела хIинццалц схьа администрацин ницкъ ца тоьъна уьш совцо…».

– ВаллахI Делора, вай бакъдерг дийцича, и сардал цхьана aгIор бакъ ма луьй!

– Дала бохург а, пайхамара аьлларг а керстанаша вайна дуьхьал детташ хилча, ваьш мича кхаьчна-те аьлла, ойла йан ма йезара вай!

– Галдевлла, ийманах доьхна!

– Цкъа ладогIа, нах!

Нехан гIовгIанаш дIатийча, омра кхидIа деша вуьйлира Iабди.

«…Хууш ма-хиллара, йовха хан тIекхаьчча, зуламаш алсамдовлу. Цундела оцу зуламех а, зуламхойх а шаьш маршадовла дезаран хIинцце дуьйна ойла йан йеза бахархоша. Бахархошна машаре, синтеме дахар кхолла, махкара зуламаш орамашца бухдаха таханенна цкъачунна тхайгахьара xIapa Iалашонаш хIиттийна оха:

1. Лакхарчу Iедале ас бакъо йехна, зуламхой а, церан гIоьнчий а шайн доьзалшца хIокху махкара дIа а баьхна, Сибрех, Йуккъерчу Азе, аьчганекъана гена меттигашка кхалхо.

2. Эскаран старшинана Вербицкийна лерринчу инструкцица тIедиллина ша куьйгалла дечу ханна таллархойн отрядаца Хаси-Юьрта, Ведана, Соьлжа-ГIала, Несара округашкара герзашца кечйелла разбойникийн гIеранаш схьалецар йа хIаллакйар.

3. Меттигерчу администрацешна тIедуьллу хIapa омра а, Вербицкийна йелла инструкци а бахархошка дIакхайкхор а, уьш кхочушйан дуьхьало йинчу къаьст-къаьстинчу нахана а, дийнна йарташна а луьра таIзар дийриг хилар дIахаийтар а.

Со чIогIа дегайовхо йолуш ву тIеман гIуллакхехь дуккха а зеделларг долчу эскаран старшинас Вербицкийс шена тIедехкина сийлахь а, жоьпалле а декхарш доггаха а, жигараллица а кхочушдийриг хиларх. Цул совнаха, иштта сан дегайовхо йу сайн куьйгаллина кIелхьарчу меттигерчу администрацин коьртехь болчу наха хIара гIуллакх кхочушдеш бертахь, жигара дакъалоцург хиларх а. Берриг а бахархошка, хIокху мехкан кхолламан бала болчу, иза зазадоккхуш кхиа, бахархой машаре, синтеме баха луучу xIopa стаге а кхойкху со хIара Iалашо кхочушйеш суна гонаха ваьштатаIарца сайна гIo даре. Вай вовшех кхетарх а, вовшашна гIoдарх а дозуш хир ду ас хьалхахIоттийна Iалашо кхочушйар, зуламе обаргалла, орамашца хIаллакдина, дIадаккхар а, областехь машар, синтем хилар а…

Теркан областан начальникан декхарш

ханна кхачушдеш волу инарла-лейтенант,

наказной атаман Михеев»

Омра дешна а ваьлла, Iабдис газет дIахьарчийча, нахана йукъахь гIовгIа йелира. Цхьаъ ала дагахь хьалхагIоьртира Солтхин Солта.

– Цкъа собар делахь, Солта, – сацийра иза СаьIада. – Эпсаран кхайкхам а бешна, тIаккха шена хетарг эр ду хIораммо а.

Резавоцуш корта а хьовзийна, куьг ластийна, йухавелира Солта.

