Болатан Зараъ. Повесть

Текст
0
Отзывы
Читать фрагмент
Отметить прочитанной
Как читать книгу после покупки
Шрифт:Меньше АаБольше Аа

Йоккхачу стагна Хьавана улло вахана Виситас хаьттира:

– Баба, куьйг лозийна ду хьан? Лозий хьан и? Дика д1адихкича х1ун дара техьа?

– Куьйг-м ца лозура сан, жима стаг, дог лозу-кх, х1ара адамийн бала гуш. Вайга х1ун де боху техьа оцу боьхачу адамаша! Олуш, дуьйцуш х1ума а доцуш, 1уьйрана малх г1оттуш юьртана гуо а бина, яккхий тоьпаш йиттина адам х1аллак ди-кх оцу дела воцучу хьакхарчаша! Ягийна д1аяьккхи-кх цара и вайн юрт!

– Божарий стенга бахана, баба? Дийна стагга а ца висина? – хаьттира Виситас.

– Мила дийна ву а ца хаьъа, мила вийна а ца хаьъа! Яккхийн тоьпаша х1оъа бетташ б1арзвинера шаверг а! Божарша а, дукхачу зударша а герз карахь дуьхьало йира оцу т1еман к1урна юккъехула. Царах х1ун хилла а ца хаьа тхуна-м, – легашкахь хорам хилла хала дара Хьавана къамел дан.

Йоккхачу стаге садо1ийтуш Висита айбавелла некъаца охьахьаьжира. Йист ца гуш дукха бара мух1ажарш. Дошлой а говрашкара биссина шайн гергарнаш лохуш буьйлабеллера.

– Баба, тхо даханза ца довлу… шу ломарчу ярташка хьалакхачалур дуй-те? – хаьттира Виситас.

– Х1умма а дац, жима стаг, тхо-м т1амана к1елхьара девличахьана меллаша д1аг1уртура дара. Шу ма к1езига ду-кх оцу Делан мостаг1ашна дуьхьала, яккхийчу тоьпашна дуьхьала. Шортта т1емлой а гулбина дан дезар-кха царнна та1азар, оцу хьаькхийн хьожа йог1учу эскарна, – шен корта, лозуш санна, лестабора йоккхачу стага.

– Баба, шун некъ цу Везчу Дала нийсбойла! Тхо ца дахача ца довлу х1инца! Тхайга х1ун дан ло хьовсур тхо! – олуш айбавелира Висита.

Оцу хенахь жимма дехьа, хьуьна юккъехь ц1аьххьана зударийн тийжар хезира, цхьаммо-м мохь а олуш. Висита улло г1оьртира, цигахь Ваха а гира х1окхунна, иза воьхна хаалуш а вара.

– Х1ун хилла, Ваха? – хаьттира Виситас.

Куьйгашца корта а лаьцна хьуьна юккъе д1аволавелира Ваха, дуьхьала х1ума а ца олуш.

– Зударий, х1ун ду кхузахь хилларг? – алан кхиъира Висита, зударий д1аса хилира сихха.

Доккхачу наж диттана бухахь юькъачу бецана т1ехь 1уьллура куьйгаш д1аса а тесина вуьрх1ийтта шо хир долуш йо1. Цуьнан г1ода юккъехь озийна йихкина шаршу хилла к1адийн кесаг яра. Оцу юккъехула х1инца а охьаледаш ц1ийн т1адамаш дара йоь1ан аг1онца. Висита кхийтира хилларг х1ун ду, йо1 садоь1уш яцара.

– Йоккхачу тоьпан х1оъанан гериг кхетта вон чов яра цуьнан, кхуза а дика схьакхаьчна и, – элира зударех цхьамма.

– Гергара стаг вуй цуьнан кхузахь? – хаьттира Виситас.

– Со ю цуьнан нус, Зулай… Иза тхан юьртан эчиган пхьеран йо1 ю… Сецира жима зуда, шен майрачуьна йишин, марден а ц1е яккхан ца лиира цунна.

Уллохь лаьттачу баккхийрачу зударша т1етуьйхира:

– Малика ю оцу йоь1ан ц1е…

– Идалан йо1 ю и.

Висита юьстаха а кхайкхина Зулайс цхьанна а ца хозийтуш хаъийтира Виситина:

– Гуьйранна Вахина хан йиллина яра Хаза йо1.

Висита ца кхетта хетадела т1етуьйхира цо, йистехьуо хьуьна юккъехь лаьтташ волчу т1емлочунна т1е п1елг а хьажош. – Д1о лаьтташ ву иза.

Х1инца Висита кхийтира, Ваха юьстаха валаран бахьанах. Цхьажимма витина а иза ша вуьтуш лаха охьаволавелира х1ара. Массо меттехь, гобаьккхина а бара чевнаш йина зударий, кхин а инзарениг – бераш! Дехьо лаьтташ болчу шен накъосташна т1евахана дагавелира Висита:

– Вахин т1ехьийза йоь1ан дакъа ду д1о зударшкахь… Цаьрга и юьрта кхачалур дац…

– Т1аьхьа кешнашка д1адуллура долуш, х1инца лаьтте далан деза дакъа, – элира х1окхарел воккха волчу Цадас.

– Мегар ду… делахь, к1ентий, сихо ян деза вай. Шу кхоъ кхузхь висина йо1ана кашна ор даьккхина и д1анийса йина, тхуна т1аьхьа ван деза делахь, – аьлла Цадин кхин шинна т1едиллира Висас и г1улкх.