2

Цкъа а йуьртан гуламе ца вогIу, тезеташкахь бен нахана йукъа ца волу Iела, рузбана веача, тахана дуьххьара гуламе нисвеллера. Цуьнан а, уллохь хиъна Iачу Аьрсамирзин а ойланаш, Iабдига ладоьгIуш велахь а, цхьана йукъана гена Хонкара-махка йаханера. Дийна ву а йа велла а ца хууш, масех шо хьалха доьза вайнера Аьрсамирзин кIант Эламирза а, Iелин вешин Аьрзун цхьаъ бен воцу кIант Мохьмад а. Оьрсийн-японийн тIеман фронтехь тIамна дуьхьал мятеж йинчу нохчийн а, гIебартойн а шина бIон коьртехь хилла и шиъ, накъостий лоьцуш, Iедалан кара ца воьдуш, веддера. Цаьршиннан накъосташна Мукденехь тIеман-аренан суьдан кхелаца итт-ткъа шераш хенаш тоьхнера каторгехь йаха. Масех бутт хьалха Хонкара-махкара схьа цаьршинга хабар кхаьчнера, йолах болх беш а, сагIа доьхуш а, лачкъош а шайна кхачанна а, некъана а ахча доккхуш, кхаа шарахь ваьлла леллачул тIаьхьа, шаьшшиъ Хонкара-махка а кхаьчна, цигарчу нохчашца цхьаьна вехаш а ву, даймахка цIа вирзича, лаьцна, Сибрех вахийтарна кхоьруш, цхьана ханна цигахь сецна аьлла. Цунах боккха кхаъ хиллера къеначу Iелина а, Аьрсамирзина а. Шеко йацара, и шиъ Нохчийчохь велахьара, тахана Зеламхин тобанца хирг хиларан. Ткъа обарган дахар хIора минотехь а кхерамна кIел ду, Iожалла а йу, кIажаш хьоьшуш, цунна тIаьхьайаьлла лелаш…

– Оцу эпсаран кхайкхам нахана бовзийта аьлла, тIедожийна дац тхуна, – элира СаьIада, нехан гIовгIанаш дIатийча. – Делахь а цо бохург хаар зене хир дац. Дешал, Iабди.

Iабдис кхин газет даржийра.

– Бахархошкара герз дIадаккха а, обаргаш, кхиболу зуламхой леца а, зуламаш совцо а кхоьллинчу шатайпачу эскаран командиро Вербицкийс хIара кхайкхам бо нохчашка а, гIалгIашка а:

«Нохчий, гIалгIай!

Шу майра къаьмнаш ду. Шун дайша майра, турпала къийсина шайн маршонехьа. Аш майралла а, доьналла а гайтина, оьрсийн байракхаш кIел Россин хастамехьа леташ а. Амма хIокху тIаьххьарчу шерашкахь шуна йукъахь цхьа боьха адамаш гучудевлла, шайн эхьечу, боьхачу гIуллакхашца шун оьздачу къаьмнийн сий бехдеш. Шун къаьмнех девлла даххаш ду уьш, къоланашций, талорашций дехаш. Имам Шемала талорхочун корта боккхура, къуьнан куьг доккхура. Оцу зуламхошца дepг тIаьххьара а, гуттаренна а чекхдаккха сацам бина вайн пачхьалкхан правительствос. Ахархо, белхало, совдегар, пхьар, Iу – иза муьлххачу къомах велахь а, хьанала къа а хьоьгуш, маьрша, машаре ваха лаьа цунна.

Со кхойкху массо а хьаналчу, оьздачу адамашка, махкара зуламаш дIадахарехь цхьаьнакхетта, сайна гIo даре, къуй а, талорхой а, разбойникаш а шайна йукъара дIалахкаре. Шун къаьмнийн уггар оьздачу гIиллакхах – хьаша тIеэцарх – пайда оьцу оцу зуламхоша. Амма, суна хетарехь, оцу гIиллакха йукъа ца богIу къуй а, талорхой а. Шайн хIусамашка богIу некъ бехка царна.