Схьагарехь, х1окху адамашна юккъехь чов янза, дагна чов йина-м х1етте а, висина цхьа а стаг вацара, жима а, воккха а. Дог 1овжадинера жимчу стеган, гуш долчу суьрто. Виситас б1аьргашца лехира Ваха. И дитташна юккъехь къевла ваьллачу аг1ора д1аволавелча, цунна гира куьйга пепан диттах г1оьртина, воьхна лаьтташ волу шен накъост:

– Ваха, Делана вайначулла а алсама езаш хилла Малика… Йирзина меттиг Дала декъала йойла цуьнан! – улло вахана жима стаг маракъевлира цо.

– Дела реза хуьлда хьуна, Висита, – догэцарна баркаллица белшна т1е куьйг а тухуш жоп делира Вахас.

– Х1инца вай мостаг1чуьнга доьхура ду жоп! Сихлолахь, Ваха! – олуш шен говра йолчу аг1ора д1аволавелира Висита.

– Доьхура ду! – ша-шега олуш, церг хьакхийра Вахас, шен говрана т1е а хьодуш.

– К1ентий! Говрашка ховша! Оцу делан мостаг1ашна т1екхочур вай! – мохь элира Виситас говра а волуш.

Говрийн бергаша х1инца декадора латта! Геннахь а хезира долуш, бог1уш бериг б1о буйла. Гонахара хьаннаша и г1овг1а дуккхаза а алсама йоккхуш генна хьалха д1ахьош яра.

Шена хьалха д1аоьхуш болу дошлой севцина а хаъабелла, Зараъ динара а йоьссина тебина улло г1оьртира царнна. Диттийн дуькъа г1аьнашна, коьллашна юккъехь хьулъелла 1ийра и дикка хьоьжуш а, ладуг1уш а. Болатас жима йолуш дуьйна дика 1амийнера йо1, и теббина гуттар а улло еънера т1емлошна а, мух1ажаршна а. Цара олуш долу х1ора дош а хезира цунна, доь1уш са а т1ехь хезира. Кестта йо1 кхийтира, т1емлой т1ебоьлхуш йолчу юьртахь боккха бохам хилла хиларах. Иза кхин хьиэм ца беш, цхьа г1а а меттах ца доккхуш, текхина йистаха а яьлла, тешамен доттаг1 санна шега хьоьжуш лаьттачу Сирдинна т1ейеира. Шена х1инца гинчу зударийн миска яххьаш яра йоь1ан б1аьргашна хьалха лаьтташ, кхераделлачу берийн белхарш дара лергаш къардеш санна декаш. Даръелла, оьг1азен шед х1оьттинера йоь1ан хазачу хьаьжана юккъе. «Ас х1ун дича нийса хир дара техьа?» – ойла хьийзара Зараъин коьрта. Сихонца елира йо1 шен говра… Ткъа кхин д1а дериг-м дагахь а доцучу кепехь дийцира хьекъален говро. И когбайбина елира новкъа, амма новкъахь ца соцуш и едира бердана йистте. Берд ломахь санна лекха бацара, амма чувосса луъчунна кхин лоха а ца хетара и. Бердана а, хинна а юккъехь г1амарна т1ехь нилхха яьлла буц а йолуш шуьйра тог1и яра. Говра бердана йисттехула цкъа цхьана аг1ора хьаьдира, т1аккха вукху аг1ора. Ткъа Сирдин ша а ч1ог1а сиха йолучух тера дара, цундела и кхин хьиэм ца беш бердат1ера хина чукхоссалуш санна г1амаршна т1е кхоссаелира. Зараъ ша а ч1ог1а цецъяьллера оцу Сирдинах даьллачу хьуьнарах а, майраллах а. Амма говра-м яцара ойланаш енчохь, и тог1и чухула бергашна бухара леккха ирх г1амарийн цинцаш а кхуьйсуш хина охьанехьа лаллаелла йоьдуш яра. Дикка гена д1аихира говра, хино гола тухучохь тог1и а ц1аьххьана готта елира. Говрана х1инца-м шортта хан яра йоьдуш лаьтташехь бердах хьалаялан меттиг лахан. Иштта дуьххьара шена карийначу меттигехь иза хьалхара ши ког кхоссалуш говза д1а а тосуш бердана т1еелира. Юьртабоьду некъ бердана оцу меттехь кхин гена а бацара, цундела Зараъас говра некъана т1е хьовзийра. Сирдин цкъа юхаг1оьртира, амма йо1ана лууш дериг дан лийра а йолуш ма яра и. Юьртана улло ма г1оьрттина некъана дехьа-сехьара дитташ мелла а нилха дара, иштта дитташ к1езига долучохь д1ахьаьжича гена йоцуш юрт хааелира йо1ана. И юрт хааелла Сирдин а маса ког боккхуш, тохаелира. Дукха хан ялале говр а д1анийсаелира юькъа коканийн куллашца. Ткъа и коканеш кхачалуш доккха диъ-пхиъ талла дара ул-уллохь лаьтташ. Говра ц1аьххьана «хр-р-р!» олуш сецира, амма Зараъан лаамца хьалха д1айолаелира. Оцу хенахь стаммийчу таллашна т1ехьара говрана мерк1еллахь, борг1алаш санна къорза духар а дуьйхина волу, шиъ салтий дуьхьала велира. Салтийн карахь яра ехан мажаран тоьпаш, амма оцу тоьпанелла а деха х1унда дац аьлла хеташ буьххьехь ира кхоъ литта а долуш цхьамзанаш дара. Хьаьрса охкаделла ц1оцкъамаш а царна бухахь хьакхийн санна горга б1аьргаш а, босбоцуш б1аьрганег1арш а долуш, дукха онда волуш букар а хьаьвзина волу салтий хьалха чухьаьдира Зараина, шалгу санна шина куьйга топ хьалха а лаьцна. Шолг1аниг-м лохуо дег1ахь деха дуткъа охкаделла ши мекх а долуш волу, шелла а еха топ хьажош воллура. Амма цунна, стелахьаьштига санна малхехь серло а тухуш, накха кхача а белла лаган шед болучу хир долуш, йо1а ластийна кхоьссина шаьлта яхара мукъ бен гуш а ца буьсуш. Ц1енчу ц1ийн чопаш ара а тухуш д1акерчина цкъа-шозза когаш хьокхуш тоха а велла д1асецира салти. Амма чухьаьддарг-м говрана хьалхара когийн болата т1ехь ленаш долчу бергашна т1е1оттавелира! Топ цхьана аг1ора а южуш, ша аркъала д1акерчира онда салтий. Говра улло а яхийтина лохачу салтийчуьна са эцна йолу шаьлта, говрана т1ера ца юссуш, чукхевдина схьа а яьккхина, цуьнан къорза барзакъах хьаькхина ц1ийх ц1ан а еш шен батта йиллира йо1а. Зараъин хьаьжаюккъера шад-м ца баьллера х1инца а д1а. Говра д1аса а йолаялийтина, кхин цкъа а охьакхевдина кара ийцира цо, метта ван г1ерташ, узарш деш 1уьллучу ондачу салтийчуьнан еха топ. «Иштта герз долчу эскарца т1ом муха бан деза шаьлтанашца? Муьлхачу махкахь хаькхарчий санна деба техьа х1ара бакъйолу хьакхарчий!» – ойланаш йора йо1а, цкъа тоьпе хьожуш, т1аккха хьаьрсачу салтийчуьнга хьожуш. Оцу хенахь шен горга хьаькхийн хуьрсийн санна болу ши б1аьрг схьабиллира узарш а деш салтийчо. Уьш-м ца биллинехь а х1умма а дацара! Буйнахь, буьхьиг лепаш цхьамза болу топ а йолуш, говра т1ехь т1евог1авелла жима стаг ламанхо вара суркуй а тиллина. Амма аьрон куьйга жимачу стага шен хазчу коьртара баьккхира куй. Салтийчуьна горга кегийра ши б1аьрг цецдеъина боккха хилан г1оьртира, амма Дала ца делларг хилан йиш яц-кх! Зараъас месаш бухахь къайлайохуш т1етиллира куй. Йоь1ан б1аьргашна хьалха х1оьттира хьуьнхахь доьлхуш хиллачу берийн сурт, 1адаяллал ч1ог1а хезира церан аьзнаш… Салтий х1инца а вара цецваларх ца валалуш бухахь 1уьллуш:

– Георгий! То-о-лам-хо! – дара цунан т1аьххьара дешнаш, шена дог лоцуш хьажийна цхьамза а болуш говрахь дошло шена т1ех1оьттина гуш.

– Сан ц1е Зараъ ю! Со вац Герги! Амма аса сайн ницкъа ма-кхоччу йойура-м ю шу боьхалаш! – элира ша-шега йо1а, дин т1ехьарачу когашна т1е а х1оттош, д1а а оьккхийтуш.

Х1инца кхийтира йо1 Сирдина лелош хиллачу кепах. Х1окхарна хьалхахь волу мостаг1 шеначулла а хьалха говрана хаъалойла а кхийтира йо1. Йоьдуш лаьтташехь вортанах куьйг а хьокхуш, хьаьстира цо шен Сирдин:

 

– Х1инцачул т1аьхьа аса ахьа бохург дийр ду!

Цхьажимма некъаца д1а а яхана, ког тасалуш санна хилла, болар лахдира Сирдинас. Хьалха хьажадеш лергаш меттах а даьхна и некъана т1ера юьстаха елира. Х1инца говра хьуьна юккъехула х1ора дитт дагардеш санна йоьдура. Лекхачу таллана диттана к1елахь нисъелча, говра сацийна, тасаелла диттана буьххье елира Зараъ. Шен ден баьччан хилла, озийча яхлуш йолу турмал баттара а яьккхина, гонаха а хьалха а хьаьжира йо1. Некъаца хьала а, охьа а цхьа а т1ехь б1аьрг соцуш х1ума ца гира йо1ана. Х1инца хьалха цуьнан шина сатлийчунна т1е1оттаялар хиллачу меттигера д1а юьрта т1екхаччалца хаъалуш кхерамен х1ума дацара. Амма юьртана чувуллучохь некъана т1еерзийна йиъ йоккха топ яра. Уьш-м яцара кхин хьулъйина къайлаяьккхина а. Г1ароле вахийтинчу шина салтийчух дегайовхо йолуш хилан тарлора церан кхузара накъостий. Яккхий тоьпашна уллохь г1арол деш а вацара ц1е ягош верг, йоккха топ кхуссуш т1е1уттуш долу хаьштиг а буйнахь. Салтий-м урамаш хьаладуьззина 1оьхкучу адамийн даккъашна т1ехула когаш бохуш д1а схьа лелаш бара: цхьаберш нехан бунна чуьра х1оъаш гулдеш, котамаш луьйцуш, урс хьакхар доцуш церан кортош хьийзош сацар доцуш уьш йойъуш, бежнаш, уьстаг1ий дойъуш, ц1ийх а буьзина бара. Шайна «г1алх!» аьлла ж1аьлина-м цара йа топ тухура, йа тоьпана цхьамза, 1уттий чекхбоккхуш, садоккхура церан.

Кхоъалг1анарш бара юьртахула буьйлабелла лелаш, къаьркъано хьерадаьхна б1аьргаш а къерзош юрт юьззина 1охку юьртахошна юккъехь стагга а дийна вуй хьоьжура уьш, тоьпан цхьамзанаш 1уьттуш чекхдохуш. Кортош дохуш, леррина оцу г1уллакхана лелош долчу, галешна чу нийсдора. Буьрсачу г1опехь оцу х1ора коьртах дукха ахча лора х1ора салташна. Оцу т1аьххьарчара, шайна аганахь 1уьллуш доьлхуш дийна бер карийча, и, цхьа т1ам а лоций, ирх а кхуссий, к1ела цхьамза хьалха а болуш топ лоцура. Ирх кхоьссина кхераделла бер, шийла мохь а олуш, тоьпана цхьамзийна т1едог1алора, амма кестта чуьра са д1адолий, д1атуьйра и Делан малик.