Къуй, талорхой! ХIинца шуьга а кхойкху со. Шун олаллин хан чекхйала герга йу. Шу, талораш деш, адамийн цIий Iенийнарш, тIеман законашна тIе а доьгIна, ас ирхъухкур ду шу. Цундела ас цIенчу даггара хьехар до шуна: шаьш сан отрядана тIенисделлачу хенахь, дийна карадогIучул, тIаьххьара цIийн тIадам Iанналц леташ далар гIоли йу шуна. Шух кIилло воцург, боьрша верг, тхуна хьалха йуха ца волуш, герз а карахь, леташ, лийр ву. Къуръано ца магийна зуламаш шайгара цадийлинарш, къоланаш а, талораш а цадинарш машаречу дахарна, хьаналчу къинхьегамна тIеверза. Шайн берашка дешийта, пачхьалкхан законаш лера Iамаде, Мухьаммад пайхамара гайтинчу некъа тIехь нисде, халкъана пайде хила Iамаде!».

Iабди, ша дешна газет дIа а хьарчийна, йуьстахваьлча, СаьIад вистхилира нахе:

– ХIинца, сардалан омранах а, эпсаран кхайкхамах а лаьцна шайна хетарг аш алале, цхьа масех дош ала лаьара суна. И омра даьккхина инарла а, нохчийн, гIалгIайн халкъашка кхайкхам бина эпсар а, уьш керстанаш белахь а, цхьана aгIop бакъ луьй аьлла, хета суна. Баккъал а, оьрсийн, керстанийн Iедал вайн дин сийсаздеш а дац, и дин лело вайна новкъарло йеш а дац. XIоpa йуьртахь цхьацца, ткъа йаккхийчу йарташкахь шишша а, кхоккха а маьждигаш ду. Берашна бусалба дин Iамо хьуьжарш а йу. Эвлайааш а, Iеламнах а бу. Вайн къоман Iадаташ а, гIиллакхаш а лоьру Iедало. Къуръан чохь а, пайхамаран хьадисашкахь а диканиг-вониг а, цIенаниг-боьханиг а, хьаналниг-хьарамниг а довзийтина вайна. Шен куьйгашца ша къа а хьегна ца даьккхинчу рицкъанах пайда ма эца, нехан долаллина тIе куьйгаш ма кхийдаде, къола ма де, адамаш ма дайа, кхидолу зуламаш ма леладе, боху вайга Дала…

– Цкъа хьалха шаьш дита зуламаш! – мохь туьйхира Солтас. – Тхо къоланаш деш а, зуламаш деш а дац! Шаьш лелориг дийца!

– Оха лелийна, леладо бохуш, дукха дийцина, Солта. Тахана уьш ца дуьйцур вай. Къуръан чохь Дала а, хьадисашкахь пайхамара а аьлларг ма ду оьрсийн Iедало вайга бохург а, ткъа вай йа бусалба дино бохург а, йа Iедало бохург а ца до, цундела вайна даим дIa бохамаш хуьлу, вай къен-миска а, балехь а ду. Iаьржа ун санна, нохчийн махкахь даьржина хIара зуламаш. ЦIоз санна, мискачу халкъана тIелетта и зуламхой совцо шена гIo де, боху вайга Iедало. Нагахь санна шайна машаре, синтеме даха лаахь, маьрша, хьанала къахьега лаахь, зуламхой къайла ма баха, царна гIo ма де – боху сардала. Бахархойн карахь герз мел ду, къоланаш, талораш, кхидолу зуламаш дIадевр дац, боху цо. Зуламхой совцо а, герз дIадаккха а шена гIo ца дахь, ша уьш хIаллакбийр бу, ткъа церан гIоьнчашна ша луьра таIзар дийр ду, боху цо. Нагахь санна гIуллакх оцу хьола тIе далахь, хийла бехк-гуьнахь доцу адамаш дойур ду, зударий, бераш, къенанаш Сибрех бохуьйтур бу, йарташ йохор йу. Шеко йац, нагахь санна вай кхетаме ца дагIахь, вайн йуьртана а таIзар дийриг хиларан. ХIунда аьлча, вайн ши йуьртахо ву обаргашца. Султахьаьжин Доша а, Сулимин Хьомсуркъа а. Уьш талораш деш, адамаш дойуш бу, ца боху ас. Iедалан бекхамах шайн синош довдийна, обаргаллин новкъа бевлла уьш. Амма Iедална гергахь обарг цIе йолу муьлхха а стаг талорхо, адамашдайархо ву. Кхана-лама вайн йуьрта эскар деача, цо и ши стаг а, герз а дIадехча, хIун дийр ду вай?

СаьIад къамел дина валлалц хала садетташ Iийна Солта, шен цхьаъ бен доцчу куьйгаца нах дIаса а тоьттуш, гонна йукъавелира:

– СаьIад, ахь дийцарехь, оьрсийн паччахь а, сардал а цIена Делан маликаш, ткъа нохчий – цхьа а дин доцу мунепикъаш, акха адамаш ду. Аш дийцарехь, и керстанаш вай бусалба динехь а, ийманехь а нисдан, вайна йалсамане йан гIерта, ткъа xIapa акха нохчий дуьхьалбевлла. Нохчаша талийна йа вийна цхьа-ши бIе оьрсий мехала ваьккхина вуьйцу цара а, ахь а, амма оьрсаша, церан паччахьаша, Iедало нохчийн халкъ хIаллакдар, йарташ йохор, йагор, дийна бисина нохчий чIана а баьхна, лоллехь, Iазапехь бахкор, хIора дийнахь лоьцуш Сибрех хьийсор, халкъера къелла, мацалла ма ца йуьйцу оцу сардала а, ахь а?

Ша, тIамехь пхьарс а баьккхина, цIа веачахьана, гуламехь а, пхьоьханахь а, адамаш цхьаьнакхеттачохь а СаьIадана цхьа Iоттар ца йеш, цуьнан дош ца кагдеш ца Iapa Солта. Амма СаьIада ловра иза. Цуьнан да, Солтха, шеца оьрсийн-туркойн тIамехь хиларна а, xIapa Солта шел шозза жима хиларна а. ТIамехь заьIап хилла хIара миска даим а дера хиларна а. Солтха майра, тешаме, доьналле накъост вара, хIумма а кIанте тера чIиркъе а, девне а вацара. Уьш дерриг а тидаме а оьций, собаре садеттара СаьIада, амма тахана и собар кхачийра цуьнан:

– Ванах, Солта, адамаш цхьаьна мел кхеттачохь, даим суна дуьхьал и гIовгIа йо-кх ахь. Кхузахь, хьо воцург, масех бIе стаг ма ву. Хьан ден хенарнаш а, хьан хенарнаш а. Хьо стенна везаве? Оцу оьрсашка а, церан паччахье а, Iедале а оццул хьайн цабезам хилча, йолах царна хьалхара тIаме а вахана, хьайн пхьарс хIунда баккхийтина ахь? ХIетахь ца хаьара хьуна, оьрсаша, церан паччахьо, церан Iедало нохчийн халкъ ах хIаллакдинийла, йарташ йохийнийла, йагийнийла, дийна бисина нохчий лоллехь, Iазапехь бахкош буйла, Сибрех хьийсош буйла?

– Хаьара. Со къелло, мацалло вахийтира оцу тIаме. TIe, ахь лекхначу зурмано а. Со-м керстанийн ахчанах керстанаш байа ваханера, ткъа хьо хIунда ваханера нохчийн халкъан мостагIийн – оьрсийн, керстанийн – эскаре а хIоьттина, бусалба туркой байа? Хьан да а, хьо а хьал долуш, вехаш ма вара?

– Хьан да Солтха а вара соьца оцу тIамехь туркойх леташ, уьш бойуш!

– Сан да а вигнера оцу тIаме къелло! ТIаьхьа иза валлал дохковаьллера шa цига вахарна!