– Акхароша аккхарой кхуллу! Х1у дайъан деза х1окху аккаройн! – бохуш маьхьарий дара юьртана т1ехула хьийзаш йилбазан мохь санна.

Лекхачу талла буьххьехь 1аш йолу Зараъин чуьра ц1ог делира, б1аьргех хин татолаш а хьодуш:

– Ва, Везан дела! Хьуна гуш дац х1ара! Х1окху дуьненах жоьжаг1ате ма йина оцу хаьаькханех схьадаьллачу тайпано!

Ша муха юссу ца хууш, ларъялар дицделла, кегийн гаьннаш а кегдеш, г1овг1анца чуйоьссира Зараъ лаха. Коьртара куй божош, шина лергана т1е куьйгаш а дехкина гуонаха цхьа х1ума ца гуш ехха 1ийра и, кегийн татолаш санна беснешна т1ехула охьаоьхуш хиш а долуш. Эххара а Сирдин еъара йо1ана улло, кхуьнан дог оьцуш белшах батт 1уьттура цо. Оцу говрана адамийн мотт ца хууш хилар тамашена х1ума дара. Ша хьайба делахь а, цуьнан ц1еначу дагца, цуьнгахь яра бакъйолу адамалла! Мелла а ша, дукхаха дериг Сирдин бахьана, метта йеъча, уггаре хьалха йо1ана дагадеънарг дара: «Висита! Дошлой! Уьш-м бог1уш лаьтташехь гурана кара доьду экха санна, х1окху боьхалашна кара г1ур бу!» Йо1а ч1ог1а нийса ойла йора, х1окху юьртахь гулвелларг хир вара кхоъ сов эзар мостаг1. «Нагахь санна юьртана ламанхоша т1елатар дахь!» – аьлла юьртана массо а аг1ора д1ах1иттийна йаккхийн тоьпаш а яра. Къаьсттина дукха, йиъ йоккха топ, йара Виситин дошлой т1ебог1учу, лаьмнашкахьа йолчу аг1ора!» Со орцаха ца ялахь, дошлой х1аллак хир бу-кх!» – ойла тесира Зараъин коьрта чу. Ягийча санна, т1ехьа ши куьйг тоьхна хьалаиккхира йо1. Катоьхна схьаэцна сира басахь суркуй а, 1аьржа месаш буха а нисъеш, т1еозийра цо шен хазчу горгачу коьртана. Ц1окъбергана санна, чохь суй лепаш, ч1аг1алонах буьзина бара йоь1ан сира ши б1аьрг. Яккхийн тоьпаш! Яккхийн тоьпаш!» – коьрта хьийзара йо1ана. «Со яккхийн тоьпашна улло цхьа а салтий ца вита хьажан еза, Виситин дошлой т1елетича!» – бохура цо ша-шега. «Салтий-м дукха бу зингатий санна! Ларалур яц со суо цхьаъ! Х1ун дийр дара?» – т1аьхьах1оьттина Сирдин а йолуш, тебаш юьртана улло г1ерташ яра йо1 хьуьна юккъехь хьулъелла. Кестта дитташ кхачийра, гена-м яцара юкъаметтиг йо1аний яккхийчу тоьпашний.

Говра хьуьнхахь а йитина, йиъ жима кхаба кечъйира Зараъас чохь мехкадаьттах даьккхина сихдогу молха а долуш чудоьттина. Т1ехула т1аьрсиган ч1уьйригаш а йолуш леррина кечйина кхабанаш-герз шена дехьа, сехьа г1одъюккъе а дихкина, куллашна т1аьхьа хьулла а луш гуттара улло текхиш т1еяханера йо1. Цуьнан баьццара басахь йолчу г1овтало а г1одора цунна къайлаха йисан. Яккхийн тоьпаш-м гена яцара, амма х1ун дийр дара йо1а ша цхьамма оцу мостаг1ийн инзаре буьрсачу герзана. «Яккхийнчу тоьпашна уллохь х1оънаш ма бац! Х1унда бац? Стенгахь бу уьш?» – хоьттура цо ша-шега. Йо1 тебина 1уьллучу меттера ца гора йоккха топ юлуш болу г1ирс. Ойла-м нийса енчух тера ду, ткъа стенга бехьана цара и г1ирс? Стенгахь? Стенгахь бу?» – ша-шен садуура Зараъас. Яккхийнчу тоьпашна уллохь стагга а воцучура цигахьа гуонаха лахан беза аса йоккха топ юлуш болу г1ирс!» – ч1аг1о йира йо1а. Сийначу бецаца цхьаъ хуьлуш, ийна текхина йоккхачу тоьпашна улло яхара и. Цигахь гуш стагга а ца хиларх, вай бохург-м бакъ ца хиллера. Маларо а, йовхоно а мелла а г1елвина кхоъ салти вара йаккхийн тоьпан чкъургех букъ та1ийна тевжина 1аш. Йо1 царнна ши-кхоъ г1улч уллохь луларчу жимчу куллана т1ехьа 1уьллура. Х1инца яккхийн тоьпана х1оънаш а карийнера цунна, уьш т1ехьа аг1ора вовшин т1ет1а боьттина лаьттара, нагахь т1ом эккхахь схьаэцан кийчча хир болуш. Кхаъа салтийчунна букът1ехьа нислуш текхина йаккхийн тоьпан х1оъийн барзана т1еяхара йо1. Х1оънах жимма тера яра 1аьржачу т1аьрсигах ботт болу горга кхаба. Йо1а цхьа кхаба х1оттийра х1оънашна юккъе, малхболу аг1онца. Чохь мехкдаьттах даьккхина т1еда молха чохь долу шолг1а кхаба кхин а цхьана х1оънийн оьлана юккъе х1оттон кечъеллера йо1, амма жимма дехьа, ц1енонна уллохь т1е гата а тоьхна ворда а гина, тебаш цунна т1еяхара Зараъ. Ц1ийнан пенна а, вордана юккъе а ша нисъелча, шаьлтанца гата хадийна чу хьажира и. Кегийрачу гатанан т1оьрмигашна чохь тоьпан молха дара. И т1оьрмигаш-м йоккха тоьпана бирг1ана чу хоьура долуш дара, цу чохь а хаъаделира йо1ана тоьпан молха. Шолг1а кхаба, гатанах вордана т1ехь бинчу тхевнна, т1екхийсира Зараъас. Гонаха а хьаьжина, текхина юьртаха йолуш яра Зараъ. Х1инца-м сиха лелан дезара цуьнан, кестта схьакхачан безара Виситин дошлой. Кхаъа салтийчунна уллохула т1ехъялар дара коьртаниг, амма йо1ана «х1инца-м куллана т1екхечи со» аьлла хетачу хенахь цхьа салтий ц1аьххьана йовхарш а йина меттахвелира. Моьлкъано санна корта айбина гонаха хьаьжира и. Амма цецдеъна висира, цунна хьалхахь, ши-кхоъ г1улч хир йолуш, кхуьнга а вирзина 1уьллуш ламанхойн жимха вара.