Оцу шиннан гIир-мир девне ца йалахь а, xIapa гулам гIовгIане берзо боллийла хиъна Аьрсамирза хьалагIеттира:

– Тоийта шиммо а! Солта, хьуна хьайн меттиг ларбан ца хаьа. Хьан ден ден хенара нах бу кхузахь, ткъа хьо даим а царна хьалха гIерта. И хIун тIехбеттамаш бу аьшшиммо бийриш? Вовшашна тIехтохам бан йуьхь йу шуьшиннан? СаьIад, хьо а, Солта, хьо а, сан кIант а, дуьненан хьолах Iехаделла, нохчийн халкъан мостагIчунна, оьрсийн паччахьна дохкаделла, йолах адамаш дайа тIаме даханера. Къийвелча, мацвелча, мацалла вала воьлча, адамаш а дойуш, рицкъа даккха, боху вайга Дала? Ахчанах адам дуьйр дуй ткъа бусалбаналлин цхьа чо шен дегIаца болчу адамо? Цул шаьш йуьртана а, къомана а эхь динийла а хууш, лергаш а таIадай Iе! Кхин цхьа а вист ма хилалаш кхузахь. Iела, ахь алал хьайна хетарг.

Iела, везза хьала а гIеттина, гонна йуккъе а ваьлла, Iасанна тIе ши куьг а диллина, дIахIоьттира. ГIайгIано кхолийна цуьнан сийна бIаьргаш цкъа лаьтта богIабелира, тIаккха меллаша нехан йаххьашна тIехула кхерстира:

– СаьIадан хаттарх сайна хетарг алале, цхьа масех дош ала лаьара суна. Оьрсашца тIамехь да а, воккхахволу ваша а вийна сан. Вешин хIетахь пхийтта шо дара. ТIамах бевдда, орца баханчохь нана а, йиша а йийра. Вешин Аьрзун йалхитта, сан дейтта шо долуш, ден а, ненан а, вешин а, йишин а чIир йекха, оьрсех бекхам эца тIаме вахара тхоьша. Йалхитта шарахь тIом бира охашиммо. Дийна бисинчу эзарнаш нохчийн санна, оцу тIамехь хиллачу чевнийн моьнаш ду сан дегIа тIехь. Оьрсийн паччахьо махкахбаьхна, Хонкара баханчу нахаца цига вахана, даймахка цIа гIоьртинчу нахаца туркойн-оьрсийн дозане кхаьчча, цигахь туркоша вийра сан ваша Аьрзу. Даймахка цIа вирзинчул тIаьхьа, Iедало лаьцна, Сибрех вахийтина со, цигахь ткъе берхIитта шо хан а йаьккхина, диъ шо хьалха цIа веана. Со Сибрех воьдуш, цIахь ши кIант вара сан, цIа веача, воккхахверг ца карийра суна. Иза а тIаьххьара нохчийн гIаттам болуш оьрсаша вийнера. Тхан доьзалера йалх адам дийна оьрсаша, махках а ваьккхина, соьга ткъе берхIитта шо хан йаккхийтина. Дуьненан жоьжахатехь ткъе берхIитта шо хан йаьккхина ас. Оьрсийн халкъера хьал суна девзина. Вайга гIоьрттуш Iазапехь, лоллехь, къен-миска доллу иза. Сан мостагI оьрсийн паччахь а, Iедал а, хьолахой а бу. Уьш бу сан да-нана а, йиша а, вежарий а, кIант а байарна, нохчийн халкъана хиллачу берриг а бохамашна бехке. Цаьрга, сан санна, боккха цабезам хир бац шун цхьаьннан а, цхьана а нохчочун а. Сайн ницкъ белхьара, хIокху махкара паччахьан Iедал дIадоккхур дара ас, паччахь а, хьоладай а берриг а бойур бара ас. Амма ницкъ бац соьгахь а, нохчийн халкъехь а. Вешан дайн, нанойн, йижарийн, вежарийн, кIентийн чIир йоькху, оьрсех бекхам оьцу, маршо йоккху бохуш, леташ, хIаллакьхуьлуш ду нохчийн къам. Хенан йохалла дебаш дац вайн къам, лахлуш, кIезиг хуьлуш ду. Чов кегош, дарйеш хила ца деза, иза йерза йита йеза. Делан цхьа де хир ду керстанан балех вай маршадаха тоьхна. Ткъа оцу къоланаш, талораш, кхин зуламаш дечу наха вайн халкъана диканиг ца до, цара керл-керла бохамаш бо. Уьш Делан дуьхьа а, бусалба динан дуьхьа а, халкъан дуьхьа а ца лела. Сутаралло арабаьхна лела уьш. Шаьш бахьана долуш халкъана бохам хиларх, шекбовлуш бац уьш. И нах совца безара, йа халкъо совцо безара. Ткъа вайн йуьртах дерг аьлча, Доша а, Хьомсуркъа а, церан доьзалш а хIокху йуьртара дIабевлла. И ши стаг къола деш, талораш деш ву бохуш а, ца хезна вайна. Йуьртахь долу герз а хьалха дIаделла наха. Цундела, СаьIад, хIокху йуьрта салтий багIахь, цаьрца дерг ахь, йуьртана зен-зулам ца хуьлуьйтуш, дIадерзо деза. Иштта хета-кх суна. Кхин бегIийла дерг хуучо ала мегар ду.

– Кхин тIетоьхна ала хIумма а дац. СаьIад, хьо йуьртда ву, ахь жоп ло йуьртах. Хьуна тIедуьллу оха Iедалца дерг машаре дерзор.

– Дера, Аьрсамирза, хIокху йуьртан дуьхьа са дIадала а хала ма ца хетара суна, шайна диканиг дича, нахана хаахьара…

– Диканиг дича а, вониг дича а хаьа. Нах а бац сонта.

– Iела бакъ луьй, мацах цкъа хилларш, лелларш карладохуш, кIамдеш, чевнаш дарйан ца йеза, йерзийта йеза. Вайн къомана машар оьшу.

– И къуй, талорхой халкъе совцалур бац, Iедало совцо беза!

– Бехк-гуьнахь доцу миска нах, зударий, бераш ца хьийзош!

Делкъе йанза а, цIахь гIуллакхаш долу а нах, цхьацца-шишша тобанашка а бекъабелла, майданара дIасабевлира. Шайн йуьртахь обаргаш а, къуй а, талорхой а бацахь а, герз хьалххе дIаделлехь а, уьш сингаттаме бара. Йуьрта баьхкича, нахана цхьа бохам ца беш дIагIур бац салтий а, гIалагIазкхий а. Уьш шаьш ма бу уггар боьха, уггар къиза талорхой…

3

Полковник Галаев вийначул тIаьхьа цуьнан метта Ведана-округан ханна начальник хIоттийна капитан Дудников, шел хьалхарчу шиннан хилла декъаза кхоллам шен а хиларна кхоьруш, Зеламхица йолчу йукъаметтигашца чIогIа ларлора. Цуьнца даррехь къийсам ца латтабора Дудниковс, амма пачхьалкхана текхамаш бойтуш, бахархой хьийзабора. Бертахь текхамаш ца бечеран йа уьш бан ницкъ боцчеран керташкара даьхни дуьгура, хIусамашкара йийбар дIахьора. Бехкечарах а, бехке боцчу нахах а йуьзнера Веданара набахте. Цигахь чу ца тарбелларш Соьлжа-ГIала дIабуьгура.

Халкъана ницкъ бечу хьаькамех ша бекхам эцале, цкъа хьалха цаьрга дехаре кехат йаздора Зеламхас, бахархошна ницкъ ма бахьара аш, зударий а, бераш а ма хьийзадахьара аш, шена тIаьхьа таллар а дитахьара аш олий. Уьш шайн некъа тIера йуха ца бевлча, тIаккха царах бекхам оьцура цо. Иштта кехаташ йаздинера Зеламхас полковнике Добровольскийга а, Галаевга а, къизачу эпсаршка а. Иштта кехат даийтинера цо Дудниковга а. Зеламхин кехат жоп доцуш дитича, иза шена бохаме дерзарна кхоьрура капитан. TIе, хIокху округан начальникан даржехь ша цхьана ханна вуйла а, хаьара цунна. Нохчийн округашка начальникаш цхьана генна хьажийнчу Iалашонца Кавказерчу къаьмнех нах хIиттабора Iедало. Цундела кхуза керла стаг хIоттаваллац, Зеламхица мелла а машар лаха, цуьнца шецца машаре дийцарш дан сацам хиллера цуьнан. Хьанна хаьа, и дийцарш деш, цхьана мекарлонца и обарг лаца шен аьтто хиларе къайллах дог дохура цо.