– Орц…, – аьлла д1асецира цуьнан боьха мотт, шаьлтано хадийна лаг а доьллуш.

Ц1окъберг санна тийна, беълара кхоссаелла улло нисъелира йо1 г1овг1ано самаваьккхинчу кхин а шина салтийчунна. Церан а саделира «къикъ-микъ!» алан ца кхуьуш. Буьрса лаьхьа санна хьаьвзира Зараъин маса шаьлта оцу шина йовссаршна юккъехула. Уллора куллашна т1ехьа къевлаелира и б1аьрган нег1ар тухучу юккъехь. Кхоъ салтий-м х1инцца наб озийна йоккхачу тоьпана ч1ургах д1атаь1инчух тера 1илла висира.

Дуьххьара санна Висита хьалха а волуш, дарвелла кхо б1е дошлой-ламанхо вог1ура мох санна говрашка некъатехула леккха ченан к1ур а г1аттийна. Церан мог1а бехха бахбеллера, уьш шиъ цхьана, я цхьаъ ша бен ца тарлора готтачу новкъахь. Некъана дехьа, сехьа-м хьалха санна хьун яра. Дошлойн тобана генна хьалха, некъ зуьйш ваха дезаш волу Аьрзуна, Лечина т1аьхьакхиъина бевлла аьлла хеташ бог1ура дошлой. Даима а «сихало садаьккхина» олуш волу Висита а вара сихвелла массарел хьалха говра лаьллина вог1уш. Генахьа юьртан г1аларташ шена хаъаделча-м жимма меттавеъна, леррина хьалха хьожуш вара и. Амма оццул йоккха яьккхина г1овг1а мостаг1чунна ца тусалуш юьсийла дацара.

Эскаран инарлас омра дира юьртахь та1азарш лелош долу эскар кийча хилийта аьлла. Г1аролехь волчу шина салтийчунна г1ончаш а хьовсийра эпсарша, инарлин омра кхочушдеш. Яккхийнчу тоьпашна уллохь байъина салтий карийча-м гуттар а хьераваланза висира инарла.

Оцу хенахь Аьрзуй, Лечий т1екхаьчнера вийна 1уьллучу шина салтийчунна. Амма хьоьжуш лоттийла дацара, бисина дошлой а цига кхечира сихонца. Виситас ч1аг1о йира, мостаг1 метта веъна валале т1елата деза аьлла. Говраш човхийна юьртехьа дошлой чухахкалуш дуьхьала вог1уш иттех салтий нисвелира кхарнна. Уьш-м тоьпаш хьала айба а ца кхиъира. Таррашца берина охьабехкира салтий дарбеллачу дошлоша. Иза иттех салтий, инарлас човхийначу эпсарша, г1ароле хьажа бахкийтанарш бара. Ткъа юьртахь-м х1окхарнна дуьхьало ян ницкъалла кечам бара беш. Йиъ йоккха топ дошлой бог1учу аг1ора ерзийна юлан кечъеш бирг1а ц1анъеш бара салтий. Эпсарша т1е мохь олуш а, шайна улло нисвеллачунна тухуш-1уттуш а салтийн мог1а нисйбан г1ерташ бара. Цхьа вуткъа веха, 1аьржачу аматехь, 1аьржа мекхаш а долу эпсар вара яккхийн тоьпаш кечъеш болчу салташна т1евирзина, уьш ма-торру сихбеш ц1ог1а хьоькхуш д1аса уьдуш.

Тоьпара баьлла х1оъа санна чухецаелла йог1у ламанхойн-дошлойн говраша ницкъала г1овг1а яьккхинера. Цхьаболу салтий боьхна хьийзара, къаьсттина яккхийн тоьпаш юлуш бохкурш. Гена боццуш дошлой а гучубевллера, ченан к1ур айбина йог1ура церан говраш. Яккхийн тоьпаш юьйлина бевлла хаьштигаш т1едахьан кечбеллера салтий, 1аьржа эпсар омра дан куьйг айбина д1ах1оьттинера, цуьнан б1аьрг яккхийн тоьпан х1оънийн оьлана йисттехь цхьана тамашена х1оънах кхеташ. Эпсар-м ца кхийтира и х1оъа боцийла, и ц1аьххьана иккхина д1аяхара, массо а х1оьънийн оьланах сийна ц1е а йоккхуш. Дера иза Зараъин совг1ат дара, шен кхабана чохь цо ломара деъна.