Дудниковс шен тешаме нах бахийтира Зеламхина тIе. Уллохь цхьа а воцуш, шеца цхьаьнакхета, нагахь санна вайшиннан машаре барт хилахь, ша Iедале хьуна къинхетам а, маршо а йоьхур йу аьлла. Цхьаьнакхета меттиг а, хан а билгалйира. Веданна гена доццуш, хьуьна йуккъерчу цхьана ирзо тIехь, Iуьйранна малх схьакхетачу хенахь Iедалх а, адамех а тешам байна, даим а сема, сакх хуьлу Зеламха, сатоссучу хенахь вахана, йиллина меттиг а, гIaп а гучу меттиге охьахиира. Садаьржачу хенахь гIопера арабевллачу салташа хьуьна чохь ирзонан гo дIалецира. Дудниковн йамартло гучуйаьлла Зеламха, ша волччохь цунна йаппарш а йина, дIавахара.

Ша Галаев вийчахьана Iедал шена тIаьхьа талла доьлча, шен доьзал Нохчийчуьра дIабаьккхира Зеламхас. Кхузарчу массо а йарташкахь, кIотаршкахь, лаьмнашкарчу жан гIотанашкахь тешаме нах бара цуьнан, хIара ларвеш, шайн синош а дIалур долуш. Амма мостагIий а бацара хIумма а кIезиг. Iедална хаьара Зеламхас дIа мел боккху ког. Зеламхе а, цуьнан доьзале а кертахь цхьа буьйса йаккхийтина нах Iедало хьийзабора, Сибрех хьийсабора. Ша-м вийча а шек ца волура иза, амма ша а, шен доьзал а бахьана долуш нахана бохам ца хилийта, иза ГIалгIайчу, Iacca-хин лакхенга, лаьмнашка, дIабигира цо.

Доьзал цига дIабуьгуш, новкъахь, гIалгIайн Лаьжга-юьртахь кIант хилира Бецин. Цунна Iумар-Iелa цIе тиллира дас. Уьш болу меттиг хIинца цкъачунна къайлехь йара Iедална, делахь а шеко йацара хенан йохалла иза гучуериг хиларан. Iедалан агентура йара генарчу а, гергарчу а нохчийн йарташкахь. Амма Зеламхин бIаьргаш а, лергаш а дара массо маьIIехь. Соьлжа-ГIалахь, ГIалгIайчохь, Буру-гIалахь, ДегIастанан лаьмнашкахь. Телеграфо санна, дика болх бора цуьнан агентуро.

1.Бера – ворданашца мохь дIасалелош гIуллакх дар. Кхузахь – Iедална болх бар.
2.Цунах тера тамашийна нисдалар хилира дезткъе цхьа шо даьлча. 1985 шеран май баттахь, Афганистане тIаме буьгучу салташна йукъахь, эшелон Чарджоу станце кхочуш, бунт йинера нохчаша а, гIебартоша а. 12 нохчочунна а, 1 гIебарточунна а суьдо хенаш тоьхнера («Северный Кавказ» газет, № 24, 1998 шеран июнь).
Текст, доступен аудиоформат
4,6
9 оценок
Возрастное ограничение:
12+
Дата выхода на Литрес:
08 августа 2023
Дата написания:
2023
Объем:
710 стр. 1 иллюстрация
Правообладатель:
Автор
Формат скачивания:

Похожие книги