Болатас мацах хьалха шаьш цхьана т1елатар динчу мостаг1ийн г1опара цхьа ц1естак1удал санна т1ехь хьийзина юткъа бирг1а а йолуш, цхьа яй беънера ц1а. И хиллера шен ц1ахь къаьркъа деш болу яй. Болатас пхьерашка цунах яйтинера мехкадаьтта кхехкош, т1еда молха деш пеш. И т1уьна молха тоьпана чу дотта йиш яцара, амма цунах яьлла ц1е д1аяйъа йиш-м яцара. Т1ехула т1аьрсиган ботт а беш, леррина кечйинчу кхабанашна чохь д1аса лелон атта а дара и т1уьнамолха, эккхар а дара цуьнан ницкъала. Т1еман тасадаларшкахь и герз оьшура дуй хаъара Болатана, Зараъас х1инца гайтира и муха герз ду. Цулла а совнаха, Болатас йо1ана 1амийнера шен инзаре ехачу мажартоьпана т1е турмал ч1аг1ян а. Мел генара хеташ делахь а, цундела дара Зараъас ша йаккхийн тоьпийн х1оънийн оьлана т1ейиллинчу кхабана нийса топ тохар. Иза-м х1инца а яра шен Сирдинна т1ехь хьуьна юккъехь хаъалуш, кхин цкъа а топ кхосса кечам беш яра и. Шозлаг1а кхоьссинчу тоьпо эскаран тоьпан молха т1ехь долчу ворданах цхьана и сийна ц1е тесира. Ворданан гатана тхевна т1е кхоьссина кхаба а яра мехкадаьттах даьккхина т1уьна молха чохь долуш, ткъа цунах яьлла ц1е д1аяйъан йиш ма яц!

Говраш хаьхкина бог1уш болу дошлошна а гуш лилхина д1аяхара яккхийн тоьпаш а, царнна т1аьххьа и 1аьржа к1ура ирх бохийтуш иккхира тоьпан молха т1ехь йолу ворда а. Гонаха мел хилла салтий а аьтта д1абахийтира, уллохь нийсбелла кхинарш а и сийна ц1е летта хаьштигаш санна богуш бара. Оцу хенахь к1урана юккъехула юьртана чоьхьа тилира Виситин кхо б1е дошло! Церан тарраш дара малхахь бекхаман ц1е хилла лепаш! Дошлойн буйнахь мостаг1ий лохуш хьийзаш, уьш ч1ог1а тера дара сирла леттачу хаьштигех. Везчу Дала шен кхиэл еш яра х1окху юьртахь а, х1окху махкахь а б1ешерашкахь та1азар латтийначу геннара кхуза схьаоьхуш, ц1ий 1еночу мостаг1ашна. Амма ч1ог1а дукха бара-кх хьакхийн хуьрсий санна дебаш болу Делан мостаг1ий! Х1окху махкахь санна дукха бара-кх уьш х1окху юьртахь гулбелла а! Делахь а, х1ораммо шен ира тур массийттаза ц1ийх дузуш юьртах чекх-м лилхира Виситин майра ламанхой. Мостаг1 меттавеъна валале юьртах бевлира уьш, хьуьнхахь къевла а бевлира. Юьртара ца бовлалуш, Виситас омра деш човха а беш бехира цхьаболу кегирхой.

Юрт, к1ура хаъабелла зингатийн т1уьйлигах тера яра, дошлой чубаьхкина аг1ора-м юьртахь х1инца а 1аьржа к1ура бара лекха ирх оьхуш, джин санна лекхара т1еоллабеллера и инзаре ирча сурт хилла. Тоьпамолха т1ехь долу ворда иккхинчу гонаха кхаъа-деъа ц1енойх а яьллера ц1е, уьш а дара г1ийла догуш. Йиъ йоккха топ а яра, когаш кегбина гезарий санна ирх-пурх 1оьхкуш. Юххехь лилхинчу йоккхачу тоьпана х1оънаша вовшаха лелхийтира уьш, х1ун ю ца хуург а еш. Паччахьан пхьераша ламанхойн мохк баккхан йина яккхийн тоьпаш яра уьш! Х1инца тера яцара уьш генара кхуза ялош хиллачех. Т1ехь малх а сецаш, гуттар а кечйина, ц1ан йина лелош яра уьш салташа. Х1инца-м бацара и салтий а, йа и йаккхийн тоьпаш а! Меженаш яьхна, д1аса а кхийсина 1оьхкура йаккхийн тоьпаш а, салтий а. Шаьш лехнарг карийнера царнна массарна а х1окху мискачу нохчийн юьртахь. Амма к1езига машарен адмашна зенаш а ца деш-м ца хиллера уьш шаьш а х1аллак. Х1инца, хьалха юьрта юккъехула маларо а, дарбаларо а б1аьргаш а ц1ийдина, дукха адам дерина охьадиллина куьйгаш а, шаьш а ц1ийх буьзина кхин а цхьамза хьанах 1оьттина чекхбоккхура бара тешна бохуш техкаш д1аса лелла хилла салтий, х1инца кхечу аг1ора бара. Цера б1аьргаш къаьрззинчохь дара, церан куьйгаш а, цхьаболчийн лахара балдаш а дара эгадеш. Жоьжаг1атан даима а диллина долу кевна ц1аьххьана шаьш т1е1оттаделча санна озабелла бара уьш. Цара шина куьйга гонаха кхерам туьйсуш къуьйлуш йолу цхьамзанаш долу тоьпаш-м шайн кхерабелла 1адийна дара! Х1инца-м уьш, шаьш байъинчу юьртахойн декъашна т1ехула лелла ца 1аш, шайн, х1инцца ламанхойн дошлоша таррашца берина охьабехкинчу салтийн декъех а когаш тийсалуш галабуьйлуш д1асалелара. Царна юккъехула хьалха санна ийза ца луш, шайна салтийчунна б1аьрг т1е1оттабелча а дуьхьала «г1-г1-г1!» деш кхерамаш а туьйсуш юьртара ж1аьлеш а дара. Жима татолаш санна маь1-маь11ехула даьржина ц1ийно кортош тентагдаьхначух тера дара миска дийнатийн а. Массо а маь11ехь дара салташа хьалха ц1е тийсина догуш ц1енош а, шайх юрт хьулъеш дуькъа лаьтташ долчу стоьмийн диттех а леттера и ц1е. Х1инца и дитташ а дара ц1е вовшен кар-кара а кховдош семсайохуш д1аян ца юьтуш. Диттийн гаьннаш д1алаца серладевлла хилла заза а дара ц1еро къинхетам х1ун ю ца хууш дагош, туьркийн, 1ежийн к1айн заза, г1аммаг1нийн алла заза. Бацалахь бес-бесара хаза зезагаш дара алух хьерчаш, к1егалеш а хуьлуш оьгуш, ша и сийна буц а санна. Оцу шайна жоьжаг1ате хиллачу юьртах бовлан сихбеллера цхьаболу уггаре а ч1ог1а кхерабелла салтий. Иза уггарен а г1олехьа ч1аг1о ю массарел а аьлла тарделлачу инарлас а йира ч1аг1о: эскар юьртаха даккхан! Салташа хьоькхучу маьхьаршна дечу узаршна, ц1аро яьккхинчу г1овг1ано, баьккхинчу к1уро а ца кхоьтийтура: и ламанхой х1инца а юьртахь салташна т1елеташ бу, я кхин а т1елатарна кечам беш бу. Цундела мохь бетташ гулбан г1ертара и шена уллохь эпсарш:

 

– Арадаккха эскар юьртара! Арабаха салтий, генабаха! – йиш хаьллера цуьнан мохь бетташ, к1уьро садукъдина йовхарш йора цо.

– Кхочуш дийр ду, хьан лаккхара сийлалла! – олура эпсарша, хурашкан лабина улло куьйг а хьош, нисбелла д1ах1отта а г1уртура цхьаверг.

Амма салтий-м дукхаха берш шаьш а дукха дика кхочушдеш бара и омра, инарло шайга лерга а веъна аьлча санна.

– Ва, сан нана! – маьхьарий оьхура цхьаболчу салташка.

– 1ийса! 1ийса! Орцаха валахьа! – 1ийса пахмаран ц1ераш йохуш, некхийн т1е ала ца кхуьуш, хьаьжна а, ч1енгана юккъе ж1арийн сурт х1иттадора кхечара кхаъа п1елгаца.

Эзарнаш салтий юьртара а юьртана гонд1ахьара а охьахьаьдира юьртана йисттехула боьдучу некъаца. Кхерабаларна лаьмнаш долчу аг1ора д1ахьаьдда цхьаболу салтий, эпсарша юьхь лоцуш буйнаш а детташ метта балабеш вукху аг1ора хьовсабора, массо а д1ауьдучу аг1ора. Кхин а ламанхоша ц1аьххьана т1елатар деш хилахь а аьлла жимма доьналла долчу салтех эскарна гуонаха г1аролаш-ч1аг1онаш х1иттайора эпсарша. Инарла хьалха ваьлла вара салташна, эскарна эрна арахь гонаха хьун йоцуш меттиг лоьхура цо. Иштта меттиг бара дикка генахь хина йисттехь: цхьана аг1ора лекха берд а болуш, вукху аг1ора шера майда, хьунна генахьуо. Оцу меттехь сацийра инарлас шен эскар. Т1ебог1ун салтий а ворданаш а якхийн тоьпаш а д1анисъеш шайн гуо ч1аг1 беш, меттабог1уш бара салтий а. Эпсарш а бара б1аьргах сараг кхетча санна хьийзаш, цкъа хьалха бовдуш, т1аккха т1аьхьабисиначаьрга хьовсуш. Цхьаберш говрашна т1ехь а бара. Кестта го а лаьцна ч1аг1о а йина д1анисделира эскарш. Дукха хьолехь лайш санна лелош болу салтий, мостаг1ехчулла а ч1ог1а шайн эпсарех уьш кхоьруш хилар дара. Ткъе пхеъа шарахь салтий а вина лелош волчу стагах, лай ца хуьлийла а дацара эпсарна йиттина вен а магош долу и синпекъар.

Де суьйренга г1оьртинера, жимма язъеллачу мархашна т1ехьа лечкъара малх кест-кестта.

Шадериг бохург санна, хьаннийн баххьаш д1алаьцна заза дара дитташна даьлла. Шадолу 1алам дара хаза бос эцна, аьхкенга г1оьртинера б1аьсте. Шаьш йохийна, ягийна эрча яьккхинчу юьртана, к1урана, ц1ерна, стенгахь бу ца хуучу ламанхойн т1емлошна а шаьш генабевлла хеташ сецна го ч1аг1бинера мостаг1ийн эскарша. Лазийнарг лозаран ц1енна улло г1ертара, мацевелларг юуург кечъечу даккхийн бухьахь ц1е латош яйнаш долчу г1ертара. Ч1енгийна т1ег1уртуш еха, хьийзина 1аьржа, юккъехь сира чоьш долуш, лергана т1ера ч1енгана т1е кхаччалца ахмаж а йолуш волу инарла вара, сихха д1ах1оттийначу четарна к1елахь шен эпсаршца къамел деш.

– Яккхийн тоьпех жоп луш мила вара шух? Муха нисделира и ламанхой-акхарой, бог1уш лаьтташехь, цхьа а дуьхьалло а йоцуш юьрта чу бахкар! – реза воцуш ц1ог1 хьоькхуш т1ечехара и, охкаделла ц1оцкъамашна к1елхьара, т1ебаьлла боккха ши б1аьрг а къерзабеш.

– Иза шен яккхийн тоьпашна уллохь кхелхина… иккхинчу х1оънаша гулдан х1ума ца дитина цунах а, цуьнан салтех а, – элира горга сийна б1аьргаш долчу эпсаро.

– Цунна «Георги» ж1ара йоьхура ю аса паччахье, цунах йисинчу зудчунна, берашна йохьийтура ю! шайн да турпалла мостаг1ех леттийла хаъан деза царнна. Цуьнан бераш хьалакхиъча кхуза дахкан дезаш ма ду, т1емлой а хилла! Х1окху акхаройн х1у кхача дан дезаш ду! Вайн садо1ан йиш яц, х1окху дуьненахь цхьаъ мукъна а нохчий дийна а волуш! Х1окху ялсамане санна хаза болчу махкахь бахан бакъо йолуш бац уьш! – геннара шен ойланаш йовзийтуш къамел дора инарлас.

– Бакълуьйш ву хьо, хьан лаккхара сийлалла, оцу акхарошна меттиг бац дуьненна т1ехь! – т1етадора дукхах болчу эпсарша а.

Эпсарий-м дера бара сахиллалц а инарлийн синхаъмашка ладуг1ура долуш, цуьнга шаверг а ламанхой а х1аллаквойтура волуш, цо шайна т1е ц1ог1а ца хьекхчахьана. Амма, ша нохчашна ден долу та1азарх дийцина ваьлча, эпсаршна а кхечира цуьнгара бес-бесара къаьхьа дешнаш.

– Г1аролана къаьсттина т1е тидам бахийта, и акхарой кхин а т1елатан ойла йолуш хила мега! Яккхийн тоьпашна хаьштигаш кийча хилийта даима! Мукъа ду шу! – омра дина, эпсарш д1ахийцира цо, дов дерзош.

Виситин т1емлоша эзар гергга салтий витинера юьртахь лазийнарг а, вийнарг а. Делахь а эскар дукха дара х1инца а, дукха ницкъа бисинера церан. Амма и эскар кхача оьшуш а, хи оьшуш а дара. Инарлас цхьа х1ума ца хуъуш ца нийсадинера шен эскар хина йистехь. Дукха сирла а, хаза а хи уллохула хьаьдда доьдура. Делахь а, лекха берд а бара, инарлас леррина хаьржинчу оцу аг1ора ламанхой т1елетийла дацара. Бердах ламанхой-м ца бовла тарлора шайн говрашкахь, делахь а салтийн дезара бердах чубийса, шайна хи дезахь. Кхача кечбан салташна белла г1оьнчаш бара, г1аролаш а хи схьакхехьан дезарш а.

Йоцачу салтийн белаш а карахь т1ебирзина салташа бердах чувуссийла яьккхира, нийсса т1ег1анаш а еш. Ламанхой ц1аьххьана гучу бовлуш хилахь а, дехьа-сехьахь юьйлина кечйина тоьпаш а йолуш, г1аролаш бара д1ах1иттийна. Оцу белхана т1евиллина волу векъна а волуш, цигаьрка багахь йолчу эпсара омра дира салташна:

– Сихо йе! Эрна хан ца йойъуш хи схьадададе! Ламанхоша т1елатар деш хилахь сихонца духадерза, г1аролаша мостаг1ашна тоьпаш тухушшехь!

Хи уллохь хиларх самукъадаьлла, хи эцан дезаш болу салтий, т1ехьаьдира зевне екаш йоьдучу тулг1ешна. Хьалхаваьлла воьду оза, веха салтий хина т1екхоччушехь шегара ведарш улло охьа а кхийсина хина чувелира гоьллалца. Охьатаь1ина канаш юьззина схьаэцна хи мелира цо. Кхин цкъа а сихха канашца эцна хи бете дехьира цо. Амма и хи д1амала ца кхиъира, хина дехьара геннара схьахезира топ йолуш. Канашкара хи д1аса а кхуссуш, кьуьйгаш д1аса а даржош аркъала сиха йог1учу тулг1ешна чу охьавуьйжира салти. Дуьхьало ца еш долу цуьнан дакъа масачу хино сихонца охьатакхийра. Гонаха хи оьцуш бохку салтий, ведарш кхийссина а дуьтуш, хина йисттера д1ахьаьлхира берда йистте. Да воцуш дисина ведарш а тулг1еша т1аьхьа хьажийра хьалха охьавехьначу салтийчунна. Дехьа, сехьа лаьттачу г1аролаша тоьпаш туьйхира цкъа цхьаммо кхуссуш, т1аккха вукхо. Хьуьнхана аг1ора, шаьш стенга хьажон еза ца кхеташ, сихонца кхуьйсура г1аролаша тоьпаш, гуш х1ума-м дацара царнна. Х1инца ламанхой, айбина тарраш а долуш чухахкалур бу моьттуш, шена хи эцар т1едиллинчу эпсара орца доьхуш салтий вахийтира инарлан четаре:

Бесплатный фрагмент закончился. Хотите читать дальше?
Купите 3 книги одновременно и выберите четвёртую в подарок!

Чтобы воспользоваться акцией, добавьте нужные книги в корзину. Сделать это можно на странице каждой книги, либо в общем списке:

  1. Нажмите на многоточие
    рядом с книгой
  2. Выберите пункт
    «Добавить в корзину»